Регион-95.рф

القرآن الكريم

Сийлахь долу КъурIан а, цуьнан дешнийн маьIна а, тафсир а нохчийн маттахь.

1.سُورَةُ ٱلْفَاتِحَةِ
Сурат АЛЬ-ФАТИХЬА • Схьадоьллург(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْفَاتِحَةِ

Сурат АЛЬ-ФАТИХЬА• Схьадоьллург
1Ша сов къинхетамеа, къинхетамеа волчу Делан цIарца.
2Хастамбу Далла– ІаламийнДена.
3Ша сов къинхетаме, къинхетаме волчу.
4Шен долахь бекхаман дедолчу.
5Хьуна Іибадат до оха, Хьоьга гІо а доьху.
6Нисде Ахь тхо нийсачу новкъа.
7Ахь шайна ниІмат деллачеранновкъа. Хьо шайна оьгІазца ваханчеран а, тилаца беллачеран а новкъа. /Амин/.

Вернуться к списку сур
2.سُورَةُ ٱلْبَقَرَةِ
Сурат АЛЬ-БАКАРА • Йетт(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْبَقَرَةِ

Сурат АЛЬ-БАКАРА • Йетт

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим.
2ХIара жайна -- цу чохь шеко яц -- нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна.
3Ишттанаш бу уьш тешаш къайленах /гуш доцчу хIуманех -- ялсамани, жоьжахати, сур-тIай и. дI. кх./‚ хIуьттуш ламазна. Оха шайна деллачу рицкъанна тIера сагIа луш.
4Ишттанаш а бу уьш -- тешаш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух /КъурIанах‚ Товратах‚ Инжилах‚ и. дI. кх./ а‚ эхартах уьш кхоьруш а бу.
5Уьш бу шайн Делера нийсачу новкахь‚ уьш бу баккхийбийраш.
6Баккъалла а. ца тешаш берш -- царна бен дац ахьа шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ -- уьш тешар бац.
7Церан дегнаш а‚ лергаш а мухIар тоьхна дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ -- царна хир ду доккха Iазап.

❖ Дакъа 2 ❖

8Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: "Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а"‚ -- уьш ма бац тешаш.
9Iехо гIерта уьш Дела а‚ иман диллинарш а‚ амма цара-м ца Iехабо шаьш бен‚ -- /и/ ца хаало-кх царна.
10Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсам яьккхи и цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Iазап‚ шаьш хиларна харц луьйш.
11Цаьрга аьлча: "Ма леладе лаьтта тIехь телхина дерг"‚ -- цара олу: "Тхо-м дика дерг лелош ма ду!"
12Уьш бац‚ ткъа‚ телхинарш? Мухха делахь а‚ хаа ца ло-кх царна.
13Цаьрга аьлча: "Тешийша‚ нах ма тешна"‚ -- цара олу: "Тхо тешар ду‚ ткъа‚ Iовдалш санна?" Баккъалла а. уьш бац‚ ткъа‚ Iовдалш? Амма ца хаьа-кх царна.
14Иман диллинчаьрца цхьаьнакхетча‚ цара олу: "Тхо тешна". Шайн шайтIанашца цьаьнабисча‚ цара олу: "Баккъалла а. тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш /иман диллинарш/ хьийзош дарий".
15Дала хьийзор бу уьш‚ бахбийр бу уьш шайн тиларчохь‚ дIай-схьай уьдуш.
16Уьш бу нийсачу новкъах тилар эцнарш‚ ма са ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь.
17Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна ган а ца гуш.
18Къора‚ мотт а ца хууш‚ бIаьрса доцуш -- уьш буха ца боьрзу-кх /Далла тIе/.
19Я стигларчу догIанан мархах тера‚ шена чохь бода‚ къовкъар‚ ткъес тухуш -- цара лергашчу пIелгаш духку‚ ткъес тоьхна баларх ларлуш. И Дела ма ву гуо бийр болуш цатешачарех.
20Ткъес герга ду церан бIаьрса дIадайа‚ шайна серла ма яьллинехь‚ дIабоьлху уьш цу чохь /серлонгахь/‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо хIуманна а ницкъ кхочуш ма ву.

❖ Дакъа 3 ❖

21ХIай нах! Шайн Кхиош-кхобушволчунна Iибадат де‚ И ву шу а‚ шул хьалха хилла берш а кхоьллинарг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш.
22И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах гIирс бина‚ стиглара хи даийтина‚ цуьнца стоьмийх шуна рицкъ хилитийна. Ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь.
23Шу шеконехь делахь‚ Оха Тхан лайга /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух даладе цхьа сурат‚ цуьнга терра‚ кхайкха шайн тешаш‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь.
24Аша и ца дахь‚-- аша и дийр ма дац -- шу кхера цIерах‚ ша нах а‚ тIулгаш а дагор долчу‚ ша кечйина хилла йолчу цатешачарна.
25Ахьа /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха иман диллинчаьрга а‚ дика Iамалш йиначаьрга а царна бошмаш хилар /ялсаманин/‚ бухахула оьхуш хин татолаш а долуш. Шайна цу чуьра стоьмийх рицкъа мел дели‚ цара олу: "ХIара ду хьалха а вайна делла хилла долу рицкъа" -- царна деллера цу чохь цунах тераниг. Царна цу чохь цIена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу.
26Ма-дарра аьлча‚ Дела ийза ца ло масал даладан чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех а. Иман диллинчарна хаьа и шайна Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: "ХIун лиъна-те Далла цу масалца?" Цо тилабо цуьнца дукханаш‚ Цо нисбо цуьнца дукханаш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакхберш бен.
27Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваIда‚ барт хиллачул тIаьхьа‚ цара доькъу Дала хоттааьлла омра динарг‚ лела ма до лаьтта тIехь телхина хIуманаш‚ -- уьш ма бу эшнарш.
28Шу муха ца теша Делах: шу ма дарий делла‚ тIаккха Цо шу ден ма дира? Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тIаккха Цунна тIе дIадуьгур ду шу.
29Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира стигланна -- Цо дIанисйира и ворхI стигал йина‚ -- И массо хIума Ша хууш ма ву.

❖ Дакъа 4 ❖

30Хьан Кхиош-кхобуш волчо аьллера маликашка: "Со воллу лаьтта тIехь эла ван". Цара элира: "Ахьа кхуллу‚ ткъа‚ цу тIехь боьханиг дийрдерг а‚ цIий Iенордерг а‚ оха бийр бара Хьуна хастам а‚ вазвийр а ма вара Хьо". Цо элира: "Со хууш ма ву шуна ца хуург а".
31Цо Iамийра Адамна массо хIуманийн цIераш‚ тIаккха гайтира уьшмаликашка‚ элира: "Йийца Суна церан цIераш‚ шаьш хиллехь бакълуьйш".
32Цара элира: "Вонах цIена ву Хьо‚ ма дац-кха тхуна Iилма‚ Ахь тхуна Iамийнарг бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а".
33/Дала/ элира: "ХIай‚ Адам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIераш". ТIаккха цо цаьрга церан цIераш йийцича‚ элира /Дала/: "Аса шуьга ца аьллера‚ ткъа‚ Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аша гучудоккхуриг а‚ аша хьулдеш хилларг а".
34Оха аьллера маликашка: "Сужд де Адамна". ТIаккха цара сужд дира‚ иблис диссалц‚ и дуьхьала делира‚ цо куралла йира‚ -- и хиллера цатешачарех.
35Оха элира: "ХIай‚ Адам‚ ваха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цунах шортта шайна луург‚ амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана -- тIаккха шу хир ду шуна зулам динчарех".
36ТIаккха и шиъ дIашаршийра шайтIано цунах /ялсаманех/‚ арабехира уьш шаьш хиллачуьра. Оха элира: "Охьадисса‚ цхьаберш вукхарна мостагIий а хилла‚ шуна лаьттахь хIоттам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хир бу".
37Адама Iамийра шен Кхиош-кхобучуьнгара дешнаш‚ Цо цунна гечдира‚ баккъалла а‚ И ву гечдеш а‚ къинхетаме а.
38Оха элира: "Охьадисса цигара /ялсаманера/ массо а. Соьгара нийса некъ ца кхочуш буьсур бац шуьга. Сан некъана тIаьхьа хIоьттинарг -- царна кхерам а хир ма бац‚ сингаттаме а хир бац уьш.
39Цатешаш берш а‚ Тхан аяташ харц дийраш а -- уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу".

❖ Дакъа 5 ❖

40ХIай‚ ИсраиланкIентий‚ Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла хилла долу‚ аша кхочушъе Соьца хилла ваIда‚ Аса кхочушйийр ю шуьца хилла ваIда‚ Сох кхералаш.
41Шу тешалаш Аса охьадоссийначух /КъурIанах/‚ шуьгахь долчуьнца нийса догIуш а долчу‚ -- шу ма хила цунах дуьххьарлера цатешарш. Сан аяташца кIеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш.
42Ма кегаде бакъдерг харц долчуьнца аша‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Товрата чохь долу Мухьаммада сипат).
43Ламаз хIоттаде‚ ло закат‚суждане гIо сужда дечаьрца.
44Аша омра до нахана диканиг? Ткъа дицдеш ма ду шайн догIмаш‚ шу ма ду жайна доьшуш -- шу хьекъале ца хуьлу?
45Аша гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь болчаьрга а бен.
46Уьш бу шаьш тешаш шайн Кхиош-кхобуш волчуьнца шаьш цхьанакхетарг хиларх‚ шаьш Цунна тIе дIадуьгург хиларх.

❖ Дакъа 6 ❖

47ХIай‚ Исраилан кIентий! Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла хилла долу -- Аса шу даздина хилар Iаламел (шух элчанаш баийтарца, жайнаш доссорца).
48Шу кхера дийнах‚ шена чохь сино синера цхьана а хIуманца бекхам оьцур боцчу‚ цуьнгара шапаIат къобалдийр доцчу‚ цуьнгара нийсооьцур йоцчу‚ шайна гIо дийр доцчу.
49Оха хьалхадехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚ бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий -- цу чохь шун Сийлахь-веза хилла волчу Кхиош-кхобучун зер ду.
50Оха шуна хIорд бийкъира -- шу хьалхадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш лаьтташехь.
51Оха ваIда йира Мусаца шовзткъа буьйсанна‚ тIаккха аша эса дIалецира‚ цул тIаьхьа шу ма хилира зуламхой.
52ТIаккха а Оха гечдира шуна цул тIаьхьа‚ аша баркалла ала мегар дацара‚ ткъа?
53Оха делира Мусага жайна а‚ фуркъана -- шу нийсачу новкъа довла мегар дацара‚ ткъа?
54Мусас аьллера шен къоме: "ХIай‚ сан къам‚ аша шайна зулам дина‚ аша эса дIалацар бахьанехь. Тоба де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш дайа. И дика ду шуна шаьш Кхоьллинчунна хьалха -- тIаккха Цо шун тоба къабал дира: баккъалла а, И ма ву тоба къабал дийриг а‚ къинхетам берг а.
55Аша аьллера: "ХIай‚ Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь". ТIаккха шу схьалецира ткъесо‚ шу хьоьжуш лаьтташехь.
56ТIаккха Оха шу дендира шу деллачул тIаьхьа -- шу хила мегар ма дара баркалла олуш.
57Оха шуна тIехIоттийра марха‚ охьадоссийра шуна манна а‚ салва а-- даа шайна цIенадерг‚ Оха шайна деллачу рицкъанах. Тхуна зулам ца дира цара‚ амма уьш хилира шайна зулам деш.
58Оха аьллера: "Чу гIо цу юьртана‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта‚ неIарехула чудовла сужда деш‚ аша ала: "Гечдар!"-- оха гечдийр ду шун гIалаташ‚ тIаккха алсамбохур бу дика дийриш.
59Зулам динчара хийцира дош шайга аьлла доцчуьнца‚ тIаккха зулам динчарна Оха стиглара рижсйоссийра‚ уьш песакъ хиларна.

❖ Дакъа 7 ❖

60Ткъа Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи. ТIаккха Оха элира: "ДIатоха хьайн Iаса тIулгах". ТIаккха цунах даьржира шийтта хьаст. Массо нахана хиира шайн-шайна хи молу меттиг -- даа‚ мала Делан рицкъах -- ма де лаьтта тIехь боьханиг а, ирчаниг а.
61Аша аьллера: "ХIай‚ Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана кепараюучух. Хьайн Кхиош-кхобучуьнга деха‚ Цо долийтийла тхуна лаьтта тIехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ дехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьашех‚ хохах цхьацца хIума. Цо элира: "Ткъа аша хуьйцу гергахь долчух дика дерг? Охьа гIо Мисара‚ шуна хир ду аша дийхинирг". Царна тIетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгIазло хилира царна. Иза -- уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза -- цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду.

❖ Дакъа 8 ❖

62Баккъалла а, иман диллинарш а‚ иудейш а‚ насараш а‚ сабейцаш а-- Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна‚ дика Iамалш йинарш -- царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь совгIат ду‚ царна тIехь кхерам хир бац‚ уьш сингаттаме а хир бац.
63Оха шуьца барт бира‚ шуна тIехула лам айбира. Схьалаца Оха шайна даийтинарг ницкъаца‚ цу чохь дерг а хьахаде‚ тIаккха шу хила тарло /Делах/ кхоьруш.
64ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу духадевлира. Делан дозалла а‚ къинхетам а шуна ца хиллехьара -- шу хилла хир дара эшначарех.
65Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: "Хила шух дIасхьалелхош йолу маймалш".
66Оха изахилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална‚ /Делах/ кхоьручарна хьехамна а.
67Мусас аьллера шен къоме: "Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла". Цара элира: "Ахьа хьийзор дара тхо?" Цо /Мусас/ элира: "Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх".
68Цара элира: "ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ алий". Цо элира: "Цо /Дала/ боху: "И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юкъанаккъара‚ шайга бохург кхочушде".
69Цара элира: "ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ алий". Цо элира: "Цо боху: "И етт бу‚ сирла-можачу бесан‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш".
70Цара элира: "ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ алий. Хьелий дерриге вовшашка тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду".
71Цо элира: "Цо /Дала/ боху: "И етт бу‚ Iамийна бац иза шеца охана дан а‚ я хи кхехьа а‚ Iайбех цIена бу иза‚ чIама боцушбу иза". Цара элира: "ХIинца деана ахьа бакъдерг". ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан.

❖ Дакъа 9 ❖

72/Хьахаде цаьрга/: "Аша сама дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу". Дела ма ву Iорадоккхург аша дIахьулдеш дерг.
73ТIаккха Оха элира: "Цу докъах тоха аьттан цхьа кийсиг". Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ.
74ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ шаьш тIулг санна я цулла а чIогIа шайн къизаллица. Баккъалла а,‚ тIулгех ду шех /хин/ татолаш долург а‚ цунах ду /дакъошка/ декъалуш дерг‚ тIаккха шех хи долуш. Баккъалла а, цунах ду /охьа/ дужуш дерг‚ Делах кхерарца; ма вац Дела тергам боцуш аша дечунна.
75Шу догдохуш ду цара шайга иман дилларе? Хилла царех цхьа тоба Делера даше ладоьгIуш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхийтинчул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шена хуьушехь.
76Шаьш иман диллинчаьрца цхьана кхетча‚ цара олу: "Иман диллина ду тхо"‚-- ткъа шаьш вовшашца бисича олу: "Аша цаьрга дуьйцу‚ ткъа‚ шайна Дала делла дергцаьрга /бусулбанашка/ цуьнца /и гучудаккхарца/ шайца къийсийта‚ шу хIунда ца хуьлу хьекъале?"
77Я царна ца хаьа-те‚ Делана цара хьулдинарг а‚ гучудаьккхинарг а хууш хилар?
78Царех бу бодане берш‚ шайна дешар ца хууш‚ беккъа цхьа лаам бен‚ уьш ма бац мотталуш бен.
79Бала бу /жоьжахатийн Iазап/ шайн куьйгашца жайна яздечарна‚ тIаккха олуш: "ХIара ду Делера"‚-- шайна цунах кIеззиг мах эцархьама. ТIаккха бала бу царна шайн куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карочух.
80Цара элира: "Тхоьх кхеттане кхетар яц /жоьжахатийн/ цIе‚ цхьа масийтта дийнахь бен". Ахьа ала /я Мухьаммад/: "Делера ваIда эцна аша? -- Дала цкъа а ца йохайо Шен ваIда -- я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна ца хуург?"
81ХIаъ‚ вониг динарг а‚ шен гIалат шех хьаьрчинарг а -- уьш бу жоьжахатийн дай‚ шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.
82Ткъа иман диллинарш а‚ диканиг динарш а -- уьш бу ялсаманийн дай‚ шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.

❖ Дакъа 10 ❖

83/Хьахаде царна‚ хIай‚ Мухьаммад/ Исраилан кIенташцачIагIо йира Оха: "Далла бен Iибадат дийр дац аша‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчарца а‚ боберашца а‚ мискачарца а /дика хир ду/‚ аьлла; аша ала нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло". ТIаккха шу духадевлира‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шу дуьхьал а дуьйлуш.
84ЧIагIо йинера Оха шуьца: "Аша вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара ара а дохур дац"‚ -- аьлла‚ тIаккха аша чIагIдира /и барт/‚ шаьш тешаш а долуш.
85ТIаккха шу ду хIорш: хIаллакдеш шайн синош‚ вовшех цхьаберш шайн цIеношкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна гIо а деш. Шайна тIе йийсарш баьхкича‚ мехахпаргIатбоху уьш‚ шуна хьарам ду уьш дIабахийтар. Ткъа жайнанцхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аша? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь эхь бен‚ ткъа къемат дийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚ ма вац и Дела тидам боцуш аша дечунна.
86Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцна. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо дийр ма дац.

❖ Дакъа 11 ❖

87Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа бахийтира пайхамарш‚ Марьяман кIанте Iисага делира кхоччуш тоьшаллаш /Инжил/‚ чIагIвира и Къудусан сица‚ ткъа мелла а шайн догIмашна ца дезарг дохьуш пайхамар веача‚ шу курадовлура‚ /пайхамарех/ цхьаберш харц бора аша‚ цхьаберш бойура аша.
88Цара /Исраилан кIенташа/ элира: "Тхан дегнаш мужулт ду (дIакъевлина ду). ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна‚ уьш ца тешарна; ма кIеззиг хили-кх уьш /шех/ тешарг.
89Цаьргахь дерг /Товрат/ бакъдеш долу жайна /КъурIан/ Делера шайга деанчул тIаьхьа...-- хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш...-- шайга и шайна хууш дерг деъча /Мухьаммад пайхамар/‚ цунах ца тийшира уьш; Делан неIалт ду ца тешачарна.
90Ма кIеззиг мехахдоьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг харцдархьама‚ шайн хьагI бахьанехь. ОьгIазаллинатIе а оьгIазалла йожийра царна тIе. Ца тешначарна ду сийсаза долу Iазап.
91Цаьргааьлча: "Теша Дала доссийначух /КъурIанах/"‚-- цара олу: "Тхо теша тхайга доссийначух". Уьш ма тешац цул совнаха. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнцанийса а догIуш. Ахьа ала /жуьгташка/: "Ткъа хьалха Делан пайхамарш хIунда байира аша‚ шаьш тешаш хиллехь?"
92Шуьга ма веънера кхоччуш тоьшаллашца Муса‚ тIаккха цул тIаьхьааша тIелецира эса; шу ма ду зуламе.
93Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира ТIур лам; "ДIалаца Оха шайна делларг ницкъаца‚ ла а догIа". Цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо". Церан дегнашкахь мийлира эса‚ уьш ца тешарна. Ахьа ала: "Ма вон хIума дук-кх шеца шун имано шуьга омра деш дерг‚ шу иман диллина хилла делахь".
94Ахьа ала: "ТIаьххьара цIаДалла гергахь‚ нахана доцуш‚ деккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь".
95Шайн куьйгаша хьалха динчуьнцацарна и цкъа а лаъанне а луур дац. Дела ма ву бевзаш и зуламхой.
96Хьуна баккъалла а, карор ма бу уьш /жуьгтий/ массо нахал /дуьненан/ дахарна суттар‚ Делаца накъост лаьцначарел а‚ царех хIоранна а луур дара эзар шарахь ваха. Ма вац и Iазапах хIумма а духатохалур долуш ша /мел дукха/ вахарх. Дела гуш ма ву цара дийриг.

❖ Дакъа 12 ❖

97Ахьа ала: "Мила хилла ДжибриланамостагI? Цо ма доссийна и /КъурIан/ хьан дагчу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнцанийса а догIуш тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу".
98Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Микална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачарна.
99Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр дац песакъ наха бен.
100Шаьш ваIда мел йи а‚ царех цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царех дукхах берш тешаш ма бац.
101Шайга Делера элча веача‚ цаьргахь дергбакъ деш хилла волу‚ жайна доссийначарехцхьана тобано дIатесира Делан жайнашайн баккъашна тIехьа‚ шайна ца хууш санна.
102Уьш тIаьхьа ма хIиттира шайтIанаша Сулейман шен паччхьаллех ваккхарна тIехь дешначунна. Сулеймана керст ца дира‚ амма шайтIанаша керстдира‚ цара нахана Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехьшина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: "Баккъалла а, тхо цхьа питана ду -- хьо ца тешаш ма хилалахь". ТIаккха цара цу шингара /ХIарутера а‚ Марутера а/ Iама ма дора майрачун а‚ цуьнан зудчун а юкъара барт бохор. Цара ма ца до цуьнца /бозбуанчаллица/ зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна /жуьгташна/ хиира иэцначарна эхартахь кхоллам цахилар. Ма вон хIума ду-кх иза‚ цара шех синош шайн доьхкинарг‚ царна хууш хиллехьара.
103Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара -- Делера миэла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара.

❖ Дакъа 13 ❖

104ХIай‚ иман диллинарш! Аша ма ала: "Тхоьх тергам бе"‚ аша ала: "Тхоьга хьажа"‚ аша ладогIа. Цатешачарна лазош долу Iазап ма ду.
105Ма ца деза жайнан дайха‚ мушрикунех а болчу цатешначарна шуна шайн Кхиош-кхобучуьнгара диканиг досса. Дала къаставо Шен къинхетамца Шена луьург. И Дела сийлахь -- доккха дозалла долуш ву.
106Оха цхьа аят дIадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг. Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар?
107Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха и Дела воцург кхин вали а‚ гIоьнча а.
108Я шуна лаьа шайн элче деха‚ хьалха Мусага дехна ма-хиллара? Иман цатешарца хийцинарг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах.
109Лиира жайнан охIлах дукхахболчарна шаьш шу цатешаре дIадерзо‚ аша иман диллинчул тIаьхьа‚ шайгара хьагI хиларца‚ бакъдерг шайна гучудаьллачул тIаьхьа. Гечде аша‚ бита уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
110Ламаз хIоттаделаш‚ закат лолаш‚ аша шайн догIмашна хьалха мел дахийтина диканиг карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аша дийриг гуш ма ву.
111Цара элира: "Вахханне а ялсамане гIур ма вац ша жуьгти я насарибен". Иза церан дагахь дерг ду. Ахьа ала: "Схьагайта шу бакъ хиларан билгалонаш‚ шаьш бакълуьйш делахь".
112ХIан-хIа! Шен юьхь Далла муьтIахь йинарг‚ ша дика а хилла‚ цунна ял хир ма ю шен Далла гергахь; царна кхерам хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.

❖ Дакъа 14 ❖

113Жуьгташа элира: "Насараш цхьанне а хIуманна тIехь бац". Насараша элира: "Жуьгтий цхьанне а хIуманна тIехь бац". Ткъа уьш ма бу жайнадоьшуш. Иштта элира хIумма ца хууш болчара‚ церан дешнех терра. И Дела ма ву хьукма дийр долуш царна юккъехь къемат дийнахь цара хилпало ечу хIуманехь.
114Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚ уьш дохо тIехьоьдуш волчул? Уьш /и нах/ баха безаш бацара царна чу /маьждигашна/‚ кхоьруш бен. Царна ду дуьненахь эхь‚ ткъа эхартахь царна ма ду доккха долу Iазап.
115Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. шу миччахьа дирзича а -- цигахь го Делан юьхь. И Дела ма ву шорте йолуш а‚ дика хууш а.
116Цара элира: "Дала тIелаьцна кIант". Вонах цIена ву Иза. ХIаъ! Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву.
117Ша юьхьанца кхоьллина ву И стигланаш а‚ латта а. Цхьана гIуллакхан тIехь сацам бича‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" -- и хуьлу.
118Шайна ца хуучара элира: "Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делалладеъна хиллехьара". Иштта олура царел хьалха баханчара‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ тешаш болчу нахана.
119Баккъалла а, Оха хьоваийтина бакъдолчуьнца /кхоан/ хаамчахилла а‚ /Iазапан/ кхерамчахилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатийн охIланна тIера.
120Хиллане а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо шайн дине вирзича бен. Ахьа ала: "Делан нийса некъ -- и ма бу нийса некъ"‚ хьо нагахь церан лаамашна тIаьхьа хIоттахь‚ хьайга Iилма /бакъдолу дин -- ислам/ деъначул тIаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац валиа‚ гIоьнча а.
121Оха шайга жайна деллачара и доьшу‚ деша ма-деззара‚-- уьш ма бу цунах тешаш берш; цунах цатешаш берш -- уьш хир ма бу эшначарех.

❖ Дакъа 15 ❖

122ХIай‚ Исраилан кIентий! Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла долу‚ Аса даз ма дира шу Iаламал.
123Шу кхера дийнах‚ са сина пайдане хир доцчу‚ цуьнгара къиношна дуьхьал нийса мах оьцур боцчу‚ гIо даккхаро (шапаIато) цунна пайда бийриг боцчу‚ царна гIо дийриг доцчу.
124/Ахьа хьахаде царна‚ хIай Мухьаммад/. ИбрахIим ма зийра цуьнан Дала дешнашца‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо /Дала/ элира: "Аса хьох нахана имам веш ву". Цо /ИбрахIима/ элира: "Ткъа сан тIаьхьенах?". Элира /Дала/: "Сан ваIда ца хьакхало зуламхойх".
125Оха и цIадира нахана гуламхила а‚ маьршо хила а: "Схьалаца ИбрахIиман меттиг‚ ламаз ден меттиг хуьлуьйтуш". Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: "Аша шиммо цIанде Сан цIа /КаIба/ го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а".
126ИбрхIима аьллера: "ХIай‚ сан Дела‚ Ахьа хилийтахь хIарамаьрша мохк‚ Ахьа рицкъа лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царех Делах а‚ тIаьххьарчу Дийнаха тешачарна". Цо элира: "Ткъа цатешарш -- Аса марзо оьцуьйтур ю цаьрга цхьажимма‚ тIаккха дIахьажор ма бу уьш цIеранIазапе". Ма вон дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!
127ИбрахIима а‚ ИсмаIила а айбо цу цIийнан бух: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Къобалде Ахьа хIара тхоьгара‚ баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а.
128ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Тхо хилийта Ахьа Хьайна муьтIахь /муслим -- бусулба/‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахьа‚ гайтахьа тхуна тхан Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
129ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Ахьа ваийталахь царна элча‚ царех а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш‚ баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верга".

❖ Дакъа 16 ❖

130Ткъа мила ву ИбрахIиман миллат ца дезаш верг? -- Ма вац иза шен Iавдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех.
131Аьллера цуьнга цуьнан Кхиош-кхобушволчо: "МуьтIахь хила!" Цо элира: "МуьтIахь ву со Iаламийн Дена /Далла/".
132Цуьнца /исламаца/ весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Якъуба а дира: "ХIай‚ сан кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дIа ма кхелхийла /цу Далла/ муьтIахь хилла бен".
133Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла хьажаелча‚ цо шен кIенташка олуш: "Хьанна Iибадат дийр ду аша сол тIаьхьа?" Цара ма элира: "Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн -- ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан -- Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо".
134И уммат дIадахана. Цунна цо шена карийнарг ду‚ шуна аша шайна карийнарг ду‚ шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
135Цара элира: "Хила иудейш я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахьа ала: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикунех".
136Аша ала: "Тешна тхо Делах‚ тхайга доссийначух /КъурIанах/ а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене а доссийначух а‚ Мусага а‚ Iисага а деллачух а‚ шайн Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царех цхьа а ца къаставо. Тхо цунна /АллахIана/ муьтIахь ма ду".
137Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара -- тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ -- баккъалла а, уьш барт боьхна ма бу. Дала царна тIехь толам хуьлуьйтур бу хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а.
138Делан амале /динах теша тхо/. Мила ву‚ ткъа‚ Делал хаза амал йолуш? Цунна Iибадат до оха.
139Ахьа ала: "Тхоьца къуьйсу аша Делаца? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна /АллахIана/ тешаме ду".
140Я аша боху‚ ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан тIаьхье а хилла иудейш я насараш? Ахьа ала: "Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тоьшалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела тергам ца беш аша дечунна".
141И уммат дIадахана. Цунна цо шена карийнарг ду‚ шуна аша шайна карийнарг ду‚ шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.

❖ Дакъа 17 ❖

142Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: "Стено дIаберзийна техьа уьш шаьш тIехIиттийна хиллачу къилбанна тIера?" Ахьа ала: "Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа".
143Иштта шух дира Оха юкъара /Iедале/ уммат‚ шу хилийтархьама а нахана тIехь тешаш‚ элча хилийтархьама а шуна тIехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тIехь хилла волу къилба‚ шаьш динах дIабирзинчарех элчанна тIаьхьа хIуттурш бовзархьама бен. Дала шаьш нийсачу новкъа бихкинчарна-м ца хийтира идоккха хIума. Дела ца хилла шун иман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а.
144Гира Тхуна /хIай‚ Мухьаммад/ хьан юьхь дIай-схьай хьийзаш стиглахула. Оха хьо тIе воьрзуьйтур ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьайн юьхь Хьарам МасжиданагIор. Шаьш миччахьа лаьтташ делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цуьнан агIор. Жайнан охIланна хуур ма ду и шайн Кхиош- кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела тергам ца беш цара дийриг.
145Жайнан охIланна муьлхха делалла ахьа далийча а‚ уьш тIебоьрзур ма бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур ма вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьа хIоттахь‚ хьайга Iилма кхаьчначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зулам дечарех.
146Оха шайга жайна доссийнчарнаи /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна бовзаре терра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш долуш.
147Бакъдерг /ду иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиллане хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарех.

❖ Дакъа 18 ❖

148ХIоранна а -- шен агIо ю‚ и цунна тIе а хьожуш. Аша хьалхадаха диканаш. Миччахьа а шу делахь а‚ -- Дала дерриге а дIадуьгур ду шу /Шена тIе/. Баккъалла а, и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ма ву.
149Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. И баккъалла а, бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела тергал ца деш аша дийриг.
150Миччахьа хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цуьнан агIор‚ нехан шуна тIехь делалла ца хилийтархьама‚ царех зулам диначарна а бен -- шу царах ма кхералаш -- Сох кхералаш‚ Аса шуна тIехь Сайн ниIмат кхочушдархьама а -- шу нислур дацара техьа.
151Оха шуьгахь шух-шайх элча ваийтарх терра‚ цо доьшу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цIандеш‚ Iамадеш шуна жайна а‚ хьекъалалла а‚ шуна Iамадеш шуна хууш ца хилларг.
152Аша Со дагаваийта-- Аса шу а дагадохкуьйтур ду /гечдарца/‚ Суна шукур де‚ Со харц ма ве.

❖ Дакъа 19 ❖

153ХIай‚ иман диллинарш! Аша гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма ву собаре болчарца.
154Аша ма ала Делан новкъахь беллачарна "белла". -- Дийна бу уьш. -- Амма шуна ца хаало.
155Оха диттанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхний а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ -- ахьа кхаъ баккха собаре хиллачарна‚ --
156иштаннаш бу уьш шайна тIе цхьа боккха бала беьча‚ олуш: "Вай Делан ду‚ Цуьнга дIадоьрзур долуш а ду".
157Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нисбелларш.
158Сафа а‚ Марвата Делан дин довзийтарах ду. ХьаьжцIа воьдучунна а‚ Iумратдечунна а къа дац царна гуо баьккхича. Даггара диканиг дича -- и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву.
159Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а Оха шаьш нахана Жайна чохьбилгалъяьхначул тIаьхьа хьулдеш берш -- уьш ма бу Дала шайна неIалт эр берш а‚ неIалт олучара а шайна неIалт эр берш а.
160Бац /неIалтан кIел/ шаьш дечунна тIера /тоба дарца/ бухабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м -- церан тоба Аса къабал дийр ду -- Со тоба дукха /къабал/ дийриг а ву /Сан лешна/, шорта къинхетаме верг а ву.
161Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ шаьш ца тешаш хилла белларш -- царна хуьлийла Делан а‚ маликийн а‚ массо нехан а неIалт.
162Шаьш цу чохь гуттар а лаьтташ‚ Iазап дайдийр ма дац царна‚ тIехьа тоттур а ма бац уьш.
163Шун Дела -- цхьа Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву И.

❖ Дакъа 20 ❖

164Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь‚ нахана пайда а беш‚ хIордачохь дIасалелаш долчу кеманахь а‚ Дала шеца деллачул тIаьхьа латта дендеш стиглара охьадоуьйтучу хинехь а‚ Цо цу /латта/ тIехь массо дийнат даржадарехь а‚ мох хьакхарехь а‚ шаьш Далла муьтIахь хилла стигланна а‚ лаьттана а юккъехь дIасалелачу мархашкахь а -- делилаш ма ду шаьш ойла ян хуучу нахана.
165Нахах бу Дела а витина‚ кхин делий лоьцуш берш‚ шайн уьш безаш Дела везарх терра. /Баккъалла а, Делах/ тешаш берш чIогIа дукхабезаш бу Далла. Гуш белхьара и зулам деш берш -- царна гур ма дара Iазап -- царна гур ма дара ницкъ берриге а Делан буй‚ и Дела Iазап чIогIа долуш вуй.
166Шайна нах тIаьхьахIуттуш хилла берш цIанлур ма бу шайна тIаьхьа хIиттийна хиллачарех‚ царна гур ду Iазап‚ тедалур ю церан юкъаметтигаш.
167Шаьш кхечарнатIаьхьахIуттуш хиллачара эр ду: "Тхан юха дуьнена доьрзуьйла делахьара‚ тхо а цIанлур ма дара царех‚ уьш тхох цIанбаларх терра". Иштта гойтур ю Дала церан Iамалш‚ царна бала хилла. Уьш арабовлур ма бац цIергара.

❖ Дакъа 21 ❖

168ХIай нах! Даа лаьттахь долчух хьаналдерг а‚ цIена дерг а. Шу ма хIитталаш шайтIанан тачча -- и шуна билггала мостагI ма ду.
169Баккъалла а, цо шуна омра ма до вониг‚ ирчаниг‚ аша Далла /Делах лаьцна/ алар а шайна ца хуург.
170Цаьрга аьлча: "ТIаьхьахIитта Дала шайга доссийначунна /КъурIан/"‚ цара олу: "ХIан-хIа! Тхо тIаьхьахIуьттур ду‚ тхуна тхан дай тIехь карийначунна"... -- и церан дай хилла бацахь цхьанне хIуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а.
171Цатешачеран масал ду шена кхайкхар а‚ мохь беттар бен ца хезаш волчуьнга цIогIа хьоькхучун масалх терра: къора‚ мотт ца хууш‚ бIаьрзе -- уьш ца кхета.
172ХIай‚ иман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIена дерг‚ цу Далла шукур а де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.
173Цо шуна хьарам йина къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚ кхечунна лерина йийна хIума а. Нагахь санна ницкъ хилахь‚ дог тIе а ца дохуьйтуш‚ дозанах а ца волуш‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац -- баккъалла‚ и Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетам болуш а.
174Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьацца дерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах шайна кIеззиг мах оьцуш берш -- уьш ма бу шайн кийрахь цIе бен юур йоцурш‚ вистхир ма вац и Дела цаьрга къематан дийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна хир ма ду лазош долу Iазап.
175Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина талхар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Iазап эцнарш. Хьан лур ду те царна собар жоьжахатийн цIарна дуьхьал?
176Иза ду Дала и жайна доссийна хилар бакъдолчуьнца‚ цу жайнаца цхьаьна ца богIурш генарчу /барт/ эгIарехь хилар.

❖ Дакъа 22 ❖

177Мел хир бац аша шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а тийжаярах. Ткъа миэл хир бу и /нах/ Делах тийшича‚ тIаьххьарчу дийнах а тийшича‚ маликех а тийшича‚ жайнах тийшича‚ пайхамарех а тийшича‚ шена дезачух даьхний делча /сагIина/ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргIат ваккхархьама‚ ламаз цо хIоттийча‚ закат делча‚ шаьш делла дош кхочушдича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тIамехь а собаре хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.
178ХIай‚ иман диллинарш! Шуна тIедиллина вийначунна тIера чIир эцар: оьздачунна тIера -- оьздачуьнца‚ лен тIера -- леца‚ зудчунна тIера -- зудчуьнца. /Бусулба/ вашас цхьанна гечдича -- диканца цунна тIаьхьахIотта веза. Нийса кхочушдан деза дият. И шуна Делера атталла ю‚ къинхетам а ма бу. Цул тIаьхьадозанах ваьллачунна хир ма ду лазош долу Iазап.
179Шуна чIир эцарехь дахар ду‚ хIай хьекъал дерш! Шу хила мегара /Делах/ кхоьруш.
180Шуна тIедиллина цхьанна тIе валар деъча‚ нагахь цуьнан буха дуьсуш хIума делахь цо и нийсонца дена-нанна‚ гергарчарна дала весет дар -- хьакъ-бакъ долуш ду и /весет дар/ кхоьручарна /Делах/.
181Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тIаьхьа хийцахь -- къа и хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву ша хезаш а‚ хууш а.
182Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца хиларх я къа даларх кхерахь‚ цо маслаIат дахь царнаюккъехь‚ цуннакъа хир дац. И Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетам болуш а.

❖ Дакъа 23 ❖

183ХIай‚ иман диллинарш! Шуна тIедиллина марха лацар‚ шул хьалхабаханчарна тIедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
184Цхьа масийтта де; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь -- кхечу хенахьденош /кхочушдер цо/. Марха ца кхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо сов даьккхича (шен даггара сагIа сов луш) -- и цунна дика ду. Аша марха лаьцча -- шуна дика ду‚ шу хууш делахь.
185Рамазан бутт‚ шена чохь КъурIан доссийна болу‚ нахана нийса некъ а‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а ю. Шух и тергал бинчо марха лоцийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь -- кхечу денойх цхьаъ дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто‚ лууш вац И шуна хало. Кхочушдер аша и денош‚ вазвер аша и Дела /АллахIу акбар аларца/‚ Цо шу нисдарна нийсачу новкъа‚ шу хилахьара баркалла олуш.
186Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна -- Со гергахь ву‚ жоп луш доьхучун дехарна -- цо дехча, Сан пайхамаршна жоп лойла цара (Суна муьтахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш -- уьш хила там бара нийсачу новкъахь.
187Магош ду шуна мархийн баттахь буьйсанна шайн зударшна тIе дахар -- уьш шун духар ду‚ шу -- церан духар ду. Далла хиира шу хилла хилар шаьш Iехадеш. Шун тоба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца цхьаьнакхета цаьрца /зударшца/‚ леха Дала шайна яздинарг. Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тех къастадаллалц. ТIаккха кхачаде марха буьйсане. Цхьаьна ма кхета цаьрца /зударшца/ шаьш маьждигийн чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо царна /дозанашна -- уьш дохо/. Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
188Аша ма даа вовшийн даьхний харцонца‚ хьаькамашна тIе а лелаш нехан даьхний даархьама къица‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/.

❖ Дакъа 24 ❖

189Хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоьтту беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахьа ала: "Иза нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаж дехкарна а ду". Миэл хир бац шу цIеношка тIехьахула дахарх. Миэл бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Чу гIуо цIеношка неIаршкахула! Делах кхера -- шу даккхийдедийр ду.
190ТIом бе Делан дуьхьа шайца тIом беш болчаьрца‚ шаьш дозанах ма довла. Далла ца беза дозанах буьйлурш.
191Байа уьш шайна карабаьхккичохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чIогIа ду стаг верал а. ТIом ма бе цаьрца Хьарам-Маьждигана уллохь‚ цара шаьш шуьца ца бахь цигахь. Цара шуьца бахь /тIом/ -- байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам.
192Уьш совцахь-- Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
193ТIом бе цаьрца питана ца хилийтархьама‚ дин АллахIана хилийтархьама. Уьш совцахь -- тIелатардац зулам динчарна а бен.
194Безза бутт -- безза баттаца‚ хьуьрамташ а -- бекхам эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тIелатахь -- шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летти. Делах а кхера, шуна хаа: и Дела Шех кхоьручарца вуйла.
195Харжаш е Делан дуьхьа. Шайн куьйгашца шаьш хIаллакх ма де. Диканиг де. Далла дукхабеза диканаг деш берш.
196Чекхдаккха хьаьж дехкар а‚ Iумрата Далла. Шу духатохахьшайна атта долу бежанаде сагIина. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я цунах коьртан цамгар елахь-- /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха лоцур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьаннена ах сахь луш/‚ я устагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIат девлча‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаж дехкарал -- шена атта долчу бежанна урс хьакха сагIина. И ца карадахь -- марха лоцур ду кхаа дийнахь хьаьж доьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь -- цIа вухавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Хьарам-Маьждигана гонаха боцучарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела бекхам чIогIа болуш вуйла.

❖ Дакъа 25 ❖

197Хьаьж дехкар -- девзаш долу беттанашду. Цу чохьХьаьж дихкинчунна -- зудчуьнца гIуллакх хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьж дехкарехь. Аша муьлхха а дина дика ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца новкъана (хьаьж дихка доьдуш). Ткъа уггар дика сурсат -- Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш.
198Шуна къа дац‚ аша шайн Делера диканашлехча. Шаьш Iарафатераохьатекхича -- Дела хьахавесийдолчу машIарехь. Хьахаве И‚ Цо шу нисдарах терра‚ шу хиллехь а хьалха тиллачарех.
199ТIаккха лела нах лелачухула‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
200Шаьш хьаьж дехкар кхочушдина девлича‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарх терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна дуьненахь" /диканаш/ -- ма дац цунна эхартахь дакъа.
201Царех бу олурш а: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург! Ахьа тхуна лолахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахьа тхо ларделахь цIеран Iазапах".
202Царна ма ду дакъа шаьш тардинчух. И Дела ма ву хьесап сиха деш.
203Дела хьехаве цхьана масийтта деношкахь. Шина денна сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгIачу денна) тIехьависинчунна а къа дац -- къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла.
204Цхьацца нах бу шаьш дуьненан дахарех лаьцна дуьйцучу дешнашца хьо цецвоккхуш‚ шайн дегнашкахь долчунна Дела теш хIоттаво цара -- уьш ма бу луьра мостагIий.
205/Хьоьх/ дIа ма къаьсттинехь сихло уьш лаьтта тIехь пасадхIуманаш дан‚ хIаллакдо цара охана а‚ дохкана а‚-- Далла ца деза пасад хIума.
206Цаьрга аьлча: "Делах кхера!" -- къа дарца куралло схьалоьцу уьш. Царна кхачойийр ю жоьжахатис‚ -- ма вон ю-кх царна нисйина меттиг.
207Нахах ву Дела реза хиларах ша оьцуш верг /берриг шен бахам дIабелла/ -- и Дела ма ву дог лозуш /шен лех/.
208ХIай‚ иман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш. Шу ма хIитта шайтIанан гIулчашна тIаьхьа -- и шуна билггала мостагIа ма ду.
209Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу талхахь -- шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам эцарехь/‚ хьекъале ву/гIуллакхаш дIадахьарехь/.
210Уьш хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехь‚ иштта маликаш а /шайга даре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма ду гIуллакхаш.

❖ Дакъа 26 ❖

211Ахьа хаттахь Исраилан кIенташка: "Мел даийтина Оха цаьрга билгала долу делаллаш. Делан ниIмат хуьйцучунна‚ шега и деъначул тIаьхьа -- и Дела ма ву чIогIа бекхаме.
212Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тIехь хир бу къемат дийнахь. Дала рицкъа ма ло Шена луучунна хьесап доцуш.
213Нах хилла цхьа уммат‚ тIаккха Дала баийтира шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукма дайта церан хилпало хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачарийн бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшийн юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира иман диллинарш шаьш шеконехь хилла долчу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа.
214Шу моьттуш ду-те шайл хьалха баханчаьрга деънарг шайга а ца кхочуш шаьш ялсамане гIур ду? Лийцина хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ мехкаш дегийна царна‚ элчано а‚ цуьнца цхьаьна иман диллинчара а олуш: "Маца хир ду Делера гIо?" -- Ткъа Делера гIо дац герга?
215Цара хьоьга хоьтту: "ХIун лур ю сагIина?" Ахьа ала: "Аша сагIина даьккхина дика /даккха/ -- дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъан накъостана а. Аша деш долу дика Дела хууш ву".
216Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума -- и шуна дика ду. Шуна деза тарло цхьа хIума -- и шуна вон ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.

❖ Дакъа 27 ❖

217Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тIом барх. Ахьа ала: "Цу чохь тIом бар -- доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах ца тешар а‚ дезачу маьждигах/нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь". Питана доккха ду тIом барал а. Уьш совцур бац тIом бечуьра шу шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста хьолехь велларг -- уьш бу шайн Iамалш эшнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
218Баккъалла а, иман диллинарш а‚ хIижардинарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарш а -- уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетаме а.
219Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирха лаьцна‚ ахьа ала: "Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду‚ царна чохь болчу пайданал". Юха а хоьтту цара хьоьга: "ХIун доккхур ду шаьш сагIина?" ахьа ала: "Сов даьлларг". Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш
220Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахьа ала: "МаслаIат дардика ду царна". Аша уьш вовшех тоьхча-- уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза а‚ хьекъале а.
221Аша ма балабе Делаца накъост лоцу зударий‚ цара иман диллахь бен. Тешаш йолу лай тоьлу Делаца накъост лоцу зудчул‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Делаца накъост лоцу божаршна а ма балабе /бусулба/ зударий‚ цара иман диллахь бен. Тешаш волу лай тоьлу Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш.

❖ Дакъа 28 ❖

222Хьоьга хоьтту зударийн цIано йохарх‚ ахьа ала: "Иза бала хьегар ду". ЦIано йоьхначу хенахь зударех дIакъаста‚ царна герга ма гIо‚ цIанбаллалц. Уьш цIанбелча‚ гIуо царна улло‚ Дала шайга ма хьеххара. Баккъалла а, цу Далла ма беза тоба динарш а‚ Цуна ма беза цIена берш а.
223Шун зударий -- шун охана ду‚ шайн охана де шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха шайна. Делах кхера‚ шуна хаа‚ шу Цуьнца цхьаьнакхетарг хилар. Ахьа кхаъ баккха иман диллинчарна.
224И Дела ма хилийта шайн дуьйнашна Iалашо диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслаIат ца дан а. И Дела хезаш а ма ву‚ хууш а ма ву.
225Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуши хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ кIеда а ма ву.
226Шайн зударшна юххе гIур дац аьлла дуй биинчарна тIехь ду беа баттахь хьажар. ТIаккха уьш бухаберзахь-- и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
227Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь -- и Дела хезаш а‚ хууш а ву.
228Битина болу зударий хьовсур букхузза цIано чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн кийрахь Дала кхоьллинаргхьулдан‚ шаьш Делах а тIаьххьарчу дийнах а тешаш белахь. Церан марой хьакъ бу уьш юхаберзо цу чохьуьш лууш белахь маслаIат‚ царна ду шайна тIехь долчуьнах тераниг диканца. Божарийн царна тIехь дарж ю. И Дела ша веза-воккха а‚ хьекъале а ву.

❖ Дакъа 29 ❖

229Къастар шозза ду‚ цул тIаьхьа -- нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца дIайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аша дIаделлачух хIумма юхаэца. Мегар ду уьшкхоьруш хилахь Делан дозанаш ца латтадарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан дозанаш ца латтадарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргIат яьлча. Уьш ду Делан дозанаш‚ уьш доха ма делаш. Делан дозанаш дохийнарш -- уьш зулам динарш бу.
230Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тIаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и маре йодахь бен. ТIаккха цо и йитича‚ царна шиннаа къа дац шаьш цхьаьнакхетча‚ уьш моьттуш белахь‚ шаьш Делан дозанаш латтор ду‚ аьлла. Уьш ду Делан дозанаш‚ Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана.
231Аша зударий битина /цкъа я шозза/ болуш‚ церан хантIекхаьчча -- юхаберзабе уьш нийсонца‚ я дIабахийта уьш диканца. Аша юха ма берзабе уьш зуламца -- тIаккха аша дозанаш талхор ду. И динчо шена зулам до. Делан аяташ забаре ма лаца. Аша дагадаийта шайна хилла долу Делан ниIмат а‚ Цо шеца шуна хьехам беш долу Ша шуьга доссийна долу жайна а‚ /шуна делла долу/ хьекъалалла а. Шу Делах кхера‚ шуна хаалаш и Дела массо хIума хууш вуйла.

❖ Дакъа 30 ❖

232Аша зударий битина‚ церан хан герга кхаьчча‚ ашановкъарло ма елаш уьш шайн марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь диканца. И хьехам беш бу шуна‚ шух Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цIена а ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
233Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь. Иза ду лууш волчунна дакхор кхочушдан. Шена бер динчуннатIехь ду -- зударшнадаа хIума а, тIе духа хIума далар а нийсонца. СинатIедуьллуш дац цуьнан ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна а зен ма дойла шен бер бахьанехь. /Ден/ ирс оьцучунна -- цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсан юккъера вакхочунна мах лойла беран валис). Царна шинна алаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн резаллица а‚ дагабовларца а -- къа дац царна. Шуна лаахь шайн бераш дакхон кхин зуда лаха шуна къа дац аша цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аша дийриг гуш вуйла.
234Шух дIакхелхина шайл буха зударий бисинарш -- церан зударий хьовсур бубеа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динчунна диканца. И Дела аша дийриг дика хууш ву.
235Къа дац шуна аша шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа аша и тIаьхьа хьахор дуйла. Мухха делахь а‚ ваIдама е царна къайлах‚ нийса дош олуш бен. И ялор чIагI ма де яздинаргшен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ хьена-кIеда а вуйла.

❖ Дакъа 31 ❖

236Къа дац шуна аша шаьш Iиттаделла а доцу я‚ шайн маххадийна а боцу зударий битича. Ло царна шайн пайденна цхьацца хIума: хьал долчо -- шен тароне хьаьжжина‚ хьал доцучо -- шен тароне хьаьжжина‚ гIиллакхацанийса болчу пайданна‚ дика Iамалш ечарна хьакъ хилла болчу пайданна.
237Аша зударий битахь‚ шаьш царех Iиттаделла а доцу‚ амма шайна мах хадийна болу -- шаьш хадийначул ах мах лур бу аша‚ лур бац‚ нагахь цара я зуда ялор-йитар шайн карахь долчара битахь. Мах ца оьцуш битар (урдох хIумма юха ца даккхар) герга ду /Делах/ кхоьруш хиларе. Аша диц ма де шайн юккъера дозалла‚ баккъалла а, и Дела аша дийриг гуш ву.
238Ларде ламазаш а‚ юккъераламаз а‚ дIахIотта Далла муьтIахь хилла.
239Шайна кхерам хилахь -- ламазаш де шаьш гIаш лаьтташехь я хевшина доьдушшехь. Шаьш кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш‚ Цо шуна Iамадеш ма-хиллара‚ шуна хууш ца хилларг.
240Шух дIакхелхина шайл буха зударий бисинчара шайн зударшна весет дина дакъа дуьтийла цхьа шо дуззалц. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна нийсонца. И Дела веза а‚ хьекъале а ву.
241Битинчу зударшна напхаду нийсонца‚ Делах кхоьручарна хьакъ долуш.
242Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ‚ шу хьекъале хилийтархьама.

❖ Дакъа 32 ❖

243Хьуна ца гои шайн цIеношкара арабевлларш -- эзарнаш -- баларх бевдда? Дала цаьрга элира: "ДIакхалха (лев)!" ТIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а,‚ и Дела дозалла долуш ву нахана тIехь.амма дукхахболчу наха баркалла ца олу.
244ТIом бе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш а‚ хууш а вуйла.
245Далла хаза декхар делларг‚ милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъа дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду.
246Хьуна ца го Исраилан кIентех элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре алар: "Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу". Цо элира: "Шу хила тарло-те‚ шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?" Цара элира: "Оха хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ тхо тхан цIеношкара а, тхан доьзалах а ара даьхна хилча?" Царна тIом бар тIедиллича‚ бухабевлира уьш‚ царех кIеззиг берш боцурш. И Дела хууш ма ву зулам дийриш.
247Церан пайхамара цаьрга элира: "Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь вина". Цара элира: "Цуьнан муха хир ду тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхний а ца делла цунна". Цо элира: "Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо и сов ваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду шена луучунна. И Дела шорта ву‚ Ша хууш а ву".
248Церан пайхамара цаьрга элира: "Цуьнан паччахьалла хиларан билгало ю шуьга тIорказ дар‚ шена чохь сакинатдолуш шун Делера‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало бухайитина цхьацца хIуманаш йолушшаьш маликаша хьош а йолуш". Баккъалла а, цу чохь делалла ма ду шуна‚ шу хиллехь тешаш.

❖ Дакъа 33 ❖

249ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: "Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац)‚ цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана боцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)". Цара цунах хи мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза а /ТIалут/ цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дIабахча‚ цара элира: "Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутана‚ цуьнан эскарна а тIехь". Шаьш Делаца цхьаьнакхетарг хиларх тешна болчара элира: "Моссаза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собар долчаьрца".
250Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьшгучубевлча‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобуш верг! Ахьа собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь".
251Делан лаамца цара уьшэшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъал а делира‚ Iамийра цунна Шена луучух. Дала нах цхьаберш кхечаьрца ларош бацахьара‚ латта бехлур дара‚ амма и Дела ву Iаламна тIехь дозалла долуш.
252Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъхиларца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ ваийтинчарех.
253Уьш элчанаш бу! Базбина Оха царех цхьаберш вукхарел. Царех ву Дала шеца къамел динарг‚ Цо айбина царех цхьаберш даржашца. Оха елира Марьяман кIанте Iисага а билгалонаш‚ чIагI а вира Оха и сийдолчу сица. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара царел /элчанел/ тIаьхьа болчара шайга билгалонаш дIакхаьчначул тIаьхьа‚ амма цхьа барт ца хилла уьш -- царех бу тешарш а‚ царех бу цатешарш а. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург.

❖ Дакъа 34 ❖

254ХIай‚ иман диллинарш! СагIа ло Оха шайна деллачу рицкъанх‚ шена чохь йохкар а‚ доттагIалла а‚ шапаIат а доцу детIекхачале. Цатешарш -- уьш бу-кх зулам дийраш.
255АллахIу -- кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озоро а схьа ца лоцу И‚ набаро а. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цуьнан гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царел хьалха хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а тIаьхьакхуьур ма бац уьш, цунна луучунна а бен. Шуьйра хилла Цуьнан курсстигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь -- веза верг а ву.
256Ницкъ бийр бац динехь‚ билгалбаьлла нийса некъ харц некъал. ТIагIутахца тешаш‚ Делах тешнарг -- и схьалаьцна ву чIогIа гIортор /чIогIа тоба/‚ ша южур йоцу. И Дела ша хезаш а‚ хууш а ма ву.
257Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш -- церан авлияаш‚ тIагIуташ ду‚ цара ара ма боху уьш серлонгара бодане‚ уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу.

❖ Дакъа 35 ❖

258Хьуна гой и ИбрахIимца къуьйсуш хилларг цуьнан Кхиош-кхобучух лаьцна‚ Дала шена паччахьалла делла хиларна? ИбрахIима элира: "Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг". Цо /Номруз паччахьа/ элира: "Аса дендо‚ долуьйту". ИбрахIима элира: "Дала малх боуьйту малхбалехула‚ ахь баийтал и малхбузехула". ТIаккха карзахвелира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам.
259Я цхьана эвлана уллохула воьдучух терра‚ и ша тхевнийн тIейоьжна хилла йолу. Цо элира: "Мичара денйийр ю хIара Дала‚ хIара еллачул тIаьхьа!?" Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: "Мел лаьттира хьо?" Цо элира: "Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я ахдийнахь". Цо /Дала/ элира: "ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а -- хийца ца делла уьш‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делалла хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ муха Оха уьш денйо‚ тIаккха царна тIе жижиг латадо". И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: "Суна хаьа Дала массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла".
260ИбрахIима аьлла хилла: "Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахьа муха денбо белларш". Цо /Дала/ элира: "Хьо ца теша‚ ткъа?" Элира /ИбрахIима/: "Теша‚ делахь а‚ дог чIагIдалийтархьама". /Дала/ элира: "ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тIедаладай‚ дакъош де царех. ТIаккха хIора ломана тIе цхьацца дакъа дилла царех‚ тIаккха уьш тIекхайкха хьайна -- сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза а‚ хьекъале а вуйла".

❖ Дакъа 36 ❖

261Шен долахь дерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх терра: цо схьабалийтина ворхI кан‚ хIора кена чохь бIе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш а‚ хууш а ма ву.
262Шен долахь дерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тIаккха шаьш даьккхинчунна тIаьхьа тIехдеттарш а‚ бехкаш а ца идош‚ царна шайн миэл ма бу‚ шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам ма бац царна‚ сагатдийр ма дац цара.
263Хаза дош а‚ гечдар а тоьлу шена тIаьхьа бехк идош долчу сагIанал‚ и Дела хьал долуш а‚ собаре а ма ву.
264ХIай‚ иман диллинарш! ХIаллак ма де шайн сагIанаш тIехдеттаршца а‚ бехкашца а‚ шен долахь дерг даьккхинчух тера нахана гайтархьама‚ ша Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш а воцуш. Цуьнан масал ду шерачу тIулгах тера‚ шена тIехь латта долу‚ шена тIе чIогIа догIа а кхетта‚ и бисира шерра /шена тIера латта дIадаьлла/. Ницкъ кхочур бац церан шаьш гулдинчух хIуманна а /пайдаэца/‚ цу Дала нис ца до цатешаш долу къам.
265Дела реза хиларе догдохуш, /имана тIехь/ шаьш чIагIдалархьама шайн долахь дерг /сагIина/ даьккхийнчийн масал тера ду басахь йолчу бешах‚ шена тIе чIогIа догIа деача‚ стом дуккха алсамбуьйлуш‚ чIогIа догIа ца дагIахь‚ догIа серсаш /цунах тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву.
266Шуна цхьанна а луур дарий шена хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула татолаш а лелаш‚ массо стом шена чохь болуш‚ тIаккха и воккха а хилча‚ шен кегий доьзал болуш‚ шена чохь цIе йолу чIогIа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш.

❖ Дакъа 37 ❖

267ХIай‚ иман диллинарш! СагIина ло‚ шаьш тардина хиллачух цIенчух‚ Оха шайна лаьттах схьадалийтинчух а. Аша сагIа доккхуш шун Iалашо ма хуьлийла боьханиг‚ аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бIаьргаш хьабийна бен‚ шуна хаалаш‚ и Дела хьал долуш а‚ хастам болуш а вуйла.
268ШайтIано ваIда йо шуна пекъаралла‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваIда йо шуна Шегара гечдар а‚ комаьршалла а‚ И Дела шорто йолуш а‚ хууш а ву.
269Шена луучунна хьекъал луш ву И‚ шена хьекъал делларг -- шена дуккха а диканна делларг ву-кх‚ цуьнан ойла-м ца йо хекъал долчара а бен.
270Аша хIума сагIийна елча‚ муьлха нузардийча -- баккъалла Дела и дика хууш ма ву. Ма хир бац зуламхошна гIоьнчий.
271Аша /нахана/ гуш дахахь сагIанаш -- дика ду иза. Аша уьш къайлах дахахь‚ пекъаршна лахь -- и ду шуна тоьлашха‚ цодойур ду шуна шун вонаш‚ и Дела аша дийриг дика хууш ма ву.
272Хьуна тIехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар‚ амма Дала нисво Шена луург‚ аша диканна мел даьккхинарг-- шуна шайна ду. Аша ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуш а бен. Аша мел даьккхинчу диканна бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна.
273Пекъарашна /ло сагIанаш/‚ шаьш Делан новкъахь чIагIбелла болчу‚ ца кхуьу уьш лаьттахула кхерста; ца хуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагIа/ ца доьхуш болу дела‚ хьуна бевзар бу уьш церан Iаламаташца‚ тIехIоьттина /сагIа/ ца доьху цара нахе. Муьлхха диканиг аша (сагIийна) даьккхийча -- баккъалла Дела и дика хууш ма ву шуна.

❖ Дакъа 38 ❖

274Шаьш шайн долахь дерг /сагIина/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлах а‚ гуш а -- царна шайн миэл хир бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам а хир бац царна‚ сингаттаме а хир бац уьш.
275Шаьш рибаюуш берш гIовттур ма бац ша шайтIано таIийнарг гIоттуш санна а бен. Иза ду цара аларна: "Йохка-эцар рибах тера ду". Йохка-эцар хьанал дина Дала‚ риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а беъна сецнарг-- цунна хьалха дахнарг аду‚ цуьнан гIуллакх Деле дIадоьрзу. Юха а цуннатIевирзинарг -- уьш цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
276ДIадойу Дала риба‚ кхиадо сагIанаш. Цу Далла ца веза массо цатешарг а‚ къинош дийриг а.
277Шаьш тешнаберш‚ дика Iамалш йинарш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш берш -- царна миэл бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам хир бац царна‚ сингаттаме хир бац уьш.
278ХIай‚ иман диллинарш! Кхера Делах‚ дита бухадуьсуш долу риба‚ шаьш иманехь делахь.
279И аша ца дахь -- Делера а‚ Цуьнан элчанера а тIом кхайкхабе. Аша тоба дахь-- шуна шайн долахь долчун кортош ду‚ аша зулам дийр дац -- шуна а зулам дийр дац.
280Цуьнгахь хало хилахь-- атта хиллалц тIаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аша и сагIина дитахь -- дика ду шуна‚ шу хууш делахь.
281Шу кхера дийнах‚ шена чохь шу Далла тIе дIадуьгур долчу‚ тIаккха массо сина ша тардиначуьнца бекхам бийр бу‚ царна зулам дийр дац.

❖ Дакъа 39 ❖

282ХIай‚ иман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цIе тоьхначу ханна -- дIаязде уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьала ма хуьлийла яздан‚ Дала ша Iамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тIехь декхар долчо дIадуьйцийла. Делах -- шен Кхиош-кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хIумма ма эшадойла цо цунах. Нагахь санна и шена тIехь декхар дерг хилахь тIалам боцуш я заьIап‚ ша дIадийца ца луш‚ -- цуьнан варис дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше тоьшалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь -- цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш царна тешаш хила реза долчу‚ царех /зударех/ цхьаъ тилалахь а -- вукхо цунна дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йолда /тоьшалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь. Аша мало ма йолда и /декхар/ дIаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан тIекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чIогIа ду тоьшаллина‚ герга ду шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аша вовшийн юккъехь дIахьош йолу‚ -- и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хIиттабе шаьш йохка-эцар еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а. Аша и дахь -- и шуьца песакъаллахилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Iамадеш ву. И Дела массо хIума ша хууш ву.
283Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь -- кара хIума ло закъалтана. Шух цхьаболчара вукхарна тешамна хIума елча-- шена тешамна елла хIума юхаерзайойла цо‚ шен Делах -- шен Кхиош-кхобучух -- кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аша ма хьулделаш тоьшалла‚ и хьулдинарг -- шен даго къинош динарг ву. И Дела аша дийриг хууш ма ву.

❖ Дакъа 40 ❖

284Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аша гучудаьккхича а шайгахь дерг‚ я хьулдича а -- и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
285Элча тийшира шен Кхиош-кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъма нах а тийшира. Массо тийшира Делах‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ Цуьнан элчанийн юккъера цхьа а къаста ца во оха. ТIаккха цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ муьтIахь хилла тхо. Ахьа гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-кхобург‚ Хьоьга ду-кха дIадерзар".
286Синна тIе ца дуьллу Дала цуьнан ницкъ кхочург бен. Цунна -- ша тардинарг ду‚ цунна дуьхал а -- ша тардинарг ду. "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхо бехке ма лацалахь тхо дицделча а‚ я гIалатдаьлча а. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна тIе ма йиллалахь хало‚ Ахьа тхол хьалхабаханчарна тIе йилларх терра. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна тIе ма диллалахь тхуна шена тIехь ницкъ ца кхочург‚ хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас‚ гIо делахь тхуна ца тешачу къомана тIехь". /Иштта деха боху Дала муъма нахе/.

Вернуться к списку сур
3.سُورَةُ آلِ عِمْرَانَ
Сурат АЛ-IИМРАН • Iимранан доьзал(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ آلِ عِمْرَانَ

Сурат АЛ-IИМРАН • Iимранан доьзал

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим.
2Цхьа Дела ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар хIоьттина ву /Шен лайн гIуллакхаш кхочуш деш/.
3Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш долу жайна (КъурIан)‚ Цо охьадоссийна Товрат а‚ Инжил а /Мусага а, Iисага а/.
4Хьалха нийса некъ хилла нахана‚ цо охьадоссийна Фуркъан. Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш -- царна ма ду чIогIа Iазап. И Дела ма ву ша веза верг а‚ бекхам оьцуш верг а.
5Баккъалла а, и Дела ма ву Шех къайлаер йоцуш хIумма а лаьттахь а, стиглахь а.
6И ву шу кепе дерзийна беран цIа чохь Шена ма луьу‚ кхин дела вац И бен‚ ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву И.
7И ву хьоьга доссийнарг жайна‚ цунна чохь хьикмате аяташ ду -- уьш жайнан нана ю‚ кхидерш -- цхьатерранаш ду. Амма шайн дегнашкахь дIатевжар дерш-- уьш тIаьхьахIуьтту царех тера хеташ долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гIерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла шена бен. Шаьш Iилманчохь кIаргбеллачара олу: \"Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-кхобучуьнгара\". Ойла-м ца йо шаьш хьекъал долуш болчара бен.
8(Олу иман диллинчара): \"Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхан дегнаш дIа ма товжаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа‚ Хьайн гергара къинхетам лолахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву луш верг‚
9Тхан Кхиош-кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийриг шена чохь шеко йоцчу денна‚ баккъалла а, и Дела вац-кх ваIдайохош\".

❖ Дакъа 2 ❖

10Баккъалла а, цатешаш берш -- церан дохнно а‚ бераша а Делера /Цуьнан Iазапах/ хьалхабохур бац уьш хIуманна а. Уьш ма бу цIеран ягориг.
11ФирIанан доьзалан Iадатах терра‚ царал хьалха хиллачийн Iадатах терра: харцдира цараТхан аяташ -- Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таIзар чIогIа долуш ву.
12Ахьа ала цатешначаьрга: \"Эшор а ду шу‚ жоьжахатийн чу лохкур а ду шу\". -- Ма вон моттбу-кх иза.
13Шуна делил дара-кх ши тоба‚ вовшийн дуьхь-дуьхьала яхна хилла йолу -- цхьа тоба тIом беш Делан новкъахь‚ важа -- цатешаш ерг‚ царна уьш гуора шайл шозза алсам бIаьргаца. Дала чIагIво Шен гIоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна.
14Нахана хаздина чIогIа безам зударшка а‚ кIенташка а‚ тIеттIа гулдинчу дешига а‚ датога а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а -- иза дуьненан дахаран бахам бу‚ Далла гергахь ма ду хаза дIавоьрзийла.
15Ахьа ала: \"Аса дуьйций шуна цул диканиг?\" /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучун хьалхахь бошмаш ю‚ бухахула татолаш а долуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цIена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву шен леш‚
16Шаьш олуш болу: \"Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, иман диллина‚ Ахьа гечделахь тхан къинош‚ Ахьа хьалхадахалахь тхо цIеран Iазапах\"‚ --
17Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтIахьболуш‚ сагIа луш‚ гечдар доьхуш сатасале.
18Дала тоьшалла дина цхьа а Дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Iилма долчу наха а дина /тоьшалла/‚ нийсонна тIехIоьттина воллуш ву Иза‚ кхин Дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза.
19Дин ду Далла гергахь ислам. Шайга жайна делларш хилпе ца хилира‚ шайга Iилма деанчул тIаьхьа бен‚ вовшийн юккъе хьагI яр бахьанехь. Делан аяташ харцдеш верг -- и Дела ма ву хьесапна сиха.
20Цара хьоьца къийсахь‚ ахьа ала: \"Аса муьтIахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тIаьхьахIоьттинчо а йина\". Ахьа ала шайга жайна даийтинчаьргаа‚ бодане болчаргаа: \"Шу хиллий муьтIахь?\" Уьш муьтIахь хилла белахь‚ тIаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дIаберзахь -- хьуна тIехь дIакхачорбен дац. И Дела ма ву гуш Шен леш.

❖ Дакъа 3 ❖

21Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ бен хьакъ боцу пайхамарш бойуш берш, нахах шайга нийсо лелае бохуш омра деш берш бойуш берш -- царна ахьа кхерам тасалахь лазош долчу Iазапца.
22Уьш ма бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ ма бац царна гIоьнчий.
23Хьуна ца го и шайга жайнан цхьа дакъа даийтинарш-- уьш Делан жайне кхайкхича вовшийн юккъехь хьукма дан‚ царех цхьа тоба дIайоьрзу‚ дуьхьал хуьлуш.
24Иза ду цара олу дела: \"ЦIаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта дийнахь бен\". Шаьш кхуллуш долчошайн динехь чIогIа тилийна уьш.
25Муха‚ Оха уьш гулбинчу хенахь шена чохь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо сина ша карийначуьнца бекхам белча‚ царна зулам дийр дац?
26Ахьа ала: \"ХIай Дела‚ мулк Шен долахь дерг‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахьа мулк‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахьа мулк‚ Хьайна луург вазво Ахьа‚ Хьайна луург сийсазво‚ Хьан карахь ду-кх дика‚ баккъалла а, Хьо ма ву массо хIуманна ницкъ кхочуш.
27Буьйса денна чу йолуьйту Ахьа‚ де буьйсанна чу долуьйтуАхьа‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахьа‚ дийна волчух велларг схьавоккхуАхьа‚ цхьа а хьесап доцуш рицкъа ло Ахьа Хьайна луучунна\".
28Муъма наха ма лоьцийла цатешарш доттагIий /кхин/, муъма нах битина. И динарг вац Делера /цхьа а/ хIуманна тIехь‚ шу царех /керстанех/ кхеранне а кхоьруш дацахь‚ Дала шу лардо Шеца‚ Деле ма ду дIадерзар.
29Ахьа ала: \"Аша хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккахь и -- Дела и хууш ву‚ И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг‚ и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ма ву.
30Оцу дийнахь массо сина шен хьалхахь карор ду ша дина дика. Ша динчу вонан а, шена а юккъехь генара хан хуьлийла луур дара цунна‚ Дала лардо шу Шеца‚ и Дела дог кIеда ву лешца\".

❖ Дакъа 4 ❖

31Ахьа ала: \"Шу делахь Дела везаш‚ суна тIаьхьахIитта -- Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош\"‚ -- и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
32Ахьа ала: \"МуьтIахь хила Далла а‚ элчанна а\". Уьш дIаберзахь‚ Далла ца беза цатешарш.
33Баккъалла а, Дала хаьржира Адам а‚ Нухь а‚ ИбрахIиман доьзал а‚ Iимранан доьзал а Iаламал,
34Цхьадерш вовшашкара баьлла болуш‚ и Дела хезаш а‚ хууш а ву.
35Iимранан зудчо аьллера: \"Сан Кхиош-кхобург‚ аса Хьуна нузар дина-кх сайн кийрахь дерг массо хIуманах паргIат а даьккхина, къобалдехьа соьгара‚ баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх\".
36Ша бер дина яьлча /цо/, элира: \"Сан Кхиош-кхобург‚ аса-м йоI ма йина\". И Дела дика хууш ма ву‚ цо хIуъа йинехь а. \"Боьршаниг ма ца хуьлу стенаниг санна. Аса цунна цIе тиллина Марьям‚ аса иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо эккхош хилла долчу шайтIанах\".
37Дала къобалдира цуьнан и хаза къобалдарца‚ хаза а, цIена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цунна тIехь долалла дар тIедиллира Закарена. И йолчу Михьрабанчу ма-велли‚ Закарена цуьнан (Марьяман) хьалхахь рицкъа карадора. Цо олура: \"Марьям‚ хIара мичахьара ду хьуна?\" Цо (Марьяма) олура: \"ХIара Делан гергара ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна хьесап доцуш\".
38Цигахь кхайкхира Закаре шен Кхиош-кхобучуьнга‚ элира: \"Сан Кхиош-кхобург‚ лохьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву кхайкхам хезаш\".
39Цуьнга кхайкхира маликаш‚ и хIоьттина ламаз деш волуш Михьрабан чохь: \"Дала кхаъ боккху хьуна Яхьъяца‚ ша бакъдеш хилла волу Делера Дош‚ ша эла а волу‚ ша чIагIоа хилла волу‚ ша дикачех пайхамар а хилла волу\".
40Цо элира: \"Сан Кхиош-кхобург‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш\". Элира: \"Иштта Дала до Шена луург\".
41/Закарес/ элира: \"Сан Кхиош-кхобург‚ цхьа делалла дехьа суна\". /Дала/ элира: \"Хьан делалла ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца а бен‚ хьан Кхиош-кхобург хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а\".

❖ Дакъа 5 ❖

42Маликаша аьллера: \"ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина массо Iаламан зударел.
43ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Кхиош-кхобучунна‚ сужд а де‚ гора гIуо гуора гIучаьрца\".
44Иза ду къайле хабарех‚ Оха шаьш хьуна хоуьйтуш долу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламашкхуьссуш‚ муьлхачо гIайгIа бийр бу Марьямах хаа‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь.
45Маликаша аьллера: \"ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дошаца‚ шен цIе Хьеханарг‚ Марьяман кIант Iиса а волуш‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинверг‚ ша /Далла/ гергарчех хинверг.
46Нахаца хабар дуьйцур ду цо аганчохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза\".
47Цо /Марьяма/ элира: \"Сан Кхиош-кхобург‚ мичара хир ву суна кIант‚ сох стаг хьакха а ца велла\". Элира /маликаша/: \"Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гIуллакх лиъча‚ Цо олу цуьнга: \"Хила!\" -- и хуьлу\".
48Цо цунна /Iисана/ Жайна Iамор ду‚ хьекъал а‚ Товрат а‚ Инжил а.
49Элча хир ву Исраилан кIенташка\". -- \"Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилца‚ аса кхуллу шуна поппарх хьозан суьртех хIуманаш‚ сакхуллу цу чу -- хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ аса товийр ву бIаьрса доцург‚ бурсцамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ аса дуьйцур ду шуна аша юучух а‚ аша шайн цIеношкахь Iалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делалла ду шуна‚ шу Делах тешаш делахь.
50Бакъдан /веъна со/ сол хьалха хилла Товрат‚ хьанал дан шуна хьарам хилла долчех цхьадерш‚ -- со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делаллашца -- Делах кхера‚ суна муьтIахь хила.
51Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-кхобург а ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша -- хIара бу нийса некъ\", /Iисас эр ду и дешнаш/.
52Iисас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: \"Муьлш бу сан гIоьнчий Делехьа?\" Хьаварийшаэлира: \"Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахьа тоьшалла де тхо муьтIахь дерш (бусулбанаш) ду‚ алий.
53Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахьа доссийначух‚ тхо тIаьхьахIиттина элчанна -- Ахьа дIаязде тхо тоьшалладинчаьрца\".
54(Цатешачара) мекарло йира‚ /церан мекарлонан дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву.

❖ Дакъа 6 ❖

55Дала аьллера: \"ХIай Iиса‚ Аса хьо волуьйтушву‚ Суна тIе хьалавоккхуш ву‚ цIанвеш ву хьо цатешаш болчарех‚ Со латто воллу хьуна тIаьхьахIиттинарш цатешачарна тIехь къематде даллалц. ТIаккха Суна тIе ду шун дерзар‚ Аса кхиэл йийр ю шуна юккъехь‚ шу хилпало еш хиллачунна тIехь.
56Цатешаш берш -- Аса царна Iазап дийр ду чIогIачу Iазапца дуьненахь а‚ эхартахь а -- ма бац-кх царна гIоьнчий\".
57Амма тешнарш а‚ диканаш динарш а -- царна шайн ял дIалур ю Цо‚ оцу Далла ца беза зулам дийраш.
58И ду Оха хьуна ша доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а.
59Баккъалла а‚ Iисан масал Далла гергахь Адаман масалх тера ду: Ша и кхоьллина волу лаьттах‚ тIаккха аьлла цуьнга \"Хила!\" -- и хуьлу.
60Бакъдерг ду и хьан Кхиош-кхобочуьнгара -- хьо ма хилалахь шеко ечарех.
61Хьайца цу чохь къуьйсуш болчаьрга‚ хьоьга хаам беанчул тIаьхьа‚ ала: \"Дуьло‚ кхойкху вай тхан кIентий а‚ шун кIентий а‚ тхан зударий а‚ шун зударий а‚ тхо а‚ шу а‚ тIаккхадоIанаш дер вай‚ Делан неIалт лур вай харцлуьйчарна.
62Баккъалла а, хIара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша (АллахI цIе йолу) Дела а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъале верг а ву.
63Уьш дIаберзахь -- и Дела хууш ву доьхна хIума лелош берш.

❖ Дакъа 7 ❖

64Ахьа ала: \"ХIай Жайнан охIла‚ дуьйла тхуна юккъехь а‚ шуна юккъехь а цхьаъ долчу дашна тIе: \"Iибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хIуманца а‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вакхарех делий лоцур бац\". Уьш дIаберзахь, аша ала: \"Аша тоьшалла де тхо /Далла/ муьтIахь дерш хиларна\".
65ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда къуьйсу ИбрахIиман хьокъехь? Товрат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тIаьхьа а бен‚ аша ойла ца йо?
66ХIай шу ма ду-й къийсамчу дегна (барта ца догIуш) шайгахь Iилма долчахь а /Мусан а, Iисан а гIуллакхашкахь/. ХIунда къуьйсу аша шайна шеца Iилма доцуш долчуьнца? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.
67Ца хилла ИбрахIим жуьгтий а‚ насари а-- и хилла цIена тешаш верг а‚ муьтIахь верг а‚ и ца хилла мушрикунех.
68Баккъалла а‚ ИбрахIимца там болу нах бу -- цунна тIаьхьахIиттина хилла берш а‚ хIара пайхамар а‚ тешаш берш а‚ и Дела ма ву тешаш болчеран вали.
69Дийзира Жайнан охIланан цхьана тобанна шу тило‚ тилор-м дац цара шаьш бен‚ царна ца хаало.
70ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь (уьш бакъ дуйла)?
71ХIай Жайнан охIла‚ хIунда вовшахъэдо аша бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу шайна хуьушехь.

❖ Дакъа 8 ❖

72Жайнан охIланан цхьана тобано элира: \"Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде /важа/ дисинарш‚ уьш /бусулбанаш/ дIаберза тарло /шайн динах/.
73Шу ма тешалаш шайн динна тIаьхьахIуттуш волчух бен\". Ахьа ала: \"Нийса некъ бу Делан нийса некъ\" -- \"Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-кхобучун гергахь?\" Ала: \"Баккъалла а, дозалла Делан куьйгахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна\". И Дела шорто йолуш а‚ хууш а ву.
74Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!
75Жайнан охIланах ву ахьа шена цхьа къинтIарделча‚ шех тешна‚ иза хьоьга духадерзош верг‚ царех ву ахьа шена цхьа динарделча а‚ шех тешна‚ иза хьоьга духа ца дерзош верг‚ хьо шена тIехIоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: \"Тхуна бодане нахалахьнекъ бац\". Далла харцдерг олу цара, шайна хуъушшехь.
76ХIаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт ца хилларг а -- уьш бу нийсачу новкъахь) -- баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш.
77Баккъалла а, Делан ваIданах а‚ шайн дуйнех а кIеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дакъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац И къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Iазап а ма ду.
78Баккъалла а, царех ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ Жайна‚ изашуна /Делан/ Жайнах ду моттийта‚ ма дац и /Делан/ Жайнах. Цара олу: \"И Делера ду\", ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла харцдерг‚ шайна хуьушшехь.
79Адамна там бац Дала шега Жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делча‚ ала нахе: \"Шу хила суна леш‚ Дела а витина‚ мухха делахь а‚ там бу цара ала‚ шу хила кIорггера Iеламнах‚ шаьш Жайна Iамош хиларе терра‚ шаьш иза доьшуш хиларе терра\".
80Цо шуьга омра дан там бац маликаш а‚ пайхамарш а делий бина лаца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтIахьхиллачул тIаьхьа?

❖ Дакъа 9 ❖

81Дала барт бира пайхамаршца: \"ХIара Аса шуьга делларг ду Жайнах а‚ хьекъалах а. ТIаккха вогIур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аша цунна гIо дийр а ду\". /Дала/ элира: \"Аша чIагIдирий‚ ийцирий аша цунна тIехь Сан ваIда?\" Цара элира: \"ЧIагIдина оха\". Элира /Дала/: \"Тоьшалла де‚ Со а ву шуьца тоьшалла деш болчарех\".
82Цул тIаьхьа вухаваьлларг -- уьш ма бу песакъаш.
83Ткъа Делан дин дуьтий кхечунна тIе гIерта, ткъа? Цунна муьтIахь ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дIаберзор болуш а ма бу.
84Ахьа ала: \"Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Яiкъубе а‚ цуьнан берашкадоссийначух а‚ Мусага а‚ Iисага а, /кхин/ пайхамаршка а шайн Кхиош-кхобучуьнгара деллачух а. Царех цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна /Далла/ муьтIахь ду\".
85Ислам доцург /кхин/ дин дезаш верг -- къобал дийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву.
86Муха нисбийр бу Дала нах‚ шаьш иманал тIаьхьа цатешаш хилла болу‚ шаьш элча бакъхилар тоьшалла дина хилла болу‚ шайга билгалонаш еъна хилла болу? Цу Дала нис ма ца бо зуламе болу нах.
87Царна бекхам бу -- Делан а‚ маликийн а‚ массо нехан а неIалт хилар.
88Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьатоттур а бац уьш‚ --
89Цул тIаьхьа тоба динарш бен‚ тIаккха дика Iамалш а йина -- баккъалла а‚ и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
90Баккъалла а, шаьш иман диллинчул тIаьхьа цатешаш хилла берш‚ тIаккха цатешарца сов буьйлуш берш -- церан тоба къобалдийр ма дац -- уьш ма бу тилабелларш.
91Баккъалла а, цатешаш берш‚ шаьш цатешаш болуш белларш -- царех цхьаьнггера а къобалдийр ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий.

❖ Дакъа 10 ❖

92Цкъа а мел кхочур бац шуна аша сагIина шайна а дезачух делча а бен. Аша сагIина хIумма а ца ло оцу Далла хууш бен.
93Массо кхача хьанал хилла Исраилан кIенташна‚ Исраила шен дегIана ша хьарамбина боцург‚ Товратдоссале хьалха. Ахьа ала: \"Товрат дохьуш дуьйла‚ деша и шу бакълуьйш делахь\".
94Далла тIехь харцдерг кхоьллинарг цул тIаьхьа -- уьш бу зуламхой.
95Ахьа ала: \"Бакълийна Дела‚ шу тIаьхьахIитта ИбрахIиман миллатана‚ ша бакъ-цIена тешаш хилла волчу. Ца хилла и /Делаца/ накъост лоцучарех\".
96Баккъалла а, дуьххьарлера цIа‚ ша нахана хIоттийна хилла долу, -- ду Баккатехьдерг: беркате а‚ нийса некъ ларалуш а массо Iаламна.
97Цу чохь билггала аяташ ду: ИбрахIиман меттиг. Цу чу ваханарг маьрша хилла.. Далла -- нехан тIехь ХьаьжцIа дахар ду‚ -- шена некъаца ницкъ кхачахь. Милла а тешаш вацахь-- и Дела хьолеву Iаламел.
98Ахьа ала: \"ХIай Жайнан охIла‚ шу хIунда ца теша Делан аятех‚ и Дела теш ма ву аша деш долчунна тIехь?\"
99Ахьа ала: \"ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда дIатоьтту Делан некъа тIера тешна верг? Шу ду лууш и гамбан‚ шу шаьш ма дуй /цунна тIехь/ тешаш\". Ма вац и Дела бен ца хеташ аша деш дерг.
100ХIай иман диллинарш‚ шу Жайна доссийначийн тобанна муьтIахь хилахь‚ цара дерзор ду шу керстаналлина тIе, шун иманал тIаьхьа.
101Шу муха хуьлу цатешаш -- шуьна тIехь доьшуш Делан аяташ ма дуй‚ шуна чохь цуьнан элча ма вуй? Милла велахь а, Делаца чIагIвелларг -- нисвелла и нийсачу новкъа.

❖ Дакъа 11 ❖

102ХIай иман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла‚ шу Цунна муьтIахьдолуш бен.
103ЧIагIло Делан мушцамассо а‚ шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат: шу ма дарий мостагIий -- шун дегнаш кIаддира Цо‚ шу хилира Цуьнан ниIматца вежарий. Шу ма дарий цIеран оран йисттехь -- Цо шу цунах кIелхьара дехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ -- шу нисдала тарлора.
104Шух хуьлийла уммат‚ ша дикане кхойкхуш‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш. Уьш бу баккхийбийр берш.
105Шу ма хилалаш шаьш бекъабеллачарех‚ шайн барт ца хиллачарех тера‚ шайга билгалонаш еъначул тIаьхьа. Царна -- дезза-доккха Iазап ду.
106Цу дийнахь яххьаш кIайлур ю‚ яххьаш Iаржлур ю. Амма шайн яххьаш Iаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: \"Ткъа шу ца тийши шайга иман деъначул тIаьхьа а? Iовша Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!\"
107Ва амма шайн яххьаш кIайъелларш -- Делан къинхетамна чохь (ялсаманехь) хир бу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
108Уьш Делан аяташ ду; Оха доьшу хьуна уьш бакъдолчуьнца. И Дела ма вац зулам лууш Iаламна (ша кхоьллинчу цхьанне хIуманна).
109Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

❖ Дакъа 12 ❖

110Шу хилла нахана юкъадаьллачех уггар дика уммат‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш‚ Делах тешаш. Жайнан охIла тешна хиллехьара‚ царна дика хир дара. Царех тешарш а бу‚ дукхахберш песакъ бу.
111Цара шуна данне а зен дийр дац‚ цатам бахь бен. Шух латахь а -- шайн баккъаш берзор бу цара шуна (эшна бухабовлур бу уьш -- жуьгтий)‚ тIаккха царна гIо дийр дац.
112Царна тIекхоьссина сийсазалла‚ уьш миччахьа хилахь а‚ Делера ваIда йолуша‚ нахера ваIда айолуш бацахь‚ Делерачу оьгIазаллина тIекхиира уьш‚ тIекхоьссира царна мискалла. Иза -- уьш хилла хиларна Делан аятех цатешаш‚ байа хьакъ боцуш‚ пайхамарш бойуш. Иза -- цара Iесалла ярна а‚ уьш дозанех бевлла хиларна а ду.
113Цхьатерра бац уьш. Жайнан охIланах ю цхьа(нийса) хIоьттина йолу тоба: цара Делан аяташ доьшу буьсанан заманчохь, цара сужд до (Далла).
114Уьш тешаш бу Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ диканиг хьоьхуш бу‚ вочух /нах/ духатухуш бу‚ сихлуш бу уьш дика хIуманаш дан -- уьш бу дикачарех.
115Цара дина дика -- керста дийр дац и царна (къобал ца деш дуьтур дац), и Дела ма ву бевзаш /Шех/ кхоьруш берш.
116Баккъалла а, цатешаш берш -- церан бахамо а, церан доьзалша а царех хIумма а духатухур дац Делера. Уьш бу цIеран дай, уьш цу чохь даима лаьттар бу.
117Герггарчу /дуьненан/ дахарехь цара /керстанаша/ йина харж тера ю шеца чIогIа шело йолчу махах, шайна зулам динчу нехан ялтина хьекхна болчу, цо и хIаллакдина. Дала зулам ца дина царна, мухха делахь а, шаьш зулам деш бу уьш шайна.
118ХIай иман диллинарш! Аша ма лаца шайн /даггара/ доттагIий, шаьш доцурш, шун гIуллакхаш дохо жигара хуьлу уьш, шуна халонаш хуьлийла лаьа царна, оьгIазалла гучуяьлла церан багошкахула, церан дегнаша хьулдинарг кхин а доккха ду. Аяташ билгалдаьхна Оха шуна, шу хьекъале делахь.
119ХIай шу! Уьш безаш ду шу, царна шу ца деза. Шу теша массо жайнах. Шух кхийтича‚ цара олу: \"Тхо тийшира\". ДIатилча, шайн пIелгех цергаш йоьхку цара оьгIазлонца. Ахьа ала: \"Са дала шу шайн оьгIазаллица. И Дела хууш ма ву шун дегнашкахь дерг\".
120Шух диканиг кхетча, цо вон до царна, шуна вон хилча, цунах баккхийбоь уьш. Аша собар дахь, шу Делах кхерахь, церан мекарлоно хIумма а зен дийр дац шуна. И Дела цара деш долчунна гуо лоцуш ву.

❖ Дакъа 13 ❖

121Хьо аравелира хьайн цIа чуьра, муъма нах тIамна дIанисбеш, ткъа Дела хезаш а, хууш а ма ву.
122Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабелла тIамах бухбовла ойла хилира церан), лиира дIасадаржа. И Дела ма ву церан гIоьнча. Далла тIетевжийла муъма нах.
123Дала гIо ма дира шуна Бадрехь шу сийсаза долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукру деш.
124Ахьа олура муъма нахе: \"Шуна тоам ца хуьлу‚ шун Кхиош-кхобучуьнгара шу чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликех?\"
125ХIан-хIа! Аша собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликашца‚ Iаламаташ долчу.
126И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш иманца чIагIдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукма нийса деш волчу Делан гергара бен.
127/И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агIо хадорхьама я уьш сийсазбархьама -- догдиллина бухабовлур бу уьш.
128ГIуллакхах хIумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Iазап дер -- уьш зуламхой бу.
129Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Iазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

❖ Дакъа 14 ❖

130ХIай иман диллинарш! Ма даа риба‚ шозза алсам даккхаран тIе а‚ шозза алсамдоккхуш‚ Делах кхера -- шу даккхийдедан мегара.
131Шу кхера цIерах‚ кечйина йолчу цатешачарна.
132Шу муьтIахь хила Далла а‚ элчанна а‚ шух къинхетам бан мегара.
133Шу сихло шайн Кхиош-кхобучунгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ кечйина йолчу /Делах/ кхоьруш болчарна.
134Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагIа доккхуш аттонехь а‚ халонехьа‚ оьгIазло юхатухуш‚ нахана къинтIера бовлуш. Цу Далла беза дика берш.
135Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогIуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Хьан гечдийр ду къинош Дала бен? Шаьш динчунна тIе буха ца боьрзуш‚ шайна хууш.
136Церан бекхам бу -- шайн Кхиош-кхобучун гечдар‚ бошмаша‚ шайна кIелхьахула хиш лелаш йолу‚ цу чохь гуттар а лаьтташ‚ хаза мел бу и Iамал йинчарна.
137Шул хьалха а дIадахна хилларш‚ шу лела лаьтта тIехь‚ хьажа‚ муха хилла /дин/ харцдинчеран чаккхе.
138Иза хаам бу нахана‚ нийса некъ а бу‚ хьехам а бу /Делах/ кхоьручарна.
139Шу ледара ма довла /гIазот дан/‚ шу сингаттаме ма хила /УхIудехь эшарна/ -- шу лакхахь хир ду /керстанашна тIехь толам баккхарца/, шу /баккъалла а,/ тешаш делахь.
140Шуна чов хилча -- нахана ахилла чов, цунах терра. И денош Оха хьавзадо нахана юккъехь‚ Далла бовзархьама иман диллинарш‚ шун юккъера гIазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой.
141Дала /къинойх/ цIанбархьамаиман диллинарш, цатешарш хIаллакбархьама а.
142Шу моьттуш дара-те ялсамане гIур ду, Далла бовзалешух къахьегнарша, Цуна бовзале собар динарш а?
143Шу ма дарий дала лууш /гIазотехь/ цуьнца цхьанакхетале хьалха‚ и /далар/ гира шуна‚ шу хьоьжуш долуш (ткъа хIинца духадовлу шу?).

❖ Дакъа 15 ❖

144И Мухьаммад ма вац элча бен. ДIабахана цул хьалха элчанаш. Иза велча я вийча -- шаьш хиллачу /цатешаре/ духадоьрзур ду шу? Вухаваьлларг милла велахь а‚ цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо. ТIаккха миэл лур бу Дала баркалле болчарна.
145Ца хилла сина далар Делан лаамца бен‚ шен язонца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш -- Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш -- Оха ло цунна цунах. ТIаккха миэл лур бу Оха баркалле болчарна.
146Маса пайхамаро тIом бина (Делан новкъахь), мел дукха тIемаш бина цаьрца (пайхамаршца) цхьана (Iелам наха а, дика Iамалш йинчара а). Халчу ца даьккхира царашайна Делан новкъахь хилла долу цатам берг‚ ледара ца бевлира уьш‚ мукIар ца хилира /мостагIчунна/. Цу Далла беза собаре берш.
147Церан олуш дош хилла деккъа: \"Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь тхуна тхан къинош‚ тхан гIуллакхехь /тхоьгара яьлла/ тхан тIаламазалла а, чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна цатешаш долчу къомана тIехь\".
148Дала елла царна дуьненан ял‚ ткъа ма хаза ю эхартан ял. Цу Далла беза диканиг деш берш.

❖ Дакъа 16 ❖

149ХIай иман диллинарш! Цатешачарна шу муьтIахь хилахь‚ цара шу духадерзор ду /шайн дине/ -- тIаккха шу дIадоьрзур ду /иманах/ эшна.
150ХIаъ! Дела ву шун гIо лоцург‚ И уггар дикачех гIоьнча ма ву.
151Оха кхуссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна (цхьа а) бакъо йоцуш Делаца накъост лацарна. Церан хIусам -- /жоьжахатин/ цIе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугIойла!
152Дала бакъйина шуна Шен ваIда‚ аша и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гIуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Iеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тIаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТIаккха шу дIатеттира цо царех‚ шу зерхьама. Шуна къинтIера велира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву тешаш болчарна.
153Шу дIадевдира ирх цхьаьнгга а духа ца хьоьжуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш лаьтташ. ГIайгIанца а гIайгIа кхоьссира Цо шуна‚ шу сингаттаме ца хилийтархьама шун ца хиллачунна /хIонсана/ а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела дика хууш ву аша дийриг.
154ТIаккха Цо йоссийра шуна гIайгIанал тIаьхьа паргIато -- наб озор. Шух цхьа тоба хьулйира Цо. Вукху тобанан синтем байира шайн синоша: цара ойла йора Делах бакъдоцург‚ жехIал заманан ойла /йора цара/. Цара олура: \"ГIуллакхах хIумма а дуй вайна?\" Ахьа ала: \"ГIуллакх дерриг Далла ду\". Хьулдеш бу уьш шайгахь‚ хьуна шаьш гучу ца доккхуриг. Олуш: \"Тхуна хиллехь гIуллакхах /цхьа/ хIума‚ кхузахь дойур дацара тхо\". Ахьа ала: \"Шу лаьттина хиллехьара шайн цIенош чохь‚ шу дийшина Iохккучу шуна тIебогIур бара шайна тIом бар яздина берш, Дала зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цIандархьама шун дегнашкахь дерг. И Дела хууш ма ву кийрахь дерг.
155Баккъалла а, шух /тIемах/ бухабевлларш ши тоба вовшех кхеттачу дийнахь‚ -- шайтIано тилийна уьш, цхьадолчу цара динчу /вон/ хIуманца. Дела къинтIера велира царна. Дела ша гечдеш а‚ дог кIеда а ву.

❖ Дакъа 17 ❖

156ХIай иман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера шаьш олуш хилла болу шайн вежаршка уьш йохк-эцарна я гIазотана арабевлча: \"Тхуна гергахь лаьттинехь лийрбацара а‚ бойур а бацара уьш\". Цунах Дала церан дегнашкахь боккха балам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аша деш дерг гуш а ву.
157Шу дайахь Делан новкъахь я лахь -- Делера гечдар а ду‚ къинхетам а бу -- и аша гулдеш долчул дика ду.
158Шу лахь а‚ я дайахь а -- Далла тIе гулдийр долуш ду шу.
159Делера къинхетамца хьийзира хьо царна тIе кIеда. Хьо кIоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дIасабаьржар бара уьш. КъинтIера вала царна‚ гечдар а деха царна. дагавала царца гIуллакхехь. Ахьа айхьа сацам бича -- Далла тIетовжа. Далла беза /Шена/ тIетевжарш.
160Дала шуна гIо дахь -- шуна тIехь толамхо вац. Цо шу гIо ца деш дитахь -- мила ву Цул тIаьхьа шуна гIо дийр дерг? Далла тIетевжийла муъма нах!
161Там бац пайхамарна хIонс лачкъо. Лачкъийинарг ша лачкъийначуьнца вогIур ву къематдийнахь. ТIаккха хIора синна ша гулдинчуьнца бекхам бийр бу -- царна зулам дийр дац.
162Делан реза хиларна тIаьхьахIоьттинарг тера вуй Делера оьгIазаллина тIевирзинчух? Цуьнан чугIойла -- жоьжахати ю. Ма вон ю и дIавоьрзу меттиг!
163Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гIур берш а, жоьжахате гIур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг.
164Доккха дика дина Дала муъма нахана-царалахь элча вахийтина шайн юккъера‚ Цуьнан аяташ царна доьшуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъал а царна Iамадеш -- хьалха уьш билгалла тиларчохь хиллехь.
165Я шуна эшам хилча-- аша бира эшам(хIалха мостагIчунна) шозза алссам. Аша элира: \"ХIара мичара ду?\" Ахьа ала: \"Иза шуьгара шайгара ду\". Баккъалла а‚ Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
166Ши тоба цхьаьнакхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшамДелан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш бовзархьама.
167Цунна бовзархьама шалхолелораша‚ шайга аьлла долуш: \"Схьадуьйла‚ тIом бе Делан новкъахь‚ я дIалелхабе /мостагIий/‚ аьлларш: \"Тхуна тIом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тIаьхьа хIуьттур дара\". Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь иманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг.
168Шайн вежаршка аьлла хилларш -- шаьш чохь севцна хилла болу: \"Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш\". Ахьа ала: \"Духатоха шайх кхалхар‚ шу бакълуьйш делахь\".
169Ахьа ларране ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш -- шайн Кхиош-кхобучун гергахь рицкъа долуш.
170Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ царех ца кхуьуш тIаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш кхерам ца хилийтаран а‚ уьш сингаттаме ца хилийтаран а.
171Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниIматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала ца эшоре муъма нехан ял /дог дохуш бу уьш/.

❖ Дакъа 18 ❖

172Уьш бу Далла а‚ элчанна а жоп делларш‚ шайна човхиллачул тIаьхьа. Царех диканиг диначарна а, /Делах/ кхийринчарна а сийлахь-йоккха ял ю.
173Ишттанаш бу уьш шайга нахааьлла: \"Нах бу шуна гуо биллина‚ царех кхера\". Цо уьш алсамбехира иманца‚ цара элира: \"Тхан кхачо ю -- Дела‚ дика векал а ву И\".
174Делера ниIматца а‚ дозаллица а бухабирзира уьш‚ зено ца лецира уьш‚ Делан резаллина тIаьхьахIиттира уьш. И Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву.
175И шайтIа дара шен доттагIашца /шу/ кхеро гIерташ‚ ма кхера царех‚ Сох кхера‚ шаьш тешаш делахь.
176Хьо сингаттаме ма войла цатешарехь сихбеллачара. Цара данне а цхьана а хIуманца зен дийр дац Далла. Дела лууш ву царна дакъа ца дан эхартахь‚ царна доккха Iазап ду.
177Иман доьхкина, цатешар эцначара данне а Далла /цхьана а/ хIуманца зен ца до. Царна лазош долу Iазап ду.
178Цатешачарна ма моьттийла Оха шаьш латторшайна диканна ду, оха уьш латтош бу къиношца алсамбовлийтархьама. Царна сийсаза долу Iазап ду.
179Ца хилира и Дела муъма нах буьтуш шу долчу хьолехь‚ боьханиг цIеначух къаста ца веш. Ца хиллера и Дела шу кхиадеш къайленна тIе‚ мухха делахь а, Дала хоржу элчанех Шена луург. Тешалаш Делах а‚ Цуьнан элчанех а, шу тешахь‚ шу /Делах/ кхерахь а, -- шуна сийлахь-йоккха ял ю.
180Дала Шен комаьршаллах /шайна/ даийтинчунна тIехь писаллалелочарна ма моьттийла и шайна дика ду. И царна вон ду, къематдийнахь и цара кхоийнаргцеран логах хьарчор ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс. И Дела аша дийриг дика хууш ву.

❖ Дакъа 19 ❖

181Далла хезира аьлла долу дош: \"Дела пекъар ву‚ тхо хьоле ду\". Оха дIаяздийр ду цара аьлларг а‚ цара хьакъ доцуш пайхамарш байар а. Оха эр ду: \"Iовша жоьжахатин Iазап\".
182Шун куьйгаша хьалхадаьккхинарг бахьанехь ду иза /Iазап/. И Дела зулам деш ма вац лешна.
183Ишттанаш а бу уьш шаьш аьлла: \"Дала барт бина тхоьца‚ тхо тешар дац элчанах, цо даийтталц сагIа ша дууш цIаро\". Ахьа ала: \"Шуьга баьхкирасол хьалха билгалонашца элчанаш‚ аша аьлла долчуьнца а -- уьш хIунда байира аша‚ шу бакълуьйш делахь?\"
184Хьо цара харцвича‚ хьоьл хьалха а элчанаш харцбина. Билгалонашца баьхкина бара уьш: Забурца а‚ нуьре долчу жайнаца а.
185Массо сино Iовшур ду далар. Шуна лур ю ял къематдийнахь. Жоьжахатина гена ваьккхинарг а‚ ялсамане вахийтинарг а -- и ву толам баьккхинарг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен.
186Шу данне зуьйр ма ду шун дохнаца‚ шун синошца‚ шуна хаззане а хезар ма ду шул хьалха жайна даийтинчаьргараа‚ мушрикунашкарахалахетарш‚ аша собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь -- баккъалла а, и ду-кх чIогIачу гIуллакхех.
187Дала барт бира жайна деллачаьрца: аша билгалдоккхур ду нахана‚ аша хьулдийр дац и аьлла. ИдIатесира цара шайна тIехьа‚ цунах кIеззиг мах ийцира цара‚ ма вон хIума ю-кх цара оьцург!
188Хьуна ма мотталахь и шайна /Дала/ деллачуьнца баккхийбуьйш берш‚ шаьш дина доцучуьнца наха шаьш хесто лууш берш‚ хьуна ма мотталахь уьш Iазапана кIелхьарабевр бу‚ царна лазош долу Iазап ду.
189Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ву.

❖ Дакъа 20 ❖

190Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь билгалонаш ма ю хьекъал долчарна.
191Ишттанаш бу уьш шаьш Дела хьехавеш дIахIиттина а‚ охьхевшина а‚ шайн агIошна тIехь а‚ ойла еш бу уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан: \"Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа кхоьллина ма дац хIара эрна‚ Хьо хаставо оха‚ ларделахь тхо цIеран /жоьжахатин/ Iазапах.
192Тхан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, Ахьа цIерга воьллинарг, Ахьа сийсазвинарг ву-кх иза‚ зулам диначарна ма бац гIоьнчий.
193Тхан Кхиош-кхобург‚ тхуна хезира кхайкхам имане кхойкхуш: иман дилла шайн Кхиош-кхобучунна, бохуш‚ тIаккха Оха иман диллира. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа гечделахь тхуна тхан къинош‚ цIанделахь тхо тхан вочу Iамалех‚ тхо далийталахь дикачаьрца.
194Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна даийталахь Айхьа хьайн элчанашка доуьйтур ду аьлларг‚ сийсаза ма делахь тхо къематдийнахь‚ баккъалла а, Ахьа хилпало ма яц ваIданна\".
195Жоп делира царна шаьш Кхиош-кхобучо: \"Аса эшор ма яц йинчун Iамал‚ и стаг велахь а я зуда елахь а‚ -- шу вовшех ду. ДIакхелхинарш‚ шайн цIеношкара арабаьхнарш‚ Сан новкъахь шайна халонаш хилларш‚ шаьш тIом бинарш‚ шаьш тIам тIехь белларш -- цIанбийр бу Аса уьш шайн вочу Iамалех‚ бухахула хин татолаш лелаш долчу бошмашка бохуьйтур бу Аса уьш, -- миэл бу и Далла гергара. И Дела шегахь хаза миэл болуш ву\".
196Хьо Iеха ма войла и цатеша нах махкахь дIа-схьа хьедаро.
197КIеззиг хIума ду иза. ТIаккха церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон товжийлаю иза.
198Мухха делахь а‚ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна бошмаш ю‚ шайн бухахула хин татолаш лелаш‚ гуттар а лаьттар бу уьш цу чохь, -- Далла гергара хьешашна кечдар ду иза. Далла гергахь дерг дика ду, дика Iамал йиначарна.
199Баккъалла а, жайнан охIлех ву Делах тешаш верг‚ шуьга доссийначух‚ шайга доссийначух тешаш верг‚ Далла муьтIахь а волуш. Делан аяташ ца духку цара кIеззигчу мехах. Царна шайн ял ма ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И Дела сиха ма ву хьесап дарехь.
200ХIай иман диллинарш! Аша чидамбелаш‚ шу собарехилалаш‚ чIагIлолаш вовшашца‚ Делах кхералаш даккхийдуьйр ду шу.

Вернуться к списку сур
4.سُورَةُ النِّسَاءِ
Сурат АН-НИСАЪ • Зударий(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ النِّسَاءِ

Сурат АН-НИСАЪ • Зударий

❖ Дакъа 1 ❖

1ХIай нах! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух‚ шу кхоьллина волу цхьана синах (Адамах)‚ Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ царех шиннех а Цо баржира дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аша Шеца вовшашка дехарш деш волчу‚ гергарлонаш тIехь. Баккъалла а, и Дела хилла шуна тIехь тергамхо.
2ДIало буоберашна церан даьхний. Ма хийцаде боьханиг цIеначуьнца, ма даа церан даьхний‚ шайнчух тохий. И хилла доккха къа.
3Шу кхоьруш делахь буоберашкахь нийсо ца ярна‚ аша балабе шайна дика хетта болу зударий шишша, кхоккха‚ йиъ-йиъ‚ шаьш нийсо ца ярна кхерахь -- цхьаъ‚ я шайн дуйша дола динарг(ялае). И герга ду шу тIех ца довларна.
4ДIало зударшна (шаьш балош болчу) церан там совгIатана. Цара шуна цунах хIума юхалахь дог цIена‚ гIоза доийла и аша.
5ДIамало тIаламбан ца хуучаьрга шайн даьхний‚ Дала шун дахаран бух бина долу. Цунах даа а‚ духа а ло царна (буоберашна)‚ цаьрга ала хаза дош.
6ТIаламбе буоберийн зуда ялориг хиллалц. Уьш кхиина буйла шайна хаа делча‚ дIало цаьрга церан даьхний. Аша ма даа и кхоам ца барца а‚ тIалам ца барца а уьш баккхий хилале‚ -- хьал долуш верг озалойла (оцу буоберийн даьхний даарх)‚ мисканиг -- цо жимма дуийла. Шаьш цаьрга церан даьхний дIалуш‚ цу тIехь тоьшалла хIоттаде. Кхочушхилла хьесап деш верг Дела хилар.
7Божаршна дакъа ду дас-нанас‚ гергарчара а бухадитинчух (уьш дIакхелхина)‚ зударшна а ду дакъа ден-ненан а‚ гергарчеран а бухадисинчух‚ кIеззиг делахь а и‚ дуккха делахь а -- дакъа ду перз хилла.
8Ирс доькъучохь хилахь пекъар болу гергарнаш (шайн цунах ирс ца кхочу) а‚ буобераш а‚ мисканаш а -- рицкъа ло царна цунах‚ хаза дош ала цаьрга.
9Кхоьрийлауьш шайл тIаьхьа шайн доьзал гIиттонехь битарна кхоьруш берш. Уьш кхоьрийла Делах а‚ цара олийла нийса дош.
10Баккъалла а, зуламца буоберийн даьхний дууш берш -- уьш ма бу шайн гай чохь цIе юуш‚ уьш гIур ма бу жоьжахата.

❖ Дакъа 2 ❖

11Дала весет до шуьга шун доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): божаберана ло шина зудаберана кхочу дакъа. Нагахь санна зударий белахь /шиъа а/ шиннел сов а, царна бухадитина долчух кхо дакъа дича, ши дакъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь -- цунна (бухадисинчух) ах ду. Дена-нанна -- хIоранна царех -- ялхалгIа дакъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь -- цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна -- кхо дакъа дича, цхьа дакъа (дисинарг дас схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дакъа дича, цхьа дакъа ду‚ (хьакъболчарна ирс доькъур ду) цо дина весеткхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий -- шуна ца хаьа царех мила ву шуна герга пайдехь. Делера перз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла ша хууш а‚ хьукма (нийса) деш а.
12Шуна а кхочу ах дерг шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь -- шуна цара бухадитинчух, диъ дакъа а дина, цхьа дакъа ду церан весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Царна (шу делла бухабисина болу шун зударшна) -- аша бухадитинчух, диъ дакъа а дина, цхьа дакъа ду‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь -- царна аша бухадитинчух, бархI дакъа а дина, цхьа дакъа ду шун весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь -- церан ваша‚ я йиша елахь -- цу шиннех хIоранна а, ялх дакъа а дина, цхьа дакъа лур ду. Нагахь уьш церал алсам белахь -- уьш декъахой хир бу, кхо дакъа а дина, цхьана декъехь‚ цуьнан весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа‚ ша зен (цхьанна сов доккхуш‚ вукхунна эшош) ца деш. Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ дог кIеда а (дуьненахь сиха таIзар ца деш къинош динчарна).
13Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг -- и вуьллур ву Цо ялсамани чу‚ шена бухахула хин татолаш лелаш долчу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И сийлахь-боккха толам бу.
14Далла а, цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а -- и вуьллур ву Цо цIерга‚ гуттаренна цу чохь лаьтташ‚ цунна -- сийсазе долу Iазап ду.

❖ Дакъа 3 ❖

15Шун зударех боьханигдеанарг -- шух веаммо тоьшалла дойла цунна тIехь. Цара тоьшалла дахь -- цIахь дIалаца уьш баллалц‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц.
16Шух шимма дахьахь и (боьханиг -- зина) -- лазабе уьш. Цара шиммо а тоба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовлацарех. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тоба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
17Тоба къобалдар ду Далла -- ишттачарна‚ шаьш вон деш хиллачарна ца хаарца‚ тIаккха тоба деш болу сихонца. Баккъалла а, церан тоба къобалдийр ду Дала. И Дела хилла хууш верг а‚ хьикмате верг а.
18Тоба къобалдийр дац шаьш вониг диначарна, шайх цхьаъ валлалц‚ олуш: \"ХIинца аса тоба дина\"‚ шаьш цатешаш а болуш беллачарна а‚ царна Оха кечдина лазош долу Iазап.
19ХIай иман диллинарш! Хьанал дац шуна аша зударий ницкъаца ирсе битар‚ хало ма е царна шаьш царна деллачух цхьадерг духаэцархьама‚ нагахь санна билггала боьханиг цара тIедаийтина дацахь. Хаза даха цаьрца‚ шуна уьш безаш ца хилахь а. Шуна цхьа хIума ца еза тарло‚ Дала цу чохь дуккха диканаш дан тарло.
20Шу лууш делахь зудчун метта зуда хийца‚ аша царех цхьаннена дуккха даьхний делла делахь‚ цунах хIумма а духа ма эцалаш. -- Аша схьаоьцу и ткъа доккха зулам а‚ билгала къа а деш?
21Аша и схьа муха оьцу‚ шу вовшашна юкъадахана (майрий а‚ зуда а хилла) ма хиллий? Шуьгара чIогIа ваIдаэцна ма ярий цара?
22Аша ма балабе шун дайша балийна хилла болу зударий‚ хьалха дIадаханарг доцург. И хилла боьханиг‚ чIогIа ирчаниг‚ вуно боьха Iадат а.

❖ Дакъа 4 ❖

23Шуна (бало) хьарам бу шун наной а‚ шун мехкарий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин мехкарий а‚ шун йишин мехкарий а‚ шу дакхийна хилла болу шун наной а‚ шун шуринйижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цIеношкахь Iеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь -- къа дац шуна (церан мехкарий бало). Шун чIурах схьабевлла болу шун кIентийн зударий а‚ ши йиша вовшахтоха а /хьарам ду шуна/‚ хьалха дахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш а‚ къинхетаме а.
24Зударех марехь берш (хьарам бу шуна)‚ шун аьтту куьйгаша дола дина боцурш‚ и тIе диллина Дала шуна. Хьанал бу цул дехьахь берш‚ шайн бахамца аша лехча‚ шайн догIу урду дIалуш‚ шарIаца балош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича-- царна богIу мах дIало перз хилла. Перз кхочуш дина (цаьрна догIу урду дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урду юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьикмате а.
25Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цIенаболу муъма зударий бало -- шайн аьтту куьйгаша дола дийначех шайн муъма мехкарех балабе. Далла дика хаьа шун иман‚ шу вовшех ду. Балабе уьш церан охIлан пурбанца‚ дIало церан мах диканца‚ цIена хиллаболу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагIа лаьцнабоцуш болу -- (зударий). ТIаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догIучух ах Iазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аша собар дахь (и зуда ца ялош) -- и шуна дика ду. И Дела гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.

❖ Дакъа 5 ❖

26Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нийсдан‚ шун тоба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукам нийса деш а ву.
27Цу Далла лаьа шун тоба къабалдан. (Шайн) дезаршна тIехьахIуьттуш болчарна лаьа шу (цIеначух) дуккха гена довла.
28Шуна тIера (халонаш) яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьIап.
29ХIай иман диллинарш! Вовшийн даьхний ма даа харцонца‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа. Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме.
30МостагIаллица‚ зуламца и динарг‚ тIаккха Оха чуверзор ву цIерга. И хилла Далла атта.
31Шайна нехIа дина долу даккхий къинош аша юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудухкур ду шу сийлахьчу чугIойлина (ялсамане).
32Шуна ма деза Дала шух цхьаболчарна вукхарел базбина делларг. Божаршна дакъа ду шаьш карийначух‚ зударшна а дакъа ду цара шаьш карийначух. Аша Деле деха Цуьнан комаьршаллех. И Дела хилла массо хIума Ша хууш.
33ХIоранна Оха хилийтина валидас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчунна. Шун дуйша чIагIбиначарна (хьалха аша шайна ирс лур ду, аьлла, ваIда йина хилла болу доттагIий), -- дIало царна церан дакъа. Баккъалла а, и Дела хилла массо хIуманна теш.

❖ Дакъа 6 ❖

34Божарий тIехIиттинабу зударшна, Дала цхьаберш вукхарел базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу -- шайн марошна муьтIахь берш‚ шаьш ларошберш ца гучохь Дала ларде аьлларг (церан марошка уьш весет бина). Шу -- церан Iесаллех кхоьруш дерш -- хьехамбе царна‚ /цуьнах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь‚ /цуьнах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТIаккха уьш шуна муьтIахь хилахь -- некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха а‚ воккха а
35Шу кхерахь (майрачун а‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (майрачун) нехан юккъера а‚ зудчун нехан юккъера а. МаслаIат лууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу церан юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо хIума) хууш верг а‚ (къайлах дерг) дика хууш верг а.
36Далла Iибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хIуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ буоберашна а‚ мискачарна а‚ лулахь Iаш гергарчарна а‚ генарчу лулахочунна а‚ генарчу накъостана а‚ новкъа накъостана а‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а (дика хила). Баккъалла а, Далла ца веза беккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а.
37Пис берш а, нахана писхила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллаххьулдеш берш а (ца беза Далла) -- Оха кечдина цатешачарна сийсазе долу Iазап.
38Шайн даьхний нахана гайтархьама сагIина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ ТIаьххьара дийнах а тешаш боцуш а‚ шена шайтIа доттагIа берш а -- вон доттагIа хилла цунах (уьш а ца беза Далла).
39ХIун дара царна Делах а‚ ТIаьххьара дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъах сагIа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла.
40Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь -- и шозза алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло.
41Муха хир ду Оха массо умматах теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча?
42Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду Оха шаьш лаьттаца нисдар. Хьулдийр дац цара Делах (цхьажимма а дуьненахь шаьшца) хилларг.

❖ Дакъа 7 ❖

43ХIай иман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахьа -- ца луьйчуш, шаьш новкъахула (хи доцучухула) лелаш дацахь, я (маьждига чохь ца совцуш) чекхдолуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хинарара веъна велахь‚ я шу зударех хьакхаделла делахь -- тIаккха шуна хи ца карадахь -- таймде цIенчу лаьттаца (я гIумарца). Шайн яххьийх а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а.
44Хьуна ца го и шайна жайнах дакъа делларш -- шаьш тиладалар оьцуш‚ шу а некъах тиладала лууш бу?
45Далла дика бевза шун мостагIий. Вали кхачо хилла Делаца‚ гIоьнча кхачо хилла Делаца.
46Жуьгтех бу шаьш дошшен меттигера дIадоккхуш берш. Цара олу: \"Хезна тхуна‚ Iеса хилла тхо\". \"ЛадогIа ахьа -- хозуьйтур дац хьуна (вониг)\", \"РаIина\"‚ вочунна тIеуьдуш берш шайн маттаца (олуш дашца) динна дуьхьала хиларца. Цара аьллехьара: \"Хезна тхуна‚ муьтIахь хилла тхо‚ ладогIа‚ тхоьга хьажа (тхан гIайгIа бе)\"‚ царна дика хир дара‚ чIогIа а (хир дара)‚ мухха делахь а, Дала неIалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кIеззиг берш бен.
47ХIай шайга жайна делларш! Шу теша Оха доссийначух (КъурIанх)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Товрат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нийса йина тIехьа ерзаяле‚ я неIалт алале‚ шоьтан дийнан дайшнама-аллара. Делан гIуллакх кхочушхилла.
48Баккъалла а, Дала ца гечдо Шеца накъост лацар‚ Цо геч ма до и доцург Шена луучунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш -- доккха къа кхоьллина цо.
49Хьуна ца го и шаьш цIанбеш берш? Дала цIанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна.
50Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тIехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца.

❖ Дакъа 8 ❖

51Хьуна ца го шайна жайнах дакъа делларш -- уьш тешаш бу джибтеха‚ тIагIутаха‚ цара олу цатешачаьрга: \"Шу ду нийсачу новкъахь (Мухьаммадан Деле) иман диллинчарел\"
52Уьш ма бу Дала шайна неIалт аьлларш. Дала неIалт аьллачунна хьуна карор ма вац гIоьнча.
53Я шайна мулках дакъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана тумхалг а.
54Я нахана хьагI йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллех деллачунна тIехь. Оха делира ИбрахIиман доьзална жайна а‚ хьукмалла а. Доккха мулк (даьхний) деллера Оха царна.
55Царех (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах -- КъурIанх) тешнарг а ву. Царех цуьнан дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица (уьш баго) цIе хилар.
56Баккъалла а, и Тхан аятех цатешарш -- тIаккха бохуьйтур бу Оха уьш цIерга. Церан чIкъоьрнаш даьгна мел дели‚ Оха уьш хийцор ду кхечу чIкъоьрнашца цаьрга Iазап Iовшийтархьама. Баккъалла а, и Дела хилла нуьцкъала а‚ хьекъале а.
57Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а -- тIаккха уьш чубохуьйтур бу Оха бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хин татолаш лелаш йолчу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Цу чохь царна цIена зударий хир бу. Оха чубохуьйтур бу уьш луьстачу IиндагIе.
58Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хIуманаш дIаерзор шен дайшка‚ нехан юккъехь шаьш хьукма деш, и хьукма дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела ниIмате ву шуьга, и хьехам беш волу. Баккъалла а, и Дела -- ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш а, гуш а.
59ХIай иман диллинарш! Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна а‚ шайх гIуллакх карахь долчарна а. Цхьана хIуманна тIехь шу къийсам хилахь‚ аша и дерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ ТIаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду.

❖ Дакъа 9 ❖

60Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьоьл хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш луыш ма бу шайна юккъехь хьукма дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду луыш уьш тило геннарчу тиларца.
61Цаьрга аьлча: \"ТIедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчане а (дало‚ хьукам дойту вай КъурIане а‚ элчане а)\"‚ хьуна ма го и мунепикъашдIабоьрзуш хьо волчура (сихачу) берзарца.
62Муха шайна тIе цхьа бала беъча‚ шайн куьйгаша кечбина хилла‚ уьш хьуна тIе баьхкира‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: \"Тхо ма дацара луыш диканиг а‚ кхиам хилар а бен\"‚ -- олуш.
63Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царна‚ хьехамбе царна‚ ала цаьрга дIакхочуш дош.
64Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна (нах) муьтIахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича хьуна тIе богIуш, Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайна гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
65Хьан Кхиош-кхобуш волчу (Деллара) ма бац уьш (Делах) тешаш шайна юкъа доьжначун тIера хьукма хьоьга дойтуш бацахь‚ тIаккха ахьа йинчу кхиэлана шайгахь хIумма новкъарло ца караеш‚ шаьш цунна муьтIахь хуьлуш бацахь.
66Оха царна тIедиллина хиллехьара шаьш дайа‚ аьлла‚ я арадовла шайн цIеношкара‚ аьлла‚ царех кIеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара -- и дика а‚ делилца чIогIа а ма дара.
67ТIаккха Тхан гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха.
68Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш.
69Далла а‚ элчанна а муьтIахь берш -- уьш хир бу Дала шайна ниIмат деллачаьрца цхьаьна: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гIазотехь дIакхелхинчаьрца. Ма хаза хили уьш шайн накъост хиларца!
70И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар.

❖ Дакъа 10 ❖

71ХIай иман диллинарш! Ларлуш хилалаш‚ гIазотана арадовлалаш тобанашца а‚ я дерриге а.
72Баккъалла а, шух ма бу шаьш (гIазотана) тIехьабуьсурш. Шуна цхьа бохам хилча олу цара: \"Ма ниIмат делла суна Дала со царна юккъехь (гIазотехь) цахиларна\" (хиллехьара со лазийна я велла хир вара).
73Шуна Делера сий хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: \"Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со -- боккха толам аса боккхур ма барий тIаккха\".
74Делан новкъахь тIомбойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара. Делан новкъахь тIом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а -- тIаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял.
75Аша хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ божарех а‚ зударех а‚ берех а заьIап болчу нехан дуьхьа а‚ уьш ма буй олуш: \"Тхан Кхиош-кхобург! Арадаха тхо хIоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гIолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гIоьнча ваийтахьа тхуна\"
76Иман диллинчара тIом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тIом бо тIагIутан (шайтIанан) новкъахь. ШайтIанан верасаш хIаллакбе. Баккъалла а, и шайтIанан мекарло ледара ма хилла.

❖ Дакъа 11 ❖

77Хьуна ца го и шайга аьлларш: \"Духадаха шайн куьйгаш (тIамах: тIом бар ма деха хIинца а -- цуьнан хан тIе ца кхаьчна)‚ ламазана хIотта‚ закат ло\"‚ шайна тIом бар тIедиллича‚ царех цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерар санна‚ я кхин а чIогIа. Цара элира: \"Тхан Кхиош-кхобург‚ хIунда тIедиллина Ахьа тхуна тIом бар. Цхьа гергара замане тIаьхьа таьттина хиллехьара Ахьа тхо\". Ахьа ала: \"Дуьненан хIума -- кIеззиг хIума ю. Эхарт ю дика ша (Делах) кхоьручунна\". Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна\".
78Шу миччахьа хилахь а, далар тIекхуьур ду шуна‚ чIогIа хIиттина бIаьвнашчохь шу хилча а. Шайга цхьа дика деъча, цара олу: \"ХIара Делера ду\"‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: \"ХIара хьоьгара ду\". Ахьа ала: \"Массо а ду Делера\". ХIун ду-те цу къамана? -- Кхета ца туьгу-кх иза хиллачух.
79Хьуна тIедеъна долу диканиг -- Делера ду хьуна (хIай адам)‚ хьуна тIедеъна долу вониг -- хьоьгара ду хьуна. Оха ваийтина хьо /хIай Мухьаммад/ нахана тIе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар.
80Элчанна муьтIахь хилларг -- Далла муьтIахь хилла‚ вухаваьлларг-- хьо ца ваийтина Оха царна тIехь тергам латтош вергхилла.
81Олу цара: \"МуьтIахь хир ду\". Хьо волчуьра дIайирзича, царех цхьана тобано буьйсанна леладо ахь ма де аьлларг. И Дела яздеш ма ву и цара буьйсанна лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царех)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна.
82КъурIанх ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцучуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонаш карор ма ярий царна.
83Кхерам ца хиларх а‚ я кхерамах цхьа гIуллакх шайга деъча а -- и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гIуллакх карахь долчаьрга а -- тIаккха царех цуьнан буха тIекхуьучарна хуур дара (бакъдерг). Делан комаьршалла а‚ къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кIеззиг берш боцурш шайтIанна тIехьахIуттур ма дара шу.
84ТIом бе (я Мухьаммад)‚ Делан новкъахь. Ахьа жоп лур ду деккъа хьайна тIера. Муъма нехан дегнаш айде (тIамна)‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чIогIа ма ву ницкъаца а‚ и чIогIа ма ву бекхамца а.
85Хазачу гIиллакхан агIо лаьцначунна -- цунах дакъа ду‚ вочу гIиллакхан агIо лаьцначунна -- цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо хIуманна тIехь ницкъ болуш.
86Шайга салам делча‚ цул хазачуьнца салам ло аша‚ я духадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо хIуманна тергамбеш.
87АллахI цIе йолу цхьа Дела ву -- кхин дела вац И бен. Цо дерраш а гулдийр ду шу къематдийне‚ цу чохь шеко яц. Мила ву, ткъа, Делал хабар бакъдуьйцуш?

❖ Дакъа 12 ❖

88ХIунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба? Дала дIакхиссина уьш (керстаналлийна чу) шаьш динарг бахьанехь. Шу луыш ду нисван Дала тилийнарг? Дала тилийнарг -- хьуна карор ма бац цуьнан некъ (и нисван).
89Царна дийзира шу иманах духадовлар, шаьш духадовларах терра‚ тIаккха шу хир дара цхьанийса. Ма лаца царех доттагIий, уьш Делан новкъахь дIакхалххалц. Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царех доттагIа а‚ гIоьнча а ма лаца.
90Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а шайн дагахь доцуш‚ шуьца я (шун дуьхьал долчу) къомаца тIом бар боцурш а. /Шуьца я шуна дуьхьал боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш -- цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь -- цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (машар бе цаьрца).
91Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш луыш шуьца тешаме хила‚ шайн къомаца тешаме хила‚ шаьш питанема-кхайккхина, цу чу бегаш. Уьш шух дIа ца къастахь‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна (тIекхийдочух) ца сацадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъ бина (цаьрца тIом бан мега шуна).

❖ Дакъа 13 ❖

92Муъма стага муъма стаг вен мегар дац, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъма стаг вехь -- муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна сацаделла долу диятлур ду цо‚ цара, цунна гечдина, сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъма волуш -- муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах-- сацаделла долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъма лай паргIатвоккхур ву. И ца карадахь -- тIеттIа шина баттахь марханш кхобур ду‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукма нийса деш а хилла.
93Цхьаммо шена хаа а хууш муъма стагвехь‚ цунна бекхам -- жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а вахана цунна‚ неIалт а аьлла‚ доккха Iазап кечдина цунна.
94ХIай иман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аша билгал -- даккха‚ шайга салам деллачуьнга ма ала: \"Хьо муъма вац\"‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш -- Далла гергахь дуккха хIонс ю. Иштта хилла шу хьалха -- Дала шуна ниIмат делла. Аша билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аша дийриг дика хууш.
95Нислуш бац муъма нахах шаьш гIазотах цхьа а бахьана доцуш бухабисинарш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гIазот динарш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гIазот динарш даржаца базбина Дала бухабисинчарел. ХIоранна Дала ваIда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГIазот динарш базбина Дала бухабисинчарел сийлахь -- йоккхачу йолаца (боккха миэл баларца).
96Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца (базбина Цо уьш). Дела хилла Ша гечдеш а‚ къинхетаме а.

❖ Дакъа 14 ❖

97Баккъалла а, шайна зуламаш дина маликаша дIаэцна болчаьрга эр ма ду: \"Шу мичахь хиллера?\" Цара эр ду: \"Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тIехь ницкъ беш\". Эр ду: \"Ткъа Делан латта шортта дацара шу цу чохь дIакхалха?\" Уьш ма бу шайн чугIойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ дIабоьрзу меттиг!
98Божарех а‚ зударех а‚ берийх а шайна ницкъ хилла (дIабаха) таро ца хилийнарш а‚ (кIелхьара) бовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала).
99Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а.
100Делан дуьхьа дIакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетевжийлаш а‚ шорто а. Делана а‚ элчанна а дуьхьал воьдуш шен цIера араваьлча, цунах валар кхиъча (и новкъахь велча) -- цуьнан ялДалла тIейоьжна. И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а хилла.

❖ Дакъа 15 ❖

101Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аша ламаз доцца дича‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тIелатарна). И цатешарш хилла шуна билггала мостагIий.
102Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш‚ царна ламазна хьалха хIоьттича‚ царех цхьа тоба хьоьца хIуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш суждане бахча (церан рукIат чекхдаьлча), шуна тIиэхьа кхиберш хIуьттийла. ТIаккха цхьа ламаз дина доцу тоба йогIийла (хьуна тIихьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш луыш бара шу шайн герзах а, хIуманех гIапал хуьлийла -- тIаккха уьш шуна тIекхуьур бара цхьа гIулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догIанца, я шу цомгуш делахь, аша шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Iазап.
103Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агIошна тIетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хIоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъма нахана хан тоьхна тIедиллина.
104Шу ледара ма халалаш шайн мостагIий болу нах (гIазот дан) лаха. Шуна лазош хиларх -- царна лазош ма ду шуна лазош санна, шу-м Делера цхьана хIуманах догдохуш а ду, цара дог ца дохучунна. И Дела хилла Ша хууш а, хьикмате а.

❖ Дакъа 16 ❖

105Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна бакъонца ахьа нахана юккъехь хьукма дархьама, Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь тешнабехк бинчеран дуьхьа къуьйсуш.
106Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш а, къинхетаме а.
107Ахьа ма къийсалахь шаьш тешнабехк бинчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца тешнабехк бийриг.
108Уьш дIахьуллуш бу нахах, дIахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буьйсанна и реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара диначунна гуо лоцуш.
109ХIай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца, церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тIехь векал?
110Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тIаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а.
111Милла велахь а къа деш -- и деш ду цо шена. Дела хилла хууш а‚ хьукаме а.
112Милла велахь а гIалат я къа деш, тIаккха и цунах цIенаволчунна тIетоьттуш -- и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тIекхуллуш.

❖ Дакъа 17 ❖

113Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара -- царех цхьа тоба ма яра хьо тило луыш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хIумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъал а‚ Цо Iамийра хьуна хьо хууш ца хилларг. Йоккха хилла хьуна Делан комаьршалла.
114Пайда ма бац дукхахдолчу цара къайлах дечу къамелашкахь сагIа далар, оьзданиг, нехан юккъехь машар бар цара хьоьхуш дацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш -- тIаккха Оха цунна лур ма ю йоккха ял.
115Милла велахь а элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа, муъма боцу нехан некъана тIаьхьа хIоьттинарг -- и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь, вохуьйтур ву жоьжахати чу. Вон хилла и тIевоьрзу меттиг!

❖ Дакъа 18 ❖

116Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар, гечдийр ду цул лахарниг Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш -- тилавелла и генарчу тиларца.
117Иза витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хIуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачушайтIане.
118Дала неIалт аьлла цунна. Цо (иблисо Деле) аьллера: \"Хьан лех цхьа билггала дакъа сайгахьа доккхур ду аса.
119Тилланне а тилор бу аса уьш, хазанне -- хазбийр бу аса царна харц лаамаш, омра дийр ма ду аса царна -- тоьдур ма ду цара бежнийн лергаш‚ омра дийр ма ду аса царна -- хийцор ма ду цара Делан дин\" (кхоллар). Дела а витина, и шайтIа шена доттагIа лаьцнарг -- эшна и билггалчу эшарца.
120ВаIда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтIано царна ваIда ма яц, харцдерг бен.
121Уьш -- церан чугIойла жоьжахати ю‚ карор дац царна цунах кIелхьара довлар.
122Ткъа иман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а -- Оха чубохуьйтур бу уьш бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хин татолаш лелаш йолчу‚ царна чохь уьш гуттар лаьттар бу -- Делан ваIда бакъ хиларца. Мила ву Делал бакъ дош аларца? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?)
123Шун лаамашца а‚ жайнан охIлананлаамашца а дац иза(гIуллакх сацаделла). Милла велахь а вониг деш -- цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас а (дола дийриг‚ гIо лоцург)‚ гIоьнча а.
124Милла велахь а дика Iамалш еш -- боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а -- ша муъма (иман диллинарг) волуш -- уьш чу гIур бу (ялсаманин) беша‚ цхьа цуьрриг зулам дийр дац царна.
125Мила ву шен юьхь (ша диканиг деш) Далла муьтIахь йиначул‚ ша бакъдолчунна тIетеввжина хиллачу ИбрахIиман миллатана тIаьхьа хIоьттина хиллачул динехь вуно дика верг? Дала доттагIа лецира ИбрахIим.
126Далла ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо хIума чулоцуш.

❖ Дакъа 19 ❖

127Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударшкахь. Ахьа ала: \"Дала хьехам бийр бу шуна цаьргахь а‚ (довзийтур ду шуна) зударий аша шайна ирсанакхачорах лаьцна КъурIан чохь доьшуш дерг а, (иштта довзийтур ду шуна) байлахь дисинчу зудберех а, шу шайна уьш бало луыш царна догIу урду кхоччуш дала ца луыш болу, берех заьIап хилла кIелбисинчаьргахь а (хьехам бийр бу Дала): аша нийсо латтае буоберашкахь. Аша диканиг дахь -- и Дела и хууш хилла\".
128Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь майра шех хервала гIертарх‚ шега тидам цахиларх -- царна шиннена (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовшийн юккъехь маслаIат дарх‚ маслаIат тоьлуш ду. БIаьрмецигалла лаьтташ ю синошца. Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь -- и Дела ма хилла аш динарг дика хууш.
129Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударийн юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а‚ дIа ма дерза (шайна цаезачу зудчах) кхоччуш аша и ютуш (хIаваэхь) кхазаелларг санна. Аша маслаIат дахь‚ шу Делах кхерахь -- и Дела хилла гечдеш а‚ къинхетаме а.
130И шиъ (майрий‚ зудий) къастахь -- Дала лур ду (царех) хIоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниIмат) долуш а‚ хьукаме а.
131Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аша керсталладахь -- цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена хастам беш верг а.
132Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла (шен лайн Iамалш) Iалаш йийриг хилар.
133Шена лиъча‚ шу дIадохур ду Цо‚ хIай нах‚ кхиберш балор бу. Хилла Дела цунна тIехь ницкъ болуш.
134Дуьненан миэл безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан миэл а‚ эхартан миэл а. Дела хилла хезаш а‚ гуш а.

❖ Дакъа 20 ❖

135ХIай иман диллинарш! Шу хилалаш чIогIа дIахIиттина нийсонца‚ тоьшалла деш Далла шена тIехь делахь а, я шайн дена-ненан тIехь делахь а‚ я гергарчарна тIехь делахь а; и хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а -- Дела ву цу шиннел (лара) хьакъ верг (дика хууш ву царна шиннена пайдане дерг; уьш шеа Iалашбийриг Дела ву). Шу тIаьхьа ма хIитталаш деган дезаршна -- шу (бакъдолчух) дIатовжа кхерамна. Аша (тоьшалла) хийцадахь я (и тоьшалла дан шу) дуьхьал хилахь -- баккъалла а, и Дела ма хилла аша дийриг дика хууш.
136ХIай иман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайнах а‚ Цо хьалха доссийначу жайнах а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТIаьхьарчу дийнах а ца тешнарг -- и тила ма велла генарчу тиларца.
137Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тIаккха керсталла деш‚ юха а тешаш‚ юха а керсталла деш‚ тIаккха керсталлица совбуьйлуш берш -- Дела вац царна гечдийр долуш‚ нисбийр болуш уьш нийсачу новкъа.
138Ахьа кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Iазап хиларца.
139Ишттанаш бу уьш, муъма нах битина, цатешаш берш шайна доттагIий лаьцнарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге Делан ма ю!
140Цо ( Дала) шуьга жайни чохь масийттаза доссош хилла: нагахь санна шуна Делан аяташ харцдеш а‚ сийсаздеш а хазахь‚ цаьрца охьа ма ховша‚ аьлла, -- уьш кхечу хабарна тIеберззалц. Вуьшта, -- шу, баккъалла а, уьш санна ду. Баккъалла а, цу Дала гулбийр болуш ма бу мунепикъаш а‚ цатешарш а жоьжахати чохь -- берриге а.
141Уьш бу шу тергалдеш Iаш. Шуна Делера толам хилча‚ цара олу: \"Ткъа тхо а дацара шуьца?\" Нагахь санна цатешачарна дакъа хилча‚ олу: \"Тхо дацара шуна гIо дан гIерташ‚ шу Iалашдеш муъма нахах?\" Дала хьукма дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь. Банне цатешачарна муъма нехан тIехь некъ ца белла Дала.

❖ Дакъа 21 ❖

142Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Iехо гIерта. И ву уьш Iехош. Шаьш ламазна хIиттича‚ уьш хIуьтту маллой (ца луыш), нахана шаьш гайтархьама‚ кIеззиг бен Дела ца хьехаво цара.
143Уьш лесташ (теркаш) бу оцуьнан (иманан а, керстаналлин а) юккъехь: хIокхарах а (муIма нахах а) ца хIоттало‚ вукхарах а (керстанех а) ца хIоттало. Ша Дала тилвала витинчунна ахьа карроне карор ма бац некъ.
144ХIай иман диллинарш! Аша ма лийца цатешарш, доттагIий бой, муъма нах буьтий. Шу луыш ду Дала шайна тIехь билггала делил дан?
145Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу цIеран (жоьжахатин) уггар бухарчу гIопа чохь‚ хьуна каронне а карор ма вац царна гIоьнча.
146Шаьш тоба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чIагIделла, шайн дин Далла цIандина берш боцурш. Уьш муъма нахаца бу. ТIаьхьа лур ю Дала муъма нахана йоккха ял.
147ХIун пайда бу Далла шуна Iазап дарехь шу баркалла олуш а, тешаш а хилча? И Дела хилла баркалле а‚ хууш а.
148Далла ца деза вон хабарш даржадар‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш а‚ хууш а.
149Аша гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь (шена вон динчунна) вониг, -- баккъалла а, и Дела ша ма хилла гечдеш а‚ ницкъ кхочуш а.
150Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш луыш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгIо‚ шаьш олуш берш: \"Теша тхо цхьаболчарех‚ ца теша тхо вукхарех\"‚ шаьш луыш берш цу юккъехь некъ лаца --
151Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаздолу Iазап.
152Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царех цхьа а ца къестош берш -- уьш бу Оха шайна тIаьхьа ял лург ерш. И Дела хилла гечдеш а‚ къинхетаме а.

❖ Дакъа 22 ❖

153Хьоьга доьху жайнан охIлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: \"Дела гайта тхоьга гуччахь\". ТIаккха стиглара цIаро схьалецира уьш‚ шайн зулам бахьанехь. ТIаккха эсасхьалецира цара, шайга билгалонаш схьаеъначул тIаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билгала делил.
154Церан тIехула (Синай) лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тIелацитархьама/‚ Оха элира цаьрга: \"НеIарехула чоьхьадовла, сужд деш\". Элира Оха цаьрга: \"(Делан) дозанех ма довлалуш шоьтдийнахь\". Цаьргара нуьцкъала ваIда ийцира Оха.
155Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан \"тхан дегнаш мужулт (хьарчийна)ду\", аьлла, дош бахьанехь (Дала неIалт аьлла царна). Дала мухIар тоьхна церан (дегнашна) уьш цатешар бахьанехь. КIеззиг бен уьш тешар болуш бац.
156Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямнааьлла долу дош -- доккха эладита бахьанехь (неIалт аьлла царна).
157Церан: \"Баккъалла а, Оха вина Масихь -- Марьяман кIант Iиса Делан элча\", -- аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вина вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна (цхьа кхин) тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш -- цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь -- шайна мотталуш долчунна тIаьхьа хIоттар бен. Ца вина цара и, баккъалла а,.
158Дала шена тIе хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза а‚ хьукаме а.
159Жайнин охIланх цхьа а вац цунах тешар волуш бен ивалале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш.
160Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь, хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а.
161Цара рибаэцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхний даар бахьанехь а. Царех керстанашна лазош долу Iазап кечдина Оха.
162Мухха делахь а, царех кIорга Iилма хууш берш а‚ муъминаш а иман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (КъурIан)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хIоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тIаьхьа Оха лур ма ю сийлахь -- йоккха ял.

❖ Дакъа 23 ❖

163Баккъалла а, Оха вехьий даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тIаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Вехьий даийтира Оха ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьаъе а‚ ЯIкъубе а‚ ЯIкъубан тIаьхьене а‚ Iисага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур (Псалтырь‚ Псалмы).
164Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу элчанашка а (вехьий даийтира Оха). Мусага хабар дийцира Дала /схьаделлина/ дийцарца.
165Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ нахана кхерам туьйсуш хилла болчу (даийтира Оха вехьий) а Далла тIехь делил цахилийтархьама элчанийл тIаьхьа. Дела везза а‚ хьукаме а хилла.
166Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца -- Цо доссийна и Шен Iилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш.
167Баккъалла а, и цатешаш берш‚ Делан новкъара /нах/ юьстах бохуш берш -- уьш тилабелла генарчу тиларца.
168Баккъалла а, и цатешаш берш‚ зулам динарш -- ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан (воллуш нийсачу) новкъа‚
169Жоьжахатин новкъа бен‚ цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта.
170ХIай нах! Шуьга веъна элча бакъонца шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ аша иман дилла -- иза дика ду шуна. Аша керстаналла дахь -- Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш а‚ хьукаме а.
171ХIай жайнан охIла! Дукха тIех ма довла шайн динехь. Ма ала Далла тIехь бакъдерг бен. Баккъалла а, Масихь (Христос) Марьяман кIант Iиса -- Делан элча ву‚ Цуьнан дош ду‚ Цо ша кхоьссина хилла долу Марьяме‚ Цунах са а ду -- иман дилла Деле а‚ Цуьнан элчанашка а. Аша ма ала: \"Кхоъ\". Совца -- шуна дика хир ду. АллахI -- цхьа дела ву‚ цIена ву и Шен кIант хиларах. Цуьнан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кхачо хилла Делах векал.

❖ Дакъа 24 ❖

172Куралла янне а йийр яцара Масихьас Делан лай хила‚ герга долчу маликаша а йийр яцара. Цуьнан Iибадатна куралла йинарг, веза вийдинарг -- тIаккха Шена тIе гулвийр волуш ву Цо массо а.
173Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а -- царна бекхамна лур ю шайн ял‚ Шен комаьршаллица Цо совбохур бу уьш. Амма куралла йинарш а‚ беза бийдинарш а -- Iазап дийр ду царна лазош долчу Iазапца‚ царна карор вац Дела воцург доладийриг а‚ гIоьнча а.
174ХIай нах! Еъна шуьга шун Кхиош-кхобучунгара билгало. Къегина нур доссийна Оха шуьга.
175Деле иман диллинарш‚ Цуьнца чIагIбелларш -- тIаккха бухкур бу Цо уьш Шегара къинхетамна чу‚ комаьршаллина чу‚ нисбийр бу Цо уьш Шена тIе нийсачу новкъа.
176Хьоьга жоп доьхуш бу уьш цхьацца масалашна. Ахьа ала: \"Дала кхетор ду шу: Шен доьзалхо я да буха ца вуьсуш веллачуьнгахь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ шен доьзалхо а /да а/ воцуш бухавуьсуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша -- цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриге ирс‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь -- царна шиннена кхо дакъа дина ши дакъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а -- боьршачунна шина зудчунна кхочу дакъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу ца тилийтархьама. И Дела массо хIума хууш ву.

Вернуться к списку сур
5.سُورَةُ ٱلْمَائِدَةِ
Сурат АЛЬ-МАИДА • Маидат(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْمَائِدَةِ

Сурат АЛЬ-МАИДА • Маидат

❖ Дакъа 1 ❖

1ХIай иман диллинарш! Кхочушбе чIагIамаш; хьанал дина шуна бежанаш, шуна /хьарам ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрамдихкина долуш экханна таллар доцург а. Баккъалла а, Дела хьукам деш ву шена луъург.
2ХIай иман диллинарш! Аша хьанал ма де Делан Iадаташ /Дала хьарам динарг хьанал ма де/‚ хьарам беттанаша‚ хьаьжин цIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу бежанаш а‚ хьарам цIийнан (КаIба‚ хьаьжин цIа) тIебаьхкина нах‚ шайн Кхиош-кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болу /лийра уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьж дихкина девлча‚ таллар де шайна акхарошна. Шу Хьарам Маьждиге(хьалха) ца дуьтуш хилла болчаьрга шун болчу цабезамо шу ма дуьгийла (хIинца) царна тIелатарна (Делан дозанех довларна тIе). Аша вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аша вовшийн гIо ма лаца къин тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела бекхам чIогIа болуш ву.
3Шуна хьарам йина къен елла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цIар тIехь дийна /бежана/ а‚ лаг таIийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хIума тоьхна дийнарг а‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маIа тоьхна дийнарг а‚ экхано дийнарг а, аша цIандина доцург (экхано лаьцначул таьхьа аша хьакха деззачу кепара урс хаькхна делахь -- мегар ду даа)‚ жIаранатIехь урс хьаькхнарг а‚ аша пхашцадекъна хилларг а. И песакъ хIума ду. Тахана дог диллина керстанаша шун динах. Шу царех ма кхера. Шу соьх кхера. Тахана чекхдаьккхина Аса шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Реза хилла Со шуна Ислам дин хиларца. Нагахь санна чIогIачу мацаллехь /царех хIума/ яа кхетахь цхьаннена, ша къа дарна тIегIерташ воцуш‚-- баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву /цу хьарам йолчух кIеззиг хIума яа мегар ду цунна ца вала/.
4Хьоьга хоьтту цара: "ХIун хьанал йина ю шайна /яа/?" бохуш. Ахьа ала: "Хьанал йина шуна цIена хIуманаш а‚ Дала шайна Iамийнчух -- аша Iамийна хилла долчу дйинато лаьцнарга‚ аша даа цо шайна лаьцначух‚ Делан цIе хьахае цунна тIехь‚ Делах кхера шу. Баккъалла а, и Дела хьесап сиха деш ву".
5Тахана хьанал йина шуна цIена хIуманаш‚ жайнан оIлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун кхача хьанал бу царна‚ муъма нехан цIена гIиллакхе зударий /нахаца ца лелаш берш/‚ шул хьалха шайга жайна доссийначеранцIена гIиллакхе зударий /нахаца ца лелаш берш/ хьанал бу шуна‚ аша церан мах белча‚ шу боьханиг дан гIерташ ца хилча‚ доттагIа лацагIерташ дацахь. Иман харцдеш милла велахь а -- цуьнан Iамал яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарех.

❖ Дакъа 2 ❖

6ХIай иман диллинарш! Шаьш ламазна хIуттуш шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила гоьлашна тIекхаччалц‚ шайн коьртах хи тоха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц. Шайца боьха хиделахь -- лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚ я шух цхьаъ хинара вахна веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь‚ шуна хи ца карадахь -- таймде цIенчу лаьттаца‚ аша хьакха цунах шайн яххьийх а‚ куьйгех а. Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цIандан лууш ву И. Шен ниIмат шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш.
7Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат‚ Цуьнан барт ша шуьца бина хилла болу‚ шаьш алар /дагадаийта/: "Хезаш ду‚ муьтIахь ду"‚− аьлла. Шу Делах кхералаш баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг.
8ХIай иман диллинарш! Шу хилалаш хIиттина Далла тешаш хилла нийсонца. Цхьана нахе болчу цабезамо шу ма дуьгийла нийсо ца ярна тIе‚ нийсо елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела сов дика хууш ву аша дийриг.
9Дала ваIда йина: иман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а -- царна хир ду гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.
10(Дин) керстадина‚ Тхан аяташ харцдинарш -- уьш бу жоьжахатин дай.
11ХIай иман диллинарш! Аша дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Цхьа къам ма дарий бала кхаьчна шуна тIе куьйгаш кховдо-- Цо духатеттира шух церан куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тIетевжийла муъманах.

❖ Дакъа 3 ❖

12Дала барт бира бану Исраилашца /Исраилан кIенташца/‚ царех шийтта тешаме стаг вахийтира Оха‚ Дала элира: "Со шуьца ву, аша ламаз хIоттадахь а‚ закат лахь а‚ Сан элчанех а тешахь‚ аша церан гIо а лацахь‚ аша Далла /юхалург/ хаза декхар лахь -- шун вонаш дойур ма ду Аса‚ бошмашна чу (ялсамане) духкур ма ду шу‚ шена бухахула татолаш оьхуш долчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг -- тилийнарг ма ву и нийса некъ.
13Цара и шайн ваIда (барт) йохорна неIалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина къиза‚ дош хийцош бу уьш шен меттигера. Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/ доссина хиллачух цхьа дакъа. Хьо (хIай Мухьаммад) дIатилар ма вац цаьргара тешна бехкан тIекхиарх (хIинца а)‚ царех цхьа кIеззиг берш боцурш‚ къинтIера вала царна‚ гечде царна. Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш.
14Оха ваIда ийцира тхо насарой (христианаш) ду аьллачаьргара‚ цара а дицдира цхьа дакъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух‚ царна юкъатесира Оха мостагIалла а‚ оьгIазло а къематде хIотталц‚ тIаккха дуьйцур ду Дала‚ хIун деш уьш хилла, аьлла.
15ХIай жайнан охIла! Веъна шуьга Тхан элча‚ аша жайнах хьулдеш хилла долу дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деъна шуьга Делера нур а‚ билгала жайна а.
16Цуьнца нисво Дала Ша резахиларна тIехьахIоьттинарг машаран некъашка‚ боданашкара нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа.
17Керстаналла дина шаьш аьллачара: "Баккъалла а, Дела − И ма ву Марьяман кIант Масихь (Христос‚ хьакхийнарг -- помазанный)". Ахьа ала: "Делера цхьанне хIуманна дола далуш мила ву, Цунна лиъча хIаллакван Марьяман кIант Масихь а‚ цуьнан нана а‚ лаьттахь мел дерг а?" Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
18Жуьгташа а‚ насарашаа элира: "Тхо ду Делан кIентий а‚ цуьнан дукхадезарш". Ахьа ала: "Ткъа шуна Iазап хIунда до Цо шун къинош бахьнехь? ХIан-хIа‚ шу адамаш ду Цо кхоьллинчарех. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду /массеран тIаьххьара/ дIадерзар".
19ХIай жайнан охIла! Веъна шуьга Тхан элча билгаладоккхуш шуна (хIуманаш) элчанаш бахкар хединчу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: "Ца веъна тхоьга кхаъ боккхург‚ ца веъна тхоьга кхерам тосург". Веъна шуьга кхаъ боккхург а‚ веъна шуьга кхерам тосурга. Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

❖ Дакъа 4 ❖

20/Хьахаде/ Мусас ма аьллера шен къоме: "ХIай сан къам‚ дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат: Цо шуна юккъехь пайхамарш хилийтира‚ шух бира паччахьаш, (ФирIавнан йийсарех хьалха дехира шу)‚ шуна делира Iаламах цхьаннена ца делларг.
21ХIай сан къам! Чу гIо Дезачу латта (Байтул Мукъаддис -- Иерусалим)‚ Дала шуна тIедиллина долчу‚ духа ма довла‚ тIаккха шу эшначаьрга доьрзур ду".
22Цара элира: "ХIай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даххане а цу чу гIур ма дац уьш ара бовллалц цу чуьра. Уьш ара бевлча цу чуьра -- тхо чу гIур ду".
23Кхоьруш болчарех шина стага элира‚ Дала шайна ниIмат (бакъ дин) делла болчу: "Чу гIо царнанеIарехула‚ шу цу чу дахча -- шу тоьлла ду. Далла тIетовжа‚ шаьш тешаш делахь".
24Цара элира: "ХIай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гIур ма дац‚ уьш цу чохь мел лаьтта‚ хьада хьо а, хьан Кхиош-кхобург а гIо‚ лата шу шиъ‚ тхо кхузахь хевшина Iийр ду".
25Цо элира (Мусас): "Сан Кхиош-кхобуш волу (Дела)‚ со дола деш ма вац сан син а‚ сан вешин а бен‚ дIакъастаде тхо хIокху песакъ къомах /Хьан нийсачу хьукмаца/".
26Элира (Дала): "Царна хьарам ю иза (Иерусалим‚ Палестина) шовзткъа шарахь‚ бевлла лелар бу уьш лаьттахула‚ ахьа гIайгIа ма е песакъ къомах".

❖ Дакъа 5 ❖

27Дийца царна Адаман шина кIантах (Къабилах а, ХIабилах а) лаьцна. Баккъалла а, цара шиммо а гIурба дийнера‚ цхьаннан (ХIабилан) и къобал хилира‚ вукхуьнан (Къабилан) и къобал ца хилира. Цо (Къабила) элира: "Аса войур ву хьо". Цо (ХIабила) элира: "Дала къабалдо кхоьруш болчийн,
28Ахьа суна хьан куьйг айахь со вен‚ аса айдийр ма дац сайн куьйг хьо вен. Баккъалла а, со кхоьру Делах‚ Iаламийн Дех.
29Суна лаьа хьо верза /Далла тIе/ сан къица а‚ хьан къица а -- тIаккха хьо хир ву цIеран дайх. И бу бекхам зуламхошна".
30Хаздира цунна шен сино шен ваша вен‚ цо (Къабила) и (ХIабил) вийра‚ -- и хилира эшначарех.
31Дала къиг яхийтира латта охкуш цунна гайтархьама‚ муха хьулдо шен вешин дакъа. Цо элира: "ОхI‚ ма дакъазваьлла со‚ цу къийгах тарваллал‚ хьулдан (ца могуш) суна сайн вешин дакъа". И хилира дохковаьллачарех.
32Цунна дуьхьа яздира Оха Исраилан кIенташка: са (хIаллак) динарг‚ сина дуьхьал я лаьттахь лелочу вочу хIуманна дуьхьал доцуш‚ массо нах (хIаллак) бинарг санна ву. И дендинарг -- массо нах денбинарг санна ву. Цаьрга баьхкина Тхан элчанаш билгалонашца (Делан аяташца)‚ тIаккха, баккъалла а, дукхахберш царех цул тIаьхьа а лаьттахь тIаламза бу.
33Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш болчеран а‚ лаьттахь боьханиг даржо гIертачеран а бекхам бу уьш байар‚ я ирх охкар‚ я церан куьйгаш а‚ когаш а хедор дуьхь-дуьхьал дерш (берш)‚ я махкара арабахар. Иза царна дуьненахь а сийсаза хилар ду‚ эхартахь царна доккха долу Iазап ду.
34Шу шайна тIедерзале тоба динарш боцурш. Шуна хаалаш, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а хилар.

❖ Дакъа 6 ❖

35ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна /муьтIахь хиларца, Iибадат дарца/ герга гIо некъаш лахалаш‚ Цуьнан дуьхьа къийсалаш -- шу даккхийдедан там бу.
36Баккъалла а, керстанашна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин и саннарг хилча а къематдийнан Iазапна дуьхьал дала /цунах кIелхьарвалархьама/ -- къобалдийр дацара цаьргара. Царна лазош долу Iазап ду.
37Луур долуш бу уьш цIергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна хIоттийна Iазап хир ду.
38Къу -- боьрша стаг а‚ къу зуда а -- дIахедаде церан шиннен а куьйгаш бекхамна, цара лачкъийначуьнца‚ Делера таIзарна. И Дела веза а‚ хьукаме а ву.
39Шен зуламал тIаьхьа тоба динарг а‚ тIаккха дика Iамалш йинарг а, -- баккъалла а, Дала гечдийр ду цунна. Баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
40Хьуна хаац и Дела хилар стигланийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш‚ Шена луучунна Iазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
41ХIай элча! Хьо пошме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ шаьш аьлла хилла болчарех багахь: "Тешна тхо". Тешна дац церан дегнаш. Шаьш жуьгтий хиллачарех бу ладоьгIуш берш харцдолчуьнга‚ ладоьгIуш берш кхечу нахе‚ хьо волчу беъна а боцчу. Уьш бу дош шен меттигера дIадоккхуш‚ кхечухьа хIиттош. Цара олу: "И шайга деллехь -- схьалаца‚ шайга ца деллехь -- ларло". Дала шена питана лууш волчунна -- цунна Делера цхьанне хIуманна доладийр дац ахьа. Уьш бу Далла шайн дегнаш цIандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна доккха Iазап ду.
42ЛадоьгIурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу багIахь‚ хьукам де царна юккъехь‚ я дIатила царех. Хьо царех дIатилча‚ хIумма зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукам деш‚ нийсонца хьукам де царна юккъехь. Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш.
43Хьоьга хьукам муха дойту цара? Цаьргахь Товрат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукам долуш? ТIаккха цул тIаьхьа а дIабоьрзу уьш /Делан некъах/ -- бац уьш муъма нах.

❖ Дакъа 7 ❖

44Баккъалла а, Оха охьадоссийна Товрат (Мусага)‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна (Делан гIуллакхна) муьтIахь хилла болчу пайхамараша а‚ (цуьнца хьукам до) раббанаша а‚ ахьбараша а (жуьгтийн Iелам нах) Делан жайнах шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш. Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Соьх‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукам ца дийриг -- иза керста ву /и Делан хьукам цадезаш велахь/.
45Оха тIедиллина царна цу (Товратан) чохь: са -- сица‚ бIаьрг -- бIаьргаца‚ мара -- мерца‚ лерг -- лергаца‚ церг -- цергаца‚ чевнаш йоькхур ю, аьлла. Цхьаммо гечдахь‚ и цунна кафарат (къинойх цIанвар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукам ца деш берш -- уьш бу зуламхой.
46Царна тIаьххье ваийтира Оха Марьяман кIант Iиса‚ бакъдеш шена хьалха хилла Товрат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шен чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш долу шена хьалха хилла Товрат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу.
47Инжилан охIлано хьукам дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца хьукам деш боцурш -- уьш песакъаш бу (Далла дуьхьал баьлларш).
48Хьоьга доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шена хьалха хилла жайна‚ ша иза Iалашдеш а долу. Ахь хьукам де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма хIотта хьайга деъна долчу бакъдолчух. Шух хIоранна Оха шарI дина‚ (динехь) билгала некъ бина (минхIаж). Далла лиъна хиллехьара цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу таллархьама Ша шуна деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тIехь къовса (вовшашца)‚ Деле ду шун массеран дIадерзар‚ тIаккха дуьйцур ду Цо шуьга аша хилпалонаш йина хилларг.
49(И доссийна Оха хьоьга омра деш): хьукам де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма ваза‚ ларло царех хьо цара дIатилаварх цхьадолчу Дала хьоьга доссийначух. Уьш дIаберзахь‚ хьуна хаалахь Дела лууш хилар уьш балане леца церан цхьадолчу къиношца. Баккъалла а, нахах дуккхахберш песакъаш ма бу.
50ЖехIаллин хьукамна тIетийжа уьш, ткъа? Мила ву, ткъа, Делал хьукам хаза деш тешаш долчу къомана?

❖ Дакъа 8 ❖

51ХIай иман диллинарш! Аша ма лаца жуьгтий а‚ насараш а шайн доттагIий. Царах цхьаберш доттагIий бу вукхарна. Шух царех шена доттагIий лецнарг, -- баккъалла а, и царех ву. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.
52Хьуна гуш бу и шайн дегнашкахь цамгар ерш (песакъаш я мунепикъаш) сихлуш цаьргахь‚ олуш: "Тхо кхоьруш ду тхуна (хIара) гIуллакх цхьана балане хьовза" Дала тарло Шегара толам бан‚ я цхьа гIуллакх дан -- тIаккха уьш ма буьсу шаьш хьулдинчух шайлахь дохкобевлла.
53Иман диллинчара олу: хIорш бу и шайн чIогIа дуйнаш Делаца биънарш, шаьш баккъалла а, шуьца ду‚ бохуш. ДIаевлла церан Iамалш. Эшнарш хили уьш.
54ХIай иман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дIаваьлча -- тIаккха доуьйтур ду Дала цхьа къам‚ Цунна (Далла) уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъма нахана шаьш атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тIехтохам бечун тIехтохамах ца кхоьруш. И Делан комаьршалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И Дела шорто йолуш а ву‚ Iилма долуш а ву.
55Баккъалла а, шун доттагIа Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ иман диллинарш а бу‚ шаьш ламаз хIоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш гора а хIуьттушболу.
56Дела а‚ Цуьнан элча а, иман диллинарш а доттагIий лаьцнарг, -- баккъалла а, Делан тоба -- уьш бу толам боккхуш.

❖ Дакъа 9 ❖

57ХIай иман диллинарш! Аша ма лаца шун дин беламе а‚ ловзаре а даьккхина, шул хьалха шайга жайна даийтинчарех берш а‚ керстанаш а доттагIий (доладийраш). Шу Делах кхера, шаьш иман диллина делахь.
58Аша ламазе кхайкхича и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна ша ойла ца еш долу къам.
59Ахьа ала: "ХIай жайнан охIла! Аша бекхам бо тхуна деккъа Оха иман диллина хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дуккханнаш песакъаш хиларна а".
60Ахьа ала: "Аса дIахоуьйту шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш бу Дала шайна неIалт аьлларш‚ И шайна оьгIазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚ хьакхарчий а йинарш а‚ тIагIутана шаьш Iибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир йолчу) меттигца‚ уггар тилла берш нийсачу некъах".
61Шу долчу баьхкича /жуьгтий, мунепикъаш/ цара олу: "Тхо иман диллина ду"‚ уьш-м /шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ -- уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг.
62Хьуна го царех дукхахберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагIалла лелорехь а‚ хьарам хIума даарехь а. Ма вон хIума ду-кх цара деш хилларг!
63Уьш хIунда раббанаша а‚ ахьбарашаа буха ца туху къахиларан дашан а‚ хьарам мел дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг!
64Жуьгташа элира: "Делан куьг дихкина ду". Куьйгаш дихкина-кх церан. НеIалт аьлла царна шаьш дуьйцучунна. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду‚ Шена луучунна рицкъа луш ву И. Царех дукхахберш совбохур бу хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссийначо къизаллица а‚ керстаналлица а. Царна юкъа мостагIалла а‚ оьгIазло а кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цIе мел латий тIамна‚ Дала яйира и. Лаьттахь пассад дерг (боьха хIуманаш) даржадо цара. Далла дезац пассад деш берш.
65Жайнан охIлано иман диллина хиллехьара‚ (Делах) кхоьруш хиллехьара‚ церан вонаш (къинош) дIадохур дара Оха царех‚ ниIматан ялсамане чу бухкур бара уьш.
66Товрат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга охьадоссийнарг хIоттадеш уьш белахьара‚ шайна лакхахь а‚ когий бухахь а дерг дуур дара цара. Царех нийса уммат а ду. Царех дукхахберш вон хилла шаьш дечуьнца.

❖ Дакъа 10 ❖

67ХIай элча! ДIакхачаде хьайга хьан Кхиош-кхобучуьнгара охьадоссинарг. Ахьа и ца дахь -- ахьа кхочуш ца дина Цуьнан элчалла. Дала ларор ву хьо нахах. Баккъалла а, Дала ца нисдо керста къам.
68Ахьа ала: "ХIай жайнан охIла! Шу цхьанне хIуманна тIехь дац аша Товрат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинарг а хIоттадалц". Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинчо алсамбахаза буьтур ма бац царех дукхахберш зулам дарехь а‚ керстаналлехь а. Хьо сингаттаме ма хила керста къам бахьанехь.
69Баккъалла а, иман диллинарш а‚ жуьгтий а‚ сабиунаша‚ насарой а -- /царех/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а иман а диллинарг‚ дика Iамал а йинарг /милла велахь а/ -- царна кхерам бац‚ уьш сингаттаме хир бац.
70Исраилан кIенташца барт бира Оха /цара Деле а‚ цуьнан элчанашка а иман дуьллур ду аьлла/‚ цаьрга элчанаш а бахкийтира. Шайга элча мел веъча‚ шайн синошна дезарг ца дохьуш‚ цхьаберш харцбира цара‚ цхьаберш бойура.
71Царна моьтттура питана хир дац‚ бIаьрзе а‚ къора а хилира уьш‚ тIаккха Дала царна гечдира. ТIаккха царех дукхахберш /юха а/ бIаьрзе а‚ къора а хилира. Дела гуш ма ву цара дийриг.
72Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: "Баккъалла а, Дела -- Марьяман кIант Масихь ву" (Iиса). Масихьа аьлла: "ХIай Исраилан кIентий! АллахIана Iибадат де -- сан Далла а‚ шун Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугIойла (жоьжахатин) цIе ю. Зуламхошна гIоьнчий ма бац.
73Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: "Баккъалла а, Дела ву кхааннан кхоалгIаниг". Цхьа а кхин дела вац и ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца совцахь -- царех шаьш керстанаш хилларш лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма бу.
74Деле тоба хIунда ца до цара‚ цуьнга гечдар а хIунда ца доьху? И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву.
75Марьяман кIант Масихь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дIабахана элчанаш‚ цуьнан нана ю уггар бакълуьйш ерг. Уьш шиъа а хилла кхачабууш. Хьажал‚ муха билгалдеш ду Тхо царна аяташ‚ тIаккха хьажал‚ муха Iехийна уьш (шайтIано).
76Ахьа ала: "Аша Iибадат до, ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шуна зен а‚ я пайда а боцучунна? И Дела Ша хезаш а‚ хууш а ма ву".
77Ахьа ала: "ХIай жайнан охIла‚ шайн динехь дукха тIех ма довла бакъдерг доцучохь‚ шу тIаьхьа ма хIитта цхьана къоман дезаршна‚ ша хьалха тиладелла долчу къоман‚ цо дукхахберш тилийна‚ нийсачу новкъах ша а тиладелла".

❖ Дакъа 11 ❖

78Исраилан кIентех керстаналла диначарна неIалт аьлла Давудан а‚ Марьяман кIант Iийсан а багенаца. И -- цара йина Iесаллина а‚ уьш дозанех бовлуш хиларна а ду.
79Уьш хилла шаьш динчу вочунна вовшашка нехIица деш. Ма вон ду-кх цара деш хилларг!
80Хьуна го царех /жуьгтех/ дукхахберш бу керстаналла диначарех доттагIий беш. Ма вон ду-кх цара шайна хьалхадаьккхинарг -- Дела шайна оьгIазвахийтарехь а‚ Iазапан чохь а уьш гуттар буьсур ма бу.
81Делах а‚ пайхамарах а‚ цуьнга доссинчух а уьш тешаш хиллехьара‚ уьш доттагIий /валеш/ бина лоьцур а бацара цара‚ мухха делахь а, царех дукхахберш песакъаш бу.
82Хьуна а карор ма бу иман диллинчарна мостагIаллица нахах уггаре чIогIа берш жуьгтий а‚ шаьш ширк динарш а. Хьуна а карор ма бу царех иман диллинчарна безамца уггаре гергара берш, шаьш аьлларш: "Баккъалла а, тхо насарий (христианаш) ду". Иза царех къиссисаш (мозгIараш) а‚ рухIбанаш (монахаш) а хиларна а‚ цара куралла ца ярна а ду /иштта Эфиопера насараша хаза тIелецира шайн тIебаьхкина хилла болу бусулбанаш/ .
83Шайна хезча элчане доссинарг хьуна го церан бIаьргаш бIаьрхийх буьзна шайна девзина бакъдолчух. Цара олу: "Тхан Кхиош-кхобург‚ Оха иман диллина. Тхо (Ахь) дIаязделахь шахIадат далочаьрца.
84Тхуна хIун ду ца теша Деле а‚ Цо тхоьга деъначу бакъдолчуьнга а‚ тхо чIогIа лууш ду тхан Кхиош-кхобучо тхо чудохуьйтийла (ялсамани чу) дикачу къомаца".
85Дала миэл белира царна цара аьллачунна дуьхьал -- бошмаш (ялсамане)‚ шайн бухахула татолаш оьхуш йолу‚ гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. И бу дикачеран бекхам.
86Цатешарш а‚ Тхан аяташ харц динарш а -- уьш бу жоьжахатин дай.

❖ Дакъа 12 ❖

87ХIай иман диллинарш! Аша хьарам ма елаш Дала шайн хьанал йина цIена хIуманаш‚ шу дозанах ма довлалаш. Баккъалла а, Далла ца беза дозанах бовлурш.
88Аша даа Оха шайна деллачу рицкъанх хьанал, цIена дерг‚ шу Делах кхералуш‚ шу Шех тешаш волчу.
89Дала ца лоцу шу (бехке) шун дуйнашкахь (ца хууш) багах даьллачуьнца‚ амма Цо лоцу шу (бехке) дуйнашца аша чIагIдина хиллачуьнца. Цуьнан кафаратду итт мискачунна кхача баор‚ юкъара аша шайн охIланна баош ма хуьлу, я царна духар далар а‚ я лай азат ваккхар а. И ца карийначунна -- кхаа дийнахь марха лацар. И ду, аша биъча, шун дуйнийн кафарат. Ларде шайн дуйнаш. Иштта билгалдоху шуна Дала Шен аяташ, шу хилархьама баркалла олуш.
90ХIай иман диллинарш! ЧагIар а‚ майсира‚ цIуша‚ пхерчийа -- шайтIанан белхан рижс ю‚ дIакъаста цунах -- шу даккхийде тарло.
91ШайтIанна лаьа чагIарца а‚ майсирца а шуна юккъе мостагIалла а‚ оьгIазло а йожо‚ Делан цIе яккхарх а‚ ламазах а шу духатоха а‚ аша ца соцуьйту?!
92Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна‚ ларлолаш /вочух/. Шу дIадерзахь‚ шуна хаалаш: Тхан элчанна тIехь ду билгало дIакхачор.
93Иман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна къа дац цара (хьалха) диъначуннауьш кхоьруш хилча‚ иман а диллича‚ дика Iамалш а йича‚ тIаккха а кхоьруш хилча‚ иман диллича, юха а /вочух/ кхоьруш хилча, диканиг деш хилча. Далла беза диканиг деш берш.

❖ Дакъа 13 ❖

94ХIай иман диллинарш! Зенне а зуьйр ма ду шу Дала таллар дечу хIуманца (хьоза я кхин акха делахь) шена шун куьйгаш а‚ чоьмукъаш а тIекхиъна долчу Далла вовзархьама Ша гуш воццушехь Шех кхоьруш верг. Цул тIаьхьа дозанах ваьлларг -- цунна лазош долу Iазап ду.
95ХIай иман диллинарш! Аша дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьж дихкина долуш. Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь -- цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчу барам/сагIина даккхар/‚ цуьнца хьукам дийр ду шух шина Iедале волчу стага и гIурбанна кечдина бежана КаIбе кхочуьйтуш‚ я (цуьнан бекхам бу) кафарат дар -- мискачу нахана даа хIума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хIума дацахь) марха кхабар‚ шен гIуллакхан бала Iовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Вуха а цунна тIеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза а‚ бекхам оьцуш а ву.
96Хьанал ду шуна таллар дан хIордан дийнаташна‚ цуьнан (хIордан дийнатийн) кхача а шуна а‚ (новкъахь) боьдуш болчу нахана а (хьанал ду) пайдаэца. Хьарам ду шуна таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаьжцIахь мел ду. Шу кхералуш Делах‚ шу Шена тIе гулдийр долчу.
97Дала дина КаIба -- хьурман цIа-- нахана гIоьнна а, пайденна а, (иштта хилийтина Дала) хьурманбутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо хIума хууш верг вуйла.
98Хаалаш‚ Дела таIзарехь чIогIаниг вуйла‚ Дела гечдийриг а, къинхетам бийриг а вуйла.
99Элчанна тIехь дIакхачор а бен дац‚ Дела хууш ма ву аша гучудоккхрг а‚ аша къайладоккхург а.
100Ахьа ала: "Боьханиг а‚ цIенаниг а ца нисло‚ боьханиг дуккха хиларо хьоьга тамаша байтинехь а (хьо цецваьккхинехь а). Делах кхералуш‚ хIай хьекъал дерш‚ шу даккхийден мегара!"

❖ Дакъа 14 ❖

101ХIай иман диллинарш! Ма хитталаш цхьацца (пайда боцу) хIуманех лаьцна‚ уьш шуна гучуялахь -- шуна ца там бийр бу цара. Аша царех КъурIан дуссучу хенахь хиттахь‚ уьш шуна гучуер ю -- Дала гечдина царех. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собареверг а ву (шун таIзар ца деш).
102Царех хаьттира шул хьалха цхьана къамо -- тIаккха цара керстаналла дира цуьнца.
103Дала ца хилийтина (Дала тергал е ца боху) бахьират а‚ саибат а‚ василат а‚ хьам а‚ амма керстанаша Далла тIекхуллуш ду харцдерг‚ царех дукхаберш кхеташ ма бац.
104Цаьрга элча: "Схьадуьйла Дала доссинчунна тIе а‚ элчана тIе"‚ цара олу: "Тоам бу тхуна тхан дай шена тIехь карийнарг"‚ церан дай хIумма хууш ца хиллехь а‚ нийсачу некъахь ца хиллехь а?
105ХIай иман диллинарш! Шуна тIехь ду шун догIмаш. Шуна зен ма дийр дац ша тилавеллачо шу нийса деллачул тIаьхьа. Шун массеран дIадерзар Деле ду‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг.
106ХIай иман диллинарш! Шух цхьанна валар тIедеъна весет деш шуна юккъехь тешалла дан деза шух Iедале волчу шиммо‚ я шух воцчу кхечу шиммо‚ нагахь санна шу новкъахь долуш шу валаран цамгаро схьалацахь. Нагахь санна шу шекдалахь‚ уьш шиъ сацор ву /малхбузен/ ламаз диначул тIаьхьа‚ тIаккха цу шиммо Делаца дуй буур бу шу шеко еш делахь: цуьнца мах ца оьцу шаьш аьлла‚ и /дуй буург, я шен тIехь тешалла деш верг/ шен гергара велахь а‚ "Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь -- тхо хир ма ду къинош дечаьрех"‚ аьлла.
107Нагахь санна гучудалахь и шиъ къина хьакъ хилар-- кхин шиъ хIуттур ву церан меттана‚ хьалхалера шиъ хьакъ хиллачарех а волуш‚ цара шиммо дуй буур бу Делаца: "Тхан тешалла бакъ ма ду цу шиннан тешаллал‚ тхо дозанах девлла ма дац, девллехь тхо зулам диначарех хир ма дара".
108И герга ду цара тешалла дан шен (нийсачу) некъахь‚ я уьш кхоьруш хиларан дуйнаш духататтарах, церан дуйнел тIаьхьа. Шу Делах кхералаш‚ ладугIуш а хилалаш‚ Дала нийса ца до песакъ къам.

❖ Дакъа 15 ❖

109Оцу (къемат) дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: "ХIун жопделла шуьга". Цара (элчанаша) эр: "Iилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш дика хуург".
110Дала аьллера: "ХIай Марьяман кIант Iиса‚ ахьа дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниIмат. Аса чIагI ма вира хьо Дезачу Сица‚ аган чохь волуш нахаца хабар дуьйцара ахьа‚ воккха хилча а‚ Аса хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Товрат а‚ Инжил а‚ ахьа ма кхуллура поппарх хьозанан сурт санна Сан пурбанца‚ цу чу са доIура ахьа -- и хьоза хуьлура Сан пурбанца‚ ахьа товора бIаьрса доцург а‚ барс (проказа) цамгар ерг а Сан пурбанца‚ велларг хьалагIаттавора ахьа Сан пурбанца; хьо лар ма вирий Аса бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча. ТIаккха царех керстанаша ма элира: "Иза билггала холмачалла ду",
111Аса дагчу ма диллира хьаварешна (Iиса пайхамаран асхьабаш (апостолаш) Соьга а‚ Сан элчане а иман дилла‚ аьлла. Цара элира: "Оха иман диллина‚ ахьа тешалла де тхо бусулбанаш хилар (Iаьрбийха -- муслим -- Далла муьтIахь верг)".
112Хьавареша ма элира: "ХIай Марьяман кIант Iиса‚ хьан Элана (Далла) мегар дарий тхуна стиглара шун (даарш долу стол) доссо?" Цо элира: "Делах кхера шу муъма нах хилла делахь".
113Цара элира: "Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан (тешарца)‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (иманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тIехь тешаш хила а".
114Марьяман кIанта Iисас элира: "Тхан Дела -- тхан Эла (Дела)‚ доссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Iид) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тIаьхьарчунна а‚ хьоьгара делил а хир дара. Рицкъа лолахь тхуна. Хьо уггар дикачех рицкъа лург ма ву".
115Дала элира: "Аса доссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух керстаналла динчунна -- аса Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламехь -- цхьаннена ца динчу кеппара".

❖ Дакъа 16 ❖

116Дала эр: "ХIай Марьяман кIант Iиса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела ву алий тIелаца‚ АллахI витий‚ аьлла?" Цо эр: "Хьо цIанво аса‚ суна ала лур дац сайгахь хьакъ доцург. Аса и аьллехьара -- Хьуна и хууш хир ма дара. Соьгахь дерг Хьо хууш ма ву‚ Хьоьгахь дерг со хууш ма вац. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш хуург.
117Ца элира аса цаьрга Ахьа соьга шеца омра динарг бен -- "Iибадат делаш Далла‚ сан Эла‚ шун Эла хилла волчу". Со царна тIехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахьа со валийтинчул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьожург. Хьо массо хIуманан теш ма ву.
118Ахьа царна Iазап дахь а -- уьш хьан леш бу-кх‚ Ахьа царна гечдахь, баккъалла а, Хьо веза верг а‚ хьукма нийса деш верг а ву-кх".
119Дала эр: "ХIара де ду бакъ лийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна бошмаш (ялсамане) ю‚ шайн бухахула оьхуш татолаш долуш‚ цу чохь лаьттар бу уьш гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна -- иза боккха толам бу".
120Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо хIуманна тIехь ницкъ берг.

Вернуться к списку сур
6.سُورَةُ ٱلْأَنْعَامِ
Сурат АЛЬ-АНIАМ • АнIам(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْأَنْعَامِ

Сурат АЛЬ-АНIАМ • АнIам

❖ Дакъа 1 ❖

1Хастам бу Далла‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша бода а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-кхобучуьнца нисбо /кхиберш/.
2И ву шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха ажалхIоттийна. /Кхин/ ажал ю, хан тоьхна ю цунна гергахь /шу гIовтто/. ТIаккха а шу шеко еш ду.
3И -- АллахI ву‚ ша стигланашкахь а ву‚ лаьттахь а ву. Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гучохь дерг а. Цунна хаьа аша шайна тIедохьуш дерг а.
4Шайн Кхиош-кхобучуьнгара аятех цхьа а аят ца деъна цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен.
5Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх цабешаш хилла долу.
6Царна ца го-техьа: мел дукха хIаллакдина Оха царел хьалха халкъаш‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигла йоссийра Оха царна тIе догIанца‚ церан бухахула лелаш татолаш хилийтира Оха‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царел тIаьхьа кхин халкъаш кхиийра Оха.
7Оха доссош делахьара жайна хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш -- керстанаша эр ма дара: "Билггала бозбуанчалла ду-кх хIара".
8Ма элира цара: "Малик доссийна хиллехьара цунна тIе". Оха малик доссийна хиллехьара -- кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара.
9Оха и хилийтинехьара малик -- и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тIехь а /кегари/ хало йийр яра Оха, цара шаьш еш ерг.
10Хьоьл хьалха а элчанаш сийсазбина. Царех ца бешаш болчарех хьакха ма делира уьш шаьш сийсазбеш хилларг.

❖ Дакъа 2 ❖

11Ахьа ала: "ДIа-схьа ида лаьттахула‚ тIаккха хьовсал шу‚ муха хилла (дин) харцдинчеран тIаьхье".
12Ахьа алал: "Хьенан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а?" Ахьа ала: "Делан ду". Шена тIедиллина Цо къинхетам бар. Гулданне а гулдийр ма ду Цо шу Къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшар динарш -- цара иман дуьллур дац.
13Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я дехаш) хилларг. И хезаш а ву‚ хууш а ву.
14Ахьа ала: "Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу, ткъа, аса доладийриг? И ву кхача луш‚ Цунна ца ло кхача". Ахьа ала: "Суна омра дина цхьалгIа бусулба хила аьлла‚ хьо хиллане а ма хилалахь ширк динчарех"‚ аьлла.
15Ахьа ала: "Со кхоьру сайн Кхиош-кхобучунна со Iеса хилахь деза-доккхачу дийнан Iазапах".
16Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг -- Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх.
17Дала хьо цхьана зене лацахь -- вац хьуна и айдийриг И ша бен. Цо хьо лацахь цхьана дикане -- И массо хIуманна ницкъ кхочуш ву.
18И ницкъ болуш ву Шен лешна тIехь. И ша хьукаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
19Алал: "ХIун ду уггар доккха тешаллица?". Ала: "Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьеца даийтина хIара КъурIан‚ аса шеца кхерам тасархьама и шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин делий бу, бохуш?" Ала: "Аса тешалла дац". Ала: "Баккъалла а, и -- цхьа Дела ву‚ со цIена ву аша Делаца накъост лацарх".
20Оха шайна жайна даийтинчарна вевза и‚ шайн кIентий бовзаре терра, шайна иэшар динарш-- уьш бу цатешаш

❖ Дакъа 3 ❖

21Мила ву зуламе Далла тIе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харц динчул? Баккъалла а, бакхийбема бац зуламхой.
22Оцу /къемат/ дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо‚ тIаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: "Мичахь бу шун накъостий‚ аша кхоьллина хилла болу (делий бу, бохуш, довдина хилла борлу)?"
23ТIаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: "ВаллахIи‚ тхан Кхиош-кхобучух дуй ма буу Оха‚ тхо ма ца хиллера ширк динарш".
24Хьажал! Муха харцлоь уьш шайна тIехь! ДIатилира царех шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг.
25Царех хьоьга ладугIуш верг ву. Церан дегнашкахь парчошдина Оха, уьш цунахца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу беъчи а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: "Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".
26Уьш оцунах /нах/ бухатухуш бу‚ шаьш а гена бовлуш бу цунах. Цара хIаллакдеш-м дац шайн догIмаш бен‚ уьш кхеташ ма бац.
27Хьуна гича уьш жоьжахатина тIехIиттина‚ цара олуш: "Ма декъаза хили тхо! Духадахийтахьара тхо-- ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-кхобучун аяташ‚ тешачарех хир дара тхо".
28Гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а шайга ма де аьллачунна тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.
29Цара олура май: "ХIара вайн дуьненан дахар бен, кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац".
30Хьуна уьш гича шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIиттина! Цо олуш: "Бакъ ду-й хIара?" Цара олуш: "ХIаъ‚ ду вайн тхо Кхиош-кхобучу Деллара". Цо олуш: "Iовша шайна Iазап, шаьш цатешаш хиларна!"

❖ Дакъа 4 ❖

31Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш -- цIеххьана шайна сахьтхIоьттича, элира цара: "Ма бала бу-кх вайна‚ вай ша тергал ца динарг бахьанехь". Цара дIахьур ду шайн къинош шайн букъа тIехь. Ма вон хIума ду-кх цара шайна мохь бинарг!
32Дуьненан дахар ма дац ловзар а, синкъерам а бен‚ баккъалла а, эхартан цIа дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна‚ аша ойла ца йо-те?
33Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а пошмема во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш -- шаьш зуламхой бу Делан аяташ керста деш.
34Хьол хьалха а харцбина элчанаш -- собар дира цара шаьш харцдинчунна тIехь‚ шаьш лазорна тIехь шайга Тхан гIо даллалц. Делан дешнаш хийцо стаг вац. Хьоьга ма деъний элчанийн хабар.
35Уьш дIаберзархьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь ор лаха‚ я стигла вала лами каро, тIаккха цаьрга цхьа аят (делил) дала -- (де иза! -- хIун пайда хир бара?)Далла лууш хиллехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу некъа тIе. Хьо хиллане а ма хилалахь жехIалчу нахах.
36/Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду баккъалла а, хезаш болчара‚ ткъа белларш а -- Дала денбийр бу уьш‚ тIаккха Цуьнга дIаберзор бу.
37Цара элира: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара аят доьссинехьара цуьнга". Ахьа ала: "Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а царех дуккханнаш ца хууш бу".
38Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тIома долуш шен тIемашца -- шаьш шу санна умматашдолуш бен. ХIумма а диц ца дина Оха кху жайна чохь. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга уьш дIагулбийр бу.
39И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Iохкуш. Далла лууш верг тилавала вуьту Цо‚ Шена лууш верг нийсачу новкъа вуьллу Цо.
40Ахьа ала: "Шуна гой! Ткъа Делан Iазап шайга деъча‚ я сахьт шайна тIехIоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара аша шу хиллехь бакълуьйш?"
41ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аша. Айдийр дараЦо аша шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аша дицдийр дара шаьш ширк динарг.

❖ Дакъа 5 ❖

42Хьоьл хьалха а бахкийтира Оха халкъашна /элчанаш/‚ уьш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамагаршца) схьалийцира Оха‚ уьш мукIар хир бацара-те?
43Тхан ницкъ шайга беъча хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а къиза хилира церан дегнаш. Хаздира царна шайтIано шаьш лелош хилларг.
44Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбуьйш болуш шайна деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш -- тIаккха цара догдиллира массо диканах.
45Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Далла -- Iаламийн Дена /Далла/.
46Ахьа ала: "Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бIаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухIар тоьхча‚ АллахI воцчу муьлхачу дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ -- тIаккха а уьш /бакъдолчух/ дIабоьрзу".
47Ахьа ала: "Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Iазап шайга цIеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хIаллакьхир дуй?"
48Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Iамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Iамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Иман диллинарг а‚ диканиг динарг а -- кхерам бац царна‚ уьш пошме хир бац.
49Тхан аяташ харцдинарш -- царех хьакхалур ду Iазап уьш песакъ хиларна.
50Ахьа ала: "Аса ца боху шуьга: "Сан гергахь Делан хазнаш ду"‚ суна ца хаьа къайле а‚ аса ца боху шуьга: "Со малик ду". Со тIаьхьахIуттуш ву сайга луш долчу вехьешна". Ахьа ала: "Ткъа цхьанийса буй-те бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а. Аша ойла ца йо-те?"

❖ Дакъа 6 ❖

51Ахьа цуьнцахьехамбешаьш шайн Кхиош-кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гIодаккхархо а -- уьш хила мегара кхоьруш.
52Ахьа дIа ма лелхабе Iуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш/миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хIуманца хьуна тIехь дац‚ хьан хьесапан хIумма а царна тIехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а -- хьо бахьанехь). Ахьа уьш дIалелхабой -- хьо зулам динчарех хуьлу.
53Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: "ХIорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш". Ткъа Дела вац дика бевзаш шукар дийраш?
54Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахьа ала: "Салам шуна". Шун Кхиош-кхобучо Ша Шена тIедиллина къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахьца хууш‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба дахь‚ дика Iамал яхь -- баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш а‚ къинхетаме а.
55Иштта ма-дарра дIадуьйцу Оха аяташ‚ къинош диначарна а некъ билгалбалийтархьама а.

❖ Дакъа 7 ❖

56Ахьа ала: "Аса ца магаийна сайна Iибадан дан Дела воцучуьнга аша шега кхойкхучуьнга". Ала: "Со тIаьхьа ца хIоьттина шун дезаршна. ТIаккха со тиллавелла хир вара‚ нийсачу новкъахь болчарех хир ма вацара".
57Ахьа ала: "Баккъалла а, со сан Кхиош-кхобучун билгалонна тIехь ву‚ аша и харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг‚ хьукма Делан бен дац -- Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву.
58Ахьа ала: "Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚-- сан а‚ шун а юккъера гIуллакх чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой".
59Цуьнгахь ду-кха къайленан /хазнийн/ догIанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хIорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гIа охьа догIур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тIуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайначохь йолуш бен.
60Шу буьйсанна долуьйтургву Иза‚ аша дийнахь деш дерг хууш ву И -- тIаккха цу чохь /дийнахь/ шу дендо Цо -- цIе тоьхна йолу ханкхочуш -хилийтархьама. Цуьнан тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга‚ аша лелош хилларг.

❖ Дакъа 8 ❖

61Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тIехь. Шуна тIе боуьйту Цо хехой. Шун цхьаннена тIе валар деъча -- Тхан элчанаша /маликаша/ кхочушдои -- цара ледарло ца йолуьйту.
62ТIаккха берзабо уьш Далла тIе‚ церан бакъ доладийриг волчу. Хьукма Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь.
63Ахьа ала: "Мила ву и шу аренан а‚ хIордан а боданехь ларден дерг‚ аша Шега мукIар а хилла‚ къайлах кхойкхуш верг: "ХIокхунах Цо тхо кIелхьара дахахь‚ тхо хиланне а хир ма ду баркалла олучарех!?" /олуш/.
64Ахьа ала: "Дала кIелхьара дохур ду шу цунах а‚ массо балех а -- тIаккха а аша Цуьнца накъост ма лоцу".
65Ала: "Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тIе Iазап доссо‚ шуна тIехула а‚ шун когийн бухахула а‚ я шу тобанашка декъа‚ цхьаболчара вукхеран бала хьегабайта а". Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилархьама кхеташ.
66Харцдина хьан къомо и -- и бакъдерг ма ду-й. Ахьа ала: "Со ца хили шуна тIехь векал" (шун гIуллакхаш кхочушдан).
67ХIора (Делан) хабаран (пайхамараллин) шен меттиг ю -- тIаьхьа хуур ду шуна.
68Хьуна гича Тхан аяташ сийсаза хьехош берш -- гена вала царех‚ уьш кхечу хабарна тIебовллалц. Я хьо ванне а вицволуьйтур ву шайтIано -- тIаккха дагадеъначул тIаьхьа кхин зулам дечу къомаца охьа ма хаалахь.
69/Делах/ кхоьруш болчарна церан хьесапаххIумма хир дац‚ делахь а хьехам бар ду-кх /царна тIехь/ -- уьшкхоьруш хир бацара-те.
70Бита и шайн дин ловзаре а‚ забаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Ахьа хьехамбецуьнца /КъурIанца/ са (адам) ша тардинчо хIаллак ца дайтархьама -- вац цуна Дела воцург доладийриг а‚ цуьнан гIо лоцур верг а‚ мелла а (жоьжахатина) дуьхьал мах белча а -- оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хIаллакьхилларш‚ царна ду цIийдина хинан малар а‚ лазош долу Iазап а, уьш хиларна цатешаш.

❖ Дакъа 9 ❖

71Ахьа ала: "Вай кхойкху, ткъа, Дела а вуьтий вайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай духадерзина хир ма ду /керстаналле/ Дала вай нийсдинчул тIаьхьа‚ лаьттахь шайтIано ша Iехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: "Схьавола тхуна тIе"‚ бохуш. Ахьа ала: "Делан нийса некъ -- и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хила,
72ламаз хIоттаде‚ Цунах /Делах/ кхера"‚− аьлла. И ву шу Шена тIе дIагулден верг.
73И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо "Хила!" аьллачу дийнахь -- хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Сур локхучу дийнахьпаччахьалла Цуьнан ду‚ къайлах дерг‚ гучохь дерг хуург И ву. И Ша хьикмате верг ву‚ сов дика хууш верг ву.
74ИбрахIима аьллерашен дега Азаре: "Ахьа цIуш лоьйцу, ткъа, делий бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тиларчохь гуш ву-кх со".
75Иштта гойту Оха ИбрахIимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама /Делах/ кхоьруш болчарех.
76Шена тIе буьйса кхоллаелча‚ цунна /ИбрахIимна/ гира седа. Цо элира: "И ву сан Дела". И дIатилча цо элира: "Суна ца беза дIатуьлуш берш".
77Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: "И ву сан Дела". Иза а дIатилча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со ца нисвахь‚ со хир ву тиладеллачу къомах".
78Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: "Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву". Иза а дIатилча‚ цо элира: "ХIай сан къам‚ со цIена ву-кх аша /Делаца/ накъост лацарх.
79Аса ерзйина сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнгахьа‚ доггах /массо харцдинах бакъдолчу дина/ тIевирзина‚ со вац /Делаца/ накъост лоцучарех".
80Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: "Соьца къуьйсу аша Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма виллина. Со ца кхоьру аша Делаца накъост лоцуш болчарех‚ сан Кхиош-кхобучунна лууш долчу хIуманах бен. Массо хIума чулаьцна сан Кхиош-кхобучо Iилманца‚ аша ойла ца йо?
81Со муха кхоьру аша /Делаца/ накъост лаьцначарех‚ шу а ма ца кхоьру Делаца шаьш накъост лаьцна хиларх‚ шайн доссийна цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шина тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?"
82Тешна хилларш‚ шайн иман зуламех ца эввинарш -- уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь.

❖ Дакъа 10 ❖

83И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахIимна шен къомана тIехь. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву хьикмате верг а‚ хууш верг а.
84Оха цуннасовгIатна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а. Берриге нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царел/ хьалха. Цуьнан /ИбрахIиман/ зуьретах ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а. Иштта бекхамбо Оха диканиг дечарна.
85Закари а‚ Яхьъя а‚ Iиса а‚ Ильяс а -- массо а дикачарех ву.
86ТIаккха ИсмаIил а‚ ЯсаI а‚ Юнус а‚ ЛутI а -- массо а вазвина Оха Iаламел.
87Церан дайх а‚ церан зуьретах а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниIмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа.
88Иза -- Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара /Делаца/ накъост лаьцна хиллехьара‚ цара йина хилла Iамалш йовр ма яра.
89Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делларш. ХIорш цунахца тешахь -- Оха цуьнца векал дина /кхин/ къам‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долу.
90Уьш бу Дала нисбинарш. Церан нийсачу новкъа тIаьхьахIотта хьо. Ахьа ала: "Аса шуьгара мах ца боьху цунах. И ма бац Iаламашна хьехам бен".

❖ Дакъа 11 ❖

91Далла ца хадийра цара хьакъ болу мах, шаьш олуш: "Дала ца доссийна стаге хIумма а". Ахьа ала: "Хьан доссийна жайна‚ шеца Муса веъна волу‚ нур а нийса некъ хилла болу нахана? Аша цунна тептаршдо: гучудоккху цхьадерг‚ хьулдо дукханиг? Шуна Iамийна ма ду шуна а‚ шун дайшна а ца хуург". Ахьа ала: "Дала" /доссийна/ ТIаккха бита уьш шайн тиларчохь ловза.
92ХIара жайнаа‚ Оха доссийна и‚ ша беркате а долуш‚ шел хьалхарниг бакъдеш долуш‚ яртийн наннаа‚ цунна гонаха долчунна а кхерам таса а. Эхартах тешаш берш теша цунах /КъурIанах/. Уьш шайн ламазаш Iалашдеш бу.
93Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе? Я аьллачул: "Шега вехьий деъна"‚ вехьех хIумма а ца деъна цуьнга. Я аьллачул: "Аса а доссор ду Дала доссийначух тераниг". Хьуна гича и зуламхой баларехь сауьйзуш‚ маликаша церан куьйгаш даржош /олуш/: "Арадаха шайн синош‚ тахана сийсазаллин Iазапца бекхам бу шуна аша Далла тIехь бакъдерг доцург олуш хиларна‚ шу Цуьнан аятех ца дешаш хиларна.
94Шу даьхкина тхуна тIе цхьацца-цхьацца, Оха шу ма кхоьлли дуьххьахалгIа‚ аша дитира Оха шайна делларг шайн тIехьа. Тхуна-м ца го шуьца шун гIодаккхархой‚ шуна моьттуш хилла болу шаьш шун накъостий бу. ДIахедира шун юкъ‚ дIатилира шух шуна моьттуш хилларг.

❖ Дакъа 12 ❖

95Баккъалла а, Дела ву дадош верг хIу а‚ тIум а‚ дийна дерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела -- шу муха Iехош ду /харцдолчо/!?
96Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина дIа а, схьа а лелачу хьесапца. И ду ша везза волчун‚ ша хууш волчун дIахIоттор.
97И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хIордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу къомана.
98И ву шу кхиина цхьана сих /Адамах/‚ /ден букъахь/ чIагIдалар а‚ чохьлаттар а долуш. Билгалдина Оха аяташ ойла ечу къомана.
99И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца араяьккхира Оха массо хIуманан орамат‚ цунах хасстоьмаш а бехира Оха‚ арадоху цунах буьртигаш тIеттIа‚ хурманех -- цуьнан дуьххьашхала гучудолучех хуьлу кан‚ /хуьлуьйту цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийна бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ мадлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш долчу къомана.
100Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара цхьа а Iилма доцуш харцо кхоьллира Цунна -- кIентий а‚ мехкарий /бу цуьнан, аьлла/. ЦIена ву И вонах‚ гена ву И цара дечу сибатех.

❖ Дакъа 13 ❖

101Стигланийн а‚ лаьттан аюьхьанца кхоллархо волу -- мичара хир ву Цуьнан доьзалхо‚ Цуьнан зуда ма ца хилла‚ Цо Ша а ма кхоьллина массо а хIума‚ массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза.
102И ву шун Дела -- шу Кхиош-кхобург -- кхин дела вац И воцург‚ массо хIума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Iибадат дейша! И ма ву массо а хIуманна тIехь векал.
103БIаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бIаьрсих. И тIех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву.
104Шуьга еъна бIаьрсерлонашшун Кхиош-кхобучуьнгара. БIаьрг биллинчунна -- цунна шена ду‚ бIаьрг хьаббинчунна -- цунна шена ду‚ /ахьа ала‚ Мухьаммад/: "Со ма вац шуна тIехь хехо".
105Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара ала тарлодела: "Ахьа Iамийна"‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш долчу къомана.
106Хьо хьайн Кхиош-кхобучуьнгара хьан дагчу дуьллучунна тIаьхьахIотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ генавала Делаца накъост лоцучарех.
107Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тIехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тIехь векал а вац хьо.
108Аша сийсаз ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш -- тIаккха цара мостагIаллица‚ цхьа а Iилма доцуш Дела а сийсазвийр ву‚ иштта хазйина Оха хIора умматана шен Iамал‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга церан дIадерзар ду‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг.
109Делаца чIогIа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешшане тешаза Iийр дац шаьш‚ аьлла. Ахьа ала: "Делилаш Далла гергахь ду"‚ стенохоуьйту шуьга? -- уьш деъча а цара иман дуьллур дац.
110Церан дегнаш а‚ церан бIаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах ца тешаш болуш санна дуьххьашхалгIа‚ буьту уьш шайн тиларчохь дIа-схьа уьйдуш.

❖ Дакъа 14 ❖

111Оха цаьрга маликаш доссийна хиллехьара а‚ цаьрга къамел дина хиллехьара а беллачара‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргийн хьалха гулйина хиллехьара -- тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча бен. Делахь а царех дукхахберш ца хууш бу.
112Иштта массо пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-кхобучунна лиъна хиллехьара и дина хир дацара цара‚ бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а.
113Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/.
114/Ахьа ала/: "Дела воцчуьнгара лоьху, ткъа, аса хьукма? И ма вуй шуьга къастош долу жайна доссийнарг". Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъонца доссийна хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарех.
115Кхочуш хилла хьан Кхиош-кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца стаг вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
116Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарех дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIехьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш харцлуьйш ма бу.
117Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург -- И ма ву дика хууш /вевзаш/ Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш /бевзаш/ ма ву нийсачу новкъахь берш.
118Аша даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхуш/ Делан цIе хьахийначух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь.
119Аша хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе хьахийначух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхахберш /нах/ нийсачу новкъах бохуш ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург -- И ма ву дика бевзаш дозанах бевлларш.
120Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш дина хиллачуьнца.
121Аша ма даалашДелан цIе шена тIехь ца хьахийначух. Иза, баккъалла а, песакъаллаю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь -- шу хир ма ду Делаца накъост лаьцнарш.

❖ Дакъа 15 ❖

122Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг.
123Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта‚ цара-м мекарло ца йо шайна бен‚ царна хаа ца ло-кха.
124Шайга делил /аят/ деъча‚ цара олу: "Тхо тешар ма дац Делан элчанашка деънарг санна тхоьга ца дагIахь /Делан аят/". Далла дика хаьа‚ муха элчаналла дан деза. Къинош диначарех сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхоьрур ду/ шаьш хиларна мекарло еш.
125Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккхуИсламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижсцатешачарна тIехь.
126ХIара бу хьан Кхиош-кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу къомана.
127Царна Машаран цIаду шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И ву церан доттагIа, уьш хиларна /дика/ Iамалш еш.
128Уьш берриге гулбечу дийнахь/кхойкхур ду/: "ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дакъа схьалаьцна аша (дуккха адамаш тилийна аша)". Адамех церан доттагIаша эр ду: "Тхо Кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира‚ Ахьа тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира". Цо /Дала/ элира: "(Жоьжахатин) цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь лаьтташ‚ Далла ма лиъина". Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву Ша хьукма деш верг а‚ хууш верг а.
129Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран дола дойту Оха цара гулдеш хиллачуьнца.
130"ХIай жинийн а‚ адамийн а юкъаралла! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юкъара‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху дийнан цхьаьнакхетар?" Цара эр: "Тхайна тIехь тешалла дина оха". Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш цатешаш хилла, аьлла.

❖ Дакъа 16 ❖

131Иштта (элчанаш бохуьйтара Оха) хьан Кхиош-кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш церан охIланна а ца хууш.
132ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг.
133Хьан Кхиош-кхобург ву (цхьаннех) ца воьзуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилчи а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь шу дойур ду Цо‚ шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьретах.
134Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шуна могур ма дац и гIелдан (и духа тоха).
135Ахьа ала: "ХIай къам! Шайн Iамал е аша шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье /эхарт/. Баккъалла а,‚ баккхийбуьй ма бац зуламхой".
136Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дакъа‚ элира: "ХIара Далла ду" -- царна моттарехь -- "хIара вайн накъосташна ду". Церан накъосташна хилларг Деле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу -- ма вон хилла цара деш долу хьукма.
137Иштта хаздира дукхахболчу мушрикунашна церан накъосташа шайн бераш дайар (зудбераш дийна болуш лаьттах бохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохойтархьама а. Далла лиъна хиллехьара и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара (харц) кхуллург а.
138(Мушрикунаша) элира: "ХIара даьхний а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луучо бен"‚ -- иштта довдора цара‚ даьхний ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхний ду цара шайна тIехь Делан цIе ца хьахош Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна.
139Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дергцIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна къеелладуьнена ялахь -- уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо /Дала/ бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И хьекъале а ву‚ хууш а ву.
140Эшаллехь биси Iовдаллалица а‚ хууш хIума доцуш а‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъа шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.

❖ Дакъа 17 ❖

141И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозаелларш а‚ ца кхозаелларш а (дитташ)‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а (граната) -- тера йолуш а‚ тера йоцуш а‚ баа церан стоьмаш уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. ТIалам боцуш даржа ма де. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан тIалам боцурш.
142Бежанех ду -- шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда моттхуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ду.
143БархI /бежана ду/ боьршаниг а‚ стениг а‚ уьстагIех а шиъ‚ гезарех а шиъ. Алал /хаттал цаьрга/: "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо /Дала/ я стениг шиъ дина‚ я шинне стечун кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хилла делахь".
144Эмкалех шиъ‚ аттех шиъ -- алал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стениг дина‚ я шинне стечун кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш /дакъа лоцуш/ Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.

❖ Дакъа 18 ❖

145Ахьа ала: "Суна ца карадо сайга даийтинчу вехьешкахьхьарам динарг дуучунна ша дууш‚ къеделларг доцург‚ Iенаш долу цIий доцург я хьакхин жижиг доцург‚ -- тIаккха и рижс ю -- я шена тIехь Дела воцчун цIе йоккхуш йина песакх йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанах а ца волуш -- (юур ю цо хьарамниг). Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдеш ма ву‚ къинхетаме а ма ву.
146Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо берг йолу /бежана/. Хьелийн а‚ уьстагIийн а хьарам йира Оха царна муьхь шайн букъах‚ я чокох леттарг йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакълуьйш ду.
147Хьо цара харцвахь‚ ала: "Шун Кхиош-кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ духатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах".
148Делаца накъост лаьцначара эр ду: "Далла лиънехьара Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха". Иштта харцдира /дин/ царел хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iавшшалц. Алал /хаттал цаьрга/: "Шуьгахь дуй Iилма -- далахь аша и тхуна арадаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттаргIанашна а бен‚ шу харцлуьйш ма ду".
149Ала: "Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара шу дерриге а нисдийр дара Цо".
150Ала: "Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина"‚− аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахьа ма делахь царца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран лааршна‚ эхартах цатешачерийн а -- уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш /мушрикунаш/.

❖ Дакъа 19 ❖

151Ала: "Схьадуьйла‚ аса дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг -- аша цуьнца цхьанне хIуманца накъост ца лацар‚ деца-ненаца дика хилар а -- шайн доьзалш ма байа мацаллех /кхоьруш/. Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачунгерга ма гIолаш -- цунах гучудаьллачух а‚ къайлах долчух а. Са ма делашша Дала хьарам дина /стаг вер/ долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале.
152Буоберан дохнна герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна валлалц. Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цуьнан ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш) гергара велахь а‚ Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш.
153ХIара Сан некъ бу нийса берг -- тIаьхьахIотта цунна‚ тIаьхьа ма хIотта кхечу некъашна -- цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо /Дала/ шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
154ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIора хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу‚ уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьаьнакхетарх тешаш хила ма мегара.

❖ Дакъа 20 ❖

155ХIара а жайна /КъурIан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIотта цунна‚ /Делах/ кхера -- шух къинхетам бан мегара.
156Аша ца алархьама: "Тхоьл хьалха хиллачу шина тобанедоссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIовпал".
157Я аша ца алархьама: "Тхоьга доссийна хиллехьара жайна -- царел а нийса хилла хир дара тхо". Еъна шуьга билгало шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву, ткъа, зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царех дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха тхан аятех дIатилинчарна вочу Iазапца, уьш хилла хиларна дIатилла.
158Хьоьжур буй-те уьш шайга маликаш даре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ даре? Хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ деъначу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан имано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь‚ я шен иманачохь гулдина диканиг дацахь. Ахьа ала: "Хьоьжуш Iе шу -- тхо а хьоьжуш ду".
159Баккъалла а, шен дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш -- хьо царех ца хилла хьуна цхьанне хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг.
160Диканиг деъначунна − цунна итт цунах тераниг ду. Вониг деъначунна -- бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац.
161Ахьа ала: "Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала /нийса/ дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикунех".
162Ала: "Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а -- Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу.
163Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со цхьалгIа муьтIахь верг ву".
164Ахьа ала: "АллахI воцург /кхин/ лоху аса Кхиош-кхобург /Дела/? И ма вуй массо хIуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хIора синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь(ша динчу къинан бен бекхам хир бац цуьнан). ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду -- Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг.
165И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шун цхьаберш вукхарел даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таIзарца‚ И гечдийриг а‚ къинхетам берг а ву.

Вернуться к списку сур
7.سُورَةُ ٱلْأَعْرَافِ
Сурат АЛЬ-АIРАФ • АIраф(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْأَعْرَافِ

Сурат АЛЬ-АIРАФ • АIраф

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим-ссад.
2Жайна /КъурIан/ доссина хьоьга /я Мухьаммад/‚ хьан дагчохь ма хуьлийла цунах хало‚ цуьнца ахьа кхерам таса а‚ ша хьехам а хилла болу тешачарна.
3ТIаьхьахIотта шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинчунна‚ тIаьхьа ма хIотта, иза а витина, /кхечу/ доттагIашна‚ кIезиг ду-кх аша ойла йийриг.
4Маса юрт Оха хIаллакйина! Тхан ницкъ беара буьйсанная царна делкъанна наб озаелча.
5Тхан ницкъ шайга беъча церан кхайкхар ма ца хилира алар бен: "Баккъалла а, тхо хилла зулам динарш".
6ТIаьхьа хаттане а хоттур ма ду Оха шайга элчанаш бахкийтина хиллачаьрга‚ хаттане а хоттур ма ду Оха элчанашка.
7Цаьрга дийццане а дуьйцур ма ду Оха Iилманца‚ Тхо доцушма ца хуьлу.
8Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш-- уьш бу баккхийбуьйраш.
9Шен терза дайделларш-- уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш хилла хиларца.
10Лаьтта тIехь Оха чIагIдира шу‚ Оха шуна цу тIехь бахам хилийтира‚ кIезиг ду-кх аша баркалла олург.

❖ Дакъа 2 ❖

11Оха шу кхоьллира‚ тIаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тIаккха Оха элира маликашка: "Сужд де Адамна!" Цара сужд дира‚ Иблис доцчо -- и ца хилира сужд дечарех.
12Элира (Дала): "Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан Ас хьайга омра дича?" Элира (иблисо): "Со дика ду цул (Адамал). Со кхоьллина Ахьа цIарах‚ и кхоьллина Ахьа поппарх".
13Элира: "Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо хилла сийсаза хиллачарех".
14Цо элира: "Хьем бе соьх, уьш юха денбийр болу де тIекхаччалц (къемат де далц ца долийтуш дита со)".
15Элира (Дала): "Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къемат де далц ца долийтуш)".
16Элира: "Ахьа со тилорна‚ Хьан нийсачу некъах (Адам а, цуьнан зуьррет а тило) царна кIелонна хуур ма ду со.
17ТIаккха догIур ма ду со царна хьалхахула‚ тIехьахула‚ аьтту агIорхула‚ аьрру агIорхула‚ царех дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш".
18Элира (Дала): "Арадала цу чуьра (ялсаманера) хьайна неIалт хилла‚ къинхетамна генадале. Милла хилахь а царех хьуна тIехьахIоьттинарг -- юззанне а юзонза юьтур ма яц Аса жоьжахати шух массарех.
19ХIай Адам! Ваха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аша шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гIолаш хIокху диттана -- зулам диначарех хир ду шу шиъ".
20И шиъ Iехо доладелира шайтIа, гучуяхархьама царех шиннех хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: "Шун Кхиош-кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац, шу ши малик хиларх я шу гуттар дехачарех хиларх кхоьруш бен".
21Царна шиннена а дуйнаш биира цо: "Баккъалла а, со ма ду шуна шиннена а хьехамча"‚− бохуш.
22Делилаш далийра цо царна кIорггера. ТIаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш Iитта. Церан Кхиош-кхобучо цу шиннега кхайкхира: "Аса цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Аса шуьга аьлла дацара: шайтIа шун билгала мостагI ду?"
23Цу шиммо элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхайн догIмашна зулам ма дина оха‚ Ахьа тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхоьх къинхетам ца бахь -- тхо хир ма ду эшначарех".
24Элира (Дала): "Охьадисса (ялсамани чуьра)‚ шу вовшийн мостагIий ду. Лаьттахь шуна чIагIам а‚ цхьа хан тIеккхаччалц бахам а хир бу".
25Элира: "Цу чохь шу денлур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу ара -дохур а ду".

❖ Дакъа 3 ❖

26ХIай Адаман кIентий! Оха доссийна шуна духар шун эхье меттигаш хьулъеш долу‚ месаш а‚ (Делах) кхераран духар -- и ду дика дерг. И Делан аятех ду, уьш хилархьама кхеташ.
27ХIай Адаман кIентий! Шу Iеха ма дойла шайтIано‚ цо шун да-наний ялсамани чуьра арадаккхаре терра, доккхуш церан шинненна а тIера духар‚ царна шиннена а гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтIанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьрет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтIанаш хилийтина цатешачарна доттагIий /доладийраш/.
28Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: "Тхан дай карийна тхуна цунна тIехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца". Ахьа ала: "Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аша олу, ткъа, Делах шайна ца хуург?"
29Ала: "Омра дина сан Кхиош-кхобучо нийсонца‚ хIоттае шайн яххьаш (Далла тIе) хIора суьжд дечу меттигехь а, суьжд дечу хенахь а‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/‚ Цо шу кхолларе терра‚ духадоьрзур ду шу (Къематдийнахь)".
30Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тIехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтIанех доттагIий /доладийраш/ бина шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.
31ХIай Адаман кIентий! Эца шайн хаза духар хIора суьжд дечу меттигахь а, суьжд дечу хенахь а (хаза, цIена духар духа, шаьш ламаз деш а, тIаваф деш а -- хаьжин цIинан го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ тIалам бе. Баккъалла а, Далла ца беза тIалам боцурш.

❖ Дакъа 4 ❖

32Ахьа ала (хIай Мухьаммад, оцу Маккин керстанашка, шаьш берз-тIерза КаIбина тIаваф деш хилла болчу, Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу): "Хьан хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна даьккхина долу‚ рицкъанх цIена дерг?" Ала: "Иза ду иман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа царна долуш Къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана".
33Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гIело яр а‚ аша /Делаца/ накъост лацар Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аша Далла тIехь алар шайна ца хуург".
34ХIора умматан Iожалла ю (тоьхна хан). Шен Iожалла тIееъча цхьа сахьт тIаьхьадуьсур а дац и‚ хьалха а дер дац.
35ХIай Адаман кIентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шуна юкъара‚ шуна дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна -- кхерам бац царна‚ сингаттаме хир бац уьш.
36Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш -- уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай. Уьш цу чохь даима лаьттар бу.
37Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе‚ я Цуьнан аяташ харц− динчул (зуламе)? -- Царна шайн дакъа кхочур ду яздинчух. Тхан элчанаш шайна тIебогIуш синош эца‚ олуш: "Мичахь бу аша, Дела а витина, Iибадат деш хилларш?" Цара элира: "ДIатилина уьш тхоьх". Шайна тIехь тешалла дира цара шаьш цатешаш (керстанаш) хилира, аьлла.
38Элира (Дала): "ЧугIо шайл хьалха /жоьжахатин/ цIергахь хиллачу жинийн а‚ адамийн а умматашна". Чоьхьа мел даьллачу уммато неIалт олура вукхарна‚ берриге а вовшех кхетча -- тIаккха тIехьарчо хьалхарчух элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ хIокхара тилийра хьуна тхо‚ (жоьжахатин) цIеран Iазап дехьа царна тIеттIа". Элира (Дала): "ХIоранна а тIеттIа /Iазап/ хир ду‚ делахь а ца хаьа-кха шуна".
39Хьалхарчо тIехьарчуьнга элира: "Тхуна тIехь дозалла ца хилира шун‚ Iовша шайна Iазап, шаьш тардина хиллачуьнца".

❖ Дакъа 5 ❖

40Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш − стиглан неIарш дIайоьллур ма яц царна‚ ялсаманин чу гIур ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц -- иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна.
41Царна жоьжахатих хир бу (вижа) мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду -- иштта бекхам бийр бу Оха зулам диначарна.
42Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ -- сина тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ -- уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
43Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш ду церан бухахула татолаш‚ цара эр: "Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш баьхкира бакъонца". Цаьрга кхайкхира: "ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю, аша Iамал йина хиларца".
44Ялсаманийн дайша жоьжахатийн дайшка кхойкхур: "Тхуна-м карийна тхайн Кхиош-кхобучо тхуна ваIда йина хилларг бакъ хилла‚ шуна карийний шун Кхиош-кхобучо шуна ваIда йина хилларг бакъ хилла?" Цара эр: "ХIаъ". ТIаккха дIахьедечо дIахьедира царна юккъехь: "Делан неIалт хуьлда зуламхошна"‚ − аьлла.
45Ишттанаш бу уьш шаьш дIатилабеш /нах/ Делан новкъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш эхартана керсталла деш бу.
46Царний, вукхарний юккъехь духьало хир ю. АIрафанатIехь божарий хир бу, шайна массо вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманийн дайшка цара кхойкхур ду: "Саламун Iалайкум"‚ − аьлла. Оцу (ялсаманийн) чу гIур бац уьш‚ уьш чIогIа лууш ма бара.
47Жоьжахатийн дай болчу агIор шайн бIаьрг бирзича‚ царааьр: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца".

❖ Дакъа 6 ❖

48АIрафан дайша кхойкхур ду божаршка, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ олуш: "ХIун пайда би шун гулдаро а (аша дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аша куралла (доналла) еш хиларо а?"
49"ХIоршбу уьш, аша дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царех кхетар бац‚ бохуш?" "ЧугIо ялсаманина. Кхерам бац шуна‚ сингаттаме (пошме) хир дац шу".
50Жоьжахатийн дайша ялсаманийн дайшка кхойкхур: "Доттийша тхуна тIе хи я Дала шайна деллачу рицкъанх". Цара аьр: "Баккъалла а, Дала и хьарамдина ма ду цатешачарна" --
51Уьш бу шайн динах забар а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хIокху денца цхьаьнакхетар дицдаре терра‚ тхан аятех керсталла деш хиларе терра.
52Тхо даьхкина цаьрга жайнаца‚ Оха шена чохь Iилманцакъастийна долчу‚ тешаш долчу къомана нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу.
53Итидаре бен хьоьжуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: "Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь. ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо духадерзадан‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу Iамал". Цара шаьш эшийра шаьш‚ дIатилира царех цара шаьш кхоьллина хилларг.

❖ Дакъа 7 ❖

54Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург ву -- Дела‚ Ша кхоьллина волу стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь‚ буьйсане де хьулдойту Цо‚ (царех) хIораммо важа лоьхуш сихонца‚ малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела -- Iаламийн Да.
55Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-кхобучуьнга мукIар хиларца а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш.
56Боьханиг ма леладе лаьттахь, и цIанделлачул тIаьхьа‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а‚ догдахарца а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дика хиллачарна.
57И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамалхьалха. Цара (догIих) езза марха ялийча‚ Оха цуьнца башабобелла болу мохк -- цуьнца хи доссадо Оха‚ цуьнца массо стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш.
58Дика мохк -- цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг /мохк/ -- цхьа пайда боцург бен ара ца йолу. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана.

❖ Дакъа 8 ❖

59Оха ваийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ и воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна тIе доккхачу дийнан Iазап дарах".
60Цуьнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар чохь".
61Цо элира: "ХIай сан къам! Соьца тилар ма дац‚ делахь а со Iаламийн Дегара элча ма ву.
62Аса шуьга кхачадо сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ аса шуна хьехам бо‚ Делера шуна цахуург хууш ву со.
63Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара ваIда ярах, шуна юккъера цхьана стагехула шуна кхерамтасархьама‚ шу кхоьрушхилархьама‚ шух къинхетам бан мегара".
64Цара ихарцвира. Оха и кIелхьараваьккхира‚ цуьнца берш а‚ кеман чохь‚ Тхан аяташ харцдинарш хи чу бахийтира. Баккъалла а, уьш хилира бIаьрсадоцу къам.

❖ Дакъа 9 ❖

65Iадашка а /вахийтира/ церан ваша ХIуд. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?"
66Цуьнан къоман цатешаш болчийн элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо го Iовдаллин чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарех".
67Цо элира: "ХIай сан къам! Соьх Iовдалалла а ма дац‚ делахь а со Iаламийн Дегара элча ма ву.
68Аса шуьга кхачадо сан Кхиош-кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча а ву.
69Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучун ваIда ярах, шуна юккъера цхьана стагехула шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо /Дала/ шух тIаьхье хилийтира Нухьан къомал тIаьхьа‚ Цо шу алсамдехира кхолларехь ницкъаца. Дагадахкийта Делан ниIматаш‚ шу хила мегара хазахеташ".
70Цара элира: "Хьо тхуна веъна тхоьга веккъа цхьана Далла Iибадат дайта‚ тхоьга дитийта тхан дай шена Iибадат деш хилларг? ХIан‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваIда йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарех хиллехь".
71Цо элира: "Доьжна шуна тIе шайн Кхиош-кхобучуьнгара Iазап а‚ оьгIазло а. Соьца къуьйсу, ткъа, аша‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цIерашкахь‚ шайца Дала цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Собарде аша /Iазап догIур ду шуна/‚ со а шуьца цхьаьна собар дечарех ву".
72ТIаккха и кIелхьараваьккхира Оха /Iазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара къинхетамца‚ Тхан аяташ харцдиначеран тIаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш берш.

❖ Дакъа 10 ❖

73Самудашка а /ваийтира Оха/ церан ваша СалихI. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-кхобучуьнгара билгало ма еъна шуьга‚ хIара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аша иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Iотталолаш цунах зуламца -- тIаккха лазош долчу Iазапо схьалоцур ду шу.
74Аша дагадаийта Цо /Дала/ шух Iадийл тIаьхьа тIаьхье хилийтар‚ Цо шу даха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан /лаьттан/ нийсачу меттигех аша гIаланаш еш‚ цуьнан ламанех аша цIенош а деш. Дагадахкийта Делан ниIматаш. Ма де боьханиг лаьтта тIехь".
75Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царех иман диллина болчу заьIап нахе: "Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-кхобучуьнгара ваийтина вуйла?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх".
76Куралла йиначара элира: "Баккъалла а, тхо шу шех тешначунна керсталла деш ду-кх".
77ТIаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: "ХIай Салихь! Даийтатхуна айхьа тхуна ваIда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех".
78Ирча ласторо схьалецира уьш -- уьш Iуьйренга бевлира шайн цIеношкахь белла, лаьтта тIе а бегабелла.
79Царех юьстахвелира иза /Салихь/‚ элира: "ХIай сан къам! Аса шуьга дIакхачийра сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ аса шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх".
80/Дагаваийта хьайн къомана/ ЛутI‚ цо ма аьллера шен къоме: "Сел боьханиглеладо, ткъа, аша‚ Iаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла доцу?
81Баккъалла а, шу ду божаршна шовкъ луш, зударий буьтий‚ сов тIехдаьлла къам ду-кх шу".
82Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара алар бен: "Арабаха уьшшайн юьртара -- шаьш цIена бу моьттуш нах бу уьш".
83Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц -- и хила бухайисинчарех /Iазапан чохь/.
84Царна тIе догIа делхийтира Оха -- хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье!

❖ Дакъа 11 ❖

85Мадьянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еъна шун Кхиош-кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хIуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тIехь вониг, и цIандинчул тIаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь.
86Некъаш ма леца /нах/ кхерош‚ Делан некъах воккхуш ша Цунах тешна хилларг‚ чIогIа и ганбан гIерташ. Аша дагадаийта шаьш кIеззиг бен цахилар -- Цо /Дала/ дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг диначеран тIаьхье!
87Шух цхьа тоба иман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба иман ца дуьллуш хиллехь -- аша собарде Дала вайна юккъехь цхьа хьукма даллалца. -- Иза хьукма Ша дика деш верг ву".
88Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира: "Оха ваккхане а аравоккхур ма ву хьо‚ хIай ШуIайб‚ хьоьца цхьаьна иман диллинарш а тхан юьртара‚ я хьо тхан дине вуьрзур ма ву". Цо элира: "Тхо хиллехь безам боцуш?
89Далла тIе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине дирзича (хIинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тIаьхьа. Тхуна Цунна тIе духадерзар хир ма дац Далла‚ тхан Кхиош-кхобучунна‚ лаахь бен. Массо хIума Iилманца /хаарца/ шорта дина тхан Кхиош-кхобучо. Далла тIетевжина тхо. Тхо Кхиош-кхобушверг! Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юкъахь дерг‚ Хьо /гIуллакх/ дика достург ма вуй".
90Цуьнан къоман цатешаш хиллачийн элаша элира: "Нагахь шу ШуIайбана тIаьхьахIиттахь, баккъалла а, шу тIаккха дIадевлла шуна /хIаллакьхиларца/!"
91ТIаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш -- Iуьйренга ма бевлира уьш шайн цIеношкахь белла Iункар а беттабелла.
92ШуIайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цIеношкахь/ хеташ. ШуIайб харцвинарш хилла-кх шаьш хIаллакьхилларш.
93И дIавирзира царех‚ элира: "Сан къам! Сан Кхиош-кхобучун элчаналла шуьга дIакхачийна-кх аса‚ шуна хьехам а бина-кх. Аса муха синтем бойур бу сан цатешачу къомана дуьхьа?"

❖ Дакъа 12 ❖

94Оха ца ваийтина юьрта цхьа а пайхамар цуьнан /юьртан/ охIла баланашца а‚ халонашца а схьалоцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те (Далла)?
95ТIаккха вочунна метта диканиг хийцира Охауьш сов буьйлуш‚ цара элира: "Вайн дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а". ТIаккха Оха цIеххьана схьалецира уьш /Iазапаца/, царна ца хаалуш.
96Яртийн охIлано иман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара -- царна стиглара а‚ лаьттара а ниIматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а харцдина-кх цара /дин/. ТIаккха Оха схьалийцира уьш шаьш лелош хиллачуьнца.
97Тешна юй-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе буьйсанна, шаьш наб еш йолуш‚ ца дарна?
98Я тешна ю-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе ца дарах Iуьйранна, шаьш ловзуш йолуш?
99Делан мекарлонех(кхерам цахиларх) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонех (кхерам цахиларх) тешна хир ма дац ша декъаза къам бен.

❖ Дакъа 13 ❖

100Лаьттан дайл тIаьхьа и шайга кхаьчначарна ца хаьа-те Тхайна лиъча Оха шайна таIзар дийр дуйла, шайн къинош бахьанехь. Церан дегнийн тIе мухIар туху Оха -- царна ца хеза.
101Цу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болууш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала цатешачеран дегнашна тIе.
102Царех дукхахболчийн Тхуна ца карийра ваIдакхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царех дукхахберш песакъ нах.
103ТIаккха царел тIаьхьа ФирIавна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхан аяташца -- цаьрца зулам дира цара. Хьажал‚ муха хилла вон хиллачеран тIаьхье!
104Мусас элира: "ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-кхобучуьнгара элча.
105Хьакъ а долуш, со ву Далла тIехь бакъдерг бен ца ала. Со веъна шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца бахкийтаИсраилан кIентий".
106Цоэлира: "Хьо веъна хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарех хиллехь".
107ТIаккха (Мусас) шен Iаса кхоьссира -- цунах билггала текхарг хилира.
108ТIаккха цо шен куьйг схьадаьккхира (кисанара) -- и хьоьжучарна шурул кIай хилира.

❖ Дакъа 14 ❖

109ФирIавнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, хIара ву говза бозбуанча.
110Шу шайн лаьттара арадаха лууш ву иза -- хIун омра до аша?"
111Цара элира: "Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚бахийта гIаланашка гуламхой.
112Хьуна тIе валор ву цара массо говза бозбуанча".
113ФирIавнан бозбуанчаш баьхкира‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна мах хир буй тхо хиллехь тоьлларш?"
114Цо (ФирIавнас) элира: "ХIаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарех".
115Цара элира: "ХIай Муса! Ахьа кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?"
116Цо элира: "Аша кхосса". Цара кхоьссича, нехан бIаьргашна бозбуанча хилира‚ чIогIа кхерийра цара уьш‚ доккха бозбуанча даийтира цара".
117Мусага хаийтира Оха хьайн Iаса кхосса‚ аьлла. ТIаккха цо сихха кхаьллина дIаяхийтира цара сурт хIоттийнарг.
118Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг.
119Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дIахьаьвзира уьш.
120Бозбуанчаш суждане охьабахара.
121Цара элира: "Оха иман дилли массо Iаламан Кхиош-кхобучуьнга‚
122Мусан а, ХIаронан а Кхиош-кхобучуьнга".
123ФирIавнас элира: "Аш иман дилли цуьнга, аса шайна пурба далале хьалха?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аша шаьш йина гIали чуьра нах арабахархьама‚ тIаьхьа хуур ду шуна.
124Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац аса дуьхь-дуьхьала‚ тIаккха шу дерриге ирх кхазор ду аса".
125Цара элира: "Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIахьаьвзар ду.
126Ахьа тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тIаьхьа. Тхан Кхиош-кхобушверг! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахьа далийталахь (хьуна) мукIархилла".

❖ Дакъа 15 ❖

127ФирIавнан къоман элаша элира: "Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахьа лаьттахь доьхна хIуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан делий а дIатаса?" Цо элира: "ТIаьхьа вай бойур бу церан кIентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тIехь ницкъ болуш ду".
128Мусас шен къоме элира: "Делаца гIо лаха аша‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду -- Цо ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тIаьхье (Делах) кхоьручарна ю".
129Цараэлира: "Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вале а‚ хьо тхоьга веъначул тIаьхьа а". Цо элира: "Шун Кхиош-кхобуш волчо мостагI хIаллакван мега‚ лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш -- тIаккха Иза хьожур ву аша хIун до".

❖ Дакъа 16 ❖

130ФирIавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь (йокъанца) а‚ стоьмаш эшорца а -- цара ойла ян там бара.
131Шайга диканиг деъча‚ цара олура: "ХIара тхуна ду"‚ шайх вониг хьакхаделча‚ Муса а‚ цуьнца берш а бахьанехь хуьлуьйтура цара и. Баккъалла а, и вониг уьш шаьш бахьанехь дац ткъа Далла гергахь? Делахь а царах дукхаберш ца хууш бу.
132Цара (ФарIавнан наха) элира: "Муьлхха а делил ахьа тхуна даладахь а, тхуна шеца бозбуанчалла дархьама‚ тхо хьоьх тешар долуш дац хьуна".
133Оха царна тIекхиссира хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш хилла -- тIаккха а куралла йира цара‚ царех хилира къинош дина къам.
134Шайна тIе Iазап доьжча‚ цара элира: "ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хъоьца Шен ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахьа тхуна тIера хIара Iазап айдахь‚ хьоьх тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма бу Оха".
135Оха шайна тIера Iазап айдича‚ цхьана ханна шаьш цунна тIе кхиа дезаш болчу‚ цара бина хилла болу барт бохийра.
136ТIаккха Оха цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хIордан буха бахийтира, уьш хиларна Тхан аяташ харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш.
137Оха ирсана елира заьIап хиллачу къомана лаьттан малхбалеш а‚ цуьнан малхбузеш а‚ Оха ша беркате дина хилла долу латта /Шам/ а. Исраилан кIенташна тIехь кхочушхилира хьан Кхиош-кхобучун хаза дош, цара собар дарна. Оха дохийна дIадахийтира ФирIавнас а‚ цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалхахIоттийна хилларг а.
138Оха Исраилан кIенташна хIорд бийкъира. ТIаккха уьш кхечира цхьана къомана тIе‚ шайн жIарашна Iибадат деш долчу‚ цара (Исраилан кIенташа) элира: "ХIай Муса! Тхуна Дела хилийта церан делий санна". Цо (Мусас) элира: "Баккъалла а, ма жаьхIал къам ду-кх шу.
139Баккъалла а, хIорш шаьш хиллчохь хIаллакьхир бу‚ харц ду цара деш хилларг".
140Цо (Мусас) элира: "Дела (АллахI) воцург кхин дела лоху, ткъа, аса шуна? Цо шу даз ма дина (ниIматашца) Iаламел.
141Цо хьалха ма дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий. Шуна цу чохь шун везза волчу Кхиош-кхобучуьнгаразер ма ду.

❖ Дакъа 17 ❖

142ТIаккха Оха Мусаца ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочуш− хилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца. ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: "Сан метта виса сан къомаца‚ маслаIат (диканиг) де‚ вон лелачеран новкъа ма хIотталахь".
143Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ суна Хьуо гайтахьа -- Хьоьга хьожур вара со!". Цо элира: "Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а хьажахьа дIо ломе‚ цуьнан меттиг чIагIлахь -- тIаккха тIаьхьа Со гур ву хьуна". Цуьнан Кхиош-кхобург ломана гучуваьлча‚ Цо и аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша метта веъча‚ цо элира: "Хьо вонах цIанво аса‚ аса тоба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех дуьххьарлераниг".
144Цо /Дала/ элира: "ХIай Муса! Баккъалла а, Аса хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚ дIалаца Аса хьайга делларг‚ хьо хила шукур дечарех".
145Оха яздира цунна ардахийн (аьннийн) чохь хIора хIуманах хьехам а‚ хIора хIуманна къастор а /олуш/: "ДIаэца и ницкъаца‚ хьайн къоме а омра де дIалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Аса тIаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цIа".
146ТIаьхьа Аса Сан аятех генабохур бу лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш‚ муьлхха а делил гича а -- цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а -- и некъ бой тIе ца лоцу цара‚ тиларан некъ гича -- и некъ бой тIелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина дела ду‚ уьш царех гIовпал хилла дела ду.
147Тхан аяташ а‚ эхартаца цхьаьнакхетар а харцдинарш -- церан Iамалш хIаллакьхилла. Шаьш еш хиллачу Iамалашца а бен бекхам хир буй царна?!

❖ Дакъа 18 ❖

148Мусан къомо и (Делаца хабар дийца) ваханчул тIаьхьа гIозарех а‚ мухIарех эсадира шен дегI а‚ аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ новкъа а ниса ма ца бо цо уьш? Цара и лецира /шайн Дела хилла‚ цунна цара Iибадат деш/, -- уьш зуламхой хилира.
149ТIаккха уьш дохкобевлла‚ хIун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара элира: "Вай Кхиош-кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь -- вай эшна хиллачарех хир ду-кх".
150Муса шен къомана тIе вухавирзича‚ ша оьгIазвахана‚ чIогIа пошме хилла‚ элира: "Ма вон хIума ду-кх аша суна кхоьллинарг соьл тIаьхьа /со воцуш/. Сихлой‚ ткъа, шайн Кхиош-кхобучун гIуллакхехь?" Шегара аннашохьакхиссира цо‚ шен вешин корта(-н месаш) шена тIе озийра цо. Элира /ХIаруна/: "ХIай сан ненан кIант! Цу къомо со заьIап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагIий баккхий ма бебелахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со".
151Элира /Мусас/: "Со Кхиош-кхобушверг! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг".

❖ Дакъа 19 ❖

152Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ -- шайн Кхиош-кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царех‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна.
153Вониг /къинош/ динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба дина иман диллинарш, -- баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву.
154Муса оьгIазаллих ваставелча, аннашсхьаийцира цо‚ церан йозанийн чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна.
155Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьаьнакхетарна. ТIаккха чIогIачу латта ласторо уьш схьалецча‚ цо элира: "Со Кхиош−кхобушверг‚ Хьайна лиъна хиллехьара Ахьа хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хIаллакдо Ахьа тхан юккъера Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахьа шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг /вали/‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхоьх‚ Хьо ву-кх уггар дика гечдийриг.
156Яздехьа тхуна хIокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх Хьоьга". Цо /Дала/ элира: "Сан Iазап Аса кхиор ду Суна луучух‚ Сан къинхетамо массо хIума шена чулаьцна -- тIаьхьа Аса дIаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/ кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна.
157Ишттанаш бу уьш шаьш тIаьхьахIуттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу‚ шех лаьцна яздина шайна карош шайн гергахь Товрата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна "Диканиг де!" олуш волу‚ вочух уьш бухатухуш волу‚ цIена дерг царна хьанал деш волу‚ боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тIера дезза хIуманаш а‚ буржолаш а ша дIадохушволу. Цунахтешнарш‚ и леринарш‚ цунна гIо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана /КъурIанна/ тIаьхьахIиттинарш -- уьш бу баккхийбуьйр берш.

❖ Дакъа 20 ❖

158Ахьа ала: "ХIай нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга‚ ишттаниг ву И /Дела/ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шен долуш‚ Иза воцург кхин дела вац‚ денбо Цо‚ буьйла а болуьйту. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна -- шу нийсачу новкъа довла там бара".
159Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу.
160Оха уьш /Исраилан кIентий/ бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь "хьан Iаса тоха тIулгах"‚ аьлла. ТIаккха шийтта хьоста дедира цунах. ХIора некъана /тобанна/ шайн молу меттиг хиира‚ Оха царна IиндагI /салкха/ дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а-- даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIенаниг. Тхуна зулам ца дина цара -- уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш.
161Дагадаийта цаьрга аьлла хилар: "ХIокху юьртахьдаха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аша ала: "Дайде!"‚ неIарехула чоьхьадовла сужд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гIалаташ. ТIаьхьа Оха алсамбохур бу дика берш".
162Царех зулам диначара хийцира дош шайга аьлла доцучуьнца. ТIаккха Оха царна тIе стиглара Iазап доссийра, уьш зулам деш хиларна.

❖ Дакъа 21 ❖

163Хаттал цаьрга хIордан уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш дозанахбевлира шоьтан дийнахь‚ царна чIерий догIура гучудовлий церан шоьтан дийнахь‚ церан шоьтан де доцуш царна ца догIура уьш /чIерий/ -- иштта балане лецира Оха уьш, шаьш песакъ хиларна.
164Царех цхьана тобано аьллера: "Аша хIунда хьехамбо /къомана/ нахана‚ шаьш Дала хIаллакбийр болчу‚ я Цо шайна чIогIачу Iазапца Iазап дийриг долчу?" Цара элира: "Шун Кхиош-кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама /Делах/ кхоьруш".
165Цара шайга хьехийнарг дицдича‚ Оха кIелхьарабехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш‚ зулам динарш Оха схьалецира ирчачу Iазапца уьш /Исраилан кIентий -- жуьгтий/ песакъ хиларна.
166Цара тергал ца дича Оха шаьш шайх духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: "Хила шух сийсаза маймалш".
167Хьан Кхиош-кхобучо дIахаийтира ша царна (жуьгташна) тIе хьежжоне а хьежор бу Къематде кхаччалц царна луьра Iазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиханиг ву таIзар дарца‚ Иза -- гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву.
168Оха бийкъира уьш (жуьгтий) лаьттахь тобанашка -- царех диканаш а бу‚ царех уьш боцурш а бу. Оха уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а, уьш бухабоьрзур бацара-те (Далла тIе)‚ бохуш.
169Царел тIаьхьа кхин тIаьхье хилира‚ жайна ирсана кхечира цаьрга‚ хIокху дуьненан бахам оьцура цара‚ олура: "Вайна-м гечдийр дай". Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча -- иза а оьцур бара цара. Ткъа жайнан чIагIо ца хиллера царна тIехь‚ цара Далла тIехь бакъдерг бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Iамийна ма дара?Эхартан цIа тоьлуш ма ду шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ аша ойла ца йо-техьа?
170Шаьш жайна схьалаьцнарш‚ ламаз хIоттийнарш, -- баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран миэл.
171Царна тIехь лам айбира Оха‚ ша тIейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура и шайна тIеюжуш ю. /Оха элира/: "ДIалаца Оха шайна делларг ницкъаца‚ хьехаде цу чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш!"

❖ Дакъа 22 ❖

172Хьахаде хьан Кхиош-кхобучо Адаман кIентийх -- церан баккъех церан зуьрет схьадаккхар‚ тIаккха шайна тIехь уьш тешаш хIоттор: "Со вац, ткъа, шун Кхиош-кхобург"‚− аьлла. Цара ма элира: "ХIаъ! Оха тешалла дина". /Иза ду/ аша Къематдийнахь эриг хиларна: "Баккъалла а, тхо цунах гIовпал ма хили".
173Я аша эриг хиларна: "Тхан дайша ширк /керсталла/ дира хьалха‚ тхох хилира царел тIаьхьа зуьрет‚ Ахьа хIаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьанехь?"
174Иштта къастадо Оха аяташ -- уьш бухабоьрзур бацара-те /къинош дарах/.
175Дийцал царна Оха шена Тхан аяташ делла, тIаккха уьш дIатесначун хабар‚ тIаккха шайтIано шена тIаьхьавазийра и‚ тилабеллачарех хилира иза.
176Тхуна лиънехьара Оха цаьрцаайвира вара иза‚ делахь а дуьненан тIе тевжира иза‚ шен дезаршна тIаьхьавезира. Цуьнан масал жIаьлин масалх тера ду: хьо шена тIаьхьа ваьлча мотт аракхуссу цо‚ я ахьа ша дитича а мотт аракхуссу цо. И ду тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара.
177Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца -- шайна зулам деш хилла уьш.
178Ша Дала нисвеш верг нислур ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, -- уьш бу эшнарш.
179Оха кхоьллина жоьжахатина дуккха жинеш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду -- цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу -- цаьрца ца го царна‚ лергаш ду -- цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царел а тилла бу! Уьш бу-кха гIовпал хилларш.
180Делан ю хаза цIераш -- кхайкха аша Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIераш харцъеш берш. ТIаьхьа шаьш динчуьнца бекхам хир бу царна.
181Оха кхоьллинчарех ду уммат‚ ша бакъдолчунна тIе (нах) нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу /цIена бусулба уммат ду иза/.

❖ Дакъа 23 ❖

182Тхан аяташ харцдинарш -- тIаьхьа жим-жимма таIош, охьатаIор бу Оха уьш, шайна а ца хууш.
183ТIаьхьатотту Аса уьш -- Сан /керстанийн/ мекарлонна /дуьхьало/ чIогIа ю.
184Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост /Мухьаммад пайхамар; ца тешачара олуш хилла жинех ву иза/. Иза билггала кхерамчаву.
185Уьш ца хьожу стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалле‚ Дала кхоьллинчу хIуманашка‚ шайн ажал /Iожалла/ гергакхаьчна хила магаре? Цул тIаьхьа муьлхачу хьадисах уьш тешар бу.
186Дала тилавала вуьтуш волчунна -- и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тиларчохь дIай-схьай уьдуш.
187Хьоьга хоьтту цара сахьтах /Къематдийнах/ лаьцна -- цуьнан хIоттар маца хир ду боху. Ахьа ала: "Цуьнан Iилма сан Кхиош-кхобучун гергахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна". Хьоьга хоьтту цара -- хьо иза дика хууш верг волуш санна. Ахьа ала: "Цуьнан Iилма Делехь ду". Делахь а‚ дуккха нахана ца хаьа.
188Ахьа ала: "Аса дола ца до сан дегIах пайданца а‚ я зенаца а Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлах дерг‚ аса совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана".

❖ Дакъа 24 ❖

189И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зудаа кхоьллина, и цуьнца вахийта. И цунна улло вахча -- байа болчу мохьца язло и‚ и дIакхоьхьуцо. ТIаккха иза язъелчацара шиммо /майрачо а‚ зудчо а/ шайн Кхиош-кхобучу Деле доьху: "Ахьа тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарех хир дара-кх".
190ТIаккха цо шаьшшиннена дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост хилийтина цу шиммо. Генаволу Дела цара накъост лацарх.
191Цара хуьлуьйту, ткъа, Цунна накъост ша хIумма ца кхуллург‚ шаьш кхечо /Дала/ кхуллуш берш?
192Царна гIодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гIо ца до цара.
193Аша уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тIаьхьа а ца хIуьтту уьш. Цхьатерра ду шуна: аша уьш кхайкхахь а‚ я шу севцна Iахь а.
194Аша, Дела а витина, шайга кхойкхуш берш -- шух терра леш бу‚ кхайкха цаьрга‚ шуна жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь.
195Ткъа церан когаш бу шашах дIа-схьа лелаш‚ я церан куьйгаш ду цара шаьш детташ‚ я церан бIаьргаш бу шашах царна гуш‚ я церан лергаш ду шашах царна хозуьйтуш? Ахьа ала: "Кхайкха шайн накъосташка‚ мекарло е суна‚ тIаьхьа ма татта со.
196Баккъалла а, сан доттагIа -- Дела ву‚ Ша жайна доссийна волу‚ И ву дикачарех Iуналла деш верг".
197Аша, И /Дела/ а витина, шайга кхойкхуш берш, -- шуна гIодан луш бац уьш‚ шайна гIо дийр долуш а бац.
198Аша шаьш нийсачу новкъа кхайкхича -- ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш, -- царна ца го.
199КъинтIера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехIал нах.
200ШайтIанера талхор хьо талхо гIертахь, -- Делаца ларвалар деха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
201Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча‚ /Дела/ хьехаво /зикр до/ цара‚ уьш гуш хуьлу /нийса некъ/.
202Амма церан вежарий (къинош деш берш) -- царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара /шайтIано а, цуьнан накъосташа а/‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь).
203Ахьа шайга аятца деъча‚ олура: "Айхьа хаьржина хиллехьара ахьа /аят/". Ахьа ала: "Сайга сан Кхиош-кхобучуьнгара догIучу вехьена бен со тIаьхьахIуттуш вац. ХIара /КъурIан/ -- шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана".
204КъурIан доьшуш долуш -- ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма е‚ шух къинхетам бан тарло.
205Хьехаве хьан Кхиош-кхобург хьайгахь: муьтIахь а хилла‚ кхоьруш а хилла‚ чIогIа доцчу озаца‚ Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарех.
206Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучун гергахь дершЦунна Iибадат дарна куралла еш дац‚ массо вочух И цIанвеш ду, Цунна сужд деш ду.

Вернуться к списку сур
8.سُورَةُ ٱلْأَنفَالِ
Сурат АЛЬ-АНФАЛЬ • ХIонс(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْأَنفَالِ

Сурат АЛЬ-АНФАЛЬ • ХIонс

❖ Дакъа 1 ❖

1Цара хьоьга хоьтту хIонсах лаьцна‚ ахьа ала: "ХIонс Делан /долахь/ ю‚ элчанан а /долахь/ ю". Шу Делах кхера‚ вовшийн юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш (муъма нах).
2Баккъалла а, тешаш берш /муъма нах/ бу Дела хьехийча шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, иманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжаш берш.
3Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанх сагIаа луш.
4Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъа ду.
5Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонцахьан цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъманахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю/гIазот дан/.
6Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахьи билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожална тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш лаьтташ.
7Дала шуьца ваIда йо шина тобанахцхьаъ шун ю, олий‚ шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а.
8Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилархьама а, къинош дечарна ца дезахь а.
9Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Аса шу чIагIдийр ду тIеттIа эзар маликашца"‚− аьлла.
10И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен‚ гIо дац Далла гергара а бен. Баккъалла а, Дела везза верг‚ хьукма дика деш верг ву.

❖ Дакъа 2 ❖

11Цо шуна тIе ма хьажайора наб озор, шуна Шегара сапаргIато луш‚ доссадора шуна тIе стиглара хи, Шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама.
12Хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе иман диллинарш‚ Аса тIаьхьа ца тешна хиллачерийн дегнашка кхерам кхуссур бу -- тоха логах‚ хадайе церан массо пIелган юьхьиг.
13Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла‚ цуьнан элчанна дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.
14Иза (Iазап) ду шуна: "Iовша и шайна -- цатешачарна цIеран Iазап ду".
15ХIай иман диллинарш! Шаьш цатешачаьрца дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшех кхетча), могIаршца (шайн) баккъаш ма тоха царна /царех кхералой ма довда/.
16Оцу дийнахь (гIазотехь кхеравелла вухаваьлларг)‚ царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ вон ю дIаваьрзу меттиг!
17Аша ца байина уьш‚ делахь а Дала байина уьш. Ахьа ца кхоьссина (герз) айхьа кхуссуш делахь а -- Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъманахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш а, хууш а ву.
18Иза Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш.
19Ашатолам бехча -- толам беъна шуьга. Шу совцахь -- и дика ду шуна‚ шу духа тIамна юкъа дагIахь -- Тхо а догIур ду, шун тобано шун хIумма тIаьхьара доккхур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву.

❖ Дакъа 3 ❖

20ХIай иман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш (цо дуьйцург).
21Шу тар ма ло аьллачаьрга: "ЛадоьгIна оха"‚ шаьш ладугIуш а боцуш.
22Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха бежана ду къораниг а, мотт ца хуург а. Уьш бу кхеташ боцурш.
23Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладугIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара (гIазотера бовдур бара) уьш, дуьхьал а бевлла.
24ХIай иман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шу дендешдолчуьнга‚ шуна хаалаш, и Дела хьийзаш хилар стагана а‚ цуьнан дагана а юкъа‚ шу а Цунна тIе гулдийриг хилар.
25Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначаьрна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIазар дарца) чIогIа вуйла.
26Аша дагадаийталшаьш, кIезиг а хилла, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъа делира шуна, -- шу хила мегара баркалла олуш.
27ХIай иман диллинарш! Аша тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аша тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума далахь а), шаьш хууш долуш.
28Шуна хаалаш, шун даьхний а (бахам)‚ шун доьзалш а питана дуй‚ баккъалла а, Дела Шегахь йоккха ял йолуш вуйла.

❖ Дакъа 4 ❖

29ХIай иман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шун къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, -- и Дела йокха комаьршалла йолуш ву.
30Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха (Макка чуьра). Мекарло йо цара, -- Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву.
31Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: "Хезна тхуна‚ тхайна лиъча цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".
32Цара ма элира (дагадаийтал, хIай элча): "Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьан гергара бакъдерг‚ догIанца кхерий (тIулгаш) делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна".
33Дела ца хилира царна Iазап деш хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш болуш.
34Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Хьарам-маьждиге(нах) ца буьтуш хилча. Уьш ца хилла цуннадоьналла деш берш. Цуьнан доьналлина хьакъ берш беккъа (Делах) кхоьрурш бу‚ делахь а царех дукхачарна а ца хаьа-кх.
35Церан ламаз (КаIбан) цIийнан хьалхахь ма ца хилира, шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ "Iовша шайна Iазап, шаьш цахиларна тешаш" /алар бен/.
36Баккъалла а, цатешачара шайн даьхний дойу Делан новкъах (нах дIатилабан). ТIаьхьа дойур ду цара уьш‚ тIаккха и царна тIехь бала хир бу‚ тIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу
37Дала къасторхьама боьханиг цIеначух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царех массарех барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш.

❖ Дакъа 5 ❖

38Ахьа ала цатешачаьрга: "Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха дахнарг‚ уьш юха а буьйлалахь (бусулбанашца тIом бан) -- хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу).
39ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслаIате беана -- совца шу а), -- баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву.
40Уьш дIаберзахь (маслаIате ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шуна гIоьнча (тIаккха тIом бе аша) -- дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза.
41Шуна хаалаш, аша хIонсах хIума яьккхича, Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ буоберашна (бедашна) а‚ мискачарна а‚ некъан накъостана а оцунах пхоьалгIа дакъа ду‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхан лайга къастаман дийнахьши тобавовшийн дуьхьал нисъеллачу дийнахь доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
42Шу гергарчу бердатIехь а долуш‚ уьш генарчу берда тIехь а болуш, и къепалшуна лохахула а йолуш ма дарий. Аша вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца‚ делахь а Дала кхочуш− хилийтархьама дара и хилла даьлла гIуллакх‚ хIаллакван ша хIаллакьхилларг билгалонца‚ денван ша вехаш хилларг билгалонца. Баккъалла а, Дела хезаш а‚ хууш а ву.
43Хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг‚ Цо хьоьга уьш дукха гайтинехьара -- духур дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аша‚ делахь а Дала лардина (шу эшарх). Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг.
44Шуна гайтира Цо уьш‚ шу цхьаьнакхетча‚ шун бIаьргашкахула кIеззиг‚ шу кIеззиг гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

❖ Дакъа 6 ❖

45ХIай иман диллинарш! Шайца тоба цхьаьнакхетчачIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийдедан тарло.
46МуьтIахь хилалаш Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш -- тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца).
47Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарехтера кураллица‚ нахана гайтархьама Делан новкъах (нах) дIатилабеш. И Дела аша дечунна гуо беш ма ву.
48ШайтIано хазйира царна шайн Iамалаш‚ элира: "Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулаходу". ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: "Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусулбанашна гIо деш) шуна ца гург‚ со кхоьру Делах -- и Дела таIзар дарца чIогIа ву".

❖ Дакъа 7 ❖

49Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: "ХIорш шайн дино Iехийна". Далла тIетевжинарг, -- баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
50Хьуна гинехьара и цатешаш берш маликаша шайн синош схьадохуш шайн яххьийх а‚ тIехьа а етташ: "Iовша шайна жоьжахатийн Iазап"‚− олуш.
51Иза ду шун куьйгаша хьалха даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац.
52ФирIавнан доьзалан а‚ царел хьалха хиллачерийн а Iадатах тера‚ ца тийшира уьш Делан аятех -- тIаккха Дала шайн къиношца схьалийцира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца.
53Иза ду -- Дела цахиларна ша цхьана къомана делла хилла долу ниIмат хийцориг, цу (къомо) ша−шена и хийццолац‚ и ду Дела хиларна хезаш а‚ хууш а.
54ФирIавнан доьзалан а‚ царел хьалха хиллачерийн а Iадатах тера‚ харц дира цара шайн Делан аяташ -- тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIордан бухабахийтира‚ массо а хилира уьш зуламхой.
55Уггар боьха бежана Далла гергахь -- цатешарш бу‚ (уьш ца теша) цара иман ца дуьллу.
56Ахьа шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру (Делах и барт бохо/.
57Хьайна царна тIехь тIам тIехь ка далахь -- лелхабе цаьрца царел тIаьхьа берш‚ цара ойла ян мегара.
58Хьо кхерахь цхьана къоман /хьан шеца барт болчу/ тешнабехках‚ бохабе ахьа /барт/ цаьрца нийсса‚ баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш.

❖ Дакъа 8 ❖

59Цатешачарна маттанне а ма моьттийла шаьш хьалхадовлур ду (Iазапах)‚ баккъалла а, царна ницкъ кхочур бац (Iазапах кIелхьарабовла).
60Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ‚ дIайихкина (кийча) говраш /хилийта/‚ шеца аша кхераван Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу‚ Далла бевза уьш‚ аша Делан новкъахь яьккхинарг юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац.
61Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚-- тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш а‚ хууш а ву.
62Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) -- хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гIоьнца а, муъма нахаца а хьо чIагIвина хилларг.
63Цо кIаддира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахьа лаьттахь мел дерг доьхкича а, ахьа кIаддийр дацара церан дегнаш‚ делахь а Дала (дегнаш) кIаддира церан вовшашна юккъехь‚ баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
64ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъманахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а ву.

❖ Дакъа 9 ❖

65ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъманах! Шух собаре ткъа хилча -- эшор ву цара ши бIе‚ шух бIе хилча -- эшор ву цара цатешачарех эзар‚ хIунда аьлча, уьш цакхеташ къам ду.
66ХIинца Дала дайдира шуна‚ Цунна хиира шух ледарло юй (кIеззиг хилар‚ тIамна кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча -- ши бIе эшор ву цара‚ шух эзар хилча -- ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца (собар диначаьрца) ву.
67Йиш яц пайхамаран шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц‚ шу дезаш ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт‚ Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
68Делера жайнахьалха ца даьллехьара аша эцначуннадоккхачу Iазапо схьалоьцур дара шу.
69Яа шаьш яьккхинчу хIонсах хьанал ерг‚ цIена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

❖ Дакъа 10 ❖

70ХIай пайхамар! Ала шайн куьйгийн кIел болчу йийсархошка: "Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву".
71Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо царна тIехь ницкъ белла /хьуна таIзар дан)‚ и Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
72Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн дохнаца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш тIелаьцнарша‚ гIо динарш а -- уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Иман а диллина дIа ца кхелхинарш -- цхьанне хIуманца цаьрца гергарло дац шуна, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ -- шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь‚ и Дела аша дийриг гуш ма ву.
73Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аша и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду.
74Иман диллинарш а‚ (Мадинате) дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ тIелаьцнарша‚ гIо динарш а -- уьш бу хьакъ-бакъ муъманах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъа а хир ду.
75ТIаьхьа иман диллинарш‚ (Мадинате) дIакхелхинарш‚ шуьца цхьаьна къахьегнарш -- уьш шух бу. Гергарлонаш дерш -- царех цхьаберш вукхарел герга бу Делан жайни чохь. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.

Вернуться к списку сур
9.سُورَةُ التَّوْبَةِ
Сурат АТ-ТАВБА • Тобадар(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур

سُورَةُ التَّوْبَةِ

Сурат АТ-ТАВБА • Тобадар

❖ Дакъа 1 ❖

1Делера а‚ Цуьнан элчанера а шаьш цIена хиларду аша барт бина хилла болчу мушрикунашка.
2ДIа-схьа лела лаьттахулабеа баттахь‚ тIаккха шуна хаалаш, Далла тIехь шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш.
3Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаьж доьхкучу дийнахь. И Дела цIена ву мушрикунех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву, аьлла‚ аша тоба дахь -- и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь -- шуна хаалаш, шуна Далла тIехь ницкъ боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца.
4Аша шайца барт бина хилла берш боцучарех‚ тIаккха шуна цхьанне хIуманца эшам бина хилла боцучарех‚ шуна тIехь цхьаннена гIо дина хилла боцучарех -- цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш.
5Деза /хьаьж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца маслаIате ца богIу, шуьца мостагIалла лелош болу/ мушрикунаш байа, шайна уьш карабоьллачохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ охьаховша царна кIелонна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хIоттадахь‚ закат лахь -- церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг ву‚ къинхетам бийриг ву.
6Мушрикунех цхьаммо хьоьга ша тIеэцар дехахь -- тIеэца иза цунна Делан дош хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцучу меттиге /шен даймахка‚ цунна лаахь/, -- иза уьш ца хууш къам хиларна ду.

❖ Дакъа 2 ❖

7Муха хир бу мушрикунашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Хьарам-маьждиган гергахь аша шайца барт бинарш боцучаьрца? Уьш шуьца нийса ма хилла‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш.
8Муха..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь гергарло а‚ барт а‚ шу реза до цара шайн багенашца‚ куралла йо церан дегнаша‚ царех дукхахберш песакъ /вон лела‚ Iесалла еш болу нах/ бу.
9Делан аяташ доьхкина цара кIеззигчу мехах‚ Цуьнан новкъах /дуккха а нах/ тилий цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг.
10Тергал ца до цара муъма стагехь гергарло а‚ барт а‚ уьш дозанех белларш бу.
11Нагахь санна цара тоба дахь‚ ламаз хIоттадахь‚ закат лахь -- тIаккха шун вежарий бу уьш динехь, (иштта) къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана.
12Нагахь санна цара шайн дуйнаш къардахь, шайн барт хиллачун тIаьхьа‚ Iиттарш яхь шун динна -- керсталлинкортош дайа‚ -- баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ -- уьш совца мегара /шайн коьртехь берш байича/.
13Шу ца лета шаьш шайн дуйнаш бохийначу къомах‚ элча араваккха гIайгIа беш хилла долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тIом) болийна хиллачу? Царех кхоьру шу? Дела там болуш ма вара шу Шех кхера‚ шу муъма нах хиллехь!
14ТIом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Iазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тIехь шуна гIо дийр ду‚ тодийр ду муъма нехан (къоман) дегнаш.
15ДIайоккхур ю церан дегнийн оьгIазло‚ Дала гечдо Шена луучунна (бусулба дине верзош Абу-Суфьян санна)‚ Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукма дийриг а ву.
16Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца лоцуш)? Далла хIинца а шух гIазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъма нах а битина, кхин доттагIий ца лаьцнарш а ца бевзина (нахана гучабохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аша дийриг.

❖ Дакъа 3 ❖

17Оьшуш дац мушрикунаш Делан маьждигашкахь Iен, керстанаш шаьш хиларан тешалла а деш‚ церан Iамалш дIатили‚ уьш цIергахь гуттар лаьттар бу.
18Делан маьждигашкахь Iийр ву Делах а‚ эхарт дийнах а тешна верг‚ ламаз хIоттийнарг‚ закат делларг‚ Дела воцчух ца кхоьрург -- уьш хила там бу нисбеллачарех.
19Аша хилийти хьаьжина хи далар а‚ Хьарам-маьждигехь Iар а Делах а‚ эхарт дийнах а тешначух а‚ Делан новкъах къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам.
20Иман диллинарш‚ дIакхелхинарш‚ (пайхамарца Маккара Мединате ислам Iалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн дохнаца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш.
21Царна церан Кхиош-кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚ бошмаш (ялсамани) хиларца а‚ шайна цуьнан (ялсаманин) чохь лаьтташ долу ниIмат долуш.
22Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву (царна яла).
23ХIай иман диллинарш! Ма лацалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагIий, (ма бе царех дола дийраш) царна иманал керсталла дукхадезахь. Шух царех доттагIий бинарг -- уьш бу зуламхой.
24Ахьа ала: "Нагахь санна шун дай‚ шун кIентий‚ шун вежарий‚ шун зударий‚ шун гергарнаш‚ даьхний‚ аша гулдина хилла долу‚ йохка-эцар‚ ша (са йоцуш) йисарх шу кхоьруш йолу‚ цIенош шайна шу реза долу‚ шуна дукха− дезахь Делал а‚ цуьнан элчанал а‚ Делан новкъахь гIазот дарал а, -- хьоьжуш Iе Дела валлалц Шен гIуллакхца. (цуьнан Iазап‚ оьгIазло йогIур ю шуна). Дала ца нисдо песакъ къам.

❖ Дакъа 4 ❖

25Дала гIо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайндийнахь а. Шу цецдехира шун дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гIоьнах ойла еш дацара шу) шун хIумма кIелхьара ца дехира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг йоцуш дисира шу)‚ тIаккха шу духадевлира.
26ТIаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъма нахана а; эскар доссийра‚ шуна гуш доцу; цатешачарна Iазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу.
27ТIаккха гечдийр ду Дала, цул тIаьхьа, Шена луучунна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а ву.
28ХIай иман диллинарш! Мушрикунаш нажс /боьха хIума/ ю‚ хIокху шарал тIаьхьа Хьарам-маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллех (мушрикунаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), -- тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах, Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
29ТIом бе шайга жайна деллачарехДелах а‚ эхарт дийнах а ца тешаш болчаьрца‚ Дала а‚ Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца деш болчаьрца‚ хьакъ-бакъ долу дин (Ислам) къобал ца деш болчаьрца шайн куьйгаца (мукIар хилла) жизьятлуш, уьш кIел совццалц.

❖ Дакъа 5 ❖

30Жуьгташа элира: "Iузайр -- Делан кIант ву"‚ насараша (Iисана тIаьхьа хIиттинарш -- христианаш) элира: "Масихь /Iиса пайхамар -- Христос/ -- Делан кIант ву". Иза -- церан дош ду шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха керсталла диначеран дашах‚ Дала хIаллак бойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш!
31Шайн епископаш а‚ монахаш а делий лецира цара Дела а витина‚ Марьяман кIант Масихь а (Дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Iибадат де аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен -- цIена ву иза цара Шеца накъост лацарх.
32Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн багенашца‚ Дала ца магадо Шен нур кхоччуш хилийтар бен‚ керстанашна ца дезахь а.
33И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна тIехь толийтархьама, мушрикунашна ца дезахь а.
34ХIай иман диллинарш! Баккъалла а, епископех а‚ монахех дукхахберш харцонца нехан даьхний дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тIаьхьахIуьтту нах) дIатоьттуш а бу. Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш -- царна ахьа кхаъ баккхалахь, шайна лазош долу Iазап хиларца.
35Цхьана (къематан) дийнахь жоьжахатин цIергахь цIе юьллур ю царех‚ цуьнца (цIарца) дагор ду церан хьаьжнаш а‚ церан агIонаш а‚ церан баккъаш а: "ХIара ду аша шайна гулдинарг‚ Iовша шаьш гулдина хилларг"‚− (маликаша) олуш.
36Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь -- шийтта бутт бу Делан жайна чохь язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царех биъ беза бу (зуль-къаIада‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду мехала дин. Цу чохьшайна зулам ма де. ТIом бе массо мушрикунашца цара шуьца массаьрца тIом баре терра‚ шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла.
37(Цхьа беза бутт кхечуьнга ) тIаьхьататтар керсталлехь сов валар ду‚ шеца цатешарш тилош, цхьана шарахь хьанал беш и (беза бутт‚ цу чохь тIом бан магош)‚ вукху шарахь − хьарам беш, Дала базбинчийн дукхаллица богIуш хилийтархьама -- хьанал бо цара Дала хьарам бинарш. Хазйина царна шайн вон амалш. Дала ца нисдо керста къам.

❖ Дакъа 6 ❖

38ХIай иман диллинарш! Шуна хIун хилла, шайга Делан новкъахь (гIазотана) арадовла аьлча, (лаьттахь) дазлой ма Iа шу (гIазоте ца гIош)? Эхартал а дуьненан дахарна реза хилла-те шу? Ма кIезиг хIума ю-кх и, дуьненан дахар, эхартаца юьстича!
39Шу гIазотана ара ца довлахь -- Цо шуна лазош долу Iазап дийр ду‚ хуьйцур ду шу кхечу къомаца‚ аша Цунна зен дийр дац цхьанне хIуманца. Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
40Аша цунна (вай пайхамарна Мухьаммадана гIазоте хIуттуш) гIо ца дахь -- Дала гIо дира цунна керстанаша иза (Маккара) араваьккхинчу хенахь‚ шиннех шолгIаниги хилла волчу хьолехь. Уьш шиъ нокхечохь (хьехахь) болуш‚ цо (пайхамара) элира шен накъосте (Абу-Бакре): "Хьо гIайгIане ма вожалахь‚ вайца Дела ву хьуна". Дала дог-паргIато йоссийра цунна тIе‚ Цо чIагIвира и эскарца‚ шуна ша гуш ца хилла долчу‚ цатешачеран дош бухахь хилийтира. Делан дош -- и ду лакхахь дерг‚ Дела Ша веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
41Арадовла шаьш дайа дерш‚ деза дерш а‚ къахьега (гIазот де) шайн дохнаца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь. И дика ду шуна, шу хууш хиллехь.
42Iалашо гергахь хилахь‚ некъ атта а хилахь -- хьуна тIаьхьахIуьтту уьш‚ хIетте а (некъ) гена хиларца хилла царна /хало/‚ Делаца дуйнаш буур бу цара: "Шайн ницкъ кхачахьара, шуьца арадевр дара шаьш" (гIазотана)‚− бохуш. Шаьш шайн хIаллакдо цара шаьш. Далла хаьа уьш харцлуьйш буй.

❖ Дакъа 7 ❖

43Дела къинтIера ваьр хьуна! Ахьа хIунда пурбаделла царна хьайна бакълуьйш берш билгалбовллалц‚ харцлуьйш берш бовззаллц?
44Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ эхар дийнах а тешаш болчара шайн дохнаца а‚ шайн синошца а гIазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш.
45Хьоьга пурба доьху Делах а, эхар дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ -- уьш шайн шекон чохь ойланаш керчош бу.
46Шаьш /гIазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечамбина хир бара цара‚ делахь а Далла ца деза церан гучубовлар /гIазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца гIазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: "Охьаховжший Iиэ охьахевшина Iачаьрца" /зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а/.
47Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара, низам дохорца а бен‚ шун юкъ эгIор ма яра цара шуна питана лоьхуш‚ шуна юкъахь ма бу цаьрга ладоьгIуш берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш.
48Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц‚ Делан гIуллакх гучуделира, уьш ца лууш а болуш.
49Царех ву ша олуш верг: "Пурба лохьа /гIазотана ара ца вала/ суна‚ питана ма де суна". Ткъа питанна чубегна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю керстанашна.
50Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: "Оха хьалха дIалецира тхан гIуллакх" /гIазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела тхуна вон ца хили/. Уьш дIабирзира шаьш баккхийбуьйш.
51Ахьа ала: "Тхуна хиланне а хир ма дац Дала тхуна яздинарг бен. И ву тхан гIоьнча"‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
52Ахьа ала: "Шина диканах /я толам хир бара тхуна‚ я гIазот хир дара тхуна/ цхьанне а бен хьоьжийла дарий шун тхуна? Тхо хьоьжуш ду шуна Дала шегара я тхан куьйгашца Iазап кхачориг хиларе. Хьоьжуш Iе‚ тхо а шуьца цхьаьна хьоьжуш Iийр ду".
53Ала: "СагIа ло шайна лаахь а‚ ца лаахь а‚ шуьгара данне а къобалдийр дац и. Баккъалла а, шу хили-кх песакъ къам".
54Цаьргара сагIа къобалдар духатоьхна, уьш Делах а‚ элчанах а тешаш ца хиларо‚ шаьш мало еш бен цара ламаз ца даро‚ ца лууш, халла бен цара сагIа а ца даккхаро.
55Ахьа тамаша ма бойла церан дохнах а‚ церан кIентех а. Далла лууш ду цаьрца царна Iазап дан дуьненан дахарехь‚ синош дер ду церан уьш керстанаш болуш.
56Цара Делаца дуйнаш боу шаьш шух ду‚ бохуш‚ шух бац уьш‚ хIетте а къаьсташ къам ду уьш.
57Шайна лачкъа меттиг караяхь‚ лаьттах бола меттиг караяхь я чудовла меттиг караяхь -- цига сихлур бу уьш чехка /къаьхкина говр санна/.
58Царех бу хьуна ирча бехкаш бохуш берш сагIадаккхарехь‚ цунах шайна делча реза хуьлу уьш‚ цунах шайна ца лахь -- уьш оьгIазбоьлху.
59Уьш реза хиллехьара Дала а‚ цуьнан элчано а шайна деллачунна‚ аьллехьара цара: "Тхуна кхачам болуш ву-кх Дела‚ тIаьхьа лур ду тхуна Дала Шен комаьршаллах. Цуьнан элчано а /лур ду тхуна/‚ баккъалла а, тхо Деле догдохуш ду-кх" /дика хир дара-кх царна/.

❖ Дакъа 8 ❖

60СагIанаш ло Делера парз хилла пекъаршна а‚ мискачарна а‚ царна тIехь болх бечарна а‚ дегнаш кIаддархьамаа‚ леш азат бахарехь а‚ декхарийн кIелбисинчарна а‚ Делан новкъахьа‚ некъан накъостана а. Дела хууш а ву‚ /нийса/ хьукам деш а ву.
61Царех бу пайхамарна халахоьтуьйтуш берш‚ олуш берш: "Иза /пайхамар/ -- лергаш ду" /массо хIума хезаш ду-кх цунна/. Ахьа ала: "Дикаллин лергаш ду-кх шуна‚ тешаш ву и /Мухьаммад пайхамар/ Делах а‚ тешаш ву и муъма нахах а‚ шух иман диллинчарна къинхетам бу и". Делан элчанна халахоьтуьйтуш берш -- царна ду лазош долу Iазап.
62Шуна Делаца дуйнаш боу цара шу реза дархьама. Дела а‚ Цуьнан элча а хьакъ бар-кх цара реза бан, шаьш муъма нах хиллехь.
63Царна ца хаьа-те Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьало йиначунна жоьжахатин цIе хир юйла, и цу чохь гуттар лаьтташ? Ма йоккха сийсазалла ю-кх и!
64Кхоьруш бу мунепикъаш цаьрга /бусулба нахе/ шайн дегнашкахь дерг /мунепикъийн дегнашкахь йолу шеко гучуйоккхуш/ дуьйцуш сурат доссарх. Ахьа ала: "Ма даша шу" /ма лара аша дин а‚ Дела а‚ бусулбанаш а/. Баккъалла а, Дела арадоккхург ву шу кхоьруш (ларлуш) дерг.
65Ахьа цаьрга хаьттича‚ цара алланне а эр ду хьуна: "Тхо-м забар еш‚ ловзуш дарий". Ахьа ала: "Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а доьлуш хилла шу?"
66Бехказлонаш ма е аша. Керсталла дина аша шайн иманал тIаьхьа‚ шух цхьана тобанна Тхо къинтIера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Iазап дийр ду, уьш хиларна къинош динарш.

❖ Дакъа 9 ❖

67Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а -- уьш цхьаберш вовшех бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара /сагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш/. Дела вицвина цара -- Цо а ма биц бина уьш. Баккъалла а, мунепикъаш − уьш бу-кх песакъаш.
68Дала ваIда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а жоьжахатин цIарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттарг болуш. И ю царна кхачо йийриг‚ Дала неIалт аьлла царна‚ царна хIоьттина долу Iазап ду.
69Шул хьалха хиллачарех тера /ду иза/. Шул чIогIа бара уьш ницкъаца‚ алсам бара дохнаца а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегаре терра шайн декъах‚ забарш йира аша а, забарш йиначарех терра. Уьш бу-кх шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшийнарш.
70Цаьрга ца деъна-те шайл хьалха хиллачу Нухьан‚ Iадин‚ Самудан къаьмнийн хабар‚ ИбрахIиман къоман‚ Мадъянандайн‚ Муътафикатийнхабар? Цаьрга шайн элчанаш ма баьхкира билгалонашца. Дела ца хилла царна зулам деш‚ хIетте а шаьш хилла уьш шайна зулам деш.
71Муъма божарий‚ муъма зударий -- цхьаберш вовшийн доттагIий /верасаш/ бу‚ дикачуьнца омра деш‚ /вон дерг ма де олуш/ вочух духатухуш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а болуш. Царех тIаккха къинхетам бийр бу Дала. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а.
72Дала ваIда йина муъма божаршна а‚ муъма зударшна а бошмаш /ялсаманехь/‚ шайн бухахула татолаш оьхуш йолу‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ цIена гIишлош Iаднинбошмашкахь‚ Делера реза хилар дуккха доккха ду -- иза беза-боккха толам бу.

❖ Дакъа 10 ❖

73ХIай пайхамар! ГIазот де керстанашца а‚ мунепикъашца а‚ кIоршаме хила цаьрца‚ церан чохьIойла жоьжахати ю, -- вон дIадерзар ду-кх иза.
74Цара /мунепикъаша/ дуйнаш боу Делаца‚ ца аьлла /пайхамарна вониг/ шаьш‚ бохуш. Аьлла цара керсталлин дош‚ царех керстанаш хилла шаьш бусулбанаш хиллачул тIаьхьа‚ шайна карх ца даьлларг дан хьаьвсира уьш‚ бекхам бира цара, беккъа Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна Шен комаьршаллах хьал даларна. Цара тоба динехьара дика хир дара царна. Уьш дIаберзахь-- лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду Дала царна дуьненахь а‚ эхартахь а. Ма вац царна лаьттахь верас а‚ гIоьнча а!
75Царех бу шаьш Делаца ваIда йинарш: "Цо тхуна Шен комаьршаллах /ниIмат/ лахь‚ /шортта/ лур ма ду шаьш /дала дезачунна/ сагIа, хиллане а хир ду шаьш дикачарех"‚− аьлла.
76Цо/Дала/ Шен комаьршаллах шайна делча‚ уьш цуьнца пис хилира‚ дIабирзира, шаьш дуьхьала хуьлуш.
77Церан дегнашка Цо /Дала/ доссийра мунепикъалла, уьш Цуьнца цхьанаькхетар долу /къемат/ де тIекхаччалц‚ цара шаьш Делаца йина ваIда йохийна хиларна‚ уьш шаьш харцлуьйш хиларна.
78Царна ца хаьа-те Далла хууш хилар церан хьулдинарг а‚ церан къайлах дерг а‚ и Дела Ша къайлах долу хIуманаш дика хууш верг хилар а?
79Муъма нахах сагIанашкахь муьтIахь болчарех а‚ шаьш къахьегнарг бен цакарийначарех а, луьйш берш‚ тIаккха уьш хьийзош берш, -- Дала хьийзор бу уьш‚ царна ду лазош долу Iазап.
80Ахьа гечдар деха царна я ахьа гечдар ма деха царна. Ахьа царна кхузткъе уьттазза гечдар дехча а -- Дала данне а гечдийр долуш дац царна. И ду цара Далла а‚ Цуьнан элчанна а керсталла дарна. Дала ца нисдо песакъ къам.
81Баккхийбийра шаьш бухабитинаршДелан элчанна тIехьахь хевшина бисарна (гIазоте ца боьдуш)‚ царна ца дийзира Делан новкъахь шайн дохнаца а‚ шайн синошца а къахьега /гIазот дан/‚ цара элира: "Ма довла (гIазотана ара) йовхонгахьа". Ахьа ала: "Жоьжахатин цIе йовхонца кхин а нуьцкъала ю"‚ уьш кхеташ хиллехь.
82Боьлийла уьш кIеззиг‚ боьлхийла уьш дуккха -- шаьш деш хиллачун /вонан/ бекхам бу и.
83Дала хьо вухаверзийча царех цхьана тобана тIе хьоьга пурба доьху цара ара довла /гIазотана/. ТIаккха ахьа ала: "Цкъеллига цкъа соьца ара довлур дац шу‚ соьца цхьаммо а мостагIца тIом бийр бац аша. Шу реза хилла дуьххьара хевшина Iен -- ховший Iиэ хIинца а бухабисинчаьрца".
84Царех цхьанненна велча цкъеллига цкъа ламаз ма де‚ цуьнан коша тIе ма хIотта. Баккъалла а, цара керстаналла дина Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ уьш белла шаьш песакъ хилла.
85Хьоьга тамаша ма бойтийла церан бахамо а‚ церан доьзалша а. Далла лаьа цуьнца царна Iазап дан дуьненахь а‚ церан синош довла уьш керстанаш а болуш.
86Сурат доьссича Делах а теша‚ Цуьнан элчанца гIазот а де‚ аьлла‚ царех хьалдолчара хьоьга пурба дийхира‚ элира: "Дитахь тхо‚ хевшина лаьттачаьрцахир дара тхо".
87Реза хилла уьш бухабисинчаьрцахила‚ церан дегнашна мухIар тоьхна, -- уьш ца кхета.
88ХIетте а элчано а‚ цуьнца иман диллинчара а гIазот дира шайн бахамца а‚ шайн синошца а‚− уьш бу шайна диканаш деш берш‚ уьш бу шаьш баккхийбуьйр берш.
89Царна Дала бошмаш кечйина‚ шайн бухахула татолаш а оьхуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И бу-кх беза-боккха толам.

❖ Дакъа 12 ❖

90Бевлла лелачу Iарбехбехказлонаш еш берш баьхкира шайна пурба далийтархьама‚ бухабисира шаьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а харц хилларш‚ тIаьхьа кхетар ду царех керсталла диначарна лазош долу Iазап.
91ЗаьIапхошна а‚ цомгуш болчарна а‚ ян харж ца карочарна а къа дац /гIазоте ца бахча а/ уьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а дог цIена хилча. Диканиг деш болчарна некъ бац /бехк билла/. Дела гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а ву.
92Хьо волчу баьхкинчарна а дац /къа/ ахьа шаьш кечдахьара, бохуш‚ ахьа аьлча: "Шу шеца кечдан хIума ца карадо суна"‚ дIабирзина болчу шайн бIаьргаш хих буьзна вон хеташ, шайна харж ярна хIума ца карадарна /шайна гIазоте баха таро ца хиларна/.
93Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна а шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза хилла бухабисинчаьрца /зударшца/ хила‚ церан дегнех Дала мухIар тоьхна, -- царна ца хаьа.
94Шуьга бехказлонаш йо цара шу царна тIе духадирзича. Ахьа ала: "Бехказлонаш ма е! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу духадерзор ду къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна /Далла/ тIе -- Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг".
95Шуна Делаца дуйнаш буур бу цара шу царна тIедирзича шу шайх духа− дахархьама. Духадовла царех! Баккъалла а, уьш рижсю‚ церан чугIойла жоьжахати ю -- бекхамна уьш деш хиллачунна (дуьхьал).
96Дуйнаш боу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь -- Дела реза хир вац песакъ къомана.
97Бевлла лела Iарбий керсталлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарел)‚ Дала Шен элчане диссийна дозанаш ца хаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
98Бевлла лелачу Iарбех бу шаьш сагIийна луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна баланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бала. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.
99Бевлла лелачу Iарбех бу шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш долу сагIа Далла гергахь гIурба а‚ элчанна /шайна/ доIа дан /некъ/ лоруш берш. Царна гIурба дац, ткъа, и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетам берг а ву.

❖ Дакъа 13 ❖

100ДIакхелхинчареха‚ (царна) гIо лаьцначареха дуьххьара (ислам дин оьцуш) хьалха хилларш‚ дикачуьнца царна тIаьхьа хIиттинарш -- Дела реза хилла царна. Уьш а реза хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина бухахула татолаш оьхуш йолу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. И сийлахь- боккха толам бу!
101Шуна гонах болчу бевлла лелачу Iарбех мунепикъаш бу‚ Мадинатан бахархойх а бу уьш (мунепикъаш)‚ мунепикъаллин чу кIорга бахана уьш‚ хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна бевза уьш. Оха шозза Iазап дийр ду царна‚ тIаккха доккхачу Iазапе берзор бу.
102Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара эйира дика Iамал кхечу вочуьнца‚ Дала гечдан мега царна. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетам берг а.
103Церан бахамах сагIа эца -- цуьнца догIмаш а‚ синош а цIандийр ду ахьа церан‚ /Деле/ доIа а де царна‚ баккъалла а, хьан доIа царна паргIато ю. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
104Царна ца хаьа-те Дала къабалдеш хилар Шен лешкара тоба а‚ сагIа оьцуш хилар а‚ и Дела ша тоба къобалдеш верг а‚ къинхетам беш верг а вуйла?
105Ахьа ала: "Iамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъма нахана тIаьхьа гур ю шун Iамал‚ тIаьхьа дерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш волчунна тIе -- (Далла тIе). ТIаккха Цо шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг".
106Цхьа кхиберш Делан гIуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Iазап дийр ду Цо царна‚ я церан тоба къобалдийр ду Цо. И Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
107Цхьа кхин берш бу шаьш зуламна а‚ керсталлина а‚ муъма нахана юккъехь барт эгIорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш хиллачарна кечамна а маьждигдина берш -- баъанне а дуйнаш буур бу цара шайна диканиг бен лууш ма дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: "Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш"‚− аьлла.
108Хьо ма хIотталахь цу чохь цкъа а. Дуьххьарлерачу дийнахь дуьйна (Делах) кхерарна тIехь хIоттийна долу маьждиг мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь хIотта -- цу чохь бу шаьш цIанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цIанлуш берш.
109Шен гIирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тIехь хIоттийнарг ву дика‚ я шен гIирс йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хIоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин цIерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам.
110Ца соцу церан гIирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚ церан дегнаш кийсигаш хилла теда даллалц. Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.

❖ Дакъа 14 ❖

111Баккъалла а, Дала эцна муъма нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани яларца. Уьш Делан новкъахь тIом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И цуьнан (Далла) тIехь ваIда ю‚ хьакъ-бакъ хилла йолу Товратан чохь а‚ Инжилан чохь а‚ КъурIан чохь а. Мила ву шен ваIда Делал дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн йохка-эцарца‚ аша Цуьнца кхочушйина йолчу /ваIдица/. Иза -- сийлахь-боккха толам бу-кх!
112Тоба деш берш‚ Iибадат деш берш‚ (Далла) хастам беш берш‚ къахьоьгуш берш‚ рукIе-суждане гIош берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух (нах) бухатухуш берш‚ Делан дозанаш Iалашдеш берш (уьш бакхийбуьйр бу), -- кхаъ баккха муъма нахана.
113Ца оьшу пайхамаро а‚ иман диллинчара а мушрикунашна гечдар дехар‚ уьш шайн гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тIаьхьа.
114ИбрахIиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваIдина дуьхьа а бен. Шена и Делан мостагI хилар билгалдаьлча цIанвелира и цунах. Баккъалла а, ИбрахIим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а.
115Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тIаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.
116Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚ дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву -- И воцург верас а вац шуна‚ гIоьнча а вац.
117Дала тоба къобалдира пайхамаран а‚ дIакхелхинчеран а‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цуннатIаьхьахIиттина хилла болчу‚ царех цхьана тобанан дегнаш дIатиладеллачул тIаьхьа‚ тIаккха Цо тоба къобал- дира церан‚ баккъалла а, И царех дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву.
118Кхааннен а/тоба къабалдира Дала/‚ шаьш бухабисийтина хилла болчу‚ (уьш дукха пошме хилира) шайна латта готта даллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тIе а бен‚ тIаккха царна тIевирзира Иза (церан тоба къабал деш), цаьрга (нахе) тоба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тоба къабалдийриг а‚ къихетаме верг а ву.

❖ Дакъа 15 ❖

119ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш.
120Ца безара Мадинатанбахархой а‚ цунна гонахара бевлла лелаш хиллачу Iаьрбех берш а Делан элчанах бухабисина‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а. Иза ду -- царех ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагIчуьнгара цхьанне кхиаме, цуьнца шайна дика Iамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачийн ял.
121Жима а‚ йокха а харж йир ма яц цара‚ цхьа а тогIий хадор ма яц цара (некъ беш)‚ и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух хазачуьнца.
122Ца оьшу муъма нахана массо а (гIазотана) гIатта. Царех хIора тайпанах цхьа тоба гIаьттича (тоьар ду)‚ (бисинчара) динехь гIуллакхаш къастор ду‚ нахана уьш шайна тIе бухабирзича хьехам а бийр бу, -- уьш (вочух) ларбала (Iама) мегара.

❖ Дакъа 16 ❖

123ХIай иман диллинарш! ТIом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла.
124Царех бу сурат доьссича олурш: "Шух мила соввоккху хIокхо иманца?" Иман диллинарш -- уьш совбоху цо иманца‚ уьш баккхийбоь.
125Шайн дегнашкахь цамгар ерш -- уьш совбоху боьха леларна тIе а боьха леларца‚ уьш белла шаьш керстанаш болуш.
126Царна ца го-техьа шаьш хIора шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТIаккха а тоба ца до цара‚ ойла а ца йо цара.
127Суратах хIума доьссича цхьаберш вовшашка хьовсу уьш‚ цхьаннена шу гуш дуй-те бохуш‚ тIаккха дIабоьлху /и ца хазархьама/. Дала церан дегнаш дIадерзийна /серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела.
128Шуьга веъна элча‚ шух шайх а волуш‚ шуна хала хилларг шена дазлуш‚ шух чIогIа гIайгIа еш волуш‚ муъма нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волуш.
129Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Кхачо ю сан Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна тIетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Iаршан Да".

Вернуться к списку сур
10.سُورَةُ يُونُسَ
Сурат ЮНУС(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ يُونُسَ

Сурат ЮНУС (Маккахь доьссина‚ 109 аят)

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-ла-м-ра. Хьукаме долчу жайнан аяташ ду хIорш.
2Тамашийна хилла-те нахана, Оха царех цхьана стаге Тхан вехьи доссор‚ нахана кхерам а таса‚ иман диллиначарна кхаъ а баккха царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь тешаме бухбу‚ алий? Керстанаша ма элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуанча ма ву".
3Баккъалла а, шу Кхиош-кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира И Iарша тIехь. ГIуллакх дIахьо Цо. Цо пурба деллачул тIаьхьа а бен цхьа а гIодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-кхобург‚ Цунна Iибадат де. Аша ойла ца йо?
4Шун массеран дIадерзар Цуьнга ду. Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тIаккха и карладоккху иман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м -- царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Iазап а ду шаьш /дин/ керста деш хиларна.
5И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан /беттан/ барам а хIоттийна -- манзалаш‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ хуучу къомана.
6Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцарехь‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а Дала мел кхоьллинчохь делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу къомана.
7Баккъалла а, Тхоьца цхьаьнакхетарх дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергачу дахарна /дуьненна/ реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргIат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гIовпал хилларш а,--
8Уьш бу шайн чугIойла /жоьжахатин/ цIе ерш шаьш карош хиллачуьнца.
9Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а -- шайн Дала уьш нисбийр бу шайн иманца, ниIматийн бошмашкахь церан бухахула татолаш оьхур ду.
10Церан доIа цу чохь /ялсаманехь/: "Везан Дела‚ вонах цIена ву Хьо" хир ду‚ церан маршалла цигахь "Салам" хир ду. Церан тIаьххьара доIа хир ду: "Хастам бу Далла -- Iаламийн Дена".

❖ Дакъа 2 ❖

11Дала нахана вониг сихдинехьара диканецеран сихбаларца -- шайн Iожалла царна тIекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхан цхьаьнакхетаре дог ца дохуш берш шайн тилларчохь дIа-схьа уьдуш.
12Адамо, ша зуламо схьалаьцча, Тхоьга кхойкху шен агIона тIехь‚ я охьахиъна, я хьалагIаьттина. Оха шегара зулам айдича -- дIаволало (шен хьалахалерачу новкъа) ша схьалаьцна хиллачу зуламна ша Тхоьга ца кхайкхича санна. Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарнашаьш деш хилларг.
13ТIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ -- уьш ца хилира иман дилла. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.
14ТIаккха шу хилийтира Оха царел тIаьхьа лаьттахь тIаьхье, Тхо хьажархьама шу муха лела.
15Тхан билгала аяташ шайна тIехь дешча‚ Тхан цхьаьнакхетаре дог ца дохучара элира: "ХIара доцург кхин дешарло‚ я и хийца". Ахьа ала: "Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу вехьина тIаьхьа возуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-кхобучунна Iеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах".
16Ала: "Далла лиънехьара‚ аса шуна тIехь доьшур ма дацара и‚ Цо (Дала) шуна Iамора ма дацара и‚ аса шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна. Аша ойла ца йо?
17Мила ву-те зуламе ша Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбуьйр ма бац.
18Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна? Цара олу: "ХIорш бу тхан гIодаккхархой Далла гергахь". Ахьа ала: "Аша дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а ца хуург?" Вонах цIена ву Иза‚ генаваьлла цара Шеца накъост лацарх.
19Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, -- тIаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра Цо церан шеца хилпалохиллачохь.
20Цара олу: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара делилдоьссинехьра цуьнга". Ахьа ала: "Къайлах дерг Делан ду‚ шу хьоьжуш Iе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьоьжучарех ву".

❖ Дакъа 3 ❖

21Оха нахе къинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тIаьхьа,− цара мекарло йо Тхан аяташкахь. Ахьа ала: "Дела мелхо а сиха вумекарло ярца". Баккъалла а, Тхан элчанашадIаязъеш ю аша еш йолу мекарло.
22И ву шу дIа-схьа лелош аренгахь а‚ хIорда тIехь а‚ шу кеманна чохь хуьлуш. И дIадоьду цаьрца хазачу мохаца‚ уьш баккхийбуьй цунах. ЧIогIа мох богIу цуннатIе‚ царна йогIу массо меттигера тулгIе‚ царна моттало цо шаьш юкъадохуьйту. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цIандеш берш а хуьлий: "Ахьа тхо хIокхунах хьалхадахахь‚ тхо баркалла олучарех хир ма ду"‚− бохуш.
23Цо уьш хьалхабаьхначул тIаьхьа, цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХIай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кIеззиг/ хIума ду иза. ТIаккха шун дIадерзар Тхоьга ду -- Оха дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг.
24Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра лаьттан орамат, наха а‚ бежанаша а юучех. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиича)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тIехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буьйсанна я дийнахь Тхан болх кхочу цунна тIе -- Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта (яраш) -- селхана ца хилларг санна -- иштта къастадо Оха аяташ ойла еш долчу къомана.
25Дала кхойкху машаран цIачу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа.
26Дика хиллачарна диканиг ду -- /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /Къематдийнахь/‚ церан яххьийх чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш -- ялсаманийн дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а лаьтташ.
27Вон дерг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царех. Ма вац царна Делера и духатуху верг. Шайн яххьаш боданечу буьйсанан кийсигашца хьулйиначарех тера бу уьш. Уьш цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар а лаьтташ.
28Оцу /къемат/ дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: "ДIалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а". Церан юкъ хадийра Оха. Церан накъосташаэлира: "Шу ца хилла тхуна Iибадат деш‚
29Дала кхачойира теш хила тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аша тхуна Iибадат дарах гIапал".
30Цигахь бала кхечира массо а синан ша хьалха дахийтинчуьнца. Уьш дIаберзира Деле‚ шайн хьакъ верас хилла волчу‚ царех дIатилира шаьш /харц/ кхуллуш хилларг.

❖ Дакъа 4 ❖

31Ахьа алал: "Мила ву шуна рицкъа луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву доладеш хазарх а‚ бIаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш‚ мила ву дIахьош гIуллакхаш?" Цара эр ду хьуна: "Дела ву-кх". ТIаккха ахьа ала: "Шу ца кхоьру /Цунах/?"
32И ву Дела -- шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХIун ду, ткъа, бакъдолчул тIаьхьа тилар бен? ТIаккха а ма дIадерзина шу!
33Иштта бакъ хилира хьан Кхиош-кхобучун дош песакъ нахана тIехь: уьш тешар бац.
34Ахьа ала: "Шун накъостех вуй ша кхоллар долош верг‚ тIаккха и карладоккхуш верг?" Ала: "Дала доладо кхоллар‚ тIаккха и карладоккху. Ма Iехош ду-кх шу!"
35Алал: "Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг?" Ала: "Дала нисбо бакъдолчунна тIе". Ткъа ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг хьакъ вац шена тIаьхьахIотта‚ я ша нис ца беш верг ву ша нисвахь бен? Ткъа шуна хIун хилла? Аша муха хьукма до?!
36Царех дукхахберш моттарна а бен тIаьхьахIуттуш ма бац. Баккъалла а, моттаро бакъдолчух хIумма а кIелхьара ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчун дуьхьал хIумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг.
37ХIара КъурIан ца хилла кхолладала Дела воцучуьнгара‚ делахь а нийса догIуш ду и шел хьалха хиллачуьнца‚ шен чохь шеко йоццуш Iаламийн Дегара жайнан билгалдаккхар а ду и.
38Я цара олу: "Цо/ша/ кхоьллина и /КъурIан/"? Аша даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцург шайна ницкъ кхочург‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
39Делахь а харцдина цара шен /КъурIанан/ Iилманца шаьш тIе ца кхиънарг‚ шен таъвил а, хIинцале шайга ца кхаьчнарг. Иштта харцдира царел хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!
40Царех цунах тешаш верг а ву‚ царех цунах цатешарш а бу. Хьан Кхиош-кхобург дика хууш ву хьуна боьха леларш.

❖ Дакъа 5 ❖

41Хьо цара харцвахь‚ ахьа ала: "Суна сайн Iамал ю‚ шуна шайн Iамал ю. Шу цIена ду аса дечух‚ со цIена ву аша дечух".
42Царех хьоьга ладугIуш берш а бу. Ахьа хозуьйтур дара къорачунна, цуьнан тIе а кхетам боцуш уьш хилча?
43Царех хьоьга хьоьжуш верг а ву. Ахьа нисвийр вара бIаьрса доцург, цуьнан тIе а гур долуш уьш ца хилча?
44Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хIуманца‚ делахь а наха шаьш до шайна зулам.
45Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ уьш дийнан цхьана сохьтехь а бен ца лаьттинарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш -- тIаккха ийшира Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш‚ ца хилира уьш нисбелла.
46Я Оха гайттане а гойтур ду хьуна Тхаьш царна ваIда йина хиллачех цхьадерг /Iазап/‚ я Оха валлане а волуьйтур ву хьо /царна Iазап дале/. Тхоьга дуцеран дIадерзар -- тIаккха Дела теш ма ву цара деш долчунна.
47ХIора умматан элча ву. Шайн элча веъча кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац.
48Цара олу: "Маца кхочушхир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"
49Ахьа ала: "Аса дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а Далла ма луъу бен. ХIора умматана тоьхна хан .ю‚ и шайн хан тIееъча -- сахьт тIаьхьабуьсур а бац уьш‚ /сахьт/ хьалхабовлур а бац".
50Ала: "Дийцал аша суна: Цуьнан Iазап шайга буьйсанна я дийнахь деъча‚ оцунах хIун сихдан луур дара къинош деш болчарна?
51ТIаккха иза хIоьттича тешар дара шу цунах? ХIинца а? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/."
52ТIаккха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна гуттаренан Iазап. Бекхам хир буй шуна, ткъа, аша карош хиллачуьнца а бен?"
53Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) дийцар: "Баккъалла а, дуй и?" Ахьа ала: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнца (дуй буу аса), баккъалла а, ду-кх! Аша дохор дац иза".

❖ Дакъа 6 ❖

54ХIора зулам динчу синан лаьттахь мел дерг хилча а -- и дIалур дарацара‚ хьулдийр дара дохкодовлар шайна Iазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац.
55Баккъалла а, Делан дац, ткъа, стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг? Баккъалла а, Делан ваIда бакъ яц, ткъа? Делахь а царех дукхачарна ца хаьа-кх.
56Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду.
57ХIай нах! Шуьга беъна шун Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а -- муъма нахана нийса некъ а‚ къинхетам а.
58Ала: "Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца -- Цуьнца баккхийбоьдийла уьш -- иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул".
59Ахьа ала: "Хьовсал шу‚ хIун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъех! Аша цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира". Ала: "Дала пурба делира шуна‚ я шу Далла тIехь харцдерг кхуллуш ду?"
60ХIун ду-техьа Далла тIехь харцдерг кхуллучарна моьттург Къемат− дийнахь? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тIехь‚ делахь а царех дуккхачара баркалла ца олу.

❖ Дакъа 7 ❖

61Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахьа доьшур дац цунахцхьа а дешара‚ аша йир яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-кхобучух дIадовр дац мискъал заррат лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг -- билгалчу жайнахьдолуш бен.
62Баккъалла а, Делан доттагIий-- царна кхерам а хир бац‚ уьш пошме а хир бац.
63Уьш бу иман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) --
64Царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза -- сийлахь-боккха толам бу.
65Церан дашо сингаттаме ма войла хьо, -- баккъалла а, Далла ду дерриге а сий. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
66Баккъалла а, Делан бац, ткъа, стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш? Стенна тIаьхьахIуттуш бу Дела воцург /кхин/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тIаьхьахIуттуш бац деккъа моттаргIина бен‚ уьш бац харцлуьйш а бен.
67И ву шуна буьйса хилийтина, цу чохь шу тийна хилийта‚ де а /хилийтина/, цу чохь /шуна хIуманаш/ гайта. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу къомана.
68Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна". Вочух цIена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца делил дуй шуна гергахь? Далла тIехь шайна ца хуург дуьйцу аша?
69Аша ала: "Баккъалла а, Далла тIехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбуьйр бац".
70Дуьненан бахам бу‚ тIаккха церан дIадерзар Тхуна тIе ду‚ тIаккха Оха Iовшуьйтур ду цаьрга чIогIа Iазап, уьш цатешаш хиларна.

❖ Дакъа 8 ❖

71Деша царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: "ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iойла а‚ сан Делан аяташ хьехадар а -- со Далла тIетевжина. Барт бе шайн гIуллакхана тIехь а‚ шайн накъосташкахь а‚ тIаьхьа шун гIуллакхо шуьга гIайгIама йойтийла‚ тIаккха суна тIе дуьйла /кхиэл яйта/‚ хье ма велаш со /суна тIе ца догIуш/.
72Шу дIадерзахь (соьх) -- аса шуьга цхьа а мах ца бийхира‚ сан мах Далла тIехь бен бац‚ суна омра дина со бусулбанеххила"‚− аьлла.
73Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарабехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира уьш тIаьхье‚ Тхан аяташ харцдинарш хина буха бахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран тIаьхье!
74ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца -- уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха дозанах беллачийн дегнашна.
75ТIаккха царел тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхан аяташца -- цара куралла йира‚ уьш хилира къинош ден къам.
76Тхан гергара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуанчалла ма ду".
77Мусас элира: "Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аша? Бозбуанчалла ду хIара? Бозбуанчаш баккхийбуьйр ма бац".
78Цара элира: "Хьо веъна тхуна тхо тхан дай шена тIехь тхайна карийначух дIадерзо? Шуна шинненахилийтархьама сийлахьалла лаьттахь‚ тхо шух шиннех а тешаш ма дац".
79ФирIавнас элира: "Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуанча".
80Бозбуанчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: "Кхосса шаьш кхуссуш ерг".
81Цара кхоьссича‚ Мусас элира: "Аша шайца деъна дерг бозбуанчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо боьхачу нехан Iамал.
82Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала шен дешнашца‚ къинош дечарна ца дезахь а".

❖ Дакъа 9 ❖

83Мусах цатийшира цуьнан къомах цхьа зуьретбен, ФирIавнах а‚ цуьнан элийх а кхерарна‚ цара шаьш питане лацарна. Баккъалла а, ФирIавна лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/‚ баккъалла а, и кхоам цабечарех ву (Делан ниIматах).
84Мусас элира: "ХIай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна -- Цунна тIетовжа‚ шу хиллехь муьтIахь дерш (бусулба нах)".
85ТIаккха цара элира: "Далла тIетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-кхобушверг‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана.
86КIелхьарадахалахь тхо хьан къинхетамца керста къомах".
87Мусага а‚ цуьнан веше (ХIаруне) а Оха хаийтира вехьица ашшиммо а шайн шинне къомана Мисрахь цIенош лаца‚ аьлла‚ шайн цIенойх къибла хилийта‚ ламаз хIоттаде‚ кхаъ баккха муъма нахана‚ аьлла.
88Мусас элира: "Веза волу тхо Кхиош-кхобушверг‚ ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахьа, тхан Кхиош-кхобушверг, уьш тилабалийтархьама Хьан новкъах. Веза волу тхо Кхиош-кхобушверг‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а‚ уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап гайтталц".
89Цо (Дала) элира: "Шу шиннандоIина жоп делла‚ нийса хила шу шиъ‚ тIаьхьа ма хIитталуш цахууш болчийн новкъа".
90Оха хIорд бийкъира Исраилан кIенташна. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций а‚ мостагIаллиций а. /ХIордан/ бухавахар шех кхиъча‚ цо /ФирIавнас ша хьорда буха гIуш/ элира: "Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарех (бусулба нахах) ву-кх".
91ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йина ахьа‚ хьо ма хили боьхачарех!
92Тахана Оха кIелхьаравоккхур ву хьо хьан дегIаца хьоьл тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхахберш Тхан аятех гIовпал ма бу.

❖ Дакъа 10 ❖

93Оха охьаховшийра Исраилан кIентий бакъонан меттиге‚ цIеначух рицкъа а делира царна‚ шайга Iилма (бусулба дин) даллац хилпало ца йира цара. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Къематдийнахь, уьш шеца хилпало еш хиллачохь.
94Хьо шекончохь хиллехь Оха хьайга доссийначух‚ ахьа хаттал хьоьл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деъна хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарех.
95Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарех -- тIаккха хьо хир ву эшначарех.
96Баккъалла а, шайна тIехь хьан Кхиош-кхобучун дошбакъ хилларш тешар бац.
97Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Iазап галлац.
98Юрт иман диллина ца хилча, цуьнан имано шена пайда ца бира Юнусан къомана бен: цара иман диллича Оха айдира царех дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап‚ бахам белира царна цхьана ханна.
99Хьан Кхиош-кхобучунна лиънехьара иман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьуна ницкъ иман дилийта могур дара нахе /царна ца луушехь/?
100Ца хилла сина иман диллар Делан пурбанца а бен‚ ойла ца еш болчарна рижс /Iазап/ хуьлуьйту Цо.
101Ахьа ала: "Хьовсал! ХIун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а? Хьалхадоккхур ма дац /Iазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара атешаш доцу къам".
102Уьш хьовсар буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахьа ала: "Хьовса‚ со а шуьца цхьаьна хьовсучарех ву".
103ТIаккха Оха кIелхьарабохур бу Тхан элчанаш а‚ иман диллинарш а. Иштта хьакъ хилла Тхуна -- Оха кIелхьарабохур бу муъма нах.

❖ Дакъа 11 ❖

104Ахьа ала: "ХIай нах! Шу хиллехь шекончохь сан динах‚ аса Iибадат дийр дац шуна Дела воцчу аша Iибадат дечарна‚ делахь а аса Iибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъма нахах хила‚ аьлла.
105Хьан юьхь хIоттае динна тIе догцIена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех‚ аьлла.
106Ахьа ма кхайкхалахь Дела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахьа и дахь -- тIаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх"‚− аьлла.
107Дала зенаца хьо схьалацахь -- и айдийр дерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь -- Цуьнан къинхетамна духатухург вац хьуна. И кхиадо Цо Шен лех Шена луучунна. И гечдеш верг а ву а‚ къинхетам беш верг а ву.
108Ахьа ала: "ХIай нах! Шуьга деъна бакъдерг шун Кхиош-кхобучуьнгара: нисвелларг -- шена нисвелла ву‚ тилавелларг -- шена тилавеллар ву. Со шуна тIехь векал а вац".
109Хьайга вехьица хаийтинчунна тIаьхьахIотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И -- хьукма /нийса/ дечарех диканиг ву.

Вернуться к списку сур
11.سُورَةُ هُودٍ
Сурат ХIУД(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ هُودٍ

Сурат ХIУД

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-ра. Ша хьукаме волчуьнгара‚ ша сов хууш волчуьнгараШен аяташ хьукаме дина долу‚ тIаккха къастийна жайна /КъурIан ду хIара/.
2Аша Iибадат ца дархьама Далла бен. "Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а ву"‚− аьлла.
3Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аша тоба де Цуьнга -- Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ массо дозалла долчунна шен дозалла а лур ду. Шу духадовлахь -- со кхоьру шуна доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах.
4"Деле ду шун дIадерзар. И массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву".
5Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш хьийзош, Цунах хьулдархьама. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг.
6Цхьа а дийнатдац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъа долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а, -- массо а билгалчу жайнан чохь ду.
7И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ Цуьнан Iарш хи тIехь яра‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца мелхо а диканиг. Ахьа аьлча: "Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа"‚ керстанаша аллане а эр ду: "Иза-м билггала бозбуанчалла ма дуй?"
8Оха царех Iазап тIаьхьатеттича цхьа масийтта ханна‚ цара алаза дуьтур дац: "Стено сацийна и /Iазап/?" Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царех дIатилар ма дац! Уьш шех цабешаш хилларг царех дIа ма хьаьрчира.

❖ Дакъа 2 ❖

9Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича -- и догдуьллург а‚ (Делан ниIматана) керста а ма хуьлу.
10Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу баланал тIаьхьа‚ цо алаза ма ца дуьту: "Къинош дIадахна соьх". Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу.
11Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш -- царна гечдар а‚ йоккха ял а ю.
12Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца вехьиш дуьтуш‚ цуьнца хьан дог гатлеш цара олуш хиларна: "Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цуьнца". Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо хIуманна тIехь векал ву.
13Я цара аларна: "И цо кхоьллина". Ахьа ала: "Аша даладел делахь цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу‚ кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
14Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла‚ И воцург кхин дела воцийла. Шу бусулбанаш хуьлий (шу Далла муьтIахь хуьлий)?
15Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна -- церан /дикачу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъах/ эшор бац.
16Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе а бен йоцурш. ХIаллакьхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг /пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикачух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь/.
17Ткъа шен Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш‚ цул хьалха /теш/ -- Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а /хиллачу хьолехь -- тера ву кхечаьрга?/ -- уьш цунах /КъурIанах/ тешаш бу. Тобанех цунна керсталла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунахшеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна‚ делахь а дукхахболу нах ца теша.
18Мила ву, ткъа, алсам зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хIоттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: "ХIорш ма бу шайн Дела харцвинарш‚ Делан неIалт яц, ткъа, зуламхошна?!
19Шаьш Делан новкъах /нах/ дIатилош хилла болчу‚ шаьш и талхо лууш болчу‚ -- эхартана уьш керстанаш хилла".
20Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийцо/, Дела воцург доттагIий ца хилира царна‚ тIеттIа Iазап ду царна‚ ладогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш.
21Уьш бу шаьш шайна эшам бинарш‚ царех дIатилира цара кхуллуш хилларг.
22Дуьйцийла йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш мелхо а эшнарш.
23Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-кхобучунна мукIар хилларш,-- уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
24Шина тобананмасал тера ду бIаьрзечух а -- къорачух а‚ гуш волчух а -- хезаш волчух а. Нислой уьш шиъ масалца? Шу ца кхета?

❖ Дакъа 3 ❖

25Оха Нухь вахийтира цуьнан къомана тIе: "Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву‚ аьлла.
26Далла бен аша Iибадат ца дархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Iазапах"‚− аьлла.
27Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: "Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го хьуна тIаьхьахIиттинарш, юьхьанца хьажарца‚ тхан уггар бухахь берш бен‚ тхуна ца го шун тхуна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте тхуна моттало шу харцлуьйш хилар".
28Цо /Нухьас/ элира: "ХIай сан къам‚ гой шуна со хилча сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шен гергара къинхетам а белча суна‚ шу цуьнца бIаьрзе хилла? Ткъа оха шуна тIедуьллур ду изашуна ца луушехь? (Тхуна мугур дац шуга ницIкъа дин тIелацийта).
29ХIай сан къам! Аса шуьга цунна тIехь бахам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен яц‚ со вац лелхорболуш иман диллинарш. Баккъалла а, уьш цхьаьнакхетар болуш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца‚ делахь а суна шу го ца кхеташ къам.
30ХIай сан къам! Хьан гIо дийр ду суна Делан дуьхьал аса уьш лелхийча? Аша ойла ца йо?
31Аса шуьга ца боху: "Сан гергахь Делан хазнаш ю"‚ къайлах дерг а ца хаьа суна‚ аса ца боху: "Со малик ду"‚ аса ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешаш болчарех: "Дала диканиг лур дац царна". Далла дика хаьа цаьргахь дерг -- иза дича со хир вара, баккъалла а, зуламхойх".
32Цара элира: "ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахьа‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахьа‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарех хиллехь".
33Цо элира: "И шуна доуьйтур ду Дала Шена лаахь‚ шуна ницIкъ кхочур бац /и Iазап духа тоха/.
34Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шун Кхиош-кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду".
35Я цара олу: "И цо ша кхоьллина". Ахьа ала: "Нагахь и айса кхоьллинехь -- суна тIехь ду-кх сан къинош‚ со цIена ву-кх аша дечу къинойх".

❖ Дакъа 4 ❖

36Нухье вехьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а иман дуьллур дац хьуна‚ шаьш хIинцале иман диллинчара бен‚ аьлла‚ хьо гIайгIане ма вожалахь цара деш хиллачунна.
37Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан вехьишца а‚ вист ма хилалахь Соьга зулам диначаьргахьа‚ баккъалла, уьш хин буха бохуьйтур болуш бу.
38Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий уллохула чекх мел бовлу цунах боьлура. Цо элира: "Шу тхоьх доьлу‚ тIаккха тхо шух доьлур ду, шу ма- деллара.
39ТIаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тIе Iазап догIур ду‚ цо иза сийсазвеш долу‚ лаьтташ долу Iазап шех хьаьрчар дерг мила ву".
40Тхан омра даллалц: пеш кхихкира‚ Оха элира: "Чу хьо цуннахIора тайпанех шишша‚ цо хIаллакви шена тIехь дош хьалхадаьлларг воцург‚ иман диллинарг воцург. Иман ца диллира цуьнца кIеззигчара бен.
41Цо /Нухьас/ элира: "ТIеховша цунна‚ Делан цIарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву".
42И /кема/ лелара уьш а тIехь тулгIенашна чухула лаьмнаш санна‚ Нухьас кхайкхира шен кIанте‚ и вара юьстах: "ХIай сан кIант! ТIе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца".
43Цо элира: "Со воьрзур ву лома тIе -- цо ларвийр ву со хих". Цо /Нухьас/ элира: "Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан гIуллакхах Цо шех къинхетам бинарг бен". Царна шиннена юккъе тулгIе иккхира -- иза хин буха ваханчарех хилира.
44Элира: "ХIай латта! Худа хьан хи‚ ва хIай стигал! ДIадаккха /догIа даийтар/. Хи дIаделира‚ гIуллакх кхочушхилира. Исецира Джудияхь. Элира: "Декъаза хуьлда зуламе къам".
45Нухьас кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга‚ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг! И сан кIант сан охIлах ма вуй‚ Хьан ваIда бакъ ма юй‚ Хьо хьукам дечарех уггар хьукаме верг а ма вуй!"
46Элира /Дала/: "ХIай Нухь! И хьан охIлах вац. Иза -- дика боцу болх бу. Соьга ма деха хьайна шеца Iилма доцург. Аса хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарех".
47Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг! Со ларло Хьоьца сайна Iилма шеца доцург Хьоьга дехарх. Ахьа суна ца гечдахь‚ соьх къинхетам ца бахь -- со хуьлуш ву-кх эшначарех".
48Аьллера: "ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара маршаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьоьца цхьаьна хиллачарех долчу умматашна а; Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматаш хир ду/‚ тIаккха Тхайгара лазош долчу Iазапаца лоцур долуш.
49Уьш къайленан хабарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долчу вехьишца‚ уьш хууш ца хилира хьо а‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Ахьа собар де. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю.

❖ Дакъа 5 ❖

50Iадашка а церан ваша ХIуд /ваийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Iибадат де Далла‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен.
51ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху аса. Суна мах балар Далла тIехь ду‚ Ша со кхоьллина волчу‚ шу хьекъале ца хуьлу?
52ХIай сан къам! Гечдар деха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тоба де‚ Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догIица‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо шу‚ шу дIа ма дерзалаш, къинош деш хилла".
53Цара элира: "ХIай ХIуд! Хьо ца веъна тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхан делий буьтур болуш, хьан дош бахьанехь‚ тхо дац хьох тешарш.
54Оха олу: "Тхан цхьаболчу делаша зулам дина хьуна". Цо элира: "Баккъалла а, аса Дела хIоттаво теш‚ аша тешалла де со аша /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий
55И ша /Дела/ воцучух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тIаьхьа ма татталаш со.
56Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо Шен чIаба лоцур йолушбен. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург нийсачу некъа тIехь ма ву.
57Шу дуьхьалдовлахь -- аса шуьга дIакхачийна шеца со шуьга ваийтинарг‚ сан Кхиош-кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аша Цунна цхьана а хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург -- массо хIуманан лардархо ву!"
58Тхан гIуллакх деъча‚ Оха кIелхьарабехира ХIуд а‚ цуьнца болу иман диллина хилларш а Тхайгарчу къинхетамца‚ Оха уьш кIелхьарабехира луьрачу Iазапах.
59Вуьйш Iадаш бу -- шайн Кхиош-кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна Iеса хилира‚ хIора къарлур воцчу‚ ницкъ бечу хьолан ден гIуллакхна тIаьхьахIиттира уьш.
60НеIалт тIаьхьадаьлла царна хIокху дуьненахь а‚ Къематдийнахь а. Хьовсал! Баккъалла а, Iадаша керсталла ма дина шайн Кхиош-кхобучунна. Хьовсал! Белла бовла и Iадаш‚ ХIудин къам!

❖ Дакъа 6 ❖

61Самудашна а церан ваша Салихь /ваийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу чохь дахийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тоба де‚ баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гергахь а‚ жоп луш а ву".
62Цара элира: "ХIай Салихь! Хьо ма варий тхан юккъехь хIокхул хьалха тхан дегнийн йовхо йолуш. Ахьа тхо духатуху Оха Iибадат дарах тхан дайша Iибадат динчунна. Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахьа тхо шега кхойкхучух".
63Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Делан дуьхьал‚ со Цунна Iеса хилча? Аша суна сов ца боккху эшам а бен.
64ХIай сан къам! ХIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа -- вониг ма делаш цунна. ТIаккха герга долчу Iазапо схьалоьцур ду шу".
65Цара цунна урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: "Зовкх хьега шайн цIеношкахь кхаа дийнахь. И харц йоцу ваIда ю!"
66Тхан гIуллакх деъча -- Оха кIелхьараваьккхира Салихь а‚ цуьнца иман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца цу дийнан сийсазаллах. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург нуьцкъала верг а‚ сийлахь-веза верг а ма ву.
67Зулам динарш мохьо схьалийцира -- шайн цIеношкахь /белла/ бертал бегна Iуьйранга бевлира уьш.
68Шаьш царна чохь ца лаьттинарш санна. Хьовсал! Баккъалла, самудаша керсталла дина шайн Кхиош-кхобучунна? Хьовсал! Белла бовла и самудаш!

❖ Дакъа 7 ❖

69Тхан элчанаш баьхкира ИбрахIиме кхаъца‚ цара элира: "Салам!". Цо элира: "Салам!"‚ хье ца велира и кхаьрзинчу эсица тIе ван.
70Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ цо царна инкарло йира‚ и царех кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера! Баккъалла, тхо дахкийтина ЛутIин къомана тIе" /уьш хIаллакбан/.
71Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна кхаъ баьккхира Исхьакъаца‚ Исхьакъал тIаьхьа − ЯIкъубаца.
72Цо /Сарата/ элира: "Вададай! Бер до, ткъа, аса‚ со-х къена зуда ма юй‚ хIара сан майра а къена стаг ма вуй? Ма тамашийна хIума ду хIара!"
73Цара /маликаша/ элира: "Ахьа тамаша бо Делан гIуллакхах? Делан къинхетам а‚ Цуьнан беркат а хуьлда шуна тIехь‚ хIай цIийнан охIла! Баккъалла а, Иза хастаме верг а‚ сийлахь верг а ма ву".
74ИбрахIимах кхеравалар дIадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца) къийса волавелира и ЛутIин къам бахьанехь /царна Iазап дан тIаьхьататтахьара бохуш, иман дилла мегара цара/.
75Баккъалла а, ИбрахIим собаре а‚ "ахI" дукха баьхнарг а‚ дIавирзинарга ма ву".
76ИбрахIим! Дита и‚ Хьан Кхиош-кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Iазап царна догIуш ду.
77Тхан элчанаш ЛутIина тIебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къамо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: "ХIара хала де ду!"
78Цунна тIедеара цуьнан къам‚ сиха цунна тIедирзира и‚ хьалха а хилира уьш къинош деш. Цо (ЛутIас) элира: "ХIай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цIена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашкахь! Шух цхьа а нийса стаг вац?!"
79Цара элира: "Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршкахь тхан гIуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хIун деза".
80Цо элира: "Шуьца ницкъ балхьара-кх суна‚ чIогIа гIортор елахьара тIетовжа"
81Цара /маликаша/ элира: "ХIай ЛутI! Тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна тIекхочур бац уьш‚ хьан доьзалца буьйсанан дакъошкахь новкъа вала‚ вуха ма воьрзийла шух цхьа а, хьан зуда а бен. Баккъалла а, цунах кхетар ду царех кхеттарг. Царна тоьхна хан -- Iуьйре ю. Генахь ю, ткъа, Iуьйре?"
82Тхан гIуллакх деъча‚ Оха цуьнан (ЛутIин юьртан) лакхахь ерг бухахь хилийтира‚ Оха царна тIе беккъачу поппарх тIеттIа тIулгаш делхийтира،
83Билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-кхобучун гергахь. (Массо) зуламхойх генахь дац и(иштта таIзар хила). /Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна ярташ, хIай Мухьаммад/.

❖ Дакъа 8 ❖

84Мадъянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма е. Суна гуш ду шу диканехь‚ со кхоьру шуна гуобечу дийнан Iазапах.
85ХIай къам! Кхочушъе юстар а‚ озар а нийсонца‚ ма эшае нахана шайн хIуманаш‚ ма лелалаш лаьттахула боьханиг даржадеш.
86Делан бухадуьсуршдика ду шуна шу муъма хиллехь‚ со ма вац шуна тIехь лардархо".
87Цара элира: "ХIай ШуIайб! Хьан дино омра до хьоьга тхан дайша шена Iибадат дийриг тхоьга дита олий‚ я тхан бахамехь тхайна луург дар /дита олий/? Баккъалла а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма вуй".
88Цо элира: "Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара хаза рицкъа делла суна. Суна ца лаьа шуна хилпало ян аса шуна дихкинчуьнгахь. Со деккъа диканиг лууш ву сайна ма муггу. Сан кхиам Делаца бен бац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIевоьрзу со.
89ХIай сан къам! Соьца эгIаро даллане а тIе ма даладойла шуна Нухьан къомана а‚ я ХIудан къомана а, я Салихьан къомана а хилларг. ЛутIин къам а шуна дукха генахь а ма дац.
90Шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар деха‚ тIаккха тоба де Цуьнга. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург къинхетам берг а‚ шена (шен халкъ) дезаш верг а ма ву".
91Цараэлира: "ХIай ШуIайб! Ахьа дуьйцучух дуккхачух тхо кхеташ ма дац‚ тхо хьо тхайлахь ледара гуш ма ду‚ и хьан гергарнаш бацахьара, Оха тIулгаш диттина хир ма дара хьуна‚ хьо тхуна веза верг а ма вац".
92Цо элира: "ТIкъа сан гергарнаш беза бу шуна Делал? Аша Иза-м шайн букъа тIехьахь ма витий?! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург аша дийриг чулоцуш ма ву.
93ХIай сан къам! Шайна могург де аша‚ аса а дийр ду. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлхачуьнга догIур ду и сийсазвеш долу Iазап‚ мила ву харцлуьйриг! Хьежа! Со а шуьца цхьаьна хьоьжур ву".
94Тхан гIуллакх деъча‚ Оха кIелхьараваьккхира ШуIайб а‚ цуьнца иман диллинарш а Тхайгара къинхетамца‚ зулам динарш мохьо схьалийцира‚ шайн цIеношкахь бертал кхетта Iуьйренга бевлира уьш.
95Цигахь ца баьхнарш санна /бисира уьш/. Хьовсал! Белла бовла и мадъянаш‚ Самудаш белла бовларе терра.

❖ Дакъа 9 ❖

96Муса ваийтира Оха Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а
97ФирIавне а‚ цуьнан элашка а -- ФирIавнан гIуллакхна тIаьхьахIуттуш бара уьш. ФирIавнан гIуллакх нийса ма дацара!
98Шен къомана хьалхавер ву и Къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург!
99ХIокху чохь (дуьненахь) а неIалт тIаьхьадаьлла царна‚ Къематдийнахь а. Ма вон совгIат ду-кх и ша лечунна!
100Уьш -- яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царехлаьтташ ерг ю‚ /ялта санна/ хьаькхнарг а ю.
101Оха зулам ца дина царна‚ хIетте а шаьш шайна зулам дина цара. Шайн Дела а витина, шайга кхойкхуш болчу делаша хIумма а кIелхьара ца даьккхира царех хьан Кхиош-кхобучун гIуллакх деъначул тIаьхьа. Цара тIетуьйхира царна хIаллакьхилар.
102Иштта ду хьан Кхиош-кхобучун /зуламхой Iазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ /Iазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар -- чIогIа лазош ду-кх.
103Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Iазапах кхийринчунна‚ и де ду шена тIе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гур долу.
104Оха тIаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу ханна бен.
105И де деъча сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царех декъазниг а хир ву‚ ирсениг а хир ву.
106Дакъазабевлларш -- уьш цIергахь хир бу‚ царна цигахь тийжамаш а‚ угIарш а ду.
107Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан Кхиош-кхобучунна ма луъу. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург деш ма ву шена луург.
108Амма ирсе хилларш -- бешахьхир бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш бу уьш, стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-кхобучунна ма луъу‚ ша хадалур доцу совгIат хилла.
109Хьо шеконехь ма хилалахь хIокхара Iибадат дечух. Цара Iибадат деш ма дац хьуна хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла, Оха царна кхачор ма ду шайн /Iазапан/ дакъа ца эшадеш.

❖ Дакъа 10 ❖

110Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь хилпал хилира. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах шеконан шекончохь ма бу.
111Баккъалла а, хIоранна хьан Кхиош-кхобучо банне а бекхам бийр бу шайн Iамалашца. Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву.
112Нисло‚ хьайга омра ма ди‚ хьо а, хьоьца цхьаьна ша тоба динарг а‚ /Делан дозанех/ тIех ма довла. Баккъалла а, Иза аша дийриг гуш ма ву.
113Зулам диначарна тIе ма тийжа -- цIаро схьалоьцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш бац шуна‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.
114Ламаз хIоттаде дийнан шинне юьхьехь а‚ буьйсанах а дийнан герга долчу сахьташкахь. Баккъалла а, дикачу Iамалша дIайоху вон Iамалш. Иза -- дагадаийтар ду дагадогIучарна.
115Собар де‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Iамалш ечеран ял.
116Ма ца хилира шул хьалха хиллачу тIаьхьенах бухадуьсучундай‚ шаьш /нах/ духатухуш лаьттахь дечу боьхачух Оха шаьш кIелхьарабаьхначарех цхьа кIеззиг бен. Зулам динарш тIехьабезира шайна делла хиллачу /хазачу/ хьолана‚ уьш хилира къинош деш берш.
117Хьан Кхиош-кхобург ца хилира зуламца ярташ хIаллакьеш, церан бахархой дика Iамалш еш а болуш.
118Хьан Кхиош-кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш дIа ца тила тайп-тайпана хуьлучух
119Хьан Кхиош-кхобучо шех къинхетам бинарг бен. Цунна /къинхетамна/ дуьхьа Цо уьш кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-кхобучун дош: "Юззане а юзур ю Аса жоьжахати жинех а‚ нахах массарех а"‚− аьлла долу.
120Дерриге а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чIагIдеш дерг. Цу чохь деъна хьоьга бакъдерг‚ хьехам а‚ муъма нахана дагадаийтар а.
121Ахьа ала ца тешачаьрга: "Шайн гIуллакх де шайна тар малло (шайна могуш дерг де)‚ Оха а дийр ду.
122Хьовса‚ тхо а хьовсур ду!
123Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дIадоьрзу массо гIуллакх‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна тIетовжа. Хьан Кхиош-кхобург тергал ца деш вац аша дийриг.

Вернуться к списку сур
12.سُورَةُ يُوسُفَ
Сурат ЮСУФ • Юсуф пайхамар(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ يُوسُفَ

Сурат ЮСУФ • Юсуф пайхамар

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-ра. ХIорш билгалчу жайнан аяташ ду.
2Баккъалла а, Оха доссийна иза Iарбийн дешархилла‚ шу хьекъале хила там бара.
3Оха дуьйцу хьоьга уггар хаза хабарш хьоьга вехьица хIара КъурIан даийтарца, цул хьалха хьо ца хуучарех хиллехь а.
4Юсуфа ма элира шен дега /ЯIкъубе/: "Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а‚ суна ги уьш сайна сужд деш".
5Цо /ЯIкъуба/ элира: "ХIай сан жима кIант‚ и хьайна гинарг /гIан/ ма дийцалахь хьан вежаршка -- мекарло йийр ю хьуна цара. Баккъалла а, шайтIа адамна билггала мостагI ду.
6Иштта хьан Кхиош-кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо хилларш тидан‚ Шен ниIмат хьуна кхочуш дийрдолуш ду Цо‚ ЯIкъубан доьзална а‚ Ша хьалха хьан дайшна ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург хууш верг а ву‚ хьукаме верг а ву".

❖ Дакъа 2 ❖

7Юсуфехь а‚ цуьнан вежаршкахь а делилаш ма хилира хоттучарна.
8Царама элира: "Юсуф а‚ цуьнан ваша адукхабеза вайн дена вайл‚ ткъа вай цхьа тоба ма юй‚ баккъалла а, и вайн да билггалчу тиларчохь ву-кх.
9Ве Юсуф я /кхечу/ махка дIакхосса -- шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю‚ цул тIаьхьа дика къам хир шу".
10Царех олучо элира: "Ма ве Юсуф‚ гIу чу кхосса и -- дIабоьлхуш болчарех цхьаболчара схьавоккхур ву‚ шаьш деш хиллехь" /и гIуллакх де/.
11Цараэлира: "ХIай тхан да! Ахьа хIунда ца вуьту Юсуф тхоьх тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма дуй!
12Ваийтахь и тхоьца кхана -- самукъадоккхур шена‚ ловзур шена‚ оха и Iалашвийр ву".
13Цо /ЯIкъуба/ элира: "Сан сагатдийр ма ду шу цуьнца дIадахча‚ со кхоьру и барзо ваарна, аша цуьнан терго а ца еш".
14Цара элира: "И барзо ваахь -- тхо цхьа тоба ма ю-й‚ тIаккха тхо, баккъалла а, эшнарш хир ма дара".
15ТIаккха уьш цуьнца дIабахара‚ церан барт хилира и гIунан буха кхосса. Оха хаийтира цуьнга /Юсуфе/ вехьица: ахьа дийцанне а дуьйцур ма ду цаьрга хIара церан гIуллакх, уьш ца хууш а болуш.
16Уьш баьхкира шайн да волчу суьйранна боьлхуш.
17Элира: "Тхан дада‚ тхо дахара вовшашца /довдарехь я Iад кхоссарехь/ яхье доьвла‚ Юсуф тхан хIуманийн уллохь витира оха‚ тIаккха и барзо виира‚ хьо тхоьх тешар волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а".
18Уьш баьхкира цуьнан /Юсуфан/ куча тIехь харц цIий долуш. Цо /ЯIкъуба/ элира: "Шун синоша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Хаза собар /деза-кх суна/ Дела ву-кх Шега гIо деха хьакъ верг аша хIотточу сурта тIехь".
19Цхьа дIа-схьа лелаш йолутоба еара‚ цара вахийтирашайн хи кхоьхьуш верг‚ цо шен ведар охьадахийтира‚ элира: "Кхаъ бу! ХIара кIант ву!" Цара /Юсуфан вежарша/ хьулдира и /Юсуфан гIуллакх -- и шайн ведда лай ву аьлла/ и йохка-эцаран хIума а йина‚ Дела хууш верг ма ву цара деш дерг.
20Цара /вежарша/ воьхкира и кIеззигчу мехах -- цхьа массийта дирхIамех. Цуьнгахь уьш хилира кIеззиг хIуманах тоам бечарех.

❖ Дакъа 3 ❖

21Мисрара и ша эцначо шен зудчуьнга элира: "Хазделахь цуьнан Iар‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай вайна кIант вина лоцур иза". Иштта Оха чIагIвира Юсуф лаьттахь‚ Оха цунна хилларш тида Iаморхьама‚ Дела шен гIуллакха тIехь толам боккхуш ву‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хьаа-кх.
22И пхийттара ваьлча, Оха цунна хьукам а‚ Iилма а делира. Иштта бекхам бо Оха дикачарна.
23Иза шен цIа чохь волу зуда и Iехо гIоьртира‚ цо неIарш дIакъевлира‚ элира: "Схьавола!" Цо /Юсуфа/ элира: "Дала ларвойла! Баккъалла а, иза /хьан майра/ сан эла ву‚ цо сан Iар хаза дина‚ баккхийбуьйр бац зуламхой".
24Цуннаи везара‚ цунна /Юсуфана/ и езара‚ шен Кхиош-Кхобучуьнгара делилца гинехьара /зина дийр дара цо/. Иштта /дира Дала/ цунах вониг а‚ боьханиг а дIадаккхархьама. Баккъалла, и Тхан цIеначу лех ву.
25Цу шиммохьалхадаларх къевсира неIарна тIе‚ цо (Зулейхас) цуьнан (Юсуфан) коч ятIийра тIехьахула‚ неIарна уллохь царна карийра цуьнан эла. Цо (Зулейхас) элира: "ХIун бекхам бу хьан охIланна вониг луучунна: я и набахти чу ца воьлча‚ я лазош долу Iазап бен?"
26Цо (Юсуфа) элира: "И гIоьртира со Iехо". Цуьнан (зудчун -- Зулейхан) охIлах цхьана тешо тешалла дира: "Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьттIа елахь -- и бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарех ву.
27Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьттIа елахь -- и харц ю‚ ткъа иза бакълуьйчарех ву".
28Шена цуьнан коч тIехьахула яьттIа гича‚ цо /майрачо/ элира: "Шун /зударийн/ мекарлонах ду-кх хIара‚ баккъалла а, шун мекарло йоккха ю-кх.
29Юсуф‚ хьо дIаверза хIокхунах. Ткъа ахьа /Зулейха/ хьан къинан гечдар деха‚ баккъалла а, хьо галъяьллачарех хили".

❖ Дакъа 4 ❖

30ГIалахь зударша элира: "Элан зуда цхьа къонах (шен лай) шеца Iехо гIиртира‚ ткъа цо безамах юзийна и. Баккъалла а, вайна ма го и билггалчу тиларчохь".
31Шена церан мекарло хезча‚ цо царна тIе /цхьаъ/ вахийтира. Царна тевжийлакечйира‚ царех хIоранга а урс делира‚ тIаккха элира /Юсуфе/: "Аравала царна!" Шайна и гича, цара и вазвира‚ шайн куьйгаш хедийра‚ элира: "МашшалахI! ХIара адам а дац! ХIара сийлахь малик ду!"
32Цо /Зулейхас/ элира: "И ву-кх шуна аша суна шегахь бехкаш бехнарг! Со и Iехо ма гIоьртира -- и чIагIвелира. Аса шега омра дийриг цо ца дахь‚ набахти чувуллур ву и‚ и хир ву ладам боцучарех".
33Цо /Юсуфа/ элира: "Со Кхиош-кхобуш волу Дела‚ набахти дукхох еза суна, цара со шайна тIе кхойкхучул‚ церан мекарло Ахьа соьх дIа ца яккхахь‚ со царна тIехьаьвзар ву -- тIаккха со жаьхIал нахах хир ма ву".
34Шен Кхиош-Кхобучо жоп делира цунна‚ цунах дIаяьккхира церан (зударийн) мекарло. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
35Шайна делилаш гиначул тIаьхьа, царна дагадеара и цхьана ханна набахти чуволла.

❖ Дакъа 5 ❖

36Цуьнца цхьаьна набахти чохьавелира ши къонах. Цу шиннех цхьаммо элира: "Суна суо гоайса чагIар Iовдуш". Вукхо элира: "Суна суо го сан коьрта тIехь айса кхаллар кхоьхьуш‚ цунах олхазарша дууш. Хаамбе тхуна цуьнан тидарах. Баккъалла а, тхуна хьо го дикачарех".
37Цо элира: "Шуна шиннена тIе шуна луш болу кхача богIур ма бац аса шуна цуьнан тидарах хаам ца беш и шуьга кхачале. И ду шуна сан Кхиош-кхобучо со Iамийначух. Аса дитина ша Делах цатешачу‚ ша эхартана керста долчу къоман дин.
38Со тIаьхьаваьзна сан дайн ИбрахIиман‚ Исхьакъан‚ ЯIкъубан динна. Тхуна ца хилла цхьана а хIуманца Делаца накъост лацар. И Делан комаьршаллах ду тхуна а‚ нахана а‚ делахь а дукхахболчу наха баркалла ца олу.
39ХIай сан набахтин ши накъост! Тайп-тайпана делий бу дика я Ша цхьаъ волу‚ нуьцкъала волу АллахI-Дела ву?
40И витина аша шена Iибадат дийриг еккъа цIераш ма ю‚ аша шаьш техкина йолу‚ шун дайша техкина йолу‚ царна цхьа а делил Дала доссийна ма дац. Хьукам Делан бен ма дац. Цо омра дина Шена бен Iибадат ма де‚ аьлла. И ду мехала дин‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
41ХIай сан набахтин ши накъост! Шуна цхьаммо шен элана чагIар малор ду‚ ткъа важа ирх уллур ву‚ цуьнан коьртах олхазарша буур бу. Кхочушхили гIуллакх‚ аша шайх хоьттуш долу".
42Цо элира шена царех кIелхьара вер ву моьттучуьнга: "Хьан элана гергахь со хьахавелахь". ШайтIано дицдалийтира цунна шен элана и хьахавар. ТIаккха и висира набахти чохь цхьа масийтта шарахь.

❖ Дакъа 6 ❖

43/Мисран/ паччахьо элира: "Суна го ворхI берстина етт ворхI эзачо бууш‚ ворхI баьццара кенаш‚ вуьйш бакъабелла. ХIай элий! Сацамбел суна сан гIенах лаьцна, шаьш гIенаш туьдуш хиллехь".
44Цараэлира: "Вовшех ийнагIенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гIенаш тида хууш дац".
45Цу шиннех кIелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: "Аса дуьйцур ду шуна оцунан тидарах‚ со вахийта".
46"Юсуф! ХIай бакълуьйш верг! Сацамбе тхуна (гIан тидарца) ворхI берстинчу етах‚ шаьш боуш болчу ворхI эзачо‚ ворхI баьццара кенашкахь а‚ вуьйш бакъабеллачаьргахь а‚ со вухаверза мегара нахана тIе‚ царна хаа мегара".
47Цо /Юсуфа/ элира: "ВорхI шарахь тIеттIа аша дика ялта дуьйр ду‚ шаьш гулдинарг -- диталаш иза каначохь шаьш дуучух цхьакIеззиг доцург.
48ТIаккха цул тIаьхьа ворхI халанашдогIур ду: цара дуур ду аша царна хьалха кечдинарг аша Iалашдер долчух цхьакIеззиг дерг доцург.
49ТIаккха цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана дика догIа доьлхур долуш‚ шена чохь цара Iовдур долуш".

❖ Дакъа 7 ❖

50Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза (Юсуф)". Шена тIевахийтинарг веъча‚ цо (Юсуфа) элира: "Хьада, вухаверза хьайн элана тIе‚ хатта цуьнга: "ХIун бала бу шайн куьйгаш хедийнчу зударийн? Баккъалла а, сан Кхиош -- кхобург церан мекарлонаш хууш ма ву".
51Цо (элас) элира: "ХIун гIуллакх дара шун‚ шу и Юсуф Iехо гIерташ?" Цара элира: "Дала лардойла! Тхуна ца хии оцунах цхьа а вониг". Эланзудчо элира: "ХIинца гучадаьлла бакъдерг. Со гIоьртира и Iехо‚ и бакълуьйчарех ву.
52Иза /олу аса/ -- цуннахаархьама аса шена къайлах тешнабехк бина цахилар. Дела а вуйла нис ца еш тешнабехк бечийн мекарло.
53Аса цIан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-кхобучо къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву" (и дешнаш Зулейханан ду, аьлла. Дукхохчара Юсуфан ду, аьлла).
54Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза. Аса сайна /гIоьнча/ хоржур ву иза". Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: "Хьо тахана тхан гергахь чIогIа верг а ву‚ тешаме верг а ву".
55Цо (Юсуфа) элира: "Со лаьттан хазнийн тIехIоттаве‚ со Iалашдийриг а ву‚ хуург а ву".
56Иштта чIагIвира Оха Юсуф лаьттахь‚ цуьнан шена луучохь ваха хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачийн ял ца эшайо Оха.

❖ Дакъа 8 ❖

57Ткъа баккалла а, эхартан ял дика ю иман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна.
58Юсуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чу бахара уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца вевзира.
59Ша уьш шайн гIирсаца кечбинчул тIаьхьа‚ цо элира: "Шайн ден агIорхьара волу шайн ваша валаве. Шуна ца го: аса нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тIедуссучарех диканиг ву.
60Аша суна и ца валавахь -- шуна барам бац сан гергахь‚ суна герга ма дуьйлалаш".
61Цара /Юсуфан вежарша/ элира: "Оха цуьнан да тилавийр ву цунах‚ баккъалла а, Оха /кхочуш/ дийр ду". (Тхо хьовсур ду и шен дегара схьаваккха).
62Шен ялхошка цо /Юсуфа/ элира: "Церан хIуманаш шайн киранийн чу дIаехка; шайн доьзална тIебирзича царна уьш йовза мегара‚ уьш бухаберза мегара".
63Шайн дена тIе бухабирзича, цара элира: "ХIай дада! /КIан/ барам бухатоьхна тхоьх‚ и тхан ваша ваийта тхоьца -- барамбийр бу оха ‚ тхо цунна Iалашдархой хир ду".
64Цо /ЯIкъуба/ элира: "И шух тешна вуьтур варий аса‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг".
65Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хIуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: "ХIай дада! ХIун лоьху вай? Вайн хIуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цIийнан охIла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Iалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха барам цхьана эмкална. И барам атта бу-кх".
66Цо /ЯIкъуба/ элира: "Аса ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аша суна Делаца чIагIо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хIума ца хилахь". Цара шена дуй биъча‚ цо элира: "Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)".
67/ЯIкъуба/ элира: "ХIай сан кIентий! Цхьана неIарехула чу ма гIолаш. Башх-башха неIаршкахула чу гIолаш. Шу хIумма кIелхьара даха ца ло суна Делера. Хьукам Цуьнгахь бен дац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIетевжийла шаьш тевжаш берш".
68Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра диначухула и ца хиллера царех Делера хIумма кIелхьарадаккха‚ деккъа ЯIкьубан шегахь цхьа хьашт бен -- цо и кхочушдира. Баккъалла а, и Iилма долуш верг ву Оха шена Iамийначунна‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.

❖ Дакъа 9 ❖

69Уьш Юсуф волчу чу баьхкича‚ цо шен вашашена тIеийцира‚ элира: "Баккъалла а, со хьан ваша ву. Ахьа са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца".
70Ша царна кечбинчул тIаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кадбиллира цо. ТIаккха кхойкхучо кхайкхира: "ХIай ковра /къепал/! Шу къуй ду!"
71Цара /вежарша/ элира‚ шаьш царна тIебаьхкина: "ХIун яйна шун?"
72Цараэлира: "Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу. Аса дош ло цунна тIера".
73Цара /вежарша/ элира: "ВаллахIи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина ма дацара‚ къуй ма дацара тхо".
74Цараэлира: "ХIун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?"
75Элира /вежарша/: "Цуьнан бекхам -- шен мохьан чохь и карийнарг -- и ша ву цуьнан бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхойн".
76И волавелира /яйна хIума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚ тIаккха и /кад/ арабаьккхира цо шен вешин киран чуьра. Иштта хIилла дира Оха Юсуфна. Шен ваша схьалоцийла дацара цуьнан (иштта а бен) паччахьан динехьДалла лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Iилма долчунна тIехь а Iилма дерг ву Иза /Дела/.
77Цара элира: "Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра". И шегахь хьулдираЮсуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /шега/: "Вон ду-кх шу меттигаца. Дела дика хууш ву-кх аша сурт хIотториг".
78Цара элира: "ХIай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхоьх цхьаъ лацахьа цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарех гуш ма вара".
79Цо элира: "Дала лардойла Оха тхан хIума шегахь карийнарг бен ца лацарх! ТIаккха тхо зуламхой хир ма дарий".

❖ Дакъа 10 ❖

80Шаьш цунахдог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царех воккхачо элира: "Шуна хаьий шун дас шуьгара Делаца дуй эцна хилар‚ аша хьалха Юсуфехь ледарло ялийтира. Со хIокху лаьттара дIавоьрзур вац сан дас суна пурба лахь бен‚ я Дала суна хьукма дахь бен. Иза хьукам дечарех диканиг ву.
81Шу духадерза шайн дена тIе‚ аша ала: "Дада! Хьан кIанта къола дина‚ Оха тешалла дина ма дац тхайна хууш хиллачуьнций бен‚ тхо ца хилла къайле ларъеш а.
82Хатта хьайна тхо шена чохь хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Тхо бакълуьйш ду-кх".
83Цо (ЯIкъуба) элира: "ХIаъ! Шуна догIмаша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар ду-кх /суна/ хазаниг. Дала уьш берриге схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза -- хууш верг а ву‚ хьикмате верг а ву".
84Царех дIавирзира иза‚ элира: "Ма лазам бу-кх сан Юсуф бахьанехь". ГIайгIа ярца бIаьргаш кIайбелира цуьнан‚ и сатухуш вара.
85Цара элира: "ВаллахIи‚ Юсуф хьехорах хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц‚ я хIаллакьхиллалц".
86Цо элира: "Аса-м Деле белхабой сан бала а‚ сан гIайгIа а‚ со хууш ву Делера шуна ца хуург а.
87ХIай сан кIентий! ДIагIо‚ хаа Юсуфах а, цуьнан вешех а /лаьцна/. Делан къинхетамах дог ма дилла. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу къомо а бен".
88Шаьш и (Юсуф) волчу баьхкича‚ цара элира: "ХIай веза эла! Тхо а‚ тхан /цIийнан/ охIла а баланолаьцна. Тхо даьхкина цхьа кIез-мезиг хIуманаш йохьуш -- кхочуш барам бехьа тхуна‚ сагIа лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагIа доккхучарна".
89Цо /Юсуфа/ элира: "Шуна хиъний‚ шаьш хIун дира Юсуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш жехIалдолуш?"
90Цара элира: "Баккъалла а, хьо вуй Юсуф?". Цо элира: "Со Юсуф а ву. ХIара сан ваша а ву. Дала къинхетам бина тхоьх. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял".
91Цара элира: "ВаллахIи‚ Дала тхоьл вазвина хьо‚ тхо хили-кх гIалат девлларш!"
92Цо элира: "ТIехтохам ца бо шуна тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре къинхетаме верг ма ву.
93Хьада‚ хIара сан коч а эций, дIагIо‚ сан ден юьхьах тоха и -- бIаьрса догIур ду цуьнан. Массо а шайн /цIийнан/ охIла а тIехь суна тIе дуьйла".

❖ Дакъа 11 ❖

94Ковра /къепал/ араяьлча‚ церан дас (ЯIкъуба) элира: "Баккъалла а, Юсуфан хьожа йогIуш ву-кх со‚ аша со Iовдал ма ларахьара".
95Цараэлира: "ВаллахIи‚ хьайн ширачу тиларчохь ву-кх хьо!"
96Кхаъ боккхург /хаамча/ веъча, цо и (Юсуфан коч) туьйхира цуьнан (ЯIкъубан) юхьах -- цуьнан бIаьрса духадеара‚ цо элира: "Аса ца аьллера шуьга: суна Делера шуна ца хуург а хаьа".
97Цара элира: "Тхан да! Тхан къиношна гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалат девлла".
98Цо элира: "ТIаьхьа доьхур ду аса сан Кхиош-кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а, Иза -- гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву".
99УьшЮсуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана шена тIеийцира цо‚ элира: "Чоьхьа довла Мисрана‚ Далла лиънехь‚ маьрша!"
100Шен да-нана тажана тIе айбира цо‚ уьш цунна суждане бийгира. Цо элира: "Дада‚ хIара ду-кх суна хьалха гинчунтидар‚ сан Кхиош-кхобучо бакъ дина иза‚ суна диканаш дина Цо -- со араваьккхи набахти чуьра‚ шу далина гIум арара шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург тIех кхетаме ву-кх Шена луучунна. Иза хууш верг а ву‚ хьикмате верг а ву.
101Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш тида а Iамийна Ахьа со‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг -- Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а‚ Ахьа со валийталахь бусулба хьолехь‚ со тохалахь дикачарех!"

❖ Дакъа 12 ❖

102И къайлечу хабарех ду‚ Оха хьоьга хоуьйтуш вехьица. Хьо вацара царна гергахь уьш шайн гIуллакхна барта бахча, шаьш мекарло еш.
103Дукхахболу нах хьуна мел лиъча а тешар бац /Делах/.
104Ахьа цаьрга цу тIехь мах ца боьху. Иза беккъа хьехам бу--кх Iаламашна!
105Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Iаламатех тIехбовлу уьш‚ царех дIабоьрзуш /ойла ца еш/.
106Царех дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш бен.
107Уьш кхерам боцуш хилла-те шайна тIе Делан Iазапах хьулдеш дерг дарах‚ я цIеххьана шайна тIе сахьтдарах‚ шайна а ца хууш?
108Ахьа ала: "ХIара сан некъ бу‚ аса Деле кхойкху‚ билгала долчу Iилманна тIехь ву со а‚ суна тIаьхьахIоьттинарг а‚ вочух цIанво аса и Дела‚ со ма вац /Делаца/ накъост лоцучарех".
109Хьоьл хьалха а яртийн нахах божарий бен ца бахийтира Оха‚ шайга вехьица Оха хаам луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха хиллачийн тIаьхье? Эхартан цIа дика ма ду /Делах/ кхийринчарна‚ шу хьекъале ца хуьлу?
110Хьатта элчанаша дог диллича‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттича‚ Тхан гIо догIура цаьрга‚ кIелхьаравоккхура Тхуна луург. Тхан ницкъ буха тухур ма бац къинош динчу нахах.
111Царех лаьцначу дийцарна чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац кхоьллина хабар -- и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хIуманан къастадара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а, тешаш болчу нахана.

Вернуться к списку сур
13.سُورَةُ الرَّعْدِ
Сурат АР-РАIД • Ткъес(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الرَّعْدِ

Сурат АР-РАIД • Ткъес

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим-ра. ХIорш жайнан аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара доссинарг -- бакъдерг ду‚ делахь а дукхахболу нах ца теша.
2Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш бIогIам а боцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла И Iарша тIехь‚ малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо -- массо а дIа-схьаоьху тоьхна ханна. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху -- шу шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьаьнакхетарх теша мегар-кха.
3Иза ву латта даржийнарг‚ цунна тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо стоьмах цунна /лаьтта/ тIехь Цо хилийтина ши тайпа‚ буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана.
4Лаьттахь ул-уллохь дакъой ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду тухуш царех‚ царех цхьаерш вукхарел язйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана.
5Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхоьх латта хилча керлачу кхолларна чохь хир ду тхо‚ (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-кхобучунна керсталла динарш‚ церан логийх буржулш ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
6Хьо сихвеш ву цара вочуьнцадикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш ву нахана церан зуламна тIехь. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-кхобург чIогIаниг а ву бекхамца.
7Цатешачара олу: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил доссинехьара цуьнга!" Хьо дIахоуьйтург ву. ХIора халкъана баьчча ву.

❖ Дакъа 2 ❖

8Далла хаьа хIор стен (сева хIуманано) /кийрахь/ хьош дерг‚ беран цIийнан тIераэшар а‚ тIекхетар а‚ массо хIума Цуьнан гергахь барамца ду.
9Къайлах дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза.
10/Цу Далла/ цхьанийсса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буьйсанна хьуллеш верг а‚ дийнахь дIа-схьа уьдуш верг а.
11Цунна (адамна) шен хьалхахула а‚ шен тIехьахула а шеца цхьаьна леларшду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омрица. Баккъалла а, Дала нахана хIумма а ца хийцадо, цара шаьш шайна хийцадаллац. Далла нахана вониг лиъча, цунна бухатохам бац‚ И воцург урхалчама вац царна.
12И ву шуна кхерамца а‚ догдахарца а ткъес гойтуьйтуш верг‚ Цо кхиайо еза марха.
13Стигал къовкъаро а, Цунна хастам барца‚ маликаша а, Цунах кхерарца, тасбахь до‚ стелахаьштигаш дохуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делехьа къуьйсуш болуш‚ Иза -- ницкъанан чIогIаниг ву.
14Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш -- цхьана а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хичахула шайн куьйгаш даржийначух, иза шен бага дахийта. Ткъа и ца гIо цига. Цатешачеран доIа ма дац тиларчохь бен.
15Далла сужд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг лууш-ца лууш а‚ церан IиндагIаш а /ду Цунна сужд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а.
16Ала: "Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?" Ала: "Дела ву". Ала: "Ткъа, Иза а вуьтий, верасаш лоцу аша‚ шайн догIмашна пайда а‚ я зен шайн долахь боцу?" Ала: "Нислой, ткъа, бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я нислой, ткъа, боданаш а‚ нур а?" Я Далла царах накъостий хилийтина‚ цара кхоьллина Цо кхуллуш санна? Кхоллар тарделла царна? Ахьа ала: "Массо а хIуманан кхоллархову Дела. И ша цхьа верг а‚ ницкъберг а ву".
17Цо доссийна стиглара хи-- тулгIенаш Iоврашца ихира шайн барамехь‚ Iовро яьхьира аййелла чопа‚ цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш лоьхуш ягаечух а, чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш.
18Шен Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна хазаниг (ялсамани) ду. Цунна жоп ца деллачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (ялсаманих) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и!

❖ Дакъа 3 ❖

19Ткъа хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚
20Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚
21Шаьш хуттуш болчара Дала хутту‚ аьлла, омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а.
22Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттиначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъанх харжйиначара а къайлах а‚ гучохь а‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚-- царна ю-кх дахарантIаьхье‚
23Iаднанбошмаш -- царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьретах а дика мел динарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула.
24"Машар шуна аша собар дарна". Ма дика ю дахаран тIаьхье!
25Шаьш Делан ваIда йохош болчарна цуьнан барт хиллачул тIаьхьа‚ Дала хутту аьлларг хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна -- царна неIалт ду‚ царна вон цIаду.
26Дала рицкъа кховдадо Шена луучунна‚ барам а бо. Баккхийбоь уьш дуьненан дахарах. Дуьненан дахар ма дац эхартаца дуьстича цхьа хIумалг бен.

❖ Дакъа 4 ❖

27Цатешначара олу: "Цуьнга доссина хиллехьара шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил". Ахьа ала: "Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша вирзинарг.
28Иман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехорца тем хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехорца ца хуьлу дегнашна тем?
29Иман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна -- дика ду‚ хаза чугIойла ю.
30Иштта вахийтина Оха хьо къомана тIе -- цул хьалха а дIадахара къаьмнаш -- ахьа царна дешархьама Оха хьайга вехьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керсталла деш болуш. Ахьа ала: "Иза сан Кхиош-кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тIетевжина со‚ Цуьнга ду сан тоба дар".
31КъурIанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта тийдинехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара -- тIаккха иман дуьллур дацара цара/. ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге. Ткъа иман диллинчара дог ца диллина‚ Далла лаахьара нах берриге Цо нисбина хирг хиларх? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царех кхиарах ца соцу бала‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан ваIда яллац. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваIда тоьхна хан.

❖ Дакъа 5 ❖

32Хьоьл хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Аса хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Аса /Iазапаца/ схьалецира уьш‚ муха хилира сан таIзар?!
33Ткъа И Ша хIора сина тIехIоьттинарг‚ /хууш цу сино шена/ карийнарг /тера ву кхечарех/? Далла накъостий хилийтина цара. Ахьа ала: "ЦIераш яха церан! Я аша Цуьнга дуьйцур ду Цунна ца хуург лаьттахь‚ я гучахь долу дош ду /и аша дуьйцург/?\" ХIаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хIилла‚ новкъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисван лур волуш/.
34Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап мелхо а хала ду‚ ма вац царна шаьш Делах /Цуьнан Iазапах/ лардан цхьа а.
35/Делах/ кхоьручарна ваIда йина йолчу бешанмасал ду шена бухахула татолаш оьхуш долу: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю!
36Оха шайга жайна делларш бакхийбуьйш бу хьоьга доссийначуьнца. Тобанех ю цуьнан цхьадолчунна инкарло еш ерг. Ахьа ала: "Суна омра дина аса Далла Iибадат дан а‚ Цуьнца накъост цалацар а‚ аса Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а"
37Иштта доссийра Оха и /КъурIан/ Iарбийн /маттахь/ хьукам хилла. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа -- Делера вали а вац хьуна‚ лардархо а вац.

❖ Дакъа 6 ❖

38Хьоьл хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зуьрет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а жайна ду.
39Дала Шена луург дойу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнан гергахь жайнан нанаю.
40Я Оха гайтанне а гойтур ду хьоьга Оха царна ваIда йиначух цхьадерш‚ я Оха хьо волуьйтур ву (уьш ца гойтуш) -- хьуна тIехь (хьайга Дала делларг нахе) дIахаийтар ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду.
41Царнаца го-те Тхо лаьтте догIуш хилар и эшош шен йисташкара /ярташа ислам эцарца/? Дала до хьукам‚ Цуьнан хьукамна новкъарло ерг ма вац. И ву хьесапца сиха верг.
42Царел хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делан ю мекарло /йохор/ ерриге а. Цунна хаьа хIор сино карош дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьан хир ю цIийнан тIаьхье.
43Цатешачара олу: "Хьо ваийтинарг вац"‚ ахьа ала: "Кхачойина Дала теш хиларца суна а, шуна а юккъехь‚ шен гергахь жайнан Iилмадолчо а".

Вернуться к списку сур
14.سُورَةُ إِبْرَاهِيمَ
Сурат ИБРАХIИМ(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ إِبْرَاهِيمَ

Сурат ИБРАХIИМ • Маккахь доьссина, 52 аят

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах бодашкара серлонга арабахийтархьама -- шайн Кхиош-кхобучун пурбанца ша веза волчуьнан‚ ша хастаме волчуьнан некъа тIе‚
2Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. Бала бу-кх цатешачарна чIогIачу Iазапах.
3Ишттаниш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал сов дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, -- уьш генарчу тиларчохь ма бу.
4Оха ца ваийтина цхьа а элча цуьнан нехан маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
5Оха Муса вахийтира Тхан аяташца: "Арадаккха хьан къам бодашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайн дукхахилла/ денош"‚− аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а.
6Мусас аьллера шен къоме: "Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьарадехира шу ФирIавнан доьзалах‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош болчу‚ шун кIентий бойуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара доккха зер ду шуна".

❖ Дакъа 2 ❖

7Шун Кхиош-кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Аса совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аша керстаналла дича Сан Iазап чIогIа ду!"
8Мусас элира: "Керстаналла дахь аша а‚ массо лаьттахь мел волчо а, -- баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву".
9Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран − Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царел тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца -- шайн куьйгаш шайн багенашка дохуьйтурацара‚ элира: "Оха керстаналла дина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аша тхо шена тIекхойкхучух".
10Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIехьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билгала делил".
11Церан элчанаш цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а Дала Шен лех Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил даладойла ца хилла тхан Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
12Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе -- Цо тхо нис ма дина тхан некъашна тIе‚ оха собардийр ма ду аша тхуна йинчу халонашкахь‚ шаьш тевжаш берш Далла тIетевжийла!"

❖ Дакъа 3 ❖

13Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ду шу тхан лаьттара /махкара/ я шу тхан дине доьрзур ду". Церга церан Кхиош-кхобучо вехьица хаийтира: "Банне а хIаллакбийр бу Оха зуламхой‚
14Оха шу даха ховшор ду лаьттахь царел тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша хIоттарх кхоьруш волчунна‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна".
15Царатолам бийхира -- ийшира массо вухахьара Iазапхо.
16Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ ноткъан хих малор ду цунна.
17Цо къурд бийр бу оцунах‚ герга вац и худа -- массо меттигера цунна тIе валар догIу‚ и лан ца ло‚ цуьнан тIехьахула луьра Iазап ду.
18Шайн Кхиош-кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш чимах тера ю, буьрсачу дийнахь шеца мох чIагIбелла болчу. Шаьш тардинчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
19Хьуна ца гина Дала стигланаш а‚ латта а кхоьллина хилар хьакъ-бакъ? Шена лаахь Цо шу дIа а дахийтина, керла халкъ далор ду.
20И Далла дезза (хала хIума) дац.
21Далла гучабовлур бу берриге /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр кура хиллачаьрга: "Тхо хилира /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуттуш. Шуна яккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр: "Дала тхо нисдинехьара -- оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду тхо синтем байна хьийзича а‚ я тхо собар деш Iийча а -- тхуна кIелхьарадовлар дац".

❖ Дакъа 4 ❖

22ШайтIано эр ду /къематдийнахь/ гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца -- аса тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, аса шуьга кхайкхар бен -- аша суна жоп делира. Суна бехкаш ма баха -- шайна бехкаш баха. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Аса керстаналла дина аша со хьалха накъост лаьцна хиларна". Баккъалла а, зуламхошна лазош долу Iазап ду.
23Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубоьхкина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ шаьш гуттар цу чохь лаьтташ шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" ду.
24Хьуна ца гина‚ муха масал далийна Дала хазачу дашах -- и хазачу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.
25Шен даарло цо массо хенахь шен Кхиош-кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана -- цара ойла йийр яцара-те!
26Боьхачу дешан масал -- боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера -- чIагIо яц цуьнан.
27Дала чIагIбо иман диллинарш чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала Шена луъург до.

❖ Дакъа 5 ❖

28Хьуна ца гина шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинарш‚ шайн халкъ хIаллакьхиллачу цIа чу охьа ма биссий цара
29Жоьжахатин чу -- цу чохь бегар бу уьш. Ма вон чIагIо ю-кх!
30Далла накъостий хилийтира цара -- Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала: "Зовкх хьега шайна -- шун дIадахар цIерга ду".
31Ахьа ала Сан иман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанх харж йойла /Делан новкъах/ къайлах а‚ гуш а шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/ де дале хьалха.
32Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо доссийна стиглара хи‚ цуьнца стоьмех шуна рицкъа даьккхина Цо. Шуна муьтIахь дина Цо кема, и лелархьама хIорда чохь Цуьнан омрица‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.
33Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ -- и шиъ ца соццуш болх беш болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.
34Массо аша шех дехначух шуна делла Цо. Делан ниIматаш аша дагардахь -- дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам зуламе а ма ду‚ баркалла олуш а ма дац.

❖ Дакъа 6 ❖

35ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хилийталахь хIара мохк кхерам боцуш‚ со а‚ сан кIентий а гена бахалахь жIарашна Iибадат дарх.
36Со Кхиош-кхобушверг‚ цара тила ма бина нахах дукхахберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг -- соьх ву‚ суна Iеса хилларг, -- баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх.
37Тхан Кхиош-кхобург! Аса даха хаий сан зуьрет ялта доцчу боьрахь Хьан сийлахь долчу цIийнан уллохь. Тхан Кхиош-кхобург! Ламаз хIоттадойла цара‚ нехан дегнаш цергахьа шовкъ йолуш хилийталахь‚ стоьмех рицкъа лолахь царна -- цара баркалла ала мегара.
38Тхан Кхиош-кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха дIахьедориг а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.
39Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург доIа хезаш верг ву-кх.
40Сан Кхиош-кхобург‚ соьх хилийталахь ламаз хIоттадийриг‚ сан зуьретах а /хилийталахь дика Iамалш ерш берш/. Тхан Кхиош-кхобург‚ сан доIа къобалделахь.
41Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу дийнахь".

❖ Дакъа 7 ❖

42Хьуна ма мотталахь Дела гIовпал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш шена чохь бIаьргаш ирх кхетта хир болчу /къемат/ дийне.
43Сиха гIур бу уьшшайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар духадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш хIаваъ хир ду.
44Ахьа кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ тIаккха шаьш зулам диначара эр ду: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо гергарчу ханна -- Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дIатилар дац, бохуш?
45Шу охьахевшира шайна зуламаш диначерийн гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.
46Шайн мекарло йира цара‚ Далла гергахь ю церан мекарло‚ церан мекарло хиллехь ша лаьмнаш дIадохуьйтуш.
47Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шен берг а ву.
48Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ -- уьш цхьаъ волчу‚ нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.
49Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш буржулашца /зIенашца/ бихкина.
50Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIалоцур ю
51Дала бекхам балархьама хIора сина ша карийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарца сиханиг ву.
52ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдерш кхетархьама а.

Вернуться к списку сур
15.سُورَةُ ٱلْحِجْرِ
Сурат АЛЬ-ХЬИДЖР • Хьиджр(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْحِجْرِ

Сурат АЛЬ-ХЬИДЖР • Хьиджр

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-ра. Уьш жайнан а‚ билгалчу КъурIанан а аяташ ду.
2Цатешнарш хила мега шаьш бусулбанаш хила лууш.
3Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро юкъахбоху уьш /иманах/‚ тIаьхьа хуур ду царна.
4Цхьа а юрт хIаллак ца йина Оха цуьнан /хIаллак ян/ хьалха тоьхна билгала хан йолуш бен.
5Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалха дер ма дац‚ тIаьхьа дуьсур а ма дац.
6Цара элира: "ХIай, хьайга кхерам тасар доссош хилларг! Хьо жинийх ву!
7Маликаш хIунда ца даладо ахьа тхуна‚ хьуо бакълуьйчарех хиллехь?"
8Маликаш ца доссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /Iазапах/ тIехьатеттинарш хир бацара.
9Оха боссийна и хьехам (КъурIан). Оха и Iалашбийр а бу.
10Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.
11Цхьа а элча ца веъна цаьрга, уьш иза сийсазвеш хуьлуш бен.
12Иштта дуьллу Оха къинош дечийн дегнашка /иза/.
13Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.
14Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьала бовлуш,
15Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуанчалла дина нах ду".

❖ Дакъа 2 ❖

16СтиглахьгIаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна.
17Массо тIулгашца эккхош долчу шайтIанах илар а йина Оха.
18Ша къайлах ладугIуш доцучух -- цуьнан тIехьа болу билгала болу седа.
19Латта а даржийна Оха‚ цу чу лаьмнаш а кхиссина‚ цу чохь далийтина Оха хIора барам болчу хIуманах.
20Оха цу чохьбахам хилийтина шуна а‚ аша шайна рицкъа луш ца хиллачарна а /аккхарой, олхазарш,../.
21Цхьа а хIума яц Тхан гергахь шен хазна йоцуш‚ Оха и охьайоуьйту хууш болчу барамца.
22Оха дахийтина беркате мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха -- и малийна Оха шуна -- шу дац и /дIадиллина/ латтош.
23Баккъалла а, Оха дендолуьйту‚ Оха долуьйту‚ Тхо ду верасаш.
24Шух хьалхабевлларш а хиъна Тхуна, тIаьхьа буьсурш а хиъна.
25Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург -- И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву.
26Оха адам кхоьллира бекъачу, ша нисбина хиллачу поппарх.
27Жинаш кхоьллира Оха хьалха тов хьийзочу цIарах.
28Хьан Кхиош-кхобучо маликашка аьллера: "Со воллу адам кхолла бекъачу, ша нисбина хиллачу поппарх.
29Аса и нисдича‚ Сан сих цу чу са диллича -- шу цунна суждане дегалаш".
30Маликаша массара сужд дира.
31Иблис доцург -- и дуьхьалделира сужд дечаьрца хила.
32Цо (Дала) элира: "Хьуна хIун ду сужд дечаьрца ца хила?"
33Цо (иблисо) элира: "Со хир дац сужд деш адамна‚ Ахьа ша кхоьллина долчу бекъачу, ша нисбина хиллачу поппарх".
34Цо (Дала) элира: "Арадала цу чуьра! Хьо тIулгаш бетташ эккхориг ду.
35Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де кхаччалц".
36Цо (иблисо) элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататтасо уьш юха денбийр болчу дийне".
37Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, хьо тIаьхьатеттинчарех ду.
38Хууш йолчу хенан детIекхаччалц".
39Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ Ахьа со тилорна‚ аса хаздийр ма ду царна лаьттахь‚ аса тилор ма бу уьш берриге а
40Царех Хьан сов цIена леш боцурш".
41Цо (Дала) элира: "ХIара бу Суна тIе некъ‚ша нийса болу.
42Сан леш -- царна тIехь бакъо яц хьан, тилабеллачарех хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен.
43Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна ваIда йина йолу меттиг.
44Цуьнан ворхI неI ю‚ хIора неIарна царех декъна дакъа ду /къинош динарш чу баха/.

❖ Дакъа 4 ❖

45Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш -- бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу".
46"Чу гIо царна саламца‚ кхерам боцуш!"
47Церан дегнашкахь йолу гIело дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ маьнганашна тIехь вовшийн дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/.
48Уьш схьалоцур бац цу чохь халоно‚ уьш цу чуьра арабохур бац.
49Дийца сан лешка: "Баккъалла а, Со гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
50Сан Iазап -- иза лазош долу Iазап ду".
51Дийца царна ИбрахIиман хьешах:
52И волчу баьхкира уьш‚ элира: "Маршалла". Цо /ИбрахIима/ элира: "Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду".
53Цара элира: "Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху хьекъалечу кIантаца".
54Цо элира: "Аша суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аша?"
55Цара элира: "Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьуна‚ догдиллинчарех ма хилалахь".
56Цо элира: "Шен Кхиош-кхобучун къинхетамах дог дуьллур ма дац тилабеллачара бен"
57Элира (ИбрахIима): "ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш?"
58Цара элира: "Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе.
59ЛутIан доьзал боцург -- уьш берриге Оха хьалхабохур болуш бу.
60Цхьа цуьнан зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухаюьсучарех ю".

❖ Дакъа 5 ❖

61И бахкийтинарш ЛутIан доьзална тIе баьхкича,
62Цо (ЛутIас) элира: "Шу ца девза нах ду-кх".
63Цара элира: "ХIаъ‚ тхо хьо волчу даьхкина, уьшшеца шеко еш хиллачуьнца".
64Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца -- баккъалла а, тхо бакъдерш ма ду.
65ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанан цхьана декъехь‚ церан тIехьахула гIуо‚ цхьа а юха ма хьоьжийла шух‚ шайга омра динчу дIагIуо".
66И гIуллакх цунна довзийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйранга бовларца.
67ГIалин нах баьхкира баккхийбеш.
68Цо (ЛутIас) элира: "ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаз ма велаш.
69Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш".
70Цара элира: "Оха ца сацавира хьо массо Iаламах".
71Цо элира: "Кхузахь сан мехкарий бу‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь".
72Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бахарчохь дIа-схьа уьдуш бу.
73Малх кхеташ цIогIано схьалийцира уьш.
74Цуьнан лакхенах лохе хилийтира Оха‚ царна тIе бекъачу поппаран тIулгаш делхийтира Оха.
75Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш хьоьжучарна.
76Баккъалла а, има ю бисинчу новкъахь.
77Баккъалла а, цу чохь делил ма ду муъма нахана.
78Айкатандай ма хилира зуламхой.
79Цаьргара бекхам ийцира Оха‚ баккъалла а, и шиъбилгалчу меттигехь ма ю.

❖ Дакъа 6 ❖

80Хьижрандайша а харц ма бира элчанаш.
81Оха Тхан аяташ делира цаьрга‚ уьш царех дIабоьрзуш хилира.
82Уьш хилла, кхерам а боцуш, лаьмнех цIенош тоьстуш.
83Маьхьаро схьалецира уьш Iуьйренга бовлуш.
84Цара карош хиллачо уьш хьалха ца бехира.
85Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь дерг а бакъдолчуьнца бен. СахьтдогIур долуш ду‚ хазачу агIор дIаверза хьо.
86Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург вухууш волу тIеттIа кхоллархо.
87Оха делира хьоьга юх-юха олучарех ворхI/аят/ а‚ деза долу КъурIан а.
88Хьайн бIаьргаш ма кховдабе Оха царех шайна шеца бахам беллачу марошка-зударшка‚ царна тIаьхьа сагат а ма де‚ хьан тIам тоха муъма нахана.
89Ахьа ала: "Баккъалла а, со билггала волу кхерамчаву".
90Оха /Iазап/ доссоретерра /дин/ доькъучарна.
91Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (КъурIанах) дакъош дина болу.
92Хьан Кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттанне а хоттур ма ду цаьрга массаьрга а.
93Цара деш хиллачух.
94Гучохь дIакхайкха хьайга омра диначуьнца‚ /Делаца/ накъост лоцучарех дIаверза.
95Баккъалла а, Оха паргIатваьккхира хьо цабешачарех‚
96Шаьш Делаца кхин дела хуьлуьйтуш болчу. ТIаьхьа хуур ду царна.
97Тхо хууш ду хьо дог гатлуш хилар цара дуьйцучуьнца.
98Тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастамца‚ сужд дечарех хила.
99Хьан Кхиош-кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг даллалц (хьо валлалц).

Вернуться к списку сур
16.سُورَةُ النَّحْلِ
Сурат АН-НАХЛЬ • Некхарий(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ النَّحْلِ

Сурат АН-НАХЛЬ • Некхарий

❖ Дакъа 1 ❖

1Делан омра кхаьчна (герга деъна къематде хIоттар)‚ и сихдар ма дехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ гена лекха ваьлла Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.
2Маликаш диссадо Цо Шен омрацаШен лех Шена луучуьнга "Аша дIахьеде Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш"‚− олий.
3Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а хьакъ-бакъ‚ лекха вели И цара /Шеца/ накъост лацарх.
4Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггала мостагI ву-кх /керста, Далла инкарло еш волу/.
5Даьхний -- Цо кхоьллина уьш. Шуна царна чохь йовхо а ю‚ пайданаш а бу‚ царех аша дуу.
6Шуна царна чохь хазалла ю, ашачулохкучу хенахь а‚ ашадажа арадохуш а.
7Шун маххьаш дIахьо цара махка‚ шу цига кхочур доцчу, чIогIа хала а бен. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву.
8Говраш а‚ вир-бIарзанаш а‚ варраш а шу шайна тIеховшархьама а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а.
9Делан тIехь ду /стаг/ нийсачу новкъа нийсвар‚ цунах (некъах) бу (бакъдолчух) дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа дехкина хир дара Цо.

❖ Дакъа 2 ❖

10И ву Ша стиглара хи доссийнарг‚ шуна цунах малар а ду‚ цунах дитташ а ду‚ шен чохь аша бежнаш дажош.
11Цуьнца Цо шуна долуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду, ойла ечу нахана.
12Шуна муьтIахь йина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а муьтIахь ду Цуьнан омраца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, хьекъале болчу нахана.
13Цо шуна лаьттахь яржийна хIуманаш (динаташ, ораматаш...) /муьтIахь йина шуна/‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх, дагадойтуш болчу нахана.
14И ву шуна муьтIахь бинарг хIорд. Аша цунна чуьра керла жижиг даархьама‚ шуьга цунна чуьра жовхIарш арадахийтархьама‚ аша шаьш тIеухкуш долу. Хьуна го кема лелаш цунна чухула, аша Цуьнан комаьршаллих /хIуманаш/ лахархьама‚ шу хир дацара-те баркалла олуш.
15Лаьтта лаьмнаш дихкира Цо, иза шуьца ца лестийтархьама‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, -- шу нийслур дацара-те (шайна Iалашонашна тIе).
16Iаламаташ а /хилла/‚ седарчашца уьш нийслур бацара-те (буьйсана шаьш баха безачу).
17Ша кхуллург ца кхуллучух тера ву-те? Аша ойла ца йо-те?
18Аша Делан ниIмат дагардахь -- хьесап далур дац шуна Цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
19Далла хаьа аша къайладоккхуриг а‚ аша дIахьедориг а.
20Дела воцуш шайга кхойкхуш берш -- цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу.
21Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ шаьш маца дендийр ду.

❖ Дакъа 3 ❖

22Шун дела цхьа Дела ву. Шаьш эхартах цатешаш берш -- церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла бу уьш.
23Шеко йоцуш, Далла ма хаьа аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цуна ца беза курабовлурш.
24Цаьрга аьлча: "ХIун доссийна шун Кхиош-кхобучо?"‚ олу: "Хьалхалерачийн туьйранаш".
25Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш Къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийнчийн цхьаболу мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!?

❖ Дакъа 4 ❖

26Царел хьалха хиллачара а мекарло йира -- дIаяьхьира Дала церан гIишло буххашкара‚ тхов тIебожийра царна шайна тIехула‚ Цо Iазап даийтира царна шайна ца хуучухула.
27ТIаккха Къематандийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр ду: "Мичахь бу Сан "накъостий"‚ шаьш бахьанехь аша /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?" Шайга Iилма деллачара эр: "Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚
28Маликаш болуьйтуш болчу шайн синошна зулам дечу хьолехь". ТIаккха муьтIахь хилира уьш: "Тхо дацара вониг деш". ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аша деш хилларг.
29"Чу гIуо жоьжахатин неIаршкахула‚ гуттар лаьтташ цу чохь. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугIойла".
30/Делах/ кхийринчаьрга элира: "ХIун доссийна шун Кхиош-кхобучо?"‚ цара элира: "Диканиг". Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан цIа-м дикох ду. Ма дика ду-кх /Делах/ кхоьручеран цIа!
31Iаднанбошмаш -- царна чу гIур бу уьш -- царнабухахула татолаш оьхуш. Царна цу чохь шайна езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна‚
32Шаьш маликаша болуьйтуш болчу цIеначу хьолехь‚ олуш: "Маршалла ду шуьга! Чу гIуо ялсаманина, шаьш /дика/ Iамал еш хиларна".
33Уьш /керстанаш/ хьоьжуш бу-те шайга маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-кхобучун омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а шайна зулам деш хилира уьш.
34Шаьш дина вонаш кхиира царех‚ шаьш ца дешаш хилларг хьакхаделира царех.

❖ Дакъа 5 ❖

35/Делаца/ накъост лаьцначара элира: "Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха -- оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха". Иштта /хьукма/ дора царел хьалха хиллачара а. Элчанийн тIехь ду-й, ткъа, билгала дIакхачор бен?
36ХIора умматана Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ ТIагIутах гена довла‚ аьлла. Царех Дала нисвинарг а ву‚ царех шена тIехь тилар кхочушхилларг а ву. Лела шу лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла /Делан цIена дин/ харцдиначеран тIаьхье!
37Церан нисбаларна тIехь хьо мел сутар хилча а‚ Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна гIоьнчий ма бац.
38Делаца чIогIа дуйнаш ма биъна цара "Денвийр вац Дала велларг"‚− бохуш. ХIаъ! Иза хьакъ-бакъ хилар Цуьнан тIехь йолу ваIда ю-кх! Делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
39Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла.
40Тхан дош ду цхьа хIума Тхуна дезча алар: "Хила!" -- и хуьлу.

❖ Дакъа 6 ❖

41Шайна зулам диначул тIаьхьа Делан дуьхьа дIакхелхинарш-- Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ уьш хиллехь хууш.
42Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжинарш а.
43Хьоьл хьалха а ца бахийтинаОха божарий бен Оха шайга вехьеш а луш. Аша хаттал хьехам шегахь болчу охIлане, шаьш хиллехь ца хууш.
44Билгалонашца а‚ жайнашца а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта цаьрга доьссинарг‚ уьш ойла еш хилийтархьама а.
45Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьттаца хьулбийриг цахиларх‚ я шайга Iазап догIург цахилрх шайна ца хуучухула?
46Я Цо шаьш схьа цалацарх шайн дIа-схьа идаршкахь? Уьш ма бац карарабовлур берш.
47Я Цо шаьш схьалацарх кхерамна чохь? Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург доглозуш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
48Уьш ца хьожу-те Дала кхоьллинчу хIуманашка, шайн IиндагI теIаш долчу аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а Далла сужд дарца шаьш муьтIахь а долуш?
49Далла сужд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ бежанех /долчара/‚ маликаша а‚ цара куралла ца йо.
50Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-кхобучух‚ деш ду шайга де бохург.

❖ Дакъа 7 ❖

51Дала элира: "Аша ма лаца ши дела. Иза цхьа Дела ву‚ Соьх кхералаш!"
52Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу?
53Шуьца мел долу ниIмат а Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана зено схьалаьцча -- Цуьнга цIогIа детта аша.
54ТIаккха Цо зен шух дIадаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу
55Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТIаьхьа хуур ду шуна.
56Оха шайна деллачу рицкъех шайна ца хуучарна дакъа до цара. ТаллахIи‚ цаьрга хоттур ма ду цара харц кхуллуш хиллачух.
57Далла мехкарий хуьлуьйту цара -- вонах цIена ву Иза -- ткъа шайна -- шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту.
58Царех цхьаннан йоI хилла, аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, чIогIа пошме хуьлий.
59Хьулбо цо нахах шена кхаъ баьккхина болу цатам. "Сийсазаллин тIехь схьаоьцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулъйо-те?" Ма вон ду-кх цара деш долу хьукам!
60Эхартах цатешачарна вонан масал ду‚ Далла лакхара масал ду‚ Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

❖ Дакъа 8 ❖

61Дала нах шайн зулам бахьанехь /балане/ лоцуш хиллехьара‚ цуьнан /лаьтта/ тIехь цхьа а дийнат дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а тIаьхьатотту Цо уьш цIетоьхна хан тIекхаччалц. Шайн хан еъча -- цхьа сахьт тIаьхьа ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу.
62Далла шайна ца дезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чу/ сихбийр бу /массарел хьалха/.
63ТаллахIи‚ хьоьл хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхан элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна‚ тахана а церан верас и ду‚ царна лазош долу Iазап ду.
64Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахьа царна билгалдаккха бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш болчу нахана.
65Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ладугIучу нахана.

❖ Дакъа 9 ❖

66Шуна бежанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолучух боьхаллин а‚ цIийнан а юккъера шура‚ цIена йолуш‚ чам болуш молучарна.
67Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аша доккху вахош долу малара‚ хаза рицкъа а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ойла ечу нахана.
68Хьан Кхиош-кхобучо накхаршка хаийтира: шайна цIенош лаца лаьмнех а‚ диттех а‚ цара (наха) ечух а (некхаршна чохь Iан кечам).
69ТIаккха даа шайна массо стоьмех‚ шайн Кхиош-кхобучун некъашкахула лела муьтIахь хилла‚ аьлла. Церан кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх, шаьш ойла ечу нахана.
70Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйту шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьолеверзош верг а, цунна хууш хиллачул тIаьхьа хIумма ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву.

❖ Дакъа 10 ❖

71Дала шун цхьаберш вукхарел базбина рицкьанна тIехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъа лур долуш шайн куьйган кIелболчарна‚ шаьш цу чохь цаьрца цхьанийса а деш‚ Делан ниIмат а харц до, ткъа, цара?
72Дала шуна шух шайх а зударий хилийтина‚ Цо шуна шун зударшкара кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина‚ Цо шуна дикачух рицкъа делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?
73Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкехь хIумма а йоцучарна‚ ницкъ ца кхочучарна?
74Далла масалш ма даладе. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.
75Дала далийна шуна масал: Шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен цхьана а хIуманна ницIкъ а ца кхочуш волу‚ Оха шена Тхайгара дика рицкъа делларг а ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлах а‚ гучохь а. Цхьанийса буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а царех дукхахберш ца хууш бу.
76Дала /кхин/ масална оьцу ши стаг: оцу шиннех цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьана а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен валина тIехь ву‚ миччахьа а цо и хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьанийса вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш?

❖ Дакъа 11 ❖

77Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтангIуллакх бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь а бен. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
78Дала схьадаьхна шу шун нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шуна‚ Цо шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш.
79Царна ца го-те олхазарш‚ муьтIахь лелаш стиглан хIаваэхь? Уьш ца сацо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана.
80Дала шуна хилийтина шун цIенойх хIусам‚ Цо хилийтина шуна бежанийн неIарех цIенош‚ шаьш шуна дайа долуш шу дIа-схьа долучу дийнахь а‚ шу /севцина/ лаьттачу дийнахь а; церан тIаргIех а‚ месех а‚ чоьшех а шуна палтар а ю‚ цхьана ханна бахам а бу.
81Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагIа‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах а‚ духар а шу лардеш вовшийн ницкъах. Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама мукIар хилла.
82Уьш дIаберзахь -- хьуна тIехь билгала дIакхачор ду (Тхан элчалалла).
83Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха инкарло йо цара цунна‚ царех дукхахберш керстанашбу.

❖ Дакъа 12 ❖

84Оцу дийнахь Оха вохуьйтур ву хIора умматах теш‚ тIаккха керстанашна пурбалур дац‚ царна бехкаша бохур бац.
85Зулам диначарна Iазап гича‚ царех и дайдийр дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш.
86/Делаца/ накъост лаьцначара шайн "накъостий" гича‚ эр ду: "Тхо Кхиош-кхобуш верг‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга хьо витина кхойкхуш хилла болу". Цара цаьрга дош кхуссур ду: "Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх"‚− аьлла.
87Деле кхуссур цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIатиларю царех цара кхуллуш хилларг.
88Цатешначарна а‚ Делан новкъах /нах/ тилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапан тIе а Iазап, уьш боьханиг деш хиларна.
89Оцу дийнахь хIора умматехь Оха вохуьйтур ву шайна тIехь теш царех шайх‚ хьо валор ву Оха теш хилла хIокхарна тIехь. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусулбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу.

❖ Дакъа 13 ❖

90Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг‚ гергарчарна /сагIа/ далар‚ ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо, хьехам тIелоцурбацаре-те аша.
91Делаца чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш боха ма бе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аша Дела ма хилийтина шайна тIехь векал. Баккъалла а, Далла хаьа аша дийриг.
92Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала хьарчинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшийн юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарел хьал сов долуш хилийтирхьама. Дала шу цуьнца зуьйш ду. Цо шуна Къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг.
93Далла лиънехьара Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга хаттанне а хоттур ма ду аша деш хиллачух.
94Шайн дуйнех вовшийн юккъехь пайда ма эцалаш -- тIаккха ког телхар бу, и чIагIбеллачул тIаьхьа‚ вониг Iовшур ду аша шаьш Делан новкъах /нах/ тилорна‚ шуна доккха Iазап а ду.
95Ма эца Делан ваIдах кIеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь.
96Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Делан гергахь дерг бухадуьсур ду. Собардеш хиллачеран ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачун уггар хазачуьнца.
97Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда-стаг елахь а‚ ша муъма волуш -- и денвийр ма ву Оха хазачу дахарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачун уггар хазачуьнца.
98Айхьа КъурIан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь тIулгаш кхуьссуш эккхочу шайтIанах.
99Баккъалла а, цуьнан бакъо яц иман диллинчарна тIехь‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжачарна тIехь а.
100Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ накъост виначарна тIехь‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а.

❖ Дакъа 14 ❖

101Оха аятан метта аят хийцийча -- Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ -- цара олу: "Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву". ХIаъ‚ царех дуккхахберш хууш бац.
102Ахьа ала: "И доссийна Дезачу синохьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама иман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусулба нахана.
103Тхуна хууш ду‚ цара олу: "ИзаIамавеш ву адамо". Уьш шена тIекхийдаш берг Iажаммотт ма бу‚ ткъа хIара билгала Iарбийн мотт ма бу.
104Баккъалла а, Делан аятех цатешаш берш -- Дала нисбийр бац уьш‚ царна лазош долу Iазап а ду.
105Баккъалла а, Делан аятех цатешаш берш харцдерг кхуллуш бу‚ уьш -- харцлуьйш берш бу.
106Ша иман эцначул тIаьхьа Делаца керсталла динарг‚ шен дог иманца чIагIделла долуш шена ницкъ бинарг а воцуш‚ керсталлина шен дог деллинарг -- царна Делера оьгIазло а ю‚ царна доккха Iазап а ду.
107Иза цара эхартал дуьненан дахар дезар лахарна ду‚ Дала нисбеш цахиларна ду керста нах.
108Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсина а мухIар тоьхнарш‚ уьш бу шаьш гIовпал берш!
109Шеко яц эхартахь уьш эшнарш хиларан.
110ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, уьш питане лаьцначул тIаьхьа шаьш къахьегна болу‚ собар дина болу, -- баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

❖ Дакъа 15 ❖

111Оцу /къемат/ дийнахь массо а вогIур ву шен са къуьйсуш‚ массо сина лур ду ша динарг‚ царна зулам дийр дац!
112Дала масална ялийна цхьа юрт. И хилла маьрша а‚ паргIат а: шен рицкъа догIура цига шортта массо меттигера. ТIаккха цоДелан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар, цара деш хилларг бахьанехь.
113Цаьрга веара элча, царех а волуш -- цара иза харцвира -- тIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ уьш зуламхой бу.
114Аша даа Дала шайна деллачу рицкьанх хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш хиллехь.
115Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIарца хьахийнарг а. Ша ца ваьлларг‚ къа деш воцуш‚ дозанах а ца волуш-- тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
116Аша ма алалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдолчунна: "ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду"‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбуьйр болуш бац.
117КIезиг зовкх хьоьгур ду‚ царна лазош долу Iазап ду.
118Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шайна зулам деш.
119ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба деш дика Iамалш йиначарна, -- баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.

❖ Дакъа 16 ❖

120Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам‚ цIена дин дерг‚ и ца хилла ширкдечарех.
121Цуьнан ниIматашна шукар дийриг а /хилла иза/. Цо /Дала/ хаьржина иза‚ нис а вина нийсачу новкъа.
122Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза эхартахь а дикачарех ву.
123ТIаккха Оха хьоьга вехьи доссийра цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатан тIаьхьахIотта‚ аьлла‚ и ца хилла ширк дечарех.
124Шоьтаде/даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург хьукам дийр долуш ву царна юккъехь уьш хилпало еш хиллачуьнгахь.
125Ахьа кхайкха хьан Кхиош-кхобучун новкъа хьекъалца а‚ хазачу ваIзийца а‚ цаьрца къийса хазачу кепаца. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург вуно дика вевзаш ву Шен новкъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а.
126Нагахь санна аша таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар диначух терра‚ аша собар дахь -- иза собар дечарна дика ду-кх.
127Ахьа собар делахь‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах.
128Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца.

Вернуться к списку сур
17.سُورَةُ الإِسْرَاء
Сурат АЛЬ-ИСРАЪ • Буьйсанна кхарстар(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الإِسْرَاء

Сурат АЛЬ-ИСРАЪ • Буьйсанна кхарстар

❖ Дакъа 1 ❖

1Вонах цIена ву Иза‚ Ша Шен лай буьйсанна /кхарста/ ваьккхина волу Дезачу МаьждигераГенарчу Маьждиге‚ Оха шен гонехь беркате дина долчу‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.
2Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кIенташна‚ Со воцург кхин векал ма лаца‚ аьлла.
3Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зуьрет ду иза. Баккъалла а, иза /Нухь пайхамар/ хили баркате лай.
4Оха сацамбира Исраилан кIенташна жайна чохь: "Данне а боьханиг дийр ду аша лаьтта тIехь шозза‚ курадевр ду шу йоккхачу кураллица"‚− аьлла.
5Цу шиннех хьалхара ваIда еъча‚ Оха шуна тIе бахийтира Тхан леш‚ шайгахь чIогIа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш цIенойн юккъехула‚ ваIда кхочушхилира.
6ТIаккха Оха шуна бухаберзийра царна тIехь толам‚ гIо дира шуна хьолаца а‚ кIенташца а‚ шух хилийтира вуно дукха эскар.
7Аша диканиг дича -- аша диканиг дина шайна‚ аша вониг дича -- иза а шайна ду. /Делан/ шолгIа ваIда кхочушхилча -- /Дала кхин мостагIий тIекхиссира шуна/ цара шун яххьаш вон ян‚ маьждигауьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола деънарг.
8Шун Кхиош-кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти.
9Баккъалла а, хIокху КъурIано нисво ша уггар нийса долчунна тIе‚ кхаъ боккху муъма нахана‚ шаьш диканаш деш болчу‚ шайна йоккха ял хиларца.
10Эхартах цатешаш берш -- Оха царна кечдина лазош долу Iазап.

❖ Дакъа 2 ❖

11Адамо вониг доьхуш доIа до, ша диканиг доьхуш доIа деш санна. Адам хилла сиха.
12Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши делил. Буьйсанан делил дIадоккху Оха‚ дийнан делил хуьлуьйту гуш шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-кхобучуьнгара комаьршаллах /рицкъа/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо хIума къастийна Оха къастамца.
13Массо стагана дихкина Оха шен хьоза цуьнан логах. Оха цунна Къематдийнахь жайна арадоккхур ду -- цо лоцур ду иза схьадаьржина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цуьнан хьалхахь хир ду къематдийнахь).
14"Деша хьан жайна. Хьуо хьайх кхачо хили хьуна тахана хьесапна" /эр ду цуьнга/.
15Нисвелларг -- шена нислуш ву. Тилавелларг а -- шена тилалуш ву. Хьур бац хьочо кхечуьнан мохь. Тхо ца хилла Iазап деш Оха элча вахийтталц.
16Тхуна цхьа юрт хIаллакхьян лиъча‚ Оха омра до цуьнан хьалдолчаьрга‚ -- цара цу чохь боьханиг до‚ тIаккха оцу тIехь дош бакъхуьлу -- тIаккха Оха иза йохайо.
17Маса хIаллакйина Оха тIаьхьенаш Нухьал тIаьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лайн къинош хууш а‚ гуш а хилар.
18Милла а хиллехь дезаш сиханиг-- сихдина Оха цунна цу чохь Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тIаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати -- чувулур ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ эшийна а волуш.
19Милла а велахь дезна тIаьхьарниг‚ цунна тIегIиртинарг шен гIертарца ша тешнаа волуш -- уьш бу шайн дIагIертар баркалле хилларш.
20ХIоранна а ло Оха -- хIокхарна а‚ вукхарна а -- хьан Кхиош-кхобучун ниIматах. Хьан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хилла дихкина.
21Хьажал‚ муха базбина Оха царех цхьаберш вукхарна тIехь! Ткъа эхарт − даржах уггар доккханиг ду‚ дозаллах уггар доккханиг ду.
22Делаца кхин дела ма хилийта -- тIаккха хьо охьахуур ву бехке хилла‚ гIо доцуш висина.

❖ Дакъа 3 ❖

23Хьан Кхиош-кхобучо омра дина: аш Iибадат ма делаш Цунна а бен‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царех цхьаъ я ший а къеналлина тIекхачахь‚ ахьа цаьрга шиннге ма алалахь: "Уффай!"‚ дIа ма къахкхолахь и шиъ‚ ахьа алалахь цаьрга шиннега хаза дош.
24Ахьа охьабахийта царна шиннена къинхетамах муьтIахь хиларан тIам‚ ала: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ къинхетам бехьа царех шиннех‚ цара шиммо жима волуш со кхиоре терра".
25Шун Кхиош-кхобург дика хууш ву шун синошкахь дерг. Шу дика хилахь -- баккъалла, Иза хилла /цIена тоба дарца/ Шена тIебоьрзучарна гечдеш.
26Гергарчунна шен хьакъ дIало‚ мискачунна а‚ некъан накъостана а /дIало церан хьакъ/‚ дайа ма дайа /шайн хIума/ эрна.
27Эрна дойуш берш хилла шайтIанийн вежарий‚ ткъа шайтIа шен Кхиош-кхобучунна керста хилла.
28Нагахь хьо царех верзанне а дIаверзахь, хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам лоьхуш‚ ахьа цуьнга дог дохуш‚ ахьа цаьрга алалахь дайа дош.
29Ма де хьайн куьг хьайн логах дихкина‚ даржа а ма де и массо даржорца− охьа хуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гIайгIане а вахана.
30Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо рицкъа даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш бевзаш а‚ гуш а.

❖ Дакъа 4 ❖

31Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш -- Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гIалат.
32Зинаннагерга ма гIолаш‚ баккъалла а, и хилла ирчаниг‚ и хилла боьханиг.
33Ма дайалаш са‚ Дала Ша хьарам дина долу‚ де хьакъ доцуш. Шена зулам деш винарг -- Оха цуьнан валина /ирс оьцучунна/ бакъо елла /чIир эца/‚ байарехь тIех ма волийла иза. Баккъалла а, иза хилла шена гIо динарг.
34Шу герга ма гIолаш буоберан дохнна уггар хазачуьнца бен‚ и воккха хиллалц‚ Iалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чIагIонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. /Дала жоп доьхур ду цунах/.
35Нийсо е юстарехь шаьш юстуш‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тIаьхьенгахь.
36Хьо тIаьхьа ма хIотталахь хьайна шегахь Iилма доцучунна. Баккъалла а, лерса а‚ бIаьрса а‚ дог а -- уьш дерриге а хилла цунах жоьпалле.
37Ма лелалахь лаьтта тIехь воккхавуьйш -- баккъалла а, ахьа лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!
38Массо оцуьнан вониг хьан Кхиош-кхобучунна гергахь ца дезаш хилла.
39И ду хьан Кхиош-кхобучо хьоьга вехьица хаийтинчу хьикматах. Ма хилийта Делаца кхин дела -- тIаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла‚ эшийна а волуш.
40Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-кхобучо кIенташца‚ Шена маликех зударий лаьцна? Баккъалла а, шу олуш ма ду доккха /къине/ дош.

❖ Дакъа 5 ❖

41Оха /массо хIума/ билгалдина хIокху КъурIан чохь цаьрга дагадаийтархьама -- цо-м уьш алсам ца боху (бакъдолчух) дIакъахкарций бен.
42Ахьа ала: "Цуьнца кхин делий хилча а‚ цара ма-бохху -- Iарш йолчунна тIе некъ лохур ма бара цара".
43Вонах цIена ву Иза‚ лаккхавели Иза цара дуьйцучух дукха лекха.
44Цунна тасбахь деш ю ворхI стигал а‚ латта а‚ царна чохь верг а‚ Цуьнан хастамца тасбахь ца деш хIумма а яц‚ делахь а шу ца кхета церан тасбахьах. Баккъалла а, Иза хилла дукха собаре а‚ гечдийриг а.
45Ахьа КъурIан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулъелла дуьхьало.
46Оха йина церан дегнашна тIехь гIат, уьш цунах /КъурIанх/ цакхетархьама‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахьа хьехийча хьан Кхиош-кхобушверг КъурIан чохь веккъа Ша цхьаъ‚ уьш бухабовлу (бакъдолчух) къехкаш.
47Тхо дика хууш ду цара шега ладугIург, хьоьга шаьш ладугIуш болуш -- къайлах хабар дуьйцуш а‚ зуламхоша олуш а: "Шу тIаьхьа хIуьттуш ма ду шегахь бозбуанчалла долчу стагана".
48Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ца могу царна /нийса/ некъ /карон/.
49Цара элира: "Тхоьх даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду керла халкъ а хилла?"
50Ахьа ала: "Шу а хила тIулг я эчиг‚
51Я кхоллар‚ ша доккха хуьлуш‚ шун дегнашкахь /иза а дендийр ду/". ТIаккха цара эр ма ду: "Хьан /дендина/ духадерзор ду вай?" Ахьа ала: "Дуьххьара шу кхоьллинчо". ТIаккха цара шайн кортош хьавзор бухьоьгахьа‚ эр ду: "Маца ду иза?" Ахьа ала: "Иза кеста хила тарло".
52Оцу /къемат/ дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аша Цуьнан хастамца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кIеззиг бен ца лаьттира‚ аьлла.

❖ Дакъа 6 ❖

53Ахьа ала Сан лешка‚ цара олийла уггар хазаниг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов кхуьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна билггала мостагIа хилла.
54Шун Кхиош-кхобушверг шу дика девзаш ву. Шена лаахь къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал хилла.
55Хьан Кхиош-кхобушверг дика хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарел‚ Оха делла Давуде Забур.
56Ахьа ала: "Аша кхайкха шаьш И /АллахI-Дела/ витина делий бу бохучаьрга /шайна гIо де алий/\". Церан долахь ма дац шуна тIера зен айдар а‚ /хIумма/ хийцар а.
57Цара шайга кхойкхуш берш шаьш а бу шайн Деле некъ лоьхуш‚ царех вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу цуьнан Iазапах. Баккъалла а, хьан Делан Iазап хилла шех ларлуш.
58Ма яц цхьа а юрт Оха хIаллакйийрйоцуш Къематде дале‚ я Оха шена чIогIа Iазап дийрдоцуш. И хилла жайнахь язделла.
59Тхо духа ца тоьхна Оха аяташ доссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха елира самудашнаэмкалгуш йолуш‚ цара цуьнца зулам дира. Оха ца боссабо аяташца кхерам бен.
60Оха ма элира хьоьга: "Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо нахах гуо биллина". Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гарнахана питана бен‚ КъурIан чохь шена неIалт аьлла долу дитта‚ Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен.

❖ Дакъа 7 ❖

61Оха ма элира маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира, иблис доцчо. Цо элира: "Аса сужд до, ткъа, Ахьа поппарх кхоьллинчунна?"
62Элира /иблисо/: "Гой хьуна хIара Ахьа суна тIехь сийлахь винарг? Ахьа со тIаьхьататтахь Къематде даллалц‚ цуьнан зуьрет тилор ма ду аса‚ кIеззиг берш боцурш".
63Цо /Дала/ элира: "ДIадала! Царех хьуна тIаьхьа милла хIоттахь,-- баккъалла а, жоьжахати ю-кх шун кхоччуш бекхам".
64Кхерабе царех хьайна могурш хьайн озаца‚ тIекхосса царна хьан дошлой а‚ гIашлой а‚ дакъалаца цаьрца дохнехь а, доьзалшкахь а‚ ваIда йе царна! ШайтIано ваIда ма ца йо царна, Iехор бен.
65Баккъалла а, Сан лай, царна тIехь бакъо яц хьан. Кхачамбина векал хиларца хьан Кхиош-кхобучуьнца.
66Шун Кхиош-кхобург ву Ша лелош верг шуна хIордан чохь кема шуьга лехийта Цуьнан комаьршаллах. Баккъалла а, Иза хилла шух къинхетаме.
67Шу зено схьалаьцча а хIорда чохь‚ дIа ма тилий и аша шайга кхойкхуш берш, Иза витина. ТIаккха Цо шаьш кIелхьарадаьхча аренна тIе -- шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалла доцуш.
68Шу тешна хили-те Цо шуьца аренан цхьа агIо хьулйийриг цахиларх‚ я Цо шуна тIе дарц доссориг цахиларх? ТIаккха шуна векалкарор ма вац.
69Я шу тешна ду-те Цо шу цунна (хIорда) чу /цкъа шун доIа бахьанехь Оха арадаьхначул тIаьхьа/ кхин цкъа а дерзориг ца хиларх‚ тIаккха шуна тIе механ дарц доссош -- цо шу дIахьур ду шу цатешаш хиларна. ТIаккха шуна карор вац шайна Тхуна тIехь цуьнца тIаьхьаваьлларг.
70Оха сийдина Адаман кIенташна‚ Оха лелийна уьш аренгахь а‚ хIорда чохь а‚ рицкъа делла царна цIеначух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу дуккхачарех базбарца.

❖ Дакъа 8 ❖

71Оцу /къемат/ дийнахь Оха кхойкхур ду массо нахе шайн имамаца. Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь -- цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац.
72ХIоккхахьбIаьрса доцуш милла хиллехь -- иза эхартахь а бIаьрса доцуш ву‚ новкъаца уггар тилавелларг а ву.
73Уьш герга хилира Оха хьайга вехьица доссийначух хьо дIатилаван хьоьга Тхуна тIехь кхидерг кхоллийтархьама. ТIаккха хьо доттагI лаьцна хир ма вара цара!
74Оха хьо чIагIвина ца хиллехьара‚ хьо герга вара жимма царна тIетовжа.
75ТIаккха Оха хьоьга Iовшийтина /Iазап/ хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тIаккха хьуна Тхуна тIехь гIоьнча карор ма вацара.
76Уьш кийча бара хьуна лаьттара (Маккара) кхерам таса‚ хьо цу чуьра (Маккара) араваккхархьама. ТIаккха хьоьл тIаьхьа уьш кIеззиг бен лаьттар ма бацара (Дала Iазап дийр ду царна).
77Оха хьоьл хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Iадатехь ду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Iадатна хийцар.

❖ Дакъа 9 ❖

78Ахьа ламаз хIоттаде малх дIакховдарна‚ буьйсанан бодашка кхаччалц‚ сатасаран КъурIан а /деша/. Баккъалла а, сатасаран КъурIан хилла шена тешалла долуш.
79Буьйсанах а -- ахьа къахьега хьайна цуьнца сов ламазаш дарца -- хьан Кхиош-кхобучо хьуна хастаме меттиг йоссо тарло.
80Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобушверг! Чу вилла со бакъдолчу чугIойлина‚ араваккха со бакъдолчу араволийлийна‚ хилийталахь суна гIоьнна Хьан гергара бакъо".
81Ахьа ала: "Бакъдерг деъна‚ харцдерг дайна". Баккъалла а, харцдерг довш хилла.
82Оха доссадо КъурIанах муъма нахана дарба а‚ къинхетам а берг. Зуламхошна -- цо дараш бен сов ца доху.
83Оха адамна ниIмат делча -- и вухаваьлла‚ гена ваьлла‚ ша воно схьалаьцча и хили догдиллина.
84Ахьа ала: "Массо ву Iамал еш шен новкъа". Шун Кхиош-кхобург дико хууш ву новкъаца /массарел/ нисвелларг милла велахь а.

❖ Дакъа 10 ❖

85Цара хьоьга хоьтту сих /лаьцна/.Ахьа ала: "Са сан Кхиош-кхобучун гIуллакхах ду. Шуна Iилма кIеззиг бен ца делла".
86Тхуна лиънехьара‚ Оха дIадаьккхина хир дара хьоьга Оха вехьица делларг -- тIаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тIехь векал.
87Хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам а бен. Цуьнан комаьршалла хьуна тIехь йоккха хилла.
88Ахьа ала: "Адамаш а‚ жинаш а гулделча хIокху КъурIанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царех цхьаберш вукхарна гIоьнчий хилча а".
89Оха хIокху КъурIан чохь нахана къастийначу хIора масалх‚ дукхахболу нах керстаналла бен /къобалдан/ дуьхьал хилира.
90Цара элира: "Тхо тешанне а тешар ма дац хьоьх ахь лаьттах тхуна хьоста дада ца дахь‚
91Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цуьнан юккъехула татолаш ца даладахь ахьа далорца‚
92Я стигале тхуна тIе ахьа кескаш ца кхиссийтахь‚ хьайна ма моьтту‚ я ахьа Дела а‚ маликаш а ца даладахь тхуна хьалха‚
93Я хьуна дашо цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахьа тхуна жайна доссолац‚ Оха ша доьшуш а долуш". Ахьа ала: "Вонах цIена ву сан Кхиош-кхобург‚ со хиллий, ткъа, адам а‚ элча а бен?"

❖ Дакъа 11 ❖

94Нах духа ца тоьхна тешарах цаьрга нийса некъ беъча‚ шаьш аларо бен: "Адам доуьйту, ткъа, Дала элча хуьлий?"
95Ахьа ала: "Лаьттахь маликаш хиллехь лелаш паргIатдевлла‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик элча а хилла".
96Ахьа ала: "Дала кхачойина теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш бевзаш а‚ гуш а".
97Дала нисвеш верг -- иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилавала вуьтуш верг -- хьуна карор ма бац царна Иза воцург гIоьнчий. Оха гулбийр бу уьш Къематдийнахь шайн яххьаш тIехь бIаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугIойла -- жоьжахати ю. И ма яйнехь‚ Оха цIе тIетуху.
98Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех цатешаш хиларна а‚ цара аларна а: "Тхо даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?"
99Царна ца го-техьа и Дела‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу‚ ницкъ кхочушхилар и саннарг юхакхолла‚ Цо царна Iожалла хилийтина‚ шегахь шеко йоцуш‚ зуламхой керстаналла бен /къобалдан/ дуьхьал хилира.
100Ахьа ала: "Шу хилча а сан Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бIаьрмециг хир ма дара шу уьш шайгара дIадаларна кхоьруш. Адам хилла пис.

❖ Дакъа 12 ❖

101Оха делира Мусага исс билгала долу делил. Ахьа хаттал Исраилан кIенташка‚ иза цаьрга веъча‚ цуьнга ФирIавнас элира: "Суна хьо моьттуш ву‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуанчалла дина верг ву".
102Цо элира: "Хьуна хиъна: хIорш ца доссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а хилла‚ суна хьо моьттуш ву хьуна‚ хIай ФирIавн‚ хIаллакьхилла".
103ТIаккха цунна /ФирIавнна/ лиира уьш /Исраилан кIентий/ лаьттара лелхабан‚ Оха иза а‚ цуьнца верг массо а хина буха вахийтира.
104Оха элира цул тIаьхьа Исраилан кIенташка: "Лаьттахь даха‚ эхартан ваIда еъча‚ Оха шу далор ду /Далла хьалха/ массаьрца а".
105Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /КъурIан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза. Хьо ца ваийтинаОха хаамча а‚ кхерамча а бен.
106КъурIан а деъна Оха хьоьга и дешийтархьама нахана паргIат‚ Оха и доссийна кIез-кIеззиг доссорца.
107Ахьа ала: "Теша цунах‚ я ма теша. Баккъалла а, шайна Iилма делларш цул хьалха и шайна тIехь доьшуш чIенгийн тIе гуора оьгу.
108Цара олу: "Вонах цIена ву тхан Кхиош-кхобург‚ тхан Кхиош-кхобучун ваIда кхочушхилла".
109ЧIенгашна тIе бега уьш боьлхуш‚ Цо уьш совбоху /Далла/ муьтIахь хиларца.
110Ахьа ала: "Аша кхайкха /Деле/ АллахI алий‚ я Къинхетаме вергалий. Аша муьлхачуьнца кхайкхахь а − /дика ду/‚ Цуьнан хаза цIераш ю". Хьан ламаз дукха чIогIа ма де‚ сов меллаша а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна.
111Ахьа ала: "Хастам бу Далла доьзалхо ца лаьцначу‚ шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост ца хиллачу‚ сийсазаллах /ларван/ гIоьнча а ца эшна Цунна". Воккха виэ Иза воккхаварца!

Вернуться к списку сур
18.سُورَةُ ٱلْكَهْفِ
Сурат АЛЬ-КАХФ • Нокхе(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْكَهْفِ

Сурат АЛЬ-КАХФ • Нокхе

❖ Дакъа 1 ❖

1Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цунна гамо ца йинчу.
2Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам тасийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъма нахана кхаъ баккхийта, шайна хаза ял хиларца.
3Уьш цу чохьлаьтташ гуттар.
4Кхерам таса, шаьш аьллачаьрна: "Дала доьзалхо лаьцна".
5Царна цуьнца Iилма дац‚ церан дайшна а. Доккха хили церан багахула долу дош. Харцдерг ма ду цара олуш дерг.
6Хьо хила мега хьайн дог дохош царна тIехь‚ хIокху хабарех а тешац-те уьш‚ бохуш, халахеташ.
7Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цуна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар хазаниг?
8Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта.
9Я хьо моьттуш вара-те и нокхин дай а‚ ракъима Тхан аятийн /юккъехь/ тамаше хIума ду?
10Цхьа къонахий ма лечкъира нокхи чу‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Хьан гергара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхайн гIуллакхехь нисдалар".
11Оха туьйхира церан лергийх /кирхьа/, нокхин чохь масийтта шо/делира церан/.
12ТIаккха Оха уьш денбира, Тхайна /нахана гучадоккхуш/ хаархьама шинан тобанах муьлха ю цара яьккхина хан дика ягаръеш.

❖ Дакъа 2 ❖

13Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца.
14Оха чIагIдира церан дегнаш уьш хьалагIевттича‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву хьо‚ Оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, -- тIаккха Оха гIалат дерг эр ма дара!
15ХIокху тхан къомо Иза воцург делий лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву, ткъа, вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?"
16"Нагахь санна шу царех а‚ цара Дела витина Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ нокхечу дIалачIкъалаш -- шуна баржор бу шун Кхиош-кхобучо Шен къинхетамах‚ кечдийр ду шуна шун гIуллакхах гIо".
17Хьуна го малх схьакхетча дIахьаьвзаш церан нокхех аьтту агIорхула‚ дIабуьзча -- царех дIатуьлуш аьрру агIорхула уьш цунах, шуьйрачу меттигехь болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг -- иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг -- цунна карор вац хьуна вали а‚ баьчча а.

❖ Дакъа 3 ❖

18Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а. Церан жIаьла шен ши ког а баржийна лаьтта неIсагIехь. Царна тIекхиънехь -- вухавер вара хьо ведда‚ вузур вара хьо царех кхерарца.
19Иштта денбира Оха уьш, цаьрга вовшашка хеттийтархьама. Царех цхьана олучо элира: "Мел лаьттира шу?" Цара элира: "Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъашкахь?" Цара элира: "Шун Кхиош-кхобург дикахо хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аша вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташцагIала. Лохийла цо уггар цIена кхача -- цунах рицкъа дохьийла цо шуна‚ сакх хуьлийла иза‚ цхьаьнгге ма хоуьйтила цо шух лаьцна.
20Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине -- тIаккха цкъеллига цкъа даккхийдер дац шу!"
21Иштта Оха /нах/ царна тIе нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваIда бакъ юйла‚ сахьт /Къематде хIуттур долуш ду/ -- цу чохь шеко йоцийла. Церан гIуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира: "ГIишло е царна тIехь. Церан Кхиош-кхобург дика хууш ву царех". Церан гIуллакх тIехь тоьллачара элира: "Царна тIехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай".
22Цара эр ду: "Кхоъ ву‚ церан доьалгIаниг -- церан жIаьла ду". Олу /цхьа кхечара/: "Пхиъ ву‚ церан ялхалгIаниг -- церан жIаьла ду"‚ гучохь доцург хаа гIерташ. Олу /вукхара/: "ВорхI ву‚ церан борхIалгIаниг -- церан жIаьла ду". Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобург дика хууш ву церан терахь‚ уьш ца бевза кIеззигчарна бен". Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царех лаьцна цаьрга цхьаьнгге ма хетта.

❖ Дакъа 4 ❖

23Ахьа алланне ма алалахь цхьана хIуманна тIехь: "Аса дийр ду иза кхана
24Далла лаахь"‚− олуш бен. Хьан Кхиош-кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ алалахь: "ХIокхул нийсачунна герга вахийта мега со сан Кхиош-кхобучо".
25Шайн нокхе чохь уьш лаьттира кхо бIе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ алсамбевлира уьш.
26Ахьа ала: "Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле". Гайта цуьнца‚ ладогIийта! И воцург гIоьнча ма вац царна‚ Шен хьукамехь цхьа а накъост ца лоцу Цо.
27Ахьа дийца /Iамаде/ хьайга вехьеца деллачу хьан Кхиош-кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хийцадийриг‚ хьуна каронне а карор яц Иза Ша воцург дIавада меттиг.
28Собар дайта хьайн сине Iуьйранца-суьйранца шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкхучаьрца Цуьнан юьхь езаш. Хьайн ши бIаьрг дIа ма берзабе царех дуьненан хазалла езаш‚ хьо муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гIовпал диначунна а‚ шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчунна а‚ -- цуьнан гIуллакх кIелдисина хилла.
29Ахьа ала: "Бакъдерг ду шун Кхиош-кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг ма тешийла". Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цIе‚ цуьнан лабано гобийр бу царех. Цара гIо дехахь‚ царна гIо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, ша яххьаш ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ гIортор!
30Баккъалла а, иман диллинарш а‚ диканаш динарш а, -- баккъалла а, Оха эшор ма яц Iамалца хаза волчун ял.
31Уьш бу шайна Iаднанбошмаш ерш‚ шайн бухахула татолаш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо хьозанашца‚ цара тIедухур ду атласан а, ездарин а баьццара духар‚ цу чохь шаьш маьнганий тIетевжина лаьтташ. Ма дика мел бу-кх! Хаза хилла гIортор!

❖ Дакъа 5 ❖

32Масална валаве царна ши стаг. Цу шиннех цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ царна шиннена гобина Оха хурманашца‚ царна шиннена юккъехь ялта хилийтина.
33Шина а бешо шен даарделира‚ цунах /стоьмийн/ хIумма ца ийшира. Царна юккъехула /хин/ татолаш хилийтира Оха.
34Цунна хилира стоьмаш, тIаккха цо шен накъосте элира и шега къамел деш волуш: "Со хьоьл мелхо алсам ву хьолаца‚ вуно веза ву гIоьнчашца".
35И шен беша чоьхьавелира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: "Суна ца моьтту цкъеллига цкъа дIайовр ю /хIара беш/.
36Суна ца моьтту сахьтхIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучуьнга дIаверзавахь, суна каронне карор ду цул диканиг дIаверзарна".
37Элира цуьнга цуьнан накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: "Ахь керстаналла до ткъа /Далла/, хьо кхоьллинчу поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха хьо ша нисвина волчух стаг хилла?
38Делахь а соьх лаьцна аьлча‚ Иза АллахI ву -- сан Кхиош-кхобург‚ сан Кхиош-кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м!
39Хьуо хьан бешан чоьхьа ваьлча‚ ахьа аьллехьара: "Ма шааллахI! Делаца бен ницкъ ма бац, хьуна со гуш велахь, хьайл кIезигаха хьолаций‚ доьзалшций.
40Мега сан Кхиош-кхобучо суна дала хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан /хьан беша/ тIе стиглара хьесап-- тIаккха цунах шера айелла меттиг хуьлуш‚
41Я цуьнан хи лекъаш‚ хьуна цкъа а ницкъ ца кхочуш и карадан.
42Гобира цуьнан стоьмех‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта ша шена чохь харж ярна‚ ткъа иза /беш/ шен бух тIе йоьжна лаьтта‚ цо олу: "Ма лаьцна хиллехьара-кх аса сан Кхиош-кхобучуьнца цхьа а накъост!"
43Ца хилира цунна тоба ша цунна гIо деш‚ Дела воцург‚ и ша ца хилира шена гIо дан луш!
44Цигахь гIо -- хьакъ-бакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мел баларца а‚ дика верг /хаза/ тIаьхье хилийтарца а.

❖ Дакъа 6 ❖

45Даладе царна масална дуьненан дахар: хих тера ду и‚ Оха ша стиглара доссийначу‚ тIаккха цунах ийнера лаьттан орамат -- цунах хилира екъа яр‚ ша мохо яржаеш йолу. Хилира Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш.
46Бахам а‚ кIентий а -- дуьненан дахаран хазалла ю‚ бухадуьсуш долу диканаш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мелаца а‚ тоьла дог дахарца а.
47Оха лаьмнаш доладолуьйтучу /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта хьалха таьIаш‚ Оха гулбийр бу уьш /Тхайна тIе/‚ бухавуьтур вац царех цхьа а.
48Хьан Кхиош-кхобучун хьалха хIуттур бу уьш могIийца: шу даьхкина Тхуна Оха дуьххьара шу ма-кхоьлли. Шу-м моьттуш ма дарий Оха шайна /цхьанакхетарна билгала/ хан тухур яц‚ аьлла.
49Охьадуьллур ду жайна‚ тIаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: "Ма бала бу вайна‚ хIокху жайно-м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш! Царна карийра шаьш динарг хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-кхобучо цхьаннена а.
50Оха ма аьллера маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира иблис диссалц -- и хилира жинех‚ цо дохийра шен Кхиош-кхобучун омра‚ ткъа аша лоцу иза а‚ цуьнан зуьрет а доттагIий а‚ Со а вуьтий‚ -- уьш шуна мостагIий ма бу-й?! Ма вон ю-кх зуламхошна /шайн белхан/ дуьхьал эцнарг!
51Аса уьш тешаш ца хIиттийна стигланаш а‚ латта а кхолларан а‚ уьш шаьш кхолларан а‚ Со ца хилира тилабелларш гIоьнчий лоцург а.
52Оцу /къемат/ дийнахь Цо /Дала/ эр ду: "Кхайкха аша шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чIагIбеш хиллачаьрга!" Цара кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хIаллакьхилар.
53Гира къинош диначарна цIе‚ царна хиира шаьш цу чу кхетар дуйла‚ ца карийра царна цунах дIасахьовзийла.
54Оха /къастош/ далийна хIокху КъурIан чохь нахана массо масал. Адам хилира вуно дуккха хIуманца къуьйсуш.
55Духа ца тоьхна нах /Делах/ тешарх цаьрга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехарх а -- цаьрга хьалхалерачийн гIиллакх даро бен‚ я цаьрга духьал Iазап даро бен.
56Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш‚ кхерам тосуш бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кIелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а цабешаш тIелаьцна цара.
57Мила ву зуламе шена шен Кхиош-кхобучун аяташ хьехийна‚ тIаккха царех вухаваьллачул‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинарг дицдийначул? Баккъалла а, Оха церан дегнаш чу гIат диллина -- тIаккха уьш цунах /КъурIанах/ ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ -- къоралла. Ахьа уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъеллига цкъа нислур бац уьш.
58Хьан Кхиош-кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам а болуш. Цара карийначуьнца Цо уьш /Iазапе я баламе/ лоьцуш белахьара‚ царна Iазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ Иза воцург кIелхьара долийла карор ма яц царна.
59И ярташ‚ Оха хIаллакьйира уьш‚ цара зулам дича‚ уьш хIаллакбарна хан йиллира Оха.

❖ Дакъа 9 ❖

60Мусас аьллера шен къонахе: "Со соцур вац ши хIорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь".
61И шиъ /хIорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чIара бицбелира‚ ткъа цо шен некъ хIорда чу биллира, /лаьттахула/ Iуьрг доккхуш.
62ТIаккха шаьшшиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: "Схьало вайна вайн кхача. Вайна а дуьхьалкхийти хIокху вайн некъах хало".
63Цо (Мусаца хиллачу кIанта) элира: "Хьажахь! Вай чара йолчу дирзича, суна бицбелира чIара‚ шайтIано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хIорда чу биллира".
64Цо (Мусас) элира: "И дара вайна дезаш хилларг". ТIаккха и шиъ шайн тачанх бухабирзира.
65Царна шиннена карийра Тхан лех цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Iилма Iамийна волу.
66Мусас цуьнга элира: "Хьуна тIаьхьахIуттий со‚ ахьа суна Iаморхьама хьайна Iамийначух кIорггера бакъдерг?"
67Цо элира: "Хьуна маганне могур дац соьца собар дан.
68Муха дийр ду ахьа собар‚ хьайна шех хаар доцучуьнца".
69Цо (Мусас) элира: "Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Iеса хир вац со‚ омра /кхочуш дарца/".
70Цо элира: "Хьо суна тIаьхьахIоттахь‚ соьга ма хетталахь цхьана а хIуманах лаций‚ аса хьуна шех дерг дийццалц".

❖ Дакъа 10 ❖

71ТIаккха и шиъ дIаволавелира кеманна тIехаъалц -- цо цунна Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: "Iуьрг даьккхи ахьа цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа тамаше хIума ма ди ахьа!"
72Цо элира: "Аса ца элира: хьуна маггане могур дац соьца цхьаьна собар дан".
73Цо (Мусас) элира: "Ахьа суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гIуллакхах".
74ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана кIантаца цхьаьнакхетталц -- цо и вийра. /Мусас/ элира: "/Ванах/ ахьа цIена са дий-кха, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хIума ди-кх ахьа!"
75Цо элира: "Аса ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?"
76Цо /Мусас/ элира: "Нагахь санна аса хьоьга хIума хаттахь хIокхул тIаьхьа -- суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна".
77ТIаккха и шиъ дIаволавеоира цхьана юьртан нахана тIекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хIума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шиннена хьошалла дан. Царна карийра цу чохь чир йожа йоллуш -- цо иза ира хIоттийра. Элира /Мусас/: "Хьайна лиънехь цунах мах оьцур бара ахьа".
78Цо элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юккъехь къастар ду. Аса достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг.
79Ткъа кема -- мискачу нехан дара иза‚ хIордан чохь болх беш болчу. Суна лиира иза дохо -- церан тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо кема схьалоцуш ницкъаца.
80Ткъа кIант -- цуьнан да-нана муъма нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна халахетийтарна /Далла/ муьтIахь цахиларца а‚ /Далла/ керста хиларца а.
81Тхуна лиира церан Кхиош-кхобучо цу шиннена, хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ волийла‚ цIена волуш‚ къинхетамца мелхо а герга волуш.
82ТIкъа чир‚ и яра гIалахь шина кIентан -- буоберийн‚ цунна бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Iамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-кхобучунна лиира и шиъ пхийттара валийта‚ цаьрга шайн хазна схьаяккхийта‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетамца. Иза аса ца дина сан гIуллакхаца. И ду хьуна шена тIехь собардан ца мегначун тидар".

❖ Дакъа 11 ❖

83Цара хьоьга хоьтту: "Ши маIа йолчух" лаьцна. Ахьа ала: "Аса дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар".
84Баккъалла а, Оха чIагIвира иза лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо хIуманан некъ.
85Цхьана новкъа хIоьттира иза.
86Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра и дIабузуш боьхачу шовдане‚ цуьнан уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: "ХIай Ши маIа ерг! Я Iазап дийр ду ахьа‚ я ахьа цаьргахь къинхетам бийр бу".
87Цо элира: "Ткъа зулам динарг милла велахь -- тIаьхьа цунна Iазап дийр ду оха. ТIаккха шен Кхиош-кхобучунна тIеверзор ву иза -- Цо Iазап дийр ду цунна халачу Iазапаца.
88Ткъа иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а -- царна хаза бекхам бу. Оха цуьнга эр ду тхан омрах атта дерг".
89ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза.
90Малх кхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна карийра и схьакхеташ цхьана нахана‚ Оха шайна цуьнан /малхан/ дуьхьал цхьа а хьулам ца хилийтина болу /бедар елахь а, тхов белахь а/.
91Иштта дIалецира Оха цуьнгахь дерг хаарца.
92ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза.
93Шина /лаьмнийн/ дуьхьалонан юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /Зул-Къарнайн цхьана а/ дашах кхеташ боцу нах.
94Цара элира: "ХIай Ши маIа ерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжужа боьханиг даржош ву лаьттахь. Оха хьуна − ясакх‚ токхе‚ ахьа тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?"
95Цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со шена чохь чIагIвинарг дика ду. Суна ницкъаца гIо де‚ ер аса шуна а‚ царна а юккъехь чIагIо.
96Ло суна эчиган кескаш". Ша уьш шина ломан йистошкахь нисйича‚ цо элира: "/ЦIе/ марсаяккха!" Цо цунах цIе хилийтича‚ элира: "Схьало соьга‚ аса цунна тIе лалийна эчиг дуттур".
97Ца мегира царнацунна тIе бовла а‚ ца мегира царна цунна Iуьрг даккха а.
98Цо элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам бу. Сан Кхиош-кхобучун ваIда еъча‚ Цо лаьттаца нисйийр ю иза. Сан Кхиош-кхобучун ваIда хьакъ-бакъ хилла".
99Оха буьтур бу уьш оцу /къемат/ дийнахь цхьаберш вукхарна тIе бетталуш. Сур локхур ю‚ Оха уьш гулбийр бу берриге а.
100Хьалхаюьллур ю Оха оцу дийнахь цатешачарна жоьжахати шуьйрра.
101Уьш шайн бIаьргашна тIехь парду долуш бара Со хьехорах‚ уьш бара ладогIа ца могуш.

❖ Дакъа 12 ❖

102Цатешначарна моьтту-те шаьш‚ Со воцург‚ Сан леш гIоьнчий лоцур бу? Оха кечйина жоьжахати цатешачарна чубисса.
103Ахьа ала: "Аса буьйций шуна Iамалашца уггар эшнарш‚
104Дуьненан дахаре шайн къахьегар /эрна/ дайина хилларш шаьш дика болх беш бу моьттуш?"
105Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобучун аяташна а‚ Цуьнан цхьанакхетарна а керсталла динарш‚ эрна хилла церан Iамалш‚ хIоттор дац Оха царна Къематдийнахь терза.
106И церан бекхам -- жоьжахати ю царна‚ шаьш керсталла дарна‚ Сан аяташ а‚ Сан элчанаш а бахьош хиларна.
107Баккъалла а, иман диллинарш а‚ диканаш динарш а -- царна хилла ФирIдавсбошмаш чубиссар‚
108Цу чохь гуттар лаьтташ‚ царех шайна дIатила ца лууш.
109Ахьа ала: "ХIорд сан Кхиош-кхобучун дешнашна шекъа хилча а -- хIорд кхачалур бара сан Кхиош-кхобучун дешнаш кхачадалале‚ цунах тераниг Оха алссам деъчи а /кхин хIорд хилийтича а/".
110Ахьа ала: "Со адам ду шу санна‚ суна вехьеца хаийтина шун Дела цхьа дела вуйла. Шен Кхиош-кхобучун цхьаьнакхетаре догдохуш хиллачо -- дика Iамал йойла‚ шен Кхиош-кхобучун Iибадатна цхьа а накъост ма лоцийла".

Вернуться к списку сур
19.سُورَةُ مَرْيَمَ
Сурат МАРЬЯМ • Марьяман сура(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ مَرْيَمَ

Сурат МАРЬЯМ • Марьяман сура

❖ Дакъа 1 ❖

1Каф-хIа-йа-Iайн-сад.
2Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/.
3Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлах кхайкхарца.
4Элира: "Сан даьIахкаш ледар евлла сол‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг /Ахьа сан доIийна жоп ца луш ца вуьтура со -- жоп лохьа суна хIинца а/".
5Со кхоьру соьл тIаьхьа буьсучу сан гергарчарех /цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда а ю сан бер ца хуьлуш‚ лохьа суна Хьайгара доьзалхо.
6Сан ирс оьцур цо‚ ЯIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ ахьа хилийталахь иза‚ со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш".
7"ХIай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кIантаца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг".
8Цо элира: "Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха беркъа ма ваьлла".
9Цо /Делан малико/ элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: "И Суна /дукха/ атта ду‚ хьо а кхоьллина Аса хьалха‚ хьо хIумма а ма яцара".
10Цо (Закарес) элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!" Элира: "Хьуна билгало ю-кх ахьа нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар ца дийцар".
11ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьрабачуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: "Тасбахь делаш /Далла/ Iуьйранца а‚ суьйранца а"‚− аьлла.
12/Дала элира/: "ХIай Яхья! Схьалаца жайна ницкъаца! "Оха делира цуьнга хьукам и жимакIант волуш.
13Тхан гергара къахетар а‚ цIеналла а /дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,
14Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Iеса верг а.
15Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и вуха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а.

❖ Дакъа 2 ❖

16Ахьа хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге.
17ТIаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тIе Тхан Са‚ и тарделира цунна боккъала долчу адамах.
18Цо элира: "Со Къинхетам болчуьнца /Делаца/ ларло хьоьх‚ хьо /Делах/ кхоьруш хиллехь".
19Цо /Джабраил малико/ элира: "Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цIена кIант вала веъна".
20Цо /Марьяма/ элира: "Мичара хир ву суна кIант! Соьх адам а хьакха ца делла‚ со нахаца лелаш а ца хилла".
21Цо элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: "И суна атта ду". И /Iиса пайхамар/ хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГIуллакх кхочушхилла".
22И цунахберах йисира‚ тIаккха и цуьнца генаелира генарчу меттиге.
23Бер хиларо и ялийра хурман диттан гIад долчу‚ цо элира: "Елла елахьара со хIокхул хьалха -- йицъелла яьлла хир яра со!"
24Цо /Джабраил малико/ цуьнга кхайкхира цуьнан /хурман диттан/ кIелара: "ГIайгIане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина.
25ДIасаластаде хьайна хурман диттан гIад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тIеда хурманаш.
26Даа‚ мала‚ бIаьрг бекхабе (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ ала: "Со Къинхетам болчунна /Далла/ марха лаца ваIда йина ю‚ со тахана йист хир яц адамме а".
27ТIаккха и яхара цуьнца /бераца Iисаца/ шен нах болчу‚ ша и хьош /шен карахь/‚ цара элира: "ХIай Марьям‚ ма тамашийна хIума деъна ахьа!"
28"ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана ма ца хилла нахаца лелаш".
29Цо /Марьямо/ иза /шен кIант Iиса/ гайтира. Цара элира: "Тхо муха дист хуьлу ша аганчохь бер долчуьнга?"
30Цо /Iисас/ элира: "Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо соьх пайхамар хилийтина.
31Цо со декъала хилийтина со миччахь велахь а‚ суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а со дийна мел лаьтта.
32Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а.
33Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь!"
34Иза ву Iиса‚ Марьяман кIант -- бакъонан дош‚ цара шена чохь шеко еш долу.
35Далла ца хилла /там болуш/ шен доьзалхо лаца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: "Хила!" -- иза хуьлу.
36"АллахI -- сан Кхиош-кхобург ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша. ХIара бу нийса некъ".
37Оцарех тобанийн юккъехь хилпалонашхилира: бала бу тешаш хиллачарна дезачу /къемат/ дийнахь гур долчух.
38Ма билгала хозур ду царна, ма къаьггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Делахь а зуламхой тахана билгалчу тиларчохь бу.
39Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гIуллакх кхочушхилла уьш тидаман чохь боцуш‚ уьш цатешаш болуш.
40Баккъалла а, Оха ирсана оьцу латта‚ цунна тIехь мел верг а‚ Тхуна тIе бухаберзор болуш бу уьш а.

❖ Дакъа 3 ❖

41Хьехаве жайна чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.
42Цо аьллера шен дега: "Дади‚ ахьа хIунда Iибадат до ша шена хезаш йоцчу‚ шена гуш йоцчу‚ ша хьо цхьана а хIуманах кIелхьара воккхуш воцчу хIуманна?
43Дади‚ соьга деъна Iилманах хьоьга ца деънарг‚ суна тIаьхьахIотта -- аса нийсачу новкъа вуьллур ву хьо.
44Дади‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна /Далла/ Iеса хилла.
45Дади‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазапо хьо лацарна -- тIаккха хьо шайтIанан доттагIа хир ву".
46Цо /ИбрахIиман дас/ элира: "Ткъа хьо къаьхка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца сацахь‚ аса хьуна деттанне а тIулгаш деттар ма ду. Генавала суна цхьана ханна!"
47Цо /ИбрахIима/ элира: "Салам ду хьуна. Аса гечдар доьхур ду хьуна сан Кхиош-кхобучуьнга‚ Иза соьца къинхетаме хилла.
48Шух а дIакъаьста со‚ аша‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а. Аса Iибадат до сан Кхиош-кхобучуьнга‚ со ца хила тарло сан Кхиош-кхобучуьнга Iибадат дарца декъазниг".
49Иза царех а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а -- хIораннах хилийтира Оха пайхамар.
50Оха белира царна Тхан къинхетамах /даьхний а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна бакъдолчун мотт лекхачу даржехь.

❖ Дакъа 4 ❖

51Хьехаве жайна чохь Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастинарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а.
52Оха цуьнга кхайкхира ламананаьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана.
53Оха велира цунна Тхан къинхетамах шен ваша ХIарун пайхамар хилла.
54Хьехаве жайнахь ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара ваIда бакъьеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а.
55Иза хуьлура шен охIланна омра деш ламазций‚ закатций‚ и вара шен Кхиош-кхобучун гергахь шена /Иза/ реза верг.
56Хьахаве жайнахь Идрис. Баккъалла а, иза вара бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.
57Оха хьалаваьккхира иза лекхачу меттиге.
58Уьш бу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш Адаман зуьретах‚ Оха Нухьаца лелийначарех‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьретах‚ Оха шаьш нисбинчарех а‚ хаьржинчарех а. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча -- охьа гора гIора уьш сужд дарца а‚ белхарца а.
59Царел тIаьхьа цхьа тIаьхье хилира ша ламаз дойуш‚ шовкъашна тIаьхьахIоьттина. ТIаьхьа хIаллакхиларна дуьхьал гIур бу уьш.
60Тоба динарг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург. Уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна хIумма зулам дийр дац.
61Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна ваIда йина йолчу гуш йоцуш. Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш.
62Царна цу чохь деса хабар хезар дац‚ "Салам"бен‚ царна шайн рицкъа хир ду цу чохь Iуьйранна а‚ суьйранна а.
63И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачунна.
64"Тхо охьа ца дуссухьан Делан омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалха дерг а‚ вайн тIехьа дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-кхобург вицлуш".
65Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобург ву иза‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна Iибадат дар тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо?

❖ Дакъа 5 ❖

66Адамо олу: "Со велча тIаьхьа денвина аравоккхур ву?"
67Дага ца догIу-те адамна Оха ша кхоьллина хилар хьалха -- и хIумма ма яцара?
68Хьан Кхиош-кхобучух дуй боу‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха жоьжахатин гонаха балор ма бу горабахана.
69ТIаккха Оха схьавоккхур ву хIора тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чIогIа верг.
70ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бага там берш.
71Шух ма вац цу чу гIуш верг бен. Хьан Кхиош-кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг.
72ТIаккха Оха кIелхьарабохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана.
73Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира иман диллинчаьрга: "/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьаьнакхетарца хаза?"
74Мел хIаллакйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ оцарел мелхо хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а!
75Ахьа ала: "Милла хиллехь а тиларчохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/, шайна ваIда йинарг галц я /дуьненан/ Iазап‚ я сахьт-- тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца.
76Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсу дика Iамалш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мелаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца а.
77Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цоэлира: "Суна ланне а лур бу бахам а‚ доьзал а".
78Къайлах дерг гучудаьлла-те цунна я КъинхетамболчуьнгараваIда эцна-те цо?"
79ХIан-хIа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Iазапан хан яхйарца.
80Тхуна тIе доьрзу цо мел бохург‚ Тхуна тIе вогIур ву иза цхьа /даьхний а‚ доьзал а боцуш/.
81Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ делий‚ шайна царех сий хилархьама.
82ХIан-хIа! Церан Iибадатна керсталла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царех.

❖ Дакъа 6 ❖

83Хьуна ца го‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?
84Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца.
85Оцу /къемат/ дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе тIехевшина.
86Оха лохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш.
87ШафаIатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен.
88Цара элира: "Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/"
89Ирча хIума деъна аша.
90Стигланаш этIаран герга ду цунах‚ латта дадаран‚ лаьмнаш доьхна дегаран /герга ду/
91Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхарна.
92Там бац Къинхетам болчунна доьзалхо лаца.
93Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай хилла вогIур волуш бен.
94Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца.
95Уьш массо а Цунна тIе богIур бу шаьш-шаьш.
96Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а -- царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу.
97Баккъалла а, Оха атта дина и /КъурIан/. Хьанматтахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта.
98Мел хIаллакйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ хаалой хьуна царех цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?"

Вернуться к списку сур
20.سُورَةُ طه
Сурат ТIАХIА(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ طه

Сурат ТIАХIА

❖ Дакъа 1 ❖

1ТIахIа.
2Оха ца доссийна хьоьга КъурIан хьо декъаза хилийта.
3Хьехам хилла бен‚ ша /Делах/ кхоьруш волчунна.
4Ша латта а‚ лекхара стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара/.
5Ша къинхетаме верг ву И -- Iарша тIехь нисвелла И.
6Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шинненаюккъехь дерг а‚ лаьттан бухахь дерг а.
7Ахьа дош чIогIа алахь а, -- баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а.
8/Цхьа/ Дела ву -- кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIераш.
9Хьоьга деаний Мусан хабар?
10Цунна ма гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: "Шу диса /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа алу йохьуш‚ я суна карор бу цIера тIехь нийса некъ".
11Иза цуннатIевеъча‚ кхайкхира: "ХIай Муса!
12Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дIаяха хьан мачаш -- хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь.
13Аса хьо хаьржина -- ладогIа вехьеца дуьйцучуьнга.
14Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз хIоттаде‚ Со хьехаван.
15Баккъалла а, сахьтдогIур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хIора синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта.
16Хьо цунах вуха ма воккхийла ша цунах ца тешачо‚ шен дезаршна тIаьхьа хIоьттинчо а -- тIаккха хIаллакьхир ву хьо.
17И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ Муса?"
18Цо элира: "И сан Iаса ю‚ со цунна тIетевжа‚ аса цуьнца сан жана гIаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу".
19Цо /Дала/ элира: "ДIакхосса и‚ Муса!"
20Цо и дIакхоьссира -- цунах текхарг хилира чухьодуш.
21Цо элира: "Схьаэца и‚ ма кхера!" Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха.
22Хьан куьйг хьан агIонна тIетаIаде -- кIайделла схьадер ду иза хало йоцуш -- кхин делил ду хьуна!
23Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех.
24Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ -- баккъалла а, и тIехваьлла".

❖ Дакъа 2 ❖

25Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ сан дог паргIатдаккхахь‚
26Ахьа аттачу даккха суна сан гIуллакх.
27Ахьа бастахьа сан маттах шад.
28ТIаккха уьш кхетар бара сан дашах.
29Хилийтахь суна гIоьнча сан охIлах‚
30ХIарун‚ сан ваша.
31Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа.
32Суна накъосталла дайтахьа цуьнга сан гIуллакхехь.
33Оха Хьуна тасбахь дархьама дуккха а.
34Оха Хьо хьехавархьама дуккха а.
35Баккъалла а, Хьо хилла-кх тхо гуш верг".
36Цо /Дала/ элира: "Хьуна делла айхьа доьхург‚ Муса.
37Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьоьх къинхетам‚
38Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:
39"ТIорказа чу вилла и‚ тIаккха хIорда чу кхосса и. ХIордо юьстаха кхуссур ву иза -- Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву". Аса хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама сан бIаьргийн хьалха.
40Хьан йиша ма яхара‚ тIаккха цо олу: "Аса тIехьажадой шу икхобург волчунна?" Оха хьо вухаверзийра хьан нене цуьнан бIаьрг бузо‚ и гIайгIIане ца йожийта а. Ахьа са дира -- Оха хьо кIелхьараваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо веара шен хеннахь‚ Муса.
41Аса Сайна гIуллакх дан хаьржина хьо.
42Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ ашшиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь
43ДIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла а‚ и тIехваьлла /Делан дозанех/.
44Ашшиммо ала цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала.
45Цу шиммо /Мусас а‚ ХIаруна а/ элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо кхоьру цо тхуна вас ярна‚ я и тIехваларна".
46Цо /Дала/ элира: "Шу /шиъ/ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву.
47ДIагIо цунна тIе‚ аш ала: "Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий а‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-кхобучуьнгара делилаца. Маршо ю нийсачу новкъа /тIаьхьа/ хIоьттинчунна.
48Тхуна вехьеца хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ (цIена Делан дин) харцдинчунна а‚ /оцунах/ вухаваьллачунна а".
49Цо /ФирIавнас/ элира: "Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хIай Муса?"
50Элира /Мусас/ : "Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо хIуманна кхоллар делларг а‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а".
51Цо /ФирIавнас/ элира: "Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха ду?"
52Элира /Мусас/: "Церан Iилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло.
53И ву Ша хилийтинарг шуна лаьттах ага‚ Цо шуна цу чухула некъаш дехкина‚ Цо даийтина стиглара хи". Оха дехна цуьнца (хица) шиш кепара тайп-тайпана ораматаш.
54Даа шайна а‚ даьхний а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна.

❖ Дакъа 3 ❖

55ЦунахОха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу духадерзош ду‚ цунах Оха шу арадохур долуш ду кхин а цкъа.
56Оха цуьнга /ФирIавне/ гайтира Тхан дерриге делилаш -- цо харц дира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/.
57Цо элира: "Хьо веъна тхо тхан лаьттах даха хьан бозбуанчаллица‚ хIай Муса?
58Оха лур ма ду хьуна цунах терра бозбуанчалла. Хан тоха тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а йохор йоцуш‚ ахьа а -- юккъера меттиг /массарна тIе бан атта йолу меттиг харжа вайна къовса/".
59Цо /Мусас/ элира: "Хан ю шуна -- хаздаран де‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалбаьлча/ нах гулбалар а".
60Вухавелира ФирIавна‚ шен мекарло гулйира‚ тIаккха веара.
61Цаьрга Мусас элира: "Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг -- Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакьхилла харцдерг кхоьллинарг".
62Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ къайлах кхеташо йира.
63Цара элира: "ХIара шиъ бозбуанчаш ма бу. Цу шиннена лууш ду шу шайн лаьттах арадаха шайн шиннен бозбуанчаллица‚ шун масал хилла долу некъ дIатилабан лууш ма бу уьш.
64ДIагулъе шайн мекарло‚ тIаккха цхьа могIа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг".
65Цара элира: "ХIай Муса‚ я ахьа кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?"
66Цо элира: "ХIан-хIа‚ кхосса аша!" ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна хаалора церан бозбуанчаллица тIекхиссалуш.
67Мусас шегахь кхерам лайра.
68Оха элира: "Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву лакхахь верг.
69Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуанчийн мекарло. Воккхавуьйр вац бозбуанча миччахьара веъча а.
70Бозбуанчаш суждане бегийра. Цара элира: "Оха иман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга".
71Цо /ФирIавнас/ элира: "Аша иман дилли Цуьнга аса шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханигву иза ша шуна бозбуанчалла Iамийнарг. Аса хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ аса ирх кхазор ма ду шу хурманан дитташна тIехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхоьх Iазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а".
72Цара элира: "Тхуна цкьа а хьо дукхавезар ма вац тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а. Сацамбе айхьа сацамбеш берг. Ахьа сацам бийр ду деккъа дуьненан дахаран.
73Баккъалла а, Оха иман дилли тхан Кхиош-кхобучунна‚ Цо тхуна гечдархьама тхан гIалаташ а‚ ахьа тхо ницкъ шена тIедахийтина бозбуанчалла а. Дела -- дика а ву‚ уггар вуха вуьсург а ву".
74Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тIе къинош дина вогIург -- цуна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац.
75Цуьнан /Далла/ тIе муъма хилла вогIург а‚ ша дика Iамалш а йина -- уьш бу шайна лаккхара даржаш дерш --
76Iаднанбошмаш‚ шайн бухахула татолаш оьхуш -- цу чохь уьш гуттар лаьтташ. И бу бекхам ша цIанвеллачунна.

❖ Дакъа 4 ❖

77Оха вехьеца хаийтира Мусага: "Аравала Сан лешца буьйсанна‚ хилийта царнахIордан чохь некъ бекъаберг‚ ма кхералахь /уьш хьайна/ тIекхиарх‚ ма кхералахь /кхечу бохамах а/.
78Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца -- уьш схьалийцира хIордах лоцучо.
79Тилира ФирIавнас шен нах‚ нийсачу новкъа ца бехкира.
80ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьарадехира шу шун мостагIчух‚ ваIда йира /шуьца цхьаьнакхетта/ ламанан аьтту агIорахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а.
81Даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIенаниг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь -- тIаккха Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух‚ шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг -- хIаллакьхилла.
82Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тоба диначунна‚ иман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна -- тIаккха нисвеллачунна.
83"Хьо стено сихви хьан къомах‚ хIай Муса?".
84Цо элира: "Уьш дIогахь бу сан тачанах /богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIе‚ сан Кхиош-кхобушверг‚ Хьо реза хилархьама".
85Цо /Дала/ элира: "Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам Хьоьл тIаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс".
86Муса шен къомана тIе вухавирзира оьгIазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: "ХIай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера‚ ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун Iазап хьарча -- аша йохий сан ваIда?"
87Цара элира: "Оха ца йохийра хьан ваIда тхан ницкъаца‚ делахь а тхоьга схьабаийтира къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс".
88Цо царнаэса даьккхира дегIаца шен Iехар а долуш‚ тIаккха цара элира: "ХIара шун Дела ву‚ Мусан а Дела ву‚ цо /Мусас/ вицвина /и шен Дела‚ дIавахана/".
89Царна ца го-те цо /эсо/ царна дош а духа ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

❖ Дакъа 5 ❖

90Цаьрга ХIаруна а ма элира хьалха: "ХIай къам‚ шу цуьнцапитане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Рахьманву‚ суна тIаьхьа хIотта‚ сан омрана муьтIахь хила".
91Цара элира: "Тхо совцур дац цунна Iибадат дечух тхуна тIе Муса вухаверззалц".
92Цоэлира: "ХIай ХIарун‚ хьуна стено новкъарло йи уьш тилабелла гича
93Суна тIаьхьа хIотта? Сан омрана Iеса хилла хьо?"
94Цо /ХIаруна/ элира: "ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахьа аларна: "Исраилан кIентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь".
95Цоэлира: "Хьан хIун бала бу‚ хIай Самирий?".
96Цо элира: "Суна гира царна ца гинарг: аса схьалецира элчанантачех цхьа кана‚ и кхоьссира аса‚ иштта хаздира суна сан сино".
97Цо /Мусас Самирийчуьнга/ элира: "ДIагIо! Хьуна /дуьненан/ дахарехь хир ду /таIзар/‚ ахьа олуш: "Ма хьакхало /соьх/". Хьуна тоьхна хан ю‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву чим бина хIорда чохь".
98Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела воцу‚ массо хIума чулаьцна цо Iилмаца".
99Иштта Оха дуьйцу хьоьга хабарех ша хьалхадахнарг‚ Оха делира хьоьга Тхан гергара дагадайтар.
100Цунах дIакъаьстинарг‚ милла велахь а‚ -- баккъалла а, цо хьур ма бу /жоьжахати/ Къематдийнахь /къинойн мохь/.
101Гуттар лаьтташ цу /жоьжахати/ чохь -- вон хили царна Къематдийнахь мохь.
102Оцу дийнахь сур локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш /бIаьргаш/ сенбелла.
103Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: "Аша-м ца даьккхира /цигахь/ итт /де/ бен".
104Тхо дика хууш ду цара олург. Царех леларца уггар тоьллачара эр ду: "Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина".

❖ Дакъа 6 ❖

105Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахьа ала: "Дохийна даржор ду уьш сан Кхиош-кхобучо.
106Дуьтур ду Цо уьш нийса еса меттиг хилла.
107Хьуна гур яц цигахь лохе а‚ лакхе а.
108Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуттур бу кхойкхучунна‚ шех юьстах бовлийла доцуш‚ аьзнаш мукIар хир ду Къинхетам болчуьнан‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен.
109Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIатоКъинхетам болчо Шена пурба деллачунна бен‚ Шен дашнареза хиллачунна бен.
110Цунна /Далла/ хаьа царел хьалха хилларг а‚ царел тIаьхьа хин дерг а‚ уьш тIаьхьа кхуьур бац Цунах Iилманца.
111Яххьаш мукIар хилира Ша дийнаволчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ хIоьттийнаволчунна /Далла/, дог диллина висира зулам деанарг /Делаца накъост лаьцнарг/.
112Ша диканаш динарг‚ ша муъма волуш -- и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а.
113Иштта охьадоссийра Оха и Iарбийн Дешардина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллак хилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла.
114Лакхахь ву Дела -- Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло КъурIанца хьайга Цуьнан вехьи чекхдаллалц‚ ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ совваккха со Iилманца".
115Оха ваIда йинера хьалха Адамца а -- цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла.

❖ Дакъа 7 ❖

116Оха аьллера маликашка: "Сужд деАдамна". Цара сужд дира − Иблис доцчо‚ -- и дуьхьалделира.
117Оха элира: "ХIай Адам‚ баккъалла а, хIара /Иблис/ мостагI ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ -- тIаккха дакъазвер ву хьо.
118Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тIерза вуьсийла а дац.
119Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац".
120ШайтIа тIедирзира цунна /тилаван/‚ элира: "ХIай Адам‚ аса тIенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тIе?"
121Цара шиммоцунах кхаьллира /стом/ -- тIаккха царна шиннена шаьшшиннан эхье меттигаш гучуевлира -- уьш болабелира шайна тIе ялсаманин гIаш летадан. Адамо Iесалла йира шен Кхиош-кхобучунна‚ -- и тилавелира.
122ТIаккха шен Кхиош-кхобучо хаьржира иза‚ гечдира цунна‚ нисвира /нийсачу новкъа/.
123Цо /Дала/ элира: "Охьадисса цу чуьра дерриге а‚ вовшашна мостагIий а хилий. Шуьга беъча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьахIоьттинарг -- и тилалур вац‚ и декъаза вер вац.
124Со хьехорах вухаваьлларг -- сов готта бахам бу цуьнан‚ Оха гулвийр ву и Къематдийнахь бIаьрса а доцуш.
125Цо элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хIунда гулвина со бIаьрса а доцуш‚ со бIаьрса долуш ма вари-й?"
126Цо /Дала/ элира: "Иштта деара хьоьга Сан аяташ -- ахь уьш дицдира. Иштта тахана хьо вицвийр ву".
127Иштта бекхам бо Оха тIалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап мелхо а чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду.
128Уьш нис ца бина-те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? -- церан бахамашкахула лелаш ма бу уьш! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду‚ хьекъал долчарна.

❖ Дакъа 8 ❖

129Дошхьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара ихилаза цадериг дара -- Хан ю цIе тоьхна.
130Ахьа собарде цара дуьйцучунна тIехь‚ хьан Кхиош-кхобучунна тасбахь де малх схьакхетале а‚ и дIабузале а. Буьйсанан заманашкахь атасбахь де‚ дийнан тIегIешкахь а‚ -- хьо реза хила там бара.
131Хьан бIаьргаш данне а ма кхийдадеОха царех шайна ниIмат деллачу марий-зударшка -- дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цу чохь Оха зерхьама. Хьан Кхиош-кхобучун рицкъа дика а‚ мелхо а ханна деха а ду.
132Омра де хьан охIле ламаз де‚ алий‚ цу тIехь собаре хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъа. Оха лур ду хьуна рицкъа. ТIаьхье-- /Делах/ кхерарехь ю!
133Цара элира: "Цо /пайхамара/ деанехьара вайга шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?" Цаьрга ца еана‚ ткъа‚ билгало хьалхарчу жайнашкахь?
134Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул /пайхамарал/ хьалха‚ цара эр ма дара: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа ваийтинехьара тхоьга элча -- тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо сийсаза хилале‚ тхо юьхьIаьржа хIоттале?"
135Ахьа ала: "Массо а хьоьжуш ву‚ хьежа шу а‚ тIаккха тIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш".

Вернуться к списку сур
21.سُورَةُ ٱلْأَنْبِيَاءِ
Сурат АЛЬ-АНБИЙАЪ • Пайхамарш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْأَنْبِيَاءِ

Сурат АЛЬ-АНБИЙАЪ • Пайхамарш

❖ Дакъа 1 ❖

1Гергадеана нахана шайца хьесап дар, уьш тIаккха а терго ца еш‚ дуьхьалбевла бу.
2Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам‚ цара цуьнга ладугIуш бен‚ шаьш ловзуш долуш.
3Шайн дегнаш гIайгIа еш доцуш. Къайладаьккхира хабар зулам диначара: "ХIараадам бен дац шу санна? Бозбуанчалла дохьу аша‚ шайна гуш долуш?"
4Цо /пайхамара/ элира: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа дош‚ стиглахь а‚ лаьттахь а /аьлла долу/. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву".
5ХIаъ‚ цара элира: "Вовшех ийнагIенаш ду. ХIаъ‚ цокхоьллина и. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайга цхьа делил даийта цо‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра".
6Иман ца диллира царел хьалха а цхьана а юьрто‚ Оха ша хIаллакйина хилла йолчу. ХIокхара иман дуьллур дара?
7Оха ца бахкийтира хьоьл хьалха а божарийбен‚ Оха цаьрга вехьеш луш. Хаттал хьехамболчу нахе‚ шаьш хууш ца хиллехь.
8Оха ца хилийтира царех кхача ца боу дегI‚ уьш ца лаьттира даима.
9ТIаккха Оха бакъхилийтира цаьрца ваIда. Оха хьалхабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира тIалам боцурш.
10Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iарбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь хиларца/‚ шу хьекъале ца хуьлу?

❖ Дакъа 2 ❖

11Мас йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиира царел тIаьхьа кхин къаьмнаш.
12Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду /гIерта/.
13"Ма довда! Духадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка. Шуьга /барт/ хатта мегара".
14Цара элира: "Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!"
15И церан кхайкхам ца сецира Оха шайх ялтан канаш хиллийтталц‚ шаьш дIатийна буьсуш.
16Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а‚ ловзуш хилла /эрна/.
17Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара /Тхан гергахь болчу хьурулIинех а, маликех а/‚ Оха и деш хилча.
18ХIаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тIе -- цо и дайа‚ и хIаллакьхуьлу‚ шуна бала бу шаьш /харц/ дуьйцучух.
19Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад ца ло уьш.
20Цара тасбахь до буьйсанна а‚ денна а‚ уьш лагI ца луш.
21Ткъа цара эцна-те делий лаьттах, цара денбеш /белларш/?
22Цу шиннахьа аАллахI воцург /кхин/ делий хиллехьара -- уьш шиъа хIаллакьхилла хир яра. Вонах цIена ву и Дела‚ Iаьршан да волу‚ /лекха ву И/ цара дуьйцучух.
23Цуьнга ца хотту Цо дечух‚ цаьрга хоттур ду.
24Ткъа цара лецна И воцург /кхин/ делий? Ахьа ала: "Даладе шайн тешаллаш! ХIара хьехам бу соьца болчеран а /КъурIан/‚ соьл хьалха хиллачеран а /Товрат а, Инжил а, кхин жайнаш а -- церанчохь массанхьа а Дела цхьаъ хилар чIагъдеш ду/. ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла".
25Оха ца ваийтина хьоьл хьалха цхьа а элча‚ Оха шега вехьеца хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла.
26Цара элира: "Лаьцна Къинхетам болчодоьзалхо". Вонах цIена ву Иза! Уьш-мсийлахь болу леш бай!
27Уьш /пайхамараш/ Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца гIуллакх деш бу.
28Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIаьхьахь дерг а, цара шапаIатдийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхерарх эгош бу.
29Милла велахь а‚ царех олуш: "Со ву дела‚ Иза а воцуш"‚− цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна.

❖ Дакъа 3 ❖

30Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшех хоттаделла? Оха уьш къастийра! Хилийтира хих массо дийна хIума. Уьш ца теша-те?
31Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш -- уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх.
32Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан /стиглан/ аятех бухарбуьйлуш бу /ойла ца еш/.
33Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо шен меттехь нека деш ю.
34Оха ца хилийтина адамна хьоьл хьалха а абаде. Ткъа хьо велча уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?
35Массо сино Iовшур ду далар. Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питана хилла. Тхуна тIе духадерзор долуш а ду шу.
36Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвой бен тIе ца лоцу цара: "ХIара ву шун делий хьехош верг?" Ткъа уьш Къинхетам берг хьехорна керста бу.
37Адам кхоьллина сихонах. Гойтур ду Аса шуна Сан делилаш‚ аша Со сих ма ве!
38Цара олу: "Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш делахь?"
39Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна тIера а, шайн баккъашна тIера а цIе дIа тоьттур йоцу‚ шайна гIо хир доцу хан! /Ма сих дийр дацра цара тIаккха и Делан Iазап/!
40ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /Къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ царна могур дац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац.
41Сийсазбина элчанаш хьоьл хьалха а. Царех /элчанех/ ца бешаш хиллачарех шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг.

❖ Дакъа 4 ❖

42Ахьа ала: "Хьан лардийр ду шу буьйсанна а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорах бухарбевлла.
43Я церан делий бу-те уьш юхатухур болуш /Iазапах/ Тхо доцург? Царна могур дац шайна гIо дан а‚ уьш Тхоьх /Тхан Iазапах/ ларор ма бац.
44ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна а‚ церан дайшна а шайн тIехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу‚ ткъа‚ тоьлларш?
45Ахьа ала: "Баккъалла а, аса шуна кхерам тосу вехьеца. Ца хеза-кх къора болчарна кхайкхам шайна кхерам тосуш".
46Хьан Кхиош-кхобучун Iазапан хIо хьакхаро шаьш схьалецча цара эр ду: "Ма /боккха/ бала бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!"
47Оха хIиттор ю Къематденна нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац сина /цхьана а/ хIуманца. КIоллан буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан.
48Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна.
49Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-кхобучух‚ И гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах/кхоьруш/ бегабеш /эгош/.
50ХIара /КъурIан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аша цунна инкарло йо?

❖ Дакъа 5 ❖

51Оха белира ИбрахIиме а хьалха шен нийса некъ‚ Тхо и вевзаш дара.
52Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: "ХIорш хIун суьрташ ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?"
53Цара элира: "Тхуна тхан дай а карийна-кх царна Iибадат деш".
54Цо элира: "Шу а‚ шун дай а хилла-кх билгалчу тиларчохь".
55Цара элира: "Хьо тхуна веъна-те бакъдолчуьнца‚ я хьо забар ечарех ву-те?!"
56Цо элира: "ХIаъ‚ шун Кхиош-кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарех ву.
57Делаца дуй боу аса шун цIушна янне а мекарло йийр ма ю аса шу /царех/ гена девллачул тIаьхьа‚ баккъаш берзийна".
58ТIаккха цо царех кийсакаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц -- уьш цунна тIе берза мегара.
59Цара элира: "Хьан дина хIара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарех ву-кх!"
60Элира: "Тхуна хезира цхьа кIант уьш /вай делий/ хьехабеш‚ цунах ИбрахIим олу".
61Элира: "Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха -- цара тешалла дан мегара".
62Цара элира: "Ахьа дина хIара тхан делашна‚ хIай ИбрахIим?"
63Цо элира: "ХIан-хIа. И дина хIокхучарех воккхучо. Аша цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!"
64Уьш шайна тIебирзира‚ цара элира: "Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!"
65ТIаккха уьш шайн кортошна тIе охьабахийтира: "Хьуна ма хаьий уьш бист ца хуьлий".
66Цо /ИбрахIимо/ элира: "Ткъа аша Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумманца а пайда ца бечунна‚ зен ца дечунна?
67Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аша Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?"
68Цара элира: "Вагаве и /ИбрахIим/‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!"
69Оха элира: "ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршо а".
70Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло -- Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарех.
71Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ ЛутIа а‚ ша Оха Iаламашна беркате динчу лаьтта.
72Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЯIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш.
73Оха царех хилийтира тхьамданаш. Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш‚ Оха цаьрга хаийтирадиканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а‚ уьш хилира Тхуна Iибадат деш.
74ЛутIана а делира Оха хьукма а‚ Iилма а‚ Оха и кIелхьараваьккхира юьртара ша боьханаш деш хилла йолчу‚ баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш.
75Оха иза /ЛутI пайхамар/ воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарех ву.

❖ Дакъа 6 ❖

76Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха‚ Оха цунна жоп делира‚ кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу баланах.
77Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге /хина/ бухабахийтира.
78Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукма дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукманан тешаш.
79Оха цунах /хьукмех/ кхетийтира Сулейман а. Массарна Оха делира хьукма а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш -- цара тасбахь а деш‚ олхазарш а‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш.
80Оха цунна Iамийра шуна бедаршяр‚ цара шу Iалашдархьама шун ницкъах‚ аш баркалла ца олу?
81Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох-дарц хуьлуш‚ дIа-схьа лелаш Тхан омраца лаьттахула‚ Оха ша беркате дина хиллачу. Тхо хилла массо хIума хууш дерш.
82ШайтIанеха хилла цунна/хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш.
83Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Со балано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарех а уггар къинхетам берг ву-кх".
84Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бала‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьаьна царах тераниг‚ Тхан гергара къинхетам хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла.
85/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифла‚ массо а собаре хиллачарех бу.
86Тхан къинхетамчу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарех бу.
87Зун-Нуна‚ дIавахара иза оьгIазвахана‚ цунна моьттура Тхан ницкъ кхочур бац шена тIехь‚ тIаккха цо кхайкхира боданехь: "Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам диначарех".
88Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьараваьккхира сингаттамах‚ иштта кIелхьарабоху Оха муъма нах.
89Закарийа /хьахаве/‚ цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Со Кхиош-кхобушверг‚ ма витахь со цхьан‚ Хьо ирс лучарех уггар диканиг ма вара!"
90Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда. Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура догдохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхоьх кхоьруш.
91И шен дегI Iалашдинарга /хьехайе/‚ Оха цу чу Тхан синах хIуп элира‚ цунах а‚ цуьнан кIантаха /массо/ Iаламна делил хилийтира Оха.
92Баккъалла а, хIара шун умматцхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобушверг а ву‚ Суна Iибадат дейша.
93Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъирашайн гIуллакх вовшашна юкъахь. Дерриге а Тхуна тIе духадоьрзу.

❖ Дакъа 7 ❖

94Диканаш деш верг‚ ша муъма волуш -- хир дац цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, тхо цунна яздеш ду.
95Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) бухаберза
96Яъжуж а‚ Маъжужа гучубовллалц? Уьш массо гу лакхарчу меттигашкара тIегIертар бу.
97Гергаеана бакъйолу ваIда‚ цатешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: "Ма бала бу-кх вайна‚ вай дар-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш".
98Баккъалла а, шу‚ Дела а витина‚ аша шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду.
99Уьш делий хиллехьара -- цу чу гIур бацара‚ массо а цу чохь гуттар лаьттар ву.
100Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац.
101Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш -- уьш цуьнан /жоьжахатина/ генахь хир бу.
102Царна хезар дац цуьнан /жоьжахатин/ шах-ших а‚ уьш шай синошна дезначохь гуттар лаьттар бу.
103Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: "ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг".
104Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккхур ду иза Тхан тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш.
105Оха яздинера Забурачохь хьехамалтIаьхьа: "Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша".
106Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана.
107Оха ца ваийтина хьо/массо/ Iаламна къинхетам хилла бен.
108Ахьа ала: "Суна вехьеца хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла‚ шу муьтIахьхуьлий?"
109Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Аса дIакхайкхийна шуьга цхьанисса‚ суна ца хаьа герга ду‚ я гена ду шуна ваIдайинарг.
110Баккъалла а, Цунна /Далла/ хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а.
111Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьа таттар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ я цхьа хан яллалц бахам а".
112Ахьа /хIай пайхамар/ ала: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа де-кха бакъонца хьукма. Тхан Кхиош-кхобург ву Къинхетаме верг‚ Шегара гIо эца дезаш верг аша сипат дечунна тIехь".

Вернуться к списку сур
22.سُورَةُ ٱلْحَجِّ
Сурат АЛЬ-ХЬАДЖ • Хьаьждехкар(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْحَجِّ

Сурат АЛЬ-ХЬАДЖ • Хьаьждехкар

❖ Дакъа 1 ❖

1ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-кхобучух. Баккъалла а, Сахьт дегардоккха-деза хIума ду.
2Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчошен мохь /хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна -- бехна бац уьш‚ делахь а Делан Iазап чIогIа ду.
3Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг массо кIоршаме шайтIанна.
4Цунна /шайтIанна/ язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла.
5ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовтторах/ шекончохь -- Оха шу кхоьллина поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха цIийнан улхах‚ тIаккха жижиган кийсаках‚ хорма йолуш долчух а‚ хорма йоцуш долчух а шуна билгала даккхархьама /Тхан ницкъ гайтар/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийначохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъана. Шух лешверг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош верг а ву‚ шена Iилмал тIаьхьа хIумма ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла. Оха шена тIе хи доссийча и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо хаза шишша тайпа /яраш/.
6Иза ду -- Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо хIуманна тIехь ницкъберг.
7/Иза ду/ -- СахьтдогIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна юха денбина гIовттор болуш кешнийн чохь берш.
8Нахах ву ша Делехьа къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуьре долу жайна доцуш.
9/Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга Къематдийнахь цIеран Iазап.
10/Цуьнга эр ду/: "И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна".

❖ Дакъа 2 ❖

11Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехьволчух тера: шех кхиъча диканиг -- цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бала) кхиъча -- шен юьхь тIе дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ -- дуьне а‚ эхарт а дайна цуьнан. Иза билггала эшар ду-кх!
12Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар!
13Цо кхойкху шена зен герга долчуьнга‚ шена /хуьлучу/ пайданал -- ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!
14Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луъург.
15/Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIодийр дац моьттуш хилларг -- цо муш дIатосийла тхов тIе ирх оллавала‚ тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург /Делан элчанан мостагIий цунна хуьлучу кхиамашна оьгIазбовлахь -- шайн тховтIе муш кхозийн ирх оллойла уьш -- лойла уьш, Дала Шен элчанна гIо дийр ду/.
16Иштта доссийра Оха и /КъурIан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна нисвеш Шена луург.
17Баккъалла а, иман диллинарш а‚ яхIудийш а‚ сабиинаш а‚ насараш а‚ цIеран гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а\... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь Къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо хIуманна тIехь теш ву.
18Хьуна ца го Далла сужд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхахболчара а? Дукхахболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ -- ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург.
19ХIокху шина мостагIчошайн Кхиош-кхобучуьнгахь къийсира. Цатешнарш -- царна бедарш хадор ю цIарах‚ церан кортошна тIе дагийна хи дуттур ду.
20Дагор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а.
21Царна аьчкан чхьонкарш ю.
22Царна цу чуьра бала хьегарах арабовла мел лии‚ цу чу берзор бу уьш /эр ду/: "Iовша шайна цIеран Iазап!"

❖ Дакъа 3 ❖

23Баккъалла а, Далла иман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а чубухкур бу бошмашна‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чIагаршца а‚ жовхIаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари.
24Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /КъурIанах/‚ уьш нисбина хастамечу новкъа.
25Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дIатоттуш берш Делан новкъах а‚ хьарамечух ларвеш долчу маьждигах а‚ Оха ша нахана цхьанисса хилийтина долчу -- шена чохь волчунна а‚ арахь волчунна‚ -- цу чохь зуламца /Делах/ цатешар дезаш верг -- Оха Iовшуьйтур ду цуьнга лазош долу Iазап.

❖ Дакъа 4 ❖

26Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахIимна /Хьаьжин/ цIийнан меттиг‚ олуш: "Ма лаца Соьца накъост цхьана а хIуманца‚ цIанде Сан цIагуо боккхучарна а‚ хIоьттина лаьттачарна а‚ рукIебаханчарна а‚ сужданебаханчарна а.
27Кхайкха нахалахь хьаьжалла: уьш /муъма нах/ богIур бу хьуна гIаш а‚ массо эзачуннатIехь а‚ шаьш йогIуш хилла йолчу массо туьпара‚ боьрара
28Тешалла дан шайна пайданашна‚ Делан цIе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъа деллачу бежанна тIехь: даа цунах‚ дааде балане волчу пекъарна а.
29ТIаккха дIайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гIурбан бежна динчул тIаьхьа корта баша я ларга, маIарш теда...)‚ кхочушдойла шайн нузарш‚ гуобоккхийла Ширачу ЦIийнна".
30/ГIуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг -- и цунна шена дика ду шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тIехь доьшушдоцуш. Генадовла цIуйн рижсах‚ генадовла харц дашах
31Далла тIедирзинарша хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург\... и тера ву стиглара воьжначух‚ тIаккха олхазарш а схьалоцуш‚ я мехо генарчу меттиге дIавуьгуш волчух.
32/ГIуллакх иштта ду/. Делан Iедалашдаздеш верг‚ -- баккъалла а, изадегнаш /Делах/ кхерарх ду.
33Шуна цу чохь пайданаш бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ тIаккха церан /урс хьакха хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦIийнан гергахь ю/Маккан 8-10 км генахь йолчу Минахь ю бежнашна урс хьокху меттиг/.

❖ Дакъа 5 ❖

34ХIора умматана а Iибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цIе хьахаяйта‚ Цо Шена рицкъина деллачу дохнан бежанна тIехь. Шун Дела цхьа Дела ву‚ Цунна муьтIахь хила: ахьа кхаъ баккхамуьтIахь болчарна.
35Уьш бу Дела хьахавича шайн дегнаш кхоьрушберш‚ шайна тIедеъначу вочунна собардеш берш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех напахалуш берш.
36И бежанахилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхачу билгалонах‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьахае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе. Уьш шайн агIонашна тIедегча‚ даа царех‚ дааде доьхучунна а‚ ца доьхучунна а. Иштта Оха муьтIахь дина уьш /бежанаш/ шуна‚ -- шу хир дацара-те баркалла олуш.
37Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш /бежанаш/ муьтIахь дина шуна аша Дела вазвархьама‚ Цо шу нийсачу новкъадаьхна хиларна‚ ахьа кхаъ баккха дикадечарна.
38Баккъалла а, Дала ларбо иман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо тешнабехк берг а‚ цатешарг а.

❖ Дакъа 6 ❖

39Магийна шайца тIом беш болчарна/тIом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна /цу бусулбанашна/ гIодарна тIехь ницкъ болуш ву‚
40Шайн цIеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: "Тхан Кхиош-кхобург Дела ву". Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара йохийна хир яра /насарийн монахийн/ Iибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цIе хьехош йолу. Данне а гIодийр ма ду Дала Шена /гIуллакхна/ гIодеш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ болуш а‚ веза а ву.
41Уьшбу Оха шаьш лаьттахь чIагIбича‚ ламаз хIоттадеш берш‚ закат луш берш‚ диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ бухатухуш берш. Делан ю гIуллакхийн тIаьхье.
42Хьо цара харцвахь -- харцбинацарал хьалха Нухьан а‚ Iадийн а‚ Самудийн а къаьмнаша
43ИбрахIиман къомо а‚ ЛутIин къомо а.
44Мадъян дайша ахарцвира Муса а. Аса ханна тIаьхьатеттирацатешаш берш. ТIаккха Аса схьалецира уьш. Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Iазап дарца/!
45Маса юрт хIаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тIехь еса ю. Маса шовда деса дисина! Маса йоьгIна гIала /есса йисийна/!
46Лаьттахула ца лела уьш? -- хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚ шайца цара ладугIуш. БIаьрса дац бIаьрзе -- кийрахь долу дегнаш ду бIаьрзе!
47Хьо сихво цара Iазапаца. Дала йохор яц Шен ваIда. Цхьа де хьан Кхиош-кхобучун гергахь эзар шо санна ду аша дагардеш лоручух.
48Маса юрт /ханна/ тIаьхьатеттира /Iазап ца деш/ Аса‚ уьш зуламе а йолуш? ТIаккха схьалецира уьш Аса‚ Суна ду тIекхачар.

❖ Дакъа 7 ❖

49Ахьа ала: "ХIай нах! Баккъалла а, со шуна билгала кхерамча ву-кх".
50Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а -- царна гечдар а‚ сийлахь рицкъа а ду.
51Тхан аяташна тIегIиртинарш‚ уьш ледара дахархьама -- уьш жоьжахатин дай бу.
52Оха ца ваийтина хьоьл хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтIа ца оьккхуш‚ тIаккха Дала дIадоккхуш бен шайтIано кхоьссинарг‚ тIаьхьа Дала хьукма дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш верг а‚ хьукма деш верг а ву.
53/И ду/ шайтIано кхоьссинчух питана дархьама шайн дегнашкахь цамгар йолучарна‚ шайн дегнаш къиза долучарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу /барт/ эгIарехь бу.
54Iилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚ цунах тешийла уьш‚ мукIар хилий Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву нисбеш верг иман диллинарш нийсачу новкъа.
55ДIа тилар бац цатешнарш цунах шекончохь латтарах‚ шайна тIе цIеххьана Сахьт кхаччалц‚ я шайна тIе Iахар дийнанIазап кхаччалц.
56Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукма дийр ду царна юккъехь. Ткъа иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а -- ниIматан бошмашкахь хир бу.
57Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а -- уьш бу шайна сийсаза долу Iазап хир дерш.

❖ Дакъа 8 ❖

58Делан новкъахь дIакхелхинарш‚ тIаккха байина‚ я белларш -- даллане а хаза рицкъа лур ду царна Дала. Баккъалла а, Дела -- И ву-кх рицкъа лучарех уггар диканиг.
59Цо чу бухкур бу уьш шаьш шайна реза долчу чугIойлина /ялсамани чу/. Баккъалла а, Дела ма ву хуург а‚ дукха собаре верг а.
60Иштта ду иза. Милла велахь а /муъма нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таIзар а дина‚ тIаккха шена /цара юха а/ зулам дина -- данне а цунна гIодийр ду Дала. Баккъалла а, Дела бехк тIера боккхург а ву‚ гечдийриг а ву.
61И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса дийнан чу йохуьйтуш‚ де − буьйсанчу дохуьйтуш‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а.
62И /гIо ду/ Дела -- Иза хиларна бакъдерг‚ И воцуш цара кхойкхург -- и хиларна харцдерг‚ Дела -- Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а.
63Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи -- тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла а, Дела ву тIекере верг а‚ девзаш верг а.
64Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела -- И ву хьоле верг а‚ хастаме верг а.

❖ Дакъа 9 ❖

65Хьуна ца го‚ Дала шуна болх бойтуш бу лаьттахь мел долчуьнга‚ кемане а -- лела и хIорда чухула Цуьнан омраца‚ Цо сацайо стигал лаьтта тIе йожарх‚ Шен пурбанца а бен. Баккъалла а, Дела нахах доглозуш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
66И ву шу дендина‚ тIаккха долуьйтуш‚ тIаккха дендеш верг. Баккъалла а, адам -- керста ду-кх.
67ХIора умматана Оха хилийтина Iибадат ден меттиг‚ цара шена Iибадат а деш. Хьоьца ма къуьсийла цара гIуллакхехь. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ву.
68Цара хьоьца къийсахь‚ ахьа ала: "Далла дика хаьа аша деш дерг".
69Дала хьукма дийр ду шуна юккъехь Къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь.
70Хьуна ца хаьа Дела хууш вуй-ла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза жайна чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду.
71Цара Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех лаьцна цхьа а Iилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.
72Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачерийн яххьашкахь инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тIехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахьа ала: "Аса дуьйций шуна цул вочух? -- ЦIе ю Дала цатешначарна ваIда йина йолу‚ ма вон тIекхачар ду-кх!"

❖ Дакъа 10 ❖

73ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аша /Шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хIума яьккхича -- иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а‚ шегара лоьхург а.
74Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
75Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву.
76Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа дерг а‚ Деле духадоьрзу гIуллакхаш.
77ХIай иман диллинарш! РукIе гIуо‚ суждане гIуо‚ Iибадат де шайн Кхиош-кхобучунна‚ диканиг де − шу даккхийден там бу.
78Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо аьлла шух бусулбанаш хьалха а‚ хIокху /КъурIан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун вали-- дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву.

Вернуться к списку сур
23.سُورَةُ ٱلْمُؤْمِنُونَ
Сурат АЛЬ-МУЪМИНУН • Муъма нах(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْمُؤْمِنُونَ

Сурат АЛЬ-МУЪМИНУН • Муъма нах

❖ Дакъа 1 ❖

1Ирсе бу муъма нах.
2Уьш бу шайн ламазашкахь муьтIахь берш.
3Уьш бу десачу хабарех гена бовлуш берш.
4Уьш бу закат доккхуш берш.
5Уьш бу шайн эхье меженаш ларъеш берш.
6Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгашадоладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ -- тIаккха уьш бехке бац.
7Царел дехьа кхийдинарш -- уьш дозанах бевларш бу.
8Уьш бушайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш.
9Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш.
10Уьш бу верасаш.
11Шайна ирсана Фирдавскхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.
12Оха кхоьллина адам /хIалхара стаг Адам/ цIеначу поппарах (топпарах).
13ТIаккха хилийтина Оха цунах тIадам чIогIачу меттигехь.
14ТIаккха тIадамах декъа цIий кхоьллира Оха‚ декъачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсиг‚ жижиган кийсагах кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкий тIе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тIаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела -- кхоллархойх уггар диканиг.
15ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду.
16ТIаккха‚ баккъалла а, шу Къематдийнахь дендийр ду.
17Оха кхоьллира шуна тIехула ворхI некъ /стигал/ -- Тхо ца хилира кхолларах гIовпал.
18Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дIадахийта а ницкъ болуш ду.
19Оха кхиийра шуна цуьнца /догIанца/ хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохьдуккха стоьмаш а бу‚ аша царех боу.
20Сайнаъламанах схьадолуш долу дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу даьтта а‚ чамбийриг а юучарна.
21Баккъалла а, шуна дохнехь масал ма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царех аша доу.
22Царна /бежанашна/ тIехь а‚ кеманна тIехь а шу леладо.

❖ Дакъа 2 ❖

23Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Аша Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?"
24Цуьнан къомах цатешаш хиллачерийн элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала‚ Далла лиънехьара Цо маликаш дохкуьйтур дара. Тхуна ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь а.
25Иза /Нухь/ жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц".
26Цо /Нухьас/ элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна".
27Оха хаам бира цуьнга вехьеца: "Кема де Тхан бIаьргийн хьалха‚ Оха вехьеца хаийтарца‚ Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича‚ цу чу /кеманна тIе/ лахка хIораннах шишша тайпа а‚ хьан доьзал а‚ царех шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу".
28Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ахьа алалахь: "Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах".
29Ахьа алалахь: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх."
30Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш.
31ТIаккха Оха кхиийра царал тIаьхьа кхин тIаьхье.
32Оха вахийтира цаьрга царех элча‚ Iибадат де Далла‚ шуна вац Иза воцург кхин Дела‚ аьлла. Шу ца кхоьру?

❖ Дакъа 3 ❖

33Цуьнан къоман цатешаш хиллачу‚ эхартаца цхьаьнакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аша юучух юу цо‚ аша молучух молу цо.
34Шу мукIар хилахь шаьш санначу адамна‚ тIаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу.
35Цо ваIда йина шуьца‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ шу арадохур ду‚ аьлла.
36Ма гена ю-кх‚ ма гена ю-кх шуьца йина ваIда!
37ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай‚ деха вай -- вай юха дендийр дац.
38И /элча/ ву веккъа Далла тIе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац".
39Цо /элчано/ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа суна гIо делахь цара со харцварна".
40Цо /Дала/ элира: "Цхьа кIеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна".
41Уьш схьалецира татано‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царех‚ делла дала зуламе къам!
42ТIаккха‚ царел тIаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тIаьхьенаш.
43Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Iожаллал‚ тIаьхьа дуьсур а дац.
44ТIаккха тIеттIа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тIе шен элча веъча -- цара и харцвира‚ Оха царех цхьаберш вукхарна тIаьхьабахийтира. Оха царех хилийтира дийцарш. Белла бовла цатешаш болу нах!
45ТIаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХIарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а
46ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе -- уьш курабевлира‚ царех хилира лакхабовла гIерта нах.
47Цара элира: "Тхо тешар ду‚ ткъа‚ тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гIуллакхдеш а болуш?"
48Цара и шиъ харцвира‚ шаьш хIаллакьхиллачарех хилира.
49Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла.
50Оха хилийтира Марьяман кIантах а‚ цуьнан нанах а делил. Оха дIалачIкъан нисдира и шиълекхачу меттиге‚ шен чIагIо а‚ шовда а долчу.

❖ Дакъа 4 ❖

51ХIай элчанаш! Даа цIеначух‚ Iамал е диканиг! Баккъалла а, Со аша деш дерг хууш ву шуна.
52Баккъалла а, хIара шун умматцхьа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург ву‚ Соьх кхералаш.
53Цара хадийра шайн гIуллакх вовшийн юккъехь тобанашца. Массо тоба шегахь долчуьнца яккхиеш ю.
54Бита уьш шайн кегари чохь хан тIеккхаччалц.
55Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кIентий а луш хилар
56Оха шайна диканаш сихдар ду? ХIетте а ца хаало-кх царна.
57Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-кхобучух кхерарах эгна берш‚
58Шаьш шайн Кхиош-кхобучун аятех тешаш берш‚
59Шаьш шайн Кхиош-кхобучуьнца накъост ца лоцуш берш‚
60Шаьш шайна деллачу рицкъанх /сагIа/ луш берш‚ шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шаьш шайн Кхиош-кхобучунна тIе юха боьрзур болу дела‚−
61Уьш бу диканийн тIе сихбелларш‚ уьш царех /шайн диканех/ хьалха кхуьур бу!
62Оха тIе ца дуьллу сина цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац.
63Церан /керстанийн/ дегнаш оцунах /бакъдолчух/ дIатиларчохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Iамалаш ю шаьш еш йолу.
64Царех ниIмат делларш Оха Iазапаца схьалаьцча‚ уьш мохь хьоькхуш бисира.
65/Цаьрга элира/: "Мохь ма хьекха тахана -- шуна Тхоьгара гIо хир дац!"
66Хилла Сан аяташ шуна тIехь доьшуш -- хилла шу царех юхадовлуш.
67Курадевлла цуьнца /КаIбица/‚ буьйсанна /КъурIанах/ луьйш.
68Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деъна церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг?
69Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш?
70Я цара олу: "Цуьнца жинаш ду?" И веъна цаьрга бакъдолчуьнца‚ царех дуккханнаш бакъдерг ца дезаш бу.
71Бакъдерг церан дезаршна тIаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хIаллакьхир дара. Тхо деара цаьрга царна хьехамца‚ уьш шайна /бечу/ хьехамах бухабевлира.
72Я ахьа цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-кхобучун харж тоьлаш ю. Иза рицкъа лучарех уггар диканиг ву.
73Баккъалла а, ахьа уьш кхойкху нийсачу новкъа.
74Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ новкъах дIатуьлуш бу.
75Оха къинхетам бинехьара царех‚ айдинехьара царех долу зен‚ уьш кхерсташ чухьовдур ма бара шайн тилорна.
76Оха Iазапаца схьалецира уьш‚ амма уьш мукIар ца хилира шайн Кхиош-кхобучунна‚ /Цуьнга/ хьаста ца белира.
77Оха шайна тIе чIогIа Iазап долу неI схьаеллалц -- уьш цигахь массо хIуманах догдилла буьсуш.

❖ Дакъа 5 ❖

78Иза /Дела/ ву кхоьллина шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а -- ма кIезиг баркалла олу-кх аша!
79Иза ву кхиийна шу лаьттахь а -- Цунна тIе шу гулдийр долуш а ду.
80Иза ву дендеш верг а‚ долуьйтуш верг а‚ Цуьнан ду буьйса а‚ де а хьийзар‚ шу хьекъале ца хуьлу?
81ХIаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьлларг.
82Цара элира: "Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду?
83И ваIда йинера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац".
84Ахьа ала: "Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?"
85Цара эр ду: "Делан ду". Ахьа ала: "Шу ца кхета?"
86Ахьа ала: "Мила ву ворхI стиглан Кхиош-кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Кхиош-кхобург?"
87Цара эр ду хьуна: "/Уьш/ Делан ю-кх". Ахьа ала: "Шу ца кхоьру /Делах/?"
88Ахьа ала: "Мила ву шен карахь массо хIуманан паччахьалла дерг‚ ша ларош верг‚ шена дуьхьал ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?"
89Цара эр ду: "Дела ву-кх". Ахьа ала: "Ма бозбуанчалла дина ю-кх шуна!"
90ХIаъ‚ Тхо цаьрга даьхкира бакъдолчуьнца‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш берш бу.
91Дала ца лецира цхьа а кIант‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царех цхьаберш /делий/вукхарел лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух.
92Къайлах дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух.

❖ Дакъа 6 ❖

93Ахьа ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа гайтанне а гайтахь суна царна хир ду аьлларг /Iазап/:
94"Со Кхиош-кхобушверг‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нехан юккъехь".
95Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда йинарг ницкъ болуш ду хьуна‚
96Ахьа духататталахь дикачуьнца вониг. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург.
97Ахьа алалахь: "Со Кхиош-кхобушверг‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн васвасех.
98Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-кхобург‚ уьш /шайтIанаш/ суна герга дахкарх".
99Царехцхьанна тIе /валар/ деъча‚ эр ду: "Сан Кхиош-кхобург‚ вухаверзаве-хьа со /дуьнена/.
100Дика Iамал ян мегара аса‚ айса ца еш йитинарг". ХIан-хIа! И дош ду цо /шайтIано‚ цатешачу стага/ ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц.
101Сур лекхча -- гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара.
102Шайн мизан-терза дазделларш-- уьш хир бу баккхийбуьйраш.
103Шен миза-терза дайделларш-- уьш шаьш хIаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу.
104Шайн яххьаш цIаро ягаеш‚ шаьш цу /жоьжахати/ чохь кхоьллина болуш /хир бу уьш/.
105Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш!
106Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан докъазалла туьйлира тхуна тIехь‚ тхо хили-кх тиладелла нах.
107Тхан Кхиош-кхобург‚ арадахахь тхо цу /жоьжахати/ чуьра‚ тхо юха а тIедерзахь /къиношна/‚ -- тIаккха тхо хир хьуна зуламхой".
108Цо /Дала/ элира: "ДIасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!"
109Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: "Тхан Кхиош-кхобург‚ иман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхоьх‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар диканиг".
110Аша царехбелар дира цара шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царех доьлуш.
111Баккъалла а, Аса ял ели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш.
112Цо /Дала/ элира: "Мел лаьттира шу лаьтта тIехь шерийн барамехь?"
113Цара элира: "Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга".
114Цо элира: "Шу кIеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш.
115Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тIе дерзор дац?
116Генаваьлла Дела -- бакъволчу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург -- сийлахь йолчу Iаршан Да.
117Мила ву Делаца цхьаьна кхин деле кхойкхург‚ шена цуьнца цхьа а тешалла доцуш? -- цуьнан хьесап шен Кхиош-кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш.
118Ахьа ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар диканиг".

Вернуться к списку сур
24.سُورَةُ ٱلنُّورِ
Сурат АН-НУР • Нур(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلنُّورِ

Сурат АН-НУР • Нур

❖ Дакъа 1 ❖

1Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха ша перз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ -- шу кхетара дацара-те.
2Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а -- тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIучу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъма нахах цхьана тобанна.
3Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцузуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ -- хьарам дина иза муъма нахана.
4Оьздачу зударшна тIе бехк кхуссуш берш /и нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь -- тоха царна езтIкъа гIаж -- кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш -- песакъ нах бу.
5Шаьш цул тIаьхьа тоба а дина‚ дика Iамал йинарш боцурш -- тIаккха‚ баккъалла‚ Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
6Шайн зударшнабехк кхуссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ -- царех цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарех ма ву‚ аьлла.
7ПхоьзлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарех‚ аьлла.
8Цунах /зудчух/ таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза /и шен майра/ харцлуьйчарех ма ву‚ аьлла.
9ПхоьзалгIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарех ‚ аьлла.
10Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тоба къобалдийриг а‚ хьукма /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакьхир дара шу/.

❖ Дакъа 2 ❖

11Баккъалла а, и эладитадеънарш -- шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царех хIора стагана къинах ша карадинарг ду. Царех шена тIе цуьнан /къинан/ доккханиг лаьцнарг-- цунна доккха долу Iазап ду.
12И шайна хезча хIунда ца моьттура муъма божаршна а‚ муъма зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: "ХIара билггала эладита ду-кх?"
13Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь -- уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш.
14Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллера шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аша тIех дийцинчохьдоккхачу Iазапо.
15Аша тIе ма лецира и шайн маттаца‚ ма дийцира шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьттура и атта ду‚ иза Далла гергахь доккха ду.
16Шайна иза хезча аша хIунда ца элира: "Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо‚ ма доккха харцдерг ду-кх хIара".
17Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а ца дерзар‚ шу муъма нах далахь.
18Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
19Баккъалла а, иман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш -- царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац.
20Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела доглозуш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллак хир дара шу/.

❖ Дакъа 3 ❖

21ХIай иман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIотталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг -- баккъалла цохьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Делан коьмаршалла шайна тIехь‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а Дала цIанво Шена луург. Дела хозуш верг а‚ хууш верг а ву.
22Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчаьрна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначаьрна а /сагIа/ лур дацалий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
23Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъма зударшна бехк кхуссуш берш -- дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна доккха Iазап а ду.
24Оцу /къемат/ дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачун тIехь.
25Оцу дийнахь Дала ял лур ю царна шайн бакъ дин бахьанехь‚ царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг.
26Боьха /лела/ зударий -- боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий -- боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий -- цIеначу божаршна‚ цIена /лела/ божарий -- цIеначу зударшна. Уьш цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицIкъ а ду.

❖ Дакъа 4 ❖

27ХIай иман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду. Шу кхетар дацара-те?
28Шуна ца каравахь цу чохь /цу нехан цIеношкахь/ цхьа а -- чу ма гIолаш шайна пурба даллалц. Шайга "Духа дерза" алахь -- духа дерзалаш /чу ца гIош/. Иза вуно а цIена ду шуна. И Дела аша дийриг хууш ву.
29Къа дац шуна бехаш нах боцчу цIеношна чу шу даха‚ шайн чохь шун хIуманаш йолчу. И Дела хууш ву аша гучудокхариг а‚ аша хьулдийриг а.
30Ахьа ала муъма нахе охьатухийла цара шайн хьежар‚ шайн /божараллин/ меженаш ларйойла цара. Иза вуно а цIена ду царна. Баккъалла а, Дела девзаш ву цара дийриг.
31Ахьа ала муъма зударшка охьатухийла цара шайн хьежар‚ ларйойла цара шайн /зудараллин/ меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш цунах гучахьерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрна‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршна‚ я зударийн Iовраташка ца хьоьжучу берашна а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тоба де Деле массара‚ хIай муъма нах‚ шу даккхидеда мега.
32Зударий балабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лех дикачаьрна‚ маре ло шайн лай-зударий. Нагахь уьш миска хилахь -- Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллих. Дела шорта ву‚ хууш ву.
33Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна хьал даллалц Шен комаьршаллих. Шун аьтту куьйгаша доладиначарех азат бала язбала лууш берш -- язбе уьш шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДIало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теIабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тIе‚ царна лиънехь цIена хила‚ аша дуьненан дахаран хиламаш /бахам/ лоьхуш. Уьш тIетоIаш верг /кхахьбаллина/\... Дела уьш тIетеIабиначул тIаьхьагечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.
34Оха доссина шуьга билгала долу аяташ а‚ шул хьалха баханчерийн /дахаран/ масал а хилла‚ /Делах/ кхоьручаьрна хьехам а хилла‚

❖ Дакъа 5 ❖

35Дела -- стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишанан чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду зайтунанберкатечу диттах /цIеношкахь/ латина болчу‚ малхбале а‚ малхбузе а яц. Даьтта герга ду къага шех цIе хьакха елла яцахь а. Нуран тIехь а нур ду. Нисво Дала Шен нуран тIе Шена луург. Даладо Дала масалш нахана. И Дела массо хIума хууш верг ву.
36/И нур ду/ цIеношкахь‚ Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а магийна долчу‚ тасбахь до Цуна Iуьйранна а‚ суьйранна а.
37Нах бу /царчохь/‚ шаьш юкъахбохур боцуш йохка-эцаро а‚ эцаро а Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/ дийнах‚ шена чохь дегнаш а‚ бIаьрса а херцалур долчу.
38Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицIкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш.
39Цатешнарш -- церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалахтера ю‚ хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цуна тIевахча -- и хIумма ца карайо цуна. Цуна карийна Дела шена гергахь‚ Цо кхочушдина цуьнан хьесап. И Дела хьесапца сиха верг ву.
40Я /уьш/ тера ю кIоргачу хIоьрдан чохь болчу боданах‚ ша хьулбешболчу толгIано‚ шена тIехахула толгIа йолчу‚ цуьнан тIехахула марха йолчу. Боданаш ду цхьадерш вакхарна тIехь долуш‚ цо шен куьйг ара декхча -- цуна и ган ца туьга. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац.

❖ Дакъа 6 ❖

41Хьуна ца го и Дела хилар Шена тасбахь деш стигланашкахь а‚ латтахь а мел волчо‚ могIаршца /тIама деллачу/ олхазарша а. ХIоранна хиъна шен ламаз а‚ шен тасбахь а. И Дела хууш ма ву цара дийриг.
42Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле ду дIадерзар а.
43Хьуна ца го Дала лохку мархаш‚ тIаккха хутту уьш‚ тIаккха Цо уьш хуьлуьйту тIеттIа /барз/‚ хьуна го догIа церан юккъехула долуш‚ Цо доссадо стиглара /мархийн/ лаьмнаш‚ шайна чохь тIкъес йолуш. Шена луучунна туху Цо и‚ Шена луучух духа йоккху. ТIкъесан нуро бIаьрса дIахьош лаьтта.
44Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчаьрна.
45Дала кхоьллина массо дийнат хих. Царех шен гай тIехь леларг ду‚ царех шина кога тIехь леларг а ду, царех деа кога тIехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочург ву.
46Оха доссина билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа.
47Цара олу: "Тешна тхо Делах а‚ элчанех а‚ муьтIахь а хилла тхо". ТIаккха дIайоьрзу /бакъдолчу динах/ царех цхьа тоба цул тIаьхьа -- уьш муъма нах бац!
48Шаьш Далла а‚ элчана а тIе кхайкхича шайн юккъехь хьукам дан -- царех цхьа тоба дуьхьалйолу.
49Шайна хилахь бакъо-- цуна тIе богIу уьш муьтIахь хуьлий.
50Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХIан-хIа! Уьш зуламхой бу!

❖ Дакъа 7 ❖

51Баккъалла а, муъма нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчана а тIе кхайкхича шайна юккъехь хьукма дан цара алар: "ЛадоьгIна Оха‚ мутIахь хилла тхо". Уьш бу баккхийбедар берш.
52Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг -- уьш бу толам баьккхинарш!
53Делаца биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахьа шайга омра дича арадовлур душаьш‚ бохуш. Ахьа ала: "Аша дуй ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара/. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аша дийриг".
54Ахьа ала: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчана! "Уьш дIаберзахь -- цунашена тIе диллинарг ду‚ шуна -- шайна тIе диллинарг ду. Цуна /элчана/ муьтIахь шу хилахь -- шу нийсачу новкъахь ду. Элчана-м тIехь дац билгала дIакхачор бен.
55Дала ваIда йина шух иман диллинчаьрна а‚ дика Iамалш йиначаьрна а Ша тIаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачаьрна яларах терра‚ Ша чIагIдийр ду царна шайн дин‚ Ша цуна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тIаьхьа тешам лур бу (маршо лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Iибадат дийр ду‚ цхьа а хIума Соьца накъост лоцур дац. Цул тIаьхьа керста хилларг -- уьш бу песакъаш!
56Аша хIоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтIахь хила элчана -- шух къинхетам бан мегара.
57Хьуна ма мотталахь и цатешарш (Тхан омрах) бовда лур бу лаьттахь. Церан чугIойла -- цIе ю. Ма вон дIадерзар ду-кх и!

❖ Дакъа 8 ❖

58ХIай иман диллинарш! Шуьга пурба доьхийла кхузза шун аьтту куьйго дола диначаьра а‚ шух кхиънаца ваьллачо а‚ сатасаран ламазал хьалха а‚ шаьш делкъахь бедар йоккхучу хенахь а‚ пхьуйрен ламазал тIаьхьа а -- шун кхо Iоврат /йолу хан ю иза/. Шуна а‚ царна а къа дац царал /цу хенал/ тIаьхьа /чу бан/. ТIехьоьжуш бу шуна шух цхьаберш ваккхарна. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву.
59Шун бераша кхиъна баьлчапурба доьхийла царашайл хьалхалерачашдехарах терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву.
60Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу -- царна къа дац шайн /тIехула/ бедарш яхарах‚ хазалла гучадоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча-- царна дика ду. Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
61БIаьрса доцчун къа дац‚ астагI волчун къа дац‚ цомгаш волчун къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аша /хIума/ яарх шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара ‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкарая шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн догIанашшун долахь болчарийн /цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аша /хIума/ яарх цхьаьна‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш салам ло шайгаДелан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ -- шу хила мегара ойла еш.

❖ Дакъа 9 ❖

62Баккъалла а, муъма нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца /Делан элчаца/ долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьгапурба доьхурш-- уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царех хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
63Аша ма де элчанан кхайкхар шайна юккъехь шайх цхьаболчарийн вакхарга кхайкхарх тера. Далла бевзаш бу шух лачIкъа буьйларш. Ларлойла и цуьнан /элчанан/ омрана хилпало еш берш питна (дуьненан бала) шайх хьаьрчарах‚ я /эхартан/ лазош долу Iазап шайх хьарчарах.
64Ткъа Делан дац стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Цуна хаьа шу Шена тIехь дерг. Уьш Шена тIеберзинчу дийнахь Цо цаьрга дуьйцур ду цара дийнарг. И Дела массо хIума хууш верг ву.

Вернуться к списку сур
25.سُورَةُ ٱلْفُرْقَانِ
Сурат АЛЬ-ФУРКЪАН • Къастор(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْفُرْقَانِ

Сурат АЛЬ-ФУРКЪАН • Къастор

❖ Дакъа 1 ❖

1Беркате хили Ша къастордоссош хилларг Шен лега‚ и хилийтархьама Iаламашна кхерамча.
2Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шена дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь‚ Цо кхоьллина массо хIума‚ барам бина цунна /массо хIуманна/ барамца.
3Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а.
4Элира цатешачара: "ХIара /КъурIан/ харцдерг ду‚ ша цо /пайхамара/ кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а". Цара деана зулам а‚ харцдерг а.
5Цара элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду. Цо /Мухьаммада/ яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а".
6Ахьа ала: "Иза /КъурIан/ доссийна Шена стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а".
7Цара элира: "ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза. Доьссина хиллехьара цуьнга малик -- и хир дара цуьнца кхерамча.
8Я кхоьссинехьара цуьнга хазна‚ я хир яра цунна беш цо цу чуьра юуш". Элира зуламхоша: "Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуанчалла динчу стагана".
9Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш -- тилабелла уьш‚ некъ ца карабо царна.

❖ Дакъа 2 ❖

10Декъала хили Иза‚ Шена лиъча хуьлуьйтур ю хьуна цул диканиг -- бошмаш‚ шена бухахула татолаш лелаш йолу‚ Цо хуьлуьйтур ю хьуна гIаланаш.
11ХIаъ‚ цара харцдина сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе.
12Цунна /жоьжахатина цIарна/ уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а.
13Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакьхиларе/и атта хир дара царна/.
14/Эр ду цаьрга/: "Аша ма кхайкха тахана цхьана хIаллакьхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакьхиларшка!"
15Ахьа ала: "ХIара тоьлу‚ я гуттаренан беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ чугIойла − хIусам а".
16Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /уьш/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучун жоьпаллин ваIда.
17Ша уьш а‚ цара И воцчу шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: "Аша тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?"
18Цара эр: "Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лаца‚ делахь а Ахьа зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакьхилла нах".
19/Эр ду Дала/: "Цара шу харцдира аша дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Милла велахь а‚ шух зулам деш‚ -- цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап".
20Оха ца ваийтина хьоьл хьалха а элчанех цара кхача бууш‚ уьш базаршкахула лелаш хуьлуш бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аша собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг.

❖ Дакъа 3 ❖

21Элира Тхоьца цхьаьнакхетаре дог дохуш боцучара: "Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобушверг". Уьш курабевлира шаьшлахь‚ дозанах бевлира уьш баларал а сов.
22Шайна маликаш гинчу дийнахь -- кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара /маликаш/ эр ду: "ЧIогIа дуьхьало ю".
23Тхо тIедаьхкира цара йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира Оха церан Iамалш).
24Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а.
25Оцу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадиссор ду маликаш /могIаршца/ охьадиссорца.
26Хьакъ-бакъ долу паччахьалла оцу дийнахь хир ду Къинхетам болчунна". И хир ду цатешачарна хала /де/.
27Оцу дийнахь зулам динчо цергаш юхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма дакъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара аса."
28"Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара аса хьенех доттагIа.
29Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо".
30Эр ду элчано: "Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара КъурIан дIатесна ма дити!"
31Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарех. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-кхобушверг хилча нисвеш верг а‚ гIоьнча а.
32Элира цатешачара: "Доьссинехьара цуьнга /хIара/ КъурIан цхьана тептарца". Иштта/доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа".
33Хьоьга богIур бац уьш цхьана масалцаТхо хьоьга догIуш бен бакъдолчуьнца‚ вуно хазачу тидарца.
34Шаьш гулбийр берш шайн яххьашкахь жоьжахатина тIе -- уьш бу вонаш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца.

❖ Дакъа 4 ❖

35Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.
36Оха элира: "ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу халкъана тIе". ТIаккха Оха уьш этира атарца.
37Нухьан халкъ а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш‚ Оха хилийтира царех нахана делил‚ Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.
38Iадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, цу юкъахь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/.
39ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.
40Уьш /Маккан керстанаш/ ма бахарий юьрта тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира духадендаре дог ца дохуш.
41Хьо шайна гича‚ хьоьх белар до цара: "ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?
42Вай вайн делийх дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай церан тIехь собар ца дахь". ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.
43Хьуна гиний и шен Делах шен дезар динарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал?
44Я хьуна моьтту царех дукханаш хозуш я ойла еш бу. Уьш-м бежнаш санна бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.

❖ Дакъа 5 ❖

45Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагIа? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цуьнан тIехь делил.
46ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и /IиндагI/ и дайа озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагIа, тIаккха кIез-кIеззиг духа хуьлуьйту).
47Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйсанах духар‚ набарах -- синтем‚ Цо хилийтина дийнах духадендалар.
48Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара цIена хи.
49Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а.
50И /хи/ даржира Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Дуккха нах дуьхьал хилира /массо дикачу хIуманна/ керстаналла доцучунна.
51Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIора юртахь кхерамча.
52Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачаьрна‚ къовса царца цуьнца /КъурIанца/ доккха къовсарца.
53Иза ву ши хIоьрд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара -- теза-мерза‚ хIара -- дуьра-чемаза‚ Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /йоккха/ парду а‚ чIогIа дуьхьало а /вовшех ца эва уьш/.
54Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цуна хилийтина шен схьавалар а‚ зударийн агIорхьара /захаллин/ гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницIкъ кхочуш.
55Цара Iибадат до Дела вуьтий шайна пайда а‚ зен а ца дечуьнна. Хили цатешарг шен Кхиош-кхобучун дуьхьал гIоьнча.
56Хьо ца ваийтина Оха кхаъ бийриг а‚ кхерам тосург а хилла бен.
57Ахьа ала: "Аса шуьга ца боьху цуна цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучун некъ лацар бен".
58Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна /Далла/‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лайн къинош сов довзарца.
59Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iаршана тIе. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах хуушволчуьнга.
60Шайга элча: "Сужд де Къинхетаме волчунна"‚ цара элира: "ХIун ду и Къинхетаме верг? ТIкъа оха сужд до ахьа тхуна омра дечунна". Цо совбехира уьш /Делан новкъах/ дог даларца.

❖ Дакъа 6 ❖

61Беркате ву Ша стиглахь седарчийн тоба йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу бутт а.
62Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла ала.
63Къинхетаме волчун леш бу -- шаьш лаьттахь лелашберш муьтIахь хилла шайга жехIал нах бистхилча‚ олуш берш: "Салам! "
64Буьсанаш йохуш берш а шайн Кхиош-кхобучун сужд деш а‚ ира хIоьттина лаьтташ а.
65Олуш берш: "Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхоьх жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (царех ца къаьсташ).
66Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а".
67ШIаьш сагIина луш кхоам а беш берш‚ пис ца хуьлуш берш‚ цу юккъехь хIоьттина лаьттарш /бу Цу Делан дика леш/.
68Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш‚ ца дойу са Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен‚ зина ца до. И деш верг къица дуьхьал кхетар ву.
69Шозза алсам доккхур ду цуна Iазап къемат дийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь сийсаза хилла.
70Ша тоба дийнариг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург -- уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг.
71Тоба а‚ дика Iамал йинарг -- баккъалла а, цо тоба до Деле /къиношна/ дохко валарца.
72Харц тешалла ца деш берш‚ шаьш дессачу хабарна уллохула боьдуш -- оьзда чекхболу берш.
73Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тIехь хьехийча -- царна бертал ца бегаш берш къора хилла а‚ бIаьрса доцуш хилла.
74Олуш берш: "Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна тIаьхьахIуттуш)".
75Царна ялана лур ю /ялсаманин/ хIусам цара /иманца/ собар дарна‚ цигахь царна дуьхьал догIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.
76Гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. Хаза хилла латтарца а /чIагIбелла/‚ меттигца а /садаIа/.
77Ахьа ала: "Шуьца бала хир бацара сан Кхиош-кхобучун‚ шун кхайкхар ца хиллехьара. Аша харцдина /Цуьнан дин/ -- тIаьхьа хир ду шуна иза хилаза ца долуш дерг".

Вернуться к списку сур
26.سُورَةُ الشُّعَرَاءِ
Сурат АШ-ШУIАРАЪ • Назманчаш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الشُّعَرَاءِ

Сурат АШ-ШУIАРАЪ • Назманчаш

❖ Дакъа 1 ❖

1ТIа-син-мим.
2ХIорш /хIума/ къастош долчу жайнан аяташ ду.
3Хьо хила мега хьуо хIаллак веш уьш ца тешаш хиларна.
4Тхуна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна /Делан аятана‚ делилна/ муьтIахь хилла.
5Цаьрга ца богIу Къинхетамболчуьнгарацхьаа керла хьехам уьш цунах дIабоьрзуш бен.
6Харц бира цара /элчанаш/ - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу.
7Уьш ца хьоьжу-те латта - мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цуьнах /шиш-шиш/!
8Баккъалла а, цу чохь делилма ду. Ца хили-кх царех дукханаш тешаш.
9Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 2 ❖

10Кхайкхира хьан Кхиош-кхобучо Мусага: "ДIагIо зуламе болчу нахана тIе,
11ФирIавнан нахана тIе. Уьш кхоьрур бацара-те?"
12Цо /Мусас/ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна.
13Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунан тIе бахийтахь /и соьца вайтан/.
14Церан суна тIехь къа ду- со кхоьру цара со вен".
15Цо /Дала/ элира: "ХIан-хIа! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугIаш.
16Шу шиъ дIагIо ФирIавнан тIе‚ аша шиммо дIаала: "Тхо Iаламийн Ден элчанаш ду.
17ДIабаийта тхоьца Исраилан кIентий".
18Цо /ФирIавнас/ элира: "Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахьа ма дēхира тхан юккъехь хьан дахаран шераш.
19Ахьа ма дийра хьан гIуллакх‚ айхьа дийриг‚ баркалла ца олучех хилли-кх хьо".
20Цо /Мусас/ элира: "И дийра аса иштта‚ со хилира-кх тилабеллачарех.
21Со дIаведира шух‚ суо шух кхеравеллачул тIаьхьа. ТIаккха делира суна сан Кхиош-кхобучо хьукам‚ Цо хилийтира со элчанех.
22ХIара ниIмат ду ахьа суна ша тIехдетташ айхьа Исраилан кIентийх леш барна".
23ФирIавнас элира: "Мила ву Iаламийн да?"
24Цо /Мусас/ элира: "Стигланийн а‚ латтан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да ву-кх‚ шу /бакъдолчух/ тешаш хиллехь".
25Цо /ФирIавнас/ элира шена гонахь болчарга: "Шу ладугIаш дац?"
26Цо /Мусас/ элира: "Шун Дела ву И‚ шун хьалхалерчу дайн а Дела ву".
27Цо /ФирIавнас/ элира: "Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваитина волу‚ жинийх ма ву".
28Цо /Мусас/ элира: "Малхбален а‚ малхбузен а цу шиннен юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу хиллехь хьекъале".
29Цо /ФирIавнас/ элира: "Ахьа со воцург дела лацахь‚ аса хьо набахтин чохь болчарех хуьлуьйтур ма ву".
30Цо /Мусас/ элира: "Со хьайга цхьана кхаьсташ хIуманца веънехь а‚ э?"
31Элира /ФирIавнас/: "Схьало и /айхьа деънарг/ хьуо хиллехь бакълуьйчарех".
32ТIаккха цо /Мусас/ шен Iаса кхоьссира - цунах къегналехь хилира.
33Цо арадаьккхира шен куьйг - иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна.

❖ Дакъа 3 ❖

34Цо /ФирIавнас/ элира шен гонахь болчу элашка: "Баккъалла а, хIара говза волу бозбуанча ву.
35Лууш ву и шу ара даха шун латтара шен бозбуанчаллица - аша хIун омра до?"
36Цара элира: "Хан ло цуна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш.
37Хьуна тIе богIийла уьш массо говза волчу бозбуанчица".
38ТIаккъа гулбийра бозбуанчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь.
39Элира нахе: "Шу гулделлий?
40Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна нагахь уьш хилахь тоьлларш".
41Бозбуанчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: "Тхуна баккъалла а, мах хир буй тхо хилахь тоьлларш?"
42Цо (ФирIавнас) элира: "ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга оьзначарех хир ду".
43Элира цаьрга Мусас: "Кхосса шаьш кхуссуш ерг".
44Цара кхоьссира шайн мушаш а‚ Iансаш а‚ элира: "ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ду".
45ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iанса - цо юьдира цара мел кхоьллинарг.
46Охьабигира бозбуанчаш сужд деш.
47Цара элира: "Оха иман диллина Iаламийн Кхиош-кхобучунна‚
48Мусан а‚ ХIарунан Кхиош-кхобучунга".
49Цо (ФирIавнас) элира: "Аша иман дилли аса шайна пурба далале? Баккъалла а, иза /Муса/ шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуанчалла Iаминарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна. Аса теданне а туьдар ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ аса ирх ухкур ма ду шу дерриге".
50Цара элира: "Зен дац. Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучунга дIадоьрзуш ду.
51Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду гечдан тхайна гIалаташ тхаш хиларна дуьххьашхалгIа иман диллинарш".

❖ Дакъа 4 ❖

52Оха Мусага хаам бира вехьеца: "Сан лешца буьйсана ара вала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьа бер болуш ма бу".
53Бахийтира ФирIавно гIалашкахала гуламчаш.
54/Олуш/: "ХIорш-м /Исраилан кIентий/ кIеззиг йолу цхьа ледара тоба яра.
55Баккъалла а, цара вайн дегнаш ма этIо.
56Баккъалла а, вай сема хила дезаш къам ма ду".
57Оха ара бехира уьш бошмашкара а‚ шовданашкара а.
58Хазнашкара а‚ сийлахь меттигера а.
59Иштта Оха уьш ирсана делира Исраилан кIенташна.
60Уьшцарна тIаьхьабелира малх кхеташ.
61Шина тобанавовший гича‚ Мусан накъосташа элира: "Баккъалла а, /ФирIавнан бIо/ вайна тIаьхьа кхуьуьш бу".
62Цо (Мусас) элира: "ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со".
63Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Iаса тоха хIоьрдах‚ аьлла. ТIаккха иза бекъабелира‚ хилира хIора дакъа боккхачу ламах тера.
64Оха герга балира цига важаш а.
65Оха хьалхаваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а - берриге.
66ТIаккъа Оха /хIордан/ буха бахийтира важа берш.
67Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царех дукханаш иман диллина.
68Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву сийлахь везза верг а‚ къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 5 ❖

69Деша царна ИбрахIиман хабар.
70Цо ма элира шен дега а‚ шен къаме: "Стенна Iибадат деш ду шу?"
71Цара элира: "Тхо Iибадат деш ду тхан цIушна. Тхо лаьтта царана гора дахна".
72Цо элира: "Царна шу хозий аша кхойкхуш?
73Я шуна пайда беш буй цара‚ я зен деш дуй?"
74Цара элира: "ХIан-хIа тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш".
75Цо элира: "Шуна ца го‚ шу стенна Iибадат деш хилла‚
76Шу а шун шира дай а?
77ТIаккха уьш мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Давоцург.
78Ша со кхоьллина волу‚ Цо нисвийр ву со.
79Иза ву суна даа а‚ мала а лушверг.
80Со цомгаш хилча‚ Цо со таво.
81Цо со волуьйтур ву‚ тIаккха ден вийр ву.
82Иза ву суна чIогIа лууш верг Цо сан гIалаташ гечдойла Бекхаман дийнахь.
83Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла‚ со кхиаве дикачарех.
84Хилийталахь суна бакъдолчун мотт тIаьхьачарийн юккъехь.
85Со хилийталахь ниIматийн ялсаманийн ирс оьцучарех.
86Ахьа гечделахь сан дена‚ баккъалла а, иза хили-кх тилабеллачарех.
87Сийсаза ма велахь со уьш ден бийр болчу дийнахь.
88Хьоло а‚ кIенташа а пайда бийр боцчу дийнахь‚
89Ша цIенчудагца Далла тIе веънарг воцчунна".
90Ялсамане гергаялора ю /Делах/ кхоьручаьрна.
91Жоьжахатий гойтур ю галабаьллачаьрна.
92Эр ду цаьрга: "Мичахь ю и шу шена Iибадат деш хилларг‚
93Дела витина‚ шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?"
94Яххьашна тIе охьа тухур бу цу чохь уьш а‚ галабаьлларш а‚
95Иблисан массо эскар а.
96Эр ду цара‚ шаьш цу чохь кхуьсуш болуш:
97"ТаллахIи‚ тхо ма дара билгалачу тиларчохь‚
98Оха шу нисдечу хенахь Iаламийн Деца.
99Тхо тила ма ца дина къинош диначаьра бен.
100Ма вац тхуна шапаат дечарех цхьа а,
101Дог цIена доттагI а.
102Тхо духа /дуьнена/ дохуьйтуш далхьара - тхо хир ма дара иман диллнчарех".
103Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира царех дукханаш муъма.
104Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву сийлахь-Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 6 ❖

105Харц бира Нухьан къамо а элчанаш.
106Ма аьллера цаьрга церан вашас Нухьас: "Шу ца кхоьру /Делах/?
107Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
108Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила
109Аса шуьга цуьнан тIехь мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац.
110Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила!"
111Цара элира: "Тхо муха теша хьоьх‚ хьуна тIаьхьа хIоьттина бухабисинарш".
112Цо элира: "Суна хаац уьш хIун деш хилла.
113Церан хьесап сан Кхиош-кхобучун тIехь ду‚ шуна хаалахь.
114Аса лелхор бац иман диллинарш.
115Со билгала волу кхерамча бен вац.
116Цара элира: "Хьо ца сацахь‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна тIе /оха/ тIулгаш биттинчарех".
117Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ сан халкъо со харц ма вина.
118Ахьа кхиэл ехь суна а‚ царна а юккъехь‚ хьалха ваккхалахь со а‚ муъма нахах соьца мел верг а".
119Оха хьалхаваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг дуьззинчу кеманан чохь.
120ТIаккха Оха /хIордан/ буха бахийтира биснарш.
121Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилли-кх царех дукхаберш муъма нах.
122Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ма ву Ша сийлахь-Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 7 ❖

123Харцбира Iадаша элчанаш.
124Цаьрга ма элира церан вашас ХIудо: "Шу ца кхоьру /Делах/?
125Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
126Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
127Аса ца боьху шуьга цуьнан тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
128Аша бо хIора айеллачу меттигехь гIирс /билгало еш лелачаьрна/ самукъадуьйлуш.
129Лоьцуш ду шу болх бен гIирсашшаьш гуттар лаьттар ду моьттуш.
130Шаьш тухуш туху аша къинхетам боцуш.
131Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
132Шу кхера Ша шуна хуург шуна шортта деллачух.
133Цо шуна шортта делла дехний а‚ кIентий а,
134Бошмаш а‚ шовданаш а.
135Баккъалла а, со кхоьру шуна дезачу дийнанIазапах".
136Цара элира: "Цхьатерра ду тхуна ахьа ваIда йичи а‚ хьо ваIда ечарех ца хилчи а.
137ХIара хьалхалерачийн гIиллакх бен дац.
138Тхуна Iазап дийр долуш дац".
139Цара иза харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш муъма.
140Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
141Харцбира Самудаша а элчанаш.
142Ма элира цаьрга церан вашас Салихьо: "Шу ца кхоьру?
143Баккъалла а, со шуьга тешаме элча ву.
144Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
145Аса ца боьху шуьга цуьнан тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
146Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь долчун чохь кхерам а боцуш?
147Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.
148Ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом хьена болчу.
149Аша тоьсту лаьмнех цIенош деза-дедаш.
150Кхера Делах‚ суна муьтIахь хила.
151Шу муьтIахь ма хила исрап дечаьрийномрана.
152Уьш бу лаьттахь боьханиг деш берш‚ диканиг ца деш берш.
153Цара элира: "Баккъалла а, хьо шена бозбуанчалла диначарех ву-кх.
154Хьо ма дац тхо санна адам а бен‚ даладе делил хьуо велахь бакълуьчарех".
155Цо элира: "ХIара эмкал ю. Цуна малар ду‚ шуна а малар ду билгаладинчу дийнахь.
156Ма кхеталаш цунах вониг дарца - тIаккха сийлахь деза долчу дийнан Iазапо схьалоьцур ду шу".
157Цара цуна урс хьаькхира - уьш дохко баьлла Iуьйранга белира.
158Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш муъма.
159Баккъалла а, хьан Дела - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 9 ❖

160Харцбира ЛутIан къамо элчанаш.
161Ма элира царга церан вашас ЛутIас: "Шу ца кхоьру?
162Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
163Шу кхералаш Делах‚ муьтIахь хилалаш суна.
164Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
165Шу оьху ткъа божаршна тIе массо Iаламера?
166Аша дIатосу шун Кхиош-кхобучо шайна кхоьллина хиллачу шун зударех. ХIаъ‚ шу ду-кх дозанах даьлла къам".
167Цара элира: "Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хилланне хир ма ву арабаьхначарех".
168Цо элира: "Баккъалла а, со шун Iамална чIогIа оьгIазбахначарех ву-кх.
169Со Кхиош-кхобушверг‚ кIелхIара ваккхалахь со а‚ сан доьзал а цара лелочух".
170Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ берриге а цуьнан доьзал а‚
171Цхьа къена зуда йоцургбухабисинчаьрна юккъехь.
172ТIаккха хIаллакбира Оха бисинарш.
173Оха доьттира царна тIе догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначаьрна и догIа!
174Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царех дукханаш муъма нах.
175Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 10 ❖

176Харцбира Айкатандайша а элчанаш.
177Ма элира цаьрга ШуIайбас: "Шу ца кхоьру?
178Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву-й.
179Шу кхералаш Делах‚ муьтIахь хилалаш суна.
180Аса ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
181Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарех.
182Озалаш нийсачу терзанца.
183Аша ма эшаелаш нахана церан хIуманаш‚ ма лиэлаш латта тIехь боьханиг даржадеш.
184Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ хьалхалерачийн тоба а кхоьллинчух.
185Цара элира: "Хьо шайна бозбуанчалла диначарех ву-кх.
186Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарех ву аьлла.
187Ахьа егае тхуна кийсигаш стиглара‚ хьо велахь бакълуьйчарех".
188Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг дика хууш ву-кх аша дийриг".
189ТIаккха цара иза харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира IиндагIан дийнанIазапо.
190Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царех дуккханаш муъма нах.
191Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

❖ Дакъа 11 ❖

192Баккъалла а, иза /КъурIан/ - Iаламийн Дегара охьадоссар ду.
193Охьадоьссира цуьнца /КъурIанца/ Тешаме Са.
194Хьан дагна тIе‚ хьо хилийтархьама кхерам тосучарех.
195Билгалчу Iарбийн маттахь.
196Баккъалла а, иза хьалхарчерийн жайнийн чохь а ду.
197Царна ца хилла-те делил и хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана.
198Оха иза /КъурIан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга
199Цара иза царна доьшура дара - хир бацара уьш цунах а тешаш.
200Иштта диллина /и КъурIан харцдар/ Оха иза къиношдечеран дегнашка.
201Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галц.
202Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шаьш хиллачу хьолахь хаа ца луш.
203Цара тIаккха эр ду: "Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?"
204Тхан Iазапе сихло уьш?
205Хьуна ца гора Оха уьш шерашкахь /дуьненахь/ бахийтича а...
206ТIаккха деара цаьрга‚ шайца хир ду‚ аьлла‚ ваIда йина хилларг.
207КIелхьара ца бехира уьш /Делан Iазапах/‚ царна белла хиллачу бахамо.
208Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш
209/Царна/ дагадайта. Тхо ца хилира зуламхой.
210Ца доьссира цуьнца шайтIанаш (шайтIанаша ца доссина и КъурIан, цхьаболчу керстанаша ма бохху).
211Тарлуш дац царна /шайтIанашна вехьешца охьадосса/‚ царна ницIкъ ца кхочу.
212Уьш /шайтIанаш маликашка/ ладогIарахдIасхьакъастийна ду.
213Ма кхайкха Делаца кхин деле - тIаккха хьо хир ву шайна Iазап дийрдолчарех.
214Ахьа хьехам бехьан юххера гергарчаьрга.
215Хьайн тIам охьабахийта муъмин нахах хьайна тIехьахIоьттинчарна /кIеда-мерза хила царца/.
216Цара хьуна Iесалла яхь‚ ахьа ала: "Со цIена ву-кх аш дечух".
217Хьо тIетовжаШа Веза волчунна а‚ Къинхетаме волчунна а.
218Шена хьо гуш волчунна хьо ира хIуттучу хенахь.
219Хьан дIа-схьаидар а ду сужд дечарийн юккъехь.
220Баккъалла а, Иза ву-кх хозуш верг а‚ хууш верг а.
221Аса дуьйций шуна /хIай Маккан керстанаш/‚ шена тIешайтIанаш дуссучух?
222Уьш дуссу хIора харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе.
223Цара /шайтIанаша маликашкара къайленаш/ хазар бозбуачашка кхуьссу‚ царех дукханаш харцлуьйш бу.
224Назманчаш - царна тIехьахIутту тилабелларш.
225Хьуна ца го уьш массо буьйрахь дIа-схьа уьдуш?
226Цара дуьйцу шаьш ца дийриг.
227Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш‚ дуккха Дела хьехийнарш боцурш - царна гIо хилира шайна зулам диначул тIаьхьа. ТIаьхьа хуур ду зулам диначаьрна‚ муьлхачу хьовзарна шаьш тIехьовзур бу.

Вернуться к списку сур
27.سُورَةُ ٱلنَّمْلِ
Сурат АН-НАМЛЬ • Зингаташ(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلنَّمْلِ

Сурат АН-НАМЛЬ • Зингаташ

❖ Дакъа 1 ❖

1ТIа-син. ХIорш ду КъурIанан -- билгалчу жайнан а аяташ.
2Шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу.
3Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ уьш эхартах а тешаш бу.
4Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш -- Оха хазйина царна шайн Iамалш -- иштта уьш дIа-схьа уьдуш бу.
5Уьш бу шайн Iазапан боьханиг шайна хуьлуш дерш‚ эхартахь уьш хир бу тIех эшнарш.
6Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду КъурIан Ша хьукаме а‚ хууш а волчун гергара.
7Мусас ма элира шен доьзале: "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIавогIур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я аса шуна бахьар бу цхьа бегаш болу кIогалг -- шу дохдала мегара-кх".
8Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цуна гонахь верг а‚ вонах цIена ву Дела -- Iаламийн Да.
9ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу хьукаме волу Дела ву.
10Охьатаса хьайн Iаса". Шена иза /Iаса/ гича‚ етталуш текхарг санна‚ и /Муса/ дIаведира‚ вуха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Сан гергахь элчанаш
11Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонна метта диканиг дахь -- тIаккха баккъалла а, Со гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх.
12Хьан че долла хьан куьйг -- ахьа схьадоккхур ду иза кIайделла цхьа а хало а йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къаме а долчу исс /Iаламатийн/ чохь /цхьа Iаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх нах.
13Шайга Тхан гучадевлла‚ аяташ деъча‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла ду!"
14Царна керстаналла дира цара‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларах/, зулма дарца а‚ куралла ярца а. Хьажал‚ муха хилла вон леллачийн тIаьхье?

❖ Дакъа 2 ❖

15Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу Шен дукхах болчу муъма лел.
16Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iимийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду".
17Гулдира Сулейманна цуьнан эскар жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу − тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь).
18Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: "ХIай зингаташ! Чудолалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна ца хууш".
19Иза вела къежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: "Сан Дела‚ ахьа суна таро лолахь хам бан Хьайн ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена а делла долчу‚ Хьо шена реза волу‚ дика Iамал ян а‚ со дIатохалахь Хьайн къинхетамца дикачу лешна юкъа".
20Иза волавелира олхазарш леха‚ тIаккха элира: "Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарех хили иза?
21Аса Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я аса урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна цхьа билгала делил дахьар ма ду цо".
22Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: "Суна хиира‚ хьуна ца хиънарг‚ аса деъна хьуна Сабаъарабакъболу хаам.
23Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тIехь паччахьалла деш йолу‚ цуна делла массо хIуманах /паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла и. дI. кх./‚ цуьнан сийлахь-йоккха Iарш а ю (хаза кечбийна маьнга).
24Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужд деш малхана‚ Дела а витина‚ хазйина царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ новкъах − уьш нис ца ло.
25Цара сужд хIунда ца до-те Далла‚ Ша Iорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь а‚ латтахь а‚ Шена хууш волчу аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедориг а?
26АллахI ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚− сийлахь-йоккхачу Iаршан Да Ша волу".
27Цо /Сулеймана/ элира: "Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те харцлуьйчарех?
28Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахвала‚ хьажа‚ цара хIун жоп лур ду".
29Цоэлира: "ХIай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат.
30Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: "Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
31Шу лакхадовла ма гIерта сол‚ суна тIе дуьйла мукIара а хилий (Дела цхьаъ веш)".

❖ Дакъа 3 ❖

32Цо /Билкъисо/ элира: "ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх сацам беш гIуллакхан‚ шух дагайолуш бен".
33Цара элира: "Вай ницIкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ гIуллакх хьоьгахь ду-кх‚ хьажахь-ткъа‚ хIун омра до ахьа".
34Цо элира: "Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йоха йо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсаза боху цара. Иштта до цара.
35Баккъалла а, аса дохьуьйту царна /Сулеймангара/ совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца буха боьрзу бахийтинарш".
36Иза /Билкъисо ваийтинарг/ Сулейман волчу веъча‚ цо /Сулейманас/ элира: "Со даьхница хьоле во аша? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх.
37Вухаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш лалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра /шайн махкара/ сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу".
38Цо /Сулеймана/ элира: "ХIай элийн тоба! Шух муьлха вогIур вара суна тIе цуьнан /Билкъисан/ таж яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале мукIар а хилла?"
39Жинех уггар нуьцкъал долчо (Iифрито) элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцIкъала а‚ тешаме а ду".
40Шегахь жайнан Iилмадолчо элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ ахьа бIаьрган негIар тохале". Шена иза /Билкъисан Iарш -- маьнга/ гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо /Сулеймана/ элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллех ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу аса я инкарло йо. Баркалла аьлларг − цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло йинарг− баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву".
41Цо элира: "Хийцам бе цуьнан Iарша тIехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир ю-те иза и ца евзачарех.
42Иза /Билкъис/ еъча элира /цуьнга/: "Иштта ю-й хьан Iарш?" Цо элира: "Иза йолчух тера ю хIара". /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: "Тхуна Iилма деллера цунначул /Билкъисал/ хьалха‚ тхо муьтIахь хилира /Далла/".
43Иза /Билкъис/ юхатуьйхира /цхьана Далла Iибадат дарах/‚ цо иза а витина кхечунна Iибадат даро. Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къамах.
44Элира цуьнга: "Чуйола гIалина!" Шена иза гича‚ цуна моттаделира иза алссам хи ду‚ цо шен настарш гучаехира. Цо /Сулеймана/ элира: "Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина". Цо /Билкъисо/ элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ бакъалла а аса зулам ма дина сайна‚ мукIар хили со Сулейманаца цхьаьна Далла − Iаламийн Дена".

❖ Дакъа 4 ❖

45Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла − уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийсабала буьйлабелира.
46Цо элира: "ХIай сан къам‚ шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аша Деле‚ шух къинхетам бан там бара".
47Цара элира: "Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла". Цо элира: "Шун дакъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду. ХIаъ‚ шу ду-кх питане лоьцуш долу къам".
48Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш.
49Цара элира: "Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а /Салихь/‚ цуьнан доьзал а‚ аьлла тIаккха эр вай цуьнан верасе: "Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллак хуьла чохь‚ тхо бакълуьйш ма ду".
50Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонан дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хууш.
51Хьажал‚ муха хилла церан мекараллин тIаьхье: Оха этира уьш а‚ церан къам а − берриге.
52ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана.
53Оха кIелхьарабехира иман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.
54ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: "Боьханиг леладо ткъа аша? Шуна гуш ма ду и!
55Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх жехIал къам".
56Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш алар бен: "Арабаха ЛутIан доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах".
57Оха кIелхьара ваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург − цуьнан кхоллам бухаюьсучарех хилийтира Оха.
58Оха доьттира царна тIе догIа − вон хилира шайна кхерам тесначаьрна догIа.

❖ Дакъа 5 ❖

59Ахьа ала /хIай Мухьаммад/: "Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачаьрна. Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?
60Я Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг /тоьлу/? Оха ялийтина цуьнца /догIица/ бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аша ма долуьйтара дацара цуьнца /цу хица/ дитт‚ − /я кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ уьш ду къам‚ ша юьстахгIерташ /бакъдолчух/.
61Я Ша латта хилийтинарг чIагIо хилла‚ юккъехула татолаш динарг‚ цу тIехь лаьмнаш динарг‚ шина хIоьрдан юккъехь дуьхьало йинарг‚ я /кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ царех дукхахберш ца хууш бу-кх.
62Я Ша жоп луш верг шена гIело хиллачунна иза Шега кхайкхича‚ и зулам дIадоккхушверг‚ шу хуьлуьйтушверг лаьттан дай − я /кхин/ дела ву АллахIаца? КIеззиг ду-кх шу кхетарг.
63Я Ша шу нисдешверг аренан а‚ хIоьрдан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтушверг кхаъ хилла /догIа дарна/ Шен къинхетамал хьалха − я /кхин/ дела ву АллахIаца? Лакха ваьлла Дела цара /Шеца/ накъост лацарх.
64Я Ша кхоллар долошверг‚ тIаккха иза карладоккхург‚ шуна рицIкъ луш верг стиглара а‚ латтара а − я /кхин/ дела ву АллахIаца? Ахьа ала: "Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш".
65Ала: "Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахьдерг Дела воцчунна". Царна хаалур дац шаьш маца юха дендийр ду.
66ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу.
67Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду-й /кешнашкара/?
68ЧIагIо йинера хIокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац".
69Ахьа ала: "Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье".
70Ахьа са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех.
71Цара олу: "Маца хир ю и ваIдашу бакълуьйш хиллехь".
72Ахьа ала: "Тарло герга хила шуна цхьацца аша сихдеш дерш".
73Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг дозалла долуш ма ву нахана тIехь‚ делахь а царех дукхахболчара баркалла ца олу-кх.
74Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ дIахьедориг а.
75Дац цхьа а къайлахдерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайначохь /яздина/ доцуш.
76Баккъалла а, хIокху КъурIано дуьйцу Исраилан кIенташна церан шена чохь хилпало йолчух дукхадерш.
77Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъма нахана.
78Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юкъахь Шен хьукамца. Иза сийлахь-везаверг а ву‚ хууш верг а ву.
79Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тIехь ма ву.
80Баккъалла а, ахьа /хIумма а/ хозуьйтур дац беллчарна‚ ахьа хозуьйтур дац кхайкхар къора болчарна уьш юхабевла а дIабевдича.
81Хьо ма вац нисбешверг бIаьрса доцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна -- тIаккха уьш бу мукIар берш.
82Царна доштIедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца къамел а ден долу. Баккъалла а, нах хилла Тхан аятех ца тешаш.

❖ Дакъа 7 ❖

83/Ахьа хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хIора умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух цхьа тулгIе − уьш дIа-схьа нисбийр бу.
84ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: "Аша харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а‚ хIун Iамал еш хиллера шу?"
85ТIедуьйжира царна тIе /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна‚ уьш бист ца хуьлу.
86Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаIан‚ де а серладаккха. Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана.
87Оцу дийнахь сур локхур ю − кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а Далла лиънарг воцург. Массо а Цуьнан тIе вогIур ву мукIар а хилла.
88Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Iуьллуш ду моьттуш − амма уьш дIа-схьа лелаш хир ду мархаш санна − Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо хIуманна хьукам динчу. Баккъалла а, Иза аша дийриг дика хууш верг ву-кх.
89Дикачуьнца веънарг− цуна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу дийнахь маьрша хир бу.
90Вочуьнца веънарг− юьхь цIарга ерзийна хир ю цуьнан. Аша еш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир бу-й шуна?
91Суна омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарамйина йолчу‚ Цуьнан ду массо хIума а. Суна омра дина со мукIар хиллачеххила‚ аьлла.
92КъурIан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. /Нах иманах/ тилошболчунга ахьа ала: "Со кхерам тосучарех ву".
93Ахьа ала: "Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ − тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац цара дечух гIапал".

Вернуться к списку сур
28.سُورَةُ الْقَصَصِ
Сурат АЛЬ-КЪАСАС • Дийцар(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الْقَصَصِ

Сурат АЛЬ-КЪАСАС • Дийцар

❖ Дакъа 1 ❖

1ТIа-син-мим.
2ХIорш ду хIуманаш билгалдечу жайнан аяташ.
3Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчунца тешачу къамана /пайда хилийтан/.
4Баккъалла а, ФирIавн вазвелира лаьттахь‚ шен нахах тобанаш йира цо‚ царех цхьа тоба гIелъеш. Цо байара церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира /хIума/ толхочарех.
5Тхуна лиира шаьш лаьттахь гIелбина хиллачарех къинхетам бан а‚ царех имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,
6Уьш чIагIбан лаьттахь‚ ФирIавна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта уьш шех кхоьруш дерг.
7Оха хаам бираМусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Хьо кхерахь цунах /Мусана бохам хиларах/‚ ахьа кхосса иза хIоьрдан чу − кхера ма кхера‚ са ма гатде − Оха вухаверзор ву иза хьуна‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех.
8Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/. ФирIавнан доьзало цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийтан. Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира къинош динарш.
9ФирIавнан зудчо элира: "Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах − царна хаалуш дацара.../оцунах хиндерг/.
10Мусан ненан дог даьссаIуьйренга делира. Иза герга яра цуьнца гучу ялаОха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара иза /Мусан нана/ хилийтархьама /Делан ваIдех/ тешачарех.
11Цо элира цуьнанйише: "Хьада‚ цуьнантIаьхьа гIо". Иза хьоьжура цуьнга агIорхьара‚ царна ца хууш.
12Оха хьарам бира цуна и вакхон зударий хьалха. ТIаккха цоэлира: "Аса нисдой шу цIийнан охIлана тIе шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цуна хьехамчаш а хуьлуш".
13ТIаккха Оха вуха верзира иза шен нене‚ цуьнана бIаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цуна хаийтархьама а Делан ваIда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.

❖ Дакъа 2 ❖

14Иза /Муса/ кхиъна ваьлча‚ нисвелча‚ Оха цуна делира хьукам а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачаьрна.
15ШахIарна чоьхьавелира иза цуьнан нах гIапалболчу хенахь. Цуна карийра цу чохь ши стаг вовшех леташ: хIара хIокхун тобанех‚ важа − хIокхун мостагIех. Цуьнга гIо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагIех волчунна тIехь. Мусас цуна буй туьйхира − цо иза чекхваьккхира. Цо /Мусас/ элира: "ХIара шайтIанан гIуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала тилавеш мостагI ду".
16Цо /Мусас хьаставелла Деле/ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса сан дегIана зулам ма дина‚ гечдехьа суна". Цо цуна гечдира. Баккъалла а, Иза гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
17Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа суна ниIмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечаьрна гIоьнча".
18Иза Iуьйранга велира шахIарахь кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гIо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цуна/. Мусас цуьнга элира: "Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!"
19ТIаккха шайн шиннан мостагI волчунна тоха цуна /Мусана/ лиъча‚ цоэлира: "ХIай Муса‚ со вен лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг верах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницIкъ беш верг хилла а бен‚ хьо лууш ма вац дикачарех хила".
20Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: "ХIай Муса! /ГIалин/ дай дагабевла хьо вен‚ ара валалахь. Со хьуна хьехамбечарех ву".
21Иза цигара /гIалара/ аравелира кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ кIелхьара ваккхахь со зуламе нахах".

❖ Дакъа 3 ❖

22Ша Мадйан агIоргахьа дIаволавелча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа".
23Мадйанан хинан коьрте кхаьчча‚ цуна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/‚ цуна карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: "ХIун бала бу шу шиннан?" Цу шиммо элира: "Оха ца маладо и Iуй чекх ца баьлча‚ ткъа тхан да − воккха стаг ву".
24Цо хи малира царна шиннена /церан бежнашна/‚ тIаккха дIавирзира IиндагIе‚ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ со Ахьа суна доссош долу диканиг оьшуш ма ву (меца ву)".
25Цуна тIе еара цу шиннех цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: "Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна". Иза /Муса/ цунатIе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: "Хьо ма кхера! Хьо кIелхьара ваьлла зуламечу нахах".
26Цу шиннех цхьаммо элира: "Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахьа мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза − нуьцIкъала а‚ тешаме а ву".
27Цо /ШуIайбс/ элира: "Суна лаьа хIокху сан шина йоIах цхьаъ хьуна зуда йина яла ахьа суна болх барх борхI шарахь. Ахьа итт шо кхочушдахь − и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Далла лаахь‚ дикачарех".
28Цо элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама аса кхочушъяхь‚ довдийр дац соьца. И Дела вай олучун тIехь векал ма ву".

❖ Дакъа 4 ❖

29Муса шен тоьхна хан чекх яьккхина а‚ шен доьзалца дIавоьдуш‚ цуна хааелира ТIур ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: "Аша /кхузахь/ собар де‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна тIе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цIерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала мегара".
30Иза цуна /цIарна/ тIе веъча кхийкхира тогIин аьтту агIорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: "Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да.
31Охьакхосса хьан Iаса!" Цуна иза гича етталуш текхарг санна‚ иза дIаведира вуха ца воьрзуш. "Ва Муса! Герга вала‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарех ву.
32Хьан куьйг че долла‚ ахьа схьадоккхур ду иза − схьадер ду кIайн хилла цхьа а зен доцуш‚ хьан тIетаIаде иза кхерарах ларвалархьама. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам".
33Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса царех стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вен.
34И сан ваша ХIарун‚ иза соьл мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гIоьнча хилла‚ со бакъ хилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна".
35Цо /Дала/ элира: "Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шиннена бакъо‚ шуна шиннена тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шиннена тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ма ву".
36Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: "ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуанчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах хьалхалерчу дайшкахь".
37Элира ткъа Мусас: "Сан Кхиош-кхобушверг ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веъна а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхибер ма бац".
38ФирIавнас элира: "ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела‚ цIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарах (кибарчигаш ятта), тIаккха /лаькха/ гIала е суна, со мега Мусан делан тIе хьалавала. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарех".
39Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабала хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тIе духа ца дерзор ду.
40Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхоьссира уьш хIоьрдан чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!
41Оха хилийтира царех /нах/ цIергакхойкхуш имамаш. Къемат дийнахь царна гIо дийр дац.
42Царна тIаьхьахьажийра Оха хIокху дуьненахь а неIалт‚ къемат дийнахь уьш ма бу эхьаза лелхинчарех.

❖ Дакъа 5 ❖

43Оха делира Мусага жайна‚ Оха хьалхалера тIаьхьенаш хIаллак йиначул тIаьхьа нахана гуш долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла‚ уьш кхета мегара-кх‚ аьлла.
44Хьо вацара малхбузен агIонгахь Оха Мусага гIуллакх сацадечу хенахь‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарех.
45Делахь а Оха кхиира тIаьхьенаш‚ дахделира царна тIехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадъйан охIлан юкъахь царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а Тхо дара боуьйтурш /элчанаш/ .
46Хьо вацара ТIур ламан агIонгахь Оха /Мусага/ кхийкхича‚ делахь а хьан Кхиош-кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/‚ ахьа кхерам тасан къамана‚ шена тIе хьоьл хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веъна долчу‚ цара ойла йийр яцара-те?
47/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: "Тхан Кхиош-кхобушверг! Ахьа ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешначарех".
48Шайга бакъдерг деъча Тхан гергара‚ цара элира: "Цуьнга /Мухьаммад пайхамаре/ делла хиллехьара Мусага делларг". Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: "Ши /КъурIан а‚ Товрат а/ бозбуанчалла ду вовшашна гIо а деш". Ма элира цара: "Массох ца теша /тхо/".
49Ахьа ала: "Схьало Делан гергара жайна ша цу шиннал /КъурIанал а‚ Товратал а/ нийса а долуш‚ со цуна тIаьхьахIуттур ву шу бакълуьйш хиллехь".
50Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабаьлла буйла. Мила ву ткъа тиламе Делера нийса некъ а боцуш шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам.

❖ Дакъа 6 ❖

51Оха кхачийра цаьрга дош тIеттIацара ойла йийр яцара-те?
52Оха шайна цул /КъурIанал/ хьалха жайна (Товрат, Инжил...) делларш − уьш цунах /КъурIанах/ тешаш бу.
53Иза шайна дешча цара элира: "Тхо цунах тешنا‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалхабусулбанаш.
54Уьш − царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех цара сагIа даларна а.
55Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIакъаьста уьш‚ олуш: "Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал неха тIе".
56Баккъалла а, ахьа нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш.
57Цара /Къурайшин тайпан наха/ элира: "Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIоьттича хьоьца цхьана‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Iарбаша/". Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме хьарам‚ цига массо хIуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхуна гергара рицIкъ хилла? Делахь а царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.
58Мел хIаллак йира оха юрт‚ кураелла хилла йолу шен дахарехь. ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ царел тIаьхьа кIеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш.
59Хьан Кхиош-кхобушверг ца хилира ярташ хIаллак еш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллак еш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен.
60Шуна делла хIума − иза дуьненан дахаран хьал ду‚ цуьнан хазалла а ю‚ Далла гергахьдерг − дика а‚ мелхо бухадуьссуш а ду‚ шу хьекъале ца хуьлу?

❖ Дакъа 7 ❖

61Оха шеца /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг иза цуьнах кхиар а волуш тера ву-й ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал деллачух? ТIаккха къемат дийнахь иза хир ма ву /жоьжахате/ валинчарех.
62Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?"
63Эр шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачаьра: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ хIорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладарх терра. Тхо цIандела /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш".
64Элира: "Схьа кхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/". Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Iазап. /Ма лиира царна шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара‚ аьлла!
65Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "ХIун жоп делира аша элчанашка?"
66Iаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хIумма а‚ хоьттур дац.
67Амма тоба динарг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а − тарло иза хила баккхибечарех.
68Хьан Кхиош-кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. Вонах цIена ву и Дела‚ гена вели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.
69Хьан Кхиош-кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара дIахьедош ду.
70Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цуна хастам бу хьалхарчахьа‚ тIехьарчахьа. Цуьнан ду хьукам а‚ Цуна тIе дIадерзор ду шу а.
71Ахьа ала: "Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI воцург муьлхачу делас шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хозу-те?"
72Ахьа ала: "Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI воцург муьлхачу делас шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аша шена чохь садоIуш? Шуна ца го-те?
73Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аша шена чохь садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а − шу хила мегара баркалла олуш".
74Оцу динахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?"
75Оха схьаваьккхирахIора умматах теш‚ Оха элира: "Схьадаладе шайн делилш". Царна хиира бакъдерг Далла дуйла. Царех дIатилира цара /Цуьнан тIехь харц/ кхоьллина хилларг.

❖ Дакъа 8 ❖

76Баккъалла а, Къарун вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цуна хазнаш‚ шен догIанаш цо ницIкъ болчу тобанца халла кхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къамо: "Хьо ваккхи ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийберш.
77Ахьа лаха хьуна Дала деллачохь эхартан цIа‚ диц ма де дуьненахь хьан дакъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гIерта лаьттахь пасад хIуманна тIе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хIума дийрш".
78Цо /Къаруна/ элира: "Иза /хьал‚ дехний/ суна делла соьгара Iилма бахьанехь". Цуна ца хаьа-те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакъйина цул хьалха‚ цул ницIкъаца мелхо а чIогIа йелуш‚гулдарца (хьал‚ дехний) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга /Далла и дика хаьа дела/.
79Иза /Къарун/ араваьлира шен къама тIе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачаьра элира: "ЭхI! Тхуна далахьара Къаруна делларг! Баккъалла а, ма дакъа долуш ву-кх иза!"
80Шайна Iилма деллачаьра элира: "Декъаза ма довла! Делан ял дика ю иман диллинчунна а‚ дика Iамал йинчунна. Иза дуьхьал кхетар ма яц собар диничаьрна а бен" /и хаза бекхам/.
81Оха лаьттан буха вахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цуна цхьа а гIо деш тоба Делан дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIодечарех.
82Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира олуш: "ОхI! Дала рицIкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ /лаьттан буха/ дахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхи ца беда /Делах/ цатешарш".

❖ Дакъа 9 ❖

83И эхартан хIусам Оха хуьлийтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад ца дезачаьрна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручаьрна ю.
84Дикачуьнца веъначуьнна − цуна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг − вонаш диначаьрна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен.
85Баккъалла а, хьуна КъурIан тIе диллинчо хьо вухаверзор ма ву вухавоьрзучу меттиге. Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а".
86Хьо ма вацара дог дохуш хьайга Жайна даларе хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хилланне а ма хилалахь /Делах/ цатешачаьрна гIоьнча.
87Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тIаьхьа. Хьан Кхиош-кхобучунга кхайкха! Хьо хиланне а ма хилалахь /Делаца/ накъост лаьцначарех.
88Ахьа ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна Иза бен. Массо хIума хIаллак хир ю хьуна Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цуьнан тIе духа дерзор долуш ду шу а.

Вернуться к списку сур
29.سُورَةُ ٱلْعَنْكَبُوتِ
Сурат АЛЬ-IАНКАБУТ • Гезг(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْعَنْكَبُوتِ

Сурат АЛЬ-IАНКАБУТ • Гезг

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим.
2Нахана моьтту-те шаьш дуьтур ду ала "Оха иман диллина"‚ шаьш питанеца лоцуш?
3Оха питане ма лаьцна царел хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина хилларш а‚ Цуна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу иманца бакъхилларш харцхиллачарел).
4Вониг деш берш моьттуш бу-те шаьш Тхоьл хьалха дер ду? Ма вон хьукам деш бу-кх уьш!
5Милла хиллехь Делаца цхьанакхетаре дог дохуш − Делан тоьхна хан йогIур йолуш ма ю! Иза хозуш верг а‚ хууш верг а ма ву!
6Милла велахь а /Делан гIуллакхна тIехь/ къахьоьгуш − цо къахьоьгу шена. Баккъалла а, Дела ма вац Шен хьашташ долуш Iаламашкахь.
7Иман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а − царех айдийр ма ду Оха церан вонаш‚ бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а мелхо а хазачуьнца.
8Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна цу шиммо къахьегахь Соьца хьоьга накъост лацийтархьама‚ хьуна шеца цхьа а Iилма доцуш‚ − тIаккха ахьа цу шиннега ла ма догIалахь! Суна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Аса шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг.
9Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а − уьш бохуьйтур бу Оха дикачаьрна юкъа.
10Нахах бу шаьш олуш берш: "Оха иман диллина Деле"‚− шайна бохам хилча Делан дуьхьа цара лору нехан питна Делан Iазапах тера‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам беъча цара олу: "Баккъалла а، тхо шуьца ма дара". Ткъа Дела вац дика хууш Iаламийн дегнашкахь дерг?
11Банне а бевзаш бу хьуна Далла иман диллинарш а‚ бевзаш бу хьуна Цуна мунепакъаш а (Дала гучадоккхур ду нахана церан а, вакхеран хьал).
12Ца тешна хиллачаьра элира иман диллинчаьрга: "ТIаьхьахIотта тхан новкъа‚ оха хьур ду шун къинош". Хьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хIума. Баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу!
13Цара хьур ма бу шайн моьхьаш а‚ /кхин/ моьхьаш а шайн моьхьашца. Цаьрга хоттур ма ду къемат дийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух.

❖ Дакъа 2 ❖

14Оха вахийтира Нухь шен къамана тIе. Иза лаьттира царна юкъахь эзар шарахь шовзткъе итт шо тоьхча‚ тIаккха уьш схьалецира тIовфаношаьш зуламхой хилла.
15Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ кеманан дай а‚ хилийтира цунах Iаламашна делил.
16ИбрахIим а /вахийтира Оха шен къамана тIе/‚ цо ма элира шен къаме: "Далла Iибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь.
17Баккъалла а, шу Iибадат деш ду-кх Дела а витина цIушна‚ кхуллуш ду эладита. Баккъалла а, и Дела а витина аша Iибадат дечаьрийн долахь ма дац шун рицIкъ. Аша лаха Далла гергахь рицIкъ‚ Цуна Iибадат де‚ Цуна баркалла а ала. Цуьнан тIе духадерзор ду шу.
18Аша и харцдахь...− харцдира шуна и халкъаша шул хьалха а. Элчанна тIехь-м ма дац билгала дIакхачор бен".
19Царна ца гина-те‚ муха кхуллу Дала кхоллар‚ тIаккха карладоккху иза. Баккъалла а, иза Далла атта ду.
20Ахьа ала: "Лела латтахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо кхоллар‚ тIаккха Дала кхуьуьйту тIаьхьара кхолладалар. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочуш ву.
21Iазап до Цо Шена луучунна‚ къинхетам бо Шена луучух‚ Цуьнан тIе дIадерзор долуш ду шу.
22Шу ма дац гIелдийр долуш /хIумма а/ лаьттахь а‚ стиглахь а. Ма вац шуна Дела воцург вали а‚ гIоьнча а.

❖ Дакъа 3 ❖

23Делан аятех а‚ Цуьнца цхьанакхетарх а цатешнарш − цара догдиллина Сан къинхетамах‚ уьш бу шайна лазош долу Iазап хир дерш.
24Ца хилира цуьнан къаман жоп‚ цара алар бен: "Ве иза‚ я вагаве иза!" Оха кIелхьарваьккхира /ИбрахIим/ цIарал. Баккъалла а, цу чохь аяташ ма ду тешачу къамана.
25Цо /ИбрахIимо/ элира: "Баккъалла а, аша леци-кх Дела а витина цIушбезам хилла вовшийн юкъахь дуьненан дахарехь. ТIаьхьа къемат дийнахь шух цхьаболчара вакхарна керста дер ма ду‚ цхьаболчара вакхарна неIалт эр ма ду‚ шун чугIойла цIе ма ю‚ ма бац шуна цхьа а гIоьнчий".
26Цунах тийшира ЛутI. Цо элира: "Со дIакхелха сан Кхиош-кхобучуьнга‚ баккъалла а, Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а".
27Оха велира цуна /ИбрахIимна/ Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а‚ хилийтира цуьнан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а, дIаелира цуна шен ял дуьненахь. Баккъалла а, иза эхартахь а дикачарех ма ву.
28ЛутI а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къаме: "Баккъалла а, аша кхуллуш ма ду боьханиг‚ шеца шул хьалха Iаламех цхьа а ца ваьлларг.
29Шу доьду ткъа божаршна тIе‚ аша хеда ма бо ткъа некъ. Аша леладо шайн синкъерамехь ирчаниг." Ца хилира цуьнан къоман жоп цара алар бен: "Дайта тхуна Делан Iазап‚ хьуьо хиллехь бакълуьйчарех".
30Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа гIо делахь суна пасад хIума лелочу къоман тIехь".

❖ Дакъа 4 ❖

31Тхан элчанашбаьхкича ИбрахIимна тIе кхаъца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо ду хIокху юьртан нах хIаллак бан дохкуш. Баккъалла а, цуьнан нах хили зуламхой".
32Цо /ИбрахIим пайхамара/ элира: "Ткъа царна юккъехь ЛутI ма ву-й". Цара элира: "Тхо дика хууш ду цу чохь верг. Оха ваккханне а кIелхьаравоккхур ву иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург − иза хили байначарех".
33Тхан элчанаш баьхкича ЛутI волчу − уьш бахьанехь пошме хилира иза‚ дог гатделира /кийрахь -- уьш шен къоман боьхачу хIуманах ларбалур бац шена моттаделла/. Цара /шаьш Делан элчий дуй хаийтина/ элира: "Хьо ма кхера‚ ахьа сагат ма де. Баккъалла а, тхо ду хьо кIелхьаравоккхур верш‚ хьан доьзал а‚ хьан зуда йоцург − иза хили байначарех.
34Баккъалла а, Оха доссор ду хIокху юьртан нахана тIе Iазап стиглара уьш песакх хиларна".
35Оха дитира цунах билгала асар хьекъалечу нахана.
36Мадъяне /вахийтира Оха/ церан ваша ШуIайб. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Далла Iибадат де‚ дог даха эхарчу дийне‚ ма даржа де лаьттахь пасад хIума".
37Цара иза харцвира. Уьш схьалецира /лаьтта/ ластаро − тIаккха уьш Iуьйранга белира шайн цIеношкахь горабахана.
38Iадаш а‚ Самудаш а /хIаллакбира Оха/. Шуна гучуделира церан цIенош. Хазъйира царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилира уьш /нисчу/ некъах‚ уьш хиллехь а дика гуш.
39Къарун а‚ ФирIавн а‚ ХIаман а /хIаллак вира Оха/. Веара цаьрга Муса билгалонашца‚ куралла йира цара лаьттахь‚ уьш ца хилира хьалхаболурш /Тхан Iазапах/.
40Массо а схьалецира Оха шен къица. Царех бу Оха шайна тIе чIогIа мох бахийтинарш а‚ царех бу мохь тохаро схьалийцинарш а‚ царех бу Оха шаьш лаьттан буха бахийтинарш а‚ царех бу Оха шаьш хина буха бахийтинарш а. Ца хилира Дела царна зулам деш‚ делахь а шаьш хилира уьш шайна зулам деш.
41Дела воцург гIоьнчийлаьцначаьрийн мисал хIусам лаьцначу гезган мисалх тера ду − баккъалла а, уггар ледара хIусам гезган хIусам ю‚ уьш хууш хиллехь.
42Баккъалла а, Далла хууш ду Ша витина цара кхойкху хIума. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.
43ХIара мисалш Оха даладо нахана. Церан ойла-м ца йо Iеламнаха бен.
44Дала кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а бакъонца. Баккъалла а, цу чохь делил ду муъма нахана.

❖ Дакъа 5 ❖

45Ахьа деша хьайга вехьеца даийтинчу жайнах‚ ламаз хIоттаде. Баккъалла а, ламазо духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а. Дела хьехор мелхо а доккха ду. Дела хууш ву аша дийриг.
46Аша ма къийса жайнан охIланцауггар дикачуьнца бен царех зулам динарш боцучаьрца. Аша ала: "Оха иман дилли тхоьга доссьинчуьнга а‚ шуга доссинчуьнга а‚ Тхан Дела а‚ шун Дела а цхьаъ ву‚ тхо Цуна мукIар (муьтIахь) ду".
47Иштта Оха доссира хьоьга жайна. Оха шайга жайна делларшцунах тешаш бу. ХIокхарех а /Iарбех/ цунах тешаш верг ву. Тхан аятех цатешаш бац керстанаш бен.
48Хьо вацара-май цул хьалха /КъурIан доссале/ цхьа а жайна доьшуш а‚ яздеш а хьан /аьтту/ куьйга − хиллехьара цу харцболчаьра шеко йийр ма яра.
49ХIаъ‚ уьш − кхеташ долу аяташ ду шайна Iилма деллачаьрийн дегнашкахь долу. Тхан аятех ца тешаш бац зуламхой бен.
50Цара элира: "Доьссинехьара цуьнга делилшшен Кхиош-кхобучунгара. Ахьа ала: "Делилш Делан ду‚ со билгала волу кхерамча ву".
51Царна кхачо ца йо-те Оха хьоьга жайна доссина хиларо‚ шайна тIехь доьшуш долу? Баккъалла а, цу чохь къинхетам а‚ хьехам а ма бу тешаш болчу нахана.

❖ Дакъа 6 ❖

52Ахьа ала: "Кхачо йо суний а шуний юккъехь Дела теш хиларо. Цуна хаьа стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Харцдолчунна иман диллинарш‚ Делана керстаналла динарш − уьш бу эшнарш".
53Хьо сихво цара Iазап даийтарехь. Тоьхна хан ца хиллехь цаьрга догIур дара и Iазап‚ цаьрга данне а догIур ду иза цIеххьана царна ца хаалуш.
54Хьо сихво цара Iазап даийтарехь − амма жоьжахати го бийр болуш ма ю ца тешачаьрна.
55Оцу дийнахь Iазапо хьулбийр бу уьш шайн тIехула а‚ шайн когийн бухахула а‚ Цоэр ду: "Iовша шаьш деш хилларг!"
56ХIай сан иман диллина леш! Сан лаьтта шорттаду‚ /деккъа/ Суна Iибадат дейша.
57Массо сино валар Iовшур ду. ТIаккха Тхуна тIе шу духадерзор ду.
58Иман диллинарш‚ дика Iамалаш йинарш − уьш чуховжор бу Оха ялсаманера цIеношка‚ шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ цу чохь уьш гуттар хир бу − дика ял ю иза Iамал йиначаьрийн‚
59Шаьш собар дина долчу‚ шайн Кхиош-кхобучун тIе тевжина хилла болчу.
60Мел бежна ду шен рицIкъ ца хьош− Дала рицIкъ ло цуна а‚ шуна а. Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
61Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а‚ хьан болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара эр ду хьуна: "Дала". Ткъа муха Iехийна /дIахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!
62Дала шортта ло рицIкъ Шен лех Шена луучунна‚ Цо барам а бо цуна /кIеззиг луш/. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.
63Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан доссош дара стиглара хи‚ цуьнца лаьтта дендина и деллачул тIаьхьа аьлла‚ цара эр ду хьуна: "Дала". Ахьа ала: "Хастам бу Далла". ХIаъ‚ царех дукханаш кхеташ бац.

❖ Дакъа 7 ❖

64ХIара дуьненан дахар-м дац синкъерам а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа − иза ду дахар уьш хууш хиллехь!
65Шаьш кемана тIе хиъча цара Деле кхойкху шаьш Цуна дин цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарабаьхча− цара /Цуьнца/ накъост лоцу
66Керстаналла дархьама Оха шайн деллачунна‚ зовкх хьегархьама а. ТIаьхьа хуур ду царна
67Царна ца го-те‚ Оха ма йина Хьарамкхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна /Маккан бахархойн/ гонахь (йолчу кхечу ярташкахь) нах луьйцуш (зуламаш деш)? Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?
68Мила ву вуно зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг шега и деъначул тIаьхьа и харц деш волчул? Ткъа жоьжахатин чохь /Iан/ меттиг яц керстанашна?
69Тхайгахь къахьегнарш − уьш нисбийр бу Оха Тхан некъана тIе. Баккъалла а, Дела ву-кх дикачаьрца.

Вернуться к списку сур
30.سُورَةُ الرُّومِ
Сурат АР-РУМ • Румой(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الرُّومِ

Сурат АР-РУМ • Румой

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим.
2Эшинера румой /парисаша/.
3Лаьттан мелхо /шайн махкана/ гергахь‚ уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлар болуш бу.
4Цхьа масийтта шерахь. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъма нахана.
5Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верга а ву.
6Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а нахах дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.
7Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIапал бу.
8Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел ерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхах берш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керстаналла деш бу-кх.
9Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш царел мелхо чIогIа ма бара ницIкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ беха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул мелхо дукха‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш.
10ТIаккха вон диначаьрийн тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царех ца бешаш хиларна.

❖ Дакъа 2 ❖

11Дала доладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккха‚ тIаккха шу Цуна тIе духадерзор а ду.
12Сахьт хIоьттинчу дийнахь совцурбу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума доцуш/.
13Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шайн накъосташна керстаналла деш берш.
14Сахьт хIоьттинчу дийнахь − оцу дийнахь уьш бекъалур бу.
15Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш − уьш бошмашкахь хазахеташ хир бу.
16Ца тешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартаца а цхьанакхетар а харцдинарш а − уьш Iазапна чубоьхкина хир бу.
17Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьренга даьлча а‚ шу Iуьйрана гIевтича а,
18Цуна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аша делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а/де ламазаш/.
19Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/.

❖ Дакъа 3 ❖

20Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш.
21Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу царца /паргIат/ даха‚ Цо хилийтина шуна юкъахь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана.
22Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Iаламашна.
23Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аша /бахам/ лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугIучу нахана.
24Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерамца а‚ /догIа даре/ догдахарца а‚ Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана.
25Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а‚ хIоьттина Iар Цуьнан омраца. ТIаьхьа Цо шуьга кхийкхача латтара кхайкхарца шу /кешний чуьра/ арадовлур ду /къематдийнахь/.
26Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтIахь а бу.
27Иза ву /хIума/ кхоллар долошверг − тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цуна вуно атта ду. Цуьнан вуно лакха мисал ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Иза − веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
28Цо шуна мисал далийна шух шайх: шуна бу-й шун аьтто куьйгашадоладиначарех накъостий Оха шуна деллачу рицIкъех шу цу чохь цхьанисса а долуш‚ шу царех кхоьруш /царна вон хIума хиларна/ шайх кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ хьекъалечу нахана.
29ХIаъ‚ зулам динарш тIаьхьахIоьттира шайн дезаршна цхьа а Iилма доцуш. Хьан нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма бац царна цхьа а гIоьнчий!
30Ахьа хIоттае хьан юьхь динан тIе цIена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза Цо Шена тIехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан‚ Иза мехала дин ду‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.
31Цуна тIедоьрзуш/хилалаш тоба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хIоттаделаш‚ шу ма хилалаш мушрикунех.
32Шайн дин декъна тобанаш хиллачарех а. Массо с тоба шегахь долчух яккхиедаш ю.
33Нах цхьана зено схьаьлаьцча цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цуьнан тIебуьрзий‚ тIаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Iавшитича − царех цхьана декъо шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу
34Оха шайна делларг керста дархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна.
35Оха цаьрга тешалладоссина‚ ткъа цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?
36Оха нахе къинхетам Iавшитича‚ уьш цунах баккхийбеда. Ткъа царех вониг кхиъча шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца − цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/.
37Царна ца го-те Дала рицIкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къамана.
38ДIало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ некъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза − дика ду Делан юьхь езачаьрна. Уьш бу баккхибедар берш.
39Аша делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама − ца кхиа Далла гергахь. Аша делла долу закат Делан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ − уьш бу алссам ял хилларш.
40Дела ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицIкъ делларг − тIаккха шу долуьйтушверг‚ тIаккха шу дендолуьйтуш верг. Шун накъостех ву-й ша цунах хIума деш верг? Вонах цIена ву Иза‚ лакха вели цара накъост лацарх.

❖ Дакъа 5 ❖

41Боьханиг гучадели аренгахь а‚ хIоьрдан чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚ /Дала/ шаьш динчух цхьадерг Iовшийта мега /цаьрга/. Уьш бухабоьрзур бац-те /вониг дечух Далла тIе/?
42Ахьа ала: "Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачаьрийн тIаьхье. Царех дукхох берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла.
43Ахьа хIоттае хьан юьхь мехалчу дине шена Делера духатохар доцу /къемат/ де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалурбу.
44/Дин/ керста динарг − цуна шена ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарг − цара шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйо‚
45Иман диллинчаьра а‚ дика Iамалш йиначаьра а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цуна ца беза /Делах/ цатешарш.
46Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Iовшийтархьама Шен къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан дозаллах‚ аша баркалла эр дацара-те.
47Оха баийтира хьоьл хьалха а элчанаш шайн къамана тIе‚ уьш беара цаьрга билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тIехь хьакъ хилла муъма нахана гIо дар.
48Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо цунах кийсигаш хуьлуьйту. Хьуна го догIа схьадолуш цуьнан юккъехула. Цо иза кхиича Шен лех Шена луучаьрна − царна хазахета /догIа деъча/.
49Цул хьалха иза шайна тIе доссале уьш хиллехь а догдиллина.
50Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массон хIумана тIехь ницIкъ кхочуш берг ву.
51Оха баийтинехьара мох‚ тIаккха царна иза /лаьттахь схьадолуш дерг/ мажделла гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара цатешаш.
52Баккъалла а, ахьа хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахьа хозуьйтур дац къорачаьрга кхайкхар уьш бухабевдича.
53Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду беккъа Тхан аятех тешачаьрга шаьш /Далла/ мукIар а болуш.

❖ Дакъа 6 ❖

54Дела ву шу кхоьллина верг ледараллах‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа ницIкъ‚ тIаккха хилийтина ницIкъал тIаьхьа ледаралла а‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницIкъ кхочург а ву.
55Сахьт хIоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначаьра шаьш сахьтехь а ца лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш!
56Iилма а‚ иман а шайна деллачаьра элира: "Шу лаьттира Делан жайнан чохь дендаларан де даллалц. ХIара ду дендаларан де‚ делахь а шу ца хууш хили-кх".
57Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначаьрна шайн Iуьзарша‚ бехказа довлар а доьхур дац цаьрга.
58Оха далийна нахана хIокху КъурIанан чохь массо мисал. Хьо цаьрга веъча цхьана аятаца‚ эр ма ду цатешачаьра: "Шу ма дац /бакъдерг/ дIатилинарш а бен".
59Иштта мухIар туху Дала ца хуучаьрийн дегнашка.
60Ахьа собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначаьрна /собарах ма валалахь/.

Вернуться к списку сур
31.سُورَةُ لُقْمَانَ
Сурат ЛУКЪМАН • Лукъман(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ لُقْمَانَ

Сурат ЛУКЪМАН • Лукъман

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим.
2ХIорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду.
3Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечаьрна.
4Уьш бу шаьш ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ эхартах уьш тешаш бу.
5Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбуьйр берш.
6Нахах ву шегахь Iилма доцуш синкъераман хабар оьцуш верг Делан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш − царна сийсаздолу Iазап ду.
7Шена Тхан аяташ доьшуш кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахьа цунна кхаъ баккха лазош долчу Iазапца.
8Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш a − царна НаIим /ялсаманин/ бошмаш ю.
9Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваIда ю иза. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.
10Цо кхоьллира стигланаш цхьа а бIогIам боцуш‚ шуна гуш болу. Лаьттахула лаьмнаш кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а бежана. Оха доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь /лаьттахь/ хIора сийлахь шишша /орамат/.
11Иза Делан кхоллар ду. ХIинца аша Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚ зуламхой билгалчу тиларчохь бу-кх!

❖ Дакъа 2 ❖

12Оха /хьалха/ деллера Лукъманна хьекъал: "Далла шукр де. Шукр дечо − шена шукр деш ду. Керсталла деш верг− Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву".
13Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: "ХIай сан кIант‚ ахьа Делаца накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар − доккха зулам ду".
14Оха весет дина адамна шен деца-ненаца /дика хилар/: цуьнан нанас /кийрахь/ лелийна иза гIелъяларна тIе а гIелъяларца‚ цуьнан /ненах/ къастар − шина шарахь хилла. Шукр де Суна а‚ хьан дена-нанна а. Соьга ду хьан дIаверзар.
15Нагахь санна цу шиммо къахьегахь‚ ахьа Соьца накъост лацарна тIехь хьуна шеца Iилма доцучуьнца − тIаккха ахьа цу шингге ла ма догIалахь. Накъосталла де царна шиннена дуьненахь дикачу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьа ваза Суна тIевирзинчуьнан новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун дIадерзар. Аса дуьйцур ду шуна аша деш хилларг.
16"ХIай сан кIант‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кIоллан буьртигал я тархахь (чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я латтахь а − иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а, Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
17ХIай сан кIант‚ хIоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚ собар де хьайх хьакхаделлачун тIехь. Иза гIуллакхийн чIогIаллех ду.
18Хьан юьхь ма хеба е нахана‚ ма лела латтахула кура. Баккъалла а, Далла ца веза массо кура верг а‚ везаведарг а.
19Юкънеккъара де хьан болар‚ аз а лагIде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду".

❖ Дакъа 3 ❖

20Шуна ца го-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниIматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре жайна доцуш.
21Шайга элча: "ТIаьхьахIотта Дала доссинчунна"‚ цара эли: "ХIан-хIа‚ тхо тIаьхьахIутту тхуна шена тIехь тхан дай карийначунна". Я шайтIа хилчи цаьрга кхойкхуш жоьжахатин Iазапе?
22Шен юьхь Далла муьтIахь еш верг дика а хилла − цо схьалецна чIогIа уьйр‚ Деле ю гIуллакхийн тIаьхье.
23Керстаналла динарг − хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан дIадерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву дегнашкахь дерг.
24Оха пайда оьцуьйтур бу цаьрга цхьа кIеззиг тIаккха Оха бойтур бу уьш ирчачу Iазапе.
25Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Ахьа ала: "Хастам бу Далла". ХIаъ‚ царех дукхох берш хууш бац.
26Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела − Иза ву хьал долуш верг а‚ хастаме верг а.
27Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа хIоьрдана шел тIаьхьа ворхI хIоьрдо гIо а дича /шекъа а хилла/ − кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла а, Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
28Шу кхоллар а‚ шу духадендар а цхьа садаIар бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела хозушверг а ву‚ гушверг а ву.
29Хьуна ца го-те‚ Дала буьйса дийнан чу йохуьйту‚ де буьйсана чу дохуьйту‚ болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ массо а дIасхьалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц‚ и Дела аша дийриг дика хууш хилар а /ца го хьуна/?
30Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара Иза витина шега кхойкхург харцдерг хилар‚ Дела − Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/.

❖ Дакъа 4 ❖

31Хьуна ца го кема дIасхьалелар хIоьрдан чохь Делан ниIматаца‚ Цо шуьга гайтархьама Шен аятех /аяташ/. Баккъалла а, цу чохь аяташ ду массо а собаре волчунна а‚ шукр деш волчунна а.
32Шаьш толгIано хьулбича‚ рагIус санна‚ цара Деле кхойкху Цуна дин а цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарабаьхча − царех юкънеккъар верг а ву /керстаналлин а‚ иманан а юкъахь‚ керстаналлин тIехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керста дийр ма дац массо тешнабехк бечо а‚ /Делан ниIматашна/ инкарло е чо а бен.
33ХIай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ дас шен берах бекхам уьйцур боцчу‚ беро шен дегара а бекхам уьйцур боцчу цхьанне хIуманца. Баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Iеха ма дойла Делаца Iехадаларо.
34Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Iилма /къемат де дар хаар/‚ Цо доссадо догIа‚ Цуна хаьа беран цIа чохь дерг а. Сина ца хаьа‚ хIун гулдийр ду ша кхана‚ сина ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву /къайлахь дерг‚ гучахь дерг санна/ девзаш верг а ву.

Вернуться к списку сур
32.سُورَةُ ٱلسَّجْدَةِ
Сурат АС-СУЖДА • Сужда дар(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلسَّجْدَةِ

Сурат АС-СУЖДА • Сужда дар

❖ Дакъа 1 ❖

1Алиф-лам-мим.
2Жайна охьадоссор /ду хIара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Iаламийн Дегара.
3Я цара олу: "Цо /Мухьаммада/ кхоьллина /харцдерг/ ду иза?" ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара ахьа къаман кхерам тасархьама‚ хьоьл хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хIуттур бацара-те?
4Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iаршан тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а /доттагIа/‚ цхьа а гIодаккхархо а‚ шу ца кхета-те?
5Омра дIасадоькъу Цо стиглара лаьттан тIе‚ тIаккха иза /омра/ Цуьнан тIе айло дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аша дагардечу кепара.
6Иза ву къайлахьдерг а‚ гучахьдерг а хууш верг а‚ веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/.
7Иза ву Ша мел кхоьллинарг хаза динарг. Адам кхолла волавелла Иза поппарах.
8ТIаккха цуьнан тIаьхье хилийтира Цо гIаддайначу хинан тIадамах (ораллах).
9ТIаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аша шукур дийриг.
10Цара элира: "Тхо дайча лаьттахь‚ тхо керлачу кхолларехь хир ду-й‚ /духа дендийр ду-й/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керста хили.
11Ахьа ала: "Долуьйтур ду шу даларан малико‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе шу дIадерзор ду.

❖ Дакъа 2 ❖

12Хьуна гуш балхьара и къинош динарш шайн кортош охьатаIина шайн Кхиош-кхобучун хьалха /олуш/: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ духадерзадехь тхо /дуьненан чу/ − дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца/ тешна ду".
13Тхуна лиънехьара Оха лур бара хIора сине шен нийса некъ‚ делахь а бакъ хили-кх Соьгара дош: "Юзанне е юзур ма ю Аса жоьжахати жинех а нахах массарех".
14Iовша /Iазап/ хIокху шайн денца цхьаьнакхетар аша дицдарна. Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь.
15Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех шайна уьш хьехийча суждане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш.
16Церан агIонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа ло цара.
17Ца хаьа сина‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарех шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал.
18Ткъа муъма хилларг ву песакх хиллачух тера? Нис ца ло уьш.
19Ткъа иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш a − царна бошмаш ю чугIойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамал бахьанехь.
20Ткъа песакх хилларш а − церан чугIойла цIе ю. Царна цу чуьра арабала мел лии − цу чу бухаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: "Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу".
21Оха Iовшанне а Iовшийтур ма ду цаьрга дайа Iазап‚ /эхартан/ доккха Iазапал хьалха бухабаьрбацара-те уьш /къиношдечух/.
22Ткъа мила ву зуламе шен Кхиош-кхобучун аяташ шена хьехадеш тIаккха царех дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначарех бекхам /чIир/ оьцур берш ма ду.

❖ Дакъа 3 ❖

23Оха деллера Мусага жайна − хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца цхьанакхетарна. Оха хилийтира цунах /Товратах/ нийса некъ Исраилан кIенташна.
24Оха хилийтира царна юкъахь имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омраца‚ шаьш собаре хиллачул тIаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех тешаш.
25Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь.
26Ткъа Оха царел хьалха мел хIаллак йинчу тIаьхьенаша а нис ца бо-те уьш /бакъдолчунна тIе/? Уьш лелаш ма бу церан гIишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Цара ла ца дугIу-те?
27Царна ца го-те Оха лохку хи /дакъаделла/ этIачу лаьттана тIе‚ цуьнца ялта арадолуьйту − цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?
28Цара /дин харцдечара/ олу: "Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тIехь/ шу бакълуьйш делахь?"
29Ахьа ала: "Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачаьрна церан имано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац" /тоба дан/.
30ДIаверза царех‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iаш.

Вернуться к списку сур
33.سُورَةُ ٱلْأَحْزَابِ
Сурат АЛЬ-АХЬЗАБ • Тобанаш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْأَحْزَابِ

Сурат АЛЬ-АХЬЗАБ • Тобанаш

❖ Дакъа 1 ❖

1ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукаме верг а.
2Хьо тIаьхьахIотта хьайга вехьешца хьан Кхиош-кхобучуьнгара деъначунна. Баккъалла а, Дела хили аша дийриг сов дика хууш.
3Ахьа таваккал де Далла− кхачо хили Делаца векал.
4Ца дина Дала цхьанне стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аша шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болу‚ шун наной‚ аша долабаьхина берийх шуна кIентий ца бина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу некъа.
5Шайн дайшка дIакхайкхауьш − иза ду мелхо нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь − шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалат деллачун‚ аша дагалаьцначун бен. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
6Пайхамар тамеву муъма нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вакхарел таме бу Делан жайнахь муъма нахал‚ хIижар дихкинчарел‚ аша шайн доттагIашна диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дIаязделла.
7Оха схьаийцира пайхамарашкара чIагIам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кIантера Iисагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа чIагIам.
8Цо /Дала/ бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап.

❖ Дакъа 2 ❖

9ХIай иман диллинарш! Аша дагадайта Делан ниIмат шайн долу − шуна деара эскар − Оха бахийтира царна тIе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аша дийриг гушверг.
10Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а − бIаьргаш хьен тIе баьлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна моттайолаелира Делах лаьцна цхьацца /нийса йоцу/ моттаргIонаш.
11Цигахь зийра муъма нах‚ чIогIа мохк а бегийра.
12/Ахьа дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчаьра а элира: "Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац".
13/Ахьа хьахаде/: царех цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибанбахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ духадерза". Царех кхин йолу тоба пайхамаре пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош десса ду". Десса ма дац уьш − царна луург бовдар ду-кх /тIамтIера/.
14Царна чубаьхкича цуьнан /гIалин/ йисташкахула‚ тIаккха цаьрга питнадийхича − и лур ма дар хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна.
15Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIамтIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш.
16Ахьа ала: "Пайда бийр бац шуна довдаро‚ шу довдарах даларх‚ я дайарх кIеззиг бен бахам хир бац шуна".
17Ахьа ала: "Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг Цуна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цуна шуна цхьа къинхетам лихча. Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а".
18Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: "Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!" Цхьа къеззиг бен ца беара цара ницIкъ.
19Шуна бIаьрмециг хуьлуш. Кхерам беъча хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш валан шен дог вон хилларг санна. Кхерам дIабаьлча шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш иман диллина бац хьуна‚ Дала яйана хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта.
20Царна метта и тобанашдIа ца яхна. И тобанаш еъча царна лаьа Iаьрбийн юккъехь дIасхьалеларшхила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а кIеззиг бен тIом бира бацара цара.

❖ Дакъа 3 ❖

21Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза мисал /шух/ Делах а‚ ТIаьхьарчу дийнах а кхоьруш волчунна а‚ дуккха Дела хьехош волчунна а.
22Муъма нахана и тобанаш гича‚ элира: "ХIара ю Далла а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда‚ бакълина Дела а‚ цуьнан элча а". /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху иманца а‚ муьтIахь хиларца а бен.
23Муъма нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царех шен Iожалла кхочуш хилларг /велларг/ а ву‚ царех хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн ваIдин/.
24Дала ял ялархьама бакълийначаьрна шайн бакълерца‚ Iазап дийр ду мунепикъашна Шен лаахь‚ я гечдийр ду царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
25Дала бухаберзира ца тешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикачух. Кхачо хилийтира Дала муъма нахана тIамах. Хили Дела нуьцIкъала верг а‚ веза верг а.
26/Дала/ охьабоссира жайнан дайх царна гIо дина хилларш шайн чIагIонашкара‚ Цо кхоьссира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аша бойу‚ цхьаберш аша йийсаре лоьцу.
27Цо ирсана шуна делира церан лаьтта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ аша хьешна доцу лаьтта а. Хили Дела массо хIуманна тIехь ницIкъ болуш.

❖ Дакъа 4 ❖

28ХIай пайхамар! Ахьа ала хьан зударшка: "Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла − аса бахам лур бу шуна‚ хазачу кепара паргIат дохур ду шу.
29Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а /ялсамане/ − Дала кечйина шух дикачаьрна йоккха ял.
30ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна − шозза алсам хир ду цуна Iазап. Хили иза Далла атта.
31Шух Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг − цуна ял лур ю Оха шозза. Оха цуна кечдина сийлахь рицIкъ.
32ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьаннега тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/ − тIаккха шен дагчохь цамгар ерг тIе хьийзар ву‚ аша ала дика дош.
33Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кеч баларца. Ламаз а хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а цIандарца.
34Дагадайта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат а. Баккъалла а, Дела хили тIекаре верг а‚ сов дика хууш верг а.

❖ Дакъа 5 ❖

35Баккъалла а, бусулба божарий а‚ бусулба зударий а‚ муъма божарий а‚ муъма зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха лоцу божарий а‚ марха лоцу зударий а‚ шен эхье йолу меттигаш ларош болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха Дела хьехош волу божарий а‚ зударий a − кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.
36Яц муъма стагана‚ я муъма зудчунна Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх кхочушдича шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжан бакъо. Далла а‚ Цуьнан элчана а Iесалла еш верг тилавелла билгалчу тиларца.
37/Хьажал/ ахьа ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга: "Хьайгахь кхаба хьан зуда‚ Делах кхера!" Ахьа хьулдийра хьайгахь Дала гучадоккхуш дерг. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялира муъма нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хIоьттинчу кIентийн зударий бало цара шайн царца долу гIуллакх чекхдаькхича /шарIехь уьш битича/. Хили Делан гIуллакх дина даьлла.
38Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь − Делан Iадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочуш хилла.
39Ишттанаш бу уьш /хьалха баханарш/ шаьш Делан элчаналла кхочуш дина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучех цхьаннех ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг.
40Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьанне а да‚ делахь а Делан элча а‚ пайхамарийн мухIар а ду иза. Хили Дела массо хIума хууш верг.

❖ Дакъа 6 ❖

41ХIай иман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца.
42Тасбахь де Цуна Iуьйранна а‚ суьйранна а.
43Иза ву шух къинхетамбеш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъма нахах къинхетамбеш верг.
44Церан маршал Цуьнца цхьанакхитинчу дийнахь − салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял.
45ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаъанча хилла‚ кхерамча хилла.
46Деле кхойкхуш верг а хилла Цуьнан пурбанца‚ нуре чиркх а хилла /вахийтина хьо/.
47Ахьа кхаъ баккха муъма нахана царна Делера доккха дозалла ду‚ аьлла.
48МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачаьрна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш. Далла тIе товжа. Кхачо хили Делаца векал.
49ХIай иман диллинарш! Аша муъма зударий балийча‚ тIаккха уьш битича шу царех хьакхадалале шуна царна тIехь цхьа Iиддадац аша тергал дан дезаш. Ло цаьрна шайн пайда эццал хIума‚ хазачу кепара бита уьш.
50ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахьа шайна махбелла болу‚ хьан аьтту куьйга дола динаршхьуна Дала хIонсана беллачарех‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъма зуда а‚ цо ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза ялон а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай пайхамар/ хуьлуш кхин муъма нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола диначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
51Ахьа тIаьхьатоттур ю хьайна луург царех; хьайна тIелоцур ю хьайна луург‚ хьайна езахь айхьа юьстах яьккхиначарех − къа дац хьуна. Иза мелхо герга ду церан бIаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме ма хуьлийла‚ уьш реза хуьлийла ахьа шайна деллачунах − уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ эсала верг а.
52Хьанал бац хьуна зударий царел сов а‚ уьш хийцабар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго дола дина боцурш. Хили Дела массо хIуманна тIехь тергал деш верг.

❖ Дакъа 7 ❖

53ХIай иман диллинарш! Пайхамаран цIеношка чу ма гIолаша шайна пурба делчи бен кхача баа и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iаш. Мухха делахь шайга кхийкхича − чу гIо‚ шаьш хIума йиъча дIасхьадаржа‚ хабарна юкъа а ца гIош. Баккъалла а, шун иштта хилара пайхамарна новкъарло йо‚ цуна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аша цаьрга /элчан зударшка/ цхьа хIума ехахь‚ аша еха и цаьрга кирхьана юккъехула. Иза мелхо цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчана новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цIеллигацIа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь доккханиг.
54Аша гучадаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и − баккъалла а, Дела хили массо хIума хууш верг.
55Къа дац царна /зударшна‚ шайн юьхь гайта/ шайн дайшкахь‚ шайн кIенташкахь‚ шайн вежаршкахь‚ шайн вежарийн кIенташкахь‚ шайн йижарийн кIенташкахь‚ шайн /хьалхахь болчу/ зударшкахь‚ шайн аьтту куьйгаша дола диначаьргахь. Делах кхералаш /шу зударий − хийрачу божаршна гучабаларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо хIуманна тIехь теш.
56Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салотдуьллу пайхамарна. ХIай иман диллинарш! Аша дилла цуна салот‚ салам ло маршаллица.
57Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьтуш берш − Дала неIалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсазаллин Iазап.
58Муъма нахана а‚ муъма зударшна а халахоьтуьйтуш берш цара ца динчуьнца цара дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а.

❖ Дакъа 8 ❖

59ХIай пайхамар! Ала хьан зударшка а‚ хьан мехкаршка а‚ муъма нехан зударшка а шайна тIе шайн оба /паранжа‚ парду/ узийла цара. Иза мелхо герга ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар ца дарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
60Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе. ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр ма бац кIеззиг бен.
61Шайна неIалт хилларш. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца.
62Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор бац Делан суннатана хийцам.
63Хьоьга хоьтту наха сахьтахлаьцна. Ахьа ала: "Цуьнан Iилма Далла гергахь ду". Стено хоуьйту хьоьга? − и сахьт-м герга хилла а мега.
64Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачаьрна‚ Цо кечйина царна жоьжахате.
65Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац вали а‚ гIоьнча а.
66Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош цара эр ма ду: "Вай хилла хиллехьара Далла муьтIахь‚ элчана муьтIахь!"
67Цара элира: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тили тхуна некъ.
68Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна".

❖ Дакъа 9 ❖

69ХIай иман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарех тера. Дала цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг.
70ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш.
71Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг − цо баьккхина боккха толам.
72Оха хьалха диллира закъалт стигланашна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а − уьш дуьхьал хилира и дахьан‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадихьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а.
73Дала Iазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчубожаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала гечдархьама муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

Вернуться к списку сур
34.سُورَةُ سَبَإٍ
Сурат САБАЪ • Саба къам(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ سَبَإٍ

Сурат САБАЪ • Саба къам

❖ Дакъа 1 ❖

1Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьукаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
2Цуна хаьа лаьттан чу гIош дерг а‚ цунах схьа долуш дерг а‚ стиглара охьадогIуш дерг а‚ цига ирх долуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву.
3Ца тешачаьра элира: "Сахьт вайна догIур а дац". Ахьа ала: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнах дуй боу аса‚ къайлах дерг хууш волчу: догIур долуш ду иза шуна". Цунах /Делах/ къайладер дац мискъала зарратал хIума стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайнан чохь долуш а бен.
4Иман диллинчаьрна‚ дика Iамалш йиначаьрна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицIкъ а дерш.
5Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ − царна Iазап ду лазош долчу таIзарех.
6Шайна Iилма деллачаьрнахаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу везза волчун‚ хастаме волчун /Делан/ новкъа.
7Цатешначаьра элира: "Оха нисдой шу цхьана стагана тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу массо кийсагана декъаделча шу керлачу кхолларчохь хир ду /духа дендийр ду/‚ бохуш?
8Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду". ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапан чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу.
9Царна ца го-те шайна хьалхахь а, тIехьахь а дерг, стиглара а‚ лаьттара а? Тхуна лууш хиллехьара Оха лаьтте худийтар бара уьш‚ я стиглара кийсагаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша воьрзуш волчу /Деле тоба дарца/ лена.
10Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат‚ /элира/: "ХIай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш". Оха кIаддийра цуна эчиг:
11"ГIаьгIнаш е‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аша дийриг гуш ву".
12Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а буттболуш. Оха ирабира цуна цIестан хьоста. Жинех ду шаьш цуна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царех Тхан омрах дIатилначаьрна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах.
13Цара еш цуна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш черманаш санна‚ чIогIа яйнаш а. Хам бе‚ Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лайх хам беш берш.
14Оха цуна /Сулейманна/ Iожалла тIехIоттича цуна валаран тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза охьавоьжча билгалделира жинашна шайна къайле хууш хиллехьара лаьттар ца хилар шаьш сийсазаллин Iазапехь.
15Хилира сабаашнашайн гIишлошкахь делил: ши беш аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицъкех‚ хам бе Цуна! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/.
16Юьстах белира уьш /Далла хам барна/‚ Оха доссира царна тIе дуккха Iовраш‚ церан шина бешан меттана хилийтира ши беш къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслиха‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидреха йолуш.
17Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой ца тешачаьрна а бен?
18Царна юкъахь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу яртийн юкъахь Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: "Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а кхерам боцуш!"
19Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар". Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царех /нахана/ дийцарш‚ хедийра уьш массо а кийсаг хилла. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо собаре волчунна а‚ хам бечунна а.
20Иблисо бакъ дайтара цаьрга шена моттар‚ уьш цуна тIаьхьахIоьттира муъма нахах цхьа тоба йоцург.
21Ма яцара цуна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачех. Хьан Кхиош-кхобург массо а хIуманна лардархо ву.

❖ Дакъа 3 ❖

22Ахьа ала: "Кхайкха шайна Дела витина /делий бу/ метташ хиллачаьрга". Цара дола ма ца до мискъала заррат /хIуманна/ стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна цу шиннан чохь цхьа а накъосталла‚ ма вац Цуна царех цхьа а гIоьнча.
23Пайда бийр бац гIо даккхароЦуьнан гергахь Цо шена пурба деллачун бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира: "ХIун элира шун Кхиош-кхобучо?" Цара /вовшашка/ элира: "Бакъдерг. Иза лекха а‚ воккха а верг ву".
24Ахьа ала: "Мила ву шуна рицIкъ луш верг стигланашкара а‚ латтара а?" Ахьа ала: "Дела ву". Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тиларан чохь ду".
25Ахьа ала: "Шуга хоттур дац оха къа дарна‚ тхоьга хоттур дац аша деш долчух".
26Ахьа ала: "Гулдийр ду вай вайн Кхиош-кхобучо тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву".
27Ахьа ала: "Аша гайта суна шаьш Цунах кхиина накъостий". ХIан-хIа! Иза − Дела ву‚ ша везза волу‚ ша хьукаме волу.
28Оха ваийтина ма вац хьо массо нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.
29Цара олу: "Маца /кхочуш/ хир ду и ваIда шу бакълуьйш делахь?"
30Ахьа ала: "Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тIаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалха довлур а дац".

❖ Дакъа 4 ❖

31Ца тешначаьра элира: "Тешанне а тешар ма дац тхо хIоккху КъурIанах а‚ цул хьалха хиллачух а". Хьуна гуш балхьара и зуламхой шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIоттина‚ царех цхьаберш вакхарга дош духадерзадеш‚ шаьш заьIип хиллачаьра куралла еш хиллачаьрга олуш: "Шу ца хиллехьара тхоьх муъма нах хилла хир ма бара".
32Шаьш куралла еш хиллачаьра элира заьIип хиллачаьрга: "Оха дIатилира шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш".
33Шаьш заьIип хиллачаьра элира куралла еш хилачаьрга: "ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонаца аша тхуна омра ма дора тхо Делах ца тешар‚ Оха Цуьнца кхин нисвар". Цара хьулдийра дохкобовлар шайна Iазап гича. Оха буржолаш туьйхира ца тешаш хиллачаьрийн лагийх. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир бу-й царна?
34Оха ца ваийтира юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан /юьртан/ хьалдолчаьра олуш бен: "Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчун /ца тешаш/ керста ду-кх".
35Цара элира: "Тхо мелхо алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр дац".
36Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо рицIкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа.

❖ Дакъа 5 ❖

37Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг) гергадалорца − ша иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза ял ерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь кхерам боцуш.
38Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш /уьш/ ледара дан гIерташ − Iазапан чу хIоттор ма бу.
39Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо даржадо /шорта/ рицIкъ Шен луучунна Шен лех‚ Цо цуна барам а бо". Аша хIуманах сагIина елларг Цо меттахIоттор ю. Иза рицIкъ лучарех уггар диканиг ву.
40Цу дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге‚ тIаккха эр ду маликашка: "ХIорш бу и шуна Iибадат деш хилларш?"
41Цара элира: "Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира жинашна Iибадат деш‚ царех дукхох берш царна иман диллина бу".
42Тахана шух цхьаболчаьрийн долахь бац вакхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна цIеран Iазап аша ша харцдеш хилла долу".
43Шайна тIехь Тхан къесташ долу аяташ доьшуш цара элира: "ХIара ма вац шу шун дай шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен". Цара элира /юха а/: "Ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/". Ца тешначаьра бакъдолчунна и шайга деъча элира: "ХIара деккъа къеггина бозбуанчалла ду-кх".
44Оха ца делла цаьрга /Iарбашка/ цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца ваийтина цаьрга хьоьл хьалха цхьа а кхерамча.
45Харцдира царел хьалха хиллачаьра а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Iазап)?

❖ Дакъа 6 ❖

46Ахьа ала: "Аса хьоьху шуна цхьа хIума: шу хIоттар Далла хьалаха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аша ойла яр: шун накъостма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/".
47Ахьа ала: "Аса ца бехна шуга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Дела тIехь бен бац. Иза массо хIуманна тIехь теш ма ву".
48Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо кхуссу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза".
49Ахьа ала: "Деъна бакъдерг. Гучадер дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац".
50Ахьа ала: "Со тилвеллехь − со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь − Сан Кхиош-кхобучо сайга деллачу вехьеца /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ гергахь верг а ву".
51Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу меттигера.
52Цара элира: "Оха иман диллина цунах". Мичара ду царна /иманах/ кхиар генарчу меттигера?
53Цара керста дина иза хьалха. Цара дIатосура къайлахьдерг генарчу меттигера. (Цара бакъ ца лорур шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а, юхадендарах а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш).
54Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарех хьалха дина ма хилла. Баккъалла а, уьш хилира кегари хиллачу шеконехь.

Вернуться к списку сур
35.سُورَةُ فَاطِرٍ
Сурат ФАТIИР • Кхоллархо(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ فَاطِرٍ

Сурат ФАТIИР • Кхоллархо

❖ Дакъа 1 ❖

1Хастам бу Далла − стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо сов доккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ берг ву.
2Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна − вац цуна дIакъовлархо. Цо дIакъевлинчуна − вац цуна дIахуьйцург Цул тIаьхьа. Иза сийлахь-везза верг а‚ хьукаме верг а ву.
3ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилладолу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицIкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадина-кх шу!
4Хьо цара харцвахь − хьоьл хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш.
5ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда − хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо.
6Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе.
7Цатешнарш − царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а − царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!

❖ Дакъа 2 ❖

8Ткъа ву-те шен Iамалах вониг шена хазйинарг‚ тIаккъа иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тила вала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг.
9Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дIалехкира беллачу махка − цуьнца /догIица/ латта дендийра иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ духадендар.
10Мила хиллехь сий дезаш − Делан ду сий дерриге а. Цуьнан тIе хьала айло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш − царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло − иза эрна ю.
11Дела ву Ша шу кхоьллинарг лаьттах‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайнан чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду.
12Цхьанисса бац /хIара/ ши хIоьрд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа − дуьра туха ду. ХIораммех аша дуу керла жижиг‚ аша /цара чуьра/ схьайоху мехала маржанаш‚ аша уьш тIеюху. Хьуна го кема цара чухула кхерсташ аша лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аша хам бийр бацара-те.
13Цо йохуьйту буьйса дийнан чу‚ де буьйсана чу‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасхьа лелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аша Иза а витина шайга кхойкхучаьрийн долахь ма дац цуьрриг а.
14Аша цаьрга кхийкхича а‚ царна ца хозу шун кхайкхар‚ хезча а − цара шуна жоп ца ло‚ къемат дийнахь цара керста дийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац Ша сов хуучу /Цо/ санна.

❖ Дакъа 3 ❖

15ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле. Дела − Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а.
16Шена лаахь шу дIадахийтина керла халкъ далор ду Цо.
17Иза Далла /хIумма/ хала дац.
18Хьур бац хьочо кхечун мохь. /Къих/ дуьзна сино дийхича а шен /мохь/ бахьар‚ хIумма цунах хьур бац /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахьа хьехам бе /кхерам таса/ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчаьрна И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттинчаьрна. ЦIанвелларг − иза шена цIанло. Деле ду дIадахар.
19Цхьанисса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚
20Боданаш а‚ нур а‚
21IиндагIа а‚ йовхо а‚
22Цхьанисса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтург долуш кешнийн чохь волчуьнга.
23Хьо веккъа кхерамча ву.
24Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла шена юкъахь кхерамча ваьхна бен.
25Цара хьо харцвахь‚ царел хьалха хиллачаьра а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ язонашца а‚ нуре долчу жайнаца а.
26ТIаккха Аса схьалецира ца тешнарш. Муха хилира Сан Iазап?

❖ Дакъа 4 ❖

27Хьуна хаьий Дала доссина хилар стиглара хи‚ Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш кIайн а‚ цIе а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржа дерш а.
28Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лех Iелам нах. Баккъалла а, Дела ву везза верг а‚ гечдеш верг а.
29Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хIоттинарш‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа делларш къайлах а‚ гучахь а − уьш дог дохуш бу хIаллак хир йоцчу йохк-эцаре /ялсамане/،
30/Уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ шукаре верг а.
31Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву.
32ТIаккха Оха жайна /КъурIан/ делира ирсана Тхан лех Оха хаьржинчаьрна. Царех шена зулам дийриг а ву /цу КъурIанца Iамал ца еш/‚ царех барамехь /Iамал еш/ верг а ву‚ царех Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. ХIара − иза ду доккха ниIмат.
33Iаднубошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгийх/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гIоз‚церан духар цу чохь хир ду дари.
34Цара эр ду: "Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ шукаре верг а ву.
35Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа /ялсамани/ Шен ниIматах‚ тхоьх ца хьакхало цу чохь хало‚ тхоьх ца хьакхало цу чохь кIаддалар.
36Ца тешнарш − царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш‚ айдийр дац церан тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIора цатешачунна.
37Цара кхуьйкхур ду цу чохь: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ ара дахахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра тхаш йина хилларг а йоцуш!" Оха даха ца дитира шу /дуьненахь/‚ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.

❖ Дакъа 5 ❖

38Баккъалла а, Дела ву стигланийн а‚ латтан а къайлахьдерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а.
39Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина. Милла велахь керста ваьлла − цуна шена ду цуьнан керстаналла. Сов бохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-кхобучун гергахь оьгIазаллица бен. Сов бохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен.
40Ахьа ала: "Хьовсал шайн накъосташка‚ аша шайга кхойкхуш болчу Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна накъосталла ду стигланашкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонаш тIахь а болуш? ХIаъ‚ зуламхоша − цхьаболчара вакхарна еш йолу ваIда Iехор бен ма яц.
41Баккъалла а, Дала лоцуьйтуш ю стигланаш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча лоцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза ву тIех кхетаме верг а‚ гечдийриг а.
42Цара /Маккара керстанаша/ дуй биира Делаца инзаре чIогIа дуй шайга кхерамчавагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамчавеъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динан/ генабаларца бен‚
43Лаьттахь курабаларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIлах бен. Хьоьжур бу-й уьш хьалхалерчийн Iадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечун тIе/.
44Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачьрийн тIаьхье? Уьш ма бара хIоккхарел вуно чIогIа ницIкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанно хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницIкъберг а.
45Дала нах луьйцушбелхьара цара дийначуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а тIехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча − /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжна/. Баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг.

Вернуться к списку сур
36.سُورَةُ يٰسٓ
Сурат ЙА-СИН(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ يٰسٓ

Сурат ЙА-СИН

❖ Дакъа 1 ❖

1Я син.
2Ша хьикмате долчу КъурIанах дуй боу Аса:
3Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтанчаьрех
4Нисчу новкъахь.
5Ша везза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссина ду иза /КъурIан/،
6Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла − уьш гIапал хилла /Делан дин ца девзаш/.
7Царех дукхах болчаьрна тIехь дошбакъхилла − цара /ахь деъначуьнга/ иман дуьллур дац.
8Церан логех Оха буржолаш тоьхна‚ уьш чIенгийх кхаьчча − церан кортош ирх айабелла.
9Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргийн хьалха кирхьа диллина Оха − уьш гуш ма бац.
10Царна цхьатерра ду: ахьа хьехам бича а‚ ца бича а − уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/.
11Баккъалла а, ахьа хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух /Делах/ кхоьруш волчунна. Ахьа цуьнга кхаъ баккха: цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а.
12Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIа яз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а /дахийтинарг а/‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо хIума дIанис ма дина‚ Оха билгалчу жайнанчохь.

❖ Дакъа 2 ❖

13Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш.
14Оха вахийтинера цаьрга шиъ − цара уьш шиа харцбира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду".
15Цара /юьртан наха/ элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанне хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу − шу харц луьйш ма ду".
16Цара /элчанаша/ элира: "Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла.
17Тхан тIехь-м дац билгала дерг дIакхачор бен"
18Цара /юьртан наха/ элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ду шу".
19Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аша тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам /дуккха кIорга дахна шу къинош дарехь/".
20ГIалин йистера ведда цхьа цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна.
21ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчаьрна − уьш нисчу новкъахь ма бу.
22Аса хIунда ца до Iибадат суо кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?
23Иза вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа аса? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьаравоккхур ма вацара /Делан Iазапах/.
24Гуш-лаьтташ тиларчохь хир ма вара со тIаккха.
25Баккъалла а, аса иман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга соьга ладогIа..."
26/Маликаша/ элира: "Ялсамане чу гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх
27Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахьболчарех хилийтар а".
28Цул тIаьхьа цуьнан къоманна тIе стиглара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьтуш ца хилира Тхо.
29Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира − уьш /чим хилла/ дIатийна бисира.
30Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веъна-кх цаьрга И цара сийсаза веш бен.
31Царна ца го-техьа: мел дукха нах хIаллак бина Оха царел хьалха‚ уьш царна тIе бухабоьрзур ма бац.
32Массо а цхьана Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу.

❖ Дакъа 3 ❖

33Билгала делил ма ду-й царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цуьнах Оха буьртигаш а дехна − царех цара кхача боу.
34Цуьнан тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттина. Цуьнах Оха шовданаш а дехна −
35Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта − церан куьйгаша ца дина иза. Цара баркалла хIунда ца олу?
36Вонах цIена ву и Дела‚ Ша массо хIума боьрша а‚ сте а‚ кхоьллина волу: лаьттан тIехь схьадолуш дерг а‚ шу шаьш а‚ шуна ца хуург а.
37Билгала делил ду царна буьйса: цунах де доккху Оха‚ уьш боданехь буьсуш.
38Малх а дIалела шена хIоттинчу меттиге − Ша везза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза.
39Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь− дIабоьрзуш хурманан ширчу гах тарлой.
40Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу − массо а шен-шен меттехь нека деш ю.
41Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу кема тIехь лелийна хилар.
42Цуьнах тера кхоьллира Оха царна уьш тIе хаа хIуманаш а.
43Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ − ма хир дацара царна гIо‚ ма кIелхьарабохур бацара уьш
44Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен.
45Цаьрга аьлча: "Шу кхералаш шун хьалха хиллачух а‚ шун тIаьхьа хирдолчух а − шух къинхетам бан там бара" /уьш дIабоьрзу/.
46Делан билгалох цхьа а делил ца деъна‚ уьш цуьнах дIабоьрзуш а бен.
47Цаьрга аьлча: "Аша сагIа ло Дала шайна деллачу рицIкъах" ца тешачаьра олу иман диллинчаьрга: "Оха хIунда кхобу уьш? Дала Шена лаахь Ша кхобур бу‚ гуш-лаьтташ тилар чохь ду-кх шу".
48/ТIаккха/ цара олу: "Маца хир ду иза аша дуьйцург шу бакълуьйш хиллехь?"
49Хьоьжуш лаьттар бац уьш − беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоьцур бу уьш шаьш лаьтташехь къуьйсуш.
50Весет дан а ницIкъ кхочур бац царна‚ шайн нахана тIе бухабоьрзур а бац уьш.

❖ Дакъа 4 ❖

51Сурлокхур ю − уьш кешнашкара шайн Кхиош-кхобучунна тIе сихлур бу.
52Цара эр ма ду: "Ма боккха бала беъна вайна! Хьан гIовтина-те вай‚ дийшина Iохкучуьра?! /Маликаша я муъма наха эр ду/: "ХIара ду шуна Къинхетам болчохир ду аьлларг. Бакъ луьйш хилла элчанаш".
53Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла − уьш берриг Тхуна хьалха дIахIиттина /хир бу/.
54Тахана сина цхьанне хIуманца зулам дийр ма дац‚ аша йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац.
55Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу.
56Уьш а ‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна тIетевжина лаьттар ма бу.
57Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю.
58"Салам!" − олуш маршалла хир ду къинхетам болчу Кхиош-кхобучуьнгара.
59Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!
60Аса шуьга ца аьллера ткъа: "ХIай Адаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш − иза шуна билгала а мостагIа ма ду?
61Суна Iибадат дейша − хIара бу нийса некъ!"
62Шух йоккха тоба тилина даьлла и! − Шу ца хуьлу-кх хьекъале?
63ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна‚ аьлла‚ хьехинарг!
64Iовша цуьнан йовхо тахана− шаьш цатешаш хиларна!
65Тахана Оха церан багенашна мухIар тухур ма ду‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ когаша тешалла дийр ма ду‚ дерриге цара /дуьненахь/ деш хиллачунна.
66Тхуна лиънехьара бIаьрса дехьна буьтур бара уьш‚ новкъах тилла бисинчу царна мичара гур дара?
67Я Тхуна лиъна хиллехьара шайн меттигехь куьцаш хуьйцура ма дара церан − дIабахалур ма бацара уьш‚ буха а боьрзур ма бацара уьш.

❖ Дакъа 5 ❖

68Оха ваха витинарг кхолламах вухаверзавоцара ойла ца йо-те?
69Ца Iамийна Оха цуна /Мухьаммад пайхамарна/ иллеш − и дан цо там ма бацара: из хьехам а, /хIумнаш/ билгал доху КъурIан а ма ду،
70Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначаьрна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта.
71Царна ца го-техьа Оха шайна Тхан куьйгашца дехний кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина?
72Оха уьш царна муьтIахь хилийтина: царех уьш тIехуьйшурш а ду‚ царех цара доу.
73Царна царех пайданаш а‚ маларш а ду − баркалла хIунда ца олу цара?
74АллахI а витина кхин делий лаьцна − шайна гIо хир ду моьттуш.
75Хир дац царна цаьргахула гIо − ма бу уьш царна дIахIоттина бIо.
76Церан дашо сингаттаме ма войла хьо − Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а.
77Стагана ца го-те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах? − билгала мостагI хили-кх цунах.
78Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: "Хьан ден йийр ю даьIахкаш уьш яхкаелча?"
79Ахьа ала: "Денйийр ю уьш шаьш дуьххьала кхоьллинчо − Иза массо хIума кхолла Ша хууш ма ву.
80Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ − аша цунах лата а еш".
81Ткъа стигланаш а‚ латта а ша кхоллинчун ницIкъ ца кхочу‚ и саннарг юха кхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш кхоллархо ма ву!
82Цуьнан гIуллакх ду Шена цхьа хIума лиъча"Хила!" алар − иза хуьлу.
83Вонах цIена ву И /Дела/‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена дIадерзор долу.

Вернуться к списку сур
37.سُورَةُ ٱلصَّافَّاتِ
Сурат АС-САФФАТ • МогIаршкахь лаьттарш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلصَّافَّاتِ

Сурат АС-САФФАТ • МогIаршкахь лаьттарш

❖ Дакъа 1 ❖

1/Аса дуй боу/ могIаршкахь лаьттачарехмогIарца.
2/Аса дуй боу/ лохкучарехлахкарца.
3/Аса дуй боу/ доьшучареххьехам.
4Баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву.
5Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да волу‚ малхбалийн а Да волу.
6Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица.
7Iалашдарца а массо карзах даьллачу шайтIанах.
8Цара ладогIур дац Лакхарчу Кхеташоне‚ духатухур ду массо агIорхьара
9Генадаккхарца‚ царна гуттарена долу Iазап ду.
10Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ цуна тIаьхьакхуьу /стиглара/ охьабужу цIе туху седа.
11Ахьа хаттал цаьрга: "Уьш бу вуно чIогIа кхолла‚ я Оха кхоьллинарг ду? Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш /церан бух − Адам/ леташ болчу поппарах.
12ХIаъ‚ цецваьлла хьо? Уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/.
13Шайна /КъурIанца/ кхерам тесчи а, цара тидам ца бо.
14Шайна делил гичи а тIех ца бешаш хуьлу.
15Цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла а бен дац.
16Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча вай духадендийр ду?
17Я вайн хьалхалера дай?"
18Ахьа ала: "ХIаъ‚ шу кIелдуьсур ма ду".
19Иза-м цхьа азбен дац − уьш хьоьжуш хир бу.
20Шаьш олуш: "Ма бала бу вайна! ХIара ду-кх и бекхаман де".
21"ХIара ду-кх и къастаран де‚ аша ша харцдеш хилла долу". (Эр ду цаьрга маликаша бехк боккхуш).

❖ Дакъа 2 ❖

22"Схьагулбе и зулам динарш а‚ церан зударий а‚ цара /шайна/ Iибадат деш хилларш а!
23Дела а витина. ДIанисбе уьш жоьжахатин новкъа!
24Совцабе уьш − цаьрга барт хоттур бу!" /И эр ду цаьрга маликаша Делан пурбанца/.
25"Шуна хIун хилла? Вовшашна гIо деш ма дац шу?"
26ХIаъ‚ уьш тахана мукIар хилла.
27Царех цхьаберш дуьхьалбаьлла вакхарга хоьттуш.
28Олуш: "Шу ма дара тхуна тIедогIуш аьтту агIорхьара".
29/Вакхара/ эр: "ХIаъ‚ шу шаьш ца хилира тешаш /Делах/.
30Тхуна шуна тIехь цхьа а бакъо яцара. ХIаъ‚ шу шаьш хили тIехдаьллакъам.
31Тхуна тIехь бакъ хили тхан Кхиош-кхобучун дош. Баккъалла а, оха Iовшур ду-кх /Iазап/.
32Оха шу а тили-кх‚ баккъалла а, тхо тхаьш а хилла-кх тиладелла".
33Баккъалла а, уьш оцу дийнахь Iазапехь /цхьанна/ декъах хир бу.
34Баккъалла а, Оха ишта до къинош диначаьрна.
35Баккъалла а, уьш хилира шайга аьлча: "Кхин дела вац АллахI бен" курабуьйлуш.
36Цара олура: "Оха буьтура ткъа тхан делий жинех волчу илланчинадуьхьа".
37ХIаъ‚ иза-м веъна бакъдолчуьнца‚ цо бакъбина баийтинарш.
38Баккъалла а, аша Iовшур ма ду лазош долу Iазап.
39Шуна бекхам хир ма бац аша деш хилларг бен.
40Делан сов цIена леш боцучаьра.
41Царна − девзаш долу рицIкъ ду −
42Стоьмаш‚ церан сийдеш хир ду
43НиIматийн бошмашкахь.
44Маьнганий тIехь вовшийн духь-дуьхьал лаьтташ.
45Царна /тIехьизаш/ го боккхур бу /бераша/ шовданчуьру (ихачу) чагIаран кадаца.
46КIайн‚ чоме /малар/ долуш молучаьрна.
47Цу чохь /хьекъал/ талхор а дац /корта лезаш/‚ уьш цунах бехар а бац.
48БIаьрса лоцу долуш бIаьргаш баккхий болу/хаза зударий/ хир бу церан.
49Шаьш хьуламехь долчу хIоахтера.
50Царех цхьаберш вакхарна дуьхьал гIур бу хоьттуш.
51Эр ду царех олучо: "Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара /дуьненахь долуш/.
52Цо олура: "Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарех ву?
53Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча вай бекхаме узур ду?"
54Цо элира: "Шу хьовсий?"
55Иза хьевсира‚ тIаккха цуна иза жоьжахатин юккъехь гира.
56Цо элира: "ТаллахIи‚ /цхьана маьIIара/ со хIаллак веш ма лаьттара ахьа.
57Сан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хиллехьара со хир ма вара /хIоккхахь/ лаьттачарех".
58/Ялсаманин охIлано эр ду/: "Вай лийр долуш дац?
59Вайн цIа далар а бен‚ вайна Iазап дийр долуш а дац?
60Баккъалла а, хIара бу-кх боккха толам.
61Ишттачунна дуьхьа къахьоьгийла къахьоьгучаьра".
62Ткъа иза ду дика тIедосса /хьошалгIа/‚ я заккъумдитт ду?
63Баккъалла а, Оха иза хилийтина питна хилла зуламхошна.
64Баккъалла а, иза ду жоьжахатин бухахь арадолу дитт.
65Цуьнан стоьмаш бу шайтIанийн кортош санна.
66Баккъалла а, цара цунах дуур долуш а ду‚ гайнаш юзор йолуш а ю цунах.
67ТIаккха баккъалла а, царна цуьнан тIе /тоьхна/ цIийдина хи ду.
68ТIаккха баккъалла а, церан дIадерзар жоьжахате а ду.
69Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла.
70Уьш церан лорах лехкира. (Дуьненахь болуш шайн дайша дина къинош дира цара а).
71Тилабелира царел хьалха дуьххьашхалгIачарех дукхох берш.
72Оха бахийтира цаьргахь кхерамчаш.
73Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначаьрийн тIаьхье.
74Делан сов цIена леш боцучаьрийн.

❖ Дакъа 3 ❖

75Тхоьга кхийкхира Нухьас − ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/.
76Оха хьалхаваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балех.
77Оха хилийтира цуьнан зуьррет − иза бухадуьсург.
78Оха цуна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь.
79Салам ду Нухьана Iаламашкахь.
80Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачаьрна.
81Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лех.
82ТIаккха Оха хи буха бахийтира бисинарш.
83Баккъалла а, цуьнан тобанах ма ву ИбрахIим а.
84Иза веара шен Кхиош-кхобучунна тIе цIеначу дагца.
85Цо аьллера шен дега а‚ шен къаме а: "ХIун ю аша Iибадат деш ерг?
86Харцдерг делий /лаца/ лаьа шуна АллахI вуьтий?
87ХIун ду шуна моьттург Iаламийн Дех?
88Иза хьежира хьажарца седаршка.
89ТIаккха цо элира: "Баккъалла а, со цомгаш ву".
90Уьш дIабирзира цунах‚ юха ца бовлуш.
91Иза тIевирзира церан делашна‚ цо элира: "Аша ца юу?
92Шуна хIун хилла‚ дист ца хуьлу шу?"
93Иза тIевирзира царна тухуш аьтту куьйгаца.
94Уьш дуьхьалкхийтира цуна бевда беъна.
95Цо элира: "Аша Iибадат до ткъа шаьш хьоькхуш йиначаьрна?"
96Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аша еш ерг а /кхоьллинарг а/".
97Цара элира: "Е цунна гIишло‚ чу кхосса иза егачу цIарга!"
98Царна лиира цуьнца мекарло ян‚ Оха хилийтира уьш кIелбисинчарех.
99Цо /ИбрахIима/ элира: "Баккъалла а, со воьду сан Кхиош-кхобучун тIе. Цо нисвийр ву со.
100Сан Кхиош-кхобушверг‚ суна дикачарех /доьзалхо/ лолахь".
101Оха цуна кхаъ баьккхира даккха собаре кIантаца.
102Иза цуьнца /ИбрахIимца/ сиха лелалучу хьоле кхаьчча‚ цо /ИбрахIимо/ элира: "ХIай сан кIант‚ баккъалла а, суна го гIенах аса хьуна /гIурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хIун хета". Цо элира: "Дада‚ хьайга омра дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Далла лаахь‚ собаречарех".
103И шиъ /Далла/ мукIар хилча‚ цо /ИбрахIима/ иза хьаьжа тIе вожича‚
104Оха цуьнга кхийкхира: "ХIай‚ ИбрахIим!
105Бакъхилийти ахьа гIан". Баккъалла а, Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.
106Баккъалла а, хIара − иза ду-кх билгала долу зер.
107Оха текхира цунах доккха гIурба.
108Оха дитира цуьнан /цIе яккхар а‚ и хаствар а/ тIаьхьабогIучаьргахь.
109Салам-маршалла ду ИбрахIимна.
110Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.
111Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лех.
112Оха кхаъ баьккхира цуна Исхьакъаца‚ − дикачарех пайхамарца.
113Оха декъалвира иза а‚ Исхьакъ а. Цу шиннан зуьрретах диканиг а ву‚ ша шена билгала зуламхо а ву.

❖ Дакъа 4 ❖

114Мусана а‚ ХIаруна а дира Оха дика.
115КIелхьара ваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу баланах.
116Царна гIо дира Оха − уьш хилира тоьлларш.
117Оха делира цу шиннега билгала долу жайна.
118Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа.
119Оха дитира цу шиннена /хаза цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь.
120Салам-маршалла ду Мусана а‚ ХIаруна а.
121Баккъалла а, Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.
122Баккъалла а, и шиъ Тхан муъма лех ву.
123Баккъалла а, Ильяс а ма ву баийтинчарех.
124Цо ма элира шен къаме: "Шу /Далах/ ца кхоьру?
125Аша кхойкху ткъа БаIлага‚ уггар дика кхоллархо а вуьтий?
126АллахI − шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?"
127/ТIаккха/ цара иза харцвира − баккъалла а, уьш хьалхахIоттор ма бу /жоьжахатина‚ Iазапна/.
128Делан сов цIена леш боцурш.
129Оха дитира цуна /цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь.
130Салам-маршалла ду Ильясана.
131Баккъалла а, Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.
132Баккъалла а, и Тхан муъма лех ву.
133Баккъалла а, ЛутI а ву баийтинчарех.
134Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан берриге доьзал а.
135Цхьа йоккха стаг йоцург бухабисинчаьрна юкъахь йолу.
136ТIаккха Оха этира бисинарш.
137Баккъалла а, шу лелаш ма ду-й царна юкхехула Iуьйрана а‚
138Буьйсана а. Шу хьекъале ца хуьлу?

❖ Дакъа 5 ❖

139Баккъалла а, Юнус а ву баийтинчарех.
140Ведара иза дуьзанчу кема тIе.
141Цо кхаж тесира /царца/ − иза эшначарех хилира.
142И кхеллира чIеро и бехке а волуш.
143Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбахь дечарех
144Вуьсара ма вара цуьнан кийрахь уьш духадендечу /къемат/ дийне кхаччалц.
145Кхоьссира Оха иза есачу аре цомгуш а волуш.
146Оха далийтира цуна туьтен (гIабакхан) дитт.
147Оха вахийтира иза бIа эзарна /дуккха нахана тIе/ я совболчаьрга.
148Цара иман диллира − Оха цхьа хан тIекхаччалц бахам белира царна.
149Ахьа хаттал цаьрга: "Ткъа хьан Кхиош-кхобучунна мехкарий бу‚ ткъа царна кIентий бу.
150Я Оха кхоьллина маликаш зударийн /тайпана/ царна гуш?"
151ХIан-хIа! Баккъалла а, шайн эладитанах дуьйцуш ма ду и цара
152Дала бера дина /бохуш/ − баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.
153Мехкарий хаьржина Цо кIентийл‚ /бохуш/?
154ХIун ду шуна‚ муха хьукам до аша?
155Ойла ца йо аша?
156Я шун билгала бакъо ю?
157Схьало шайн жайна, шу бакълуьйш хиллехь.
158Царахилийтира Цуьнан а‚ жинийн юкъахь гергарло. Жинашна хиира уьш дIахIотторбуйла.
159ЦIена ву и Дела цара дечу /харц/ сипатах.
160Сов цIена Делан леш боцурш /жоьжахатина хьалха дIахIоттор бу/.
161Баккъалла а, аша а‚ аша /шена/ Iибадат дечо а −
162Аша питне лоцур ма вац
163Ша жоьжахатехь вегар верг бен.
164Тхоьх ма дац цхьа а шена билгала меттиг йолуш бен.
165Баккъалла а, тхо могIарш бина ду /ламазна хIоттина/.
166Баккъалла а, тхо тасбахь деш ду.
167Уьш хиллехь олуш:
168"Тхоьгахь хьехам хиллехьара хьалхалерачаьргара‚
169Тхо хир дара Делан сов цIена леш".
170Керстаналла дина цара цуна /КъурIанна/‚ тIаьхьа хуур ду царна.
171Хьалхаделира Тхан дошТхан бахкитинчулешка.
172Баккъалла а, уьш − уьш бу шайн гIо дийр дерш.
173Баккъалла а, Тхан эскар /муъма нах/ − и ду толамхо.
174Вуха вала царехцхьа хан яллалц.
175Гайта цаьрга /царна Iазап дуссуш/ − тIаьхьа гур ду царна /шайн керстаналлин бекхам/.
176Ткъа Тхан Iазапца а сих ло уьш?
177Иза /Iазап/ доьссича церан къомана − ма вон хилла-кх шайна кхерам тесначаьрийн Iуьйре.
178Вуха вала царех цхьа хан яллалц.
179Гайта − тIаьхьа гур ду царна.
180ЦIена ву хьан Кхиош-кхобург‚ сийлаллин Эла − цара дечу сипатах.
181Салам-маршалла ду элчанашна.
182Хастам бу Далла − Iаламийн Дена.

Вернуться к списку сур
38.سُورَةُ صٓ
Сурат САД(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ صٓ

Сурат САД

❖ Дакъа 1 ❖

1Сад. Шегахь хьехам болчу КъурIанах /дуй боу Аса/.
2ХIаъ‚ цатешнарш куралла чохь а‚ мостагIаллачохь а бу-кх.
3Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царел хьалха‚ цара кхийкхира − яцара и /кIелхьара баьлла/ бовдаран хан.
4Цецбелира уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх. Цатешачаьра элира: "ХIара харцволу бозбуанча ву.
5Цо делех цхьа дела вина? И тамаше хIума ду!"
6Царех хьалдолу тобадIаяхара /олуш/: "Шу дIалела‚ собар а де шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума".
7Тхуна ца хезна оцунахтIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац.
8"Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?". ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iевшина Сан Iазап.
9Ткъа цаьргахь ю хьан везза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?
10Я церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гIирсашца.
11/Паймарна дуьхьал вовшех тоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш --бохор бу хьуна иза.
12Харцбира /пайхамарш/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ Iадаша а‚ ФирIавно а‚ хьостамашдолчу.
13Самудаша а‚ ЛутIан къамо а‚ Айкатандайша а − цу /ерриге/ тобанаша.
14Массара харцбира элчанаш − бакъхилира Сан бекхам.

❖ Дакъа 2 ❖

15Уьш хьоьжур ма бац цхьана мохье бен − цуна хан яхъяр хир дац.
16Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ сих де тхуна тхан дакъаХьесапан дедале".
17Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницIкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара.
18Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш − цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а.
19Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ − массо а Цуна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/.
20Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цуна хьекъалла а‚ дов къастон хаар а.
21Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабехьала ма белира.
22Уьш Давуд волчу чоьхьа белира‚ иза царех кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера. Ши довхо ву. Тхан цхьаберш вакхарна чугIиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма елахь‚ нис де тхо нисчу новкъа.
23ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаяссан уьстагI бу‚ сан цхьа уьстагI бу. Цо аьлла: "Суна кхачо е цуьнца". Иза соьл тоьлира довехь".
24Цо /Давуда/ элира: "Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен уьстагIий тIе. Баккъалла а, цхьаьна гIуллакх дечарех дукхачаьра вовшашна гамо йо‚ иман диллинарш а‚ дика Iамалш еш берш а боцучаьра − ма кIеззиг бу уьш!" Давудана хиира Оха ша питне лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ гора воьжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза.
25Оха цуна из гечдира. Баккъалла а, цуна Тхоьгахь гергарло а ю‚ хаза тIетовжийла а ю.
26ХIай Давуд! Оха хилийтина хьоьх лаьттахь халип. Кхиэл е нехан юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна − цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш − царна чIогIа Iазап ду цара хьесапан де дицдарна.

❖ Дакъа 3 ❖

27Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь дерг а. Иза цатешачаьрна моттар ду. Бала бу цатешачаьрна /жоьжахатин/ цIергара.
28Я Оха хуьлуьйту иман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарех тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарех тера?
29Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссина‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойлаяйта‚ хьекъал долчаьрна дагадайта.
30Оха велира Давудна Сулейман − дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ вухавоьрзуш верг ву.
31Цуна /Сулейманна/ гайтира суьйранца барг туху /кха коган тIехь хIотталуш/ говраш.
32Цо элира: "Баккъалла а, суна дукхадиза ниIматсан Кхиош-кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц.
33Схьаялаел уьш суна тIе!" Волавелира иза /урс/ хьекханостарех а‚ логех а.
34Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан тажана тIе дегIкхуьссира Оха‚ тIаккха иза /тоба дарца Тхуна/ тIе вирзира.
35Цо элира: "/Везан/ Дела‚ гечдехьа суна‚ ло суна паччахьалла соьл тIаьхьа цхьаннена хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх луш верг".
36Оха муьтIахь бира цуна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цуна луучу‚
37ШайтIанаш а -- массо гIишлоярхо а‚ хIоьрда буха уьйдург а (маржанаш лоьхуш)‚
38Важаш а‚ дихкина долу буржолашкахь.
39/Оха элира цуьнга/: "ХIара − Тхан совгIат ду. Зовкх хьега‚ я схьалаца хьесап а доцуш".
40Баккъалла а, цуна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тIетовжийла а ю.

❖ Дакъа 4 ❖

41Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапаца а".
42/Элира цуьнга/: "Тоха хьан когаца! ХIара − шийла лийчар а ду‚ малар а ду".
43Оха белира цуна шен доьзал а‚ кхин царел а цаьрца цхьана Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчаьрна хьехам а хилла.
44/Оха элира цуьнга/: "Схьаэца хьан куьйга цIов‚ цуьнца тоха‚ хьан дуй къар ма бе!" Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ воьрзуш верг ву.
45Дагабайта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ шайгахь ницIкъ хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/.
46Оха цIанбирауьш цIена Iалашонна − /эхартан/ цIа дагадайтан.
47Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарех‚ дикачарех бу.
48Дагабайта /хьахабе/ ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а − берриге а дикачарех бу.
49ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна дика тIетовжийла ю.
50Iаднанбошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш еллина йолу.
51Тевжина лаьтташ /хир бу уьш/ цигахь‚ цара боьхуш цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а.
52Царна бу бIаьргаш гатта болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/.
53ХIара ду-кх шуна хир ду аьлларг хьесапан денна.
54Баккъалла а, хIара Тхан рицIкъ ду‚ цуна кхачадалар дац.
55ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах баьллачаьрна вон тIетовжийла ю-кх!
56Жоьжахати − цу чохь бегар бу уьш − ма вон дIадуьшийла ю-кх /иза/.
57ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду лелина хи а‚ нотIкъа а.
58Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/.
59ХIара толгIею шуьца цхьаьна /жоьжахатина/ чу йоьдуш. "Марша догIийла" дац царна. Баккъалла а, уьш цIаргахь бегар бу-кх.
60Цара элира: "ХIаъ‚ шуна "марша догIийла" дац-кх. Аша хьалхадаьккхина тхуна хIара. Ма вон чIагIо ю-кх!"
61Цара элира: "Везан Дела‚ хIара тхуна хьлхадаьккхинчунна тIетохалахь Iазап шозза цIаргахь".
62Цараэлира: "Вайна хIун хилла ца ган божарий‚ вай шаьш вочарех лоруш хилла болу /дуьненахь/?
63Вай ца дешаш дара царех‚ я /вайн/ бIаьрг царех дIатили?"
64Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду − жоьжахатин дайша вовшашца къийсар.

❖ Дакъа 5 ❖

65Ахьа ала: "Баккъалла а, со кхерамчаву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ нуьцIкъала волу АллахI бен.
66Ша стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша везза волу‚ гечдеш волу".
67Ахьа ала: "Иза − сийлахь доккха хабар ду.
68Шу цунах дIадоьрзуш ду.
69Суна ца хили хаар Лаккхарчу Элих лаьцна уьш къуьйсуш болуш.
70Суна вехьеца хаийтина со билгала кхерамча вуйла".
71Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: "Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарах.
72Аса иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича цуна суждане гIолаш".
73Сужд дира маликаша массара цхьаьна.
74Иблис доцург − цо куралла йира‚ и хилира керстанех.
75Цо /Дала/ элира: "ХIай иблис‚ стено дуьхьало йина хьуна сужд дан Аса кхоьллинчуьнна Сан куьйгашца? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьалхадала гIертачарех".
76Цо элира: "Со цул /адамал/ дика ду. Со кхоьллина Ахьа цIарах‚ и кхоьллина Ахьа поппарах".
77Цо /Дала/ элира: "Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неIалт аьлла /массо диканах/ хадийнарг ду.
78Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де даллалц".
79Цо /Иблисо/ элира: "Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш /адамаш/ буха ден бен де кхаччалц".
80Цо элира: "Баккъалла а, хан яхъйиначарех ду-кх хьо!
81Билглчу хенан де кхаччалц".
82Цо элира: "Хьан возаллех дуй боу аса: аса тиланне а тилор ма бу уьш берриге.
83Царех Хьан сов цIена леш боцурш".
84Цо элира: "Баккъалла а, хьакъ-бакъ Аса олу:
85Юзанне а Аса юзор ма ю жоьжахате хьоьх а‚ хьан тIаьхьа мел хIоьттинчух а -- царех массарех а".
86Ахьа ала: "Аса цу тIехь цхьа а мах ца боьху‚ со сайна тIедиллинчарех а вац".
87Иза /КъурIан/ беккъа Iаламашна хьехам бу.
88Шуна хаанне а хуур ду оцунан хабар цхьа хан яьлча.

Вернуться к списку сур
39.سُورَةُ الزُّمَرِ
Сурат АЗ-ЗУМАР • Тобанаш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الزُّمَرِ

Сурат АЗ-ЗУМАР • Тобанаш

❖ Дакъа 1 ❖

1Жайна доссор /ду хIара/ Ша везза волчу‚ хьукаме волчу Делера.
2Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/.
3Ткъа Делан дац цIена дин? Иза воцург гIоьнчийлаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Iибадат ца до цаьрга тхо Далла гергадахийтарна а бе гергарлонца − баккъалла а, Дала хьукам дийр ду царна юкъахь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ керста а.
4Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцIкъала волу.
5Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де хьовзадо буьйсане‚ муьтIахь бина малх а‚ бутт а− массо а дIасхьа лелаш бу шен хан тIекхаччалц. Ткъа Иза вац везза верг а‚ тIех сов гечдеш верг а?
6Цо шу кхоьллина цхьана синах /Адамах/‚ тIаккха Цо йина цуьнах цуьнан зуда /Хьава/‚ Цо доссина шуна дехнех борхI− борша а‚ сте а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларан тIаьхьа кха /хIуманан/ боданехь. Иза ву АллахI − шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург − ма дIатилина шу /Цунах/.
7Аша керстаналла дахь − баккъалла а, Дела шух цIенаву. Иза реза вац Шен лешна керстаналла дарна. Аша шукурдахь − цуьнан реза ву Иза шуна. Хьур бац хьочо кхечун мохь. ТIаккха шун Кхиош-кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
8Адам цхьана бохамо схьалаьцча − шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цо Цуьнан тIе воьрзий /тоба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIат ваьккхича Шегара ниIматаца − дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала: "Бахам бе шайн керстаналлица цхьа кIеззиг. Баккъалла а, хьо ву цIеран дайх".
9Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужд деш‚ /ламазаш деш/ хIоьттина верг эхартах кхоьруш шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /ву-й и тера Далла Iесалла ечух/? Ахьа ала: "Цхьа терра бу-й хууш берш а‚ ца хууш берш а?" Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчаьра.

❖ Дакъа 2 ❖

10Ахьа ала: "ХIай сан иман диллина болу лай! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух. Диканиг динчунна хIокху дуьненахь − диканиг ду. Делан латта шортта ду. Собар диначаьрна шайн ял лур ма ю цхьа а хьесап доцуш".
11Ахьа ала: "Баккъалла а, суна омра дина аса Далла Iибадат дан Цуьнан дин а цIандеш /ширках/.
12Суна омра дина со цхьалгIа бусулба хила".
13Ахьа ала: "Бакъалла а со кхоьру аса сан Кхиош-кхобучунна Iесалла йича деззачу /къемат/ дийнан Iазапах".
14Ахьа ала: "Далла Iибадат до аса сан дин Цуна цIандеш.
15Аша Iибадат де шайна ма луу Иза воцучунна". Ахьа ала: "Баккъалла а, дайнарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а дайинарш къемат дийнахь". Иза бац ткъа билгал эшам?
16Царна шайн тIехула а цIеран гIат хир ю‚ шайн бухахула а гIат ю. Ишта цуьнца кхерабо Дала шен леш: хIай сан леш! Соьх кхерийш.
17ТIагIутгенадаьккхинарш цуьнан Iибадат дарх‚ Далла тIе бирзинарш − царна кхаъ бу − ахьа кхаъ баккха Сан лешна.
18/Уьш/ даше ладугIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIехьабаьзаш берш − уьш бу Дала шаьш нисбинарш. ХIорш − уьш бу хьекъал дерш!
19Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг − /нисло дика Iамал ечуьнца/ ахьа хьалха воккхур вуй цIаргахь верг?
20Делахь а шайн Кхиош-кхобучух кхиринарш − царна хIусамаш хир ю‚ шайн тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайн бухахула татолаш а лелаш − Делан ваIда ю /иза/. Дала харц ца йо ваIда.
21Хьуна ца го Дала доссина стиглара хи‚ цо доьхку лаьттахь хьосташ‚ тIаккха цуьнца ялта доккху Цо тайп-тайпана беснаш долуш‚ тIаккха дакъадолуьйту Цо − хьуна и го можа хилла‚ тIаккха Цо царех кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу хьекъал долчаьрна.

❖ Дакъа 3 ❖

22Ткъа Дала шен дог исламана деллинарг‚ ша шен Кхиош-кхобучун нур тIехь волуш /дика вац шен дагна тIе мухIар тоьхна чул/? Бала бу шайн дегнаш Дела хьехорх къиза долчаьрна. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!
23Дала хабарх уггар хазаниг доссадина − жайна тер-тера керла дохучу декъашца‚ цунах шен Кхиош-кхобучух кхоьручаьрийн чIор детталуш‚ тIаккха шен чIор а‚ дегнаш а Дела хьехорна кIадлуш. Иза бу Делан нийса некъ‚ Цо нисво цуьнца Шена луург. Дала тилаволуьйтуш верг − цуьнан вац /ша/ нисвийриг.
24Ткъа шен юьхьаца къематдийнахь Iазапах ларвала гIиртинарг /ву цу жоьжахатих ларинчух тера/? Аьлла /хир ду/ зуламхошка: "Iовша /хIинца/ шаьш гулдеш хилларг (цуьнан стоьмаш)!"
25Царел хьалха хиллачаьра а харц бира /элчанаш/ − Iазап деара царна шайна ца моьттачуьра.
26Дала Iавшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазалла. Эхартан Iазап мелхо а доккха ду‚ уьш хууш хиллехь.
27Оха далийна нахана хIоккху КъурIан чохь хIора масалх уьш ойла еш хир бацара-те?
28Iарбий /маттахь/ КъурIан /хилийтина/‚ цхьа а гамо йоцуш − уьш кхоьрур бацара-те?
29Валийна Дала масална цхьа стаг‚ шегахь накъостий къуьйсуш болу (дукха нехан долахь волу)‚ /важа/ стаг а (векъа цхьана стеган долахь волу). И шиъ цхьатерра ву-й масалца? Хастам бу Далла. ХIаъ‚ царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.
30Баккъалла а, хьо а лийрволуш ву‚ баккъалла а, уьш а лийр болуш бу.
31ТIаккха баккъалла а, шу къематдийнахь шайн Далла хьалхахь къуьйсуш хир ду.

❖ Дакъа 4 ❖

32Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцлуьйш волчул а‚ ша бакъдерг и шега деъначул тIаьхьа харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатин чохь яц Iан меттиг керстанашна?
33Ша бакъдолчуьнца веънарг‚ иза бакъдеш верг − уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.
34Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И бу дикачаьрийн бекхам.
35Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух /къинах/‚ царна шайн ял ялархьама шаьш динчух уггар хазачуьнца.
36Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьсу Цул лахарчаьрца. Милла велахь а Дала тилавала витинарг − ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг.
37Милла велахь а Дала нисвеш верг − ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац везза верг а‚ шегахь бекхам берг а?
38Ахьа цаьрга хаьттича: "Хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а"‚ аьлла‚ цара аланне эр ма ду: "Дала". Ахьа ала: "Гой шуна и аша Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш ду-й и Цуьнан зен‚ я Цуна лиъча суна къинхетам‚ цара сацор болуш бу-й Цуьнан къинхетам?" Ахьа ала: "Тоам бу суна Дела‚ Цуьнан тIе товжийла шаьш товжуш берш".
39Ахьа ала: "Сан къам‚ Iамал е шайна могучу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал еш ву. ТIаьхьа хуур ду шуна,
40Хьанна тIе догIур ду Iазап цуьнан сий дайаш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу Iазап?"
41Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна нахана бакъдолчуьнца. Нисвелларг а − шена /нисвелла/‚ тилавелларг а − иза шена тилавелла. Хьо ма вац царна тIехь векал.

❖ Дакъа 5 ❖

42Дала схьаоьцу синош уьш лечу хенахь‚ ца делларг − набарх. Цо схьалоцу шена Iожалла сацам хилларг‚ дIадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла ечу къамана.
43Цара лаьцна Дела воцург шайна гIодоккхурш? Ахьа ала: "Уьш цхьанне хIуманна дола деш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а?"
44Ахьа ала: "Делан ду гIодаккхардерриге. Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТIаккха Цуьнан тIе шу дIадерзор долуш ду".
45Веккъа цхьа АллахI хьехавича дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчаьрийн. Иза воцурш хьехабича − уьш баккхибеда.
46Ахьа ала: "/Везан/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а‚ Ахьа хьукам дийриг ду-кх Хьан лешна юккъехь‚ цара хилпало еш хилларг".
47Зулам диначаьрна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин цулла а хилча − и делла а хьалха бала гIоьртира ма бара уьш къематдийнахь Iазапан вочух. Гуча делира царна Делера цара хьесап деш ца хилларг.
48Гучаделира царна боьха хIуманаш шаьш гулдинчух‚ хьакхаделира царех уьш шех ца бешаш хилларг.
49Адамо цхьана зено ша лаьцча Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгаре ниIмате хьавзадича‚ цо олу: "Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна". ХIаъ‚ иза питна ду‚ делахь а царех дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.
50Иза элира царел хьалха хиллачаьра а‚ кIелхьара ца баьхира уьш цара гулдеш хиллачо.
51Царех кхиира боьха хIуманаш‚ цара гулдина хилла долу. ХIокхарех зулам динарш − царех а кхиар ду шаьш гулдина долу боьха хIуманаш‚ цара /и Делан Iазап/ гIелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш).
52Царна ца хаьа-те Дала рицIкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къамана.

❖ Дакъа 6 ❖

53Ахьа ала: "ХIай сан шайна тIаламза хилла болу лай /къинош дукхадарца/. Аша дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву".
54Шайн Кхиош-кхобучунна тIе хьовза (тоба дарца)‚ муьтIахь хила Цуна шайна Iазап далале хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.
55ТIаьхьахIотта шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара доссинчух уггар хазачунна шайна цIеххьана Iазап дале шуна ца хаалуш.
56Сино аларх /ларло/: "Байлахь диси со Делан агIорхьара аса ледарло ярна‚ со хилира-кх ца дешачарех".
57Я цо аларх: "Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарех".
58Я цо аларх Iазап шена гича: "Суна юха делахьара /дуьненан дахар/ − со хир ма дара дикачарех".
59ХIаъ‚ деъна хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахьа‚ хьо кура делира‚ хьо хилира цатешначарех.
60Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа жоьжахатин чохь яц Iан меттиг курахиллачаьрна?
61Дала хьалхабохур бу кхоьруш хилларш шайн толамца‚ царех хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац.
62Дела ву массо хIуманан кхоллархо. Иза массо хIуманан векал а ву.
63Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Делан аятех цатешнарш − уьш бу эшнарш.

❖ Дакъа 7 ❖

64Ахьа ала: "Дела воцчунна омра до аша соьга Iибадат де олий‚ хIай‚ жехIал нах!"
65Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьоьл хьалхалерчаьрга а: "Ахьа накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарех хир ву хьуна".
66ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахьа‚ хьо хила шукр дечарех.
67Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриге а Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. Вонах цIена ву Иза‚ лекха вели Иза цара накъост лацарх.
68Сур лекхира − тентакваьлирастигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха лекхира /сур/ кхин − уьш /кешнашкара/ гIевтина бисира хьоьжуш.
69Къегира латта шен Кхиош-кхобучун нураца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юкъахь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац.
70ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг.

❖ Дакъа 8 ❖

71ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юкъара‚ шаьш шуна шун Кхиош-кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедош шун хIокху дийнан цхьанакхетар?" Цара элира: "ХIаъ‚ делахь а бакъ хили керстанашна Iазап хир ду аьлла дош".
72Элира: "ЧугIо жоьжахатин неIаршкахула лаьтташ цу чохь гуттарена а". Ма вон ю-кх курабеллачаьрийн чохь Iен меттиг.
73ДIабигира шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цуна гуттарена а".
74Цара элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваIда‚ Цо ирсана делира тхуна латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луучохь". Ма хаза ял ю-кх /иза/ Iамал йиначаьрийн.
75Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Iаршан гонахула‚ тасбахь деш шайн Кхиош-кхобучунна хасторца. Кхиэл йина царна юкъахь бакъдолчуьнца‚ элира: "Хастам бу Далла − Iаламийн Дена".

Вернуться к списку сур
40.سُورَةُ غَافِرٍ
Сурат ГIАФИР • Гечдархо(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ غَافِرٍ

Сурат ГIАФИР • Гечдархо

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа-мим.
2Жайна охьадоссор /ду хIара/ Ша везза волчу‚ хууш волчу Делера.
3Ша къа гечдийриг волчу‚ ша тоба къабалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу‚ комаьршалла шегахь йолуш волу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дIадерзар.
4Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ ца тешна болчаьра бен‚ хьо Iеха ма войла церан махкахь кура дIасхьаийдаро.
5Харцдира /Делан цIен дин/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ тобанаша царел тIаьхьа. Ойла еш дара хIора уммат шен элчанех иза схьалацан. Цара къийсира харцдолчуьнца цуьнца бакъдерг дайа гIерташ − Аса схьалецира уьш. Муха хили Сан таIзар!
6Ишта бакъхилира хьан Кхиош-кхобучун дош цатешначаьрна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ аьлла долу.
7Шаьш Iарш лелош берш а /маликаш/‚ цуьнан гонахь берш а тасбахь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-кхобучунна‚ тешаш бу Цуьнах‚ гечдар доьхуш бу иман диллинчаьрна: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ массо хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тоба диначаьрна а‚ Хьан некъан тIаьхьахIоьттинчаьрна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах.
8Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Iаднан бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахьа царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал йинарг. Баккъалла а, Хьо ву-кх везза верг а‚ хьукаме верг а.
9Ахьа ларбелахь уьш боьхачу хIуманех. Ахьа ша боьхачу хIуманех ларвийнарг оцу дийнахь − Ахьа къинхетам бина цунах. Ишта иза бу-кх сийлахь-боккха толам".

❖ Дакъа 2 ❖

10Баккъалла а, ца тешна хиллачаьрга кхойкхур ма ду: "Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура имане − аша керста дора".
11Цара элира: "Тхан Кхиош-кхбушверг‚ Ахьа далийтира тхо шозза‚ Ахьа ден а дира тхо шозза‚ тхо къера хилла тхан къиношна. Арадовла цхьа а некъ бу-й?
12Иза /Iазап ду шуна/ веккъа цхьана Деле кхайкххича аша и керста дарна‚ Цуьнца накъост лоцуш шу тешарна. Хьукам /хIинца/ лекха-воккха волчу Деле ду.
13Иза ву гойтуш шуьга Шен аяташ‚ Цо охьадоссадо шуна стиглара рицIкъ. Ойла ца йо-кх ша /Деле/ дIавоьрзуш волчо а бен.
14Кхайкха Деле шаьш Цуна дин цIандеш долуш и керстанашна ца дезахь а.
15Даржаш хьалайохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Садохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьаьнакхетар денца.
16Оцу дийнахь уьш арабовлур бу /шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Далла царех хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцIкъала волчу Делан ду-кх!
17Тахана бекхам бийр бу хIора синна ша гулдинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиха ву хьесапца.
18Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/ денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчна /хирдолу‚ кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна гергарниг а‚ гIодоккхург а‚ шена /уьш/ муьтIахь а болуш.
19Хаьа Цуна бIаьргийн тешнабехк /хьарам хIумане хьоьжу/‚ дегнаша хьулдийриг а.
20Дала кхиэл йо бакдолчуьнца. Иза витина цара шайга кхойкхушболчаьра кхиэл ца йо цхьанне хIуманца. Баккъалла а, Дела − Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.

❖ Дакъа 3 ❖

21Уьш ца лела лаьттахула‚ хьовсийла уьш, муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье. Уьш бара мелхо чIогIа царел нуьцIкъаца‚ лаьттахь асар дитарца‚ Дала схьалецира уьш шайн къиношца‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо.
22Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца − цара уьш харцбарна. Дала схьалецира уьш. Баккъалла а, Иза нуьцIкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву.
23Оха вахийтира Муса Тхан аяташца а‚ билгалчу бакъонца а.
24ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а‚ цара элира: "/Иза тIех харцлуьйш волу/ бозбуанча а ву".
25Иза цаьрга веъча бакъдолчуьнца Тхан гергара‚ цара элира: "Байа цуьнца цхьана иман диллинчаьрийн кIентий‚ дийна бита церан зударий". Керстанийн мекарло тиларчахь бен ма яц.
26ФирIавно элира: "Вита со Муса вен. Шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцадан‚ я лаьттахь боьханиг гучадаккхийтан".
27Мусас элира: "Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-кхобучуьнца а массо кураваьллачух‚ хьесапан /къемат/ дийнах ца тешачух".

❖ Дакъа 4 ❖

28ФирIавнан доьзалах цхьана иман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: "Аша воь ткъа стаг цо аларна "сан дела АллахI ву"?. Ткъа иза шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонашца ма веъна. Иза харцлуьйш велахь − цуна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь − цо шуна хир ду бохучех цхьадерг хьакхалур ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а.
29ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу толаме долуш лаьттахь‚ хьан гIо дийр ду вайна Делан ницIкъах /кIелхьарадовла/ и вайга беъча?" ФирIавно элира: "Аса шуьга ца гойту сайна гушдерг а бен‚ аса шу нис ца до нийсонан новкъа бен".
30Иман диллинчо элира: "Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн десанначу дийнах.
31Нухьан къаман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царел тIаьхьа хиллачаьрийн Iадатах тера /ду-кх хIара аша лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна.
32ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах.
33Шу духадовду долчу дийнах − ма вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг − ма вац цуна цхьа а нисвийриг.
34Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца шу лаьтташ ду шеконехь иза шуьга шеца веанчух. Иза хIаллак хилча аша элира: "Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча". Ишта тилавала вуьту Дала ша тIаламза верг а‚ шеконехь верг а.
35Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еъна бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ иман диллинчаьрийн гергахь а. Ишта муьхIар туху Дала курадаьллачу‚ /нахана/ ницIкъбечу дагна тIе.
36ФирIавно элира: "ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка.
37Стигланийн некъашка. Мусан делан тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и /Муса/ харц ву аьлла". Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нисчу/ новкъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллак хилар чохь бен.

❖ Дакъа 5 ❖

38/ТIаккха/ элира иман диллинчо: "ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIотта‚ аса нисдийр ду шу нийсонан новкъа.
39ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт − иза ду чIагIонан цIа.
40Вониг динарг − цуна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъма а волуш − уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицIкъ лур ду цу чохь хьесап а доцуш.
41ХIай сан къам! Аса хIунда кхойкху шу кIелхьарадовларе‚ аша со кхойкху цIарга?
42Аша со кхойкху аса Далла керстаналла даре‚ аса Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа аса шу кхойкху Ша везза а‚ тIех гечдийриг волчуьнга.
43Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ ткъа тIаламза берш − уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай.
44Шуна тIаьхьа дагадогIур ду аса шуьга дуьйцург. Аса сан гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш гуш".
45Дала хьалхаваьккхира иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг.
46ЦIе − цуна тIе уьш кхуьссур бу Iуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: "Чу бохка ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапна".
47Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цIаргахь‚ гIийлачаьраэр ду курабаьлла хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара шуна тIехьахIиттина /дуьненахь аша бохург деш‚ хIинца/ аша дIадоккхий тхоьх цIеран /Iазапах/ цхьа дакъа?"
48Шаьш курабелла хиллачаьра элира: "Баккъалла а, вай дерриге цу чохь /цIаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юкъахь".
49Эр ду цIаргахь болчаьра жоьжахатин гIаролашка: "Кхайкха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ дайде ала тхуна тIера Iазап цхьана ден мукъане а".
50Цара /жоьжахатин гIаролаша/ эр ду: "Шуьга бохкуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?" Цара элира: "ХIаъ". Элира /гIаролаша/: "Кхайкха шаьш!" Керстанийн кхайкхар ма дац тилар чохь бен.

❖ Дакъа 6 ❖

51Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхан элчанашна а‚ иман диллинчаьрна дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а.
52Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна /эхартан/ цIийнан боьханиг ду.
53Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна.
54Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъал долчаьрна.
55Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда − хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьан къина‚ тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а.
56Баккъалла а, Делан аяташкахь шайга еъна цхьа а бакъо йоцуш къуьйсуш берш − баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу. Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.
57Ткъа стигланаш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.
58Нис ца ло бIаьрсаза верг а‚ гуш верг а‚ иман диллинарш а дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КIеззиг ду-кх аша ойла йийриг.
59Баккъалла а, сахьтдогIур долуш ду шеко яц цу чохь‚ делахь а дукхох болу нах тешаш бац-кх.
60Шу Кхетош-кхиичо аьлла: "Соьга кхайкха − Аса жоп лур ду шуна".Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарх кураболуш берш − чугIур ма бу жоьжахатина кIелбисина.

❖ Дакъа 7 ❖

61Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а дукхох болчу наха баркалла ца олу-кх.
62И ву-кх АллахI‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехийна шу /генадаьхна бакъдолчух/.
63Ишта а Iехийна /генабаьхна бакъдолчух/ Делан аятех ца тешаш хилларш а.
64Дела ву динарг шуна латта чIагIо хилла‚ стигал гIишло хилла‚ шуна куцаш динарг‚ хаздина Цо шун куцаш, цIеначу хIуманех рицIкъа делла шуна. И ву АллахI − шун Кхиош-кхобург. Беркате хили Дела − Iаламийн Да.
65Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ цIандеш Цуна дин. Хастам бу Далла − Iаламийн Дена.
66Ахьа ала: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аша Дела витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар".
67Иза ву шу кхоьллинарг поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха детанчу цIих‚ тIаккха бераш хуьлий ара доху шу‚ тIаккха шайн ницIкъане кхачийта‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а − шу хир дацара-те хьекъале.
68Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" − иза хуьлу.

❖ Дакъа 8 ❖

69Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш. Ма йистах баьхна уьш /бакъдолчух/!
70/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш баийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна!
71Шайна лагех буржолаш а тоьхча‚ зIайнаш а /ехкича/ такхор бу уьш
72Кхахкина хи чу‚ тIаккха цIаргахь багор бу .
73ТIаккха олура /ду/ цаьрга: "Мичахь ду аша /Делаца/ накъост лоцуш хилларг
74АллахI воцург?" Цара элира: "ДIатили уьш тхоьх. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а". Ишта тилабала буьту Дала керстанаш.
75И /Iазап ду шуна/ лаьттахь цхьа а бакъо а йоцуш даккхидераш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а.
76Чу гIо жоьжахатин неIаршкахула гуттарена цу чохь лаьтташ. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевлачаьрийн!
77Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гайтанне а гойтур ма ду аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо − тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш.
78Оха баийтинера элчанаш хьоьл хьалха а‚ царех Оха хьуна бицинарш а бу‚ царех Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъхьа ца хилла цхьанне элчана цхьа а аят дан Делан пурба доцуш. Делан омра деъча − сацам хилира бакъдолчуьнца − кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш.

❖ Дакъа 9 ❖

79Дела ву шуна бежнаш динарг: царех /цхьадерш/ шуна тIеховжа‚ царех /цхьадерш/ − шуна даа.
80Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аша церан тIехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ церан тIехь а‚ кемана тIехь а шу дIасхьалеладо.
81Цо гойту шуна Шен аяташ‚ муьлхачу Делан аятана аша инкарло йо?
82Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьожу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш ма бара мелхо царел дукха‚ ницIкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а мелхо чIогIа а − кIелхьара ма ца бехира уьш цара гулдешхиллачо.
83Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхибийдира уьш шайгахь долчу Iилманца‚ царех хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг.
84Шайна Тхан ницIкъ гича‚ цара элира: "Оха иман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керста дина тхаш Цуьнца накъост лоцуш хилларг".
85Ца хилира царна пайдехь церан иман Тхан ницIкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхделла долу. Ийшира кхузахь керстанаш.

Вернуться к списку сур
41.سُورَةُ فُصِّلَتْ
Сурат ФУССИЛАТ • Къастийна(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ فُصِّلَتْ

Сурат ФУССИЛАТ • Къастийна

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа-мим /Далла дика хаьа цуьнца Шена луург/.
2/Жайна/ охьадоссар /ду хIара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара.
3Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iарбийн /маттахь/ дешара хилла хууш долчу къамана.
4Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и КъурIан/‚ царех дукхох берш дIабирзи − шайна ца хозуш /и къабал цадеш/.
5Цара элира: "Тхан дегнаш хьуламехь ду ахьа тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергий чохь къоралла ю‚ тхуна юкъахь а‚ хьуна юкъахь а кирхьа ду‚ хьан Iамал е‚ оха тхан Iамал йийр ю".
6Ахьа ала: "Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга вехьеца хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бала бу-кх /Делаца/ накъост лоцучаьрна.
7Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу.
8Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а − царна хедар йоцу ял ю.

❖ Дакъа 2 ❖

9Ахьа ала: "Аша керста до Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аша Цуна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да".
10Хилийтина Цо цигахь /лаьттахь/ чIогIа боьгIнарш /лаьмнаш/ цуьнан тIехула‚ беркатедира Цо иза‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь− цхьанисса /диъ де хилла/ хоьттучарна.
11ТIаккха Иза тIевирзира стиглана а − и кIур бара (айелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: "Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза". Цу шиммо элира: "Тхо деъна тхан лаамца".
12Цо уьш кхочушхилийтира ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /вехьеца/ хIора стигална шен гIуллакх. Оха хазъйира гергара стигал чиркхашца а‚ гIаролашца а /лардархьама а шайтIанах/. Иза ду везза волчун‚ хуушволчун дIахIоттор.
13Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Аса кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера".
14Цаьрга баьхкира элчанаш‚ церан хьалхахула а‚ тIехьахула а: "Аша Далла бен Iибадат ма де", /олуш/. Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчун керста ду-кх".
15Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: "Мила ву тхоьл чIогIа верг ницIкъаца?" Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царел чIогIа вуйла ницIкъаца. Уьш хилира Тхан аятех цатешаш.
16Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап мелхо а сийсаза ду. Царна гIо хир дац.
17Ткъа Самудаш − Оха уьш нийсачу новкъа бихкира − ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо цара гулдеш хилларг бахьанехь.
18Оха кIелхьарабехира иман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.

❖ Дакъа 3 ❖

19Делан мостагIий цIарна хьалха гулбечу дийнахь − уьш могIаршкахь /вовшийн тIе/ лохкур бу.
20Уьш цига /цIарга/ баьхкича тешалла дийр ду царна тIехь церан хазаро‚ бIаьрсано‚ чIораша уьш хIун деш хилла‚ аьлла.
21Цара эр шайн чIорашка: "Аша хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?" Цара эр: "Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо хIума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина дуьххьашхалгIа‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш а ду".
22Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун хазаро а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чIораша а‚ делахь а шуна меттара Далла ца хаьа аша дечух дукхадерг.
23Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-кхобучун шуна меттина долу‚ цо /шун моттаро/ хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарех.
24Цара нагахь сатохахь − цIе ю царна чохь Iан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ реза хилар дехахь − уьш хир бац /Иза/ шайна реза хиллачарех.
25Оха хIоттира царна доттагIий /шайтIанех а‚ жинийх а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахь дерг а‚ тIаьхьахь дерг а‚ царех хьакхаделира царел хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош. Баккъалла а, уьш хилира эшначарех.

❖ Дакъа 4 ❖

26Цатешначаьра элира: "Ла ма догIа хIокху КъурIане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега".
27Iавшанне а Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ банне а бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца.
28И бу Делан мостагIийн бекхам − цIе. Царна цигахь гуттаренан хIусам ю − бекхам а хилла царна уьш Тхан аяташ харцдеш хиларна.
29Цатешначаьра элира /жоьжахатехь/: "ХIай тхан Кхиош-кхобушверг‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилина и шиъ− тхан когийн кIел буьтур бара оха уьш хилийтаархьама уггар бухахь болчарех".
30Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: "Тхан Дела АллахI ву"‚ тIаккха нисбелларш − царна тIе дуссур ду маликаш уьш ца кхерийтархьама а‚ уьш сингаттаме ца хилийтархьама а‚ кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу‚ олуш:
31"Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аша дехнарг а ду"‚
32Охьадоьссина долуш Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.

❖ Дакъа 5 ❖

33Мила ву мелхо хаза дашца Деле кхийкхинчул а‚ дика Iамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: "Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарех".
34Цхьанисса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахьа духатохауггар хаза долчуьнца − тIаккха хьуна а‚ шена а юкъахь мостагIалла ерг хьоме доттагIа сан хир ву хьуна.
35И далур дац шаьш собар диначаьрна а бен‚ и далур дац шегахь доккха дакъа долчунна а бен.
36Хьуна /оцуннатIехь/ шайтIано вас-васалла дагчу кхоссахь − Делаца ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
37Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужд ма де малхана а‚ баттана а‚ аша сужд де Далла‚ Ша уьш кхоьллина волчу‚ шаьш Цуна Iибадат деш делахь.
38Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цуна тасбахь деш бу буьйсана а‚ дийнахь а‚ царна кIор ца до.
39Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта гар декъа. Оха цунна тIе хи доссича иза деттало‚ кхуьу. Баккъалла а, Иза дендийнарг − денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш ма ву.
40Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайла бер бац. ЦIарга кхуссур верг дика ву я къемат дийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аша дийриг гуш ма ву.
41Баккъалла а, хьехамна /КъурIанна/ керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх.
42Харцдерг догIур дац цуьнан хьалхахула а‚ тIаьхьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара.
43Хьоьга ца олу хьоьл хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву.
44Оха иза хилийтинехьара Iарбех доцу КъурIан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: "Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царех кхетархьама/. Ткъа /КъурIан/ Iарбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iарби а волуш? Ахьа ала: "Иза /КъурIан/ иман диллинчаьрна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла". Цатешнарш а − церан лергийн чохь къоралла ю‚ иза /КъурIан/ царна бIаьрсаза ду /уьш ца кхета цунах/. Уьш бу шайга кхойкхучарех /тера/ генарчу меттигера.

❖ Дакъа 6 ❖

45Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дошхьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара − хьукам дина хир дара царна юкъахь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх.
46Дика Iамал йинарг − /иза/ цуна шена ю. Вониг динарг − /иза а/ цуна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /кIеззиг/ зулам дийр долуш лешна.
47Цуьнан тIе духадерзо сахьтан Iилма. Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стена кийра бера ца лета‚ и ца ехка Цуна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: "Мичахь бу Сан накъостий?" Цара эр: "Хьоьга хаийтина оха‚ вац тхоьх цхьа а теш".
48ДIатилира царех уьш хьалха шайга кхойкхушхилларш. Царна хиира шайна цхьа а кIелхьарадовлийла доцийла.
49КIор ца до адамашна диканаш дехар‚ нагахь шех вониг кхетахь догдуьлле вуьса.
50Оха цуьнга Тхайгара къинхетам Iовшабайтахь цунах зен кхетначул тIаьхьа‚ цо аланне а ма олу: "ХIара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт хIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучунна тIе вухаверзавахь а − суна Цуьнгахь мелхо диканиг хир ду". Оха дийцанне а дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Iовшийтанне а Iовшуьйтур ма ду цаьрга чIогIачу Iазапах.
51Оха адамна ниIмат делча‚ дIавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агIорхьавзий. Вониг шех кхетахь − шортта доIанаш деш хуьлу.
52Ахьа ала: "Гой шуна‚ иза /КъурIан/ дара Делера‚ тIаккха аша керстаналла дина цуна. Мила ву ша генарчу хилпалонехь волчул а тилавеллрг?"
53ТIаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Iаламаташ /стигланийн а‚ лаьттан а/ агIонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-кхобучуьнца Иза массо хIуманна тIехь теш хилар?
54Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарах шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо хIуманна го буьллуш верг /Iилманца‚ Шена хаарца/?

Вернуться к списку сур
42.سُورَةُ الشُّورَىٰ
Сурат АШ-ШУРА • Кхеташо(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الشُّورَىٰ

Сурат АШ-ШУРА • Кхеташо

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа-мим.
2Iайн-син-къаф.
3Иштта вехьий доуьйту хьоьга а‚ хьоьл хьалха хиллачаьрга а ша везза волчу‚ хьукаме волчу Дала.
4Цуьнан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза ву лекха верг а‚ сийлахь воккха верг а.
5Герга ду стигланаш атадала шайна тIехахула/Делан сийлаллица/. Маликаша тасбахь до шайн Кхиош-кхобург хасторца‚ цара гечдар доьху лаьттахь волчунна. Сема довла, хIай нах! Баккъалла а, Дела − Иза ма ву Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
6И воцург /шайна/ доладийраш лаьцнарш − Дела ву царна тIехь хехо‚ хьо вац царна векал.
7Иштта вехьеца даийтира хьоьга Iарбийн Дешархьоьга кхерам тасийта яртийн нанна а‚ цуьнан гонахь болчаьрна а‚ хьоьга кхерам тасийта гулдаран денца‚ шена чохь шеко йоцчу − цхьа тоба ялсаманехь хир ю‚ важа тоба цIергахь хир ю.
8Далла лиънехьара Цо цхьа уммат хуьлуьйтара дара царех‚ делахь а‚ Цо шен къинхетамна чувохьуйту Шена луург‚ ткъа зуламхой− ма вац царна доладийриг‚ ма вац /цаьрна/ гIоьнча.
9Я цара Иза воцург доладийраш лаьцна? Ткъа Дела − Иза ву-кх доладийриг‚ Цо денбо белларш‚ Иза ву массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш верг.

❖ Дакъа 2 ❖

10Шун шегахь цхьана хIуманах хилпало йоьжнехь − цуьнан хьукам Далла тIе ду. /Аша ала:/ "Иза АллахI ву‚ сан Кхиош-кхобург‚ Цунна тIе тевжина со‚ Цунна тIе дIавьрзу со /сан массо гIуллакхашкахь/".
11Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а − тайп-тайпа. Цо шу алсам доху цу чохь. Яц Цунах /Делах/ тера хIума а. Иза хозуш верг ву‚ гуш верг а ву.
12Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Цо шортта хуьлуьйту рицIкъ Шена луучунна‚ /кIеззиг/ барам а бо /Шена луучунна − уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо хIума хууш верг а ву.
13Цо шуна шарI хилийтина динах − Ша Шеца весет дина хилларг Нухьана, хьоьга вехьеца даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахIимна а‚ Мусана а‚ Iисана а‚ "дин хIоттаде − аьлла‚ − декъа ма ло цу чохь /динехь/". Доккха хили мушрикунашна ахьа шаьш шена тIе кхойкхург. Дала цуна /Дела цхьаъварна/ тIе хоржу Шена луург‚ Цо цуна /Дела цхьаъварна/ тIе нисво ша /цуна тIе/ воьрзург.
14Уьш бекъа ма ца белла шайга Iилма деъначул тIаьхьа а бен вовшийн юккъехь хьагI хиларца. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучунгара "тоьхначу хан тIе кхаччалц", кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царел тIаьхьа шайга ирсана жайна делларшцунах /Мухьаммад элча хиларх/ шеконан шеконехь ма бу.
15Цуьнга /Дела цхьаъваре/ кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанислохьайга омра ма ди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахьа ала: "Аса иман дилли Дала доссинчу жайнах‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна − шун IIамалш ю. Цхьа а къовсам бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнагулдийр ду вай‚ Цунна тIе ду дIадерзар".
16И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цуна жоп деллачултIаьхьа церан делилш дIатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна оьгIазло а ю /Делера/‚ чIогIа Iазап а ду.
17Дела ву Ша доссинарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту‚ сахьтгерга хилла тарло.
18Цуьнца сихлуш бу шаьш цунах цатешаш берш. Иман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Сема довла! Баккъалла а, цу сахьтах шеко еш берш генарчу тиларчохь ма бу.
19Дела тIекаре ма ву Шен лешца‚ рицIкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцIкъала верг а ву‚ веза верг а ву.

❖ Дакъа 3 ❖

20Милла хиллехь эхартан ял езаш − Оха сов воккхур ву Иза цуьнан ялехь. Милла хилахь дуьненан ял езаш − лур ю Оха цуна оцунах‚ эхартахь цхьа а дакъа дац цуна.
21Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийна дерг динехь шарI деш? Къасторан дошца хиллехьара кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой − царна лазош долу Iазап ду.
22Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ гулдиначух цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза доккха дозалла ду.
23Иза бу Дала Шен иман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахьа ала: "Аса ца боьху шуьга цунна тIехь цхьа а мах гергарлонашкахь безам /тергал бар/ бен". Диканиг деш волчунна − Оха алсам доккхур ду цуна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ шукаре верг а ву.
24Я цара олу: "Цо /Мухьаммад пайхамаро/ кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш далхьара хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо. Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
25Иза ву къабал деш тоба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аша тоба дича/‚ хууш аша дийриг.
26Жоп леш ву Иза иман диллиначаьрна а‚ дика Iамал йиначаьрна а (церан доIина)‚ Цо сов боху уьш Шен дозаллих. Ткъа керстанаш − царна чIогIа Iазап ду.
27Дала шортта даржинехьара рицIкъ Шен лешна‚ тIехбовлур ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а Цо доссадо Иза Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен лай сов дика бевзаш а‚ гуш а ву.
28Иза ву доссадеш догIа цара дог диллинчул тIаьхьа‚ Цо баржабо Шен къинхетам. Иза ву хастаме волу доладийриг.
29Цуьнан Iаламатех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржина долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тIехь Шена ма лиънехь ницIкъ болуш ву.

❖ Дакъа 4 ❖

30Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам − шун куьйгаша гулдинчуьнца бу‚ дукхах долчун гечдо Цо.
31Шу ма дац лаьттахь кIелхьарадовлур долуш /Делан Iазапах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а.
32Цуьнан Iаламатех ю хIоьрда чохь лелаш ерш‚ лаьмнех тера.
33Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш /кеманаш/ дуьса чIагIделла цуьнан букъа тIехь. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо собаречунна а‚ баркалла олучунна а.
34Я хIаллак дийр дара Цо уьшцарагулдийнарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхадерг.
35Тхан аяташкахь къуьйсачаьрна хаийла‚ шайна цхьа а кIелхьарадовлийла йоцийла.
36Цхьаьцца хIуманах шуна елларг − дуьненан дахаран дакъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, бухадуьсуш а ду иман диллинчаьрна а‚ шайн Далла тIетевжинчаьрна а.
37/И ял ю/ даккхичу къинойх а‚ боьха хIуманех а юьстах лаьттачаьрна а‚ шаьш огIазбевлича − гечдеш болчаьрна а.
38/Иза ду/ шайн Кхиош-кхобучунна жоп деллачаьрна а‚ ламаз хIоттадинчаьрна а‚ шайн гIуллакх вовшийн юкъахь кхеташойолчаьрна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа лучаьрна а.
39Шайх цхьа хьагIкхиъча вовшашна гIо деш болчаьрна а.
40Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат динарг‚ цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цуна ца беза зуламхой.
41ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа − цуна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цуна).
42Некъ боьхкур бу нахана зулам деш болчаьрна а‚ лаьттахь дозанех бовлушболчаьрна а цхьа а бакъо а йоцуш. Царна лазош долу Iазап ду.
43Собар динарг а‚ гечдийнарг а − баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду.
44Дала тилавала вуьтур ма вац цуна цхьа а доладийриг Цул тIаьхьа. Хьуна гур зуламхой шайна Iазап гиначул тIаьхьа олуш: "Духадерзан цхьа а некъ буй-те?"
45Хьуна гур бу уьш цуна /жоьжахатина/ хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабелла‚ къайлах хоьжуш. Иман диллинчаьра эр: "Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. ХIай-хIа! Баккъалла а, зуламхой гуттаренан Iазапа чохь бу-кх".
46Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гIо деш Дела витина. Дала тилавала вуьтург милла велахь − ма бац цуна цхьа а некъ.
47Жоп ло шайн Кхиош-кхобучунна /Цуна Iибадат дарца/ шен Делера духтохалур доцу дедале. Яц шуна цхьа а дIадовда меттиг оцу дийнахь‚ вац шуна цхьа а /шун Iазапан/ инкарло йийр верг.
48Уьш дIаберзахь − Оха ца вахийтина хьо царна тIе хехо хилла. Хьан тIехь дIаккхачор бен дац. Оха адамна Iовшийтича Тхайгара къинхетам‚ ваккхиведа иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу − тIаккха адам керста хуьлий дIахIутту.
49Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш.
50Я хуьлуьйту царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тIаьхье йоцуш вуьту. Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницIкъ кхочург а ву.
51Ца хили адамна Дела шега вистхилар вехьеца бен‚ я кирхьана дехьахула‚ я элчаваийтарца бен − цо вехье луш Цуьнан пурбанца Цуна луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукаме верг а ву.
52Иштта хьоьга а вехьеца даийтина Оха саТхан гIуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хIун ду‚ иман хIун ду а‚ делахь а Оха нур хилийта цунах /КъурIанах/ шеца нисвеш Тхайна луург Тхан лех‚ баккъалла а, ахьа нисваларе ма кхойкху /исламан/ нийсачу новкъа‚
53Делан новкъа‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. ХIай-хIа! Далла тIе ма доьду гIуллакхаш.

Вернуться к списку сур
43.سُورَةُ الزُّخْرُفِ
Сурат АЗ-ЗУХРУФ • Хазаллаш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الزُّخْرُفِ

Сурат АЗ-ЗУХРУФ • Хазаллаш

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа-мим.
2Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/.
3Оха хилийтина цунах Iарбийн КъурIан − шу хьекъале хир дацара-те?
4Баккъалла а, иза /КъурIан/ жайнан неначохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/.
5Ткъа Оха шух ца тухуш буьтур бу хьехамшу тIаламза къам хили аьлла?
6Мел пайхамар вахийтина Оха хьалхалерачашкахь!
7Цхьа а пайхамар ца веъна цаьрга цара иза сийсаза веш бен.
8Оха хIаллакбина царех /хьан къамал/ ницIкъаца чIогIа берш − дIадахана хьалхалерчийн масал.
9Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цара аланне а эр ду хьуна: "Уьш кхоьллина Ша везза волчо‚ Ша хууш волчо /Дала/!"
10Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь /лаьттахь/ некъаш − шу нийсачу новкъахь хир дацара-те.
11Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доссадеш стиглара хи барамехь − Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/.
12Ишттаниг а ву Иза Ша массо хIума шиш-шишкхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховжа хIуманаш
13Шу дIанисдалийтан церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аша хьехадан шайн Кхиош-кхобучун ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аша алан: "Вонах цIена ву И ша тхуна хIара муьтIахь йинарг‚ тхуна цу тIехь ницIкъ кхочур ма бацара.
14Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзуш ма ду тхо".
15Цара ма хилийти Цуна Цуьнан лех цхьа дакъа. Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх.

❖ Дакъа 2 ❖

16Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?
17Царех цхьаннена кхаъ беккхича шаьш Къинхетам болчун масал далийначуьнца− Iаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца дезаш/.
18Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?
19Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара-те уьш /маликаш/ кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга хоттур ма ду.
20Цара элира: "Къинхетам болчун лиънехьара‚ оха царна /маликашна/ Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харц луьйш бен.
21Я Оха жайна делла-те цаьрга цул /КъурIанал/ хьалха уьш цуьнца чIагIбелла болуш?
22ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лартIахь дIанисделла ду".
23Иштта ца вахийтира Оха хьоьл хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучаьра олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лар тIехь доьдуш ду".
24Цо /Мухьаммад пайхамара/ элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул мелхо нийсачуьнца‚ /тIаккха харц во аша со/? Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу /элчанаш/ шеца даийтинчун керста ду-кх".
25Оха чIир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначерийн тIаьхье!

❖ Дакъа 3 ❖

26ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къаме а: "Баккъалла а, со цIена ву аша шена Iибадат дечух.
27Со кхоьллинчунна бен /дийр дац аса Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву".
28Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош − уьш бухаберза там бара-кх.
29ХIаъ‚ Аса бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валц.
30Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуанчалла ду‚ баккъалла а, тхо цуна керста ду".
31Цара элира: "ХIара КъурIан доссинехьара шинне юьртара сийлахь-веззачу стаге".
32Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна юкъахь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царех цхьаберш вовшийн тIехь даржашца лакха бехина‚ царех цхьаболчаьрга шайна вакхарга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул.
33Нах /берриге/ цхьа умматца хилахьара Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчунах цатешаш болчаьрна церан цIеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу.
34Церан цIеношна неIарш а‚ маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/ уьш шайна тIетовжуш болу.
35/Кхин/ хазаллаш /дашо/ а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а − дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучун гергахь /Делах/ кхоьручаьрна ю.

❖ Дакъа 4 ❖

36Къинхетам берг хьехьорах гIапал хилларг − Оха тIекхуссу цуна шайтIа и цуна ца къесташ накъост а хуьлий.
37Баккъалла а, цара /шайтIанаша/ дIатилабо уьш /шайн накъостий − адамаш нийсачу Делан/ некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.
38Шатхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр: "Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна шайтIанах/".
39Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьана хир ду.
40Ткъа ахьа хозуьйту къораволчунна‚ нийсачу новкъа вуьллу бIаьрсадоцург‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг?
41Оха хьо дIакхалхийчи а − баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю.
42Я Оха гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваIда йинарг − баккъала а Тхо царна тIехь ницIкъ кхочуш ма ду.
43Ахьа схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.
44Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу хьуна а‚ хьан къаме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуга.
45Ахьа хаттал Оха хьоьл хьалха элчанех баийтинчаьрга: "Оха хилийтиний-те Къинхетам беш верг воцург /кхин/ делий цара шайна Iибадат деш?"

❖ Дакъа 5 ❖

46Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира: "Баккъалла со Iаламийн Ден элча ву".
47Иза /Муса/ шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царех /аятех/ бийлира.
48Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул мелхо доккха долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапаца − уьш бухабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/.
49Цара элира: "ХIай бозбуанча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучунга хьан гергахь Цуьнан ваIдахилларг − баккъалла а, тхо нислур ма ду /оха иман дуьллур ма ду и Iазап дIадаьккхича/".
50Оха ай ма диннехь шайна тIера Iазап − цара бартбохийра.
51Кхийкхира ФирIавнас шен къаман юккъехь‚ элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна /сан гIалин/ бухахула лелаш долу? Шуна ца го /сан сийлалла/?
52Я со дика вац хIокхал‚ ша заIип волчу‚ талкхо /мотт тийсалуш/ волчу?
53Кхуьссинехьара цунна тIе дашон чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла".
54/Дукха/ дайа карийра цуна шен къам − уьш цуна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах.
55Цара Тхо оьгIаздаьхча − Оха цаьргара чIир ийцира − хина буха бахийтира уьш берриге а.
56Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тIаьхьабогIучаьрна.
57Марьяман кIантахмасал далийча хьан къам цунах (масалх) дийлира /хазахетта/.
58Цара элира: "Тхан делий дика бу я иза ву?" И /масал/ ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду.
59Иза-м веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цуна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кIенташна.
60Тхуна лууш далхьара шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдина/ тIаьхьа дуьсуш.
61Баккъалла а, иза /Iиса пайхамар/ сахьтан /къемат ден/ Iаламат ду‚ ахьа янне а шеко ма елахь цуьнгахь‚ Суна тIаьхьавазалахь. ХIара бу /хьуна/ нийса некъ.
62Данне а шайтIано юьстах ма дохийла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагI ма ду.
63Iиса веъча билгалонашца цо элира: "Со веъна шуьга хьекъаллица /хьекъал дахьаш/‚ шуна шайца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш.
64Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цуна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ".
65Хилпало хилира тобанийн царна юккъехь. Ма /боккха/ бала бу зулам диначаьрна лазаме долчу дийнан Iазапах.
66Уьш хьожий-те шайга цIеххьана сахьт даре бен и шайна хаа ца леш?
67ДоттагIий оцу /къемат/ дийнахь вовшийн мостагIий хир бу /Делах/ кхоьруш боцурш.

❖ Дакъа 7 ❖

68ХIай Сан лай! Кхерам бац шуна тахана‚ шу гIайгIане хир дац.
69Тхан аятех иман диллина хилла берш‚ бусулба хилла берш.
70ЧугIо ялсамане шу а‚ шун зударий /чIогIа/ даккхидедаш а хилла.
71Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргашна Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду.
72Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аша йина хилла Iамалш бахьанехь.
73Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аша царех буур а бу.
74Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу.
75И царех айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.
76Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира /шайна/ шаьш зуламхой.
77Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь ерг! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /ца луш/".
78Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхох болчаьрна бакъдерг ца дийзира.
79Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара /Маккин керстанаша элчанна дуьхьал/? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш /Оха хIаллакбийр бу уьш/.
80Я царна метта-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш /маликаш/ цаьргахь яздеш лаьтташ бу.
81Ахьа ала: "Къинхетам болчунна доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх Iибадат дечарех".
82Вонах цIена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаьршан Да‚ цара дечу /харц/ сипатах.
83Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/ денца цхьаьнакхетталц.
84Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву.
85Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цуьнан тIе дIадерзор ду шу а.
86Цара Иза воцуш шайга кхойкхучаьрийн долахь дац шапаIат а‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен /и шаьш деш долу тешалла/ шайна хууш.
87Ахьа цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/!
88Цуьнга /Мухьаммад пайхамара Деле/ элира: "Везан Дела‚ хIара къам иман дуьллуш ма дац".
89ДIаверза царех (уьш хьйца санна во ма хила цаьрца)‚ ала: "Машар!" ТIаьхьа хуур ду царна.

Вернуться к списку сур
44.سُورَةُ الدُّخَانِ
Сурат АД-ДУХАН • КӀур(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الدُّخَانِ

Сурат АД-ДУХАН • КӀур

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа-мим.
2/ХIумнаш билгалдохучу/ билгалчу жайнаца дуй боу Аса.
3Баккъалла а, Оха доссина иза беркате йолчу буьйсанабаккъалла а, Тхо хилира кхерам тосуш /цуьнка/.
4Цу /КъурIанан/ чохь къастадо массо хьекъале долу гIуллакх.
5Къастадарца Тхан агIорхьара. Баккъалла а, Тхо хилира боуьйтурш
6Къинхетам а хилла хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
7Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу тешаш хиллехь.
8Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-кхобург ву Иза.
9ХIаъ‚ уьш шекона чохь ловзаш бу.
10Хьо хьежа‚ стигло билгала кIурбахьар болчу дийне.
11Нехан тIе кхуллур ю иза. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду".
12"Везан Дела‚ айдехь тхуна тIера хIара Iазап. Баккъалла а, тхо иман диллина ду-кх".
13Мичара бу царна хьехам? Цаьрга веара билгала волу элча.
14ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха КъурIан/ Iамийнарг ву /хIара‚ Мухьаммад пайхамар/".
15Баккъалла а, Оха айдо Iазап кIеззиг − шу юха а тIедоьрзу /шайн керстаналлина/.
16Оха боккхачу ницIкъаца /Iазапе/ лоцур дончу дийнахь− баккъалла а, Оха чIир оьцур ю.
17Царел хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам − цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча /Муса/.
18"ДIало соьга Делан леш/олуш/‚ баккъалла а, со шуьга тешаме элча ву.
19Хьала довла ма гIерта Далла тIехь‚ баккъалла а, аса шуна деъна билгала долу делил.
20Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца‚ шун Кхиош-кхобучуьнца аша суна тIулгаш деттарх.
21Шу соьх ца тешахь‚ со суо вита".
22/ТIаккха/ цо /Мусас/ шен Кхиош-кхобучуьнга кхийкхира: "ХIара къам къинош деш ма ду"‚ /аьлла/.
23/ТIаккха элира Дала/: "ДIагIо сан лешца /Исраилан кIенташца/ буьйсана‚ баккъалла а, уьш /шуна/ тIаьхьабер бу хьуна.
24ХIоьрд тийна бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ буха гIур долу эскар ма ду".
25Мел /дукха/ буха дити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚
26Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚
27Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а.
28Иштта /хилира церан чакхе/. Оха уьш ирсана дIеделира кхечу къамана.
29Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца таьттира уьш /Iазапах/.

❖ Дакъа 2 ❖

30Оха кIелхьара бехира Исраилан кIентий сийсазачу Iазапах‚
31ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарех.
32Оха уьш /Исраилан кIентий/ хаьржира Iилмаца/массо/ Iаламел.
33Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бала берш а.
34Баккъалла а, хIорш /Къурайшаш/ олуш ма бу:
35"Вайн цхьа дуьххьашхалгIа далар бен дац‚ вай гIовтор дац /деллачул тIаьхьа/.
36Схьабалабе тхан дай шу бакълуьйш хиллехь".
37Уьш дика бу я ТуббаIанкъам а‚ царел хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллак бира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира.
38Оха ловзаш ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а.
39Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а царех дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.
40Баккъалла а, къасторанде − царна массарна хан тоьхна ду.
41Оцу дийнахь гергарчо духа тухур дац гергарчух хIумма а‚ царна гIо дийр дац.
42Дала шех къинхетам биначунна бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

❖ Дакъа 3 ❖

43Баккъалла а, и Заккъумолу дитт −
44Къинош дечаьрийн кхача бу.
45Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь
46Кхехкина хи кхахкарх терра.
47/Мохь хир бу/: "Схьалаца иза‚ дIакхосса иза жоьжахатин юккъе.
48ДIадотта цуьнан коьрта тIехула лалийначу хин Iазап".
49Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/.
50Баккъалла а, хIара ду аша шеца шеко йинарг".
51Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш − тешамечу меттигехь хир бу.
52Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.
53ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуттуш.
54Иштта Оха балор бу царна хаза бIаьргашберш.
55Кхойкхур ду цара хIора стоьме /уьш кхачалур ца хиларх, массо халонех/ тешаме болуш.
56Цу чохь валар Iовшар дац цара − дуьххьашхьалгIа балар доцург − Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах
57Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дозаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам.
58Баккъалла а, Оха атта дина иза /КъурIан/ − хьан маттахьа долуш − уьш кхетар бацаре-те.
59Хьо собар деш Iе − уьш а собар деш ма бу.

Вернуться к списку сур
45.سُورَةُ الْجَاثِيَةِ
Сурат АЛЬ-ДЖАСИЙА • Гораяхнарг(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الْجَاثِيَةِ

Сурат АЛЬ-ДЖАСИЙА • Гораяхнарг

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа-мим.
2Жайна охьадоссор /ду хIара/ Веза волчу‚ хьукаме волчу Делера.
3Баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а делилш ма ду муъма нахана.
4Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилш ду ша тешаш долчу къамана.
5Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стиглара охьадоссинчу рицIкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилш ма ду хьекъале долчу къамана.
6ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха доьшу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятил тIаьхьа теша уьш?
7/Боккха/ балабу массо къа деш /чIогIа/ харцлуьйш волчунна.
8Ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/ кураваьлла шена уьш ца хозучух /ца хезаш санна/ − ахьа кхаъ баккха цуна лазош долчу Iазапаца.
9Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча − иза схьалоцу цо белам бой. Уьш шайна сийсаза долу Iазап хир дерш бу.
10Церан хьалхахь жоьжахати ю. Цара гулдинчо а‚ Дела воцу цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьара доккхур дац царех. Царна деза-доккха Iазап ду.
11ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-кхобучун аяташ керста динарш − /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш.

❖ Дакъа 2 ❖

12Дела ву Ша хIоьрд шуна муьтIахь бинарг цу чухула кема лелийтан а Шен омраца‚ шуьга лехийта Цуьнан дозаллах /хIоьрдан ниIматаш − чIера‚ маржанаш.../‚ шу хир дацара-те баркалла олуш.
13Шуна муьтIахь дина Цо стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а − массо а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла еш долчу къамана.
14Ахьа ала иман диллинчаьрга гечдойла цара Делан деношка дог дохушбоцучаьрнаЦуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ гулдеш хиллачуьнца.
15Милла велахь дика дина − цуна шена ду иза‚ милла велахь вон дина − цуна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун тIе дIадерзор ду шу.
16Оха делира Исраилан кIенташкажайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а‚ рицIкъ делира царна цIена долчарех‚ Оха базбийра уьш Iаламел.
17Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш. Церан хилпало ма ца хилира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшийн юкъахь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къемат дийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь.
18ТIаккха хьо /я Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь− цуьнан тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчаьрийн дезаршна тIаьхьа ма хIотта.
19Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьара доккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой церан цхьаберш вакхарийн доладийраш бу хьуна. Дела доладийриг ву /Делах/ кхоьруш болчаьрийн.
20ХIара − билгалонаш ю /бIаьрг беллош/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу тешаш долчу къамана.
21Къинош летийначаьрна метта-те Оха шаьш иман диллнчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьанисса хуьлуьйтур бу − шайн денбалар а‚ балар а? Ма вон ду-кх цара деш долу хьукам.

❖ Дакъа 3 ❖

22Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIора сина ша гулдинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанне ца динарг бахьанехь/ зулам дийр дац.
23Хьуна го-й и шен шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тила витина иза шен хаарца‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо?
24Цара элира: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнена бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллак дийр ма дац замано бен". Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу.
25Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира цара алар бен: "Схьабалабе тхан дай шу бакълуйш хиллехь".
26Ахьа ала: "Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу"‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

❖ Дакъа 4 ❖

27Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хIоттинчу дийнахь − оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш.
28Хьуна гур ма ду массо уммат гора дахна. ХIора уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе − тахана шуна бекхам бийр ма бу аша деш хиллачуьнца.
29ХIара ду Тхан жайна тешалла дийр долуш шуна бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аша деш хилларг.
30Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а − уьш бухкур бу церан Кхиош-кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!
31Ткъа ца тешаш хилларш /цаьрга эр ду/: "Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Аша куралла ма йира − тIаккха шу къинош ден къам хилира".
32/Шуьга/ элча: "Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь"‚ аша элира: "Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIуттур ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо".
33Гучаделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царех уьш шех ца бешаш хилларг.
34Элира /цаьрга/: "Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денца цхьаьнакхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна цхьа а гIоьнча".
35Иза ду /шуна/ аша Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а. Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тоба дар а доьхур дац.
36Далла бу хастам‚ стигланийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу.
37Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а.

Вернуться к списку сур
46.سُورَةُ الْأَحْقَافِ
Сурат АЛЬ-АХЬКЪАФ • ГӀамаран баьрзийн боьраш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ الْأَحْقَافِ

Сурат АЛЬ-АХЬКЪАФ • ГӀамаран баьрзийн боьраш

❖ Дакъа 1 ❖

1Хьа, мийм (АллахI тIех дика хууш ву хIокху элпашха луург)
2(хIара) Жайна доссор АллахIера ду, сийлахь, кхетаме волчу
3Оха кхоьллина ма дац стигалш а, латта а, цаьршинна юккъехь мел дерг а баккъалла а (бегашна доцуш), хан йиллина а бен. Шаьш керстаналла динарш шайна кхерамтесначух дIабирзина бу
4Ахьа ала: "Шуна гиний ша аша кхойкхург АллахI витина?! Аша гайтийша суна ша цара кхоьллинарг лаьттах. Я церан дакъа ду стигалшкахь. Аша дайша суна хIокхул хьалхара (доссийна) жайна, я Iилман бух (лар) нагахь санна шу бакълуьйш делахь"
5Мила ву тIех тилла, ша кхойкхучул а АллахI витина шена жоп лур доцучуьнга (цIуйшка) къемат денналц. Уьш (цIуй) церан кхайкхамна чидам боцуш ю
6Адамаш гулдичи (къемата дийнахь), уьш (цIуй) хилира церан (шайха Делаца декъашхой бинчеран) мостагIий. Уьш хилира церан лолла духадетташ
7Ткъа шайна дешча тхан билгала (къуранан) аяташ, шаьш керстаналла динчара олу бакъонна (къуранна), шайна иза еанчу хена: "ХIара билгала бозбуанчалла ду"
8Я цара олу: "Цо (шегара) кхоьллина (харцо ю) иза (къуран)". Ахьа ала: "Аса (сайгара) кхоьллича иза (харцо), шу керахь ма дац АллахIера (Цо суна таIзар дича) суна (гIо) дан хIумма а. Иза тIех дика хууш ву аша цуьнан (къуранан) хьокъехь дуьйцург. Иза тоьур ву суна а шуна а юккъехь теш. Иза гечдийриг, къинхетамениг ву"
9Ахьа ала: " Со вацара элчанашха хьалхара (соьл хьалха баьхкина). Суна хаац сайха хIундийр ду я шух а. Со тIаьхьавозуш вац сайна (Дала) ша хьоьхучунна бен. Со ма вац билгала кхерамтосург бен"
10Ахьа ала: "Шуна (АллахIа) хIун (дийр ду аьлла) хета, нагахь санна и (къуран баккъалла а) АллахIана гергар хилчи, ткъа аша цуьнца керстаналла дича, (иза бакъ хиларца) тоьшалла а дича Исраилан берашха (волчу) тешо и санна долчун тIехь, ша (цуьнах) тешна, аша куралла йича?! Баккъалла а АллахIа нисдац зуламе къам (нах)
11Шаьш керстаналла динчара элира шаьш (Делах) тешначарга: "Иза (къуран) дика (бакъ) хиллехь, уьш тхоьл хьалха бевра ма бацар иза тIелацарехь. Ткъа шаьш цуьнца нисцабелчи, цара эра ду: " ХIара (къуран) шира пуьташ (аьшпаш) бу"
12Цул (къуранал) хьалха Муса (товрат) жайна ду (доссийна) тIаьхьаваза, къинхетамна. ХIара (къуран иза) бакъдеш (деана) жайна ду Iаьрбин маттахь, шаьш зуламдинчаьрна ша кхерамтаса а, дикдечаьрна кхаъ хилла а (деана)
13Баккъалла а шаьш: "Тхан дела Аллахь ву" аьлла, цул тIаьхьа шаьш (ийман тIехь) нисбелларш, (тIедогIучух) царна кхерам а хир бац, (дIадаханчух) уьш гIайгIане а хир бац.
14Уьш ялсаманин дай бу, шаьш цу чохь гуттар 1ийр болуш, шаьш деш хилчунна бекхамна
15Оха весет дина адаманна шен деца-ненаца дика хиларца. Цуьнан нанас кийрахь лелийна иза хала, ван а вина цо иза хала. Иза кийрахь лелор а, цуьнан векхчура дIахадар а ткъеитт бутт бу. Ткъа ша шен чIагIалле кхаьччи - шовзткъа шере ваьлчи, цо олу: "ХIай сан Дела ! Ахьа сан дагчу тасахь, ша Ахьа суна а, сан дена-нанна а деллачу зовкхан ас хастам бар а, Хьо шена реза хир волун дика ас дар а. Ахьа (ийманца) тоехьа суна сан тIаьхье, баккъалла а со (тобадарца) Хьоьга вирзинакх, баккъалла а со бусулбанахех вукх
16Уьш, шаьш Оха цара динчух диканиг (тоьлларг) къобалдийраш а, Оха шайн вонашна гечдийраш а, ялсаманин дайшца хир бу. Бакъонан чIагIо ю иза, ша царна (Дала) еш хилйолу
17Ша аьлларг шен дега-нене: "Оффай шу шинна. Суна чIагIо йо аша шимма со (кашчуьра) гIатторца, бакъ долуш (дукха) умматаш (адамаш) дIатилла (делла) соьл хьалха (гIаттийна вац цхьа а)?!". Цаьршимма (иза нисвар тIехь) орцу доьху АллахIе. (цара шайн кIенте олу): "Хьо дакъазмаваларг! Иймане волахь, баккъалла а АллахIан чIагIо бакъ ма ю". ТIаккха цо олу: "ХIара (къамел) ма дац, хьалхабаханчеран (бух боцу) туьйранаш (аьшпаш) бен"
18Уьш шаьш шайна тIехь 1азап хьакъ хилларш бу, царел (шайла) хьалха дIатиллачу умматашца цхьаьна, жинех а, адамех а. Баккъалла а уьш бара эшнарш (зе хилларш)
19ХIоранна а даржаш ду шаьш диначух (кечдина). АллахIа царна кхоччуш хьакъ дIадалархьама церан 1амалшна, царна зулам ца деш.
20Шаьш керстаналла динарш жоьжахатан цIер тIе хIитточу дийнахь. (цаьрга эра ду): "Аша дIатилий шайн диканаш шайн дуьненан дахарехь, зовкх хьийги аша царех, ткъа тахана шуна буьрсачу 1азапан бекхам хир бу, шу хиларна дуьненахь цхьа бакъо йоцуш шаьш куралла еш а, иштта шу песакъ (1еса) хиларна а

❖ Дакъа 2 ❖

21Ахьа хьахаве (дагаваийта хьайна) 1адашан ваша (Х1уд), шен къомана кхерамтесира цо г1амаран баьрзашан боьрахь - бакъ долуш баьхкинера геланчаш цул хьалха а, цул т1аьхьа а (шайн къаьмнашка) - "Аша лолла ма де Аллах1ан бен, баккъала а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу (къемата) дийнан 1азап хиларха"
22Цара элира: "Хьо тхуна веана ткъа, тхо тхайн делашха духатохархьама (дIадерзорхьама)? Хьо вола (делахь) айхьа тхуна чIагIо ечуьнца, хьо велахь бакълуьйчарех!"
23Цо элира: "Баккъалла а (1азап тIедаран хан) хаар Аллах1ан гергахь ду. Аса шуна дIакхачадо со шеца (шоьга дIаала) ваийтинарг. Амма суна шу го кхетардоцуш (чидам боцу) къам"
24Шайна иза (марха) гинчу хена, гучуяьлла шайн боьрашна тIейогIуш, (кхаъ хилла) цара элира: "ХIара вайна догIу дохьун кхолар юкх". (Х1уда элира цаьрга) Х1ан - х1а. Бакъ долуш, аша шеца сихойинарг ду иза - (чIогIа) мох бу иза шегахь лазош 1азап долун"
25Ша х1аллак еш массо а х1ума шен Делан лаамца (пурбанца). Уьш (х1аллак хилла) д1ах1иттира, гуш йоцуш церан х1усамаш бен. Иштта бекхам бо Оха къиношдечаьрна
26Оха чIаг1бинера уьш, шу ца чIаг1динчу кепара. Оха деллера цаьрна (хазарна) лергаш а, (гарна) б1аьргаш а, (ойла ян) дегнаш а. Амма царна х1уманна пайда ца бира церан хазаро а, гаро а, дегнаш а. Уьш бара юхаетташ Аллах1ан билгалонаш. Царна тIедоьссира уьш шех кхаьрдаш хилларг (1азап)
27Бакъ долуш Оха х1аллак йина шуна гонахьара ярташ. Оха (царна) юх-юха билгалонаш яхкийтира уьш (керстаналлех) юхабовлийтархьама
28Х1унда ца дина царна гIо, шаьш цара Аллах1ана гергабаха лецначу деланаша?! Бакъ долуш (царна уггар оьшучу хена) уьш къайлабевлира царех. Иза (деланаш) церан пуьташ бу, цара шайгара кхуллуш хилларг ду

❖ Дакъа 3 ❖

29(ахьа хьахаде) Оха хьажийра хьуна тIе жиний тоба, цаьрга ладогIийта къуране, ткъа шаьш цунна тIекхаьччи цара (вовшашка) элира: "ЛадогIа !". Ткъа и (къуран) дешна даьлча, (шаьш цуьнах тешна) шайн къоме дирзира уьш (царна) кхерамтосуш
30Цара (жинаш) элира: "Х1ай тхан къам ! Баккъалла а тхуна хезна жайна, Мусал тIаьхьа доссийна, (ша) бакъдеш шел хьалхадаьхкинарш, ша нисвеш (динан) бакъонан тIе а, нийсачу новкъан тIе а"
31"Х1ай тхан къам! Аша жоп лоша Аллах1е кхойкхучунна, Цунах тешийша, тIаккха Цо шуна гечдийра ма ду шун къинош, Цо шу кIелхьара дохур ма ду лазочу 1азапах
32Ткъа ша жоп ца делларг Аллах1е кхойкхучунна, Иза вац (Аллах1) г1орасиз вийра волуш лаьттахь (къайла ваьлла). Цуьнан бац Иза (Аллах1) воцуриг (1азап духатоха) г1оьнчаш. Уьш (ца тешнарш) билгалчу тиларехь бу
33Царна ца хиъна, баккъалла а Аллах1 - Ша кхоьллина волу стигалш а, латта а, Ша к1адвалар доцуш уьш кхолларехь - ницкъ кхочуш вуй белларш Ша ден бар тIехь?! Бакъ долуш, баккъалла а Иза массо а х1уманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
34Шаьш керстаналла динарш жоьжахатан цIер тIе х1итточу дийнахь . (цаьрга эра ду): "Дац ткъа х1ара (1азап) бакъ?". Цара эра ду: "Бакъ ду, тхайн Делаца дуй буу оха". (т1аккха) Цо эра ду: "Аша 1овша 1азап шаьш керстаналла деш хиларна"
35Собаре хила хьо (хьайн халкъа новкъахьовзамна), элчанашха доьналлин дай собаре ма хиллара, сих а ма ло хьо царна (1азап дехарехь). Баккъалла а шаьш болуш санна - шайна чIагIо йийриг шайна гучу дийнахь - шаьш (дуьненахь) 1ийна боцуш, дийнах цхьа са1ат (хан) зама бен. (х1ара къуран) Кхайкхам бу (Делера). Х1аллак бой ткъа (Дала) песакънах бен?!

Вернуться к списку сур
47.سُورَةُ مُحَمَّدٍ
Сурат МУХЬАММАД(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ مُحَمَّدٍ

Сурат МУХЬАММАД

❖ Дакъа 1 ❖

1Шаьш цатешарш а‚ Делан некъах /нах/ тилийнарш а − Цо дIатилина церан Iамалш /цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартехь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц/.
2Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а − иза церан Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдерг ду − Цо дIаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гIуллакх.
3Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуттуш хиларна харцдолчунна‚ иман диллинарш тIаьхьахIуттуш хиларна шайн Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдолчунна. Иштта дало Дала нахана шайн масалш.
4Шаьш дуьхьал кхетча цатешначаьрца − лагахтоха аш уьш гIелбаллалц‚ чIагIъе буржолаш− тIаьхьа къинхетам беря дуьхьал мах оьцур− тIамо шен муьхь охьабиллалц. Иза Далла лаахьара Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а шун цхьаберш вакхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш − Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.
5Цо нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.
6Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу.
7ХIай иман диллинарш! Аша Далла гIо дахь /Цуьнан гIуллакхна/‚ Цо шуна гIо дийр ду‚ шун ког чIагIбийр бу.
8Цатешнарш − хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш.
9Иза царна ца дийзина дела Дала охьадоссинарг − Цо дIаяйа церан Iамалш.
10Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу‚ муха хилла царел хьалхалерачаьрийн тIаьхье? Дала аьтира уьш. /ХIокху/ керстанашна а цуьнах тераниг хир ду.
11Иза Дела иман диллинчаьрийн доладийриг волу дела ду‚ ткъа керстанаш − церан доладийриг вац.

❖ Дакъа 2 ❖

12Баккъалла а, Дала бухкур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма дуу − /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.
13Мел юрт‚ шаьш хьо шена чуьра ара ваьккхина хьан юьртал (Маккал) мелхо нуьцIкъала йолуш йолу‚ хIаллакьйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча.
14Ша Кхиош-кхобушволчуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазахетачух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIотинчух?
15/Делах/ кхоьручаьрна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучаьрна чIогIа чомехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIеначу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобушволчуьнгара гечдар а ду. Уьш /ялсаманин дай/ тера бу-й гуттар цIергахь болчарех /жоьжахатин дайх/ шайна кхахкина хи малош болчу − тIаккха цо церан чуьйраш хадош болчу?
16Царех хьоьга ладугIурш бу шаьш хьо волчуьра ара ма баьллинехь цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: "ХIун элира цо /Мухьаммада/ хIинца хьалха?" Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабаьлларш.
17Шаьш нисбелларш а − Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар.
18Уьш хьоьжур бу-й сахьте иза шайна дарх цIеххьана. Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деъна. Мичара хир бу царна иза шайна деъча шайн хьехам? /Цо гIо дийр дац царна тIаккха/.
19Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI бен‚ гечдар деха хьан къина а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Дела хууш ву шун дIасхьаийдир /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буьйсана/.

❖ Дакъа 3 ❖

20Иман диллинчаьра олу: "Сурат доьссинехьара". Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь тIом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш шена вала хорша енарг санна. Царна мелхо таме дара −
21МуьтIахь хилар а‚ хаза дош а /там бара цаьргара хьуна хила/. ГIуллакх сацаделлачухенахь уьш Деле бакълийча − дика дара-кх царна.
22Шу хила мега шаьш /иманах/ дIадирзича боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш тоьдуш?
23Уьш Дала шайна неIалт аьлларш бу‚ тIаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚ бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/.
24КъурIанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь догIанаш ду?
25Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна /керстаналлина/ тIе бухабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллчул тIаьхьа − шайтIано хаздина царна /шайн боьха гIуллакхаш/‚ цо дагакхуьссуш ду царна /Делан некъах тилар/.
26Иза ду цара аларна Дала доссош дерг /КъурIан/ ца дезаш хиллачаьрга: "Тхо муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь". Далла хууш ма ю церан къайленаш.
27Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккхийх а?
28Иза ду уьш Дела оьгIузвоккхучунна тIаьхьахIоттарна‚ Иза реза хилар царна ца дезарна − тIаккха Цо дIаяйа церан Iамалш.

❖ Дакъа 4 ❖

29Шайн дегнашкахь цамгар йолучаьрна меттана-те Дала цIаьллига цIа шайн мостагIалла /гуча/ ара йоккхур яц?
30Тхуна лиъча Оха гайтина хир бара уьш хьуна − тIаккха хьуна бевзина хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бовзанне а бовзур бу уьш дешан аьзнашца. Дела хууш ву-кх шун Iамалш.
31Оха зенне зуьйр ду шу Тхуна шух джихIад кхочуш дийраш а‚ собар дийраш а бовзалц‚ Оха зуьйр ду шун хабарш а.
32Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ тилинарш а‚ шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелинарш а − цара хIумма зен дийр ма дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойур ю церан Iамалш.
33ХIай иман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчана муьтIахь хила‚ шайн Iамалш ма яйа.
34Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь белла берш − Дала цIеллига цIа гечдийр дац царна.
35Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцIкъала/ долуш‚ Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш.
36Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ сакъерар а ду. Аш иман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь − Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхний а /деккъа закат даккхар бен/.
37Цо шуьга /дерриге даьхний/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу бIаьрмац хир дара‚ Цо гуча йоккхур яра шу /динехь йолу/ мостагIалла.
38ХIай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян − шух бIаьрмацаза (пис) верг − шена бIаьрмацаза (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу духадовлахь /иманах/ Цо хийцор ду шу шу доцу кхечу къамаца‚ тIаккха уьш хир бац шух тера.

Вернуться к списку сур
48.سُورَةُ ٱلْفَتْحِ
Сурат АЛЬ-ФАТХЬ • Толам(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْفَتْحِ

Сурат АЛЬ-ФАТХЬ • Толам

❖ Дакъа 1 ❖

1Баккъалла а, Оха белира хьуна билгала болу толам.
2Гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхадахана ледарлонашна‚ тIаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниIмат хьуна тIехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚
3Цо хьуна деза-доккха гIодархьама а.
4Иза ву муъма нехан дегнашка синпаргIато йоссинарг уьш совбалийтархьама шайн имана тIе а иманца. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукаме верг а.
5/ДжихIад де олий омра до Дала/ Ша чубахийтан муъма божарий а‚ муъма зударий а шайн бухахула татолаш а лелаш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ айдан церан вонаш. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам.
6/И джихIад тIедиллина шуна/ Iазап дан мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ Делаца накъост лаьцна божаршна а‚ Делаца накъост лаьцна зударшна а‚ Делах боьха ойланаш еш болчу /хьуна керстаний тIехь толам хир бац‚ бохуш/. Царна боьхачун го бу. ОьгIаза вахана царна Дела‚ неIалт аьлла царна‚ Цо кечъйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дIадоьрзийла.
7Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза-воккха верг а‚ хьукаме верг а.
8Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ къаанча хилла‚ кхерамча хилла.
9Шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчах а‚ аш цуна (элчанна) гIо дан а‚ аш иза ларан а‚ аш Цуна (Далла) тасбахь дан Iуьйранца а‚ суьйренца а.
10Баккъалла а, шаьш хьуна тешаме хир бу аьлла дош делларш − Далла тешаме бу аьлла дош делларш бу. Делан куьйг церан куьйгийн тIехь ду. И /дош/ дохийнарг − Цо дохош ду шена‚ кхочуш йинарг Делаца шен хилла ваIда − Цо цуна лур ю сийлахь-йоккха ял.

❖ Дакъа 2 ❖

11Хьоьга эр ду дIасхьалелачу Iарбийх бухабисинчаьра: "Тхо совцина тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна". Цара олу маттаца шайн дегний чохь доцург. Ахьа ала: "Хьан дола дийр дара шуна Дела дуьхьал цхьанне хIуманца‚ Цуна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХIаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш.
12ХIаъ − шу моьттуш дара элча а‚ муъма нах а шайн доьзална тIе цкъа а хьевзар бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттара вон хIума. Вон къам хили-кх шу".
13Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг − баккъалла а, Оха кечъйина керстанашна жоьжахати.
14Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Iазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а.
15Эр ду бухабуьсучаьра шу хIонсана тIе доьрзучу хенахь и эца: "Тхо а диташ шайна тIаьхьадан". Уьш лууш бу шаьш хийцадан Делан дош. Ахьа ала: "ЦIкъа а тхуна тIаьхьахIуттур дац шу. Ишта аьлла Дала хьалха". ТIаккха цара эр ду: "ХIаъ‚ тхуна хьагI еш ду-кх шу". ХIаъ‚ уьш хилира цакхеташ кIеззигчунах бен.
16Цу дIасхьалелачу Iарбех бухабуьсучаьрга ахьа ала: "ТIаьхьа шу кхойкхур ду чIогIа ницIкъ болчу къаме /цуьнца тIом бан/‚ царца аша тIом бийр бу‚ я уьш мукIур хир бу. Шу муьтIахь хилахь /Делан омрана/ Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дIадерзахь шаьш хьалха дIа ма дирзи‚ Цо лазош долчу Iазапаца Iазап дийр ду шуна".
17БIаьрса доцучунна къа дац‚ астагIа волчунна а къа дац‚ цомгаш волчунна а къа дац /гIазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь верг − Цо вохуьйтур ву иза бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ дIавирзинарг /Делан динах/ − Цо Iазап дийр ду цуна лазош долчу Iазапаца.

❖ Дакъа 3 ❖

18Реза хили Дела муъма нахана цара шаьш хьуна тешаме хир ду‚ аьлла дош луш диттан кIел‚ Цуна хиира церан дегнашкахь дерг. ТIаккха Цо йоссира синпархато царна‚ Цо совгIат делира царна герга хир болчу толамца а,
19Дуккха хIонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза-воккха верг а‚ хьукаме верг а.
20Дала ваIда йира шуна дуккха хIонсаш − аша уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хIара /хIонс/‚ айдира нехан куьйгашшуна тIера‚ муъма нахана билгало хилийтан /царна гIо хилан/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа.
21Кхин /хIонсаш а хир ю шун/ шуна шена тIехь ницIкъ кхочу боцу, Дала го бина царна /Далла хии уьш щун хир юйла/. Хилира Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочуш.
22Шуьца тIом бича цатешначаьра − цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. /Уьш буха баьр бу/ − тIаккха царна карор вац доладийриг а‚ гIоьнча а.
23Делан Iадат ду иза‚ хьалха дIадахана а долу. Хьуна каранне а карор бац Делан Iадатна хийцам.
24Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тIера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ церан тIера Маккан БатIнехьЦо шуна церан тIехь толам беллачул тIаьхьа. Хилира Дела аш дийриг гуш.
25Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Хьараман маьждигах‚ гIурбина дойу бежна кхаьбира сацийна шен меттигедIакхачарах. Муъма божарий а, муъма зударий а ца хиллехьара /Маккан охIлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тIом бан/. ХIинца − аш царна зулам дийр дара‚ /тIаккха/ цаьргара къа хьерчара дар шух ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетама чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусулбанаш/ къаьсташ хиллехьара Оха Iазап дина хир дара царех /Маккан охIлах/ цатешначаьрна лазош долу Iазапца.
26Цатешначаьра хилийтира шайн дегнашкахь нуьцIкъалла оьгIазло‚ жехIал заманан оьгIазло − тIаккха Дала Шен синпархато йоссира Шен элчана тIе а‚ муъма нахана тIе а‚ лезамдира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цуна /дашна/ мелхо хьакъ, цуьнан охIлах. Дела хили массо хIума хууш верг.

❖ Дакъа 4 ❖

27Бакъдира Дала Шен элчан гIанбакъдолчуьнца: шу данне а дулур ма ду Хьараман Масжида чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош дешна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ лацдина‚ шу кхоьрур дац. Цуна хиира шуна ца хуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а.
28Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца иза толийтан массон динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар.
29Мухьаммад − Делан элча ву‚ Цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовшийн юккъехь. Хьуна го уьш гора уьхуш‚ сужд деш шаьш лоьхуш Делера дозалла а‚ реза хилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю − сужд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Товрата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: Цо зазадоккху‚ цара цуна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен бух тIехь‚ Цо цецбоху ялта дуьйш берш‚ /пайхамаран асхьабаш а‚ ислам дин а чIагIло и ялта санна/ царна керстанаш оьгIазбахийтан. Дала ваIда йина Ша царех иман диллинчаьрна а‚ дика Iамалш йиначаьрна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла.

Вернуться к списку сур
49.سُورَةُ ٱلْحُجُرَاتِ
Сурат АЛЬ-ХЬУДЖУРАТ • ЦIийнан чоьнаш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلْحُجُرَاتِ

Сурат АЛЬ-ХЬУДЖУРАТ • ЦIийнан чоьнаш

❖ Дакъа 1 ❖

1ХIай иман диллинарш! Хьалха ма гIерта Далла а‚ Цуьнан элчана а‚ Делах кхера! Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
2ХIай иман диллинарш! Шайн аьзнаш ай ма де пайхамаран аьзнал сов‚ чIогIа а ма ала цуьнга дош шун цхьаболчьара вовшашка чIогIа аларх тера шун Iамалш ца яйа шуна хаа ца луш.
3Баккъалла а, шайн аьзнаш гIелдеш берш Делан Элча волчохь − уьш бу Дала шайн дегнаш зина берш /Делах/ кхерарна. Царна гечдар а ду‚ сийлахь- йоккха ял а ю.
4Баккъалла а, и хьоьга кхойкхуш берш цIенойн чоьнийн дехьахьара − уьш дукхох берш ца кхеташ бу.
5Цара собар дахьара хьа шайна тIе араваллалц царна дика хир ма дара. Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
6ХIай иман диллинарш! Шуьга цхьа песакъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан − тIаккха шу шаьш динчунна тIехь дохкодевла хир ду.
7Шуна хаалаш шуна юкъахь Делан элча вуйла. Дукхах долчу гIуллакхна тIехь шуна тIехьахIуттуш и валхьара − шуна шайна хала хир дара. Делахь а‚ Дала дезийтана шуна иман‚ Цо и хаздина шун дегнашкахь‚ ца дезийтина шуна керстаналла а‚ песакхалла а‚ Iесалла а. Изаш − уьш бу нис боьдурш.
8Делера дозаллица‚ ниIматаца а. И Дела хууш верг а ву‚ хьукаме верг а ву.
9Муъма нахах ши тоба летача‚ царна юккъехь маслахьт де. Цу шиннах цхьаъ вукханах летачах ца сацахь − тIом бе /аша массара/ оцу летачуьнца и Делан омрана /и ШарIана/ тIеялц. Иза тIеягIахь /Делан омрана/‚ − маслахьт де цу шиннан юккъехь нийсонца. Аша нийсо елаш. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш.
10Баккъалла а, муъма нах − вежарий бу. Маслахьт де шайн шина /довдечу/ вешин юккъехь. Делах кхера‚ шух къинхетам бан мегара.

❖ Дакъа 2 ❖

11ХIай иман диллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ца бешаш ма хуьлийла‚ уьш царел дика хила мега‚ зударий а ма хуьлийла кхечу зударех ца бешаш‚ уьш царел дика хила мега‚ вовшийн кхачамбацарш ма леха‚ вовшашна /ца еза/ цIерш а ма техка. Вон цIе ю песакхалла иманал тIаьхьа. /Цул тIаьхьа/ тоба ца динарш − уьш зуламхой бу.
12ХIай иман диллинарш! Гена довла мотталучу хIуманех дукхох долчух. Цхьа долу мотталу хIуманашкъа ду. Вовшашна ма теIа /къайлах хIума хаа гIерташ/‚ шух цхьаберш вакхарех тIехьашха ма ле‚ шух цхьаннена дезий шен вешин жижиг даа и велча? − шуна иза ца дийзи. Делах кхера. Баккъалла а, Дела тоба къобалдийриг ву‚ къинхетаме а ву.
13ХIай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а‚ хилийтина шух халкъаш а‚ тайпанаш а шу вовшашна довзийтан. Баккъалла а, шух уггар сийлахьверг Далла гергахь − шух уггар /Делах/ кхоьрушверг ву-кх. Баккъалла а, Дела /шу/ девзаш ву‚ сов дика хууш ву.
14Iарбашаэлира: "Иман диллина Оха". Ахьа ала: "Иман ца диллина аш‚ делахь а аш ала: "МуьтIахь хили тхо". ХIинца а иман чу ца дахна шун дегнашна. Шу Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хилахь − шун Iамалех хIумма эшор ма яц Цо. Баккъалла а, Дела тIеттIа гечдеш верг ву, къинхетаме верг ву.
15Баккъалла а, муъма нах бу шаьш иман диллинарш Деле а‚ Цуьнан элчане а‚ тIаккха шеко ца еш‚ шайн бахамца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь къахьегнарш (джихIад деш). Уьш бу бакълуьйш берш.
16Ахьа ала: "Аша Iамадо Далла шайн дин? Дела хууш ма ву стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Дела массо хIума хууш верг ву".
17Хьуна баккхибедаш бу уьш шаьш бусулба хила. Ахьа ала: "Суна даккхи ма деда шаьш бусулба дин эцаран". ХIаъ‚ Дела къинхетам беш ву шух − шу нисдина иманна тIе‚ шу бакълуьйш хиллехь.
18Баккъалла а, Далла хаьа стигланийн а‚ лаьттан а къайлахь дерг. Дела гуш дерг ма ву аш дийриг.

Вернуться к списку сур
50.سُورَةُ ق
Сурат КЪАФ(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ق

Сурат КЪАФ

❖ Дакъа 1 ❖

1Къаф. Сийлахь долчу КъурIанора /хьо Делан элча ма ву/.
2ХIаъ‚ ма цец баьли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх‚ керстанаша элира: "ХIара тамаше хIума ду:
3Вай делча‚ вайх поппар хилча‚ /вай духа дендийр ду бохург/ − иза дукха генара духадерзар ду".
4Тхуна хиира мел лаьтто царех дIахьош бу− Тхоьгахь Iалаш деш долу жайнама ду.
5Цара харцдира бакъдерг /КъурIан/ иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх.
6Уьш ца хьоьжу стигала шайна тIехахула‚ муха хIоттина Оха иза /цхьа а бIогIам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац.
7Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо хазачу шиннах /ораматах/.
8Гар а‚ хьехам а хилла /халийтина Оха уьш/ массо воьрзачу /Тхоьга тобанца/ лена.
9Оха доссадина стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтан буьртиг а.
10Хурманаш‚ ехха шайн тIеттIа стоьм а болуш.
11/Делан/ лешна рицIкъ а хилла. Цуьнца /догIица/ Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешнийн чуьра/ арадовлар а.
12Харцдира /бакъдолу дин/ царел хьалха Нухьан къамас а‚ Рассандайша а‚ Самудашаа‚
13Iадашаа‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚
14Айкатандайша а‚ ТуббаIанкъамо а /Цара/ массоша харцбира элчанаш − бакъ хиллера Сан кхерам /царна тIехь/.
15НицIкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигланаш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларах /денбарх/.

❖ Дакъа 2 ❖

16Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цуна лаган пхал а.
17ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/ аьтту агIорхьара аьрру агIорхьара а /шаьш/ хевжина долуш.
18Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергалдеш верг волуш бен /дIаяздеш малик/.
19Валаран вахар деара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш /кхоьруш/ верг.
20Сур лекхира − иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дир ду аьлла/ ваIда йина де.
21Деара массо са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш /шеца маликаш а долуш/.
22Хьо хиллера хьокхунах гIапал волуш /тидаме ца оьцуш/ − Оха айдира хьан /бIаьргийн/ тIера кирхьа − тахана хьан бIаьрса ира хилира.
23Элира цуьнан накъосто /цунна тIе хIоттинчу малико/: "ХIара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг" − /жоьжахатин Iазап/.
24/Омра хир ду/: "Аша шиммо /тIехIоьттинчу малико/ кхосса жоьжахати чу массо нуьцIкъала /дуьхьал/ волу керста.
25Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу.
26Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аша шиммо /омра шина малике ду/ кхосса иза чIогIачу Iазапа чу".
27Цуьнан накъостоэлира: "Тхан Кхиош-кхобушверг! Аса ца тилина иза‚ тек иза ша хили-кх генарчу тиларчохь".
28Элира /Дала/: "Аш ма къийса Суна гергахь. Аса хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сан кхерам.
29Дош хийцор дац Суна гергахь. Со вац зулам дийр долуш Сан лешна".

❖ Дакъа 3 ❖

30Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: "Хьо юьзний?" Цо эр: "Кхин сов бу-й?" /чубахка/.
31Гергаялира ялсамани /Делах/ кхоьручаьрна гена йоцуш.
32ХIара ду шуна хир ду аьлларг массо /тоба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/ Iалашдечунна.
33Къинхетаме волчунах кхоьруш хиллачунна Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/ доьрзучу дагца веъна волчу.
34ЧугIо цуна машарца! ХIара ду гуттаренан де.
35Царна шайна луург ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду.
36Мел хIаллакьйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царел мелхо а чIогIа а болуш нуьцIкъаца. Уьш дIа-схьаийдира махкахула‚ ю-й техьа /валарх/ кIелхьарабовла меттиг?
37Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шена дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогIа/ ша теш а волуш.
38Оха кхоьллира стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхоьх ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар.
39Ахьа собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ тасбахь де хьуьо Кхиош-кхобуш верг хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а.
40Буьйсанах а − тасбахь де Цуна‚ сужданийн /ламазийн/ тIаьхьа а.
41ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучо кхойкхур долчу гергарчу меттера.
42Оцу дийнахь царна хозур бу мохь /юха денбар/ бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/.
43Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а.
44Оцу дийнахь латта дедар ду царех /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду.
45Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницIкъ бан. Хьехам бе КъурIанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна.

Вернуться к списку сур
51.سُورَةُ ٱلذَّارِيَاتِ
Сурат АЗ-ЗАРИЙАТ • Даржошдерш(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلذَّارِيَاتِ

Сурат АЗ-ЗАРИЙАТ • Даржошдерш

❖ Дакъа 1 ❖

1Даржош долчех/дуй боу Аса/ даржорах тера.
2Мохь хьош долчарех/дуй боу Аса/.
3Лелаш долчарех/дуй боу Аса/ атта.
4ГIуллакх доькъуш долчареха /дуй боу Аса/ −
5Шуна еш йолу ваIда бакъерг ма ю.
6Бекхам хIуттур болуш ма бу.
7Стиглах /дуй боу Аса/ шена /седарчий дIасхьалела/ некъаш долчу.
8Баккъалла а, шу тайп-тайпачу дашехьма ду.
9Iехийна цунахша Iехвелларг /шайтIано Iехийнарг/.
10Байина /неIалт аьлла/ харцлуьйш берш.
11Шаьш жехIаллина чохь гIапал хилларш.
12Цара хоьтту: "Маца ду бекхаман де?"‚ бохуш.
13Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питане лоцур бу.
14"Iовша шайн питна − /олуш/. − ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг".
15Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу
16Оьцуш шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш.
17Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буьйсана шаьш наб яр.
18ТIаьххьа буьйсана шайна /Деле/ гечдар доьхуш.
19Шайн дохнана /хьола чохь/ хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицIкъах/ хадийна волчунна а.
20Лаьттахь делилш ду тешна болчаьрна.
21Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го?
22Стиглахь ду шун рицIкъ а‚ шуна хир ду аьлларг а.
23Стигла а‚ латта а Кхиош-кхобучух /дуй боу Аса/ иза бакъ ма ду шу хабар дуьйцуш хилар санна.

❖ Дакъа 2 ❖

24Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахь хьешех лаьцна?
25Уьшчу боьлира цуна‚ цара элира: "Салам!" Цо элира: "Салам", /шега элира цо/: "Ца бевза нах /бу-кх/".
26Иза /ИбрахIим/ вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/.
27Цо иза /эса дина‚ цуьнан жижиг/ царна герга хилира‚ элира: "Аша ца доу?"
28Иза царех кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера!" Цара цуна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кIант /Исхьакъ/ хир ву аьлла.
29Дуьхьала еара цуьнан зудачIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ элира: "Бер ца хуьлу къена зуда ю-й ша-м!"
30Цара элира: "Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобуш волчо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву".
31Цо /ИбрахIима/ элира: "Шун хIун гIуллакх ду‚ хIай даийтинарш?"
32Цара элира: "Тхо даийтина къинош дечу халкъана тIе.
33Царна даийта поппаран тIулгаш −.
34Хьо Кхиош-кхобуш волчун гергахь тIаламза болучаьрна билгалдина хилла долу".
35Оха арабаьхира цу чохьхилла болу муъма нах.
36Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтIахь болчарех цхьа цIа бен.
37Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Iазапах кхоьруш болчаьрна.
38Мусагахь а /делил дитира Оха/. Оха вахийтира иза ФирIавна тIе билгалчу бакъонца.
39Иза /ФирIавн/ вухарвелира шен бIоца‚ элира: "Бозбуанча ву‚ я жинех ву".
40Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIоьрда чу‚ иза /ФирIавн/ шен бехкбаккха хьакъ долуш ву /ша элчане иман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/.
41Iадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох.
42Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхка елла хIума йой бен.
43Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: "Пайда эца цхьа хан тIекхаччалц".
44Шаьш Кхиош-кхобуш волчун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо шаьш хьоьжуш лаьтташ.
45Царна ца мегира гIовта а‚ гIоьнчий ца карийра царна.
46Нухьан къамах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам.

❖ Дакъа 3 ❖

47Стигал Оха юьгIира куьйгашца /ницIкъаца/ баккъалла а, Тхо ницIкъ кхочуш ду.
48Латта даржира Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду.
49Массо хIуманах Оха кхоьллира шиш‚ аша ойла ер яцара-те.
50/Элира Нухьас/: "Довда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву.
51Ма ве Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву".
52Иштта ца веъна царел хьалхачаьрга цхьа а элча‚ цара олуш бен: "Бозбуанча ву я жинех ву".
53Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХIаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх.
54Вуха вала царех‚ хьуна бехк буьллур бац.
55Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъма нахана.
56Аса ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен.
57Суна ца деза цаьргара цхьа а рицIкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар.
58Баккъалла а, Дела ву рицIкъ луш верг а‚ ницIкъ берг‚ чIогIа верг а.
59Баккъалла а, зулам диначаьрна /Iазапах/ дакъа ду шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн дакъих терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссон/.
60Бала бу цатешначаьрна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера.

Вернуться к списку сур
52.سُورَةُ ٱلطُّورِ
Сурат АТ-ТIУР • Лам(Открыть суру с толкованиями)
×
Вернуться к списку сур
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

سُورَةُ ٱلطُّورِ

Сурат АТ-ТIУР • Лам

❖ Дакъа 1 ❖

1Ламах/дуй боу Аса/.
2Сиз хьаькхна хилла долчу жайнацаа /дуй боу Аса/.
3Ша даржийначу аннийтIехь /яздина/ хилла долчу.
4Шена зиярат дечу цIийнацаа /дуй боу Аса/.
5Айбина хилла болчу тховаца /стигал/ а /дуй боу Аса/.
6Буьззана болчу хIоьрдаца а.
7Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волчун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду).
8Ма дац цуна ша духатухург.
9Стигал дIатохалер йолчу /къемат/ дийнахь тохаяларца.
10Лаьмнаш а дIадоладелча дIадоладаларца.
11Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харц диначаьрна.
12Шаьш харцона чохь ловзуш болчу.
13Оцу дийнахь уьш кхойкхур бу жоьжахатин цIарга кхайкхарца.
14/Эр ду цаьрга/: "ХIара ю и цIе‚ шу ша харц еш хилла долу.
15Бозбуанча ду хIара я шу ца гуш ду?
16Дага цу чохь‚ собар де я ма де /цIарна/ − цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш еш хиллачу Iамалшца".
17Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш − бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а ма бу
18Зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна деллачуьнца‚ шаьш Кхиош-кхобуш волчо жоьжахатин Iазапах хьалхадахарца.
19/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ мала шайна шаьш еш хиллачу Iамалш бахьанехь".
20Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганий тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха балор бу царна хьурал Iинаш.
21Шаьш иман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а иманца шайна тIаьхьахIоьттина хилларш − царех тухур ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц Оха. Массо стаг а ша гулдинчуьнца закъалт ву.
22Оха латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а − царна мел езнарг а.
23Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ деса къамелаш доцуш‚ къа а доцуш болу.
24Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашбеш болу луълуъ санна.
25Уьш вовшашна тIегIур бу хоьттуш.
26Цара эр ду: "Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалах кхоьруш /уьш хIаллакхиларна/.
27Дала къинхетам бина тхоьх. Цо кIелхьарадаьхна тхо самуманIазапах.
28Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву диканиг а‚ кхинхетаме верг а".

❖ Дакъа 2 ❖

29/Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь даиман латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац бозбуанча а‚ жиних верг а.
30Я цара олу: "Илланча ву. Хьовсар вай − замано дIалистар ву иза".
31Ахьа ала: "Хьовса шу. Со а шуьца цхьаьна хьовсачарех ву".
32Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду-те и царна‚ я иза дозанах даьлла халкъ ду-те?
33Я цара олу: "Цо кхоьллина иза?" ХIаъ‚ уьш ца теша-кх.
34Цуьнах тера дийцар дахьийла цара шаьш бакълуьйш балахь!
35Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?
36Я цара кхоьллина стигланаш а‚ латта а? ХIаъ‚ баккъалла а, хьакъ мадду ца хаьа-кх царна.
37Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?
38Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарш тIе бовлуш/ ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадаладе церан ладугIачо билгала делил!
39Я Цуьнан мехкарий бу‚ шуна кIентий бу?
40Я ахьа цаьрга мах боьху уьш декхарша хьулбина болуш?
41Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш?
42Я мекарло езаш бу уьш? Цатешаш хилларш − царна йина мекарло!
43Я церан АллахI воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!
44Царна стиглара охьа йогIуш кийсагаш гичи а‚ цара эр ма дара: "ТIеттIа йолу марха ю".
45Бита уьш‚ шегахь ткъес йолу шайн денца цхьаьнакхетталц.
46Оцу дийнахь церан мекарлос цхьанне хIуманах кIелхьара бохур бац уьш‚ царна гIо хир дац!
47Баккъалла а, зулам диначаьрна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а царех вуно дукха болчарна ца хаьа-кх.
48Хьан Делан хьукамна собаре хила. Хьо Тхан бIаьргийн хьалха ву. Ахьа хьан Далла хастам беш тасбахь де хьуьо хьалагIеттича.
49Буьйсана а тасбахь де Цуна‚ седарчий дIа тилаш а /де тасбахь/.

Вернуться к списку сур