13. Баккъалла а шаьш: "Тхан дела Аллахь ву" аьлла, цул т1аьхьа шаьш (ийман т1ехь) нисбелларш, (т1едог1учух) царна кхерам а хир бац, (д1адаханчух) уьш г1айг1ане а хир бац.
15. Оха весет дина адаманна шен деца-ненаца дика хиларца. Цуьнан нанас кийрахь лелийна иза хала, ван а вина цо иза хала. Иза кийрахь лелор а, цуьнан векхчура д1ахадар а ткъеитт бутт бу. Ткъа ша шен ч1аг1алле кхаьччи - шовзткъа шере ваьлчи, цо олу: "Х1ай сан Дела ! Ахьа сан дагчу тасахь, ша Ахьа суна а, сан дена-нанна а деллачу зовкхан ас хастам бар а, Хьо шена реза хир волун дика ас дар а. Ахьа (ийманца) тоехьа суна сан т1аьхье, баккъалла а со (тобадарца) Хьоьга вирзинакх, баккъалла а со бусулбанахех вукх
16. Уьш, шаьш Оха цара динчух диканиг (тоьлларг) къобалдийраш а, Оха шайн вонашна гечдийраш а, ялсаманин дайшца хир бу. Бакъонан ч1аг1о ю иза, ша царна (Дала) еш хилйолу
1. Ахьа ала /хIай Мухьаммад цу керстанашка/ : 2. "Аса Iибадат ца до аш Iибадат дечунна. 3. Шу а дац Iибадат деш аса Iибадат дечунна. 4. Со а вац Iибадат дийр долуш аш Iибадат диначунна. 5. Шу а дац Iибадат дийр долуш аса Iибадат дечунна. 6. Шуна шайн дин ду‚ суна сан дин ду".