1. Дакъаза ма дала хьо, малх кхета ва дуьне, Ангалин бошхепахь накхармоз санна, Дууш мерза дара хьо, малх кхета къилба-дуьне, ДIа-схьа бIаьргаш ва тоьхча, мел шорта дара хьо, Малх кхета кIайн дуьне, къахьделла лаьтта хьо, Кийрахь стим баьттIа доIах санна. 2. Суьйренаш яц, боху, Iуьйренаш яц, боху, Готтачу лахьтичу, Марзонаш яц, боху. Къанвелча, къонвелча, Хьо диънарг мила ву? Веллачуьра цIавеъна, Хьо диънарг мила ву? Готтачу лахьти чохь, Марзонаш яц, боху, Далале даа вай ХIара маьлхан ва дуьне. 3. Чорин сингаттаме илли Юткъачу гIодаюкъах Дихкина ва доьхка, Бухкарех хийца, бах, Паччахьан Iедало. ДегIана тIеоьзна Исхарин ва чоа, ГIабалех хийца, бах, Паччахьан Iедало. Ас коьрта тиллина Холхазан горга куй, ТIапанах хийца, бах, Паччахьан Iедало. Ден дайха дисина Болатан ва герзаш, Сарагах хийца, бах, Паччахьан Iедало. Соьцанна кхиъначу Динара чувоссий, ГIашсалти хила, бах, Паччахьан Iедало. Сан вежарий байинчу Цу Делан мостагIийн, Лай хилий, саца, бах, Паччахьан Iедало. Цаьрцанна охьавуьжуш, Метта-мотт цхьаъ болуш, Цхьана шуьнахь важа, бах, Паччахьан Iедало. Сан дас а, хьарамъеш, Ва суна йихкина, Хьакхарчий яа, бах, Паччахьан Iедало. 4. И чуьйнан буолат ма чIогIа ду, И сенчу цIаро дагадо. Хьо стенах дина, кийрара дог, Ма чIогIа хиллера хьо, кийрара дог. И шийла шовданаш гIорийна, Цу диттийн баххьаш тIе кIац йиллина, ХIокху нохчийн махка Шийла кхаъ кхаьчча, Ца дешира, ца дегира хьо, кийрара дог, Хьо стенах дина хилла? – Ма чIогIа дина хиллера хьо! И къена дай-наной куьйга гIиттадеш, Шайн нанойн накхошха маликаш къестош, Вай махках дāха гIовттийнчу Iуьйранна, Ца дегира, ца дешира хьо, кийрара дог, Хьо стенах дина хилла? – Ма чIогIа дина хиллера хьо! Буолатан цу багахь сийна цIе летош, Гомачу новкъа дуткъа дегI сеттош, И цIеран машенаш юьйлаелча, Ца дегира, ца дешира дог хьо, Хьо стенах дина хилла? – Ма чIогIа дина хиллера хьо! 5. ХIара узам олу ас, сайн синтем байна. Соьгара сан бала безамца беъна, Мел дукха яздина безамах лаьцна, Хир дарий-те дешнаш хьох къастарх дийца? Хууш вац, тIех езнарг, хIун хилла сайна, Сан лелар, сан хьежар ма хийцаделла, Хьох валар дазделла кийрарчу дагна, Сан сина чов хилла, тIех езаелла. Сурт дилла ва хууш со говза хилча, Даима хьан суьрташ ас дохкур дара, Iаламат ницкъ болуш, со дела хилча, Массо йоI хьох тера ас кхуллур яра. Масане безнараш дуьнен чохь лелла. Дистхила йиш йоцуш латтанаш хилча, И бакъ ду, дийр дара цара тоьшалла, Суначул хьо езаш, кхин кIант ца хиларан. ТIаккха эр ма дара Iаьржачу лаьтто: Шена тIехь безнараш вовшеха ма бийлла. Езачух ваьлла вац, хIара латта мел ду, Цхьа а кIант, со санна, цхьаъ езаелла. Ша байлахь вуьтуш ду дех-ненах валар, Оцул а доккха ду нийсархойх къастар. Ца лало, тIех езнарг, сайн хьоьха валар, Дог Iовжош хилла-кха езачух къастар. Хан яра тамаш беш, синтем бац аьлча, Инзаре хетара, гIайгIа ялхийча. ВаллахIи, ца хилла цуьнан чохь бала Езачух къастарал ша Iаьткъаш дагна. Хьо ца гуш долу де йочане хеташ, Хьоь болу сайн безам узамца балхош. Доьхначу сайн дагна цуьнца там лоьхуш, Лелар ву, Малика, хьох валар далхош. 6. Бохучийн бохурш хуьлуш делахьара, Хетачийн хетарш кхочуш хилахьара, Башламан цу коьртехь мела мох хьоькхур бара, Цу махо лестош маргIал буц хир яра. Бохучийн бохурш хуьлуш делхьара, Хетачийн хетарш кхочуш хилахьара, Шуьйрачу цу арахь шовданаш хир дара, Шовданийн коьртехь IиндагIаш хир дара. IиндагIашка ва хевшина Вай кIентий хир дара. 7. Суоратарчу Маьлтин илли Дуьненна гуо лаьцна Дохк-марха санна, Сан дагна гуо лаьцна Цу безчу балано. Сарахь суьйре санна, ТIетеIа баланаш, Iуьйранна Iуьйре санна, ТIетеIа баланаш Байбала ца туьгу. Лайн дарцо теIайо Коканан кол санна, Баланаша теIадо, КIентий, вайн дегнаш. Хьалхьаьжча вайна гун Бухь лекха ламанаш, Хазделла ма лаьтта МаргIалчу бацана. Охьахьаьжча вайна гун Чергазийн и раьгIнаш Хазъелла ма лаьтта ПаргIатчу бацана. БIаьстенан бай санна, Хазъелла ва гаур, Хьо яла ма лойла Хьуо йинчу ва ненан. Базаран тукарца Сел нийса нисйина, Эрмалойн ахкарца Шел шера шарйина И Iаьржа никIапа, Хьо дукха ехийла Хьуо йинчу хьайн нанна. 8. Давала хьан делаъ, Ва мерза ва дуьне, Хьо диънарг мила ву, Бохуриг ва хилла? ХIинца дог Iабалахь, Шен мерза ва езар, Ша висина вели Iаьржачу цу Сибрех. Цхьа баба яра сан Вехачу ва юьртахь: Бабина вицлур ву, Каш тIе буц ва яьлчи; Цхьа дада вара сан Вехачу ва юьртахь: Дадина вицлур ву, Кашна чурт ва доьгIча; Цхьа ваша вара сан Вехачу ва юьртахь: Вешина вицлур вац – Шена юххе ва виллалц. Хьалахьаьжча вайна го И сийна стигланаш, ЦIиэн деши ва хилла, Езачунна елара, Цкъа бIаьрг ва тоха Шен езар елара. Охьахьаьжча го И Iаьржа латтанаш, КIайн дети ва хилла, Дезачунна делара, Цкъа юххе вала Шен ваша велара. Вайна го и лекха лаьмнаш, ЦIен цIеста ва хилла, Дезачунна делара, Цкъа дагара дийца ДоттагIа велара. Ша ванза елара Ша вина ва нана, Довзанза делара И маьлха ва дуьне. 9. Борз угIуш хиллера, гу-лакха юьйлуш… УгIалахь, гила борз, Ша дугIур ду хьоьга, лерг диллина, сема ла, Шех тера хьо хеташ. Шена моьттура, и угIу гила борз, Мацалла угIу. И угIуш хиллера, ардангах хаьдда. Хала ду, кIентий, нийсарех, вежарех хадар. Ча цIийзаш хиллера, Iин-кIорге юьйлуш… ЦIовзалахь, дера ча, Ша дугIур ду хьоьга, лерг диллина, сема ла, Шех тера хьо хеташ. Шена моьттура, и цIийза дера ча, Шелонна цIийза. И цIийзаш хиллера, бенах йоьхна. Ма елаш, кIентий, дахаран ойланаш, Мел дукха ваьхнарг а бIе шарахь ца ваьхна. 10. Дакъаза ма дала, го туьйсу хьо дуьне, Цкъа малхо делало, догIано делхадо. Хьо тайнарг мила ву? Ахь хьоьстург мила ву? Даима хьох хьоьгуш лелаш верг мила ву? Дакъаза ма дала, кийрара дилха дог, Цкъа доьлуш хуьлу хьо, цкъа делха хIутту. Безамо чехадарх, везначо дIатасарх, Ма хилахь нийсархойн дог кхардош сох. БIаьстено делочу зезагах хьоьгуш, Гуьйрено гIелдинчу гIа-беце хьоьжуш, Безамца боьлучу нийсархойх хьоьгуш, Ас маццалц дуур-те хIара маьлхан дуьне? 11. Ма йолахьа, хаза суьйре, малх дIабуьзча, бода бахьаш, Бода боьлла, цIа дирзича, тхайн дай-наной ца го тхуна; Ма йолахьа, хаза Iуьйре, малх схьакхеташ серло дахьаш, Серлаяьлла, арадевлча, мерза уьйраш ца го тхуна; Ма кхетахьа, хIай дашо малх, серлабалий, кху дуьненчу, Серлабаьлла хьо схьакхетча, эзар ойла ахь ма йойту; Ма ялахьа, хаза бIаьсте, туолой-хазлой кху дуьнен чу, Хьо, хазъелла, еъна кхаьчча, тхан дегнашка хьо ца лало; Ма хазлойша, хIай аренаш, сийна духар шайна духий, Шу, хазъелла, дIахIоьттича, бIаьргех догIу хи ца лало; Ма угIахьа, хIай йору борз, иштта гIелчу цу эшаре, Ардангах хаьдда угIуш елахь, цхьалхача вешех дагаялахь; Iаьржачу кошахь цхьалха висар хала дуьйцу молланаша, Цул хала ду шен хIусамехь, уьйрех ваьлла, цхьалха висар; Ма елхийша, хIай аттйокхаш, гIелчу озахь цу ирзошкахь, Екаш, ози лере еъча, тхайн доттагIий карлабуьйлу; Ма лекхийша, хIай алкханчаш, коре хьийзаш, и эшарш, Шу эшарийн оза хезча, мерза уьйраш карлайовлу; Ма ловзахьа, можа полла, сенчу бай тIахь зезагашца, Хьо ловзуш, хьоьга гIийла хьуьйсуш, къена наной гIийла боьлху; Ма декийша, накхармозий, сенчу бай тIехь зезагашца, Тера доьлху накхармозий, нана йоцчу кегчу берех. Ма тебахьа, хIай цIоькъалом, хьо къанделча, цу ижонна, Иштта аьтту буху хьуна тIаьхье йоцчу къонахача; Ма гIертахьа, сурхар леча, хьо къанделча, мохь йилла, Иштта хьуьнар духу хьуна, доьзал боцчу дикачу кIентан; Ма гIергIахьа, хIай сира сай, хьо къанбелча цу гIелашна, Иштта аьтту буху хьуна, шен воI воцчу къеначу дадин; Ма гIертахьа, сийна кхокха, хьайн тIам бойча, стигал бала, Иштта хьуьнар духу хьуна, ваша воцчу цхьалха йишин. 12. Сай Ламанах бухдуьйлу шал шийла шовданаш Шен бекъачу кийранна Iаббалац ца молуш, Варша йисте ва йолу маргIала сийна буц Шен оьздачу зоьрханна буззалац ца юуш, Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ, Iинан кIорге ва буьйлуш, сема ла ва доьгIуш, Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш, Мокхазар ва бердах куьран га ва хьоькхуш, Цу попан орамах торгIал тIа ва детташ, Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш, Орцах лаха ва буьйлуш, гIелашка ва гIергIаш, Масане сай лела гIелашца ва боцуш… Вай бен дац, кIенатий, бохуриг ца хуьлуш! 13. Яхь йолу кIентий Да велла диса хьо, Кийрара дилха дог, Ахь, совца ца дуьтуш, Махкаха дехи тхо. ХIинца Iаба хIотталахь, Кийрара дилха дог, Вийнариг вуьсучу МостагIийн арахь, Вайн дайша гIазотана хихкина И бора ва бокъий Хоьхкуриг хилла-кха Немцойн арахь. Вайн дайша гIазотана лестийна Буолатан тарраш Лесториг хили-кха Немцойн арахь. Сийна цIе ялийла Немцойн арахь, ТIам тоьхна олхазар ТIехула ца долуш. Сийна хIорд батIийла Немцойн арахь, Пелаг ва тоьхна ЧIара хин йисте ца балалуш. Кхаа баттахь ца баьккхина Карпатойн лекха лам, Кхаа дийнахь баьккхинца Нохчийн кIенташа. Хьо вуоха ма вуоха, Москуохан ва паччахь, Хьуна орцах кхиънариш Нохчийн кIентий бу хьуна! 14. ХIара назма олу ша, ГIелвелла олу ша; ХIара назма олу ша, Гатвелла олу ша. Оьшуриг тIетоьхна, ХIара ешар доьху ша Рузбанан маьждигехь. Шайн Шелахь веллариг – ДIавуллуш вара ша, Ницкъ кхочу гIуллакхаш Царна деш вара ша. Ша динчу гIуллакхех ГIуллакхаш ца хилчи, Леларна ял лолахь, Ва Везан Дели. Шена мотт бинарш Юьртахой ма хили, Церан мотт ва тоьлла Ша набахтехь ма виси, Шен набахтехь хIоттийнарг – Ростовехь ма сеца, Сингаттам совбели, Ва Везан Дели! Ша велчи кхуссур ву Цу салтин саьнгар чу, Ша важа догIур ду Цхьа жIаьлий, ши кIезий… Джабраил малико Шега жоп ва дехчи, Далан жоп хир дуй-техьа, Ва Везин Дели. Цхьа нана яра шен Туоха са доцуш, Цхьа зуда яра шен Дан амал доцуш, Шен керт-ков ма диси Вала да воцуш, Сингаттам совбели, Ва везин Дели. Лекхачу ламанал Ша лекха дийцинарг, Охьарчу аренал Ша шера дийцинарг, Рузбанан маьждигехь Ша, даздеш, дийцинарг – ДIадели, алалахь, Ва Везин Дели. 15. ХIара дуьне мел ду, Дуьненна го туьйсуш, Ма хьаьдда хьийза хьо, Сан гIийла ойла. Цкъа соцуш хилалахь, ТIаьхьакхиа гIерта со, ЛадугIуш хилалахь, Заманан йохалла! Цхьа суьйре еара Шал шийла ша бахьаш, Цхьа суьйре еара – Ша кийрахь бисира, И суьйре йицлур яц Кийрарчу сан дагна, Йиц ца яр доьху хьоь, Заманан йохалла! Ма белха сан бIаьргаш, Шу хIунда боьлху-техьа? Ма хьийза ойланаш, Аш хIун де боху соьга? Дакъаза ма дала, Кийрара дилха дог, Ма карзахдуьйлу хьо, Сох дала гIерташ! 16. Да виса шун, да виса шун! Да виса шун, да виса шун! Дикачу кIентийн дой лелла аренаш, ЦIе йолчу кIентийн дош сецна аренаш. Да виса хьан, да виса хьан, дIаяхана ва зама, Мел оьзда яра хьо, дайх йисна ва зама. Хьо юха йогIур ярий-теша? Кхин ян амал хин ярий-теша? Да виса хьан, да виса хьан, хьо йогIу суьйре, Дера ца йогIу хьо дог диэлош, сакъералуш, Цхьана заманахь баьхначу дикачу кIентех дош дохьуш, Дера ца йогIу хьо дагана хьаам беш. Да виса хьан, да виса хьан, малх хьоьжу ва дуьне. Хьо диънарг мила ву-те хетарш ва хилла? Цхьана дийнан делкъалц бохурш ва хилла? Хьо диънарг хир вуй-теша, малх хьоьжу кIайн дуьне? Да виса шун, да виса шун, ва нуьре бIаьргаш, Мел чIогIа кхоьли-кх шуна малх хьоьжу хIара дуьне, Шу серладаьррий-теша дуьненан баланах? Дика кIант мел вериг Сибреха ва ваха, ЦIе йолуш мел вериг цу арме вахийти, Мел яхьах дохий тхо, ва Везан тхан Дела. Ламанахь гIаьттина Iаьржа леча ва санна, Аренца гIевттина къора кхокхий ва санна, Ламанан басахь деса ма дека Дикачу кIентех дисина хьо дуьне. ИллахIи ярабби, ва Везан Дела, Къинхетам хьоьга боьху: йоьхначу заманна Ян гIоли юй-теша, доьхначу дегнашна? 17. ХIе боьду тIам сийна кхокха, Зен-зулам доцуш ДегIастане кхачахь, Шегара кост шен нанас винчуьнга дIаалалахь, Ардангах хаьдда гила борз санна, Дикачу кIентех ша хаьдда ву ала, Кху пана махкахь ша висна ву ала, Дела воцург накъост воцуш, ша гIийла ву ала. Мацалла ца вала попан гIаш диира ша, Хьогалла ца вала бецан хи мийлира ша, Бецан хи мийлина бецан баса вирзира ша, Дакъаза ма дала хьо, шен кийрара дилха дог, Кху пана ва махкахь ма саца гIерта-кх хьо; Дакъаза ма бала, сан нуьре ши бIаьриг, Кху попан орамашкахь ма кхуола гIерта шу, Шен маргIалчу дегIана дан дола доцуш, Кийрара дог гIелделла, гIатта йиш йоцуш, Де доьхна ву ала шен нанас винчуьнга. Шена лере хезаш дерг берзалойн угIу аз ма деца. Шена тIехула хьийзаш дераш олхазарш ма деца, Йиш йоьхна ву ала кху пана ва махкахь. Шен нанас йинчуьнга доггах елха алалахь, Шен мерзачу езаре виц ма ве алалахь, Ша винчу шен нене собаре хила алалахь, Шен нанас винчуьнга ваша воций хаийталахь, ИллахIи ярабби, я АллахI Дела, Къинхетам хьоьга боьху, Къинхетам ахь белахь шен маргIалчу дегIах, Ша верзо – дIаэца накъост ца хиларна, Везаш дIаэцалахь гIазотехь волуш. 18. Да вала хьан делаI, Малх кхета хьо дуьне, Хьо дуург ца хилла, Дагна товриш ва хилла. Хьо дуург ца хилла, Бохург ва хилла, Хьо дуург ца хилла, Хетариш ва хилла. Дагна товриш ва хилла, Хьо дуург ва хиллехь, Хьо дууш хир дара Безнаршца ва цхьана. Бохург ва хилла, Хьо дуург ва хиллехь, Хьо дууш хир дарий Дагна дукхаезначу Мерзачу езарца. Товраш хилла ца лаьтта, Там хилла ца лаьтта Башлекха и лаьмнаш, Аьхкенан кхаа баттахь Бора дарц ва детташ, Сийна буц ца йолуш, Я лайлахI ва лалай, Хетарш хилла ца лаьтта Чергазийн ва раьгIнаш, Аьхкенан кхаа баттахь Цу малхо ва моьрцуш. Хетарш хуьлуш ва делахь, Бохург хуьлуш ва делахь, Некъо гола мел тухучохь Шовданаш хир дарий, Шовданийн ва коьртехь Таьллийн хьун хир ярий. Долу гIа ва санна, Вежарий кхуьур бу, Дужуш гIа ва санна, Царех дIахедар ву. Нийсархой кхуьур бу, Хаза йолу бIаьсте ва санна; Царах дIахедар ву, Эсаро дожадо Толлан гIа ва санна. Вахарх а вузур ву, Мазах буьзна никх санна; Вахарх а хедар ву, Эла велла никх санна. Да велла диса хьо, Малх кхета кIайн дуьне, Дезаш ка ва еттарх, Ма карара дели хьо! Дагна дукха мел везнарг, Велла дIа ма вели. Ца даъал чам байна, Къахьделла хьо дуьне. Ца ер вай, кIенатий, Ца ер вай, кIенатий, ХIара йоьхна ойланаш, Ца ер вай, кIентий, Дуьненан гIайгIанаш. Вайна дика ма яра Сарахь сагатделча, Эзар ойла ва хилла, Сарахь чудирзича, Самукъа ва даккха Бос хаза мехкарий.
19. Нохчийн шира илли I Да виса хьан делаI, ва мерза ва дуьне, Хьо диънарг мила ву, бохург ва хилла?! Да вала хьан делаI, кийрара дилхан дог, Хьайна там ва хилча, лом санна, айалой, Йишин бер ва хуьлий, мел коча качло хьо! Хьайна там ца хилча, гIийла буо ва санна, ОхьатаьIий, ва гIеллой, дера ча ва санна, Мел дера дарло хьо, кийрара дилхан дог! II Цхьа Дада вара шен вехачу ва юьртахь, Дадина вицлур ву, кошан чурт ва доьгIча; Цхьа Баба яра шен вехачу ва юьртахь, Бабина вицлур ву, коша тIе буц яьлча; Цхьа йиша яра шен, шел жима ва йолуш, Йишина вицлур ву, хаза кIант ва вайча; Цхьа ваша вара шен, шел сов амал ва доцуш, Вешина вицлур вац шен хене ва виллалц. III Ша ваза елара ша вина ва нана, Довзаза велара ша хIара ва дуьне. Да виса хьан делаI, тIейогIу ва суьйре, Нахана йогIу йогIу хьо, хаза нус ва хуьлий. Хьалахьаьжча вайна гун и сирла стигланаш, ЦIиэн деши ва хилла, езачун елара, Цкъа бIаьрг ва туоха езар ва гина; ДIахьаьжча вайна гун и Iаьржа латтанаш, КIайн дети ва хилла, дезачун делара, Цкъа хене ва хаа шен ваша ва хилла; ДIахьаьжча вайна гун и лекха ламанаш, ЦIиэн цIаста ва хилла, дезачун делара, Дагара ва дийца шен доттагI ва гина!
20. Лечанан илли
«Хьомсара сан нана, Ша соьца ва елхьара, Цуо дохдийр дара со, Хьовха тIам тIетесна; Сан хьомсара и дада, Ша дийна ва хилча, Цуо дузор дара со, Ижонна гIаьттина. Сан хьоме цхьá ваша, Ша дийна ва хилча, Цуо хьостур дара со, Сагатлуш, дилхича; Сан хьоме цхьá йиша, Ша дийна ва хилча, Цуо башор бара сан Кийрара ва бала. Шелоно, ша бетташ, Довха дегI чехадо; Ша-лаьмнийн цу махо Ховха дегI сан сендо. Мацалло ницкъ бина, Кхачийна зорха сан… Лечанах схьадаьлла ТIам-Iаьржа леча ду со, Кийрара са даллалц, ТIамана кхоьллина! Со гIоттур ду хIинца Дехачу тIемашца, Со кхочур ду хIинца Цу стиглан Iаьрчашка, Ас иэшор ю хIинца И дера мацалла. Лечанах схьадаьлла Кура леча дай со-ма!» – Олуш, лен даьлла Лечанан и кIорни. Ховха тIам айина, Ша гIатта гIоьртина Лечанан и кIорни. Ховхачу тIемашкахь Мох лаца ницкъ боцуш, ТIемашна доладан Шен дегIехь ницкъ боцуш, Ша бенахь дисира, тов, Лечанан и кIорни. Сирлачу бIаргашлахь Нур кхуола ва доьлла, Доггаха дилхина Лечанан и кIорни: «Раббана, сан Дела, – Ламанан кортошкахь Лечин бенахь кхиина Сан оьзда мерза дегI Ахь хIинца дIалолахь Iаьржачу Iожалле, Хьайн гIуда иэцалахь Массо а ханна дIа!», – Олуш, ша лен даьлла, Бенара дIатекхна, Бух боцчу цу Iин чу Чуиккхина дайна, бах, Лечанан и кIорни… Ва-ла-лай, яла-лай! Лай-лахь, яла-лай! Масане кIант хир ву Кху Нана-Нохчийчохь, Дех-ненах ва ваьлла, Йиша-вешех ва хаьдда, Дуьненахь дIалелаш, Шалгу-корта аьрзонан Iаьржачу IиндагIехь, Дан амал ва доцуш, Iожаллин орцане Хеназа сатуьйсуш?
21. Дуьне духур ду аьлча, Суна ма моьттура, И сийна стигланаш Ткъес-цIаро ягор ю. Дуьне дуохар хиллера, Харц цIераш ва тохкуш, КIентий дIакхилларна, Дагах цIе ва летар.
Дуьне духур ду аьлча, Суна ма моьттура, И Iаьржа латтанаш Лелхаш, и духур ду. Дуьне дуохар хиллера, Бакъдериг дIаала Тешаме стаг воцуш, Логшад ва къийлар.
Пайдаэцна литература а, Iилманехь яцйинчу хормехь лелош йолчу аббревиатурин маIна а
Археолого-этнографический сборник. Т. II. – Грозный, 1968. АИЭ, ф. 53, № 1490. – С. 92–94. Вопросы поэтики и жанровой классификации чеченских героико-исторических песен илли / Сб. научных трудов ЧИИИСФ. – Грозный, 1984. Вопросы чечено-ингушской литературы. Т. VII. – Грозный, 1978. – С. 139–143. ГЭНСК – Героико-исторический эпос народов Северного Кавказа. (Грозный, 1988). Далгат Башир. Первобытная религая чеченцев // Терский сборник (ТС), 1893, вып. 3, кн. 2. Илли. Героико-эпические песни чеченцев и ингушей. – Грозный, 1979. Ипполитов А. Этнографический очерк Аргунского округа. – ССКГ. Вып. 1. Раздел 3. – Тифлис, 1868. Мадаева З. Народные календарные праздники. – Грозный, 1990). Марковин В.И. В стране вайнахов. – М.: Искусство, 1969. – С. 70–71. Мифы и легенды вайнахов. Сост. – И.А.Дахкильгов. – Грозный: Книга, 1991. Мифы и предания чеченского народа. Том первый. Составители А.Д. Яндаров, Г.В. Заурбекова, И.В. Бызов. – М.: Издательство «Орбита-М», 2011; Мифы и предания чеченского народа. Том второй. Составители А.Д. Яндаров, Г.В. Заурбекова, И.В. Бызов. – М.: Издательство «Орбита-М», 2011. Научно-публицистический журнал «Пхьармат» («Прометей»). Вып 1; вып. 2. – Грозный: Книга, 1991. Нохчийн поэзин антологи. ХIотт. Ибрагимов Лоьма. – М.: НО БКФ «Солнце», 2003. Нохчийн фольклор. I том. ХIоттийнарш – Джамалханов Зайнди, Эльмурзаев Сираждин. – Соьлжа-гIала, 1959. Нохчийн фольклор. IV том. ХIоттийнарг – Эльмурзаев Сираждин. – Соьлжа-гIала, 2005. Нохчийн фольклор. ХIоттийнарг – Ш. Джамбеков. – Грозный: Книга, 1990. НПУ – Нохчийн пачхьалкхан университет. НПХИ – Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт. Объединённая газета, № 10, июль 2001 г. Религиозные культы чеченцев и ингушей и пути их преодоления. – Грозный, 1963. Сказки, сказания и предания чеченцев и ингушей. Сост. И. Дахкильгов, А. Мальсагов. – Грозный, 1986. – С. 354–355. ССКГ – Сборник сведений о кавказских горцах. Сулейманов А. Топонимия Чечни. – Нальчик: ИЦ «Эль-Фа», 1997. ЧИГУ – Чечено-Ингушский государственный университет. ЧИНИИИСФ – Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт истории, социологии и филологии. Чудесные родники. Сказания, сказки и песни народов Чечено-Ингушетии / Подбор, подготовка текстов и примечания С.-Б.А. Арсанова. – Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1963. ЧИФ – Чечено-Ингушский фольклор. – М.: ГИХЛ, 1940. Шерипов А.Д. Из чеченских песен. – Владикавказ, 1918. Юсуп Нохчуа. Исмайлин Дуда. – Грозный: Книга, 1992.
Майралий, ницкъий, хьекъаллий хилла вовшашца къийсалуш. Майралло аьлла: – Со ца хилча, шу цхьа хIума дан даьхьар а дацара! Ницкъо аьлла: – Со ца хилча, шуьга хIумма а далур дацара! Хьекъало аьлла: – Со ца хилча, шуна мостагIна дуьхьал латта а хуур дацара! Иштта къийсаделла, къийсаделла, цхьана вокхачу стагана тIе дахна уьш кхоъ. Цара хаьттина воккхачу стаге: – Шайх муьлха ду бакъ? – аьлла. ТIаккха воккхачу стага, шуна хала ца хетча, ша шуьга цхьа хIума дойтур дара аьлла. Уьш реза хилла шайга аьллачунна. Воккхачу стага деши делла цаьрга, дIалачкъаде, ша хаам бича, духадохьур ду аша, аьлла. Майралло шен деши акхарой лелачу новкъа дIадоьллина. Ша юхаеъча а, кхузахь карор ду шена аьлла. Ницкъо, малхана дуьхьал а бирзина, дIадоьллина шегара деши. Юхабеъча, карор ду шена аьлла. Ткъа хьекъало цхьана шерачу арахь борзах доьллина шен деши. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, воккхачу стага, уьш юха шена тIе а кхайкхина, шаьш дIалачкъийна деши хIинца схьада шена, аьлла. Майралла яхана ша лаьттах дIадоьллина деши схьалаха, амма ца карош, еъна. Ницкъо малхана дуьхьал а бирзина аьхкина – деши ца карийна. Ткъа хьекъало, ша хьалха дIадоьллинчу борзах схьа а даьккхина, воккхачу стаге дIаделла шен деши. Воккхачу стага майраллига а, ницкъе а хаьттина: – Аша хIунда ца деана шайн деши схьа? Кара ца до шайна, – аьлла цара. ТIаккха воккхачу стага хаьттина цаьрга: – Муха дIалачкъийра аша шайн деши? – аьлла. Майралло ша деши акхаройн новкъахь дIадоьллира аьлла. Воккхачу стага: – Акхаройн некъаш дуккха а ду. Хьуна и цкъа а карор дац, – аьлла. Ницкъо аьлла, ша малхана дуьхьал а дирзина, лаьттах доьллира шега делла деши. Цуьнга аьлла воккхачу стага: – Малх даим а лелаш бу. Хьуна карор дац цкъа а хьайн деши. Хьекъале а хаьттина цуо изза. Хьекъало аьлла, ша, шерачу арахь, цхьана боккхачу борза тIехь кIаг а баьккхина, дIадоьллира шен деши аьлла. Кхин цхьа хIума а тIедиллина воккхачу стага царна: – Цхьана меттехь цхьа цIа далла поп бу. Цунна уллохь лом ду Iуьллуш. И поп схьа а баьккхина, кхуза схьабан беза. ТIаккха хуур ду-кх шух муьлха тоьлу. Ницкъ бахана поп хадон. Лоьмо ка а тоьхна, пхьарс а баьккхина, схьабеана ницкъ. Майралла яхана поп хадуо. Цунах кхераделла лом духадаьлла, амма, диг деттарх, поп меттахболуш а ца хилла. ТIаккха хьекъал дахана цига. Цо аьлла лоьме: – Ас, майраллий, ницкъий схьа а далийна, доьйтур ду хьо, ахьа сихха акхарой а кхайкхина, хIара поп хада ца байтахь. Иштта хьекъало воккхачу стагана тIе баьхьна поп. ТIаккха цо аьлла цаьрга: – ХIинца шуна шайна а хаьа, муьлха тоьлу! Майраллой, ницкъой хьекъале дехар дина, шаьш хьайца даийта аьлла. ХIетахь дуьйна уьш кхоъ, ца къаьсташ, цхьаьна ду, боху. СЕСКА-СОЛСИН ХЬУЬНАР ДегIастанахь долу адам хIаллакдан боллу ша бохуш, дукха генара дуьйна керчаш, дIасхьабетталуш, богIуш цхьа лам санна боккха Iекъа хилла. Сеска-Солсас хаьттина, бах цуьнга: – Ахь хIун до? Хьо мича боьду? – аьлла. – ДегIастанахь мел долу адам хIалакдан боьду ша, – аьлла боху Iекъано. – Ма гIо! Кхин дIа меттах ма хьалахь! – аьлла, тIечевхина, боху, Сеска-Солса. Бахаза Iийр бац ша аьлла, керча а керчаш, нохчашна зуламе бала дагахь чуболабелла и лам-Iекъа. Эцца, оьгIазваханчу Сеска-Солсас, тур тоьхна, ши дакъа а дина, охьабиллина, боху, и тIулг. Иза хIинца а цу лам буьххьехь лаьтташ бу боху, ший а дакъа чу а олладелла. Цо эццахь саца ца бинехь, адамашна бале бер болуш а хилла, боху, и Iекъа. Делкъахан хуьлуш говран коьртах тарло, боху, и лам-Iекъа. МУХА ХIОЬТТИНА ГАЛАНЧIОЖАРА IАМ? Iамкъе олуш йолчу кIотарахь хилла и Iам. Iам лаьтта дела олуш хилла цунах Iамкъе. Цу Iоман хи чIогIа цIена а, дарбане а, деза а лоруш хилла. Цу Iамкъе Iаш болчу нехан цхьана оьзда йоцучу зудчо берийн боьха хIуманаш йиттина цу хийистехь. Цул тIаьхьа и Iам, сту а хилла, болабелла ГаланчIожний, Ялхарний юккъе лаьтташ болчу ломах масех церг а йоккхуш, ГаланчIожа охьабеана. Цунах Iамбедеча олу. (Iамбедеча бохург – Iам бедда бохург ду). Цхьана майдана йисте кхаьчна сту. Цу майданахь шайн-шайн ардаш охуш нах хилла. Иза майдана хьалабаьлча, уггар хьалха цхьана доьзална гина. Дас, нанассий и сту дIабожа, вайн сту гIелбелла аьлла. Шина беро, нехан бу и боххушехь, дас схьа а лаьцна, дIабоьжна сту. Старо ког баькх-баьккхинчара хи долуш хилла. Цо кхозлагIа го боккхуш, баша а бешна, Iам хилла цунах. И сту дIабожа аьлла дай-наний, готий, Iам чу дахна, ши бер йуьстаха а кхуссуш. ХIета хIоьттина и Iам, хIинца а болуш бу, боху, Галайн-махкахь. ГаланчIожан Iам цIе тиллина наха цунах. Ялхарахь, оцу Iамкъе олучу кIотарахь, хIинца а цхьа доккха ор ду, боху, хьалха и Iам лаьттина. КУРА САЙ Массо а лаьмнашкарий, хьаннашкарий, варшашкарий, ирзошкарий, раьгIнашкарий акхарой гулъеллера шайн акхачу гуламе. Цигахь яра стигал йовзаза хьакхарчий, бода бен газа оьпарчий, мекара цхьогалш, дера жIаьлеш, латта даарх юзур йоцу, синна меца каде берзалой, дегабааме чагIалкхаш, кIорга хьекъал долу эла-бож, низаман хьекъал долу кой а, стерчий а. Цара дийцаре дуьллу чене шайна маршо ехар, шайна яха мохк бустар, шайн акхаройн мотт бийца бакъо ехар. Церан гIовгIанаш а хезий: – Шу маьрша ехийла, чо боьжна чагIалкхаш!, – олий, тIебогIу царна ламанан кура сай. – Хьо маьрша богIийла, маIа чIогIа, ког чехка, ламанан кура сай! Ахь хIунда эли тхох, чо боьжна чагIалкхаш? – олий, шайн меттера дера хьалалелха берзалой. Дегабааме, меттах айало эла-бож, кой, стерчий. – Ша муха ца олу шух чо боьжна чагIалкхаш?! Мел дика ченан мотт хаарх, ча хир юй-те чагIалкхех, чено елларг бен шун маршо а ца хилча? Цуо буьстинарг бен шу мохк а ца хилча? Цуо буьйцуьйтург бен шун мотт а ца хилча? Цул а цхьана гура чохь кхабийта цу чане! – Аш хIун до маттах – шайна Дала белларг ца бийцича? Аш хIун до махках – цунах жоп аша ца делча? БIаьрг сирла лечане махкахь дерг а ца хаьттича? Делан сий лардечу гIиргIанех а ца тешча? Хьаналчу зингатийн пусар а ца дича?», – олий, шена цергаш хьекхош йолу акхарой тергал ца еш, хьуьн чохь къайлаболу сай. ХIетахь дуьйна цунна атта тIе а ца кхачало! ТIекхаьчнарг – улле а ца вуьту бохуш, дуьйцу и гиначара а, цуо аьлларг хезначара а. ЦIЕСТА ГIУМАГI Вайна юьйцуш хезна-кх сийлахь РабиIа Адвийа (Дела реза хуьлда цунна). Буьйсанна ца йуьжуш, сахиллалц ламазаш деш, КъурIан доьшуш, Дела хьехош Iамалш еш, Iедал хилла цуьнан. Иштта цхьана буьйсанна Iамал-Iибадат деш Iашшехь, четара тIехь набкхетта хилла РабиIана. Оццу хенахь къу ваьлла и йолчу цIа чу. Массанхьа а хьоьжуш чекхваьлла иза, лачкъо безамехь хIума ца карош. ОьгIазе яппарш еш, аравала дIа а волавелла, юха, леррина къола дан чуваьлла хилча, ши куьг а ластийна араволийла а ма дац аьлла, РабиIас белшаш тIе тосучу корталех ка а тоьхна, неIарехьа дIаволавелла къу. Амма дIахьаьжчи а, схьахьаьжчи а неI ца карийна. ТIаккха, юха а вирзина, ша схьаэцна кортали охьа а диллина, дIаваха воьлча, дукха атта неI карийна цунна. Хьаьдда юха а веана, белша тIе тосучу корталих ка а тоьхна, дIаволавелла. Юха а неI ца карийна. Иштта ворхIазза дIасавахана къу. ТIаьххьара а ша кортали схьаэцча, цунна цхьанхьара аз хезна: – ХIай стаг! Хьайна эрна ницкъ ма бехьа! Цо иза тхоьх тешна дитина дукха хан ю, Иблис а цунна герга дахалуш ца хилча, къуьне иза дIадахьлур ду аьлла хетий хьуна? ДIавало! ДIавало, эрна къа ма хьега! РабиIа йижина елахь а, иза сема ларъеш ву хьуна цуьнан доттагIа!.. Къу чIогIа кхеравелла. Вагийча санна, цIа чуьра араиккхина иза. Iадийна лаьттачу цунна лере деана езачу РабиIин кIеда-мерза аз: «Диканиг, веса ма гIохьа кху чуьра дIа. Бешахь цIеста гIумагI ю хьуна. ГIой, ламаз иэцахьа!». Къу, иэца ма-деззара ламаз а эцна, ша хIинццалц мел лелийначу массо а вуочу хIуманна дохковаьлла. Цул тIаьхьа, тоба а дина, Далла Iамал-Iибадат а деш, дIавахна иза.
БАШХА ОЛХАЗАР Мацах цхьа воккха стаг хилла, боху, хьаннашна ха деш, хьуьна юккъехь шен цхьа жимуо цIа а долуш, вехаш. И воккха стаг, цхьана сарахь, гIеххьа гуш са а долуш, хьуьна юккъе вала ша аьлла, дIаволавелча, шен цIенна дукха гена валале цунна хезнера сов Iаламат, хаза, исбаьхьа озаца цхьа олхазар дека. Цу олхазаран хазчу мукъамах, иза хазчу эшарца декарна, чIогIа сакъерадаларна, са а ца туохаделла, цу воккхачу стага, и олхазар схьа а лаьцна, цунна цхьа бен а бина, кхобуш хилла, иза шен воцуш ца тору накъост а хеташ. Цул тIаьхьа дукха зама ялале цу воккхачу стеган сов хаза декаш и олхазар дуйла хиънера цхьана доьзалхо ца хуьлуш, цхьана а хIуманах са ца къералуш, цхьаллиг-цхьана хIуманах а воккха ца веш волчу цхьана стагана. И стаг вāн а веана, боьхху мах а белла, и олхазар эцна цIа а даьхьна, цунна башха гур а бина, дийнахь а, буса а бохург санна, декачу цу олхазаре ладегIа хиънера. Цу стагана, олхазарх самукъа а даьлла, шен йоллу гIайгIа йицъелла хилла. Иштта оцу олхазаран декарх чIогIа паргIатваьлла, даг тIера гIайгIа айаелла, коьртера бала бешна и стаг Iаш кхо бутт зама яьлла. Цхьана дийнахь, учарчу бIогIамах кхозучу гура чуьра олхазаре и стаггий, цуьнан зудий ладоьгIуш Iаш, цIеххьана, цу гурах тIам а хьакхалуш, чехкачу декарца и санна долу цхьа олхазар меллаша тIехъиккхича, гура чохь ца хеддаш декаш хилла олхазар, цу олхазарна тIаьхьаьжинчохь дисина. Иза цул тIаьхьа ца декаш сецна хилла. И олхазар ца декаш ши кIира далале а, даьлча а цу стага дехха дехнера цуьнга, декахьара бохуш. Дехха хьистинера цо иза, массо а тайпана даарш хьалха дохкуш, вехха вилхинера иза цунна: – Хьан декаро, хьан эсалчу эшаро, хьан хазчу мукъамо сан кийрахь дукха хенахь дуьйна схьа лаьттина йолу гIайгIа яшийна дIаяьккхинера, цхьакIеззиг бен буха ца йуьтуш, и бухайиснарг а дIайолуш лаьттара сан, жима олхазар! Декахьа хьайн хазачу озаца! Лебехьа жима хьайн шера мотт хазчу эшарца!.. ХIинца хьо ца декахь, ахьа хьайн хазачу мукъамца хаза шок ца тохахь, бакъ ду-кх, сан кийрахь йисинчу цхьакIеззигчу гIайгIано, ахьа дIаайина гIайгIа юха тIе а оьзна, со, тохара санна, гIайгIанан хIорда юкъахь вуьтург хилар. Декахьа, олхазар! Туохалохьа! ХIара дуьне дитар мел хала дуьйцу, иштта хала ду-кх гIайгIанашкахь хилар, – аьлла, и стаг холчахIоттарх, и стаг дукха велхарх, и олхазар, кхин ца декаш, цу стаге дистхилла: – Суна ца хаьара, хьан сох сакъералойла, суна ца моьттура, хьуна сайх синкъерам баьлийла. Адамана хьалха суьлхьанал бен доцу со, сох синкъерам баьлла хилла-кх хьуна. Сан гIайгIанах хьан кийрара гIайгIа ешна хилла-кх… ХIан-хIа, со кхин декар дац хьуна, ас сайн гIайгIа хьуна кхин ялхор яц, тоьар ду, масийтта баттахь сан бIаьргех ихна къаьхьа хин тIадамаш хьан дегIах дулий, чIогIачу мерзачу маларо санна, хьо вахийна кеп йина латтийча. Со хьан самукъадаккха гIерташ ца даьллинера хIинцалц, ас хьуна ялхориг сайн гIагIа яра, хьоьгара орца доьхуш. Хьо цунах кхета воллуш а ца хилла. Суна и хуур дацара, тохара суна улло деанчу олхазаро сан гIайгIанах хьуна синкъерам баьллийла соьга ца хаийтинехьара. Цо соьга и хаа а хаийтира, со хьуна кхин ца декаш саца а сецна… Ца хаьара хьуна, со, суьйренца сайн кхаа кIорнина ижу а яхьаш, сайн бен чу деанчу заманчохь бухахь сайн кIорнеш а ца карийна, шийлачу маьхьарца, цIеначу дагара дуткъачу озаца сайна орца доьхуш, декча, ас деттачу цIогIанах са а къераделла, со хьуна доьхкинчу хьуьнан хехочо со лаьцнийла? Ца хаьара хьуна, сан кIорнеш, куьйран мара яхана-теша, уьш меца Iохку-теша, чевнаш хилла Iохку-теша бохуш, де-буьйса ца лоруш, сайна хуучу маттаца, сайн долчу озаца и сайн доьзал лаха со маьрша дита бохуш, сан делхар дуйла? Ца хаьара хьуна, цу сайн доьзалшна цкъа тIекхача маьрша дитахьара бохуш, хIинццалц, доьлхуш, аса хьуна ялхийначу сан гIайгIанах хьайн коьртера бала бешнийла? Кхин со хьуна декар дац! Кхин со хьуна доьлхур дац, кхин ас сайн гIайгIанах хьуна синкъерам ца боккху, – аьлла, олхазар ца декаш сецча, цу стага и олхазар дIахецна хилла… КЪОЬЗУНА-IАМ Ламарой дуьне дуолийчхьана дуьйна хьаша-да лоруш а, комаьрша а хилла. Церан цIа чохь цхьа леррина чоь хуьлуш хилла хьешана аьлла къастийна, иштта хьаша веъча, цунна хьалха билла латтош бен-берса кхача а хилла. Кхерчан а, цIеран а бакъйолчу хIусамнанас, пхьōрана яахIума кечъеш, хьешана аьлла цIе тухий, совнаха жижиган дакъа дIатосуш хилла: «Дагахь а доцуш ван тамболчу везачу хьешана» аьлла, нигат а деш. И тайпа нигат деш хилла цуо, текха чу оьшучу барамал сов ахьаран масех кана а тосий, бод хьакхош а. Цундела буьйсанна хан яьллачу хенахь веанчу хьешана сихха хьалхабилла кхача хуьлуш хилла. Де-буьйса даккха веанчу хьешана цIий доккхуш а хилла, уьстагI а боьй. Иштта цкъа ламарой зиэн дагахь, массара а хьаша-да тIеиэцаран лаьмнийн деза Iадат лардой хьажа Дала малик дахийтина хилла. Лаьтта а доьссина, сагIадоьхурган суьртехь лаьмнийн ярташкахула дуоладелла иза. Цхьана юьртан бахархой боцчара массо а меттехь дика тIеэцна иза. Мел чIогIа, буьйсаяккха чувитахьара бохуш, «сагIадоьхург» хьеставаларх цхьаммо а неI йоьллуш ца хилла. «Кхечаьрга гIо, тхан хьуна яла сискал а яц, вижуо мотт а бац!», – олуш хилла цара. Оцу юьртара берриге нах, хIуъа хилла латтахь а, цхьанна а хьошалла дийр доцуш вуно чIогIа уосалбевлла хилла. Цхьана цIийнна тIера вукхунна тIевоьдуш, вуолавелла ерриг а эвлах чекхваьлла «сагIадоьхург», цхьамма а чу ца вуьтуш. Эххара, эвла йистера цхьана охьадуожа доллучу беркъачу цIийнан неI тоьхна цуо. Оцу чохь шен кегийчу берашца Iаш цхьа миска зуда хилла. Оцу зудчо, неI дIа а йиллина: «Чувуола, оха варе сатийсина хьаша!» – аьлла, тIеэцна иза. Шен ерг вовшахтоьна хьалха а йиллина, мала хи а делла, вижа мотт биллина цуо хьешана. Цуо лелочуьнга а хьаьжна, хьаша вистхилла: «Со цхьанхьа а некъ эцна воьду некъахуо а вац, я миска сагIадоьхург а вац. Со Делан малик ду, наха шайн ворхIе а дайн хилла комаьрша гIиллакхаш дIатеснийла хьажа лаьмнашкахула лела арадаьлла. Массо а меттехь наха гIадъоьхуш тIеийцира со, ткъа кхузахь хьо йоцчо цхьамма а чу а ца дитира. ХIокху юьртах Делан наьIалт гIур ду, аса доIа динчул тIаьхьа догIанан хIордана буха гIур ю хIара. Хьо, катоххий хьайн сал-пал вовшах а тохий, бераш а эций, суна тIаьхьахIотта. Дала хьой, хьан берашший Iожаллех кIелахьарадоккху». Иза а аьлла, и зудий, берашший тIаьхьа а хIоттийна, лома буьххье ваьлла иза. ХIорш кхераме йоцучу метте кхаьчча, сагIадоьхурган суьртехь долчу маликуо Деле дехна, и Iеса юрт, шена чохь мел болу бахархошца цхьаьна, догIане хIаллакьяйта аьлла. Цул тIаьхьа стиглара догIа делха дуоладелла, и юрт, доккха ор а даьлла, лаьтта буха а яхна, стиглан «бIаьрхиша» дIахьулъйина. «Стигалан догIанца къевзина хIоьттина Iам» олу цунах ламароша. Ткъа и цхьá зуда шен кегийчу берашца сецначу меттехь керла юрт йиллина, боху, наха, Къоьзуна аьлла оцу Iомана цIе а тиллина. Оцу Iомах – Къоьзуна-Iам олу хIетахь дуьйна, ткъа цунна уллохь йиллинчу юьртах – Къоьзуна аьлла цIе дIаяхна. УЬН-НАНИЙ, МАЬЛХИЙ Мацах-мацах хьалха, ЦIойн-пхьедехь, вехаш-Iаш кхо ваша хилла – Цатешший, Матешший, Макхерий. Цкъа шайн нанна тIера сагIадоккхуш хилла уьш, шортта даьхни а дайина. ЦIарна цIе яхна болу берриге а маьлхи гулбелла хилла цаьргахь. Цига Уьн-Нана а еъна хилла, царна юкъахь шен даьвше ун даржо. Цуьнан белшех тесна тоьрмигаш а хилла, дуьззина чохь юкъ а йолуш. «Нагахь вай хIара Уьн-Нана ен ца ехь, цуо вайн хьеший хIаллакьбийр-кх», – аьлла, дагадеанчу вежарша, тур тоьхна корта баьккхина цуьнан. Уьн-Ненан коьртуо, хахкабелла басах чубоьддушехь: «Цкъа а ун а ма даьржийла Маьлхистехь, цкъа а маьлхашна юкъара мостагIалла а дIа ма хедийла!», аьлла, боху. _____________________________ БИЛГАЛДАХАРШ: ДогцIеналла. Сулайма-пайхамар а, куралла а. Сулайма-пайхамарна дина совгIат. Зуьнан хьехар. Зуьнан шалгIа хьехар. Зуьнан ойланаш. Виран ши лерг муха дахделла. Дуьненан бала. Пайхамаран сардамаш. Пхьидах Iоттабелла буохам. ШайтIанан рицкъа а, хIусам а. ЮьхьIаьржа хIоьттинчу йоIах хилла тIулг. БухIанан а, маьлхан а къовсам. Майраллий, ницкъий, хьекъаллий зиэр. Сеска Солсин хьуьнар. ТIаьххьара зорбатоьхна: 2004-чу шарахь арадаьллачу № 2 йолчу «Орга» журналан 51–54-чуй агIонаш тIехь. «ГаланчIожара Iам муха хIоьттина?» цIе йолчу легендина тIаьххьара зорбатоьхна: Нохчийн фольклор. 1990. – 172 агIон тIехь. «Кура сай» цIе йолу легенда дIаязйина Герзель-юьртара Абдурашидов Iеламсолтас. «ЦIеста гIумагI» легенда дIаязйина Хамзатов С. Дуьххьара зорбатоьхна: 2011-чу шеран 5-чу майхь арадаьллачу «Даймохк» газет тIехь. «Башха олхазар» легендина дуьххьара Бадуев СаIида шен «Олдум» дийцар тIехь зорбатоьхна. Оцу башхачу легендин кхин а варианташ ю халкъалахь йуьйцуш. Царах цхьаннина тIехь олхазарша адамийн мотт ца буьйцу. Иштта дийцархоша адамийн дахарна гергауозийна и сюжет. «Къоьзуна-Iам» легенда дIаязйина Сулейманов Ахьмада. Зорбатуху: Топонимия Чечни. – Нальчик: ИЦ «Эль-Фа», 1997. – 264–265 агIонаш тIера схьаэцна. «Ун-Нана а, маьлхий а» легендина дуьххьара зорбатоьхна Ильясов Лечас шен «Земля отцов» цIе йолчу статья тIехь (Чеченское общество сегодня. 2008. № 3).
Литература: 1. Дахкильгов И.А. Мифолого-легендарный фольклор вайнахов. Предисловие к сборнику «Мифы и легенды вайнахов». – Грозный: Книга, 1991. 2. Джамбеков Ш.А. Нохчийн халкъан легендаш // Орга. 2004. № 2. – 50–54 агIонаш. 3. Мифы и предания чеченского народа. Том первый. Составители А.Д. Яндаров, Г.В. Заурбекова, И.В. Бызов. – М.: Издательство «Орбита-М», 2011; Мифы и предания чеченского народа. Том второй. Составители А.Д. Яндаров, Г.В. Заурбекова, И.В. Бызов. – М.: Издательство «Орбита-М», 2011. 4. Исламов А. По поводу одной чеченской легенды // Вопросы чечено-ингушской литературы. Т. VII. – Грозный, 1978. – С.139–143.
НАЬРТ-АЬРСТХОЙХ ЛАЬЦНА ДИЙЦАРШ
Нохчийн халкъан наьрт-аьрстхойн дийцарш Кавказерчу къаьмнийн нартиадехь шен меттиг дIалоцуш ду. Хьалхехь дIа а яздина, охьадехкина ца хиларна, уьш мелла а къен ду кхечерачул олуш меттиг нисло Iилманан литературехь1. Кавказхойн Iилманан литературехь тайп-тайпана йоккху оцу эпосан цIе. Гоьваьллачу хIирийн Iилманчас Б.А. Алборовс чIагIдарехь: «В памятниках народной словесности кавказских горцев интересующий нас термин известен был до последнего времени в трёх разновидностях: в форме «нарт» – у всех горцев, в форме «нярт» («наьрт») – у чеченцев и ингушей», и в форме «норт» (наряду с «нарт» – у абхазцев). Что все эти термины обозначают одно и тоже – не требует доказательств, разница только в том, что в чечено-ингушском языке имеем мягкое произношение начального носового звука»2. Нохчийн барта хазнехь царах нарт-эрстхой, нарт-эртхой, наьрт-аьрстхой аьлла, цIе йоккхуш меттигаш нисло. Иза магош хIума ду. Ткъа вайн таханлерачу фольклоран Iилманехь «наьрт-аьрстхойн дийцарш» алар нийса хир ду. «Много лет занимаясь археологией Кавказа и исторически осмысливая вещевые источники, сопоставляя их с сохранившимися эпическими сказаниями кавказских горцев, я давно пришёл к заключению, что первоначальными творцами замечательных нартских сказаний были носителями этих прославленных археологических культур (прикубанской, кобанской, каякенско-харачоевской) Кавказа позднебронзовой эпохи и, конечно, прямые предки адыгов, осетин и вайнахских племён»2, – яздо гIараваьллачу Iилманчас-кавказоведа Крупнов Евгений Павловича. Нохчийн наьрт-аьрстхойн дийцарех уггар хьалха ала мегар долуш Iилманан-талламан болх язбина волчу и.I.к. Умаров Сираждис боху, наьрт-аьрстхой, гуттар санна, вайнахана дуьхьалхIоттош бу турпалаллин эпосехь. Цу хьокъехь иштта яздо цо шен «К вопросу об историческом осмыслении вайнахского нартского эпоса» цIе йолчу балха тIехь: «…Это противопоставление есть отражение различных социально-политических положений, которыми и разделялись вайнахи (чеченцы – авт.) в течение многих веков на два основных политических лагеря – на горцев и степняков. Как раз характерно то, что нарт-аьрстхойцы и вайнахи испытывают лишь политические. Арстхоевцы не отличаются от вайнахов ни языком, ни одеж- _____________________________ 1 Мальсагов Д.Д., Ошаев Х.Д. Устно-поэтическое творчество чечено-ингушского народа // Очерк истории чечено-ингушской литературы. – Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1963. – С. 23–24. 2 Алборов Б.А. Термин «нарт» (К вопросу о происхождении нартского эпоса). – Владикавказ: Издательско полиграфическое предприятие имени В. Гассиева, 2008. – С. 5. 3 Цитируется по: Крупнов Е.П. Изучение нартского эпоса и археология. – Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. VII, вып 1. – Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1963. – С. 23–24. дой, ни цветом волос и кожи, а лишь силой и агрессивностью»1. Умаров Сираждис 1966-чу шарахь Ялхой-Махкара Мадаев Ахьъядера дIаядина долчу дийцаро а гойту иза: «Наьрташ тхуна юкъахь Iаш хилла, уьш карахь чхьонкарш а йолуш, нахана талораш дан оьхуш хилла. Нуьцкъашха хаза мехкарий а, нускалш а дуьгуш хилла цара. Нах ловзарш дан хIуттуш ца хилла, хIунда аьлча, наьрт-аьрстхой схьа а богIий, ловзар чекхдаллалц юуш-молуш а Iай, тIаккха нускал а оьций дIабоьлху дела». Кури-Бенара Зубайраев Бексолтера цу хенахь Умаров Сираждис дIаяздинчу кхечу дийцарехь, наха бале бевллачу наьрт-аьрстхошна цкъа дуьхьло муха йина гойту: «Ялхой-Махкана а, Кури-Бенина а юкъахь наьрт-аьрстхойн юрт хилла. Уллерчу ярташкахь Iаш болчу бахархошна гIело еш хилла цара. Цкъа Кури-Бенахь Ялхой-Махкара цхьана йисина Iачу къеначу зудчуьнан орца хезна. Цуьнгара наьрт-аьрстхоша цхьаъ бен йоцу йоI дIайоккхуш хилла. Турпал-Термол коьртехь а волуш, Кури-Бенарчу наха, мискачу зудчунна тIе а хIоьттина, эзар сов наьрт-аьрстхо вийна». Цара, шаьш андий догIмаш долуш, инзаре ницкъ болуш хиларна, нахана тIехь кураллаш йина а ца Iаш, даккхий зуламаш деш, харцонаш лелош хилла. Цундела, церан хьуьнарех цецбийлахь а, нахана уьш безаш ца хилла. И тайпа вайнехан а, наьрт-аьрстхойн а дуьхь-дуьхьал хIоьттина хилар гойтуш долу дийцарш Iаламат дукха ду. Нахана юкъахь лелаш долчу оьздачу гIиллакхех хьаса а бац церан амалца, къиза а, тешнабехк болуш а бу уьш, цхьа а тайпана деза хIума дац церан. «Буу кхача а кхехкоза, буьйда боллушехь бууш хилла церан. Цкъа охьахиъча, дийнна говр, бежана, уьстагI бууш хилла цара». Хьекъална мелла а аьрта хиларна, эххар наха иэшабо уьш. Нохчийн ширачу наьрт-аьрстхойн дийцарийн коьрта турпалхо Сеска-Солса лоруш ву. Цуьнан цIе нохчийн туьйранашкахь а, мифашкахь а, легендашкахь а хьехош меттигаш дукха нисло. И хIума чIагIдеш, оха хIокху пособи тIехь шортта масалш а далийна. Наьрт-аьрстхой дуьненчуьра дIабовларх лаьцна а ду тайп-тайпана дийцарш. Цхьана агIор, шаьш лелийначу зуламех дохко а бовлий, лалийна цIеста а молий, ле уьш. Вукху вариантехь, шайна цкъа хьошалла диначу йоккхачу зудчуьнгара, ларамаза, шаьш дуьнен чу бевлчхьана дуьнентIера има-беркат дIадаьлла хилар гучу а долий, шаьш лелорг дош а ца хетий, лалийна цIеста а молий, шайн тхьамдица Сеска-Солсица цхьаьна дIакхелха уьш. Наьрт-аьрстхойн дийцарш, шеко йоцуш, халкъан цхьана билггалчу заманан синкхетамо кхоьллина ду. Делахь а, Нохчийчохь дуккха а топонимически меттигаш ю церан цIарца йоьзна: Теркайистехь а, Ножин-Юьртан кIоштахь а, Гермчигахь а, Шуьйтан кIоштахь а, Элстанжахь а, кхечахь а. Нохчийн наьрт-аьрстхойн дийцарш шакъастийна Iилманца хIинца а дуьззина теллина дац.
________________________________ 1 Умаров С.Ц. К вопросу об историческом осмыслении вайнахского нартского эпоса // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. VII, вып 1. – Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1963. – С. 205. НОВР А, ГIОЖАКЪ А Дуккха а хьалха заманчохь, Теркайистехь, вехаш хилла, боху, ши наьрт-аьрстхо: Новр а, ГIожакъ а. Новр цIе йолу наьрт-аьрстхо хIинца Лакха-Невре цIе йолчу юьртахь вехаш хилла. Цуьнан цIарах техкина, боху, Теркал сехьарчу нохчийн ярташна – "Лакха-Невре", "Лаха-Невре" аьлла а, Неврена дуьхьал, Теркал дехьа йиллинчу гIалгIазкхийн гIалех (станицех) "Новр-гIала" аьлла а цIераш. Наьрт-аьрстхо ГIожакъ НогIамирзин-юьртахь вехаш хилла. Теркайистехь НогIамирзин-юьртахь вехачу ГIожакъан хилла цунна чIогIа дукхаезаш, хаза зуда Белши. Иза ГIожакъе маре яхарх лаьцна иштта дуьйцу: «Башха хаза, куц долуш хиларал совнаха, дегIехь чIогIа ницкъ болуш, онда стаг а хилла, боху, Белши. Ша маре гIонйолу стаг шенчул ницкъ а, хьуьнар а алсамдолуш, тоьлла хила веза аьлла кхайкхийна Белшис. Охьатохарех шех летта стаг, ластавой охьатухий, шен коьртах чоьш а дохий, цаьрца дIавоьхкуш хилла, боху, цо. Белшин хьуьнарш а, цуьнан хазалла а шена йуьйцуш хезча, говрахь иза йолчу веана ГIожакъ. Белшис ша маре гIонйолу некъ бийцичахь, цунах лата кечвелла иза. Белшас аьлла ГIожакъе: "Хьо сох лата веанехь, говрара охьавосса, летар ду вайша!". ТIаккха ГIожакъа жоп делла Белшина: "Хьо зуда хиларна, охьа а воьссина, хьох латар бехке хета суна, говрахь воллушехьа летар ву со хьох". Белши, мухха а волу стаг говрахь кIелхула хьакха ца луш чекхвалалуш, лекха хилла. Цу меттехь тасаделла вовшахлетта и шиъ. ГIожакъан ницкъ Белшинчул тоьлла. Белшин пхьарс а лаьцна, иза ирх а кхоьссина, охьайоггIушехьа катоьхна схьа а лаьцна, говрахь сацийна ГIожакъа. Шен ницкъ цуьнчул эшчахь, къера а хилла, ГIожакъе маре яхна Белши. ГIожакъа, ижуна талла воьдий, дуккха а зама йоккхуш хилла. Ша иштта ваьлла лелаш хиларна, шен зуда тIебогIучу кхерамах ларъярхьама, НогIамирзин-юьртана къилбехьа, регIахь, Белши тIехь Iайта, лекха барз-гу бина ГIожакъа. Цхьаболчара бахарца, и гу Белшис шен кучахь латта а кхоьхьуш бина. Цу барзах кху сохьта а "Белшин-корта" олу. Ткьа барз беш шена чуьра латта кхехьначу орах "ГIожакъан Iуьрг" олу, иза а цу юьртана уллохь ду. Лакха-Неврена къилбехьа боьрах даьккхина а ду "Новран Iуьрг" олуш, доккха, стаг чу а вахалуш, Iуьрг. "Новран Iуьрг" дикка кIорге, лаьттах чу а доьдий, лаьтта бухахула Теркаца охьадоьду. Нахана юкъахь дуккха а хьалха заманчохь дуьйна дуьйцуш хабарш ду, иза Девлатгирин-эвлахула "Бираз" тогIехула чекхдолуш ду бохуш. Цу меттигах "СатитIе" олу. Ткъа Лакха-Неврений, Девлатгирин-эвланий юккъехь кхузткъа километр хир ю. Цул совнаха, Лакха-Неврера "Новран-Iуьрг" НогIамирзин-юьрта уллохь долчу ГIожакъан Iуьргах дIакхеташ ду боху аьлча а, Лакха-Неврера дуьйна, лаьтта бухахула НогIамирзан-юьрта уллохула чекхдолуш ду бохуш а дуьйцу. Оцу шина юьртана юккъера некъ шовзткъе итт километр сов беха хир бу. Цу кеппара Лакха-Неврера дуьйна Теркайистехула хьала НогIамирзин-юьртахула а, Лакха-Неврера Теркан йистонца охьа Девлатгирин-эвлахь "СатитIе" олучу меттехула а чекхдолуш ду боху и ши Iуьрг. Наьрт-аьрстхойн Новрех а, ГIожакъах а иштта хабарш дуьйцу. Кест-кеста хIонсана лела воьдуш волу наьрт-аьрстхо Новр, НогIамирзин-юьрта кхочуш хилла. Цигахь вехаш волчу ГIожакъан, хазалла гIара а яьлла, Белши боху зуда хааелла Новрана. Цига вахчахь, Новрана Белши чIогIа езаелла, дагайоьхна. ХIуъу а дина, а, велла а, висна а иза ялоза Iийр ма вац ша аьлла, чIагIо йина цо. ГIожакъера Белши яккхар тIехь Новрана гIо дина гIебартойн эло. Кхабанаш чохь кечдина ниха а эцна, ГIожакъан махка вахана гIебартойн эла. ГIожакъ лела ваханчуьра цIа вогIу хан а ларйина, иза схьавогIу волчу новкъа ниха чохь долу кхабанаш ехкина эло. Хьаг а, мац а велла цIа вогIучу ГIожакъа, тIе мел кхаьчначу кхабанаш чуьра ниха мелла. Шен цIа кхоччуш, вехна кхидIа а ца вахавелла, неIаргехь бертал охьавоьжна ГIожакъ. Лечкъина къайла а ваьлла, иза цIа вогIу ларвеш Iачу гIебартойн эло, меллаша, цунна ца хоуьйтуш тIе а вахна, тур тоьхна ГIожакъан корта баьккхина. Цуьнан корта а бахьаш, Лакха-Неврерчу наьрт-аьрстхочунна Новрана тIевеана эла. Баьккхина ГIожакъан корта барна, Новра, шен реми юкъара хаьржина, дикаллехь а, хазаллехь а цхьабосса йолу ткъе итт говр елла гIебартойн элана. Цул тIаьхьа Белших шен зуда йина Новра. Девлатгирин-эвла юххехь ехаш хилла Новран важа зуда Сатиха. Цуьнан цIарах олуш ду цу меттигах "СатитIе". Лакха-Неврерчу "Новран Iуьргана" хьалха а хиъна, Новрас дечган пондар лекхча, цу Iуьргаш чухула пондаран эшарш а хезий, шаьшшиъ йолчохь: Девлатгирин-эвлахь Сатиха а, НогIамирзин-юьртахь Белши а хелхайолуш хилла. Оцу Iуьрга чухула хаам а бой, шен зударий болчу сакъера воьдуш хилла боху Новр. Хьашт махилланехьа, тIехиина ваха дика дой долуш йоккха говрийн рема а хилла цуьнан Лакха-Неврехь кхобуш. Цхьана сарахь, "НоврIуьргахула" пондар локхуш шен мар Новр а волуш, СатитIерчу тогIехь хьелашкара шура йоккхуш йоллуш хилла Сатиха. Етт узучу татанах хиъна Новрана Сатихас шура кхаби чу ца йоккхуш, лаьтта охьаIенайойла, шега ладегIа а яьлла. ТIаккха шен пондарца Новрас Сатихана йиш лекхна, боху: Узу, узу, доккха зуьдиг, КIайн шура лаьтта узу. Доккха зуьдиг, лаьтта узу! Цу кеппара йиш НогIамирзин-юьртахь ехачу вукху зудчунна Белшина а локхуш хилла, боху, Новрас. НОГIИН-МИРЗА А, НОВР А Теркал дехьа, цхьана пана махкахь, вехаш-Iаш хилла доьналлица а, майраллица а гIараваьлла НогIин-Мирза стаг цIе йолу стаг. Цу махкахь цуьнга кхочуш кхин стаг ца хилла нуьцкъана. НогIин-Мирза тIехууш расха дин хилла, букъа тIехула Iаьржа аса а йоьдуш, шел диканиг кхин хир боцуш, махкахь а цIеяххана. НогIин-Мирзин хазалла юьйцуш зуда хилла, шен дегарий, ненерий Мирзас нуьцкъала яьккхина ялийна. ХIонсана араваьлла лела вахчахь, дукха зама йоккхуш хилла НогIин-Мирзас. Дей-буьйсий аьлла вахчахь – кIира доккхуш, кIиранна аьлла вахчахь – баттахь вогIуш, баттана вахчахь – шарахь бен ца вогIуш лелаш хилла иза. Аренашкахь лела ваханчохь хан дукха йоккхуш леларна гIелбелла шен расха дин садаIа реме дIа а хецна, цуьнан метта реми юкъара бора дин а лаьцна, цу тIехь лела вахна НогIин-Мирза. Кхаа баттахь лела вахана дика хIонс а яхьаш цIа веана, дика са а даьIна, юха а лела ваха кечвелла Мирза. Реме а вахана, цу юкъара дин схьалаца цуьнга хьаьжчахь, тобаларан метта, кхин а азбелла, букъ а баийна, карийна цунна иза. Цунах шек а ваьлла, лерина охьа а хиъна ойла ян ваьлчахь, Мирзас гIуллакх кху некъаца тидина: ХIокху сан динахь я сан зуда оьху хир ю шен везарг волчу сакъера, я цуьнан везарг вогIу хир ву и йолчу сакъера. Цунах дерг ма-дарра гучудаккха цхьа хIума дагалаьцна НогIин-Мирзас. Цул тIаьхьа, ша ижу лаха талла воьдуш араволлушехьа шен зудчунна шед а тухий, олуш хилла цо: – Эйт, гора сан нускал яI-кх, сол дика а, майра а кIант вац дуьненахь, сачул маса дин цхьаьннан а бац, хьол хаза нускал долуш стаг а карор вац. Талла мосазза воьду, шен майрачо куралла еш тIехдетташ ен Iиттарш кIорда а дина, зудчо майрачуьнга аьлла: – Теркал дехьа веха наьрт-аьрстхо Новр хьол майра а ву, дика кIант а ву, цуьнан динал маса говр а хир яц, цуьнан зудчул – Сатихел хаза нускал а хир дац. Хьо хIун ала гIерта суна? КIордийна суна ахьа ден дозаллаш а, хьан кура хабарш а. НогIин-Мирза сиха кхиъна шен зудчо динчу къамелан маьIнех. – Новран корта хьуна хьалха база а, цуьнан хаза нускал Сатиха сайна зуда йина ялоза а Iийр ма вац со! – аьлла, расхачу дина а хиъна, араиккхина Мирза. Лакха-Неврерчу тогIен басахь, Iуьйранна рема яжа дIа а лаьллина, дечган пондар а лоькхуш, хиъна Iаш хилла Новр, Теркал дехьа а вирзина, багахь иллин узам а беш. Цуьнан цIеххьана бIаьрг кхетта, Теркал дехьа йоккха чан а гIаттийна, говрахь, ма-воггIу хаьхкина вогIучу цхьана беречух. ВогIуш бере Теркайисте кхаьчна. ЧIогIа леррина цуьнан тидам беш Iаш хилла Новр, и бере Терка чу муха вулу хьоьжуш. НогIин-Мирзас тIекхаьччахула, шед а тоьхна, дуьхьал Терка чу тесна шен дин. Иза деза ца делла, ша воллучохь хьалаиккхина Новр, бере лаа а вац, мухха а волу стаг а вац иза аьлла. Новран вахарехь дуьххьара бIакъажор хилла иза. ХIунда аьлча, хи чу, хьалха цкъа гечо а лохий, вулу бере, хих дерг хIун ду ца хууш, уозалуш а хуьлу. Ткъа кхунна вогIу гуш волу бере ма-ваггIара, хIумма а тергал ца деш, говрана шед а тоьхна, тIекхаьччахула Терка чу тилла. Цунах хIун хуьлу-техьа бохуш, хьоьжуш Iаш хилла Новр. Терках а ваьлла, веана тIекхоччушехь, НогIин-Мирзас аьлла: – Де дика долда хьан, дог майра Новр! Кху Теркал дехьа ногIийн аренашкахь сол – НогIин-Мирзел – дика а, майра а кIант вац, Теркал сехьа хьол – наьрт-аьрстхо Новрал – дикий, майрий кIант вац а, боху. ДIо гуш йолу раьгIнаш хьан долахь ю, боху. Теркал дехьара мохк сан долахь а бу. Тахана вайша вовшах а летта велчахь, дуьненчуьра цхьа дика кIант дIаволу. Иза ца дер вайша. Ши доттагIа хила веза вайшиннах. – Хьо лата веанехь, лата кийча а ву со, нагахь санна хьо хьошалгIа веанехь, хьуна дан хьошалла а ду сан, – аьлла, жоп делла наьрт-аьрстхочо Новрас. – Хьан цIе йоккхуш хезна, хьоьца доттагIалла таса веана со, – аьлла Мирзас. – Делахь дика ду, хир ву вайша ши доттагIа, – аьлла, хьаша вина НогIин-Мирзех Новрас. Веанчу хьешана реми юккъера кхаа шарахь Iахар лаьттина кхо кхел а йийна, дууш, молуш кхо дей, кхо буьйсий хан яьккхина цу шимма. ДоьазлагIчу дийнахь Iуьйранна НогIин-Мирзас аьлла Новре: – Хьо сан зудчун везарг ву, боху, сан сий дожийна ахьа. Хьайн зудчуьнца Сатихица сакъерийта деза ахьа соьга. Иза ахьа ца дахь, лата веза вайша. Наьрт-аьрстхочо Новрас жоп делла: – Хьан зудчун сий дайарна бехке а ву со, бехке а вац, – бехкен ву цуьнца сакъоьруш хиларна, амма бехке вац хьан зудчунна шен майрачул со дукхавезарна. Бакъду, сайн зудчун сий, со дийна мел ву, цхьаьнгге а дойуьйтур долуш-м вац со. – Делахь дика ду, – аьлла, летта и шиъ. НогIин-Мирза ханна къона а волуш, хIилла долуш ногIи хилла, ткъа наьрт-аьрстхо Новр ханна воккха а, дегIан ницкъ гIелбалавоьлла а стаг хилла. Iуьйранна гIушлакх хенахь, чучча а вахана, лата воьлла Новррий, Мирзий. Леташ делкъанга а, тIаккха малхбузенга а ваьлла. Де суьйранга лестичахь, НогIин-Мирзин дегIан ницкъ иэшабоьлла. Ша эшна, кIелвиса воллий а хиъна, тешнабехкаца хIилла дан дагадеана Мирзина. Цо наьрте Новре аьлла: – Стигала хьалахьажал, Новр, стигалхула лелачу олхазарша а боху, хьо эша воллу, дерриге а соьгахьа девлла уьш. Дагахь хIума а доцуш, наьрт-аьрстхо Новр стигала хьалахьаьжна. Эццахь тешийтина кIел ког а тесна, тешнабехк бина Новр охьа а тоьхна, кхоссавелла цунна гIода юккъе тIехиъна НогIин-Мирза. Новрана тIехиъна Iаччохь, НогIин-Мирзас аьлла: – Со хIинца хьол тоьлла. Хьан са сан карахь ду. Селхана вайша къонахийн къамел дарна хьо вен ца лаьа суна. Хьайн зудчуьнца Сатихица буьйса яккхийта соьга, тIаккха аса ца вуьйш дийна вуьтур ву хьо! Наьрт-аьрстхочо Новрас, шена чохь са мел ду, шен а, зудчун а сий дойур дац ша аьлла. Иштта цо дуьхьало йичахь, шаьлта хьаькхна Новран корта баьккхина Мирзас. Цуьнан корта таьлсаш чу а биллина, оцу буссехь вахана Сатиха а эцна, шозлагIчу дийнахь Терках а ваьлла, ногIийн махка цIа вахна НогIин-Мирза. Вахана цIа кхаьччахь, таьлсаш чуьра наьрт-аьрстхочун Новран корта схьа а баьккхина, шен зудчунна хьалха охьа а кхоьссина, Мирзас аьлла: – ХIан, хIара бу хьуна ахьа, сол дукхавезаш, суна тIехвиттинчу оцу наьрт-аьрстхочун Новран корта. ХIара ю хьуна, ахьа хаза ю бохуш, суна тIехйиттина Новран зуда Сатиха! ХIинца ала хIума дуй хьан? Новран корта гичахь тIекхетта, иза кара а эцна, мара а Iуьйдуш, бIаьргех дуьйлу хиш юьхьа тIехула охьа а оьхуш, хала къурдаш дарца Мирзин зудчо аьлла: – Майраллий, хьуьнаррий, ницккъий тоьлла-м ца вийна ахьа Новр. Иза гуттара а хьол тоьлла а, майра а вара. ХIилланца тешнабехк бина хир бу ахь кхунна. Нийсачу новкъа къевсичахь, ахьа а, цхьамма а иэшор вацара наьрт-аьрстхо Новр. Ша хIилланца Новр вер шен зудчунна гучадаьлчахь, юьхьIаьржа хIоьттина, Сатиха хецна дIа а яхийтина, шен зуда шен дай, наний долчу дIа а йигна, гIезалойн махка дIавахана, боху, НогIин-Мирза. Цигара цIа йогIуш Теркайисте ма-кхаьччинехьа, лекхачу бердах чу а иккхина, елла Сатиха. НогIа-Мирзин-юьртахь еха Белши а, шен майра наьртхо Новр вийна аьлла хезчахь, лекхачу берда тIе а яьлла, Iинчу а иккхина, хIаллакьхилла, боху. Теркайистехь Iелин-юьртахь а хилла, боху, дегIехь чIогIа ницкъ болуш наьрт-аьрстхо, БугIа цIе а йолуш. Белшина тIехьийзаш иза а хилла, боху. Наьрт-аьрстхойх Новрах а, ГIожакъах а, БугIех а, церан зударех Сатихех а, Белших а лаьцна дуьйцуш кхечу кепара хабарш а ду нехан. СЕСКА-СОЛСЕХ ДОЛУ ДИЙЦАР Тумсойн лам тIехь, ГаланчIажа воьдучу некъа йистехь Поьша олуш юрт ю. Цу юьртана гена йоцуш ю Сеска-Солсас тур тоьхна тIулг олуш цхьа тарх. ЦIийннал лекха буогIа а белла, лаьтташ бу и тIулг. Гонах цхьана а тайпанара кхин тIулг а, чхар а бац цунна, еккъа буц йоцург. Сеска-Солсас, тур муха лета хьажа тоьхна юккъехула шалго еш, бекъна бу и тIулг бохуш, дуьйцу цунах лаьцна. Цунна гена йоцуш кхин цхьа меттиг ю. Цигахь шекаран корта чу хоьур болуш Iуьрг ду (кIаг санна). Сеска-Солсин говро ког тоьхначохь даьлла ду олу цу Iуьргана. Адамийн а, хьайбанийн а ког чу ца бахийта чу латта а тесна дIадуькъина и Iуьрг. Шуьйтан районерачу Зонах-юьртана юххехь цхьа боьра бу. Дуккха а бIешераш хьалха шовда хилла боху цу боьричухула догIуш. Некъана ткъе итт гIулч лакхахь, стаг чу лечкъийла йолуш цхьа хьех ду. Цу хьехахь ехаш-Iаш кхо йоI хилла, боху. (ХIинца кхо йоI Iийна меттиг олу цунах). Ткъе итт гIулч лахахь охьадоьдучу Орган чу, шайн кIажарех тосий кIудал а чу а йоуьйтий, шайна хьашт хилчахь хи оьцуш хилла кхаа йоIа. Кхо йоI яьхна бохучу ломана дуьхьал, Малхбузехьа, Варандойн лам бу. Кхо йоI гучуяьлчахь, цу ламтIера мехкарий болчу лам тIе шен дин лоьлхуьйтуш хилла, боху, Сеска-Солсас. Ша Iаш волчу ломара кхо йоI йолчу ломана тIе кхийсаболуьйтуш, Сеска-Солсин говран бергаша йина олуш лараш а ю Варандойн ломан Органехьа йолчу агIон тIехь. Цхьана а кепара Сеска-Солсас Iен а ца йитина, кхераелла, цу ломара едда Башлам тIе хьалаяхана, боху, и кхо йоI*. _____________________ * И дийцар дуьххьара шен «Некоторые сказания о нартских памятниках чеченцев и ингушей» (Известия. Вопросы чечено-ингушской литературы. Т. IV, вып. 3. – Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1964. – С. 86–93) цIе йолчу балха тIехь далийна фольклориста Эльмурзаев Сираждис. Бакъду, оцу дийцар тIехь дуьйцу хIума Iилманчас Зумсахь хилла ду бохуш дуьйцу. Ткъа тхуна берахь дуьйна хезначу вариантехь и меттиг Зуонаханий, Шуьйтаний юкъахь долчу чIожахь ю, тахана а наха, «Кхо йоI яьхна хьехь» олуш, цIе а йоккхуш.
ЧОПЛОН ЧОДА
Чоплон Чода бохуш цхьа наьрт хилла, бах, шен вежарашлахь дегIана, ницкъана алсам волуш. Иштта и хиларна, цуьнан нанас чIогIа тергам а, тIалам а беш хилла Чоплон Чодин. Даар-малар ца кхоош, тIейоьлла и шен кIант кхиош хилла нанас. Чоплон Чода инзаре-онда ницкъ, гIора долуш хьалакхиъна. Цкъа Чоплон Чода хьуьнах талла вахна. ДIалелаш, иштта хьуьнхула воьдуш, цхьана хих волуш, инзаре цецваьлла иза. И хи хилла цIиэчу басахь. ХIокху хино цIен бос стенна эцна-теша аьлла, ойлане ваьлла иза. ТIаккха и хIун ду хьажа хица хьалавоьдуш, цхьана доккхачу наьртана тIекхаьчна Чоплон Чода. И наьрт шен гуолех а, ластарех а чевнаш еш Iаш гина цунна, хи чу когаш а бехкина. Цу наьрте хаттар дина Чоплон Чодас: – Ахь лелорг ма тамашийна хIума ду? – аьлла. – Со санна, дIо хьуьнан юккъера гIали чохь Iаш цхьа наьрт ду. Иза, цхьа хан яьлча, соьгара ша яьккхинчу йоIаца арадолуш кхузахула дIадаха деза, цундела церан некъ лаьцна Iаш ду. Цунах летта я со лийр ду, я, иза иэша а дина, сайн нускал духадерзор ду. Иштта цхьалхе яккха ойла хилла Iа со, наб ца кхетийта сайна чевнаш а еш. Чоплон Чодас наьрте аьлла: – Голех, настарех чевнаш а ца еш, хьо дIадижа, и шиъ догIуш аса хьо самадоккхур ду! Наьртуо, ша самадаккхалур дац хьоьга, амма ахьа хьалххехь кечам а бина, хIара поп, и шиъ гучудоллушехь, суна тIебожийча, ша самадер дара аьлла, дехна Чоплон Чоде. Цул тIаьхьа наьрт дIадижна. Цхьа хан яьлча, догIуш гина Чоплон Чодина и ши наьрт. Чоплон Чодас, доккхачу наьртуо ма деххара, цунна тIебожийна поп. ТIаккха наьрт самадаьлла. ЙоI-наьрт къевсина, и ши наьрт вовшахтасаделла. Хьуьнан хенаш духадохуш, уьш вовшашна детташ, схьаоьций вовшашна даккхий тIулган чхарраш детташ, дукха луьра летта и шиъ. Эххара, вовшех летта-летта, вовшийн карах делла и ши наьрт. И ши наьрт делча, дисина йоI-наьрт делха хиъна. Чоплон Чодас: – Хьо хIунда доьлху, хьо стенна доьлху? – аьлла, хаьттина цуьнга. ЙоIа жоп делла, хIокху дуьнентIехь, шаьш санна даккхий наьрташ, шаьш кхоъ бен дацара, хIинца ша цхьаъ бен ца дисна, цундела доьлхура ша-м аьлла. Чодас, шега ягIахьара хьо аьлла, дехна йоIе. ЙоIа жоп делла, йогIур ю ша аьлла, нагахь санна хьайн говра а хиъна, ахьа айдина тур сан коьрте кхачахь. Говра а хиъна, дIа тур куьйга айдина Чоплон Чодас, амма и тур цу йоьIан белшашка а ца кхаьчна. Цул тIаьхьа и наьрт-йоI, Чоплон Чода ша волчохь а витина, цхьана агIор дIаяхана. НИЦКЪ БОЛУ СЕСКА-СОЛСА