Изображение

НОХЧИЙН КИЦАНАШ

"A"
Ага долчохь, барма а хир бу
Ага - луьлла дац, тоькка - сиппа дац
Ага эрна ца техкийна
Аганара элан бер ма гlоттийла, Іуьргара берзан кlеза ма долийла!
Аганчуьра гІаьттинарг, коша вижаза вер вац
«Адам» боху дош массо а хlуманал дезаду
Адам дика а, вон а хуьлу, де деха а, доца а хуьлу
Адам доьлхучохь вийлинарг, адам доьлучохь вилхина
Адамаш вовшийн гІортораш ю
Адамашца къаьхьа хилларг тІепаза вайна
Адамашна зене баьлча, Дала саьрмак стигала баьккхина
Адамашна амал елла аьлча, хи чуьра чlара билхина
Адам ницкъ болуш хир ду, барт церан белахь
Адам хир дац гlалат ца долуш
Адаман йоцург къоьллаяц
Адаман бІаьрг лахьтано (латтано) бен-м бузор бац
Адамех уггар вониг- Іазап латточун гlо лоцург ву
Адаман ойла хиндолчехь лаьтта
Адамо адамна дийр доцуш зулам дац
Адамо адамна дийр доцуш хlума дац
Адам-пайхамар лаьттах вина волу дела ца Іеба бохуадам лаьттах
Адамца тарлахь-лорурвухьо, диканиг далахь-везарву хьо
Адамца уггар атта тарлург вон амалю
Адамца уггар атта ехарг ледарло ю
Айпе стом хьалххе бужу
Айса дуундерг диъна ваьлла
«Айс-сайна, айс-сайна!» баьхна шайтІано
Айхьа нехан куй баьккхича, хьайниг пхьаьрса кІел болла
Айхьа вахийначуьнга айхьа ладогlа
Айхьа динчу диканна дохко мавала
Айхьа дина худар айхьа даа
Айхьа денлерг мадийца, айхьа динаргдийца
Айхьа ков-кертэцале, лулахоэца
Айхьа лелориг хьуна дошца хетахь,нахана хеттанеа хетар дац
Айхьа ловрдоцург,нахемаала
Айхьа долийінарг,айхьа чекхдаккха
Акхабож маьршаю
Акхаехка котам, яйічу яхана
Алалуургала доцуш висинавац
Алалуучуннакарорду
Алале хиъна сан кІорнеш, аьлча аца хиъна, нана лойла шун!
Алаца хууш олучу иллел, шок лакхар гІолехь ду
Алазаца дериг, ийза а цалуш, дІаала
Алаца дезарг ма ала, хьайга духаэцалур дацахь
Ала-йоlе, хаза-несе
Ала дезачохь аьлла дош-тоха езачохь тоьхна топ
Алаатта ду,дан хала ду
Алааттаду, ИбрахІимна халаду
Ала сих мало, амма ала дезачохь ца олуша ма le
Алаша хастае, ша дина хаа
Алаэхьца хетачунна -дана хетар дацэхь
Ала-м хьаьнгта а алалур ду,хьо данхьажа
Ала-м нах битаахь
Ала-мвай дитаахь
Аллалаьлча а, ала дисина
Аллалолуш,догдеттІарг ала
Аллалолуш, меттара ала
Аллал олуш, боьршша ала
Ал тlе хаарх ца хуьлу эла
Амал эцначу говрошена шед етгийтина
Амална хала верг,дахарна дерахуълу
Антдоцу доттагІлехнарг доттагІ а воцушвисина
Араллахь,аха
Арара къу-м жіаьлоэккхорвара, чуьрачунна хlун деас?!
Арара чу-нуц велла вон догіийла, чуьра ара-нус елла вондолийла
Арара чуоьху есавордавоню
Арарчу соьмал цlера эппазтоьлу
Арахьарчунеаран арахьаразайл
Аретокхею, ваха-Іен аттаду
Асаьлларг аьлла ма даьлла
Асдина дика хьайна а дитий, суна вон ма дахьараахь
Асдуьйцург дош дацахь,ахь дуьйцург даннеа дац
Ас оццул дика жІаьлина динехьара, и суна цlога лесточуьра соцура дацара
Ассайн марненан чІогlа сий до, и йолчохь цуьнан йишех «мама» олу
Асар дангам оьшу, тоьгуна дан тай-махий оьшу
Асар орамера дуьйна даккха деза дlа
Асар:цхьанна-валар, шинна-болх,кхаанна-ловзар
Асарша хьаладолу
«Ас-со» баьхнарг, «тхо-тхо» бохучу тІеваьккхина
Астачка тоьттуш, ахь такси хоьхкуш -дахалурий-тевай цхьана?
АстагІчу марнанна, бІаьрзенускхаьчна
Ас хьо валарна кхоьруш кхебира, ахь со ца валарна кхоьруш кхобу
Асхьо хьаьстина, ахь со а хьаста
Ас хlун докху дагах, аыллар тІехь ца хилча?
АсхІундокху дагах, доккхадеш ца хилча?
Асца аьлча,ахьэр дара и
Ас цамгарш лехьош, ахь амалш лехьош хала доллу вайшиъ
Асцунна «дена»,цо суна «нанна»
Асцуьнгахи,цо сунатуьха
Атта дезарг атта вайло
Атта деънарг, атта доьду
Аттаниг аттаду
Аттаниг атта ду аьлла, шен хьешан говр лачкъийна хlусамдас
Атта мел хили а атта деза
Аттана эса деза, эсана шура еза
Атто лехча, стаг вайло
Аттоэса дича, зудчо кІант вича, боьрша стаг кураволу
Атточул буцйиъча, эсехьчул хьекъалца хилла
Аха,эхан аха
Аха малоцаечун ара ахуьлу
Ахар-арар делахь,даар-малар хирду
Ахархойокъане,йочанехьоьжу
Ахархо къенвацахь-пачхьалкхахьалдолуш хирю
Ахмоллас дин дохийна
Ахча-ахчано до
Ахча ахчанца ларде
Ахча-бохчано хlуъадо
Ахча дайча вилхинарг доггах вилхина
Ахча деза, къахьега ца лаьа
Ахча деллачошок а лекхна
Ахча делча-м шайтlа а долу хелха
Ахчадоцчо долчунна хьош, долчо хьулъеш хlумаю
Ахча доцчунна, бохча ца эшна, бен дlа воцчунна эхь-бехк цаэшна
Ахча доцчунна гІуй цаэшна, эхь доцчунна бехкца эшна
Ахчаду-йогlурю!
Ахча дукха хилча - жижиг оьцу, ахча кlезиг хилча даьlахкаш
Ахча йоьдуш-йогІуш хІума ю: тахана ду, кхана дац
Ахча лахь цlузлокхурду
Ахча лахьшок алокхурю
Ахча ма деха, ирс деха
Ахча хилчахьана, доттагІий-м карор бара
Ахча:тахана -ду,кхана-дац
Ахча тІедаьлча, бакъдерг бухадоьду
Ахча тІехала догlу,дlа атта доьду
Ахча шайтlа санна хlума ю: цкъа соьгахь, тІаккха хьоьгахь
Ахчанал деза а, туьрал ира а духІума девзаш хилар
Ахчанал дика хьадалча вац
Ахчанах вер ву, мотт-эладитанах вервац
Ахчане дирзина гергарло, гергарло дац, дарбанашка марзделла дегІ тешаме дац
АхчанехІуъа а дало бохучо, ахчанах хlуъа а дийр ду
Ахчаногергарло кхуллу,ахчанои дохаадо
Ахчано дойтурдоцушхІумадац
Ахчано стигала боьду некъ лехна
Ахчано Іай ломахь пастакараяйтина
Ахьар дезачо хьера ваха малоянцаеза
Ахьар доцуш хьерйисинаяц
Ахьа и аьлча, валий бен-м ца деза
Ахь бинжолаг (бираьнчик)хоьхккушехь,оха дийшира
Ахь буьртиг бийначу (гlаж Іоьттинчу, тас Іанийначу) ваьлла вац
Ахь дуьйцург чІимаш биинчо а дуьйцур мадац
Ахь бохургвелахьа, хьунахетарг-мвац
Ахь боху-ца боху
Ахь велийначо велхорхьо
Ахь дена гlажтохахь,кІанта хьуна хьокха тухурбу
Ахь диннарг, ас хьуна а
Ахь динарг дайна ду,дог боьхачийн кера дахча
Ахь диннарг наха а дийр ду хьуна
Ахь дика ца динчо, вон дийр дац хьуна
Ахь дина дика цхьа баркалла доцуш дуьсур дац
Ахь доьналлина ира-кара хlиттийнарг хьуна тleра
Ахь дlаволало дуьйцург нийса ду, амма ахь ца дуьйцург цул (кхин)а нийса, ду
Ахь йохийнехь - кхийра кхаба, ас йохийнехь- дашо кхаба
Ахь кхечарна тlехихкина жlаьла, хьуна чухьада а дац генахь
Ахь кІам мелди а, марзловониг
Ахь нехан коча тесначу муьшо хьан лаг Іовда а дацгенахь
Ахь ойур дуй хиъча,туркховдо шортта карор бу
Ахь сискал йиънначул туьха диъна
Ахь со тергал ца вича, лазаво, тlаккха сихаллехь аьрха дошалара нисло
Ахь ца аьлларг дайнаду
Ахьцайиънарг яйнаю
Ахь шех эла виначунна, хьох шен лай тарло
Ахlи-аьлла стаг воьлхуш ца гича, цуьнан шадерриг дика ду моьтту вайна
Аша дуу хlара дуьне, оха-м хьеша бен-м ца хьоьшура xlapa!

"AЬ"
Аьлларг дети делахь а, цааьлларг деши ду
Аьлларг аьлла а дац, дийцинарг дийцина а дац
Аьлларг ца дендолу воІ вешин а ма кхуьийла
Аьллачун тІера даьлла дуьне, ша долччу дита деза
Аьллачун тІера даьлча, дита деза хlара дуьне
Аьллехь «иъ», ала «миъ»
Аьллий-дийр ду
Аьлча а тоьар ду аьлларг бен-м наха шайна гайта а ца олу
Аьлчи дохковер волу дош ма ала
Аьлча хиънарг - ах са ду, алаза хиънарг-дийнна са ду, аьлча а ца хиънарг-делла са ду
Аьрга стом санна муьста ма хила - церг тоьхначо дlатосур ву хьо
Аьлча ца кхетарг, баьхча а ца кхетта
Аьрзунаш жаттахь ца лела
Аьрзунах дисинарг бен ца кхочу къийгана
Аьрзу кхобург цуьнан зlок ю
Аьрзу стиглахь тІома яьлча хаза ю
Аьртаниг-иръе, есаниг-юза (тІеман лексика)
Аьртачу уьрсал жlовмагІ гlоле ду, къечу дахарал валар гlоледу
Аьттан шура метта буьххьехь ю
Аьттехьа а, аьтган цlоганехьа а дац
Аьтто баьлча, аьрру баьлча
Аьтто боьхча дан хlума дац
Aьтто болчохь - лата, аьтто боцчохь - вада
Аьтто боцчохь юхавалар - стешхалла яц
Аьтто мел бу-гергара, аьтто боьхча-генара
Аьтту куьг а сан ду, аьрруниг а сан ду
Аьхка ваьцнарг, Іай Іиллина
Аьхка де дайинарг, Іай итт дийнахь меца лелла
Аьхка догІанах иддарг, Іай лайх идда
Аьхка лаьхьанах кхийринарг, Іай карсанах кхийрина
Аьхка-мало, Іай-хало
Аьхка мало йинчо, Іай бала хьегна
Аьхка салаз кечъе, Іай-ворда
Аьхка тlаргlа ца Іалашбинчун, Іай когаш бахьийна
Аьхка хье кхихкинчун, Іай яй кхихкина
Аьхка ІиндагІехь дика ду, Іай малхехь дика ду
Аьхка Іиллинарг, Іай идда
Аьхкенан дийно Іаьнан бутт кхаьбна
Аьхкенан цхьа де, Іаьнан кІиранал ду
Аьхкенан заманчохь мукъа леллачуьнга, Іаьно ша гехь леладойту
Аьхкено хІоттийна литта, Іаьно дlакхаьллина
Аьчган дагарал чloгlа хуьлу дечган зайл
Аьчган неlарш дечиган неlаршка дехаре яхана
Аьчгапхьеран маж даима мерцина хуьлу
Аьшпаш - бакъдолчун (уьхьигаш) юьхьигаш
Аьшпаш буттург нахах ца теша
Аьшпех ахча а дина, дашах дари а дина лелачарах ма теша
Аьшпийн кІуро бІаьргаш ца Іийжабо
Аьшпаш цlе а хилла богуш хилча, Іай даго дечиг оьшур дацара цхьаболчу нахана
Аьшпаш шортта бу, бакъдерг цхьаъ ду